Карчам

Сайд-Хьасан Кацаев


КАРЧАМ


БIаьрзечуьнга вигалур вуй бIаьрзениг?
Ший а ор чу вужур вац и шиъ?
              Iийса пайхамар.

1

Яздархо, революци а. Гонкур вежаршна, Флоберна а революционни хьолехь долу муьлхха а къомехь гуш дерг – адамашкахь цхьа а принцип цахилар, деккъа хабарш, коррупци, сийдезар, сийсазалла. Цхьа а политически мораль яц. Кхиам – и ю-кх ерриг а мораль. Эххар, ладегIа, теша, сатийса а кIадлой, кIорда а дой, муьлхха а Iедал лов, мел сийдоцу, боьха а нах магабо. Шен дуьхьа вала хьакъ долуш цхьа а гIуллакх дац. Дуьненчохь хIуъа лелахь а, ваха веза, хьайн сий а лардеш. ЦIена, оьзда а хилар хьан цIийцIа ду. Искусство йоцург теша, лара а оьшуш хIума дац. Литературана сужда де. Диснарг дерриг а – пуьташ, Iовдалшна гура а. Бунина неIалт аьлла, неIалт хиллачу пачхьалкхехь ша дуьненчу ваьллачу денна. Цхьана сарахь араваьлча йоккхачу гIалахь цхьа инса ца го цунна, беккъа салтий, кхахьпанаш бен. Революционераш, Бунина кхетадо, хабарчаш, авантюристаш бохучу маьIнехь. Царна тIаьхьа хIиттинарш я хьекъал доцурш, я зуламхой. «ЦIийн Iовраш, хIорддал бIаьрхиш, ткъа царна и хIумма а ца хета». Керла дIахIоьттинчу Iедалан, ша мел лаьтта ца хууш, цхьа болх бу, мелла а алсам талораш дар. Массо а революцин билгала агIо – адам хьере а хилла, моттаргIанаш, шалхонаш, Iовдала кепаш хIиттаяр. Пуьташ бу садукъдаллал. Пуьташ ботта там бу-кх кху стага, аьлла хьуна цкъа а дага ца деанарг а, хьайна дика вевза аьлла хетарг а, ког баькх-баьккхинчохь пуьташ буттуш караво. Революцин буревестник лоручу Горькийн а хIумма а воккхавуьйш ойланаш яц, и хиллачул тIаьхьа. Революци адамашна дика хилийта йоккхуш хиларх тешна волу иза, шен бIаьргашна а гуш, мехала мел дерг, дика, хаза, цIена мел дерг хIаллакдеш, духкуш, отуш, сийдойуш карийча: «Культура кхиош яцахь, революцин цхьа а мах бац», – аьлла цо. «Революци генийша дагалоцу, фанатикаша кхочуш йо, боьхачу хIумнаша пайда оьцу», – аьлла Гегельс. Кавказехь цIе лато гIертачара, мацах Европехь оьрсий санна, чIийш меттана дагадо нохчийн къам. ХIорд дехьара мох хьаькхча, кхидIа яьржий-те и цIе? «Пхьармат Кавказехь вихкина ву. Пхьармат паргIат ваккха веза», – боху нохчийн президента.

2

Президентан гуо. ГIеххьа брошюра вовшахкхетар ю Джохара дуьйцурш, цунах лаьцна наха кхоьллина а анекдоташ гулдича. Дукхаха дерш-м бIегIийла а ду уьш. Цо бахьанаш а дуьйлуьйту, бакъдерг аьлча. Ишттачу стагана юххехь накъост, гIоьнча я хьехамча хила везара, цхьаъ мукъане а, ийзалуш, кхоьруш, хьаставелла а воцуш, бакъдерг юьхьа дуьххьал дIаолуш. Оцу тIехь, хетарехь, аьтто ца баьлла цуьнан. Дукха буьйцу Джохаран гуо. Суна бевзаш а бу цунна гонаха хьийзачу, цунна юххе лелхачу наха юкъахь жоьлгаш, мотт бетташ лелларш, марнана неIаре ца йитинарш а... «Хьайн доттагI вийца суна, тIаккха ас хьо мила ву эр ду хьоьга». Дукха хенахь дуьйна хууш ма ду и. Кхузахь муха кхета веза цунах? «Маугли» чохь дара-кх Шархан бохуш цхьа цIоькъалом. Цхьа чангIалкх а яра-кх даима цунна юххе иккхина лелаш. Президентан накъосташна юкъахь цу кепарнаш дукха го суна. КIа дуьйчу хенахь аренашка гулло Iаьржа къийгаш санна, Iедале муха кхочу-те, ядорна, катохарна а бен бала боцу нах? Джохарца цхьа хан яккха лаара суна, и баккъал а могуш воцуш стаг ву-те, я билггал патриот, турпалхо а ву-те хаа. Хьо тешачу гIуллакхан дуьхьа вала а хала дац. Шек хилча ду хала...

3

Озабезаме воцу суьдхо. Тахана дукха нах бу Нохчийчохь Дудаевс кхерийна. Зударийн амалехь ду стагах кхерар, стагах озаялар бахьанехь и везалуш, лоруш а. Со кхера а вина цкъа а шена реза вийр вац цхьана а президента. Амма кхин цхьа хIума а хаа суна: тахана и Iедалан коьртехь волчу хенахь, и Дала даздина даийтина жовхар ду бохурш, цуьнан гIуллакх галдалахь, уггар хьалха дIасабовду берш, цунна наьIалт кхайкхон дерш а бу. Цуьнан оппоненташ, мостагIий а хилла дIахIиттинчарний, цуьнгахьа бу бохучарний а юкъахь со цхьаъ бен ца го суна, бакъдерг ма-дарра яздийр долуш стаг. Цхьа хан яьлча хIара дерриг а истори хилла дIадер ду. Тахана вехачу сан йиш яц, кхано шовзткъе итт, баьIа шо даьлча вогIур волчу яздархочун санна, сайн заманхойх лаьцна яздеш тIедетта, сайн даггара хIумнаш кхолла, цхьацца исторически бакъдолчаьрца доьзна хьесапаш дан а. Цул сов, цхьа хан яьлча сан заманхоша язйийр йолу мемуараш, Iилманан белхаш, кхин дуккха а материалаш а яц сан карахь. Мила муьлхачу барамехь воьзна ву лерринчу службашца? И а тIаьхьа гучудер ду. Iедалан коьртехь болчу нехан интригаш суна ма-ярра ца йовзахь а, амма хIара дерриг ган, сайна тIехь лан а дезна сан. Нехан дахарна кху хиламаша муха тIеIаткъам бо а, наха уьш тIе муха оьцу а го суна. «Гар – и хаар ду», – аьлла Бальзака. Амма и кхоччуш хаар дац. Iедал карахь долчара-м шайна луъучу агIор хьийзо тарло хIара, шайна пайденна долччу агIор: тоьллачара шайгахьа дуьйцу, эшначара – шайгахьа. Цундела и ший агIо а кхоччуш бакъ ца хуьлу. Цара яздийриг деша деза, амма царах теша мегар дац. Я шаьш диначунна цIанбала лууш, я вовшашка боцчу безаман хьу кхетта ю цара мел язйийриг. Яздархо – озабезаме воцу суьдхо ву. Нохчийн тIекхуьучу чкъурах Вальтер Скотт, Александр Дюма-да, Лев Толстой, Генрик Сенкевич, Абузар Айдамиров а санна яздархой бовлахь, царна чIогIа мехала хир бу хIара мур а, сайн заманах лаьцна ас яздинарг а.

4

Карчам. Нохчийчура Iедал дохар, дIахIоттар а хьахаделча, Сумбулатов Денис элира: «Цхьана агIор, суна хазахо хета хIара карчам хилла. 57-59 шерашкахь дуьйна, вай Сибрехара цIа а дирзина дIатарделчахьана, хьанна кIант вина, хьанна йоI йина а хууш, вовший юьхьа дуьхьал бевзаш, мискачу нахах хьожа а йогIуш бара вайн куьйгалхой... Бакъду, – тIетуьйхира цо, – тIебаьхкинарш а бац шайх халкъана беркат дер долуш, вай даккхийдедоьйтур долуш а».

5

Ткъе итт шо. Фазиль Искандеран ду: «Вехаш а хилла, къевеллачу стагана, ша вехаш ву моьтту кхин а ткъе итт шарахь. Къен а лаьттина, ваха хиъначунна, кхин а ткъе итт шарахь моьтту ша къен ву». Нохчийн революцино хьалдолчу нехан хIумма а ца дохийна. Церан бахамаш мелхо а стамбелла. Вуьшта, шаьш Iедалера бохар бахьанехь, ткъе итт шарахь лела-м там бу уьш, дегабаам а бина, республикана шайн ницкъ мел бу новкъарло еш. ХIинца куьйгалле баьхкинчу къехойх а цхьана шарахь миллионераш, миллиардераш а хилла. Амма мецачу стеган, гай юьзча а, бIаьргаш ца бузу. Кхин а ткъе итт шарахь ка йохуьйтур йолуш бу уьш республиках, шайн ка далахь. Нехан ткъе итт шарахь собар дан йиш юй-те?

6

Революцин методаш. Муха нисло и: «Нохчийчоь», «Даймохк», «Вайнехан къам», «Дайн чарташ», «Ненан мотт», «Орамаш» – бохуш, хIинццалц лелла нах, хIокху гIуллакхехь юьстах а буьсуш, мичахь, муьлуш бу а ца хиънарш хьалха а буьйлуш? Суна хала ду цунах кхета. Халкъалахь олуш ду-кх: «Боьха нах байа доьлху вай, аьлча, уггар вониг, дуьло, аьлла, диг эцна хьалха ваьлла». Цу наха, церан методаша а юхатуьйхира хьалхарнаш. Билггала, кIай каранаш дуьйхина еш ца хиллера революци. «МаслаIатана араваьлла стаг лоруш хилла вайн дайша. Таханалерчу дийнахь ойуш верг питанна, зуламна а араваьлларг ву», – элира Абдулаев Лечас.

7

Сан ден масал. Хьалха туьйранашкахь, юха авантюрно-приключенийн, историйн а романашкахь, хIинца киношкахь а го вайна, шайн да, воккхаха волу ваша вийна а, паччахьан гIант къийсар. «И нохчийн амал яц, – ойлайора ас жимчохь. – Тхайн да я воккхаха волу ваша паччахь хилча, уьш хIаллак а бина, церан метта ваха-м муххале а гIертар вацара со, мелхо а уьш хилар бахьанехь, дуьненах марзо оьцуш лелар вара, Деле уьш Iалашбар а доьхуш». Да, воккхаха волу ваша вийна а, паччахьан гIант къийсар нохчийн амал яц. И суна жимчохь дуьйна хууш дара. Амма тахана вайнаха къуьйсург а изза ду. Сайн ден масал ду суна даима дагахь. Октябран революцехь, гражданийн тIамехь а жигара дакъалаьцначех цхьаъ вара иза. Тхан эвлара къоначу комсомольцийн дийнна отряд хиллера, деникинцашна, бичераховцашна а дуьхьал тIемаш беш. Цоци-Эвла йоккхуш, ГIаларчу бIедийнан тIамехь а дакъа лаьцнера цара. Иштта даьккхинчу Iедало, къанвелла, цомгаш хиллачу сан дена пенси а ца делира, Горбачев Iедале валлац. ХIокху къовсамехь велча а хIун хир дара суна?

8

Доьзал. «Яздархо хила ойла йолчу стага зуда яло ца еза», – олу Бисултанов Аптис. Тахана дийна болчу поэташна юкъара суна дукха везачех цхьаъ ву иза. Ша аьлларг кхеташ хилийта, кхидIа а дуьйцу цо: «Зуда а ялийна, синош а кхоьллина, цаьрга бала хьегийта бакъо ма яц хьан. Хьан, сан, массеран а боху-кхи ас. Сан-м, масийтта ялийча а, ца хили уьш… Шелвелча, мацвелча а хьайх цхьаннах жоп дала атта ма ду хьуна, Далла хьалха, нахана хьалха, хьайн синна гергахь а. Ткъа доьзал кхаба, балхахь волчу стеган тахана аьтто бац вайн пачхьалкхехь, яздархочуьна-м муххале а…»

9

Кхокха. ХIоразза а тхо долчу хIара я иза яздархо, поэт веъча хазахета тхуна. Марзо эца хIума кхин дисина а дац, вовшийн гар бен-м. Берийн журналах хIун хилла, хаьттира оха Аптега. Дукха хан ю «СтелаIад» ара ца долу. «Цхьа молханаш тоьхнера тохара тхан колхозан аренашка, – долийра Аптис. – Ялташ хьекъийта, бохуш. И молханаш диъна, дуккха а акха кхокхарчий деллера цу шарахь. Цхьа обечик вара тхан, хIара доьхна Iедал чIогIа долчу хенахь а, нийсо лоьхуш, ша бохург чакхдаккха гIерташ а. Оцу къонахчо и гIуллакх дижа ца дуьтуш, суьде а даьллера. Шайн ахча дер-дерш: директор, агроном, кхиберш а кIелахьара а беввла, цхьа Делан пекъар, бригадир, вара цара хьийзош. Юха талламхочун кабинет чохь хиъна Iаш хилла хIара. Беана коре кхокха хиъна-кх. ГIийла цуьнга а хьаьжна: «Деллахь, кхокха, – аьлла хиллера цо, – нахана-м маьрша кхокха бара хьо, суна ма бале бели-кх хьо». Цунна а дайна, – элира Аптис, – нахана-м маьрша революци яра хIара. Тхан журналан чIогIа бале ели-кх. Маркесан «Патриархан гуьйре» тIехь дагадогIий шуна, гуттар а догIанаш оьхуш? Тахана Нохчийчохь доллу хьал ду оцу тIехь дуьйцург. Вуьшта, кхузахь догIург ло ду. ТIедогIуш, тIедогIуш, чаккхе ян а йоцуш…»

10

Цирк. Ибрагимов Лема яздархочуьнга эмгаре санна хьоьжучарах вац. Ас яздийриг хазахеташ, соьга мелла а яздайта гIерта и. Суна пайденна хир ю аьлла хета книгаш йохьу. Гонкур вежарийн дневник а цо ешийтира соьга. КестталгIа журнал тIера яьхна полякийн яздархочун Брандштеттер Романан миниатюраш еара: «Хьуна герга хир ю хьуна хIорш», – аьлла. Нохчийчохь хIоьттинчу хьолан гIайгIа еш волчу суна, сайн хаттаршна жоп луш санна хийтира «Цирк» цIе йолу миниатюра. Сийдоцчу наха дика толо сийдоцчаьрца, Iовдалчу наха хьекъал толо Iовдалчаьрца, лайша маршо толо лайшца тIом бен зама, адамаллин исторехь а уггаре боьхна мур бу. Цу юкъахь ца кхета, хьенан агIор хила веза. Суна схьахетарехь, ишттачу хьолехь гIоли дерг, циркехь клоунаш вовшийн батош йохош, охьа а хиъна хьоьжучун роль ю. Бакъду, юьстаха Iаш тидам бечун позици-м ю и, амма гIораза адаме хIун далур ду, шена гобаьккхина йолу жоьжахате а гуш? – яздо цо. Иштта висна-кх со а. Хьанах тешар ву, хьенан агIо лоцур ю а ца хууш. Я карахь хIума а доцуш. ДIайоьдуш цирк ю, вовшийн батош отуш клоунаш а бу. Царна, вукхарна а тIаьхьахIиттина нах а бу. Iехабелла я кхин Iалашонаш эцна. Я уьш совцо ницкъ а бац-кха. Ша Дала ца нисбахь.

11

Куьйгалхой. Хьехархой, лоьраш а Советан Iедал долуш кхин бехаш ца хиллехь а, Iедалехь, нахалахь а сийдолуш бара. Революцино къелла кIаргйина ца Iаш, сий а дайина церан белхан. ХIора сарахь тележурналисташа вайн махкахь кхолладелла доьхна хьал, дан дезарг, ца дича йиш йоцург а дагардо. Передача ерзош олу: «Вайга хьовсуш Iедалан куьйгалхой а, и гIуллакх карахь дерш а хир бу моьтту суна. Цара хIокху гIуллакхан цхьа йист йоккхур ю бохучух тешна хир ду-кх вай». Уьш-м бац телевизоре хьовса кхуьуш а!

12

Министрийн Кабинет. Суна цхьа стаг вевзий аьлла, цIе яьккхира тхоьца балхахь йолчу йоIа. «Министр вуьйций ахь?» – хаьттира ас. «ХIахIа, ас вуьйцуг чIогIа цIена стаг ву», – элира цо сихха. Цо ойла а ца еш аьллачу дешнаша (юха ша а йийлира иза) нийса мах хадийра вайн министрашна.

13

Дарж дезаш волу стаг. Интернатехь кхетамна тIаьхьадисинчу берашца шина-кхаа шарахь болх бар бахьанехь, адамийн психологи мелла а кIоргера евзина суна. Дукха хьолахь, хIетахь таро йоцчу нехан бераш хуьлура цигахь. Iедало тIейоха, когайоха, яа, мала латтайора царна. Цигахь болх бар ца нисделлехь, цу цамгаран ерриг а агIонаш евзар яцара суна. Шо шере мел долу, го суна, адамаш цомгуш хилар. Ламин санна, терхеш ю оцу цамгаран. Шен-шен хорма а ю: яй, юккъера, юкъал тIех, чIогIа а. Iер-вахарца, аьттонца, синпаргIатонца а доьзна ду и. Цхьаболчеран дайшкара, наношкара охьа а хуьлу. И коьртаца, кхетамца йолу цамгар, чIогIа кхераме ю, аьлла хета суна, вайн къомана. Хьал долчу нехан-м яйчу кепехь хилча, башха нахана туса а ца ло и. Къечу стеган шегарчу сингаттамо кIаргъеш, чIагIъеш йолу и, вехачун башха къаьсташ а ца хуьлу. Цара цамгар бахьанехь лелош долу хIумнаш а, наха церан бухахьара хилар, церан фантази, куралла, башхалла а лору. ХIахIа! И цамгар ю. Вайн юкъаралла цомгаш ю. Куьйгалле кхийдаш волчу, дарж дезаш мел волчу стаге, уггар хьалха, лоьраш хьовсуьйтур бара ас.

14

Журналист маьрша вац. Массо а газетийн киоскехь оьрсийн баккхий зударий бу. Нохчийн маттахь йолу издани цкъа а гуш ца хуьлу церан. Ахь нохчийн газета я журнал хаьттича, цхьанхьа кIел кхевдий схьадоккху я дац олу. Бутт-ши бутт баьлча, складашкахь латта а дой, редакцешка юхадохьу уьш. Суьйрана цIавогIуш балхара цхьаъ йоцуш ца вогIу нохчи. Хьостам, дечиг еана а. И стаг вехар волуш хиларан билгало лору наха. Зорбанан ЦIийнера арадовлуш тIемаш кIела «Орга», «Васт» а дуьллий догIу тхо, тIе кхаьч-кхаьчначу вевзачунна уьш дIа а доькъуш. Тхаьш долчу дешаран заведенера стаг веъча, цуьнга а дохьуьйту оха дуккха а. Тхан продукци цхьана денна яц. Оха зорба тухург исбаьхьаллин материалаш ю. Газетан жима тираж, дешархой а кIеззиг хилар бахьанехь, шен похIмо таро ца еш волу журналист Iедалх воьзна ву. Iедалан бюджетах воьзна волу журналист маьрша вац ша яздечунна тIехь. Ахь и цкъа яздинчул тIаьхьа, Iедало ша халла схьахоьцуш долу сом саца а дой, газета я журнал арадаккха йиш йоцуш вуьсу хьо. Диканиг яздан гуш хIума дац, вониг яздича, нохчийн пачхьалкх ца езачарна хазахета. ХIокху кегаре заманахь, наха Iедал къуьйсура бохуш, тхайн похIма цхьана нехан кара, цхьана нахана гIуллакхана дIалучул, газетехь политиках лаьцна ца яздан барт хилла сан, Шарипан а. «Наха оьцур ма дац шу газета политикин хаамаш ца хилча», – олу тхоьга. «Цундела оха дIасадоькъу-кх. Маьхза ерг-м еза-кхи вайнахана, хIуъа елахь а», – олу оха.

15

Эволюци. Революцех дозаллаш деш лелла нах, Европехь и дош башха тIе ца оьций хиъча: «Революци яцара и, эволюци яра», – баха хIиттина. Шина а дешан маьIна ца хаа.

16

Яхь. Къеллина, тарона а юкъахь цхьа гIулч бен яц. Къаьсттина чIогIа го и индийн фильмашкахь. Жимчохь Советан пачхьалкхехь вехаш волчу суна туьйра хетара и, къелла валла воллуш волу стаг, йоццачу ханчохь, миллионер а хилла охьахаар. Тахана и дерриг а къеггина гуш ду Нохчийчохь а. Селхана вир тIехь лелларш, тахана «БМВ», «Мерседесаш» хоьхкуш, «Кемал», «Мальборо» бен ца узуш, «Наполеон», «Распутин» бен ца молуш лела. Амма нагахь индийн кино чохь оцу хьоле хьанала къахьоьгуш кхачахь, вай долчохь жоьлгийн йоккха корматалла езаш гIуллакх ду и. Хийлаза урамехула вогIуш сагIадоьхург дуьхьал ваьлча, тIаьххьара итт туьма я ткъа туьма дIаделла ас. (Доккха хIума ду ахчан дайдалар! Инфляци иштта дIайодахь, кестта наха обойш меттана, пенех дIалетор ду и.) Амма со цхьана стагаца я йоIаца лаьтташ волуш, уьш жима-воккха а, куьйгаш кховдийна дIахIиттича, ца ло ас. Цхьаболчара ишттачу меттехь, вовшашца яхье бовлий а ло. Цундела тIебогIу уьш, хьо накъостаца я евзачу йоIаца лаьтташ волуш. Таджикистанехь тIом баьллачул тIаьхьа дукха адам даьржина кху чухула, Советан пачхьалкхехь Iийна мукъане а буй-те, аьлла хеташ, баьIа шо хьалхалера духарш дуьйхина. ГIалахула, ярташкахула а сагIа доьхуш лела уьш. Цхьаболчара наркотикаш юхкуш бу а боху уьш. Юьртахь-м, шайн сагIа доьхуш суьйренга бахча, чубалийна, бузабина масийттаза буьйса яккхийтина цаьрга. ГIалахь хьо вогIуш, ахь къа а хетта цхьана берана сом кховдадахь, мичара бевли ца хууш массо Iуьргара схьахьовдий, го бийр бу хьуна. Цигонаш санна, эхь ца хеташ тIетийсало, настарех хьерча: «Дай, дай, дай», – бохуш, пхьарс ийзош. Делча баркалла а ца олу. Сихха хьовдий кхечунна тIебоьлху. Я светофоре дIа а хIуьттий, сецначу машенашна тIетийсало. ЛадоьгIча, уггар гIаддайначу сагIа доьхучуьнгахь а, соьгахьчул сов ахча ду карахь. Тхойшинна юкъара башхалла – со, сайн йоцчу таронца, цIена костюм, кIай коч юьйхина, яхь дIа ца яла гIерташ лелаш ву. Иза – беркъа, боьха а... ХьасттагIа накъостех цхьамма боху: «Хьо-м дика товелла. Марханаш кхобуш вуй хьо?» – «ГIала деша веъчахьана, хIара иттех шо ду-кх со марханаш кхобуш волу», – боху ас. Советан пачхьалкхо 70 шарахь гулбина бахам наха дIасакхуссучу хенахь, суна кхаьчнарг баьпкан карточка ду-кх. И а Iедало луш дацара суна, гIалахь прописка ца хилча. Баиев Iусмана туьканчура шена евзаш йолчу зудчуьнга яздайтина суна. Уьш а ас пайдаоьцуш дац. ГIалин юккъера дIатекхочул а, юххерчу базарара оьцу ас бепиг, сов мах а лой. Ахча дуккха а ма ду сан! Суна хIун ду! Наггахь буьйса йоккхуш соцучу квартирана юххехь эскаран дакъа ду. Дийнахь, буса а, къаьсттина Iаржъеллачул тIаьхьа, герз кхуьйсу цу кертахь. Уьш хьаьнца тIом беш бу-м хаац. Цхьа а оьрсийн салти вац кху махкахь. Я нехан дегнашкахь кхерам латто беш болх бу а хаац. Раз-пурх дIаетташ йолу и «калашникаш», «красавчикаш», хьанна хаа муьлха агIор йоьду?.. Буьйсана юккъехь, горгали ека. Хьала а гIаьттина неI схьайоьллу ас. «Мила ву хIунда ца хотту ахь?» – олу Iусмана. – «Ас цхьанне бина вуо болх бац. Хьанах кхоьрур ву со?». Iусмана дуьйцу суна цхьана стагах лаьцна. Вуьзна стаг хилла иза, дика таро йолуш. ХIора суьйрана гараже машен дIахIоттош, ирх автомат а кхуссий, гаражана го тосий, чувоьдуш хилла иза, шен дагахь къуй «къахка» а бина. Цхьана сарахь муьлш бу ца хуучара, коьртах хIума а тоьхна, машен, автомат а дIаяьхьна, боху цуьнан. «Вайна кхерам бац хьуна и. Кху чохь книгаш бен яц. Уьш тахана цхьанне а оьшуш яц», – олу ас. Дукха хан йоццуш университетехь сайца дешна Сайдулаев Шамсудди гинера суна. Цо дийцира: «Со Москва вахана а волуш (хIара шайн цIаяхана хилла), чохь мел йолу хIума дIаяьхна-кх сан. Дера яьхьна-кх Iайг, маIар, атталгIа шаршо я гIайби тIетухург а ца юьтуш-м. Ас студент волуш дуьйна мел гулдинарг, лаххьийна цхьана буса дIадаьхьна-кх. Ца даьхьна хIумма а лечкъаш-м, шайна эвххьаза лелла-кх чухула... Чохь хаттан уьйриг, охьакхийсина сигаьркийн юьхкаш. Цара и хIумнаш яхьарал новкъа ду суна, уьш сайн чухула эвхьаза лелла хилар. Хьан хьехарца гулйина кIеззиг книгаш яра сан. Уьш йитина-кх суна. Куьг дIа-м ца Iоьттина...» Давлетукаев Анзоран кхузза яьхьна квартира. «ХIинца чохь мел долчух ваьлла-кх со, – боху цо. – Холодильник охьа а кхетта, ламеш тIехь йоьхна, шен дех яла а ца лиъна».

17

ДIахецна нохчи. Ушаев Мазлакъ. Советан Iедал чIагIдечу хенахь цо лелийначух, наха цунна садеттарх а цецвуьйлура со даима. Нохчаша муха лайна и дерриг а? Дийнна делккъахь нах байар, хIаллакбар, багабар... Ша ваьккхича мел кIилло верг а, тIехьа Iедало ларвеш, хьайна луъург де аьлла, дIахецначу нохчийчул кхераме хIума дац! Кхерийча кхералур болуш нохчий а хиллера-кх. Тахана изза хьал ду-кх Нохчийчохь юха а. Лабазанов Руслан...

18

Борз. Ма-дарра аьлча, и Делан пекъар вара. Суна хIара хиламаш буьйлабалале масийтта шо хьалха дуьйна вовзара иза. Наггахь «Пхьармате» а вогIуш, гIийла цхьанхьа охьа а ***й Iара иза. Вист хилар а кIеда-мерза, эсала дара цуьнан. Митингаш юьйлаелча, цигахь жигара дакъа а лецира цо. Юха Советан пачхьалкх а юьйхира, ГалгIайчоь а дIакъаьстира, нохчийн президент а хаьржира. Пачхьалкх кара а эцна, дерриг нисдина, тодина пачьалкх чIагIйина дIахьочу меттана, дийнахь-бусий талораш, бохамаш, нахана гIело яр, Iедало гулдинарг дIасададош, лачкъош, диснарг каггадой, дагадой хIаллакдеш – и сурт хIоьттира Нохчийчохь. Оцу некъана со реза вацара. Пачхьалкх вайн йолуш яра, ларйичхьана. Суна пачхьалкх хIоттаяран кеп кхечу агIор гора. Дан дезарг ерриг а урхаллаш нохчийн матте ерзор дара. Амма нахаца къамеле ваьлча (наггахь верг бен кхеташ вацара, церан карахь а дацара хIумма а), дукхаха берш бIаьрзе карийра суна. Мел цIена а хичу гIаж хьовзийча, и бехло, сацкъар тIехула болу. Изза хилира дахарехь а. Хьуна цкъа а гина боцу, цкъа а ахь терго ца йина, нохчех тера а боцуш, дуьненчохь бу-бац а ца хиъна нах хьалхабевлира. Цхьа даккхий хабарш Iамийна, эхь-иман, яхь-гIиллакх доцучу нехан карадахара хIара. Дуьххьара кху белхан бараман ойла а ца йира ас. Со армера цIа веана дукха хан а яцара. Сан коьртачохь хIинца а зудабераш, книгаш ю. ТIаккха а кхин цхьа башхалла а ю сан амалехь: хьалхавала стаг воцчохь, нехан де эшначохь, цхьа а дош ала ца хIуттучохь хьалхавала, вистхила, халкъан бала сайна тIелаца а хIуттур вара со, амма къонахий нитташ санна кхиъначу хенахь, хIоранна а шех Адин Сурхо тарвелча, со художникан кхочучу декъана а реза ву... Бунинан дневникаш тIехь ду-кх, октябран революци хиллачул тIаьхьа керла хьаькамаш хIиттабарх лаьцна. Зорбанан министр хIоттий, билгалдоккху цо, дерриг газеташ а севци арадовлучура. Къинхьегаман министр хIоттий, ерриг Росси а къахьоьгучура сеци. Изза сурт хIоьтти Нохчийчохь а. Ткъа телевизор чухула даккхий хабарш дуьйцу... ХьасттагIа Iедалан ЦIа чохь гира суна и борз. Къамеле ваьлча, иза а даккхий хабарш дийца хIоьттира. ДIахьаьжча, Iедале гIертачу массо а стага Джохаран къамел, манераш а схьаэцна. Амма цхьаволчун амалца дерг, тарвала гIертачуьнгахь: «ХIокхо хIун леладо-те? – олий хета. «ДIавалахь, ахь мукъане ма дийцахь и хабарш, телевизор чохь а кIордийнера суна», – элира ас. ТIаккхий бен-м и чураваьлла а ца хьаьвзира. «Вай летта дала деза!» – элира цо. Ас сайна, нахана а жуьлиг юй хууш волчу шина-кхаа министран фамили а яьккхина: «Хьенан, церан дуьхьий?» – хаьттира. Амма иза кхета генахь вара. Цул тIаьхьа ши де даьлча, газета тIехь президентан Указ гира суна, и пачхьалкхан телерадиокомитетан куьйгалхо хIоттош. ТIаккха кхийтира со, и стенан дуьхьа вала гIерташ хилла.

19

Сингаттаме ойланаш. Iуьйрана балха кхачале кIадло со. Автобусаш йоьттина йолуш, цкъа неIарехула хьалагIертий, юха хьо охьа ца кхоссийта дIаса теIий а, тIе галеш, тIоьрмигаш, когаш хьоькхий, хIуманна ца мегачу волу. ДегI бодделча йозанца болу болх-м муххале а ца бало. Вахар-вар хьайн лаамехь, оцу тIехь-м кхул дика болх бацара цхьа а. Ахча лахьара. (Дала-м цхьанхьа а ца лора и. Даима и со дIавахана меттиг къаьсттина къеяла езаш ю-кх. Литературан, искусствон а газета ду оха схьадиллина.) «Деллахь, кхузахь шортта ахча дагIахьара, хьуна хIара меттиг кхочур ма яцара», – олу ас айса-сайга. Iилма, литература, искусство а хIун ю хууш, оьшуш я бала болуш а къам дац вайниг. Наггахь ойла йича цецволу со айса лелочух. Сайн белхан накъостий ойлайо ас. Цуруев Шарип. Иза гIалахь Iаш ву. Зуда, шиъ бер ду. Цхьанхьа болх ца бича ца волу. Амаев Ваха-Хьаьжа. Иза а гIалахь Iаш ву. Зуда, бер ду. Цхьанхьа болх ца бича ца волу. Шамсудинов Бувайсар. Студент. Цунна бен а дац. Иза хIинца а жима ву. Со. Ас хIун леладо? Со-х, атталгIа гIалахь Iаш вац. Я хIокху итт шарахь Iедало чуваха меттиг а ца елла суна, я лур ю ала меттиг бац. Кхара лучу капекех валлалц тIекIел дилча а йогIур яц хIумма а. Беттан алапа дийнахь цкъа хIума яа а дац. Некъана ахча цIерачаьрга доьху. Стенна? Жима ма вац со хIинца. ХIун ду хуьлуш дерг? Хьанна оьшу ас лелориг? Хьенан бала бу? ХIун пайда бу? ХIун дан деза?.. Вай цкъа а лийр доцуш делахьара-м,  цкъа дIанислур ду хIара, бохуш, Iийр вара. Дахар дIадоьдуш ду! Дерригенан а ойланаш ян ваьлча-м, со хьераваллаза вуьсу. Шарипехь, Ваха-Хьаьжехь-м, ас иштта аларх, кхин а гIаддайна хьал ду-кхи. Зударша цхьацца лол бетташ хене бовлу. ДIаваха веза кху республикера, ойла кхоллало. Стенга? ДIаваха меттиг кхара битна а ма бац! Кхеран хьекъал доцчу политико, массо нохчийчух борз, мостагI, акха стаг, талорхо а тарвина дуьненна а. ДIаваха меттиг хилча а, билет эца ахча хила а ца деза! Ма дахар дац хIара! И самукъане йоцу ойланаш еш кабинет чохь хиъна Iа со, зорбанан ЦIийнан иссалгIачу этажан корехула ара а хьоьжуш. Юххерчу медицинан училищера дIаса лела зудабераш гича, дагана жимма хьаам хуьлу. Церан къоналло, хазалло, коьртаниг, цIеналло а жимма синтем бо. Уггар а новкъа дерг, оццул яккхий ойланаш а йолуш, хIокху дуьненна а дика дан сатийсина волу со, таханлерчу дийнахь сайна а дан хIума а доцуш висина хилар ду. Со санна масане бу уьш, цIеначу дог-ойланехь кхиина нах? Юкъараллина дика болх хила лууш, берриг а шайн ницкъ, дахар а оцу гIуллакхна дIадала кийча. Амма таханлерчу дахаро дерриг а тIекIел тоьхна. ЧIогIа хала ду суна сайн кхетам кхечу ген тIе баккха. Нахах эгоисташ бина таханлерчу политико. Халкъ деккъа. Юкъа питана, зулам доьллина. Дешна а девлла, шайна, халкъана а уггар пайденна хуьлучу хенахь дерригенах а хаьдда тхан чкъор. Советан Iедал дохарх массо республика а шайна ехаш ю, цхьа Нохчийчоь йоцург. Книгаша, ас хIинццалц Iамийначу Iилмано а харц-бакъ сом даккха ца Iамийна суна. «Хьо къонах велахь – сатоха!», – аьлла боху-кх Джохара а. Ткъа къонахчун мостагIий – кIилло, къелла а ю...

20

Етт боцург. Транспоранташ айина медйижарий, лоьраш а лаьтта президентан ЦIийна хьалха. Дукхаха берш кIай халаташ а юьйхина. «ХIинца хIун ду-те кхузахь? Алапа схьадоьхуш хир бу-кх», – автобус тIера охьа а вуссий тIевоьду со. Iедалах цхьа а араволуш, нахе вистхуьлуш а вац. Кхарна дуьхьал баьхна кхин нах бу. Кхарна юкъахь, ламеш тIехь а лаьтташ. Делегаташ а ца буьту чу. Митинг а ца йойту. Баккхийчу нахана кегийчу наха меркIел куьйгаш кхийдадо. Зударий божарша пхьаьрсаш лоьцуш дIалестабо. Завгаев волчу хенахь сайна гина сурт дагадогIу суна. Иштта митинге арабевлла бара хIетахь Казахстанера лаьхкина баьхкинчу доьзалийн наной. Кхаа шарахь цхьаммо а тергал ца беш, юкъараIойлешкахь,  хьешацIахь а бохкура уьш: зударий, бераш, дай, къаной... Уьш дIатарба Назарбаевс, Ельцина а даийтина ахча мича дахана хууш стаг вацара. Я Республико деш гIо а дацара. Бераш а дала дуьйладелча, санэпидстанцино шаьш арадаха хьийзо а долийча, царах цхьаберш керла диначу цIачу охьахевшинера, цхьаьнгге хIумма а ца олуш. Ткъа Iедалехь берш цу квартирех ахчанаш тоххара схьаэцна бевллера. Цундела уьш царна юьтийла дацара. Сахуьллуш еанчу милицино шаьш аракхийсича, майдана бевллера уьш. Цигахь а тIечехара милцой: «Тхоьга хIун де боху аша? Хьаьжин цIера даьхкина-м дац шу?!» Хьаькамаш бу бохурш корешкахула арахьоьжура. Юха шаьш гича къайлабевлира уьш а. ТIекъегина малх бара. Машенаш, адамаш севцца, йоккха Iала-гIожа латтара... Цхьа зуда са а малделла охьаюьйжира. Маьхьарий. Белхарш... ХIетахь чIогIа цецвелира со, Iедалан я могIарера гражданийн а оцу нехан бохамца бала ца кхачарх. …ХIинца а корешкахула арахьоьжу, мукадехкий санна, цхьаццанхьа дIатарбелла Iа пачхьалкхан керла куьйгалхой. Нах дIалоьхку, бистхила а ца буьту. «Хьо хьанах мила ларвеш ву? – олу ас, сайна юххехь гуттар а дарвелла хьийзачуьнга. Царах цхьа а президентан ЦIийнахь болх беш а вац. ХIара «жандармаш» мичара бевлла, хьан латтош бу а ца хаа суна. – Вист хIунда ца хуьлуьйту ахь и?» – «Массо а молханаш духкуш Iаш дац шу? Шу лоьраш дац! Ахча ца делча стагана дарба а ца до аша!» – суна тIевоьрзу иза. «Мохь ма хьекха, накъост. Со лор вац. Молханаш духкуш делахь а, дац хьуна уьш больницешкара ара а дохуш духкуш-м. Шайна алапа ло боху-кх цара. Хьуна уьш харц хета? Ас алапа эцаза а бу-кх масех бутт». Цо цхьаъ олу, ас – кхин. «ЗавгаевгIара арабаьхна нах бу хIорш!» – «ДIавала, ахь хIун дуьйцу? Нахана хIун башхалла ю Завгаев, Дудаев а?» – олу ас. «Хьо хIун ала гIерта Дудаевна?!» – чухьоду суна цхьаъ. ТIехьаьжна а, геннахь ломахь эсий дажош Iийна, хIинцца охьавеана. Иза цхьана наха сацаво. Со вукхара схьалоцу. Кхечара церан карара воккху. Вай даьлча санна хьийза адам. Ша сеца войтуш важа а ву. Цуьнан юьхь дагахьлатто гIерта со. Цкъа схьатохахь я ас дIатохахь а, хIокху юкъахь стаг хьоьшур вуй хаа суна. Со юьстаха воккху кегийчу наха. Суна уьш муьлш бу а ца хаа. «Хьайн Делан дуьхьа, накъост, дIагIолахь кхузара, – доьху цара. – Кхузахь дерг доьхна гIуллакх ду хьуна». Юха шолгIачу дийнахь оцу белхан паргIат ойлайо ас. Гуттар а мамас олуш ду соьга: «КIант, хьо ма гIерталахь цу наха юкъа». – «Дера гIертар вац. Сан хIун гIуллакх ду цаьрца я вукхаьрца а?» – олу ас, цунна болчу томана. Царна юккъехула бен, кхин ваха-ван а меттиг ма яц гIалахь-м. ХIокху итт-пхийтта шарахь чура араяьлла а йоцу, мамина хIун хаа цара хIун леладо? Супъяна дуьйцу: «РагI а къевсина дов даьлла хилла цхьана нехан. «Кхана беже ваха везаш верг хьо ву». – «ХIахIа, хьо ву», – бохуш. Церан и гена дала доьлча, етт а боцуш Iаш волу цхьана пекъаро, церан барт бар дуьхьа, цу девна юкъа а гIоьртина, ша гIур ву рогIе аьлла. Бежнаш долчаьрца рагI къевсина, цу девнехь, ца хууш кхетта, валар нисделла цуьнан. Кхетий хьо ас дуьйцучух? Шайн бежнаш долчу наха рагI къуьйсура бохуш, хьо IадъIелахь. Хьо етт боцург ву хьуна. Хьуна цунах хIумма а кхочур яц, Iожалла бен. Царна юкъахь нийсо ян ма гIерталахь. Уьш, вуьйш а вайн дуьхьа лелаш бац хьуна...» Иштта-м паргIат стаг ву со, амал сиха а яц сан, хIетте сан а наггахь эмоцеш хьалхайовлу. Ван-м етт боцург ву-кхи со. Нийса боху Супъяна, амма хIара дерриг а лан хала ду суна.
1993


Рецензии