Г1ум-арен Пат1имат на чеченском языке

Йилг1анийн г1ум-арен, суьйлийн ц1аьлг-к1аранен шедагаш - ц1ог1ане, вотанаш - к1арк1арне.

Ж1айхочун Махьаммин уьстаг1ийн г1отанан, х1ордаца к1отаран хьаша со тховсаран.

Г1ойсу-хин эрзашлахь г1ург1езаш 1а хи т1ехь, кхераме сан дагахь:"Пат1имат юй те ц1ахь?"

Хьошалг1а ца вог1уш(г1уллакхех - г1уллакхаш), яьлла хан ган ца гуш Пат1имат, сагатлуш.

Жоьлан кхалон к1елахь, Пат1имат хьийзаш го товханан гонаха, буьрсе йилбазмохехь.

Говрар беж1ун шедан татанца мох хиедаш, муьйлу мут маьънаша малхах ц1ен, бузуш д1а.

Къенчу Махьаммина мерза марахь 1ийна, боху ас:"Дог лезна, юхаъ со схьавеъна".

Эртан куйнах, 1аьржа, к1айн вертанх схьахьаьжна, Махьаммас ма эли:"Деган муо лазабели".

Товхан г1ийн гонаха, Пат1иматан боларха хир яц ша ког байбан - нанас йо1 дена ян!

"Схьайтал, йо1, сан ч1ондарг, - г1атта хьовш байх сендарг, жималлин сан ханчохь, севцча тхо Нохчийчохь..." -

Шо боьлла жен нехча Махьаммас кховдийча, г1иллакхах ца воха - дийзира церг тоха.

(Ткъе итт шо хьалха цкъа нохчий Сибрех бигча, бисча мохк суьлийца, и ваьхна тхан ц1ийнца)

"Ирча и дара де, йийшна керташ лаьтте, чуьйна ейх мотт хьекхна, ж1аьлеш з1ейх д1аэгна.

Татолаш дестаро хьер-т1улгаш херцийна. Ц1ийне а, шен бене, чег1ардиг ца деъна.

Гонд1арчу хьаннаш чохь, этт1ачу чкъоьрнашкахь, поьпнаш а харанийн ма 1ара балане..." -

Баттара муштакха цигаьрка латийна, к1ентйо1е д1ахьаьжна, Махьамма гежина...

Цуо цуьнга бегаш бин: "Йо1, ахьа-м шуш дицдин. Юзал геш хинк1аллех, марвешехь енйолчех".

Бен чохь ши ч1ег1ардиг ловзучу б1аьргашниг - сан...Пат1имата ша деи хи, тас, гата.

"Хинк1аллий - хьолт1амий, тхо - суьлий, шу - нохчий, тхо кхекхий-ц1оканий, шу Терках реманий!" -

Бегашца ишттачу-й ховший-кха бежа1уй Махьаммас тхан шуьне, дуьмаца - хьолт1аме.

Х1усамдас ч1ог1аниг сака - дайн хьошаллин кедадош кхайкхади:"Хастам вай керст ца дин!..

Бусалба довлалц а, Шемал ден къаьркъазц а, тхан къанойн хилла кхаш, кадбоккху мекхаш доьш.

"Ма мала!" - Делан дош доллушехь, гор оьхуш, тхаьш дечу ламазийн хирий те ялсамани?..

Кад мала хилча тхаьш, хьаьж... некхе хьош п1елгаш, хир бара п1елг суьлийн даь1неха соьланий!

Саб1аьрзе майра ша, накъостех Дела цхьа, Дала цхьан нохчонна маларна сет тоьхна!

Сан шух кад бегало. Хан эхарх - хетало: вешина т1аьхьашха воьн каш айс даьккханшха..." -

Ахкад д1амеллача, ша велха ва велла, цуо йийца ледарло яьккхи, шех ларало:

"Х1усаман не1арах, стеран не1, маьхьси, к1арх чудаьхьча - тхайн дерг ас - цициган хезир аз.

Х1усаман шен баьрчехь, черт йижна паднарехь горгделла, сеттина, хьеший тхох цо дира...

Дума а белира - цо б1аьрг ца хьаббира..." - аьлла г1ийла къежна, Махьаммин б1аьрг бешна.

(Х1оразза дийцина Махьаммас цу дийнах, кхетталчу нохч-маттца, керл-керла суьрташца)

Б1аьца соь ма-йинна, к1ент-йо1е д1ахьаьжна, Махьаммас бегаш бин:"Пат1имат хаза-м йин?.."

Г1алмакхойн чайнаха т1уо мелча бурчаха, ч1ондарган мерзан пха Махьаммас ластий-кха.

К1оршаме лелха аз д1адукъун къена хьаз делир-кха иллига суьлийра - суьлийга:


            "Хьуна вац, Бабата, вир йоцург - Бубата:
            1ийхича вир дехьахь - вийзавала сехьахь.

            Хьуна вац, Бабата, черашниг - Бубата:
            хьостуверг ма1аро - меза бен к1унзало.

            Хьуна вац, Бабата, к1еллаверг - Бубата:
            шен тхов хьан уьйт1е ерг, нех шега ласто верг.

            Хьуна вац, Бабата, тентагниг - Бубата:
            ург1ала стеш хилла - упхане ц1ерш йилла.

            Хьуна вац, Бабата, декъазниг - Бубата:
            лаззийнарг безамах - лейн хьожург хьоь ирах.

            Хьоьца бу, Бабата, бекхам цу Бубатих:
            цхьан сарна йоьссина - йисна 1ен мар вийна..."


Сакъера дитина хелхарийн суьлийх ц1а, ас Пат1а кхайкхира арара сайн кийра.

Г1ум кийрах олхазарш буьйсанан озах хьовш, сийна хи Баттаца лелачу Г1ойсуца.

К1айн вертанех - мархех, анаюхах - говрех кхерийна бегийнчу Каспийга буьйсанчу.

Хьо велахь жимастаг, некъ безнарг - еттарг ног, тулг1енех хьох буолу х1орд, хьоьга цинц балуо.

Хиллачун, хиндолчун - карара ойланан, цу цинцах ницкъ буолу хьан "х1инцце" ц1ий лело.

Хьаьстира Пат1а сайн, хьаьжина х1орде к1айн:"Г1ум т1е х1орд бетталарх,г1ум 1ена х1ордах.

Соьхь бала - г1амаран, х1орд хьаста хьаьгна 1ен, сан "пет1и-пат1имат, г1ум-арен 1аламат!

Ахь тулг1е карчийча, сан бала лазийча, баьр бар-кха и соьха, вицвелла г1амарха..."

Цу Пат1ас йиллира, 1енаян г1ум кара:"И бала бер буйла, со лекъна, т1ехула?"

"Пат1имат, сан мела!.. вай дийна мел лела, ахь карах 1енодерг - хьо дукхаезадерг!.."

"Со езаш велхьара, хьо веъна хир вара, Дадига хьахдалле захало Къахьиммах..."

"Мила ву Къахьимма, хьо лачкъо...бахьанна?" - "И ша а-м дика стаг хир,цунна хьийзна яц".

"Веза и, я везац? Везахь а - херлур дац!"- "Суна ца везарах - цунна го Безамах...

И вог1уш-воьдуш ву, къарйина вуоллуш ву, хих кхусчу ч1ерана къийгех нах айана..."

"Пат1имат, хьан куьцна метта-мотт - сан ц1ийнах. Хьайн дег1ан сийн бакъо... сан ц1ийга... лой ахь соь?

Яг1ахь соь - йог1у ц1а хьайн деден хилчу цкъа, жималлин цуьнан хан ц1ийх ела берах хьан..."

Ша карах хец-хецчу г1амарах гу хилчух ког хьаькхна, соь хьаьжна, Пат1имат йилхи-кха...

Дог, хьо ма атта ду-кх, хьо дезчу уллорчух дуьххьара куьг лоцуш, ц1ийх хьодуш "х1аъачух"!

Дуолуш ц1ен хилла, х1ета, бос биезо пет1имат, дицделчу дагана ц1ийн ц1ен бос дага бан!

Г1ум-арен пет1имат цхьаъ цкъа бен долуш дац, мичахьий я маций - и хьайниг ду я дац?..


                1975 шо

 
 


Рецензии