Къинойн синош

     (прозехь поэма)         
         
              1

Керла дац – керла хьаькаман
Нуй хилар, - цхьабакъду,
И нуй шайх ца хьакхлун -
Бинаберш цуьнан пайданан:
Боьрша – борша шенччул,
Сте – сакхат хьулделччул…

«Борша шенччул» хуьлу бухах,
Мотт ловзош массарах,
Гал дийца бахьанзах:
Варшах кхоьручу к1иллоллах,
Серлонан кхазарах
Це етта газанах.

«Ген садерг» хуьлу дийцарех
Стечуьнан амалех,
Цунна бен цахуъчух:
Дехой нах боцчу зударех,
Х1ор шайн бер – цхьаццанах,
Кийрара х1у - х1уьнах…

Жерочух, амалах къинна,
Декхарех хьаькмашна:
Боьха г1улкхаш лехна,
Ц1убдарах, царах хьал диъна,
Муьт1ахье хьестаршна
Керл-керла хьаькмашна.

Кхехьначух хьаькмаш оьзаге,
Г1амаре – г1амаргха,
Йилбазг1ала леллче
Хьорзамах оьзна шен мерзе,
Велаван г1енаха -
Шен –йохуш ц1е зудче.

Лаьхьанах, лиланан б1аьргех,
Пайданна зевелчух
Д1ахьарча, хьожучух,
Метта к1ел церг юьзна д1аьвшах,
Милланах, хьо луъчух,
Хин йолчух церг юлчух.
               
Дуьйцур цо хьайбанех-жеройх,
К1овдалазчу дегнех -
Хьагазчу боьршачех,
Гинчунна - б1аьрго марахьорх 
1абаван, - сихаллах
Туй таса шаьш болчех…
               
Дуьйцур цо, т1аккха испайлчух,
Хьаьрк-хьаькам хаттарчух,
Коча кхин шел йоцчух,
Марезхах - йо1стаг-жерочух…
Уьншеран уллорчух
Гергара хьо венчух.

Ховха п1елган эсалаллах,
Белш т1ера гам ийъа,
Дег1 лехчу к1одалле
Тхьовсо, нур лепа хазаллах,
Т1аусан т1ам ласта -
Самахчух ялсмане.

Хьаьттарчу акха котамо
Декадечу озо,
Нуьречу хазалло,
Хьох цхьацца мас хьастайоло,
Кхайкхалуш н1аьнах хьуо!...» -
Дуьйцур цу накъосто,

Хатталц ше: «Хьох эцний мас цуо?» -
Айкх хьаьжна шен белше,
Б1аьргеха б1агорше,
Шена къажжалц: «Вац сел боьршо…» 
Хьаькамна пайдане
Хуьлуш ша юьхьенце…

               
         2

Са стиглан олхазарш хьовхо
Син механ б1аьстено
Х1аваэхь лелош х1уо,
Мас санна, къона дог дайдо,
Ворх1 п1енда боьршачо,
Шех, стечунна бало!

Нана хин йоцчу жерочух,
Бер дакхо йогучух,
Бесних, барт бахачух,
Б1аьргах хин т1адам карчочух:
Дендина - дайанчу
Синошна доглозчух…

Б1аьргийн эхь куьйга къовлучух,
К1айн п1елгийн мух1аршчух
(Хьан деше - п1елгачух),
Олучух - Безамна ехчух:
«Хьал тоа – сту йолчу,
Доладан да воцчу

Нанна цкъацкъаца лун Безам -
Кхунна а сан марчо!..» -
Б1елиг т1е къурд бенчу,
Нуьре макхлуш хьоь Цабезам, -
Хьуна а тамбенчу:
Хьох са а хиндоцчу…

Маь1на дац хьегамна:
Б1аьрнег1арш дегадеш,
Дог1унчу дагарх йо1ана -
Марахь ца сецадеш…
Маь1на дац хьегамна:
Цкъа йоьлхунчу йо1ах -
Бацахь кхин, чот ца ларийна, 
Хьан х1ора шен мехах…

Ткъа доьзал, безаш кхоьллина?
Шен зуда – шех тешна?
Яй – кхерча оьллина?
Хьал-бахам – леларг салпална?
Церг йоцург шех диела? -
Дерриг Заббарина!..


          3

Къизаерг - Амала -
Ц1е ерг шен нохчашха,
Дарцах 1аьнан йолчух тера - 
Чекхйолуш шен чилла,
Хьаьким а  – хьаькамха:
Ц1ерш ю нохчийн амалера!-

«Я маьрша Амала дела1!
Хаъцара сел хаза
Кхоьлланий хьо дала…
Схьадийцал, - х1ун хир вай данза,
1едалца мел лела?..» -
Аьрг хьаькам вац ванза,
Ца йог1уш ц1е - «Хьаьким» тилла!

Амала – и гура,
Булийнарг муьрг тоха,
Ц1оганах - айана чуьра,
Олладан, - «Хьо, дахка!» -
Цундела, цо баха:
«Ас лоцург – лоцу сайн чуьра…

Бакъонца сох возу,
Веънарг, со «цхьаъ» езна.
Делах эхь массар лерийла! -
Сан цунах са ловзу…
Моьттаду, бац ц1ийнца -
Нах сан, со яц цхьаннан ц1ийха!

Ша вайъа ца лаахь -
Йитийта сайн меттехь!
Доьхург а делира Делехь -
Ду-кх цуьнгахь - шайт1анехь!» -
«Хьох кхийти – баланчух…» -
Хьаькима г1о дан бах - лаахь…

 Левзинарг – ловзош ду…
Айг1арна кхел магги
Тарсар хир - чулацам х1арра:
«Ц1оганах, шаддахчу,
Хьоьгара чабол зий:
Мох кхета, хатт беттац к1елла!..»

Хьаькима бехк баккха:
«Ца аьлла ахь, стенна,
Йог1ур ю ша д1а ма яьккхи?..
Еъчахь – хьайх догдаккха,
Яг1ийта хьуо гина -
Къот1алг1авина г1азакхи!..»

«Со моццал ваа кхуо! -
И «боьрша» б1арзвала. -
Ялал т1аьхьар хьо, мах алий!»
Амала-м и лацуо:
«Х1ай вирах хьайн ворх1да!
Ца ван хьо - ненан мах хиллий? -

Хиллехь – цуннах вити!..»
Дош олург метт-метте,
Сакхат хьулдийриг – хьаькаман:
«Шаьшша – шайн кегари!
Амала – хьан метте!
Буьйр шайна яздина ларан!..»


           4

1едалехь к1оштаний:
Компьютерш – п1елг-дешех,
Басарш к1айн-сийна-ц1ен шекъан,
Кехаташ зорбанийн,
Къамелаш стенн-стеннах,
Лелаш дерш къалетош-мелан.

Ца диса – ца кхета,
Стеган мах леларах
Селхана, тахана, – кхана
Кхин ворах ца хин-те?..
Эцначух – беламах:
Стаг хуьлу йолчух калц1ола!..

Хьаькамниг - коьртехьа…
Ела шех хьоьгучух,
Хьаькам – шех – де хьалхахь деха!
Масара - ц1е кхехьа
Хьаькаман к1еда чу,
Мелдерг дагардан кху неха!

Кхин цкъа а – «керланиг»,
«Бухарчийн» дегаза,
Алар: «Хьан г1ант цкъа х1оккхерниг».
Дац г1антел совнахниг,
Бухула 1едала,
Г1антахь бу хье а тхьамарниг,

К1едачуьн дума а,
Даь1ахкаш туьхлара, -
Хиъча х1ун 1едале милла!
Вуьшта, ду цхьа х1ума:
Жеройн хир эмгар ша,
Къийсалуш хьаькамна х1илла.

«Хьо цунна еза-те?
Хьол суьртахь-м суо яра, -
И даг чохь кху чохь сте мел-те! -
Х1ун хаза хьох ду-те, -
Юстийна хьакхера,
Биъначо дума бар мерза?..

Х1ун дича, х1ай Дела,
Цкъа мара ваккхалур,
Висахь – ван бисначех модийн?..» -
Иштта, жеройн мела
Боккхучехь ша хуьлург,
Кхаъ цалург хьаькам вийр варий?..

Жеройн болх харцабан,
Масара йистхилан:
«Х1ей жерой, аш яан чуду!
Кестта сан мах хилан, 
Ца хилахь йо1стаган -
Нахацалела дуй буу!..»


          5

Дешна бу нохчий а
Белхашна 1едалан,
Кхетам кхоллалучу баххийн:
Кхо бакъо ю адмийн
Х1умманах цахилан -
Делан, Законан, Хьекъалан.

Доьссинарг ду Делах:
Бакъдинан парзашца,
Ша вахарх муьлхху 1едалийн,
Я доцчу дин Пачхьах,
Я керстан и динца,
Шен цунах ц1ере – ялсманин;

Доккхург ду Законха:
1илмане хье – хьалхар;
Парзашца, муьлххачу динахь,
Къизазха, къолазха, -
Адамалле дахар;
Халкъана хьал айар - сийлахь;
    
Хьекъало бах, цул а,
Цхьаннех ма кхералахь:
Дуьне, Латта – йилбазг1ала.
Хьацархчул – хьаькамхчу
Балхаца вахалахь:
Нуьхалх лаьттарг – пир1унг1ала!

1едалан г1уллакхъхо
Бен, хилац хьелашийн,
Къахьоьгчо – къахьоьгу соьма.
Итт велахь белхало -
Цхьайтта хьаькамаллийн
Закон – лай д1авоьхку гоьза.

Ялхо – элан мулг1а,
Д1авужчу динара,
Къинан ял ерг мекхах говран,
Воссалуш цхьайтталг1а
Хьаькам ворданара -
Иссамма итт текхо вордан.
   
Т1аьрсиган шалха не1
Йиллича - пенаха
Кхозчу «суьрте» д1ахьажийна
Латтаво лай з1енехь,
Г1уллакх шен иэсаха
Даьлла лай виса элана.

«Хьо муьлха пачхьалкхан
Баланан, веъна схьа?» -
1оттарх хатта ше цкъа хьалха.
И велахь - «ахчанан»,
Чучча куьйгаш даьхьна,
Хьажаваьрг, хьаькам, «бух» лаха.
   
Олург ше «кортоша»:
«Х1арр-х1арра - х1оранна,
Х1ораннан лакхахь кхин мах шайн».
Хьейн х1уьсар хьекъалша,
Дилханийн т1уьскашна
Шай-кай тасо дог зуьзе дан.
            
1едалан «кортошна»,
Лап-лаппехь лепаре,
Даьгна б1аьргийн к1елонашна,
Горга гейн хетташна,
Хичашна уьшаре
Цхьаъ Закон – синойн дерг гешна.

Цхьайттачу «шел1анна» -
Шийттаниг кхин шел1а,
Шийттана - кхойтта а, дейтта…
1ункар пир1унг1ала,
Маша хьарчабелла, -
Инарла-гезг лелан ц1етта!..




           6

Хьийзарш арахь, хетарш,
Хьаьвдда ду гейш дуза,
Миччахь а, стеннах а – шенна,
Доглозурш хьан, х1ета,
Садолу и х1ума -
Лела-теша адам санна?..    
   
Зингат, цаьпцалг, неца,
Чхьаьвриг, н1аьна, моза -
Полла ган б1аьстенца беъна?..
Зезагах поллица
Дургал эцар дуоза,
Т1амбаккха шайх г1ерта-теша?

Зингатах - лаг кегна,
Цаьпцалгах - ког биъна,
Нецах гоьжанах ца кхиъна,
Чхьаьвригах хаьрцина,
Н1аьнах кхеллих баьгна, -
Хийла садолу-кх поллина!..


          7

Хьаькам-чоьн ю чухле:
«Шампански, конъякаш» -
Стол даарх, диванаш, назбарш.
«Хьежарий кхайкхаре?..» -
«Ма вина-кх хьо везаш…
Зуда хир сагатдеш, йоьлхуш?..

Ю, бода ч1аг1балле,
Шаьш сарахь д1ахевшаш,
Котамийн, н1аьнийн а баннаш…» -
Хьаьрсачу месашхе,
Масарс боху, къежаш,
Хьоьжчу Хьаькиман дог дешаш.

«Борг1ална, ткъа, сайчу
Лулах меъ дагах хьеш?..» -
Аьлла марахьарчо месаш…
«Болчушна г1улкхахчу
Сирла де ду лелаш… -
Самукънах хьо ма ву лелаш!..» -

Шена барт бахачух
Г1алаташ ца лехьош,
1ийр яра даима йоьлуш!
Б1аьргех стиглан курчух
Хьаьжна цкъа д1ахьаблуш,
Элира тиларчу йоьдуш:

«Тусалахь – х1ун хир ду?..»
«Хьо, хууш нахана,
Сан хир ю-кх! - элира къовлуш,
Месашхула даг чу,
Барт олуш лергана, -
Хьомениг хьо цхьаъ бен йоцуш…»

Г1иллакх сийх хецалахь,
Дастаме минотна
Комеде йолу трагеди,
Хьайн дег1ах жоп хилчахь:
«Боьрша-сте?» - хот1ана,
Хьох боьршал  – борша ца лерин…

«Шайт1ано гаурчу,
Маттана – биллинчу,
Бехке ву пуьташберг - Паташ…
«Жеро ю» - дешахчу,
Теша со виначуьн
Айа г1ант, я хедо когаш?..» -

Хьаьким ву воьхна гуш:
«Нохчой дай вайн болуш,
Бусалба дог1маш вайн долуш,
Стенна ахь - къахуьлчух
Кадахьа хьу йоккхуш,
Нисди хилларг, махьар доцуш?..

Цкъа кхоьссча жоьжхате,
Чим хинчу меженех
Куьг хьан лоцур ялсамане?..»
Хьоьжу Масара-м ше
Куьзгана, ц1ен беснех,
Хьаькимах - пхора - ойлане…

Елалуш бах: «Йоьлхуш,
Ирсах сайн ца тешаш,
Сахьт хьоьца Делчух догдохуш
Хир х1инца, хьох хьоьгуш!..»
Хьаьким, ткъа, ву тешаш…
Ша-шех эхьхета юьхь йогуш.

К1еллоцург харцаза,
Йохаза яц кхаба -
Къайле еллаза ца йисна.
Лелладерш хаарна,
Геригаш летийна,
Х1ун 1аьнна хир кхабих хиъна…


          8

Мерза ю чуданаш,
Езачо – везаш яхь:
Беснешха балдийн суьртаха…
Паташа делкъе еш,
Яориг ю балхахь -
Д1аэцнарг балха хьастаха.

Х1аврани – ц1е лелаш,
«Гуьмалг ерг даьттанах»,
Паташна кхалла якхонха…
Х1аврани ю везаш
Паташ, х1ар цкъа гаррах,
1едалх юьртан йолуш хьалха.

Елашна чот етташ,
Кепек ма-1а11арах,
Юьртдай «ловзорх» хуьлчух яьхна…
Майра – маренан теш,
Вахна - ваьлла махках,
Иттех шо доьду-кх доь дайна.

Ц1а, к1ант шен валавеш,
Еъначохь йиссарах -
Жерон к1ант г1але хаийна.
Юьрто сий айадеш,
Ю, коьртехь 1едалах
Х1инца – Паташ бахьанина…

Х1ета, яц сагатдеш:
Х1айкал ду шен дег1ах,
«Б1аьргбуза шега хьажийна».
Ч1абанан чо лелаш
Амали-эмгарах -
Хир кхуьнца боьрша векъийна…

Х1инца а, делкъе еш,
Цхьаьна чохь шаьш стоьлах,
Амала чуданх хьастъяла:
«Муха ахь, пудар деш,
Х1ун эдийна стенах,
Стена а сте езаяла?..»

«Шура сан - атто луш,
Шимболош керлачух,
Х1оаш - мео дуьххьар дина,
Хьармакхан зазанаш,
Накхарна дургалчух,
Моз ду сан - хьарин молхана…»

«Етт лакъахь, меъ кхиахь,
К1он стом лахь хьармакха, -
Стенах ер чуда Паташна?» -
Амала хаьттичахь -
1авранис хатта-кха:
«Кхаж тасий вайша Паташна?..»

«И нийса-м ду, дера,
Ловза сан йиш йолуш,
Ахь санна цхьаннах хьайх жоп луш.
Ткъа, хууш ма-дарра,
Шолг1а са сох долуш,
Бакъо яц - цуо шех ца олуш…»

Х1аврани къежира:
«Дуьххьарчух а йоцуш,
Х1ун дагахь бала бен кхолг1у?
Хьан ший а – дехийла -
Ду дайшца ц1а долуш, -
Х1уьттаре шена ма йуолу…

Нахала ца йоллург -
Леладан ду да1ар… -
Мах мукъне шуьшиннан буй, х1ей?»
Амалас п1елг боккхург
Буйнах – ду и хаттар:
«Ас цуьнга дуй кховдбахь - хир бай!..

Д1а-м мухле ца доккхур, -
Йоьалг1а яхкаен!..
Сан «к1ант» - цуьнан йо1рийн ваша!..
Ша вахьахь – ца юьгур
Йо1арийн нанна т1е, -
Айса-суо кхузлаг1 ца йоьйша!..»

«Ткъа, суна х1ун до вай?» -
Хаьттира Х1авранис.
«Новкъадац ловзаварх ахьа… -
Амала, жоп а лой,
Хастайо Х1аврани. -
Хьо езар - сан а елхьара!..»

Паташ а вог1ий т1е,
Хуу шен чудане…
Шинненга хьожий велало:
«Йог1ий вай, цхьаьна 1ен
Г1ала д1а Соьлжи т1е,
Шин декъе йоькъуш т1е-к1ело?..

Алап сан т1екхетта,
Сох вина: «шолг1аниг»…
Шуьшиъ ю сан куьйга к1елла…»
Амална халхетта:
«Х1инццалца когаршниг -
Х1ун дина ахь хьайх ван эла?..

Дешар ду пхи класс хьан,
Диплом ду «Метрора»,
Жоп дала институт яц хьан.
Йитабан йийсаран
Некъ бу хьан Тайгара,
Охьъетта хьун ю шортта хьан!..»

«Цахуург ма дийца, -
Хьаькима з1е тоьхна:
Со тахна студент ву Г1алахь!
Ели курс йиъ х1инцца,
З1е д1а ма тоьххана,
Говзалла ю сан – ерг писехь…»

«Маржа! – бах Амала. -
Къахьегна ас стенна,
Х1инжг1алахь доьшуш пхе шарахь!
К1ажара айра д1а
Даьлла мача текхна
Лелла беж1уьн хила карахь!»

«Сан юьртхой!.. – ахь буьйцурш!.. -
Оьг1аза г1о Паташ. -
Ас расчот йойтур хьоь сайца!..
Тахна - рузба доьдуш,
Ца дохур ас буьйраш, -
Оршот хир - хьох дала сица!..»

«Хьо - беж1у ас вуьйцу! -
Амала т1ечевха. -
Цабевзчех ала дац х1ума.
Дуьхьал юрт ма леца,
Вирах а ма 1еха,
Х1авраних - багах бие хьулам!..

Оьзда верг - ву хьаькам,
Шен белхалошца, ткъа,
Со ю хьан зуда ларалуш!
1ийний со хьох хьарам,
Езаш ахь - сох тамца,
Лелош со, хьайна со лууш?..

Х1инца хир - хьан юьртхо:
Хьан ала х1ун дара
Сан кийрахь волчу юьртхочух?..» -
И хезча - Паташ хьуо
Бага ах чуда цкъа,
Х1авране хьожуш к1иллочух…

«Хьо суна ца езча?..
Со хилча х1ар езаш?..» -
«Ялае и а - стаг велахь!» -
«Ас х1ун до кха зудча?» -
«Кхин цхьаъ а ду мегаш!» -
«Сан ц1ахь ерг 1ийр яц шиъ яг1ахь…» -

«Г1улкх айхьа д1алиста,
Бала  - к1езг хьан стеца:
Ша резайоцчун - кхин маре!
Кхин х1ара ца дийца,
Т1аьххьара де дуьлца:
Кхане – ахь тхойш юьгуш маре!..»

Паташ велавира
Х1оьттинчу цу хьоло, 
Амалан гурано лаьцча.
Ахчанах оьшура
Кхо зудакхабархо, -
И а хир царна курваьлча…


           9

Дог детта шайх дохург
Ду б1аьргаш хьаькаман,
Готта бустаман сте яйча…
И хирх мотт майрчух гург,
Я аьрха йо1 ненан, -
Х1отта ша цаверг юьхьк1айча.

Хьаьким а, Паташ а,
Цхьатерра хьаьжира
Цхьаъче, хазалла кхин йоцчу,
Махькамхой - лахешха,
Акхбевлла бисира,
Дош цо ма-элли зала чу:

«…Къонахех маьршонха,
Тайна стейх шатлакхна -
Дайн къийсамх илли шайх доцуш,
Б1обоьхна барзаха,
Догъэккхаш къуьн тахна,
Шалон ю маьрша лела гуш…

Селхан къемат-дензчух -
Тахне ялсманенчух,
Вайн мохк бу халкъ стамлуш нохчех!
1еламнах - заманчух,
Кхакхане – стол-г1антчух,
Байн бехках… шайгарчу даржех.

Хилчхьана нохчех са,
Хьераш сискал охьчех,
Диннах мел хир берзо бала, -
Машен хинц хийцаза,
Янза г1ап Москохчех, 
Хир паччахь – пачхьалкх – пачхьалла!

Гора вай, нохчи-я1,
Вай дуй Дуьненара?
Вайгахь бен яхь юй Лаьттара?
Горга буьртигал хьакъ
Нехазчух кхерчара
Юкъ хьехь - суй баьр б1ешарлера!..

Д1адоллорх ас, хьал ду
Тахна нохч-пачхьалкхехь,
Ткъе цхьалг1а б1ешо хьеш карзах.
Дехой сан – нохчий бу,
Ненахой – г1алг1азкхех,
Элмира Шаро – ц1е сан, нах.

«Юкъара Росси» ю,
Шен парти Путинан,
Г1анташкахь Думехь дукхахчу.
Г1уллакхийн нахах ю,
Ю, г1антех 1едалан,
И парти, - партеш-м дукха ю…

Цу партин декъашхойх,
«Уьйръярхо» со а ю,
Вайн нохчийн комитетера.
Шун к1оштан белхахой
Д1аязбан еъна ю,
Шух кхолла отдел к1оштера.

Вуй хаттар дан луург?..» -
Цу йо1а хаьттира
Б1еаннах махькамхойх чоьне.
«Ду сан… Ша шух луург,
Шен хьалхчу партера
Д1авалар - дуй ямартлоне?..»

«Ямартло-м муххале
Тхаьш и ца леран-кха, -
Лорур догц1еналлах адам!
Вож партийн урхаллех
Баьчча цхьа лелац-кха, -
Накъост-Зю, Жирик, - цхьа белам!..» -

«Сан парти кхинчех ю,
Лимонов-баьччанах,
Министрех локкхаргаш еттарг…» -
«Хьан парти – парта ю-кх,
Ишколехь шиннанчах…
Баккъалниг дуй цхьаннен хаттар?..» -

Хаьттича х1уьрла1а,
Доггаха луца дан:
«Т1аьхье беркате а хуьлда!»,
Хьаькамах къурд баа,
Паташа кула дан:
«Парти сан – хьо йо1 хир-кх кхин д1а!..»

Д1ахьедарш яздина,
Залехь партвелира
Доьзткъе ткъайоьсна 1едалах…
Цхьаъ, хаттар ша динарг,
Шен «партанх» висира,
Кога к1ел хьаьшчу локкхаргах...
               
Концерт а елира.
«Кавказан йийсара»,
Султана эшар лекхира:
«Со султан велара,
Кхо зуда хир яра,
Кхо го хазаллех хир бара…»


           10
Шин нускалх воьссира
Паташ шин петара,
Дуьхь-дуьхьал ши не1 еллаче.
Шиннен ц1абаьхьира
Там-мах шин кепара,
Хьаьжна нускалан бохчане…

Де къоъ сехьахь сте'гахь,
Де кхоъ дехьахь сте'гахь,
Цхьа де - шен доьзалан ненехь -
Кхелийн ценех гонехь -
Айг1арх, ша хьоьстушехь,
Цуьнан са дара кхела-бокъехь…

Евзчхьана Элмира,
Г1ант лакхахь - кханенах,
Харжа к1ант баьрчер меттигах,
Эвна малделира
Дагха цхьана пхенах,
Ов кийрахь делира меттах. -

«… Хьаькамо ше ийци-кх
Куьйгалдар партбелхийн,
Элмира бахьна долуш ша…
Масаре мотт ас бин-кх,
Жовх1аран туьтех хин
Елха и - «кхахьпа» доцчух ша...

Хьал хьаькман толуш ду:
Нех йоккху Г1алин сом -
«Нех йоцчу» денна 1а1алург;
Малхо а сом луш ду,
Ма-хьаьжжи планал сов -
«Малх боцчу» денна дайа лург…

Дуьне хьаькаман ду -
Нех к1езг еш адамо,
Малх хьожуш Г1алане денна.
… Жима ч1ара - со бу,
К1езг леринчух г1оркхмо,
Ша лоцуш, м1ар логе беъна.

Дан кхин диснацара –
Къайлах фирма йина,
Маьхькам сайн цунах ца доьзнехь,
Х1онс Г1алин чегара,
Ах-эхан белхашна,
Къовламаш барах ца ваьхнехь !..» -

И ойла цкъа йина,
Д1айиллина фирма,
Цунах д1аязбина шен нах,
Киснара – кисана,
Ца хьийгина къинна,
Х1инца-х йиллий ахчанан чалх!..

«Даг чохь бу сайн къен бен,
Ткъаях шо хьалхара:
Юьртана йистах тиша ц1а.
Керт-ков - къухо керт ен!
Хатт кого айбцара,
Диллахь а тхи а 1уьйренца.

Къен хьолах - колхозхой,
Балхо ца кхобуш цхьаъ,
Кхошбуьзна, силамех лелан.
Х1аъ, бара хьолахой -
Партхой, доурш шайн хьакъ,
Тахненаш санна цу хенан!..

Дар-кх цернаш ма керт-кеш,
Х1инца а - г1аланех,
Лаьттий-ца керла тхевнех ц1ен,
Машенаш - кхаж эццарш -
Х1илланаш хьекъалех! -
Х1инций а керла хьаькмех 1ен...

Ткъа тахна соь хьовсал,
Шен керт-кевнах б1аьвне,
Г1алахь шен петарш дуккхаче,
Паччахьна гуо хьовзол –
1аьрж-машен мел йолче,
Мехк-мехкарех дош - т1едохьче!..

И муха хилира? –
Дуьра ча сайх гайта,
Гих герзах дов-т1ом ца бира,
Бохуш, ц1ийх 1абийна,
Айхь мунепакъ, шайт1а, -
Синпха бисмиллах бегийра…

Каш охкуш - каш дукъуш,
Къубба т1е куьг дуьллуш,
«Бинарг т1ом» 1аьржа коше луш,
К1айделчун чоьш ган гуш,
Хьаббой б1аьрг, садоккхуш,
Хилла, кхоьру б1аьрг сайх бузуш…

Жирг1анчух, хиън-ирхчух,
Сайниг вирд ца хоржуш,
Зуькаршка сайн дуьхьа ихна.
Бакъволчух – харцволчух,
К1айн, сира куй къовслуш,
Куйнал - моллин пес лийрина…

Х1аъ…дара иза цкъа,
Г1ернаша лула чохь,
Суьлех делла сом д1атокхуш,
Аслан 1еш, к1ел кхакха
Тесна Шемла, суждехь,
Суьйре, 1уьйре къекъош, т1ом г1уш.

Дош аьлла къомах цхьаъ
Ваьлларг волуш махкахь -
Ворх1ден ламасташ ца хийца,
Вай олуш вайга, - х1аъ,
Шолг1а т1ом баьр вайн чохь,
Ши рег1а юззалчу ц1ийца!

Со хьанах тасалуон,
Шех керст вайх теша вуй
Пачхьаллин майра верг къонхо? -
Ойланх, сайн хенна г1уон,
Вайн дахарх биъчу дуй:
Карахьан хьал, 1арби вохо.

Обоз машенх тхайчу,
Цо Ламчу тохийтна,
Ас а ц1акхехьабин дархой.
Массарел к1иллохчу,
Соь хьаьжча и - хиъна,
Адамах цунна чекх са гой.

К1иллойх а - паспас ерг,
Т1евуьллий соьман, цуо
Зера пачхьалкхан пайданна:
Цхьа шай бен лачкъошверг
Со, воций хуъчу цо,
Х1етахь динарг - г1улкх ду тахна…» -

Шен къайле керчо хьен
Хьаьже куьг диллина,
Паташа бан лем Х1авраних:
«Испайла стечо шен,
Еззачехь ялийна,
Бохур, ахь санна, «сан к1орни»…

Хьо-м бертахь ялаярх,
Сан бертаз еъна соь,
Д1а дехьа хьийза-кх хьан эмгар.
Шен т1е шу даладарх,
Данне вай доцчух кхоь -
Ц1ахь ю дерг юьртах дуьнегар.

Карчч-карччош - керчина
Йоьду чкъург сацийча,
Лаьттина, юха а карчон-х!..» -
Аьлла Х1авранига,
Йиш Паташан яйча,
Догкхиа зудчун шен майрчух:

«Ма ехьа ойла цхьа-а,
Х1ар дуьне тахна вайх
Дешаш, вайн мара детталуш! –
Я еха йо1 цхьанхьа,
Кхаа хьайн ваккха стех,
Г1енаш, и марахь хьуна гуш?

Кхааннах тхох – суна
Лан хала и хир ду,
Хьалхар стаг вайна 1ийначу.
Цхьанненнах, дуй баа,
Хан яхьза итт шо ду,
Хьасттарх ахь, садеъна ю чу…»

Паташах лелара
Чуч-морзах ц1ийн х1илла,
Н1аьнийн кийранх макхвеш, кхерлуш.
«Цхьамма» цунх элира:
«Дац эса со - кхийла
Шурин т1ера т1е, етт узуш…

Чуданаш - атаршах
Ерш - юй цхьаъ шайн мерза,
Хиъна ге - дац далорг шен ге,
Сан зуда, стиглашах
Беш хаам - лай бовза -
Дина цхьа де ду, бан ирсе...» -

Паташан басо хьуш
Х1аврани беттасе,
Инзараелира цунах:
«Нах бело х1ар стаг луш,
Амала, маттаций, –
Хинжа-х ца гина те кхунах?..

Нана д1акхалхаярх,
Б1аьрг йо1ан хьожу хьех,
Дог дехий, ц1ийх 1аьнарш шеллой.
Ша оццул баланах
Яьрг хилар мотта шех,
Дог хоьций, – кхин цхьаъ Дала лой-х!..» -

Ойланх, догдахьийна,
Ца хецалуш меже,
Халла, и йилхира цунна:
«Стаг, хьайн деладуьхьа,
Къежъей месаш - ма е,
Хьайна юьгург йигахь суна-а!..

Хьайн хиларх зуда б1е,
Хазанал – хазаниг,
Цхьаъ царлахь йитахь со а хьан.
Ца бах сайна ц1а дие,
Кхаба сайн баланниг, -
Хьал сайгахь хьуна а ду сан!
               
Хьайх кхетта садаккха,
Маликах т1ам тоха,
Ялсаманехь йитахьа хьайн…
Хьо декъала хин-кха,
Вайн Делах ша воккха, -
Яла сан деза-кх яккхахь хьайх!..» -

Майрчунна мараха,
Бесни даг т1е таь1на,
1ера и, къурд цунах г1ертош, -
Доьжчух цкъа Делаха
Иблисан шайт1анна
Кхин диела цкъа а, ша 1ехош…

         11

Масара-м аьхкира
Элмирин Шаро бух:
Хьенан ю, хьан, х1унда, стенах?
Шахьара лийлира
1едалца и йолчу,
Дешначу, ша цхьанчу ханна.

Ю, йина Новр-Г1алахь,
Дай – ч1аьнтийх, я шаройх,
Нана –  жугтих, украинцах,
Итт класс яккхле Москвахь,
Да кхелхина хьалхох,
Ц1енца кхин, нана ю циггах.

Ю, яьккхин МГУ,
Журналист говзаллах,
Ингалс-пачхьалкхехь т1едешна.
ЮНЕСКО-н декъашхо:
Ширачу меттанах
Книшка язйина берашна.

Масарна хаьара
1илманах т1ам болий,
Цунна синкхача буй стигланх,
Наггахь бен - нохчера
Стигла са ца долий,
Кхузахь - жий ларгар дуй, х1илланх…

И лела-м лелар ю,
Дуккха а, стаг лоьхуш,
Ахчу, шен йохьенна ц1ийхчу…
Кхин дезаш дог хир ду,
Дуьненан «къиг» лоьхуш,
Ахча дийрг - декъех а ширчу…

Ткъа, ваьр вац цунна к1ант
Нохчех ц1ий пхенара,
Ахча дан луундерг «къигчух»:
Даьккхина к1еллах г1ант,
Танг1алкхан марара -
Пайхамарх, къуръанарачух…

Цхьан дийнахь Масарас
Элмира кхайкхира
Кафе, чай молуш, цхьаъ дийца.
Йоьссина г1алара,
Еъна, и елира,
Гоьл т1е ког кхоьхьуш, ладийг1а.

«… Яц вайша гергара, -
Масарс а элира, -
Дийца сайн - хьайца дерг дагца,
Вацхьара юкъара
Стаг цхьа вайн къайлера,
Са лелла сица верг сайца…

И хьуна вевза-кха?..» -
И сецча, хаьттина,
Элмирас элира: «Вевза!
Кхин вуй - хьо левзина,
И левзча - мамина
Йилхинарг, обанна мерза?..»

«И – муха?.. И – хьоьца?..» –
Цецъяьлча Масара,
Элмирас делийра балдаш. –
«Сох цунах са деца!..» –
Садаькхча Масарас,
Элмирас дира чайн къурдаш:

«Хьо нийса ца кхетта, -
Элмирас ала-кха, -
Суна эшац майра цхьаннан!
Парти вовшахъеттан
Ленин а, Арманд а,
Пхорна, кхеташ хиллац цхьаьна…

Шу, сан ц1ийх ах ц1ий г1урш,
Шун 1алашонера -
Стаг вехкар шайх з1е-бераца;
Чу г1ан Кремль ю моьттуш,
Буьнах Шушенскера
Барт баьккхича Ленинна цкъа...»

Масарна кхаъ хилин.
Цо хьаьсти Элмира,
Ц1аза-п1елг лаьцна, м1ар еха:
«Ма суна ирс ахь дин,
Тхо къастацадина, -
Яьр яц хьан декхарх мел еха…

Сан ву цхьаъ стаг хьуна,
И вевзнарш боьлхуш 1ен,
Марой бицбелла, и везна…
Ю цуьнан кхо зуда,
Кхин б1е а оьшчу ден, -
Къаро ян, - боьрша ца лайна…

Элмирин левзи ког:
«Вуй - член - вайн «юккъе» ван?» -
«Член ву - ша вицваллал Ленин!..» -
«Дуй революцин дог?..» -
«Ду – даллалц вайн г1енан,
Лен талух сахиллалц лен хин!..» -

«Хьан – суначу «экханх»,
Хаьа, хиъний сан код,
Кхаа ялханах йолалу…
Хьо яц сан кхин декхарх,
Йи вайша и кроссворд, -
Ала: ца ваьлла со лалург…

Малх, Бутт а – ши седа
Т1е-к1ел 1ен суьртаха,
Серло-бода - хьаьсартачух,
Майр-зудча ирс къедда,
Г1елъяларх хьуьнарха,
Баьлла, со яц там хьаьгначух...»

... Стейн хилча кхеташо,
Гун дара са боьршах,
Бурч-малар шишанх бурч санна.
Стаг хиларх неха хьо,
Гур яра йоьлу хьайх,
Урамах шишша гург цхьаьна!..

         12

Курачу зезагчу
Ц1ен барзакъ - стун ма дац:
Дала бен цало и дари.
Хьозано, т1емашчу,
Ша буьртиг боьш, баац:
Деллачо са – ло рицкъанций.

Баьццара 1аж боуш,
Бес-бесар кемс кхоллуш,
Ч1ечкъавеш, къакъамаш 1овшуш,
«Конъяк» я мерза «Пунш»
Элмирца шаьш молуш
1ен Паташ тховса, сакъоьруш.

Элмирин пха баста,
Ц1ий тоха даге цкъа,
Хьаьвзина корта, самаллан,
Темза-хин дохк г1атта,
К1айделла б1аьргеха,
Кхоьссина дог1а, сендалан…

Хьаьъначу кийраха
Даг т1е з1ийдиг тесна,
Малх кхетта цуьнга, елаян,
Хиъна - юй сте а ша,
Кхаъ хилла - ирс деъна,
Догделла цунна: «Хьо ву-кх сан…» -

«Х1инццалца ца ваьхна,
Со х1инца - вехаш ву:
Хьан дуьне, хьоьцинна, сан ду.
Хьацаран цинцаха,
Хьо суна елларг ву -
Сан Дела, со - цуьнан Лай ву!..» -

Аьллачу Паташа
Юха а и хьаста, -
Юх-юха, - эха буьйса д1а...
Раг1 - шен чу - Амала,
Д1аяйъалц, з1е етта,
Догдоьхна, эххар йижа ша…

           13

Де деъна хаза цхьаъ,
Паташ - боларх  кура-х,
Хьажарх шен - вуьзна стаг хетан,
Т1ехь бедарх – ша х1аваъ,
Шершаш, дожа карах:
Х1орде, Элмирна ц1а эцан.

Кхаачу т1ег1анах,
Цхьа зал - кхоб1е метарх,
Вуьжчоьнех - йиъ, чоьнех вож – ялх,
Кортах а, бассейнах,
Ангалин беш-четарх,
Болуш - болх бийраш чохь йолах.

Амалан, пекъаран,
Кийрца - йо1!.. хаъялан,
Цунах - Паташа и йитан.
Х1аврани-м - д1алелан,
Йитанза – жераллан...
Юьртара зуда-м - 1ийрг хилан.

Ткъа, Хьаьким, – Масарах
Бакъ хиъна, акхвалан:
Лоьраша - зезаг а тоьгий…
Не1алтах кхайкхорах,
Балхара д1алаллан!
"Керлачо" - эца д1а юхий…

Хьаьким а, Паташ а,
Д1асхьа, хьалабахьа
1едал-г1анташка, лекх-лекха.
Цхьаъ – шахьар нуй, важа –
Массанхьа б1аьрг бахьа:
Шех ц1ий леларш - стенах бекха…


              @
             


















               
               
               


               







   


Рецензии