Т1елхиг-контора... на чеченском языке
Т1екхетта доллу жима ц1а деллера Закурлина Гуьмс-г1алахь контора д1аелла юьхьенца. И ц1а дара цхьа жоьра-баба яьхна. Елча, д1айолла да а ца ваьлла, Советан 1едало д1айоьллина.
Амма, ц1а чухулара - хьаькамна "дика чоь" йолуш дара. Хьаькам г1анте хуучу т1ехьара ога бухца охьахаарна, ц1аьнкъанара аннаш ирхдирзинера, хьаькаман стоьла т1е вог1ург ког шершина, гал а ваьлла, гуора г1ур волуш.
Ц1енна т1е тоьхнера хааман у: "Т1елхигаш д1аоьцу контора". Йоза дара дешица кхелина, масех урамах йоза къасталуш.
Конторан белхалой бара: "т1елхагийн хьаькам" Закурлий а, цуьнан г1оьнча Гуккий а, т1елхигаш кепатуху Товманий а.
Закурлий (хьаькам ма-вахха Сталинчух луьра шимекх диттаншехь) - бераллехь нанас хьоме лелийна хилларах висна волу, гуьмалганах горгачу дег1ан кийрара луьраллин аз ца даккхалуш, - деладелла, "дийдий" адам дара.
Гуккий - гуьйриг т1ехь адамах корта д1атасийта диг ойуш, тешнабехкахчу чалтачна эккхачу деларах гежначу, еак1овчу, хьаьрса т1едарчийн юьхьца г1аккхарг хьажар долу ц1ен б1аьргаш а долуш, нана-йоккха ворта букъа т1е яьлла лекха дег1 - 1ункара а долуш, луьра стаг вара, ша забаре олург а къизалле нислуш.
Ткъа Товманий(сих-сиха, керла-керла маренаш дарх а, цкъачунна жеро йоцуш), цхьатера шиъ вовшахтоха, Гуккийца йог1уерг лоьхуш, олуш ма хиллара, Дала дашон мачаш яор йоцуш, адамех йоьттинчу г1алахь "ишттаниг" хиттина-лиехна, карийна, - схьатоьхна яра Гуккийха Закурлис. И кхо адам бен дацара цу конторан.
"Кура хьаькам" куза т1е хаийна а, эшар лерехь хила а кечйина яра "Москвич" машен Гуккийс, цу заманахь 1едалан хьаькамаш балхана лелош хилла, "чудалелорг" - наха тиллина ц1е тахана а йисна йолу. "Вовха воллуш" меттара схьаоьций, Закурлий-хьаькам балха а валавора Гуккис, Товманис, разъяьлла г1ап а йоьллий, суьйрана кех а йолура машен, балха т1ехь "к1адвелла" хьаькам метта вилла ц1авадавой.
Чудог1у-арадолу аддам ца гуш, цхьа а г1овг1а йоцуш, тап-аьлла, делац1а санна латтара и ц1а.
Олуш ма хиллара, хенал нийсоне суьдхо вац: шайн болх кара ма бирззи, механа дезачу даарийн сурсаташ эца, "спекулянтийн" базара машен хехка ваьллера Гуккий. Цо оьцура - Советан 1едало шен мунепакъашна хьарамдина хилла долу, "аппетит" т1ех хьерайоккху сурсаташ: бежанан-уьстаг1ан дог-пах а, з1акардаьхнин чарх-чоко а, бага яго сеналла-к1олла а, бакъийна дума а, ц1ен-1аьржа ч1ара-1ов а, б1арин т1ум а, моз-кемпет а, кхечу пачхьалкхашкахь дитташна-орамашна т1е мел долург а! Цигара д1а - вахон маларш духкучу туьканашкахула чекхюьйлура цуьнан машен. Доцца аьлча, х1ора дийнан церан алапанан а т1ех харж йора цу конторо юучунна-молучунна делкъе еш а.
Инжилара хьолада механах эмкал санна, Советан 1едалан механах а ца валалора алапанал сов сом кисана дуьллург. Цундела тидам бан церан делира 1едал. Х1илланан йолийнера "операци ы": шайн белхахох "беркъа стаг" а кечвина, морбоьттина т1елхишгаш а елла, д1ахьажийнера "т1елхиг-конторе".
Т1елхигваьлла веанчу стагера т1елхигаш терзане ехкира Товманийс. Т1елхагийн дас яппарш йира:
-Х1инцца схьадала шун ахча дацахь, аса ца юхку х1ара бедарш!
Гушлаьтташехь терзане эшайойтуш мохьан язалла, човхийра иза Товманис:
- Хьан-м мехала хилла х1орш! Моьттаду Миклий паччахьан духар дохьуш веана хьо - кхошъюьзна тужурканаш! Кхарах дала ахча карор ду тхуна! Контора чу а валий, "х1оккхула" кийла хилира, ала...
Т1елхагийн да контора чу велира. "Шаршолгана" хьалхарчу стоьлаца к1едачу г1антахь аркъал а вахна, пиллиго мох а бетташ, набарна тхьавсавелла 1ара Закурлий.
- Хьо лаа леларий, къонах? - цхьа б1аьрг д1абиллира цо.
-Т1елхигаш д1аелла аса...
- Схьа т1е хахкало делахь. Х1ун т1еоьшура хьуна?
- Шиша эца, сом-ком хьаштхиллера суна.
- Ц1ениг эцахь - "х1ума" каро а мега соьгахь.
- Х1ун мах бу шун т1елхагийн кийланна?
-Иза х1ун догдоцу хаттар ду, къонах, ахьа соьга динарг! Т1уьйлиган мах хетта бег1ийла ду хьан дег1арчу стагана! Хьо царах беваккхарна - мах хьоьгара бог1у-кха!
- Делахь, айхьа лурриг схьалохьа.
Стоьлан г1утакх а теттина,схьаэцна, нахарташ д1акховдийра Закурлис:
- Д1алаца. Деладуьхьа саг1ийна дели аса хьуна х1ара ахча!
Нахарташ ягарйира "боно":
- Сом а дузац...
- Кхин т1ех сакъера ахча дац вайгахь тахана, диканиг. Хиллачхула цхьаъ дер вай, ахьа т1елхигаш а кхоьхьур елахь...
- Т1елхигаш кхоьхьур ю, аьлча,аьшпаш хила мега сан, - хьан белахь, - болх-м бийр бара аса...
- Тхан ца хилахь - кхечерниг схьабаьккхина а, хьуна иштта ч1ог1а лаарна, болх а бойтур бу аса-м хьоьга, хьацар хьох даьндерриг! Аравала балха кханнехь.
Цу кеппара, юкъавеара царна ОБХСС-н белхало.
Ша а санначарна юкъахь, Гуккийн куьйга к1ел, т1елхагийн кепаш вагонашка йотта йолийра цо а. Т1елхагийн туьпашна юкъехь бахархойн хиллачу бедарийн т1елхиг к1езиг яра. Йоллу т1елхиг - фабрикан цуьрг дара. Дукхахйолу таппаш кхаанга халла айалуш, маьххьаш даздан, т1унйина яра.
Вагонаш йоьттинчарна сом а ца лора Гуккийс. "Кхана конторе дог1ур шу, сакъера", - олура. Кхана, х1орш, конторе баьхкича, уггаре дорахниг чаг1ар х1оттадора кхарна мала, т1елхигашна т1е. Закурлис хоттура Гуккийга:
" Маса сохьтехь болх бина х1окхара?" Гуккий харцлоьра.
"Ладог1ал, Гуккий, - т1едуьллура Закурлийс, - х1окхарга мелла малало а - малар т1екхоьхьур ду ахьа х1окхарна! Кхеттий хьо?"
"Кхетта, хастамхиларг! Шишанаш ирхдерззийна хир бу-кха хьуна х1орш!" - жоп лора Гуккийс. Ахча дезачуьнга - "Ахча луш а дац оха тхайн белхалошна, царна моццал иза дог1у цахаарна! - олура. - Нехан цхьа а мах боцуш, боьра д1акхиссинчу т1уьйлигийн, боьрара хьалаойбург х1ун мах хир бара? Ладог1ал, к1езйохургаш, лаьий шайна - чаг1ар мийр ду аша, чохьлазаро я хьовзийна, я коьртах т1улг кхетна г1аз санна, лестина, лаьтта охьаэга маладеззачул. Ца лаьий - аса, делора, д1а т1елхигашлахь заводе д1ахьовсо, х1окху деласохьта кепа ма тохуьйту шу, аса аьлла муьлхха а ирча г1уллакх дан хьага а хьаьгна 1аш йолчу, д1а Товманийга! Цхьа турси теггал хинкиса хьанна а марчонна хьарчалург со хилча - ма къийса соьца харц-бакъ!"
Дуккха малалуш хилча а дов дора: "Х1ай, г1езаш! Т1елхигашла охьа маца оьгу шу! Яьлларг сахьт хан а йоцуш, х1инцале масехчу шишанах дакхалуш ду-кх шу! Ва Товманий! Кху харанашка схьахьажахь цкъа. Хьан 1аддарахьман бен, т1арма1ах ц1убдеш шиша - кхаьрга кхача "к1алдаьтта" гина вац-кха суна!" - ч1ог1а цецвалар - б1аьрмецигаллина т1ера а долуш, хьаькамо т1едиллинарг кхочуш дан а дезаш, воьхна хьовзура Гуккий.
"Тхайчуьнга, х1инца, хьалха санна, дукха малалац, цхьадика. Шиша дохьуш веанчу хьешаца, и шиша д1амалале д1акерча х1инца. 1уьйренга ваьлча - х1умма гина хила лууш а, хезна хила лууш а хилац!.." - дуьхьала кхойкхура Товманий а.
Шайгара "марш" схьабоьхучу къамелашна шек д1а боцуш, чаг1ар чудуттура вукхара-м!
Цкъа цхьана ишттачу "алапан дийнахь", х1окхунна дов дан велира Гуккий:
- Х1ай, ахча дукхадезарг! Хьо х1унда вац х1орш санна малар хьайна чудуттуш! Чехкка вахий вуожал!
Эххар, т1аьххьаре, шишанех ка-ма1арш хьекхабоьлча, шаьш болччехь, т1елхигашла д1аийгира вуьйш, карарчу шишанашка - т1аьххьар дуьнене хьовсаре санна, малаза дисинчаьрга б1аьргаш сатасаме а хьабдеш. Царах хезаш дерг - т1елхигашна т1ера чан уьйъу хур дара.
Цхьа къурд а беш, шиша д1а а мелла, техка а техкаш, вехха ву моттуьйту къамел долийра х1окхо:
- Аса цуьнга т1аккха элира: вайшиъ дика дехар ду... Чаг1ар - сан чоьтах, гарзанаш - хьан чоьтах! Мелла а ву, мер долуш а ву!..Ша цадезачуьнан - шишанна чохь садукъарг!..
-Хьайн нана кхабае ахьа! Хьо-м, делора. дера хилла дог-пах а долуш, мотт тасабала - баха корта а болуш, ц1енна, 1аддарахьман! - кхунна хилайоьллачу кепанна самукъадаьлла, юкъалийра Гуккий.
- Хьо, Закурлига, боккъалчу балха д1аоьцуьйтур ву аса, валарга виггалчу къинхьегамна пенси х1оттор долчу.
- Деган безаман ц1е яго даьтта кхачийча - пенсех х1ун дора аса! Кхуззахь, х1инцца, балхана ахча хир дуй суна?.. Аса цуьнга эр дара тховса саррахье: х1ай, сан Хьавани, нак-наки... хьайна дегаайам сан б1аьрахь карориг... гарзанаш а сан чоьтах!.Хьан дегах дог дийриг, хьо яха хао, балха д1аэцна т1елхиг-конторе. Хьещий бу сан х1инца кхузахь: Закурлий!.. Гуккий!.. Х1ун болх бу сайниг - хоьтту ахьа? Дера, бу, кху г1алин зударех, цкъа т1едоьхна барзакъаш схьаийзадеш... т1ерадохуш... кепадетташ... д1ахьийсош... ахчанийн кепаш дуьхьала хьийсош...
- Хьай дена хьо бекарг - патарма я1! - элира Гуккийс, самукъадаларца, ша а шишанах а тасалуш:
- Гарзанаш елча аьлларг деш Хьавани елахь, аса цхьа яьшка йохьуьйтур ю-кха хьоьга уьш цунна!
-Хезаш юй хьо, Хьавани. Кхарза... гарза... - кхин д1адахдан мотт ца керчачух сецна, шен накъостий санна, т1елхигашла охьавуьйжира х1ара а.
- Хастам хьуна, т1елхигаш дуьненчу яржийна дела, мажошна динчу к1омаршца расчот яйтина соьга волу! - олуш, парг1ат а ваьлла, тахана яьллачу хоржах чот яла Закурлина, конторе вахара Гуккий а.
Делкъе ен хан а т1ех1оьттира. Юургашлахь яа дог дар Закурлин хьераваллал хуьлу з1акардаьхнин чоко эца, базара хахкавала а дезара цуьнан...
Цул т1аьхьа дог1учу деношкахь, юкъ-юкъа, т1елхигаш вагонашка юттура "ша а ваьллачу" белхалочо. Закурлина, тешаме накъост хеташ, д1ах1оьттира иза. Сих-сиха Гуккийс - безамна совг1ат - гарзанаш кхунна т1ех а тухуш, хьовзавар доцург, вовшийн чам ца бойуш, бертахь д1абодара болх.
Амма ц1аьххьаншха талламна еанчу ОБХСС-на, кегаре яьккхинчу конторан белхан боккха г1урт карийра! Т1елхигаш кхарна "йоьхкина" хиллачу нахах те1ийна куьйгаш - Дуьненаюкъара Машарна кхайкхамна к1ел санна дукха хиллера церан. Закурлий кхин болх беш а ца хиллера - нахах куьйгаш те1оран говзалла лакхаяккхар 1амор доцург, Машарна кхайкхамна т1ера схьа а оьцуш. 1едало бахархошкара т1елхигаш бен эца ца магош, шайна схьахоьцуш хиллачу ахчанах - цхьаццанхьарчу, бедарш тоьгучу фабрикашкара, х1умма а доцчуьнах цуьргаш а, бехчалгаш а оьцуш, т1елхигех сурсат дечу фабрикашна д1аюхкуш хиллера цара, шайна кисана кхочучунна, уьш резахирриг, цаьрца барт а бой. Дуккха ахча лачкъийна хиллера цара цу хенахь, "нахана" уьш "нах" хета...
Т1елхиг-конторан белхахой - шаьш а т1елхигбехира суьдхоша... Амма - цкъачунна... юха а шайн хьалхалерра болх д1аболабаллалц цара...
Ткъа оцу "операцехь" оццул таза комеди ловзийна "артист" мила хиллера аьлча - Г1алмакхойн чоьхьарчу органашкара, кхузарчу г1уллакхе леррина хьажийна хилла волу, милицин лейтенант. Тхуна х1ара дийцинарг а вара иза ша а.
Хьастаха Г1алмакхойн махкахь, буц-аренан тачанашкахь сайгакаш д1асхьа лелачохь, г1амаршлахь яьхначу д1ахьуллойлашлахь, буьйсанех кхерсталучу 1уьйренашкахь к1ел а хуьйшуш, талла дахана тхо долуш, тхуна вевзина хилла волу - Денилха. Меттигерчу бахархоша - Денис олург. Аштаркхан к1оштан латтанашца доза доьдачу, Г1алмакхойн къилбаседанцарчу к1оштехь милицин подполковникан чинехь, меттигерачу участковийн отделан хьаькам волу х1инца. Г1алмакхъхо а, нохчо а - ши зуда йолуш а, шиннех доьзалш болуш а.
Цуьнан шинхьа а керташкахь хьошалг1ахь а хилира тхо.
Нохчо зуда - къона а, товш а йолу, - шолг1а ша ялийнарг ю, бохура цо. Кхузахь жеш дажорца кхолладеллачу нохчойн гергарлонашца, нохчойн тукхамаш, хьелашка хьаьвссина, юхакхолладеллачу, кхузарчу "хьолахойн" цхьана тайпанара...
"Несо", тхуна, галанийн метта бишпармакх яийра. Чукаре юьйлуш а хьийзира, тхо муьлш "нохчо" ду цахуъушехь, оха тхайн тайпанаш а, тукхамаш а - боккъал дуьйццушехь, тхох йоьлуш, оха тхайн тайпанийн йоху ц1ерш - шех диела йоху - цунна моьтту - тхуна мотталуш...
Ткъа дуьххьарлераниг цуьнан - г1алмакхъхо-зуда - тхоьца к1езга т1ек1аре йийлира: цунна хуучух тера дацара нохчийн хьеший т1еэцаран г1иллакхаш.
Тхуна йиллинчу стоьла дуьхьал пенаца кхозура Ламаитийн Дела. Масех шен куьг-ког чуччахдийлина волчу Делах б1аьрг мосса кхийтий а кхералора, хьоьгарчу "цхьаллина" т1екхоьхьур долчу х1инца буц-аренийн къаьмнийн даарша ойлане воккхий:
"Ма дуккха даарш, х1ора денна шена кечдина хила дезаш, цхьатерра схьаэцна уьш, цкъа бага даьхьна, х1ораннан чам хаалуш, д1акхаллалуш хила веза-кх хьан лай, шен гейна баца лай дуккха а шен болуш а!"
Амма, тхан стоьла т1е диллинарг - цхьаъ даар дара, шен Далла до1а деш, нохчочун зуда шех хила къиъна хиллачу г1алмакхойн цу зудаберо: цхьана кийлан хохийн барамца - цхьа кийла уьстаг1ан жижиг кхехкийна чорпа...
Тхуна чоме ца хеттехь а - иза хиллера, г1алмакхоша хьешашца молуш йолу чорпа. Кхехкаярца еттачу шех г1амарлан хьожа-бацо, дуьхьалонаш лелхо, кийра къаьркъа охьахецадалуьйту молха шех хиллалц кечъеш хилла йолу.
Тхайн кийранийн йоьхьашна чуьра "т1улгаш" а лелхош, тхо, и чорпа, "оьрсийн д1аьвшанна" т1емийлош, сакъоьруш дохкуш, кхид1а шен дахначу дахарх лаьцна а дийцира тхуна Денилхас: "Т1елхиг-конторан зуламах айса оьлг бина, 1едална хьалхахь сийлаллехь хеташ, кхуза, ц1а, со сайн балха вухавеъча - набархлер хилла дисира сан г1уллакх: хьалхалерчу накъостех юха а болх бан д1айолаелла т1елхиг-контора хилар хиира суна...
1едалан тептаран мужалтах марцаран хьожа кхийтира суна циггахь!
Ц1аьххьана дагадеира - айса а т1елхиг-контора д1аелла! Г1алмакхойх т1елхиг лахьалур яцарх а, амма гонд1а шортта цуьргаш каро, бедарш тоьгу фабрикаш яра кхузахь, Аштаркх-г1ала а юьзна.
Куьйгалле - жимахволу ваша а х1оттош, д1айиллира кху тхайн к1оштехь. Дуйбахначу 1едалехь махцарг ца долуш, маса ахча дан даьккхира г1уллакх. Советан 1едална маьхьшаре еъна, иза доьхнехь а, - циггара схьаеъна парг1ато ю тахана ерг а тхан йиша-вешина кху ловсакхчу махкахь. Дела реза хуьлда-кх т1елхигашца бен болх суна бовзийнчарна!..
Ткъа, Закурлий, Гуккий, - уьш тахана а сан дика хьеший бу! Сих-сиха, шайна ма-лаъара хан яхьа бог1у со волчу. Закурлий аьлча а, х1инца - Къандална дао москалийн ботакаш шортта ду кхузахь вайн, даламукълахь!.."
Иштта, вай къахьоьгуш, къона а, хаза а долуш доккхучу ахчанах тоьлла бедарш сих-сиха а оьцуш, царах т1елхигаш йисар - лераме а доцуш, - йоккхачу хорже вайн зама д1айоьдуш, цхьаццаболчеран - вайх юьсучу т1елхигех ахча кепа детташ, яхна хилла-кх и зама, вайна т1ерачу бедаршка беламе б1аьрг а бетташ!..
Дависарг, сайн мел хиллачу бедарх йисна т1елхиг схьа а лахьаелла, цу т1елхигашна т1е - Гу т1е санна, охьа а хиъна, охьахьаьжна цкъа, Закурлиг1арна велавала йиш елар-кха, жималлехь церан хилла - къанвелча, соьга деъначу хьекъало самукъадаьккхина, хатта цаьрга х1инца: "Х1ун мах бу шун т1елхагийн кийланна?.."
"Эхь ца хетий хьуна - т1уьйлагийн мах хетта!.." - бохуш, цара х1иллане дохудолчу бехкех эхь а хетна, "сайн мах" цаьрга лахара ца х1оттабайта...
1981 - 2008
Свидетельство о публикации №211101100055