Гезгамаша

Рюноскэ Акутагаван ду «Гезгамаша» цIе йолуш дийцар.
Дала къинхетам а бой, талорхо Кандата кIелхьара ваккха дагахь, ялсаманин гезган маша бохуьйту жоьжахате.
Шен дахарехь цхьа дика дина хуьлу Кандатас, ца юьйш йитина гезга. И цхьа гIуллакх бахьанехь къинхетам а бо цунах Дала.
Кхочу-у-ш жоьжахати чукхочу гезгамаша. Хазахетта Кандата тасало цунах. Стенгга вигна а, кху чура хьалах воккхур вай со хIокхо, олий.
Мел тIахъаьлла велахь а, кIадлой садаIа соцу талорхо Кандата. Доккха са а доккхий, охьахьожу иза. Кхуо оццул бала хьегна цIийн Iам гуш а ца хуьлу. Хазахета Кандатина. ХIинца-м кIелхьара волуш воллура иза! ХIинца цкъа тохавелчахьана!
Эццахь, шена тIаьххье цIийна Iома чура хьалагIерташ, эзарнаш, ша санна къинош летийна нах го цунна. Кхерало Кандата. Гезгамашано ловр ма бац уьш! Оццул буткъа болу и хедар ма бу! ТIаккха мохь туху цо:
– ДIадовла! ДIахеца! Сан гезгамаша бу хIара!
Цо и оллушехь, кхуо схьалаьцначухула хеда гезгамаша. IуьнчIалгаш а дохуш юханехьа жоьжахате чувужу Кандата.
И гуш волу Дела дIаволало: «ХIахIа, къинхетаме ца хилла Кандатин дог», – халахета Цунна.
Деллахь, ма нохчийн амалехь хIума ду и, ойлайо ас, и дийцар дешча. Шел хьалхавоьдург ког лаьцна чуозор волуш, шена тIаьхьавогIург мийра тоьхна чукхуссур волуш, ву-кх нохчи.

Кхо яй хилла боху жоьжахатехь кхехкош.
Цхьаъ – тIехь негIар долуш, даккхий зайлеш доьхкина, догIанаш а тоьхна, шолгIаниг – тIехь негIар доцуш, амма гонаха шайтIанаш долуш, кхоалгIаниг – тIехь негIар, гонаха ха а доцуш.
– ХIокху яй чохь муьлш бу? Ма чIогIа дIакъевлина бу хIара?– хаьттина.
– Кху чохь жуьгтий бу, – аьлла шайтIано. – Шайх цхьаъ хьалавалахь, цо массо а хьалавоккхур ву уьш. Цундела иштта чIогIа къевлина бу и.
– Ткъа хIара тIехь негIар а доцуш, гонаха шайтIанаш хьийзачу яй чохь муьлш бу?
– Цу чохь эрмалой бу. Цара  барт а бой, вовшийн кошкала а хуьйшуш цхьацца хьалавохуш, оха юханехьа чутеIош. Иштта гIуллакх ду кхузахь.
– Ткъа хIара ма тамашийна хIума ду! ТIехь негIар а дац, гонаха шайтIа а дац. Кху чохь муьлш бу?
– Кху чохь барт боцу нохчий бу-кх. Шайх цхьаъ хьалавала воьлча а, вукхара  озавой чукхуссу. Цундела царна я ха а, я негIар а ца оьшу.

1998


Рецензии