Ц1ий

1

Ца ваьллачу денна бен, уьстагI, бежин дуьйчу хенахь юххехь соцуш вац со. Жима волуш дуьйна, атталгIа котамах а, урс хьакха къахетара суна. Кхин цхьа а ца хилла, луларчу зудчун дехарца сайн и дан дезча, дуккха а хан йоккхура ас, дог-ойла а юхий, самукъа а ца долуш.
Тахана шинар дуьйш и схьалаца, тилош дакъа лаца а дийзира сан. Уггар а суна хала киртиг – логах урс а тесна, дIадетташ цIий а долуш, кийрахь хьоькхучу маьхьаро къамкъаргехула арабеттачу махо “хар-р” деш, бихкина болу когаш дIасабетташ, тIаьххьара са дIадолуш ерг ю.
Сайна а гуш дийначу хьайбан жижиг а ца даало соьга.
Вайнаха-м, дуьйш долу бежин, бакъахьа дерзадой, карахь ламаз долуш, кхузза “Бисмилла АллахIу акбар” олий, бен ца дуьй. Пачхьалкхан бойнехь бежнаш дайарх лаьцна сайна дуьххьара дийцинчу хенахь, жижиг гича а ца мегаш, гIеххьа азвеллера со. Жижиган хIора меженехь IоьгIуш, сайга орца доьхуш хьайбанаш гора суна, чу а лоьхкуш ток етташ, кортош дохуш а хIаллакдеш. Дала кхоьллина синош…
Замано мел делахь а хуьйцу адам. Тахана шинар дуьйш а, сайн бахьана хиллехь, юххе гIур волуш вацара со. Амма хьуна цунах мел къахетахь а, хIума ца йиъча мегаш ма дац адам. Оха диначу хьесапца, базарахь жижиг оьцучул а, шозза пайдехь ду дийна долуш шинар схьаэцар. Шина-кхаа баттахь дика дуста а дина дийча, дуккха а сов жижиг хуьлу хьуна, ког-корта, чоко, доIах, пах, цIока а юьсу.
ЦIий дIа а ихина, чура са дIадаьллачул тIаьхьа, цIока тилочу муьрехь, жижиган чалх бен ца го суна, тIехьарчу шина когах муш бихкина ирх оьллина. Корта а дегIах къастийна, юьстаха биллина бу.
Оцу минотехь, лаххара а пхийтта шо хьалха ешна хир йолу, Эрнест Хемингуэйн: “Марша Iойла, герз!” романан турпалхо Фредерик Генри дагавогIу суна. Кхунна доьзалхо веш, больницехь, дуккха бала хьегначул тIаьхьа кхелха Кетрин. (Оццул йоца, миниатюрни ала мегар долчу романехь, Теодор Драйзеран “Гений” тIехь санна, йоккха меттиг дIалоцу доьзалхочух йолчу зудчо хьоьгучу балано. Делан лаамца, дуьненчу керла са кхуллучу меттана, зуда кхалхар эзарнаш юкъахь наггахь бен нислуш дац. Цара оццул цуьнан терго яр, дешархо шаьш дуьйцучух тешо гIертар санна хета.) Лоьраша мегар дац боххушехь, новкъа верг дIа а тоттий, Кетринна тIехIутту Фредерик. “Стенна оьшу хIара? ХIолламца Iодикаяр санна”, – ойлайо цо. Юха цхьаьнгге а вист ца хуьлуш, араволий, тIедогIучу догIанехула дIавоьду...
Суна чIогIа тамашийна хеташ, дагахь лаьтташ а яра и сцена.
Испанийн классикан Мигель де Унамунон “Дохк” романехь жIаьло Орфейс, шен хIусамда велча ойлайо: “Пекъар. КIай, шийла а, гIеххьа талхаран, нIаьнеша дуур долчу жижиган хьожа а йогIуш, кхузахь Iуьллург сан хIусамда вац. ХIахIа, хIара и вац”.
Iеламнаха къуьйсу: муьлхачу меженахь ду адаман, экхан а са? Даг чохь? Хьечохь?
Адаман, дийнатийн, акхаройн, олхазарийн а са – цIийца ду. Цунна тоьшалла до Библино, КъорIана а.
Не ешьте крови ни из какого тела, потому что душа всякого тела есть кровь его; всякий, кто будет есть ее, истребится. (Библия, кн. “Левит”,  гл. 17, ст. 14.)
Цундела ца мега экхан цIий мала а, бехк боцчу адаман цIий Iано а.

2

Джек Лондонан тоьллачу дийцарех ду “Дахаре безам”. Оцу произведенин турпалхочо, дуккха а дийнош мацалла вала воллуш токху. Гехь тIоьрмигаш чохь деши а долуш, вогIуш ши накъост ву и шиъ юьхьанца. Чехка догIучу хих чакхволуш, цхьаьннан ког керча. ХIара меттах ца валало. Накъосте кхойкху цо: “Билл!”. ГIийла дека цуьнан аз. Накъоста ша дIатосур ву бохучух тешаш вац иза. Билл юха а ца хьожуш, хIара Iожаллийца ша вуьтий, дIавоьду. Шен гира деши чохь тIоьрмиг охьа а тосий, берриг ницкъ гулбой, халла хи чура хьалаволу иза. Топ, совнаха мел йолу хIума, дIа а кхуссий шен дегI текхош вогIу иза, накъостан даьIахкашна тIекхочу. Иза берзалоша виъна. Юххехь топ, деших буьззина тIоьрмиг а бу. Мацалла вала воллучу цо, накъостан кIайчу даьIахкашка а хьоьжуш, ойлайо: “Ас юур яц Биллан даьIахкаш. Цо-м юур яра хьуна сайнаш. Я цуьнан деши а ца оьшу суна”. Са кIелхьара муха доккхур дара-те? ТIекхочучохь адам доцуш, хIума а кхаллаза дуккха а дийношкахь некъ бо цо. ГIора кхача а дина, охьавожахь, вуьсур ву. Масех миль йисна хIорд тIекхача. КIелхьара валар хIорд тIехь ду! Текхаш вогIучу кхунна тIаьхьа хIоьттина йогIуш цхьа къанъелла борз а ю. ТIекхетта хIара ваа, бIо ца булу цуьнан. ДегIехь гIора дац, багахь кIомсарш а яц. Вала воллуш волу хIара, ша охьавожжалц, тIаьхьа текха иза. Самалделла волчура меттавогIуш, шен бетах мотт хьоькхуш, тIехIоьттина карайо цунна борз. ХIара велла моьттуш, тIееъна иза. ХIара ваа ницкъ я багахь кIомсарш яц цуьнан. ХIара тохавелча, кхералой, дIаоьккху борз. Ког а тасалой южу. И лаца кхуьнгахь а дац гIора. Шен кадаьлча, хIара а вара иза юур йолуш. Ша велла моттийта, меттах а ца хьовш Iа иза. Мел хала ду кIадваларца, йогIучу набарца а къийса. Эххара борз тIейогIу. Шен тIаьххьара гIора гулдой, берзан логах тасало иза. Тишделла, гIелделла, мацалла гIора кхачийна ду ший а. Шен дегIан йозаллийца тIевуьжу цунна. Муьлхачо мила эшаво? Онда ю берзан цIока. Амма хIокхо тIеттIа къуьйлу цергаш. Юха, цхьа ахсахьт гергга хан яьлча, шен мотт тIехь, къамгаргехь а цхьа йовха тIуналла хаало цунна. И берзан цIий ду. Дуккха а дийношкахь, атталгIа хин къурд бина воцу, кхунна шена чу лалийна даш дуттуш санна хета. ЦIийн хIора къурд а хала бо цо, легашка кIохцIалш Iитталуш, мехий чакхдохуш санна, къамкъарг а лазайо. Амма дахаре безам чIогIа бу. ХIуъа дина а хIордан кемана тIекхача веза.
Эрна арахь мала хи доцуш висча, ца валархьама бен, магийна дац экхан цIий мала. (Iаьрбаша, гIамаршлахь бисча, эмкалан логера пхенах урс тосий, молуш хилла цIий. Юха эмкалан чов дIа а ерзош.) Иштта, кхин яа хIума йоцчохь, мацалла ца вала, магийна ю Дала хьарам йина хьакха, кхиерг а.
Кто же вынужден, не будучи преступником или распутником, – то Господь твой – прощающ, милосерд! (КъорIан, 6, 146.)

3

Урс хьаькхна Iуьллучу шинаран, татол санна охьаоьхучу цIийне хьоьжуш, ИбрахIим пайхамаран, цуьнан кIентан ИсмаIал пайхамаран а истори дагайогIу суна.
Цхьаъ бен воцу кIант, Делан дуьхьа вен аьлла, Джабраил малик дар, цо иза вен кечвар, Джабраил малик цунна дуьхьал ка бохьуш дар а. Мовладашкахь, сагIа доккхучохь а Iеламнаха дуьйцуш, ладегIна ас жима волуш:
 – Дала цуьнга и кIант вейтинехь, хIинца а, воккхаха волу кIант сагIийна вен везаш, Iадат хир дара вайн. Амма Дала зуьйш хилла ИбрахIим пайхамар. Дала дихкина ду адаман цIий Iанор. Дела къинхетаме ву. Бехк боцуш цхьа стаг вер, дерриг а адам дийча санна къилахь ду.    
Амма тIаьххьарчу шерашкахь Россихь, къаьсттина Нохчийчохь а даьржина, Дала хьарам дина долу, адаман цIий Iанор.
Хьалхара тIом балале а, адам эвхьаза даьккхина дара цIийца. Шайн мостагIийн кортош схьа а дохий, майдане охьакхуьйсуш, квартира, ков-керт бахьанехь оьрсийчунна логах урс хьокхуш.
Шайн цIийца оьздангалла, низам а долу нохчий, кхин меттах баха а ца белла, набахтера арахийцира зуламхой. Юха тIаьхьа, шаьш бевддера уьш, аьлла долийра Iедало, нахана гергахь шаьш бехке ца хилийта. Маьрша хенахь маьрша нах байина, нехан цIий Iанийна, сий мел доцург, боьха мел дерг лелийначу нахах керлачу Iедалан хьеший, гIортор а хилира. Цу нахана стаг вер, чуьрк ерал башха ца хетара. ТIехь цIий доцуш, цхьамма чIир хьаянза, наркоман воцуш стаг вацара царна юкъахь. Дудаев Iедална мел реза бацахь а, нах хIокхарах ларлуш IадъIара. Дийнахь цкъа-шозза гIалахула, ярташкахула а го тосура цара. Машенан чIурга кIел иккхина котам санна, сиха-сиха, тухий цхьаъ вен а вуьйш. Шаьш динарг хIумма къайла даккха а ца гIертара уьш. Мелхо а нахана и гайта, хаийта лууш бара. Царна къевлина цхьана а хьаькаман неIарш яцара республикехь. Президент волчу чу а эвхьаза гIора уьш. Юха дов делира церан. (Я цу хенахь а цхьаъ бара-те уьш? И дерриг а нах бекъар дуьхьа, тIом баккхар дуьхьа дара-те? Кхин некъ бацара-те Лабазанов сацо, Гантемиров нисван а?) Юьхьанца “къу ву иза” баьхна йолчу оппозицино Гантемиров а шайна юкъа ийцира, “уголовник ву иза” баьхначу  Лабазановна а тIетевжира. “Машархо” ву аьлла, веанчу Хасбулатовс а юххе тесира иза.  (Нохчийн пачхьалкхан керла истори ерриг а кхечу тайпана хир яра Хасбулатовн, Завгаевн а хьалха дуьйна вовшашца хьагI ца хиллехь. Дала шаьшшиъ оццул лакхарчу даржашка нисварх, и хьагI эшо, дегнаш цIандан стогалла, оьздангалла а ца карийра цу шинна. Нохчийчура адам декъарехь уггар а йоккхачех меттиг кхин а Яндарбиев Зелимхан, Ахмадов Мусан а яра. Шаьшшиннан хьу массо адамна юкъа яржийра цара.)
Оьрсийн эскарш Теркайистехь охьахевшича, Лабазанов ФСК-н полковникан погонаш йолуш, цаьрца вара. (Юьхьанца дуьйна а хьан лелош бара уьш?) Шайна оьшучу хенахь, хьалхарчу тIамехь хьалха а ваьккхина, юха набахти чу кхоьссинчу Гантемировх, кху тIамехь юха а шен къомана дуьхьал торпеда йи. Оьрсийн эскаршна хьалха а яьлла, нохчийн тIемалошца тIом беш яра цуьнан милици. Селхана, къу ву аьлла, чувоьллина хилла волу стаг, тахана Къилбаседа Кавказан регионан урхаллийн коьрта федеральни инспектор ву. Автурханов Iумар цхьа а дош хетта вацара цкъа а. Иза вогIуш дуьйна агент вуй хууш, къайлаха доцуш, шортта герз, ахча а делла, шайн юьрта охьахаийра ФСК-но. Теркайистехь охьа а хиъна, ша ГIалин мэр кхайкхийра цо. Царна массарна а юкъахь БугаевгIар, ХаджиевгIар, ЗавгаевгIар, ГакаевгIар а гIоли хетар бара нахана, уьш оьрсийн танкаш тIехь чубаьхкина а боцуш, харжамашкахь чакхбевллехьара. Дудаевл гIоли бацара уьш, оьшуш бара. Важа-м, къайлаха оьрсийн резидент хила тарлахь а, багахь уьш “бойуш” вара. ХIорш, оццул шайна деза Iедал, цуьнца къовса нах а ца хилла, нехан декъеш тIехула баьхкира йохийначу ГIала. Я Дудаев тIамца бен ваккхалур воцуш велахь, цуьнца тIом бан шайн доьналла мукъане а хиллехь. Ерриг церан къонахалла, цIаналла, Iилма, даржашкахь латтар а оьрсийн ахчанца, герзаца а ду. Шаьш уьш бан а бац. И царна шайна а хаа. ТIом болучу юьххьехь харжамаш тIекхача йиснарг ахшо бен хан яцара. Дудаев юха хоржур волуш стаг а вацара Нохчийчохь. Цундела а оьшуш бара-те и тIом? Цуьнца юкъахь Москвас чу мел тоьхна герз, мехкадаьтта а онда хIума дара!

4

ТIамехь-м къизаллаш, акхалла а тIом бечу шинне агIор хуьлу. Амма нохчаша видео тIе а доккхуш, Бисмилла а олуш, Делан цIарах логах шаьлтанаш хьоькхуш байира лецна салтий: “Сайн доттагIчунна Мохьмадана тIера сагIийна”, – бохуш.
Суна тIамехь гинарш кхин масалш дара.
Кара веана гIазакхичуьнга, герз охьадиллинчул тIаьхьа, цхьана а кепара гамо яцара нехан. Уьш хьийзабар, царна еттар-м хьехо а ца оьшу, мелхо а къахеташ лелабора. Шаьш юург яош. Шайчул башха, церан бехк боций хууш. Эпсар хуьлийла иза, я салти. Яккха езахь блиндаж, окоп я дечиг доккхуьйтура. Царах, шен лаамехь нохчашца виса лууш воцург, массо а наношна дIавелира. ТIаьхьо дуьхьал хийца болийра. (ТIом дIабаьллачул тIаьхьа нохчийн кIенташца, карахь герз, тIехь цIена духар долуш, банкашкахь кхечахьа а хехь бара дIабаха а ца лиъна, севцца оьрсий. Им диллина, нохчийн цIераш техкина, нохчийн мотт а буьйцуш. ТIом шолгIа а чубеана, хIара шуьйра дуьне нохчашна тIарал а гатдича, муха нисбелла-те цу кIентийн кхоллам?) ЦIаваха а лууш, амма ФСБ-х кхоьруш волчун нана схьакхойкхура, кехат а яздой. Ша дIахьажийнарг, нохчийн дозанал дехьа ваьлча, ФСБ-с я лерринчу декъо схьа а лоций, Моздоке дIавуьгуш вара. Я хан тухий чувуллура, я юханехьа тIам тIе хьажавора, гIуда тоьхначийн батальоне. (Дийна бисахь, цкъа мацца а цу салташа, эпсарша а дуьйцур хир ду дуьненна, шайн Iедало шайна бина ницкъ, нохчаша шаьш леладар а долчух бакъдерг. Тахана хIинца а цкъа тIеман прессо таIийна лаьтташ, кхоьруш Iаш бу уьш. Тахана цкъа инарлаш бу турпалхой, патриоташ а, мемуараш язъеш, даккхий, деза къамелаш деш а.) Амма контрактникаш ца кхоабора. Иза шен лаамехь, ахчана дуьхьа, хьо вен, хьан доьзал хIаллакбан веана стаг ву. Цунна суд хаттар, таллам боцуш, юьстах воккхий тоьпаш тухура. Амма царна тIехь а ца йора цу видеош тIехь йолу къизаллаш. Бусалба динца, нохчийн тIемалочун дог-ойланца догIуш дац и. ТIамехь, карахь герз долу мостагI вер цхьаъ ду, хьан каравеана, гIаддайна волу стаг – кхин. Лецначу оьрсийн эпсаршна, салташна а шаьлтанаш хьоькхуш болу нохчий, Россин лерринчу службийн агенташ бу (шен хенахь Руслан Лабазанов, кхиберш санна),  я дозанал арахьарчу ницкъашна болх беш бу. Цара чудоуьйту ахча болх беш хилар гойтуш. Цу шиннах цхьаъ ца хилча, хьераваьлла воцчу стага, и къизалла лелор яц адамна тIехь. Лелош хилча а, видео тIе йоккхур яц. Цу спецзаказан Iалашо цхьаъ ю: нохчий боьха къам, къиза къам, уьш совцо безаш хилар а дуьненна дIагайтар, оьрсийн эскарша дийриг нахе къобал дайтар а.
Кхечу агIор аьлча, маьршачу Россин яккхийчу шахьаршкахь йолу криминал инзаре хIума ду. Адамаш хьийзадар, дайар, цIера араваьлла стаг, зуда я бер докъаза дар. Цул сов, адамаш дуурш а гучубевлла. Сакъера аьлла чуялийна зуда, меллачохь ен а юьй, ванни чу а такхайой, херхаца меженаш йоху. Кухни чохь кхехка а деш, дуу цуьнан жижиг. Совдерг холодильник чохь лардо. И дика кхачийна а валале, керла сагIа. Ахча, квартира бахьанехь, я дов даьллачохь дуьй адам, шен нана я денана. Диг детташ куьг, ког, корта а къастадой, салафанийн тIоьрмиг чохь цхьанхьа дIакхосса воьду (хи чу я хьуьнах). Стаг вер-м хала а ца хета царна. Халаниг, лулахошна хIун ду а ца хоуьйтуш, дакъа къайладаккхар ду.
Оцу тайпана маньякаш хьалха психбольницашкахь, набахташкахь а хуьлура. ХIинца уьш цхьанхьа а оьшуш бац. Шайн карабаьхкича, лерринчу службаша пайда оьцу царах. Цундела тIамехь шина а агIор муьлхха акхалла, къизалла а ган тарло. Телевизор чохь пропагандийн Iалашонца гойтучух теша а мегар дац адам. И халкъан юьхь ю мотта-м муххале а. Оьрсийн эскарша шайна тIехь мел къизалла латтаяхь а, нохчийн халкъана хаа и оьрсийн къоман юьхь йоций. Стаг вохка, эца а оьрсийн лерринчу службаша Iамийра нохчашна. Лазийна, чов йина а шайн карабаьхкина нохчийн тIемалой (дукха хьолахь-м нохчаша церан кара кхочуьйтуш а вац стаг), верриг кеггавой, испанийн инквизицина, немцойн фашисташна дага а ца яьхкина къизаллаш лелийначул тIаьхьа хIаллакбо. ГIала я цхьа юьрт схьаяьккхинчул тIаьхьа, шайн чохь Iаш болу маьрша нах бойу. (ТIемалой-м дIабоьлху. Я цара шаьш некъ ло. Нохчийн къам кху тIамана юьстаха даьллачул тIаьхьа, царах а ца теша хIинца.) Зударий болчу подвалаш чу, ницкъ биначул тIаьхьа, гранаташ кхуьйсу, фильтрацийн лагершкахь болчийн декъешна химически, термически а обработка йо, шайн зуламан лар яйа. Нохчийн кара цхьа полковник я салтий баьхкинехь, царна дуьхьал хийца тIемало а ца хуьлий, шен гIуллакхе воьдучура маьрша стаг схьалоцу, я юьртахь цхьаьннан чулелхий доьзалера кхо-виъ вен а вуьй, виснарг дIавуьгу. Церан гергарнаш арабовлу и схьаваккха. Нагахь санна цуьнан лар караяхь, хIоккхул-оццул ахча дан, я дуьхьал оьрсийн салти я эпсар валаве, олу. Цара нохчийн тIемалошкара ахча а лой оьцу и полковник. Цуьнан мас галъяларна кхоьруш, и ларвеш латтавой, билгалйинчу хенахь хуьйцу. Полковник, диканиг юуш латтаваре терра, беснеш тIехь хьаналла а лепаш хуьлу. Дуьхьал схьалуш волу нохчи, йиттина ца мегачу а ваьккхина, даьIахкаш, пIендарш кеггийна, сихаллехь подар-басар дина схьавалийна. Бехк-гуьнахь доцуш вийначу стеган дакъа схьалург а теттина мах бала безаш бу оьрсашна. Оьрсийн халкъана-м моьтту хир ду, уьш тIом беш бу Нохчийчохь. Уьш-м бизнес еш бу. СхьавогIучу хенахь оза “Прима” а ца хилларг, кIеззиг хан яьлча, коча дашо заьIанаш ухкий волало, “Кемал”, “Мальборо” бен оза а ца вешаш. Ткъех шарахь Iедало квартира ца луш, юкъараIойлехь Iийначу шен доьзална, мах ца къуьйсуш, тоьлларг квартира, машен а оьцу. “Акхачу нохчашца майра тIом барна” Iедало орден, мидал ло, рогIера седа а, даржехь а хьалавоккху.

5

Нагахь санна хIара шолгIа тIом, нохчий Россина тIе а летта баьккхина белахь, (Россин президенто, инарлаша, политикаша а дуьйцург и ду), и бохург, нохчий бандиташ хилла ца Iаш, кхечу пачхьалкхехь бехаш хилар билгало ю. Нохчий Россина тIелатарна, Россис, доькхуш, Нохчийчоь схьаяьккхинехь – и шина пачхьалкхан юкъаметтиг ю. ТIаккха цара тахана Нохчийчохь Iенош долу цIий, ООНехь я дуьненан юкъарчу суьдехь къасто дезаш гIуллакх ду. Эскарш а катоьххина арадаха деза, йохийна гIишлош а меттахIитто еза, белларш денба йиш яцахь а, бисинчарна морально, материально а хилла зие меттахIоттош компенсаци ян декхарийлахь ю Росси. (Германи, шовзткъе итт шо даьллачул тIаьхьа а, токхуш ю ша-шена тIелаьцна декхар.)
Нагахь Нохчийчоь Россина юкъахь а елахь (я хиллехь), юха а хIара шолгIа тIом нохчий тIе а летта баьллехь, иза Россин чоьхьара гIуллакх ду, уьш бандиташ хIаллакбеш бу. Амма нах идор, лечкъор, адамаш дайар, шуьйрачу маьIнехь аьлча, бандитизм ерриг а Россихь ю. Кавказера Камчатке кхаччалц. Уггар дукха Москвахь а йолуш. ТIаккха хIунда ца оту и гIаланаш? Москвана тIе хIунда ца етта ракеташ, снарядаш, бомбанаш? Танкаша, БМП-ша а хIунда ца хьоьшу маьршачу нехан гIишлош, бошмаш, догIмаш? Ерриг Нохчийчоьнал а масийттаза йоккха йолчу Москвах мел дика полигон хир яра!
Стаг могуш воцуш хилча, цунна гIоли хила лаахь, дарба лело деза я операци а йина телхина меже дIаяккха еза. Хьо цомгаш ву, хьуна тIера цамгар кхечарна а яла там бу, аьлла, вен везаш-х ваций стаг. (Цу тIе, цамгар а ма ю шаьш бактереш хецна яржийна.)
Вай цIий ца кхоош Iена даро гойту:
– Россина гергахь Нохчийчоьнца доьзнарг чоьхьара гIуллакх хилла ца Iар;
– царна вайх къа ца хетар, церан вайх дог ца лазар, царна вай ца эшар;
– хьалха дуьйна схьахаийтина ма-хиллара, Нохчийчоь царна нохчий а боцуш езаш хилар.
ХIокху иттех шарахь, тIеман заманахь вехаш, мел велахь а тIам тIехь нисвелла а волу, сайн карах цхьа а стаг велла цахиларх, айса ца хууш а цхьанне а стеган цIий Iанийна цахиларх, Далла гергахь, нахана гергахь а сан дог, сан куьйгаш а цIена хиларх воккхавуьй со.
...Шинар тила а дина, сарахь чувеъча, керла даьккхина дуькъа басарца чай, ялгIо чохь кхаьрзина доIах а дуу ас.
Со ирсе хета суна.

2000 шо.


Рецензии
Посмотри мой рассказ "Жертвы".
Дика яздо ахьа нохчийн маттахь.

Зура Итсмиолорд   18.10.2011 00:54     Заявить о нарушении
Яздарх шен болх бина лелачуьнга атта ца алало и, хьо шегара сискал схьаяккха г1ерташ санна. Баркалла, ц1ена дог-ойла йолчу хьуна.
Зураъ, "Жертвы" муха лаха деза алахь?
Ларамца,

Саид-Хасан Кацаев   18.10.2011 10:01   Заявить о нарушении
Зура, напиши пожалуйста как объединить несколько рассказов в одну книгу, чтобы на странице отображалось общее название, а потом открывались и другие произведения. Я хотел тематически сгруппировать свои вещи.
Спасибо.

Саид-Хасан Кацаев   18.10.2011 10:09   Заявить о нарушении
Заходишь в свой кабинет. Слева появится Схема. Там находишь произведения. Кликнешь на произведения и увидишь свои работы. Рядом с ними есть значки. Они подскажут что и как делать. Попробуй))

Зура Итсмиолорд   18.10.2011 13:36   Заявить о нарушении
Рассказ "Жертвы" в сборнике "Аллах посылает испытания только сильным"

Зура Итсмиолорд   18.10.2011 13:39   Заявить о нарушении
Мы ничего не выдумали в своих произведениях. Писали искренно. Поэтому естественно много общего. Не дай Аллах повториться этим ужасам.
Но нельзя простить и забыть. Потому что тогда это повторится.
Мы должны сделать все от нас зависящее, чтобы никогда больше ни цари, ни генералы, ни провокаторы не смогли втянуть наш народ в авантюрные войны. Для этого мы должны писать об этом, вырастить подрастающее поколение сильным и политически грамотным. С уважением,

Саид-Хасан Кацаев   21.10.2011 11:28   Заявить о нарушении