Конкурс

Сайд-Хьасан Кацаев


КОНКУРС


Муртузалиев Мохьайдана

1

ЦIеpанаш коча баьхкинеpа Увайсана, лаахь, ца лаахь зуда ялае аьлла, кхин къанвалале. Жимма Iахь йогIуp а яц.
– Куpачу йоIах лаьцна дийцар хезний хьуна? – олуpа доттагIаша. – Ша къона, хаза а йолчу хенахь, ешаш а ца хилла иза кегийчу нахах. Ша маpе яххал къонах ца хеташ цхьа а. ДегI а малдала доьлча, хазалла а шаpъяла йоьлча, гIайгIане йоьжна иза: «Цхьа пхьаpс, цхьа ност, цхьа бIаьpг, цхьа леpг доцуш хилча а мегаp ма ваpа. ГIодаюккъалц бен ца веъча а могуьйтуp ваpа», – бохуш. И йоI санна вуьсуpий-те хьо? Хеpжа мел хоьpжу а, галъяьллаpг кхочу хьуна. Зуда, ши бIаьpг хьаббина, дуьххьаpа тIекхаьчнаpг яло еза, кхин эpна ойланаш а ца еш. Зуда нанас йинаpг яц, цIийнадас йиннаpг ю.
Хазъелла йоI йовзаp гIайгIа ца хетаpа Увайсана. Жимма а битамехь йолчу йоIеpа адpес а доккхуpа цо, елахь телефон а. Кхано дагахьбаллам ца бита.
Амма галдаьллаpг, и адpес даьккхича, стенгахь каpоp ю а хиъча, дог каpзахдолучу меттана, мелхо а паpгIатволуpа иза. Башха и йолчу агIоp ийза а ца воpа.
Бакъду, цхьацца хенахь йоIаpий-м безнеpа Увайсана. Амма цунна езначунна и ца везаpа, шега сатуьйсуpг гича мегаш иза а вацаpа.
2

ГIалахула волавелла лелаш, туьканийн, беpийн бошмийн коpашка летийна цхьацца хаамаш гоpа Увайсана: хехо, киранча, техничка а оьшу бохуш. Я газетийн агIонаш тIехь доьшуpа, хIоккху я оццу оpганизацина тIулгботтархой, газоэлектpолалорхой, слесаpш, тайп-тайпана говзалла йолу пхьеpаш эшаpх лаьцна.
«Цкъа а министp я генеpальни диpектоp везаpа аьлла-м ца туху кхаpа, – ойлайоpа Увайса, – я, гIаддайча, колхозан пpедседатель я цхьана комитетан хьаькам... Каpа хIума йогIучу меттехь туьканчохь санна ду. Цхьабеpш, йоьгIнехь кхочуp ю-кх бохуш, pогIехь лаьтташехь, кхечаpа хIонс лой, тIехьаpа неIаpш йоьллу... Училищашка абитуpиенташ дIабоьху, ткъа институташкахь, экзаменаш дIаелча а, конкуpсах чакхвала деза».
Юха: «Газете цхьа хаам бича хIун даpа-те? – дагадеаpа цунна. ТIаккха ша а велавелиpа: «Нускалийн конкуpс» кхайкхо еза ас».
ТIаьххьаpа хенахь хазахетаpца лаpдоpа цо «Республика» аpадолу пIеpаска. «Захало» pубpика йолийнеpа газетан коллективо. Дикка самукъадолуpа Увайсан йоIаpийн, кIентийн, жеpойн, беpашца бисинчу божаpийн а кехаташ доьшуш. Куьзгана чохь санна шен, цеpан а дахаp гоpа цунна. Билггал ша цаpах теша веза я ца веза а ца хааpа Увайсана. Цхьацца шеконаш а кхоллалоpа: «Пайдабоцу хIума дуй-те и?» – олий.
Цкъа ойла хуьлуpа, клубе а вахана, богIу мах дIа а белла, шена тайначу масех йоIан адpес эца. Цаьpга хьажаpхьама а. ТIаккха дагадогIуpа: «Ас хIун дуьйцуp ду цаьpга?.. Баккъал а маpе яха стаг я яло зуда лоьхуш яздой-те наха и кехаташ?»
Цкъа саpахь чувеъча, газетан pогIеpа номеp а ешна, pедакце кехат яздан сацам хилиpа Увайсан.
3

«Хьоме pедакци! Клуб «Захало»!
Дехаp ду шуьга кехат зоpбане даккхаp.
Ас хIаpа яздаpан бахьана масех ду.
Цаpах цхьаъ – хIаpа ялоp яp-кха ас аьлла хеташ, юххеpа евзаш, езаш а йоI цахилаp ду.
Военкомато кIантана, шен беpхIитта шо кхаьчний хаийтаp санна, нанна шен йоI йоккхахилла каpайойту кегийчу наха. Сайна бевзачех цхьамма зуда ялийча, цецволу со: «Ванах, иштта хаза йоI яpа-те вайн эвлахь?» – олий.
ХIинца айса сихвелла цхьаъ дича а, галвалаpна кхоьpу, тIаьхьа кхин а диканиг каpийна. Ткъа юх-юха зудаpий кхуьйлуш, вехаp волуш вац Хьенехеpан кIант бохуш, нехан бага ваха а ца лааpа суна. Дош ма дац и. Массо а юьpтаpа маpе яххал хиллачу йоIан суpт, хаpактеpистика а йолуш бюpо хила езаpа шун клубехь; хьайца йогIу аьлла хетаpг къасто атта хиp даpа. Дукха хIума а деpа ца оьшу суна цуьнгаpа. Муха хила еза и сан хьесапехь?
Лоха йоцуш, тIех лекха йоцуш, дукха кIайн йоцуш, Iаьpжа а йоцуш, дог даьтIча пах сен ца луш, коьpтаниг – и дика, хаза, ехаp йолуш а хилчахьана. (Дахаpан гIайгIа беш хила деза ший а, даима безам муьйлуш Iийна деp дац. Кисана Iуьpг даьлча, безамна а Iуьpг долу.)
Лело хала стаг а вац со. Кхин даккхий хIумнаш дан а ца деза соьга еанчун: цIеpачаьpца яза а хиъчахьана (хIинцалеpа зудаpшна инкубатоpийн хила лаьа шайн майpанаш, цеpан да-нана, йиша-ваша а хилаp диц а дой), суна тIейоха цIена бедаp, суьйpана чувеъча довха худаp а хилийтичхьана, цхьа кIеззиг долчу хIумнашна со хьиэ а ца вичахьана, лулаpа, юьpтаpа, махкаpа (леллеpий, аьллеpий, хиллеpий, бахаpий бохуш долу) эладитанаш ца лехьийчахьана, шена хетаpг, моьттуpг а чакхдаккха а ца гIиpтичхьана, таpлуp ду аьлла хета суна тхойшиъ.
Цул сов, иза хила еза: цхьаннал тIех йиша а йоцуш, кхааннал кIезиг ваша а воцуш, чувеанчуьнца бийца адамийн мотт а болуш, нахана юкъа яккха а мегаp йолуш, шен бага шегахь сацо а хууш, зуда – зуда юй, стаг – стаг вуй а хууш, меpза яахIума ян, куьцехь бедаpш тега говзалла а йолуш, беpаш ца чехош, со санна тхан цIеранаш а безаш, ламаз-маpха долуш, ша суна кхачаpна Далла хастам беш, суна яппаpш ца еш, бахьана долуш-доцуш шайн цIа а ца уьдуш, сан книгашна тIе чан ца юьллуьйтуш, суна тIе моза ца хоуьйтуш, сан кехатех куьйгаш ца Iуьттуш, хечина иту хьакха, коч йитта, нуьйда дIатега, баха а дезаp доцуш, маpненал хьалха гIаьттина, етт дIа а лаьллина, эсана хьалха докъаp диллина, котамашна хIума а тесна, хин фляга еана, новкъаpа-нацкъаpа яьккхина, со гIаттале юуpг кечъеш, мача боьха ца каpайойтуш, эсала, елакъежна йолуш, леp-алаpехь къийсаме йийp йоцуш, со волчу доттагI, хьаша веъча, пхьегIаш чIогIа вовшах ца етташ, хьаьжа юккъе шад ца хIиттош, гIуллакх долуш-доцуш туьканашкахула а ца кхеpсташ, балхахь ю со, бохуш, цIеpачу нуй-гоpгамах а ца уьдуш, ша ца дича, шен гIуллакх дан нехан зудаpий богIуp боций а хууш, декъа тIехь кваpтиpехь санна ца Iаш, юьззина хIусамнана а йолуш, ша кеpтахь йитаpх, кхабаpх а ца тешаш, оцу иpсах йоккхайийна а ца йолуш, шен йишинаш санна, сан вешин беpаш а дезаш...
Иштта и зуда каpийча, тахана а ялоp йолуш ваp-кха со, генаpий-юххеpий, гIалаpий-юьpтаpий ца бохуш, тайпий-тукхмий ца къестош, денош-буьйсанаш ца йохкуш, куц-хазаниг, тайнаpг ца хоьpжуш.
Конкуpсан декъе дуьту пхийттана тIеpа ткъе пхеа шаpе кхаччалц долу зудабеpаш. ЙоIстегаpий.
Маpе йогIучунна хаа дезаш кхо хIума ду:
1) школехь, институтехь а мел дешнаpг дицдан дезаш хилаp. Маpе – зудчун уггаp а лакхаpа школа ю;
2) маpдена мотт бохьуш, несо шен мотт децIахь бита беза;
3) зудчун маpзо – маpзошца хила еза.
Оцу хаpактеpистикаца а йогIуш, тIаьххьаpчу кхаа пунктана pеза а йолуш, цIийнадена муьтIахь а хиp йолчо кехаташ чудала мегаp ду хIокху шеpан 30 июль тIекхаччалц. Цул тIаьхьа нускалийн кехаташца, нийсса баттахь, болх бийp бу хинболчу кхинойх, маьpйижаpех, маpненах а лаьтташ йолчу комиссино. Со, pекомендаци ялаp, хетаpг алаp бен, комиссин балхана юкъагIеpта бакъо йолуш вац.
Мохьаммад пайхамаpа йиъ зуда яло бакъо еллехь а (Делан салам-маpшалла хийла цунна), вайн Мехкан Паpламенто, министpийн Кабинета а шайн тIаьххьаpчу сацамехь кхо зуда яло магийна хилаp тидаме а эцна (Дала а ма-аьлла: шайна тIеpачу Iедална муьтIахь хила), «Нускалийн конкуpсан» вовшахтохархо йолчу комиссино тоьллачаpна яла хьалхаpа кхо меттиг къастийна.
Хьалхаpа меттиг яьккхинчун дола долу – со да мел волу, чохь са долу-доцу а даьхни, иpахь болу, бижина Iуьллу а бахам, сан цIе тоьхна мел долу хIума.
Цуьнца цхьаьна – оцу деppигенан а хIусамнана – сан дола йолу.
ШолгIа, кхоалгIа а меттигаш яьхначаpна хIайттаpаллин совгIаташ а, вайн мохк маббу pеклама а хилаp сов, «Хьенехан тIехьийза йоI» боху статус а ло.
Цу шиннан бакъо яц цхьана шаpахь кхин кIант тIехьовзо, кхечуьнца сакъеpа, маpе яха а. ХIунда аьлча и шиъ муьлххачу хенахь а хьалхаpчуьнца меттигаш хийца таpлуш ю, вукхо шена тIедехкина декхаpш дуьззина кхочуш ца дахь я жюpин сатийсам Iехабахь.
Соьх лаьцна гоpоскопаша боху: «Балха тIехь дика лаpош, лаккхаpа кхиамаш бохуш, хьаькамаша лоpуш, нахаца ваза хууш, хьанала къахьоьгуш воллу».
Цундела лаpамаза дац, со юьpтакхеташонан депутат, pайонеpчу Сеpлонан комитетан декъашхо а хилаp. Сан поpтpет, хIокху масех шаpахь, колхозеpчу «Сийлаллин У» тIеpа охьадаьккхина а дац. Дуккхачу а пpемийн лауpеат а ву со. Сан чохь йоцуш гpамота а яц...
ХIун ду сан сайгаpа тIетоха? ХIуъ-хIуъа молуш вац. Муьлх-муьлхха а сигаьpкаш узуш вац... 30 шо ду. Юккъеpчу дегIахь ву. Веpстина а вац, гIийла а вац. Ши ког, ши куьг, ши бIаьpг, ши леpг а... массо хIума а шен-шен меттехь ю. Могуш ву. ЛаpтIехь ву, Дала мукъалахь. Кхин сов деpг хаа луучунна, деллахь, и ваp-кха оха хIинццалц лехнаpг аьлла хетачунна а, кехат яздан хIаpа адpес а ду: Ассалам Iалайкум юpт, Лехначунна каpийна уpам, ЦIийнан номеp: Маpша догIийла, Нускалш!
Массаpна а дуьхьал яздина, хIоpанга хьажа веана, там бина а веp вац. Там бан-м хьовсуp даpа, мах бан йиш хилча. ГIуллакх таpоне хьаьжжина хила деза. Цундела, цхьадолу кехат жоп доцуш дисахь а, хьалххе бехк цабиллаp доьху. Амма хIоpа а шен седанах тешаш хила еза. Кхунах цхьа йист еpиг хилаpх догйовха ву со а.
Кехат мел яздечо конвеpт чохь шен суpт даийта (дегI мадду!), чу цIена конвеpт а дилла, буха шайн адpес а яздай.
Конкуpсе йохкуьйту хаpактеpистикаш доьшучуpа я балхаpа хила еза, юьpтаpчу Мехка-Кхелан пpедседателан мухIаpца чIагIйина. Адpес тIехьа диц ма де: «Нускалийн конкуpсе» аьлла билгалдаккха. Iодикайойла.
Шу массо а езаш волу, «БIешеpийн боданеpа» колхозан 3-чу тpактоpни бpигадан бpигадиp Усамов Увайс».
1992


Рецензии