Иба

                (дийцар)


   Юьхь йоцчу т1амо а ца хадийначу рицкъанах баьхначу зударийн къахьаьрчинарг валийра чу х1инца милицин талламхочунна, Алмазана.
   Чувалийнарг вара - ткъеитт шо долу "божа", буьйналчу хьен к1ел жима ши б1аьрг белабелла а болуш. Буткъа-боца мара цхьана аг1ора саттара, балдийн дот1ана деладелча. Мозанах тарвелира Алмазана иза. Дикка хьаьжча, сегалш т1ехь лелаш хила а тамашна. Баттахь гергга туьрми чохь валлорна, хьакхарха дара юьхьан чкъор. 1аьржачу т1аьрсиган курткин хьалхарчу кисанахь гуш яра "Кент" цигаьркийн, "курачу к1ентийн"  пачка.
   Ша кху чу кхуьйлуш, охьахаа марзвеллачу г1анта хиира иза, гоьла т1е баьккхинчу когара к1айн "кроссовка" а ловзош. Шина п1елгара цигаьрка мерахъетта велира, хьожа а йохуш.
   -Т1аккха, Ибу-а, - элира Алмаза, керстанийн "Иуда" а дагахь, - дага муха деара хьуна, нехан, баллалц а ца хуьлу туьйранара бахам, хьайна цхьана денчохь д1ах1отто?
   -Цхьа шайт1а дара соьций ламазна гора оьгуш... - эхьдоцу жоп делира Ибас.
   -Шуьша голаш т1е лахлуш, когийн ма1арш йоьлхурий шуьшиннах?
   -Ас айбача - ойбура цо а... Лардора аса, Масхадовс шу санна...
   -Ахьа кхиссинарш шун юьртахой ма бу?
   -Уьш-м ц1ийх бацара сан!
   -Царах цхьангахула декхалур ма ду хьуна? Кицанна, хьан г1ала оьккхур, хьо а, хьан бераш а чохь?
   -Иштаниг боьрша шайх ваьнверг бац уьш, боьрша хинбоцурш лахьийра аса. Зударий - шун юьртахой бу церан...
Шен болх бахьанехь, цкъа а цхьанне а муьшка йина яцара Алмаза. Вуьшта, Ибас лелийнарг лелийна "нохчо" кху чу кхаьчна а вацара.
    Алмаза, шен стоьлан г1утакхара, п1елгаш хедийна, т1аьрсиган каранаш куьйгех доьхкира сихха. Не1арна дог1а туьйхира. Цигаьркан к1ур хьийзабен Иба г1аттийра:
    -Г1аттал хьала, стагйоцу х1ума! - аьлла.
Хьала ца таь1ан Иба айвина ваьхьна, пенаца а х1оттийна, вотанха санна, буьйнийн хьаьркаш етта ехира шина а аг1ор, беснех. Кхеравеллачул хьалха - цкъа цецваьллачу Ибас:
    -Ма е суна муьшкаш, аса тайпана мел верг а х1аллаквойтур ву хьан, тхайн нахе! - элира. - Аса Дагале д1аалахь, цуьнан берийн берашна ц1анонна хи кхорзучу балха воккхуьйтур ву хьо!
    -Ши куьг парг1ат дац хьан? Дуьхьала х1унда латац хьо? Боьрша вац хьо? - шен та1зар саца ца дора Алмаза; вукхуьнан, ларвен куьйгаш д1асакхийсадалуьйтура, буьйнаш тухий. Да1 санна, ц1ийеллера Ибин ши бесни. Зуда санна, тийжа волавелира иза т1аккха:
    -Со вац моьтту хьуна шун эвлахь гергарлонаш долуш! Бо1даг1ар бовзац хьуна! Сан доттаг1ий бу хьуна уьш! Кхин буьйций хьуна?
    -Арбалу а вевза хьайна ала!- ч1ог1о туьйхира Алмаза.
    -Деладуьхьа вевза-кха! Арбалуга хийла салам делла аса! Могаш-парг1ат а хиттина!..
    -Схьаэцарий цо хьоьгара салам?
    -Деладуьхьа корта та1а ма бора!
    -Цо корта та1ош а ца хиллехь, аса цаца бийр бара хьох! - олуш, вухавелира т1аккха, шен дог 1аьбча, Алмаз.
Ц1аьххьанша боьссинчу кхерамо дуьненчуьра бекхам лелачу чоьнехь самаваьккхира Иба... велхалелхаран къурдашца, делхаден къамел долийра цо:
    -"Чуьрчо" а ца вуьтура, нехан санна ц1а а, керт а дац вайн, бохуш... Цуо лиекхна-лиекхна, нах т1ехбеттар совдаьлла, вахара со пуьташка... Пуьташ-м, хьаха, хьалха а буттура аса, к1ег-мезга сом даккхалурш. Баккхийранаш ботта ца ваьхьаш 1ара. Хьаькамаша, гуобаьккхина, бахамаш шайна д1ах1итто болийча, цаладелла, велира со а церан некъа... Хьаькамашна - магош хилла, шайх терачунна - ца магош хилла къола наха. Кхо-диъ де хьалха, Дагалан х1усамнанас - тхан децас - ша суна г1о дан хьожур ю, аьлла бохура. Тхан чуьрчо а, шен ц1ерачаьрга гулдайтина, сом-ком делла бохура, шуьца - 1едалца - сан галдаьлла г1уллакх д1адерзо. Кураваьккхинера со оцу хаамо!.. Кху чуьра араваккхаре садохура. Дика ду-кх ахьа сан вота йохйина а...
     -Айхьа 1ехийначу зударийн хьокъеравала ойла юй хьан?
     -Царна юкъахь поппарш хьехна а, декхарш такха амалдерг лелор дара, хан ца тоьхчхьана.
     -Декхаршна распискаш царна яздан кийча вуй хьо?
     -Даламукълахь-м ву, хьо резахирриг дан кийча! Шай-кай яккха леларш карор ду суна, могаш хилчахьана дег1...
     -Дика ду иштта делахь. Х1оранна, хьо декхар волчунна, нотариусо ч1аг1дина расписка дала дезар ду хьан!
     -Миччанхье куьг та1ор дар-кха аса! Цхьана 1едалан-м к1езиг латтара Нохчийчоь! Хьастаха борз лелаш яра, нах идош, х1инца - шалгокоьртан маккхал лела, къуьрдиган к1елара к1орнешка сатуьйсуш, х1ета, кхана - бирдолаг леларий-те, буса къоланна ваьллачуьнгара, бетах а кхетий, къоланна йог1у налог охьатасуьйтуш! Т1елато делара миллиард доллар ахча, куьг та1ийча хуьлуш!



      Иба санначарах кхета хала дацара Алмазна. Цара лера закон даккхалур а дацара, жимма а нийсо езачу цхьана а 1едалехь. Юьхьенца а шена хаа дезаш долчу, къайленехь дисанчун бухе г1оьртира Алмаз т1аккха х1иллане:
      -Иба... къинт1еравала суна... Х1инца хьо 1едалан та1зарх к1елхьаравоккхуш а хилча, - цхьабакъдерг дуьйцур дарий ахьа, хьуо к1ел ца хьарчийнчу 1едална?Европера ахча т1едоккхуш ду аьлла, ахьа 1ехийнчу б1е зудчунна сберкнишканаш яхуьйтуш Х1ирийн чохь, аферана хьалхаяьккхина лелийнарг мила яра ахьа?
      -Х1инца дуьцур ду - г1иллакх лелийча... - велаэккхарха элира Ибас. - Иза дера яра - Хасавюрт-г1алара, аса сакъоьруш хилла йолу цу хенахь - Розан! Х1инца сан зуда лара мегарг...
      -Муха евзинера хьуна иза?
      -Дуккха хан яьлла, догхьоьстург сайн евзина... Дуьххьарлера т1ом - 1овдалшна боьдуш, вайн чуьра солярка дохка кхоьхьуш, Хасавюртахь бизнес йолийнера аса. Буьйсанаш цигахь яхар дукха нислора. Цхьана жуьйлиг-зудчун ц1ийнахь петар нисъелира суна. Ц1ийннана йолчу хьошалг1а йог1учохь евзинера суна сайн Розан.
      -Афера ян дага хьан деара?
      -Афера иза хилла - ца хилла хуур дац - массаьргий, таханенна чу а хаьттина, куьйгаш ца айийтича. Амма, дерг - иштта дара: сох йог1у соляркин хьожа езацара Розанна. Сан "Камаз" машен а йоьхкина эцначу "Джип" машенна т1е а хиъна, дух1иш а детташ, лелавеза, элира цо."Камаз" йоьхкича, т1едолу сом д1адолура. Цо хьийхира, "Джип" т1е хиъначо ахча муха даккха деза. Цхьана баттачохь гулбайтира, сан цкъа а хин боцу, бахам!
      -Мах беларий ахьа цунна?
      -Х1ор сберкнишкана б1е доллар делира.
      -Итт эзар доллар...Доккхачу ахчанан зуламдекъахо ю иза делахь! - доккха садаьккхира Алмаза. - Хьан Розан кхечуьнан "Джип" т1ехь хехкалуш хир х1инца, хьо, ткъа, чувоьллина латто бутт хан кхочу. Хьалххе схьа х1унда ца юьйцура ахьа иза: схьадаьккхина хир ма дара аса цуьнгара нохчийн зударийн ахча!
      -Алмаз! Аса иза каро йолу меттиг юьйцур яц хьуна! Хасавюртахь тешнабехкаца жоьлгашка суо вейта йиш яц сан цкъа, газа а хилла!
      -Хьо хьанах кхоьру?
      -Д1аваьллахь д1а! Аштаркхнехь а туртекхо к1ентий бай Розанан биргадехь!
      -Вайъ! Хьайн нохчий 1ехабечул - и жоьлгаш яца х1унда ца йора ахьа, кхечу нохчийн к1енташа санна!
      -Сом бахьанехь нохчаша ца воь, кхечара воь...
      -К1иллолла-м - йина дера хуьлура, хьо веш дуьйна хьоьцинна! Дуьтур вай иза. Кхин хаадехьа цул суна: хьан петаран нана жоьлгалле стаг хилар - муха хиира хьуна?
      -Ж1араш яра чуоьхкина...
      -Бакъхьарчеран а ма хуьлу ж1араш?
      -Суьлийн шарбалш лелайора зударша...
      -Бусалбачу къаьмнийн зударша а ма лелайо шарбалш?
      -Нохчийн мотт а хаьара, - Розанна а т1ехь...
      -Аьккхий хила а ма мега?
      -Коча ж1ар уллий килсе йоьдура Розан цаьрца...
      -Оьрсий хила а ма мега?
      -Нагга бусалба ламазана х1уттуш а гора...
      -Нийса ву хьо: къам доцурш хилла... - парг1ато а элира Алмаза. - Ткъа, хууш ма хиллара, къам шайн доцурш - жоьлгаш ю. Розан жуьйлиг юй хьайна хууш а хилча, наб кхетийта муха вахьара хьо, цуьнан аг1онах?
      -Марара д1а ца хоьцура аса...
      -Дукхаезарний?..
      -Деккъа - оццунна! Иза - сайн хилчхьана, цуьнга суо воьйтур а волуш-м езара! - олуш, ши куьг вовшахъхьаькхира Ибас.
Ибига г1еххьачул хьежа а хьежна, доккхачу маь1нина, хьостуш, хаьттира х1инца Алмаза:
      -Хьо-хьуо муьлхачу тайпанан ву, Иба?..
      -Д1аваьллахь! - дезо элира Ибас. - Со бакъчу нохчийн тайпанан т1уьзера ву!
Йоккха къайле ша д1айиллича санна, не1арехьара хинболчу тешнабехках - не1арехьа дерзийра шен г1ант Ибас. Амма цунна дуьхьал а вирзина, хаьттира Алмаза:
      -Тайпанийн Ен т1е яздина хилла дуй шу?
      -Оцу Ен чохь гезарий кхехкийна ву-кха сан ворх1алг1а да, шен ц1ийнан нахана!
      -Хьуна муха хиъна?
      -Тхан дедена шен дайшкара хиънадела!
      -Гезарий х1унда кхехкийна - уьстаг1ий ца хилла?
      -Шайт1а даа...
      -Муха?
      -Гой хьуна, шайт1анах тера мекара хилийта шайн т1аьхье, тхан дайша кхечарна къайлаха, буьйсана кхехкийна бу и яй. Газане а, хьакхе а буьйсана бен доьдуш дац боху шайт1а. Урс хьакхале, кхузза аллах1-акбар алале, газанан кийрара дада кхиалуш ду боху шайт1а. Цара х1ун деш хилла? Аллах1-акбар а ца олуш, жоржаца газа хьеста а хьоьстуш, тешнабехкаца урс а хьокхий, цхьамма коьртах т1оьрмиг хьарчош хилла, вукхо - хьалххе кечдина т1ассаш тухуш хилла ц1ога долче. Дуьхьалонаш тухуш хилла шайт1анна. Т1аккха къамкъарг а, т1ехьара йоьхь а доьхкий, тила а йой, чоко а ца йоккхуш, ен чу кхуссуш хилла.
      -Вай, бехалла юьсур яц чоконахь?
      -Бехалла ма хилла даа деза шайт1а!
      -Хьожа хилла хир яц ткъа цунах?
      -Хьожа яй шайт1а-м!
      -Нохчийн даарех ма дац ахьа дуьйцург?
      -Хьайна хетарг иштта ду ала ахьа... Дала гечдойла тхан Дадина, - дезткъеитт шо хан шен йолуш велла иза. Даим сира гезарий кхобура цо. Пурженех хьийзина ма1аш а, ира, бордаха можмаш а йолуш, деккъа, шайт1анаш! Ен юстош - ахьаран худар даадора, хьожайог1у буц тоьхна. Церан йоьхь кхехкийча - кийчча ахьарх буьзна марш хуьлура. Ма ба1арш хуьлура! Х1инца хьо изза дан вуолахь, хьайн зудчо нахалавоккхур ву, бехалла йоуш ву тхан стаг, аьлла. Тхох бац х1инца тхоьга маребог1у зударий! Сан Розан бохий ахьа - Розан ю хьуна шолг1аяьлла сан денана! Аса шега, тхан дайн хилла кхача бийцича, Аштаркхнера, шен доттаг1ашкахула корейцаш болчу а вигна, дуга даийначу ж1аьлин йоьхьаца сакъерийтира цо тхоьга!
      -Ларамаза а, хьох доьзалах хилла-м яц хьан Розан?
      -Ларамаза бохург х1ун ду, - 1алашонца дина, дера ду-кха, "дада" варе сатуьйсуш, гуьра к1озарийн хьаьрса малик-м! - Ибас, 1аламат кура сетташ, аьлча,"хила а хилла-кх шу тхуна юкъахь" - дагахь, куьйгах кара ца дуллуш, буй тоьхна, цуьнан "газанан" ч1ениге къарш далийтира Алмаза:
      -Хьан г1уллакх д1адерзош,сайна хьоьгара бог1у кхаъ аса схьаэцна ларалахь! - олуш.
      -Расчотехь вуй со хьоьца х1инца?.. - хаьттира, куьйга ч1енг а лаьцна, ч1ичкъашваханчу Ибас.
      -Сов а т1ехь-м!
      -Т1аккха ахьа хьайн болх бийр бу...



      Бан а бира т1аккха Алмаза болх - Ибина т1ехь...
Юрисдикцин распискаш Ибигара даьхнехь а, Алмазана хаьара, сиха декхар юхадерзо Законийн чарх хьаьвзина йоций: жоьпаллечун чуязвина доьзалхо велахь, суьдашкахь къуьйсуш, г1уллакх чекхдала а туьгу хан хьалхара д1атоьттуш, д1аоьхура юйла. Оцу тайпанара г1уллакхийн закон а даьлла, цуьнца бакъе ян йиш яллалц. Иштта бакъо Москох яьлча а, Нохчийчохь лело аьтто боцуш хир дуйла: 1едало нохчийн нехан кхерчан духку дакъа, наха оьцур доций цхьанаъ заманахь, цхьанаъ 1едалехь. Х1унда? Вайнехан 1адаташца ишттаниг лелла цахиларна. 1едало нахера г1ишлош схьаяьхна юкъаметтигаш яьхкина, амма наха уьш 1едалхула эцна - лелла меттигаш яц. Советан 1едало т1ек1ел дина ц1енош пачхьалкхадаьхна меттигаш хилла, библиотекаш ехкина, чухула берийн яслеш йина, амма цхьа хан д1аяьлча, цхьаццачу бахьанашца юхадерзийна дайша.
      Дай баьхна дакъа дохкар-эцар - вайнехан стаг вохкар-эцар дуоладар хетан, - доло ницкъ кхочур бац нехан, 1едална лаарх.
      Ямартачу паьлнашца шайгара даьккхинчу ахчанан - шаьш декхарна деллачух тера бух бича, - декхар схьадерзо йолчу законийн бакъоне бовлу ахчанан дай. Иза муха токхуьйтуш хилар - х1ораннан шен-шен лелорг хуьлу. Шен даьхнина т1аьхьа ца волуш висанца да. Декхар т1ехьдерг парг1атвалийтанца.
      Б1ех декхаран да Ибина т1аьхьаваьлла хир ву х1инца. Ибин х1усамехь жижиган яй кхехкахь а, зудчо коч эцнехь а хуур ду нахана. Сатосуш а, я буьйса т1аьхьенга г1уш а, керта лелар бу декхарийн дай. Хаза а дуьйцур ду, човхораш а дийр ду, т1ехдеттарш а лелор ду - дехаш хир дац Иба а, цуьнан х1усамнана а. Оцул доккха кхин та1зар дац нохчочунна!
      Амма, Ибина?..



     Иба милицера араваьлча, д1авига дуьхьала баьхканчийн 1аьржа машенаш немцойн а, японхойн а марканийн яра. Герзаш леладен белхахой - мажойн-мекхийн кегийнах бара, карарчу хенан векалла дечу духаршкахь, яйн мачийн буьхьара х1уьттуш, марабетталуш Ибина, кура забарш еш, воцург цунах вина, иза воккхавевойтуш, оьшучехь - шен халкъана са д1адала а кийча, цуьнга шех турпал тарвалийтина. Корах хьоьжу Алмаз, шен кхетамах шеко хиллал - ойлане ца валалора, хаттарна жоп каро: "Ванах, самаха гуш юй техьа суна х1ара 1уьйре? Нагахь г1енан б1арлаг1а яцахь - дайшкара г1иллакхаш хедда-кх кху нахана т1екхачале. Х1ун къам хилла те х1инцалерчунах? Ц1е х1ун ю те керлачун? Шен мотт буьйцург - цкъа хьалха сийсаз а дина, шен ламастан адам а даа, ахчанан са чуоьзначу кху хенахойн, кху керлачу нехан къоман бух бан а буй техьа исторехь?"
    Коран херонехула, къаьсташ схьахазара Алмазна арара церан къамелаш: "Тоха езаш, цхьа а висаний цу чохь?"
    "Айхьа йинарг - бизнес йоций хуур ду хьуна, Иба, х1инца еш йолчаьрга хьаьжча!"
    "Хинан массаж яйта вай цкъа Ибина?"
    "Розан ю тилпу етташ..."
Ибига д1аелира мобильни тилпу:
    "Делкъахан хилале д1акхочур ду... Диканиг караелахь..."
Алмаза тидаме оьцура х1ора дош. Кхеташ дара, церан аьхса бийлабаларх а, юьйлина машенаш д1акхийсаялийтарх а, уьш к1омал оьзна хилар. Доцца аьлча, шаьш а, шайх тера берш а бен, дош ца хеташ "к1ентий" уьш хилар. Гезарийн бехалла йиъначу Ибин дайн т1аьхьенах хила а тамехь...


Рецензии