Маршонах лаьцна

Сайд-Хьасан Кацаев


МАРШОНАХ ЛАЬЦНА


1

Самаха ойланаш йина ца Iаш, гIенаш а цIийнах, Даймахках, гергарчех, бевза-безачех ду. ХIора буса йоьхначу гIалахула, сайн квартире кхача гIерташ лела со. ХIоразза а геннара сайн цIа гича я подъезде кхаьчча, чувоьдийла ца хуьлуш, я лулахошка вистхилла валале самаволу со. ТIаьххьара цIера кхаьчна хаам: лоджи тIе снаряд кхетта, чухулара пенаш охьадиттина ду, мебель яц, книгаш хиллачу кIажахь – чим.
Кху тайпана гIенаш ду суна гуш:
– гIалахь тIам тIехь;
– доттагIашца школехь, университетехь, юкъараIойлехь;
– туьканахь я базарахь книгаш оьцуш.
Книгаш, книгаш, книгаш...
Дерриг дахар а книгаш дара сан. Со хьалхарчу тIаме воьдуш а, курткан чухаларчу кисана йоьллина, Цуруев Шарипан «Йисалахь, Нохчийчоь», Ибрагимов Лемин «Зерийн зераш» а книгаш яра сан. Лахь, висахь а, Ясинца уьш а сайн деган юххехь йолуш синпаргIат вара со.
ХIинца а наб ца кхета суна, карахь книга йоцуш. Царах суна пайда ца баьллехь а, тIамо сан дахар мел хилларг хIаллакдинехь а, тахана а, кара капек еъча, книгаш ца эцча Iа ца ло со. Оццул гIаддайна хьал доллушехь.
ТIом, тIом, тIом...
Ондда хьуьнар, боккха ницкъ оьшу стагана кху заманахь хьекъалх ца тила. Кхераме жайнеш дешначу стагана а хир бац коьртана, дагна а кхин боккха ницкъ. ХIора дийнахь юьрта чу снарядаш, болванкаш етта, тIехула кхуьйсу, адам сингаттамехь латтадо. Маскаш йоьхкина чу лелхачара хIора буса бохург санна, цхьаъ-шиъ дIавуьгу я шайн чохь, доьзална хьалхха, тухий вен а вуьй дIабоьлху… Некъа ваха-ван ца вуьтуш, хIора блок-постехь соьмаш доху. Жимма а реза воцуш дош алахь, вуо хьажахь, шайна муьтIахь вацахь, шайна луург схьалуш, чура дIайохьуьйтуш вацахь, еттий-еттий кийрахь талхаво. И стаг дийна висахь а, сакхат хуьлу.
Гергарчех, лулахойх я дехьа-сехьара ярташкара цхьаъ Москва, Киеве, Хасав-юьрта а вар нисделча, цо шайн болчаьрга телефон туху. Арахьа Iашберш а, шайн аьтто баьл-баьллачура, я вовшийн тIекхаьчча я кхечу агIор зIе латтош бу. Иштта даьржа цIера керланаш. Сингаттамаш, бохамаш…
ТIаьххьара хенахь долийна, кегий нах схьа а лехьош, юьртана арарчу цхьана гIишло чу а бухкий (ферма я фазенда), массо кепара хьийзийначул тIаьхьа, гонаха тротил доьхкий лоьлхуьйтуш. Церан меженаш вовшах къаста ца лой, уьш цхьана коша бухку гергарчара. Стаг шена тIехь йина харцо эцна комендатуре водахь, тхан ахь буьйцурш бан а бац, тхуна ца хаа, олу. Нийсо къасто луург, подвал чу а кхуссий, юург ца луш, тIехь луъ-луъу дечиг доккху стагана. ЦIерачара, аьтто хилахь, и вукхара вайаза велахь, цара боххучул мах я даьхни а лой, аравоккху... ахстаг. БТРаш, УРАЛаш тIехь хехкало мародераш. Цхьаммо а ца боху:
– Мичара евлла царна дашо заьIанаш, кулонаш? Кузаш, креслаш а шайн цIера богIуш деана цара?
Акутагавана, Кафкина а уггар кхерамечу гIенашкахь, дуьхьал хIуьттучу суьрташкахь а ца гина, нахана самаха, баккъал а гинарг.
Оьрсийн революцих ведда Франце ваханчу Николай Бердяевс, и немцойн куьйга кIел яхча, яздо: «Оккупацел синлазаме, стеган сий дойуш а хIума ца девза суна».
Оккупаци кIел Iаш волу къонахчунна кхераме Iожалла яц, муьлххачу минотехь а шена тIедан тарло эхь, цу эхьах кхерар, ларвала йиш цахилар а ду.
Халкъ балехь долуш корта айина, эвхьаза леларш, царна болх бийраш бен бац. Биснарш (шаьш къонахий белахь) цхьана а хIуманна юкъа ца гIерташ, адамаш гулло меттигех, демонстрацех, митингех, базарх а ларлуш, чохь Iа, я тIаме боьлху, я махках бовлу...

2

Нохчийн пачхьалкх йоцуш, маьршачу юкъараллехь Iачу хенахь, чIир – кхел хилла ца Iаш, стагана тоьхна доза хилла. Оцу сизал тIехвала, маьршачу стеган цIий Iанада а дихкина хилар.
Оцу хьокъехь ду Ахмадов Мусан дешнаш а: «Шира Iадаташ, гIиллакхаш а шатайпа гур хилла, доьхка, стаг малвала, галвала а ца вуьтуш».
ХIетахь чIиран прогрессивни роль ю. Бехкечунна таIзар дина ца Iаш, маьршачу стеган дахар лардеш хилла цо. И бахьанехь, нах питанах, зуламах, нахана зие, вуо болх барх ларлуш. Нагахь стаг ша диначунна ша верна ца кхерахь а, шен цIерачарна зие ца хилийта, шен тIаьхьенна тIехь томмагIа я цIий ца дита.
Амма тахана, нохчий аьлла девзачу къоман керлачу исторехь, чIир – и деккъа зулам ду. И вайн кхиарехь тормоз хилла ца Iаш, вай юкъараллийна Iаламат эшам беш ю, пачхьалкхан мостагIийн карахь доккха герз а ду.
Цундела, хьалхара, пачхьалкхан таIзаран функцеш (чIир) халкъера юьззинчу барамехь шен караэца еза Iедало. Нах цунна реза хила а беза. Реза воцург – халкъан мостагI ву. (Нахе хетта дезаш доцуш дукха хIумнаш ду пачхьалкх кхолларехь, чIагIъярехь а.)
Пачхьалкхо таIзар диначул тIаьхьа, оцу нахаца цул тIаьхьа а цара гамо лелаяхь, я царах цхьаъ вехь, царна а Iедалан таIзар.
Нехан кара дIадала ца деза Iедало шен декхарш. ТIаккха цунах анархи хуьлу.
Цхьана а пачхьалкхерчу Iедало ла ца дугIу кхечара дуьйцучу хабаршка, ша доха карзахадаьлла дацахь, шена чIагIдала а лаахь.
ШолгIа, Iедалан даржехь я пачхьалкхан коьртехь волу стаг кхера ца веза Iожаллах. Халкъо царах тешийна бу шайн кхоллам.
Пачхьалкхан мостагIашна (кхечу пачхьалкхан лерринчу службашна) даима а карабо шайна гIуллакх дан нах: авантюристаш, уголовникаш, популисташ, предательш, агенташ. Цара, вукхара а герз, ахча, наркотикаш латтош, боьха ун даржадо махкахь. Цунна масалш вайна дуккха а гина… Нохчийчоьнан массо гIалахь, хIора районан центрехь, хIора юьртахь, хIора кIотарахь, хIора организацехь а...
Вай гуттаренна а цIандала деза царах, уьш санначарах а. Къинхетам бохург дан а дац! Хьан халкъ, хьан пачхьалкх, хьан юрт, хьан мохк, хьан доьзал, хьан дуьне дохо арабевллачу нахах хIун къинхетам хила беза? Уьш, боьха ун санна, вайна юкъара дIабаха безаш бу. ХIумма лечкъа а ца лечкъаш, ма-дарра дуьненна дIа а хьедеш. Кхин и саннарш вайна юкъахь ца бовлийта. Зуламхой, дуьненан йистера муьлхха пачхьалкхехь, муьлххачу гIалахь хьулбеллехь а, бекхамах кIелхьара бевр боций хаийта деза. Дуьненан йист ян а яц. Къонахаллийн доза дан а дац.
ХIун тIом бу вайчара беш берг? Вовшийн вуьйш стаг вац, я шайн доьзалш тIемаш беш бац. Халкъ декъа а декъна, лоьтуьйтуш, хIаллакдеш бу. Хьалха къинхьегамхоша дехьа-сехьа луш хилла цIен байракх санна, Iедал кар-кара оьцуш. Шайн доьзалш дIа а бигна, кхечу пачхьалкхашкахь дIаловчкъийна бу.
Боьха хIумнаш хIаллакъяр – террор яц. Уьш бахьанехь, церан гIоьнца а халкъана тIехь латтош йолчух олу террор.
Пачхьалкх ницкъаца кхолла езаш, ницкъаца ларъян езаш а ю. Цунна кечдан дезаш ду вайн халкъ, вайн тIаьхье а. Цунна лерина структураш кхолла а еза.
Таханлерчу Европан, дерриг дуьненан а исторехь, муьлхха пачхьалкх схьалаьцча а, церан исторехь хилла мур бу и. Тахана царна и акха, адаман бакъонаш хьашар хетахь а, вай цунах чакхдовла дезаш ду.
Нуьцкъалчу пачхьалкхо вай охьучу хенахь, цхьа а пайда хуьлий вайна цаьргара? Адамийн бакъонаш, демократи а хьехочу пачхьалкхаша а, дуьйцург шайх хьакхалучу хенахь, дуьхе оьций хIумма а?
Пачхьалкх (Республика) ницкъаца ларъян еза бохург, тур даьккхина аравала веза бохург дац. Чоьхьара зуламхой, арахьара ямартлонаш а шен хеннахь сацо, царна дуьхьал болхбан а службаш хила еза бохург ду.
Маршонах дерг аьлча, летта вала веза бохург дац. Хьо тоьлур воцчу тIамехь-м муххале а. Джавахарлала Нерус, Махатма Гандис а шайн хьекъалца, доьналлийца а яьккхина Индина маршо, цхьа а топ ца кхуссуш.
Вайна шоззе а тIебеанчу тIамехь мила ву-те сов бехке?
– Оьрсий боцуш вай дахалур дац! Ва-а, орца дала! Тхо хIаллак ма хилийта! Схьадуьйла! – баьхнарш?
Я шаьш Нохчийн пачхьалкх кхуллуш ду, шаьш Росси а сацор ю, ООН а хIумма йоцург ю бохуш, царна чубахка бахьанаш кхоьллинарш, берзалой ю шаьш бохуш, барт боцу жIаьлеш санна лелларш бу?
Шаьш нохчийн къоман дай хетта (я цуьнан пусар а ца дина!) болу, хIора а ша-ша ваьккхича, цхьа а къонах вац царах. Шайн халкъана, махкана а ямарт хиларна, ца кхоош схьахоьцучу ахчано, герзо (уьш бахьанехь царна тIаьхьа хIуьттучу наха а) бина нах бу уьш.
Ша нохчийн пачхьалкхана реза воцург, танкашна тIехь оьрсий чубало а ца гIерташ, цига дIавахана IадъIийнехь. Церан мохк боккха а бара, шортта даьсса латтанаш а. Вай саннарш отуш схьадаьхна. Шайн хьадалчаш охьаховшо меттиг карор яра царна.
Я кара герзаш эцна арабевлла зуламхой совцийнехь, хиндоцург ду хIара шоззе а.
КхоалгIа. Юха а, хIунда ю вайна юкъара чIир дIаяккха езаш, Iедало шен караэца езаш а?
Цу тайпачу нехан боламна боккха аьтто бу вайна юкъахь чIир хилар. Иштта и дацахьара, тоххара, Iедале а ца хьежош, наха шаьш, къийгашна санна, тоьпаш йиттина хир яра царна. ЧIир хиларо нах сецабо. Зуламна дуьхьало ца йойту. ГIорасиз буьту.
Гушдерг бертахь вовшахтоьхна зулам ду, ткъа нах – хIора а ша-ша. Цхьа хан тIекхаччалц, хIоранна а моьтту, шех хьакхалуш дац. Амма тIом массарна а болу. Зуламна дуьхьал вала ца лиъна хьо, зуламо, тIамо а аракхуссу хьайн чура. Цундела юьххьехь сацо дезаш ду зулам.
Ас кху дерригенна а бехке, буй хууш бохкабелларш санна, хIинца а цхьаболчу нохчашна турпалхой хетарш а бо… ТIаьххьарчийн бехк кхин а боккха бу. Уьш бахьанехь хилла бу вуьйш а. И «къонахий» бахьанехь гучубевлла важа кIиллой а. И кIиллой бахьанехь моьтту нахана хIорш цхьа къонахий бу а.
Нагахь санна, хIорш оьрсийн спецагенташ боцуш, сионистийн, ингалсхойн я америкин агенташ белахь, чIогIа галбевлла-кх уьш шайн ставкехь. Кхин ямарт нах ца карийра-те царна? (Я ямарт нах бу-те царна безарш а?)
Муьлхха стаг а, цо ша законал тIехула хIоттийнехь, законо сацо везаш ву. И закон чакхдаккха, дIалело а идейно тешаме нах кхио беза вай.
Пачхьалкх, цкъа хьалха, нохчийн синошкахь кхолла езаш ю. ШолгIа, нохчийн пачхьалкхан лард, философи а кехата тIехь хIотто еза.

3

Мотт бетташ волчу стагах лаьцна:
– Пойзалла эцна воьдуш ву.
– Пойзалла хьош ву, – олу нохчаша.
Пойзалла бохучу стеган цIарах схьадаьлла ду и.
Советан Iедал долуш, шен юьртахошна мотт беттарна, махкахь а гIараваьлла стаг хилла иза.
Со цецволург кхин ду. И стаг мотт бетташ вуй хуъушехь, цо нах лоьцийтий, и нахана бале ваьллий, и бахьанехь хийла хIусам йоьхний, хийла бер шен дех, зуда – цIийнадех яьллий а хууш, цунах кхоьруш, ларлуш Iа нах. Ша-ша кIелхьара вер вац-те, бохуш, хьесталуш лела, шайн рагI тIекхаччалц. Нохчийн махкахь деба хьакъ бацара лай!

4

Советан Iедал доьхначул тIаьхьа, вайна лела хиънехь, Дала дика аьтто бинера вайн. Я маьрша пачхьалкх кхолла, я Россица бертахь даха.
Нохчийчунна маршо ахча даккха, даьхни гулдан а езаш ю, муьлхха некъашца а, хьарам-хьанал ца къестош. Жуьгтийчунна ахча, даьхни а шен халкъан маршо ларъян деза. Цундела, нохчи ахчана тIаьхьа ваьллачохь, маршонах хеда, жуьгташа кхиамаш боху.
Цу хьокъехь дика аьлла ингалс яздархочо Сомерсет Моэма: «Нагахь санна къомо цхьадерг маршонал лакхара ларахь, цо йойур ю шен маршо, дахаран ирони стенах лаьтташ ю аьлча, нагахь и цхьадерг – комфорт я ахча делахь, царах а дер ду къам».
Нийсса тахана нохчашна хилларг ду и. Амма Моэма кхидIа аьллачуьнга ладоьгIча, вайн и схьалаца хьекъал кхачахь, жимма дегайовхо юьсу… «Шен маршонехьа къийсам латточу къомо, и ларйийр ю, нагахь санна цуьнан кху тайпа мехала хIумнаш делахь: бакъдерг, доьналла, тешам, хиндерг хаар, шен са ца кхоадар. Уьш доцуш, цо шен маршо лар ца яхь, ша-шен бен цхьа а бехке ван йиш яц».

5

Маршонан марзо! Ханаанан латта… Нохчашна юха-юха тIеIитталуш болу баланаш, Дала цхьана хенахь Ша къинхетам биначу къомана тIеэгийначех тера бу.
Жуьгтийн къоман дайшна Ша делла дош кхочуш деш, церан тIаьхьенна лур ду аьллачу латта тIе буьгу уьш Дала, Муса пайхамар хьалха а ваьккхина, Египтан йийсарера кIелхьара а баьхна.
Амма Далла цIена къам деза, Шена бен хастам ца беш. Некъахь, церан Iесалла, керстаналла а дIадаккха, царна дерриг а хьоьху Цо. Керлачу дахарна уьш хьанал хилийта, керла дахар иманца хилийта а. Сих-сиха Муса пайхамарца къамел до Дала, чIагIво иза, Дела Ша цхьаъ бен цахиларан тоьшаллаш ло цунна.
Цкъа Муса пайхамар Синай лам тIе кхайкхина а волуш, Делан возалла лан ца луш, кхехкаш, лелаш, Iаьржа кIур буьйлуш хуьлу Синай. И гуш долу халкъ, Муса пайхамар велла, и Iаьржа кIур гIуьттуш богуш болу лам ца го шуна, вай вешан Далла гIуллакх дан деза, олий, пIелгара, лергара а дашо мухIарш, заьIанаш, лергаухкурш схьа а йохий, уьш лала а йой, шайна дашочу стеран куьцехь Дела а вой, цунна гонаха зуькарш деш Iа.
ТIулгийн экъанаш тIехь яздина Делан законаш дохьуш схьакхаьчча Муса пайхамар хьера-м ца волу, и ирча сурт гича. Масийтта эзар стаг воьйту цо шен гIоьнче, шена тешаме бисинчу накъосташка а. Дашо сту юханехьа лалабо. Деле гечдар деха, юха а лома воьду Муса пайхамар.
– Аша Сан дош дохадарна, шун чкъурах болчу нахана и латта гойтур дац Ас. Шовзткъа шарахь, Iесаллах, керстаналлах а шун дегнаш цIандаллац, гIамаршкахула лелор ду Ас. Керла, иманехь чкъор тIекхиъалц, – олу Дала.
Дала диканиг дан кхоьллина долу нохчийн къам, Делан дика тIе ца лацар бахьанехь, Делах накъостий беттар бахьанехь, мацах жуьгтий санна хьийзабо…

6

Жуьгташна вовшийн дукха безар бахьанехь дац церан барт хилар, вовшашна орцах бовлар, вовший хьалха теттар, гIо дар а.
Массо пачхьалкхехь, массо къомо а гуттар а хьийзош болу, кхидIа а иштта хилахь, шаьш хIаллакьхир дуйла кхетта уьш. Я даима а, кортош айа йиш йоцуш, лоллехь дехар дуй, цкъа а къам хилла дIахIуьттур доций а.
Цигара схьа ю дуьненахь революцеш, гражданийн тIемаш, динан байракхаш кIел тIемаш а. Цара гIо до жуьгташна шайна маршо яккха, муьлхха пачхьалкхехь санаш яха, цу эйфорин тулгIенаш тIехь Iедале кхача а. Цул сов, шаьш дIахьочу политикин ойла ца яйта а. Шайн олалла дохо лиинчу халкъана коча кхин а баккхий баланаш тосу цара.
Нохчий хIинца а цкъа туьрца, майраллийца а яккха гIерта шайн маршо. Жуьгташа и некъ дIатесна 2000 (ши эзар!) шо ду.
Нагахь жуьгти, дуьненан массо маьIIехь хьийзош хиллехь, нохчий, цIерабевллачул тIаьхьа Iадбуьту.
Цундела а барт ца хуьлу нохчийн къоман.
ХIора а ша кIелхьара валарх ца тешаш, шен доьзал кхио гIерташ воллу.
ГIуллакхаш тоделла жуьгти халкъан аьтто бан гIерта.
ДIатарвелла дика Iаш волу нохчи ша вуй ма хаахьара, бохуш, веха.
Нехан масалх пайда эца хьекъал ца кхачахь, жуьгташа лайна баланаш кхин а эзар шарахь лан дезар ду вайн. Цу дерригенах а кхета Дала пурба лахь, къоман барт а хилла, цу баланех хьалхадевр ду вай.

7

Уггар а чIогIа къоман барт бохош берш – Iедало дахарехь таро йина, даржашка хIиттош берш бу. Амма Iедало юкъа питанаш ца тийсичхьана, оьрсийн халкъан гамо яц нохчашца.
ХIетте а, эскарш арадовларх, вайнехан кхетам пачхьалкх лело кийча цахилар гучуделира. Уггар а хала, уггар ямарт мостагI – чураниг ву. И хьан коьртехь велахь-м диканах даха дог а дац.
Вирдашка декъаделлачу нохчийн къомо, эвлаяаш чIогIа лорий хууш, харцо церан тIаьхьенашкахула а лелайо.
Хьалхара тIом дIабаьлча, халкъа юкъахь питанаш, зуламаш а ца даржийта, амнисти йира цIий Iанорна бехке боцчу нахана.
Цунах кхаъ хилла, дохкохбевлла IадъIачу меттана, корта хьалатаIо, наха юкъахь дош ала а юьхь йоцуш болу уьш, юха керла дIахIуттучу нохчийн Iедалехь а даржаш къийса буьйлира.
Шайн гIалатех кхетта, дохкохбевлла, имане баьхкина, тешаме хиллехь-м хIумма а дацара. Я царна тIехь Iуналла дан, эшахь совцо, юха а галваьллачунна таIзар дан ницкъ болуш пачхьалкх елахьара. И йоцу дела, хила ца лаарна а, ца хилийтар дуьхьа а а дара цара мел доIу са, боккху ког а.
И нах тахана а, къам цIийнах, цIарах даьккхина хьийзочу хенахь, стаг шен чохь вижа-гIатта а маьрша воцчу заманахь, юха а Iедале дIахIиттина, миллионаш (нехан алапаш, пенсеш, пособеш, тайп-тайпана кредиташ) диъна ца Iаш, атталгIа нахана сагIийна йоуьйтуш ерг а, цIенош дохийначарна йоуьйтуш йолу гIишлошъяран материалаш а юуш Iа.
Ша бахьанехь нехан аьтто хир бацара-те, аьлла, я дан амал ца хилла, балха воьду стаг а ца вуьйцу ас, муьлхха Iедалехь а алапах тешна волу.
Шаьш бахьанехь тIамо дохийна хьийзочу адамна гIо дечу меттана, халкъана, махкана а цIубдарш санна тIелетта уьш. ЦIубдар-м дуьзча охьа а дужура, хIорш бац-кха цкъа а адаман цIийх, халкъан хьацарх, пачхьалкхан даьхнех а Iебар болуш, бузур болуш а.

8

Римлоша жуьгтийн ший а пачхьалкх (Израиль, Иудея), тIулга тIехь тIулг ца буьтуш, хIаллакйина, Суьлийма пайхамара дина маьждиг а дохийна, Библин оригиналаш а ягийна, дуьне мадду даржийна дIасакхийсинчу жуьгтийн, уггар гIаддайначу хенахь а, Iеламнах хилла Товрат дагахь хууш, нахана Дела дагавоуьйтуш, цуьнга орца доьхуьйтуш, уьш нийсачу новкъа бохуш, хьехамаш беш, къоман цхьаалла чIагIъеш, маршо юхаерзо некъаш гойтуш, Иерусалиме цIадоьрзур хиларх адаме дог ца дуьллуьйтуш, къинойх цIандаларе, Делах накъостий ца беттаре кхойкхуш, вовшашца нийсо лелайойтуш, вовшийн бакъонаш ларъеш, вовшийн гIортораш хила, бохуш, хьарам, хьанал къастош…
Нохчийн молланаш санна, тIерачу Iедалх оццул чIогIа кхоьруш, соьмах бохкалуш, Делаца шалхо лелош, халкъ тобанашка доькъуш, кIеззигчу мехах Делан дош харцахьа доккхуш, духкуш, лерринчу службашна болх беш а, нах кхин хир бац кху дуьнен тIехь а.
Дала боху Къуръан тIехь:
«Делах кхера: бакъдолуш, АллахI чIогIа ву таIзарехь!» (5, 3.)
Амма уьш, тIаьххьарчу дахаран меттана, юххера дахар эцначех бу. Къемата дийнахь эшамехь буьсун берш. ЦIергахь богу берш.
Делан дош ма-дарра ца хууш, галваьлла лелачу керстанал а эзарза боьха стаг ву, Къуръан дагахь а хууш, галдоккхуш верг. Делан дош хьалха а доккхуш, нах тиларчу буьгуш верг.
Дала цкъа а гечдийр дуй-те царна?

9

Хьалхара тIом материально лан атта бара нахана. Советски Союзехь токх баьхна, мелла а юучуьнца, ахчанца а гIоли бара. Дудаев Iедале веъчахьана, кIеззигчу нахана бен рицкъ тIедогIуш ца хиллехь а, дукхаха берш хьевдда-бевдда хиларна, мацалла яцара махкахь. Мелхо а Къилбаседа Кавказера массо а республикера, областера а адам Нохчийчу догIура, йораха юург, мерг, тIеюхург а оптом эца.
ШолгIа тIом дуккха а хала бу нахана. Хьалхарчу тIамо шина шарахь диначу зенах кога хIитта а ца кхиъна. ТIом боцуш даьккхинчу кхаа шарахь а (1996 шеран август – 1999 шеран сентябрь) рицкъах хадийна латтий нах. (Цхьаберш-м цунах хаьдда итт шо а ду.) Мел лиъча а, вовшийн гIо дан йиш йоцуш бу нах. Хьалха йохийна гIишлош а, кIеззигчу нехан бен, тоян таро а ца хилира. Уьш а, йиснарш, юха а йохийна.
Маршоне кхевдинчу нохчийн дог-ойла, юхаяккхар Iалашонца, бале-гIайгIане а доьллина адам. Доьзална тхов-кIело ян еза, дийнахь кхузза-доьазза юург, тIейоха-кога йоха лаха еза, кIантана зуда яло, йоI маре яхийта, велларг дIаволла а. Маьршачу хенахь маьршачу пачхьалкхехь, хьайн махкахь, хьайн юьртахь а хала дац и. Балха ваха меттиг йолуш, сом даккха агIо а йолуш. Нохчий тахана цу дерригенах а хадийна. АтталгIа, царна аьлла доуьйтуш долу гуманитарни гIо а, я салташа кхоллу, я хьаькамаш юкъахь духку. Пачхьалкхана маршо езначу нохчийчуьнгара, синмаршо а дIаяьккхина. НеIара тIе, маскаш йоьхкина, карахь герз долуш итт-ткъех стаг веъча: «Прокуроран бакъо юй шуьгахь?» – хоьттийла яц. Уьш хьо вен, шайна луъург дан а баьхкина бу. Политикийн карара а даьлла, Iедал эскаран хьаькамийн карадахча, цара адамийн бакъо чIагIъечу меттана, бакъо хьошу. «Тоьллачо дийр доцуш хIума дац. Эшначо ловр доцуш хIума а дац», – олу халкъо.
Кху тIаьххьарчу иттех шарахь шайна гиначуьнга ладоьгIча, белхан меттиг хилчахьана, алапа делчахьана, адамийн бакъонаш ларйичахьана, хаза а хеташ Россица Iийр бара нах. Маьрша нах бойуш, хьийзош, дIавигина стаг тIепаза войуш, чувала, аравала, чохь Iе а маьрша цахиларо, эскаро паргIато, маршо йохьучу меттана, кхин а боккха бала бар бахьанехь, шайна дуьхьал доккху къам. Телевизор чухула, дуьненна а хезаш: «Бераш а дайа деза церан, уьш хинболу бандиташ бу», – бохучу политико, юхатуху адам. Российн тIеман машина, нохчийн пачхьалкх когашна кIел хьаьшна ца Iаш, нохчийн къам, цуьнан кхане а хIаллакъян гIерта. Экономически хьелаш тодарца, гергалонаш, уьйраш чIагIъярца толам боккхучу меттана, дерриг а сийначу цIарцIа дагош, халкъан доьдайарца толам баккха гIерта. И толам кIеззигчу ханна бу. Къам хIаллакдина, бисина цхьа кIеззиг берш дуьне мел ду дIасакхийсарх, цхьана хенахь дуьненчухула баржийначу жуьгташа санна, ши эзар шо даьлча а, шайн мохк буьтур бац, юхаберзор бу нохчаша.
Гуттар а тIемаш бечул, Россина (Нохчийчоьнна а!) гIоли дерг, тешаме лулахой, накъостий а хилла, бертахь дахар ду.
Кхидерг ца хьехийча а, кху тIамна бохуш хIаллак мел дина ахчан 10-гIа, гIаддайча, 100-гIа дакъа мукъане а нохчашна деллехь (я проценташ йоцуш кредиташ хуьлийла уьш 10 шарна, 20 шарна), Россел дика пачхьалкх ян а яц бохуш, бехар бара нохчий. Дикачух дIакъаста цхьа а ма ца гIерта.

10

Нохчийчухула лелачарал башха, Бен кен ЛаденгIар нах йоций-м хаара суна, я Нью-Йоркера цIенош цо лелхийтина доций а.
Нохчийн маьрша пачхьалкх кхуллу, аьлла, долийна гIуллакх, юха и терроризм тIедерзадар а, Американ, Англин а эскарш Кавказе схьадалор дуьхьа ду-те?
Хьесап дича, хIора пачхьалкхехь болу гIаттам, тIом а кхечу пачхьалкхана пайденна ма бу, я ша цига охьахаа, я мостагI гIелван.

11

П. Я. Чаадаев:
– Францехь стенна оьшу ойла?
– И дIаалархьама.
– Англехь?
– И кхочуш ярхьама.
– Германехь?
– Цуьнан ойла ян.
– Вай долчохь?
– Цхьанне хIуманна а ца оьшу.
Чаадаев воьшуш:
– «Нохчашна стенна оьшу ойла?» – хаттар кхолладелира сан.
– «Къийсархьама!» – дара жоп.
12

Муьлххачу системехь а яздархочунна шена лаахь бакъдерг яздан агIо карайо.
Оьрсийн советски Iедало нохчийн халкъана беш болу ницкъ, лело харцо а гайта таро хилла яздархойн, паччахьан Iедал долу заманах лаьцна дуьйцуш. Бадуевна тIера Айдамировна тIе кхаччалц болчу яздархойн книгаш юха еша езаш ю, хьалха ца йиначу ойланца, могIанаш юкъахь а доьшуш.
ДагадогIу, Айдамиров Абузара дийцина:
– «Еха буьйсанаш» язъян ойла муха кхоллаелира боху ахь? Шовзткъе доьалгIачу шарахь вайн къам цIера даккхарх лаьцна книга язъян лууш вара со. Амма и йихкина тема яра. Изза бала, изза хиламаш паччахьан заманахь а карийра суна. Имам Шемалан тIом дIабаьллачул тIаьхьа, Хункара махка дахийтина вай.
Мохьмад Мамакаев а дика кхеташ хилла Россин имперски политиках. Обарг Зелимхах лаьцначу романехь, нохчийн округан начальника, полковник Дубовс, боху Веданан кIоштан пурстоп волчу Черновга:
– Питанаш тийса деза царна (нохчашна, ламанхошна а) юкъа. Ширачу римлянаша а олуш хилла: «Бекъа а боькъуш, олалла де». ЧIир? Дов? Дикахо ду-кх. ТIаккха вайгара гIо оьшур ма ду царна.
Доккха хIума ду-кх! Оцу ямартчу политиках ца кхета-кх вай тахана а.
2002

13

ХIун ю маршо нохчийн кхетамехь?
Поэта, Цуруев Шарипа, иштта маьIна до цуьнан:
– Халкъо, ша уггар чIогIа лорург, шен маршалла хаттарехь къастадо. Масала, монголаша – «Даьхни муха ду хьан?», оьрсаша – «Здравствуйте», нохчаша – «Марша вогIийла». Кхечу къаьмнийн маршалла хаттаран кепаш ца йийцича а, кхузахь а го: монголаша хьалхарчу метте даьхни (бежнаш, говраш, уьстагIий) хIоттош хилар. И церан дахар ду. Оьрсийн хьалхарчу меттехь могашалла ю. Нохчийн – маршо. Амма «маршо» бохург – пачхьалкх кхоллар, «маьрша валар» бохучу хьесапехь дац. «Марша вогIийла», «марша Iойла», «марша гIойла» бохург – коьртехь бала-гIайгIа йоцуш, тIехь нехан чIир йоцуш, уьдуш-лечкъаш воцуш, самаьрша бохург ду. Нохчийн коьртаниг – стеган синмаршо ю.

14

Таханлерчу Iедалан векалша боху:
– Вай таханлерчу Россехь Iийна а дац. Вайна евзарг Советски Росси, тIеман Росси а ю. Вай Конституци тIеэцначул тIаьхьа, вайн пачхьалкхан дозанаш ваххабиташ дийцинчул а бIозза шорло. Цара юьйцу пачхьалкх Каспийн хIорд тIера Iаьржа хIорд тIекхаччалц яра. Вайн пачхьалкх Кавказера Генарчу Малхбале кхаччалц хир ю… Вайна хаа деза, хIара тIемаш, вай Iеха а деш, таханлерчу Россехь вай дай ца хилийта беш хилар.

15

Кавказехь пачхьалкх кхолларан идея керла яц. Имам Шемалан, Узум-Хьаьжин, кхечеран а имаматаш ца хьехийча а, гIалагIазкхашца бертахь кхайкхийна Донан-Кавказан Союз, Ламанхойн Республика а. Царах цхьа а (атталгIа кхечу пачхьалкхаша къобал йинарг тIехь!) шина-кхаа шарера ткъех шаре бен ца яьлла, тIегIерта ницкъ эзарза сов хиларна.
Оцу дерригенан а хьесап дича, нохчийн къам дендалар, дуьненчохь чIагIдаларан а кхо некъ го суна:
1) бусалба динца нисдалар;
2) тIом ца бар;
3) нохчийн мотт Iамабар и бийцар, нохчийн маттахь яздар, дешар, цу маттахь Iилманан белхаш бар, и пачхьалкхан меттан тIегIана тIе баккхар а.
Дин доцчу къоман эхарт дац. Мотт боцчу къоман дуьне дац. И ший а аксиома ю.
Делан къинхетамах валарал доккха хIума дац кхин цхьа а. Мотт боцу я шайн мотт ца хуу къам – делла къам ду. Къам дийна латториг мотт бу.
Нохчийн къоман идея – Россех дIакъастар яц (Россех дIакъаьстина бохучу иттех шарахь а Iийна вай мотт дIа а тесна), къоман идея (историн хIокху муьрехь) – халкъ дебор, мотт кхиор а ю.
Поэтан, Къонахчун, Мохьмад Мамакаевн дешнашца аьлча:

Шен ненан мотт халкъо,
Сий ойуш, Iалашбахь,
Цу халкъан паргIато
Цхьаммо а хьошур яц.

2003


Рецензии