Дудаевх лаьцна

Сайд-Хьасан Кацаев


ДУДАЕВХ ЛАЬЦНА


Дешхьалхе

Къоман конгрессе кхайккхалц (1991 шо) кIеззиг нах бара Нохчийчохь инарла Дудаев вевзаш, вуьйцуш хезна а. Iедалца къовсабеллачеран карахь йоккха козырь яра иза. Цул хьалха цкъа а нохчех инарла ваьлла вацара Россехь. Нохчашна доккха хIума хетара и. Цо хIумма а озавелла, я Iедалан балхахь вара аьлла ца Iаш, нохчийн дог-ойла гIаттош къамел дира. ХIинццалц схьа нохчийн куьйгалхой, шайн да веллачу тезетахь а, доIана куьйгаш айа баьхьна, оьрсашна жимма а товр доцу дош ала хIиттина а бацара, партих, КГБ-х а кхоьруш. Инарлан доклад цхьаннех а озалуш, пусарш деш яцара. Массеран а багахь дара:
– Шен лоллера дIавала ца гIерта лай, шозза лоллина хьакъ ву, – боху дешнаш.
Меттигерчу хьаькамех, церан хьадалчех а лаьттачу оппоненташа дуьйцург бахьанехь, инарлас масийттаза дIахьедира:
– Со президент ваха гIерташ вац, Нохчийчоь маьрша йолуш дакъалаца лууш ву.
Цхьаболчу наха:
– Хьо цIахь Iийна вацара. Нохчий хьуна Лермонтовн поэмашкахь буьйцуш хезнарш бацара. Тхан гIуллакхашна юкъа ма гIертахьара хьо, – дийхира.
Кхиберш билхира:
– Джохар, цIа волахь, тхо хIаллакьхуьлуш ду-кх, – аьлла.
Мансур, Шемал а дIаваьлчахьана, тIаьххьарчу баьIа шарахь, цу тайпана къоман гIаттам ца хиллера нохчийн.
Нахана товра инарлин даккхий, деза къамелаш:
– Вайн лаьттах долучу мехкадаьттанах цхьа-ши процент а юьсуш яц Нохчийчохь. ХIинццалц Россе кху чура дIа мел оьзначу мехкадаьттанах дашо некъаш дахкалур дара вайга. Россех дIа а къаьстина, даха ховшахь, хIоранне чохь дашо каранташ ехкина, эмкалан шуреш муьйлуш Iийр ду вай. Росси яхкаелла, дIатетчахьана южур йолуш, пачхьалкх ю. Россин тIеман ницкъ хIун ю нохчийн доьналлийца юьстича! Кема – тIемадаьлла доьду фанер бен дац. Мажар топ тоьхча а Iуьнкара догIуш. Уггар чIогIа танк а, сирникийн ботт санна, яго хIумма а доцург ду. Шийтта шо кхаьчначу нохчийн беран а ду и хьуьнар. ФСК хIун ю? Фанерийн-сирникийн комбинат. Нохчий – Дала хаьржина къам ду. Дала тIамна кхоьллина бу нохчий! ХIокху дуьненна тIехь а дац нохчашца доьналла, майралла, яхь, оьздангалла а къовса кхин къам. Вайн дайша кхаа баьIа шарахь тIом бина Россица. Шайх Мансур, Имам Шемал, Бенойн БойсагIар вайна доккха масал ду. Ислам – вайн байракх. Вежарий, йижарий! Маьрша боккхур вайн вешан мохк! Иштта бу Делан лаам. АлхьамдулиллахI, Дала сий дойла шун!
Цкъа къоман конгрессан председатель хаьржира Дудаев, юха президент.
Амма Iедале вале, лаккхарчу трибунашкара инарлас кхайкхийнарг гуш дацара халкъана.
Кхузткъе итт шарахь Iедало мел гулдинарг лачкъийна дIасадаьккхира, хIаллакдира йоццачу хенахь.
Набахтешкара арахецна зуламхойн цхьа дакъа Iедал лардан хIоьттира, важа дакъа – шайн тохарлера болх дIакхехьа. ХIора суьйрана телевизор чухула гойтура дайна я хьийза а дина дайина зудабераш. «Шайна царах лаьцна хIума хуучо телефон тоха милице».
Хуьлуш лаьттачун ойлаеш, реза воцуш волу стаг ца везара республикехь. Жа санна, гайттинчу агIор дIахьолхур болчех, кара герзаш а делла, го бинера шайна. Iедалехь, парламентехь а кIеззиг нах бара нохчийн пачхьалкхаца бала болуш, и оьшуш, цунах тешаш а.
ХIара дерриг а цкъачунна лоруш, аьтто баьллачура, массо а ша вол-волчохь катухуш вара.
Интеллигенци юьстаха йисира цу боламна. Цхьаберш шайн оьздангаллийна, вуьйш – Москвас хIун эр ду ца хууш. Уьш шеконашкахь Iашшехь, дерриг даржаш дIалийцира агенташа, зуламхоша, тайп-тайпанчу авантюристаша а. Ахшарахь, шарахь, шина шарахь а алапа ца луш хьал хIоьттира. Школаш, библиотекаш, училищаш, техникумаш, институташ, дуккха а предприятеш, заводаш а дIакъевлира.
Цхьаболу нах, харц кехаташ а хIиттош кредиташ оьцуш, йоццачу хенахь миллионераш, миллиардераш а хилира. Къоман банкехь ахча схьаоьцург мах 65 % хьалабелира. Нахана, сегIаз юкъахь долчу суьрташ тIехь бен, гина а йоцчу иномаркашкахь ши борт йолу костюмаш, къорза галстукаш, буткъа буьхьиг болуш мачаш а йоьхна нах баьржира республикехь.
Хьалха бахам даьхница бустуш бара нохчийн. ХIинца дийна жа я рема елча а ца йогIура ишттачех цхьа машен а. Къахьоьгучу стеган мах бацара. Дукха адам дара чохь мала чай, чутаса шекар а доцуш. Республикехь доккхуш долу бензин а Россехьчул деза дара. Бензинан мехаца хьала-охьа ловзура базарара мехаш а. Беттан алапа, схьалуш меттиг еъча а, инфляци бахьанехь, эзарза тIаьхьа дисинера реально болчу мехел. Доккхачу декъана нохчийн доьзалш зударша кхобуш бара. Борша стагана, кара автомат эцна ара ца ваьлча, я цхьана тобанах дIа ца кхетча, дан хIумма а дацара. Амма хIора дийнахь Росси дIахьежош мехкадаьттанах юьззина эшелонаш, составаш а гора нахана, йоьттина эзарнаш машенаш а.
– И ахча стенга доьдуш ду? – аьлча:
– Къоман къайле ю, – олура президента.
Нах Iара, иза баккъал а Россица бала тарлучу тIамна кечам беш, тIетаьIIина герз оьцуш, эскар вовшахтухуш, чIагIдеш а ву. Цхьадолу дакъа Россин куьйгалхой оьцуш дIадолуш а лорура наха, цаьрга Нохчийчоь къобалъяйтаран дуьхьа.
Амма тIом баьлча, когаш бихкина, сагIийна бен кечбина уьстагIна санна, логе шаьлта а лаьцна карийра шаьш нахана. Кхо-виъ воцург, массо хьаькам вада а ведда. Я арми, я герз а доцуш.
Оцу хьолехь, кху дуьненна тIехь цхьана а халкъо бийр боцу, тIом а бира, хIинца-хIинца «къоман къайле» гучуйолу-кх бохуш.
Республикан куьйгаллехь халкъах дог лозуш, пачхьалкх а езаш стаг хиллехь, бер боцу тIом а баьккхина, нехан уггар а гIаддайначу хенахь къайлавели Дудаев.
Цхьаболчара, цуьнан шен гоно я Россис ловзийна-ловзийна, эххар а вийна лору иза. Амма дукхаха болчарна гергахь, иза, шен роль ловзийна а ваьлла, дIавахна.
И дерриг хууш хилча бен, дика кхетар вац, халкъо цуьнан личность гонаха кхоьллинчу дийцарех.

Инарла

Президент хIоьттинчу хенахь гонаха болчара экскурсе вигна Дудаев, хьаннашка, лаьмнашка а бIаьрг тоха.
ТIеман гIуллакхехь волчу Джохаран наггахь бен цIавар  ца нислора хIинццалц. ТIеман хенахь а, шена дукхавезачу поэта Пушкина, Бестужев-Марлинскийс, Лермонтовс а хестийна, Толстойс сий дина, уьш баккхий бийна Нохчийчоьн Iалам бIаьрга дайча:
– Деллахь, тIом бан ма дика меттиг ю хIара, – аьлла инарлас.
Жоьлгаш

– Гонахара жоьлгаш дIаяха хьайна, – хьехар дина Джохарана. Баьхьна цунна коьртаха пIелг а тоьхна:
– Муьлхург бара и? – хаьттина Джохара.
– Ца хаа, – аьлла вукхо.
– Суна а хIун хаа, царах жуьлиг муьлхург ю? – аьлла Джохара.

Хьаьжой

Пачхьалкхера кхачамбацарш дуьйцуш:
– И баккхий нах а, цIе, кIай, баьццара а чалбанаш йолу хьаьжой а шайн цIа бахийтахьара ахь, – аьлла цхьамма.
– Деллахь, со-м болх бийр болуш ма вара, и матросаш IадъIахьара, – аьлла Джохара.

Ламаз

Эххара шена а кIордийначух тера ду Дудаевна баккхий нах, церан хьехамаш а. Дийнахь, бусий, цIахь, балхахь, митингехь… Телевиденехула къамел деш царах лаьцна:
– Дала тIедиллина кхо ламаз деш, шайн цIахь Iахьара уьш, – аьлла Джохара. Юххехь волчо муьшка йина сихха:
– Кхоъ даций уьш-м, пхиъ дай.
– ОйхI, пхиъ делахь кхин а дика ду-кх. Пхиъ, шийтта… Мукъа хан кIеззиг хир ю-кх.

Билгало

Цхьана корреспонденто хаьттина Джохаре:
– Господин президент, пачхьалкхан билгало йолу борз йижина хIунда ю шун?
– Дала тIе ма доуьйтийла и хьалагIатта! – аьлла Джохара.
Борз, газа а

ХIара дуьне гIийла даа, садетта кIорда а дина, берзалойх дIакхета веза ша аьлла, кайохуьйтуш Iаччохь схьалаьцна цхьа къонах.
– ХIун де кхунна? – хаьттина Дудаевга.
– Тоьпаш тоха, – аьлла Джохара.
– Муха, Джохар? – аьлла барзо. – «Хьо къонах велахь – сатоха, борз елахь – катоха» ца аьллера ахь?
– Борз хиллехь, ка а тоьхна, дIавахана хир вара хьо, газа санна вежаш ца Iаш. Тоьпаш тоха…

Мекхаш

Дудаевн сибатан коьртачу билгалонех ду цуьнан дуткъа, юкъахь сиз а долуш, дIасадахана мекхаш.
– И цициг-мекхаш дина, – олу иза ца везачара.
Оцу хьокъехь Джохара аьлла:
– «Цициг-мекхаш», «цициг-мекхаш». Цициг-мекхаш дац! Кеман тIемаш ду!

Кехатан кема

Джохарана тIе алапа деха баьхкина хилла школашкара хьехархой, куьйгалхой  а. ХIора а шега-шегара къа-бала балхош, халкъан кхане кхио дешар мел оьшу а дуьйцуш хилла.
Джохарана кIордийна цаьрга ладегIа. Массара а дуьйцург цхьаъ: лоьраш, хьехархой, алапа, дешар, халкъан могашалла… Цунна тоххара хьаьхна, сакхачийна хIумнаш! Шаьш лоьхучунна жоп дала республикехь кхин стаг а ца карийна, уьш шена тIебаьхкиний хуучу Джохара, стоьла тIера кехатах кема а дина, чухула дIахецна: «ЧIу-у-в», – олуш.
Массо а инзарваьллачохь висна.
Гуьмсера цхьана школан директора хьала а гIаьттина:
– Республикехь массарна, «Iовдал Малика» аьлчахьана, евзаш ю со. Сайл воккха Iовдал хьо бен ца гина суна,– аьлла.

Кабинет

Цхьана юьртара баккхий нах баьхкина хилла Джохар волчу. Церан дехаре ла а доьгIна, шена хьалха дехкинчу кехаташка а хьаьжна:
– Дика ду, хIара чIогIа мехала гIуллакх ду, – лахарчу этаж тIера кабинетан номер а яьккхина: – Цу чу гIо шу, – аьлла цо.
Массо а министран кабинеташ чухула чакхбевллачул тIаьхьа, цара кхин терго а ца йина, эххар а президентана тIекхаьчначу баккхийчу наха:
– Джохар, ахь хьовсийна ала мегар дуй оха? – хаьттина.
– Мегар ду. Шайна эвххьаза чугIой, кехаташ дIало, – аьлла, Джохара тIе виза а хIоттийна.
Цунна баркаллаш баьхна, Деле цунна, цуьнан доьзална а дика дар доьхуш доIанаш а дина, охьабиссина баккхий нах. Президента шаьш хьовсийначу кабинетан номер лехна цара. Хьалха ваьлла воьдург неI схьа а йиллина, бага гIаттийначохь висна...
И номер йолу кабинет цIано ен чоь хилла.

Тезетахь

Тезета вахана хилла Дудаев Джохар, Яндарбиев Зелимха а.
– Цара соьга доIа де алахь, хIун дийр ду ас? – хаьттина Дудаевс.
– «АлхьамдуллиллахIи раббил Iаламин» алий, куьйгаш дIалаца, наха тIаьхьара «Амин» эр ду хьуна. ТIаккха хьайн дагахь деанна тIе кхаччалц дагардай, «Патияхь» ала. Наха «Бисмилла» доьшур ду, – хьехар дина Зелимхас.
Тезета дIакхаьчна хIорш.
– Ассалам Iалайкум. ДоIа дел, – аьлла Дудаевс.
– Ахь де, – аьлла, гIиллакх лаьцна тезетан дайша.
ДоIана куьйгаш лаьцначу Джохара, деанна тIе кхаччалц дагардина:
– Огонь! – аьлла.

Танкаш

– Танкаш ю чуйогIуш. ХIун до вай, Джохар? – хаьттина президенте тIеман юьххьехь.
ХIумма шек а воцуш:
– ХIун до? Вайнаш арайоху-кх! – аьлла Дудаевс.
– Ерриш йохий?
– Ца йоху дера. Ерриг а Росси яккха-м ца гIерта хьо? Шиъ чохь йита, шиъ араяккха.

Кеманаш

ГIали тIехула кеманаш хьевзича:
– Джохар, хьенан ду и кеманаш? – хаьттина цхьамма.
– Кеманаш хьена ду-м хаац, бомбанаш-м вай ю, – аьлла Джохара.

Вертолет

Цхьана тIемалочо хаьттина Дудаевга:
– Джохар, гIазкхашкара даькхина вертолет далийча, хьалалато хуур дарий хьуна?
– Лато? И Iуьнкар дерзийна, хьаьжкIаш-м хьокхур яра ас, – аьлла Джохара.
ТIеман хьесап

– ХIокху тIамах лаьцна хIун эр дара ахь, Джохар?
– Ша тоьхча буц санна, тIе герз тухий, оьрсаша вай охьахьокхуш, малх хьаьжча хьаьжкIаш санна, вай хьалагIовттуш, дIабоьдуш бу-кх хIара тIом, – аьлла Джохара.

Цициг

– Оцу сиамийн цициго хIинца а хьакха олий соьх? – хаьттина Ельцина Джохарах лаьцна.

ГIант

– Цхьа а гIазот дац, пачхьалкхаца бала болуш стаг вац, гIант къуьйсуш беш тIом бу, – аьлча:
– Цара хIун гIант дуьйцу? – аьлла Джохара. – Ас и хьуьнах даьхьна дукха хан ма ю.

Говр хахкар

ДIабоьдуш тIом а болуш, Хуло чухула говр хаьхкина вогIуш хилла Дудаев.
– Ахь хIун до, Джохар? – хаьттина цуьнга.
– Ельцин теннисах ловзуш хилча, ас говр хахка а ца мега? – аьлла президента.

ТIом берзар

– ХIара тIом маца боьрзур бу-те, Джохар? – аьлла хаьттинчунна, коьртах пIелг а тоьхна:
– Муьлхург бара и? – хаьттина Дудаевс.
– Ца хаа, – аьлла вукхо.
– Суна а ца хаа хьуна, – жоп делла Дудаевс.
Къонахчун цIе

ТIехьаьжна буьрса волчу цхьана тIемалочуьнга:
– Хьан цIе хIун ю? – хаьттина Джохара.
– Борз-Iела, – жоп делла тIемалочо.
– Хьан цIе?
– Чаборз.
– Хьан цIе хIун ю?  – хаьттина кхечуьнга.
– Лом-Iела, – жоп делла тIемалочо.
– Хьажал, – аьлла Джохара, – уьш ю хьуна къонахийн цIераш!

Хир дай сан-м

– Джохар, кеманаш ма дац вайн. И хIун ду? – хаьттина Дудаевга.
– Сайн вада дезахь аьлла, цхьаъ хилла а хир дай вай-м. Со-м летчик вай, – аьлла Дудаевс.

Довдучу далахь

ТIом чехка баьллачу хенахь:
– Аслан, вай довдучу далахь, ас-м сайн мекхаш дIадошур дара, Зелимхас а маж йошур ю… Хьан лергашна хIун дийр ду вай? – аьлла Джохара.

Стиглара чу хьаьжча

Цхьана зудчо хаьттина:
– Джохар, кемана тIера чу хьаьжча, кисанара сирникийн бот а го боху царна. Хьо летчик а вара. Алахь, бакъдуй и? Вайн тIеман ницкъаш мичахь, мел бу гур дац царна?
Коьртара шляпа схьа а яьккхина, чохь дули а бина:
– ХIокху чохь хIумма а гой хьуна? – хаьттина зудчуьнга.
– Ца го.
– ХIинца? – хаьттина, шляпа коьрта а тиллина.
– ХIинца-м го.
– И ю-кх царна гуш ерг а.

Агент

Дудаевга хаьттина:
– Джохар, бакъдуй хьо ФСК-н агент ву бохург?
– Ван ма ву, хIумма а цара бохург деш ма вац, – жоп делла инарлас.

Борз

Дудаевс телефон тоьхна Завгаевга:
– Со коьрта хьуьнхо волуш, хьо Iедалан коьртехь волуш, цунах гIуллакх хир дуй те? – аьлла.
– Хьо борз ма ю. Борз хьуьнчохь товш ю,– аьлла Доккас.

Олхазарш

Буьрса Iа. Ламанан юрт. Шийла буьйса.
Президент волчу чу ваьлла адъютант:
– Джохар, оьрсийн корреспондент Птичкин ву-кх хьо ган лууш.
– Ахь хIун птичкин вуьйцу? – аьлла Дудаевс. – ХIун грачев? ХIун лебедь? ХIун хьоза ду и? Ма схьагIоьрти хIара олхазарш. БIаьсте яьлла вайна?..

ГIароллехь

Гу буьххье танк хIоттийна, гIароллехь лаьтташ хилла нохчийн тIемалой. Мотороллер тIехь, куьзганаш доьхкина, тIехIоьттина цхьаъ. Куьзганаш дIадаьхна – Дудаев!
– КIентий, хIара цхьаъ бен яц вайн, гу тIера чу а яккхий, жимма къайлаяккха, – аьлла цо.

Стунцахой

Хьаннашкахь болчу тIемалошка хаьттина цхьана журналисто:
– Муха дохку шу?
– Дика дохку тхо-м,– аьлла тIемалоша.– Доккара эскарш хьалалоьхкуш, оха охьалоьхкуш.
Докка, Джохар, ший а оьрсийн нуц ву.
Цкъа Докке телефон тоьхна Джохара:
– Докка, хьан хIун ойла ю? И вайшиннан стунцахой кхачийна волуш ма лаьтта вайшиъ…

Къоман къайле

ТIом балале холчахь бара нах, луш алапа, пенси доцуш. И хьахийча: «Пазаташ тега, хьостамаш де, хьаьмцаш баа», – олура. Пачхьалкх езарна садеттара. Гуттар а гIаддайча:
– Кхидерг ца хьехийча а, вайн мехкадаьтта а тоьар дара. Стенга доьдуш ду цунах долу ахча? – хоьттура наха.
– Къоман къайле, – олура президента.
Дуккха а тIемаш биначул тIаьхьа, оьрсаша ГIала, аренца йолу нохчийн ярташ а дIалецна. Министраш дуьне мел ду дIасабахана, тоьлла кIентий эгна, шаьш бисна тIемалой. Хьаннашкарчу цхьана кIотарахь дIахьочу командирийн гуламехь цхьамма аьлла:
– Джохар, вай къоман къайле ю ма олура ахь. Гучуяккха мегаш яц и, хIинца мукъане а?
– ХIоккху хьажал, – аьлла, стоьла буха кхевдина Дудаев. Цунна тIаьххье стоьла буха кхевдинчу тIемалочунна кховдийна дули гина. Хьала а нисвелла:
– ХIинца кхийти, – аьлла цо.
Хьаьмцаш

Нохчмахкан цхьана юьрта вогIучу Дудаевна хьуьнхахь ши стаг гина.
– Шуьшиъ лаа вуй? – хаьттина цо.
– Хьаьмцаш лахьош ву-кх, – аьлла цу шимма. – Хьайга алапа ма деха, пенси, пособи а ма хьехаде, гуттар а гIаддайначунна хьуьнхахь шортта хьаьмцаш а ду ца аьллера ахь?
– Хаац, ас аьлларг деш хIокху йоккхачу Нохчийчохь шуьшиъ бен гина-м вац суна, – аьлла Джохара.

Кидняк

Эвлаяаша баьхна:
– Эшна аьлла хеташ, наха толамах дог диллинчу хенахь, вай тоьлур ду. Букъ тIехь ло а долуш дIагIур бу мостагIий.
Оьрсийн эскарша ша Гуьржийн дозане кхаччалц хьалалаьллина кIажа воьллича, Дудаевс аьлла:
– Эвлаяаша бийцина тIом бацахь, ма кидняк ю-кх хIара.

ДештIаьхье

Цхьана котамах лаьцна дуьйцу.
ХIоразза а цо хIоаш моссаза доху, боьхачу хIумано дууш хилла цуьнан. ТIаккха котамо лаха а лехна мангуст ялийна. Мангусто боьха хIума йийна, амма аппетит меттах яьллачура, котаман хIоаш а диъна цо.
Цунах тера ду вайна хилларг а.
Дудаев ца везачара цунах «боьха хIума» олура.
Оппозицех, шен министрийн Кабинетах а, оьгIазвахча, «къийгаш», «котамаш» а олура Дудаевс.
Шайн са схьадаллал Iедал а дезаш, амма Дудаевца къовса хьуьнар а ца тоьъна, дехна оьрсийн эскарш далийра цара. Эскарша, Дудаев Iедалх вохийна ца Iаш, ерриг Нохчийчоь а хIаллакйира.
Вайн дайша цкъа а (гергарчу исторехь) дIабахана, нехан лаьтта тIехь харц тIемаш ца бина. Шайн уьстагIий дажош, бежнаш кхобуш Iийна, хьолтIамаш юуш, нитташ хьекхош, хьонка, элхьамч хIума а лахьош... ТIаьхьа, паччахьан эскарша шайгара аренийн токхе латтанаш схьадаьхна, дерриг адам лаьмнашка готте доьлча, Теркал дехьа бийлар, рема, жа далор а – дуьхьалонан, къар ца баларан, бекхаман а акци хилла. (А. Пушкинан «Арзруме вахар» тIехь а ю изза ойланаш. «Вай ца деза кавказхошна, хIунда аьлча, вай церан дуккха а ярташ ягийна, дийнна тайпанаш хIаллакдина».)
Дуккха а масалш ду исторехь, къомана диканна хьалхаволуш волчу стага, вовшашца гамделла Iаш долу тайпанаш цхьаьна а тоьхна, чIагIдина, Делан цIарца шайн пачхьалкх кхоьллина. Пачхьалкх хиларца (я ца хиларца) доьзна ду халкъан культура, искусство, литература а кхиар. Халкъ къоман тIегIана тIе хьаладоккху некъ.
Оцу дерригенна а нохчийн йоккха потенциал яра, дика вовшахтохархо, вовшех дашар а деллехьара вайна Дала.
1996


Рецензии
Переведи...??))))

Елена Юрьева   10.10.2011 09:40     Заявить о нарушении
Добрый день, Елена.

Это анектоды о генерале Джохаре Дудаеве, собранные и опубликованные мной с предисловием и послесловием. Чтобы перевести понадобится некоторое время. Если есть интерес к проблеме, могу предложить несколько рассказов: "Во тьме", "История одной любви", "Свидетель", "Машар".
С уважением, Саид.

Саид-Хасан Кацаев   10.10.2011 10:22   Заявить о нарушении
Спасибо.
Прочитаю конечно,

Елена Юрьева   10.10.2011 10:59   Заявить о нарушении
Взялась за перевод. Ждите.

Зура Итсмиолорд   27.01.2012 22:09   Заявить о нарушении