Нохчийн забарейоцу дошам

А к в а р и у м – кегийчу чIерийн аьнгалийн дуьне.

А кх т а р г – цхьа а стом я пайда ца болу, амма гуттар поэташа хестадо дитт.

А л а п а – цунах тешна Iа ца веза;
– цкъа а ца тоьа.

А м а л – вуо къиг вуо Iаьха;
– зудчо амал лацар – шайтIа толар.

А р з – хьо бакъ волуш, нах гуттар а харц хилар;
– мотт тоха воьдучунна ша кхаъ баккха воьду моьтту.

А р т и с т – артист ву-кх муьлхха Iедалехь а.

А х ч а – я деба, я кхачадо;
– дукха хиларо, ца тоаро а шен лаамера воккху стаг;
– мел ду резабоцурш а хир бу;
– кехат бен дац.

Б а р г а л – сица къанвелла жима стаг;
– шен дегIан Iуналла, дола деш воцург;
– хан тIехлестина жеро.

Б а ж а – бажа вац, цхьана бажош вацахь.

Б а з а р – нехан амалш йовза дика школа ю;
– къера дуйнаш буу меттиг;
– цхьаерг базара саяккха йоьду, цхьаерг – саакха хиларна.

Б е з а м – хьо холчу хIотториг я ирсе вийриг.

Б а къ д е р г – нахана бакъдерг дуьйцург ца веза;
– нахана деза бакъдерг, шайна товш дерг ду.

Б а къ о н а ш – негрийн, индейцийн а вайчул яккхий ю.

Б е р – шениг хьаста дог догIу, нехачунна тоха лаьа;
– могуш долу бер, меца а доцуш цIийзаш делахь, я наб йогIуш ду, я хи дезаш, я сара безаш;
– жимчохь делха а дина Iамор гIоли ю, коча кхиийна ша воьлхучул;
– бераш шенаш дезарх ца тоьа, неханаш а деза деза;
– да-нана дIадаьлча, стеган дуьненца йолу уьйр-марзо ца хадийта, Дала еш компенсаци.

Б е р а ш – зудчо майрачун цIийнах тосу орамаш.

Б о л х – болх бечо юу, ца бечо – кхин а дукха
– бинарг, ца бинарг велла;
– тракторшка, роботашка а байта беза;
– вала хIотталц болх барх а, ваха ца хуу.

Б о р з – ерриг берзалой къуй бац, берриг къуй берзалой яц;
– оьсийн фольклорехь – Iовдал, нохчийн – турпал;
– керла хьаькам.

Б оь х а н и г (табу) – текхарг;
– оьзда доцург.

Б у л тI а – верстина кIант;
– хIуъ-хIуъу юьйцург.

Б у х г а л т е р – ахчанах бохча дийриг;
– цуьнца гергарло лело деза.

БI аь р м и с к а – гай дуьзча а, бIаьргаш ца бузург;
– пис.

БI аь р х и ш – берийн лазам;
– зударийн герз;
– нанойн сингаттам, бохам.

БI о б у – бIо бу (эскар ду);
– берийн кхетамехь боьха хIума, адамийн цIий молург;
– тахана – ешап.

В а й м о х к – вай сица маьрша долу мохк.

В а р з а п – тусург.

Г а з а – хьан довхо;
– харцахьа бер;
– цаеза йоI.

Г а й – гайно вацавой, вацавой воь-кха стаг.

Г р и п п – къечу стеган цамгар;
– дарба лелийча кIиранна, ца лелийча – вархI денна.

Г уь й р е – хенан хIоттам йоIан дог-ойла санна хийцало.

ГI а д д а р – нахана дерг – ловзар.

ГI а й гI а – ма е, гIайгIа бе.

ГI а з кх и – лай хилла ваха ца лиъна муьжги.

ГI а л гI а з кх и – гIазкхех олу.

ГI у л л а кх – къахьегаро бен кхача ца до;
– бер делхош дийриг дац;
– ингалс маттахь: бизнес.

ГI у н д а л гI и – эрна дуьненчу кхоьллина стаг;
– товш велахь а, цхьанне а пайденна воцург.

Д а й м о х к – мел генахь хиларх, гуттар а ойла тIекхийдарг.

Д а х а р – къийсам бу: делккъалц мацаллийца, делкъал тIаьхьа набарца.

Д е кх а р – дика хIума ю, схьадала дезаш делахь;
– даьккхинчунна дицделча а, деллачунна ца дицло;
– нахана гIой а, Iедална ма гIо.

Д е п у т а т – дешан синоним «хабарча».

Д е ш а р – «маьхза» бохург, хьехархошна алапа ца луш, бохучу маьIнехь кхетадо Iедало.

Д и к а – нахана шаьш дIа ца динарг ца го, шайна схьа ца динарг бен.

Д и к а л л а – хьо виллина мел хили, Iовдала хета;
– бIозза стагана дика а дина, цкъа ахь «хIахIа» алахь, и дерриг а дайна ду.

Д и н – говр яц, иман-ислам ду.

Д о г ъ э ц а р – валаза цхьа а ца волу, АллахI воцург.

Д уь н е – мукъ карахь болчийн машен;
– диеза кхоьллина, цо Iехаво;
– горга хилар чIагIдеш дуккха нах цIерга баханехь а, тахана ша цIарах дагочарна хьалха шахматийн у санна ду;
– массарах а дуьсу дерг;
– адамийн синош зие кхоьллина полигон;
– чуьркан тIоман меха дац, кхоьллинчун гергахь.

ДI о в ш – къаьхьа дош.

Ж е р о – нехан говр, машен а санна, шен зудчул а хазахета.

Ж у к к у р – малонча;
– вехар воцу стаг;
– моз ца доккху моза.

ЖI аь л а – керчина йогIуш чIург гича мегаш дац;
– лоха мел хили а, сийдоцуш хуьлу;
– вочу зудчун майра.

З а х а л о – захало дуьйцу зударий, тхьамарех гIала юттучу берех тера бу.

З е н – цхьанна зен ца хуьлуш, кхечунна пайда ца хуьлу.

З е з а г – поэтан езар.

З е л а з а къ – закъ-аьлла зайла боллар.

З у д а – къечу стеган бахам;
– шайтIа ду, цо Iехаво, тилаво;
– стеган сий цуьнца дусту;
– майрачуьнга ларлур яц, ша ца ларъелча.

И р с – тIаьхьаидарх ца карадо, ша Дала ца делча.

И с л а м – исс лам бац, бусалба дин ду;
– Далла муьтIахь хилар.

Й о I – стиглара седа санна цIена.

К а с с и р – цкъа а галъяьлла, ахча сов ца ло.

К а п е к – ахча дац, амма баьIа капек сом ду.

К в а р т и р а – адамийн аквариум.

К н и г а – книгаш ягаярх, царна тIера ойланаш яха юьсу.

К о м аь р ш а л л а – комаьрша воцург бIаьрмиска ву;
– таронал тIех комаьрша стаг цIенна пайденна ца хуьлу;
– комаьрша хилар ша ду, Iовдал хилар – ша.

К о р р е с п о н д е н т – эладитанаш лехьориг.

К о т а м – ледара стаг.

К о ч а л л а – цхьаъ бен йоцчу йоIан цамгар.

К р и т и к – маIдулла (нохчийн критикан цIарах), яздархочунна маIаш Iуьттуш верг;
– бурчаев (нохчийн критикан фамилех), яздархочунна бурч юхкург.

КI а н т – зудчо дIавоккху;
– зуда ялийча, ненан коьртах говран корта тарло.

КI и л л о – жIаьлешна а ца веза шайх кхоьрург.

КI о й с и г – векъина стаг.

КI о р н и – иллешкахь вуьйцу йоIан везар.

Къ а н а л л а – ламаз, марха а бен, кхин дарба дац.

Къ аь р къ а – мала къонах ца веза, мелча лан веза;
– мийларх кхачор дац, саца ца дича.

Къ е л л а – цадешар – бода, дешча а – бода;
– куьйга тIера мода санна хIума ю, тахана ю, кхана яц.

Къ е п а л (ковра) – къен пал.

Къ и й з о р и г – бIаьрмиска стаг.

Къ о в з о р и г – вуо дош олург.

Къ о н а х – нахана къола дийриг;
– нехан юьртарчу къонахал, шен юьртара жIаьла тоьлу.

Кх а р д а р – кхаьрдинарг, хьайна хIун ду а ца хууш, схьаоьцу.

Кх е р а м – цо стеган сий ойу я дойу.

Л а з а р е т – больница (лазартне).

Л е р г а I а х а р – дерригенах а кхоьрург;
– пачхьалкхан транспорт тIехь маьхза леларг.

Л о р – уггар а хьалха – къинхетам.

М а й р а л л а – хьекъал кIеззиг мел хили а, сов ериг.

М а р ш а л – маршонан лай.

М о р с а – сагIа дац;
– Iуьйрана меца чоьна тIе малар чIогIа пайденна ду;
– бод морсанца хьакхийнехь, хьокхам дика хуьлу.

М о с к а л – вусавелла стаг.

М у к а т а – стеган цIе;
– дешан синоним: бIаьрмиска, ледара къонах.

М оь л къ а – меран йоI.

МI аь р г о – бIаьра-негIар тоххал йолу юкъ;
– цхьа хIума доццуш;
– Делан къинхетам ца хиллехь (цхьана маьIIаргона).

Н а н а – нанас аьлларг, тоьхнарг а чевне ца хуьлу;
– горгам елахь а, нана тоьлу.

Н а с м о р к – йогIуш ерг шура елахьара, леккъа хир яра.

Н е къ – некъ – новкъа;
– хьевзина белахь а, некъ тоьлу.

Н и з а м – хьалхара маьIна: халкъана тIехь хIоттош болу эскаран кхерам;
– тахана «къепе» бохучу маьIнехь лела.

Н о х ч и й – шайн цIоган хьал ца хуу берзалой;
– ша-ша ваьккхича дика ву массо а;
– паччахьан Iедало обаргаш бина;
– Советан Iедало – къуй;
– нехча йоккхурш бац, нах бу;
– Нохьа-пайхамаран тIаьхье.

Н о х ч и й ч оь – йоз(ц)уш йоц(л)у пачхьалкх.

НI аь н а – гуттар а ша тIехулахь хила луург.

О б а р г – Iедална таIзар латториг;
– оба ерг;
– дукха хьолахь къу;
– Маршо, Нийсо, Бакъо къуьйсург;
– дийна мел ву цхьалха ву;
– вийначул тIаьхьа – халкъан турпалхо.

Оь з д а н г а л л а – йовш лаьттарг.

Оь р с и – шен пачхьалкхехь кIай негр.

П а л с – моза лаца а карах ца долуш, къанделла жIаьла.

П е кх а – сеттина ца йолу, партала зуда.

П и в б а р – цигахь шен философи ю.

П и с у – жима йоI.

П о в а р – цуьнан декхар нахана мерза юург яр дац, доьзална напха даккхар.

П о й з а л л а – мотт тохар (стеган цIарах).

П о л и т и к – политика тоьттург;
– цкъа а ша дуьйцург кхочуш ца дечу стагах олу;
– тахана цхьаъ, кхана кхин дийца эхь ца хетарг.

П о л и т и к а – дешан синоним: ямартло;
– харцо толо некъ;
– дагахь дерг лечкъа а деш, багахь кхин дийцар;
– куьйгалхоша, халкъ Iехош, хьалха йоккхург;
– пачхьалкхийн юкъаметтиг къасториг;
– гIалгIаша «тешаболх» олу цунах;
– эрна хабарш, моттаргIанаш;
– нийса елахь, халкъаш гергара дийриг, харц елахь, нахах мостагIий бийриг;
– Iедало, шаьш лелочунна тIаьхьа ца кхиийта, леладо бахьанаш.

П о л и т о л о г – политика толлург.

П р о к у р о р – нахана вуо болх хилча, кхаж болуш верг;
– нехан сингаттамах векхаш верг.

П хь и д – девнехь эрна гIовгIа йийриг, ирх лелхарг.

С а т и й с а м – Дала вайх бина къинхетам;
– сатуьйсучура ваьлча – леш ву.

С и й – лардан – хала, дожо – атта.

C о в д е г а р – сов дезарг.

С т а г – аренца, балха тIехь, юучуьнца а вевза;
– шен зудчунна санна нахана а вовзахьара, хийламма наха юкъахь даккхий къамелаш дийр дацара.

С у – чIарх-аьлла жима къонах;
– хьан дегIах цIе латош йолу жеро.

Т а кх о р – ерстина зуда.

Т а л л а м х о – толла жIаьла.

Т а л л а р х о – хабарча, пуьтийн лежиг.

Т е л е в и з о р – бIаьргашна хьалха дерриг а дуьне;
– нахана тIехула волавелла ца лела дика ю;
– доьзалехь, эвхьазло ца йолийта, масийтта хила еза.

Т е ш а м – шех тешам боцург, нахах а ца теша;
– тешам бар – дуьне дохар.

Т о с т – ханеха: нана-Росси, дада-Кавказ а хастош.

Т р о я н и й н  г о в р – тешнабехк, ямартло;
– эскарш арадохуш, Нохчийчохь оьрсаша дитина герз.

ТI а в у с – тIех кура леларг.

ТI о м – цицигна – ловзар, дахкана – балар;
– IаьгIча – жаIуьно, ца IаьгIча – барзо.

У б а р – къотIалгIа дина бер.

У н и в е р с и т е т – зударийн монастырь.

Ф и л о с о ф – фантазер.

Ф С Б – Къайлахчу канцелярин директорна ца хууш а ду дуккха а.

Х а л къ – ИбрахIим пайхамаран кIантана хьалхара бен, Дала малике баийтина уьстагI санна, цIий хьанал дина, шайна кхоьллина ду моьтту цхьаболчу политикашна.

Х а м – Нохьа пайхамаран кIентех цхьаъ (шен да чагIар мелла, тIетесна хIума дIа а яьлла Iуьллуш гича, цунна тIе хIума тосучу меттана, шен дех вийлинарг);
– эхь-иман доцург, сий дайнарг.

Х а н - з а м а – ши тIам, цхьа цIога а.

Х а п у г а – хьап олуш верг.

Х о л а – тIех хьийкъина йоI.

Х о р ш а – тIейогург дика ю, хорша елахь а.

Хь а р а м – товш, ца товш хуьлу нах;
– нахана йина, шена хьанал ду моьттурш а бу.

Хь аь к а м –Хьалакхолла (цIе);
– массеран гайнаш дуьзча а, шен цхьа гай ца дузург.

Ц и в и л и з а ц и – Iер-дахарехь – кхиам, адамийн юкъаметтигашкахь – херо.

Ц и ц и г – берашна – тайниг, дехкашна – Iожалла;
– цициг доцчохь дахках эла хилла.

ЦI е – паччахь, Iедал, идеологи а хийцало, ахь дина дика-вуо дуьсу.

ЦI о ь л къ а – къечу стеган чорпа.

Ч е ч е н - п р е с с – нохчийн эладита.

Ч е ч е н - п о ч т а – холхаза куй тиллина, верта кхоьллина бере;
– вогIу-воьдучо дIасахьо хабар (циганийн почта).

ЧI и р – вай ца дезачийн карахь герз.

ЧI и ш а л г – лекха, гIийла хилар.

Э к о н о м и с т – пис.

Э к о н о м и к а н  м и н и с т е р с т в о – коьртачу писийн кхеташо.

Э с а л а – йоI тов;
– кIантана осала ца ала олу.

Э хь – доькъучу хенахь цIахь вацара, олу эхь ца хетачо;
– уггар хьалха шен доьзалх хета деза;
– хьалха эхь хилларг, хIинца сий лору, дозалла.

Ю у р г – юучохь, молучохь а бен самукъа ца долу.

Юь р т б а х а м а н  м и н и с т е р с т в о – юьртара бахам дIаузу, тIепаза, доь доцуш бойу министерство.

Я з д а р х о – книга йоцу яздархо – мохк боцу эла.

Я л с а м а н е – атеисташа а къайлаха сатуьйсург;
– ненан когашна кIелахь ю, зудчун когашкахь яц.

Я м а р т л о – тоьшшуьйтий тIехьашхула катуху жIаьла.

Я хь – дукха хьолахь хьагI.

I а б б а з – дешан орам «буьрсаниг» (Iаьрб.);
– нохчийн: шера стаг;
– юкъара цIе.

I а х а р – ден цхьаъ бен йоцу йоI.

I а х а р - с т а г – зуда ялонза стаг; ахстаг.

I е д а л – наха шайн лаамехь коча оьцу бала;
– цкъа хаьржинчул тIаьхьа, тIамца а дIа ца баха лурш;
– харжамашкахь тоьлла мафи.

I о ж а л л а – эца, Iеха а ца лург.

1997


Рецензии