Т1апламан гирз-эла на чеченском языке

        (туьйра)

Лаьттабухахь т1аплам хьег1а
Хиъна хилла цхьа мохк.
Бахархой ца балуш ле1а
1едална, мел беттарх мохь.

Паччахьа кхайкхийна т1аккха,
Гирзаш дерш элий беш...
Бахам кхайкхош царна боккха,
Х1азна шен екъаеш.

Мозан зирх а боцчу махкахь -
Гирз дерг а хуьлуш ву.
Ма1арш хьокхуш к1амдарх наггахь,
Ирс дерг, и набъеш ву.

Декъалван эла, нах бахна,
Саламца куьг къовлан,
Эцна цуьнан гирзаш шайна,
Дарж шайн а дан элан.

Эла-м - буссехь махках ваьлла,
Гирз шенна дадийна.
Салам дала т1аьхьадаьлла
Халкъ махках кхелхина...

Т1аплам байна б1ешо деъна,
Нах оьхуш цхьацца ц1а.
Гирз-элах ц1а гирзаш деъна,
Цхьаллигцхьаъ ца веъна!

Хууш хилла-кх паччахьана -
Гирз делчо элаллах,
Пайданх кхоьруш къен нахана,
Куьг дадор саламах!


Рецензии