Семинар

1

Яздархойн Союзера кехат кхочу, со къоначу литераторийн семинаре кхойкхуш. Къоламца буха яздина ду: «Билет ларде, яьлла харж меттахIоттор ю». Со ма вац цкъа а билет эцна гIала вахана. Шоферана, ахь билет эцар санна, новкъа догIуш хIума ма дац. Билеташ духкуш кассехь волчо, цо а шаьшшина юкъахь цхьа барт бой, вовшийн яла езарг дIасакховдайой, нах хьалабовлуьйту.
Анекдот а ма ду таксистах лаьцна. «Соьгара мел догIу?» – хаьттина пасажиро. «Кхо сом ши эппаз», – аьлла водитело. «И хIун ду ?» – хаьттина пассажиро. «Кхо сом Iедалан мах бу, ши эппаз суна ду». – «Хьо дукха ваха, Iедал-м кхо сом бахьанехь къелур дацара, хIа, хIара хьан ши эппаз ду хьуна», – аьлла пассажиро.
ГIалара цIавогIуш билет эца дезахь а, зударшна, баккхийчу нахана а юкъахь ца латта, автобус дIайолалуш хьалаволу со. Некъахь контролераш дуьхьал бовлахь, риск-м ю и, амма шоферан цунна а бина кечам хуьлу. МаьI-маьIIехь ша кхин а нах схьалехьабо дела, шен цхьа къайле йоцуш ца хуьлу и. Дукхаха берш болх беш болу итт-пхийтта шераш ду. Iема хан ю. Мел хазахета царна, ахь охьавуссуш билет меттана сом кховдийча.
Юха а къоламца кехата буха яздинарг доьшу ас. Велакъежа. Пайдабоцу хIумнаш тIехь чIогIа принципиальни ду-кхи хIара Iедал. Кхузткъа капек меттахIотто гIерта хIорш. Цул а цхьа иттех баьIа туьма ло суна. Хьо жима стаг а ву, хьуна дезар ду, алий. Миччара!

2

ХIинццалц накъосташа бен ца дешна сан дийцарш. Дукхаха болчарна уьш хаза а хета. Цундела кху семинарах а догйовха ву со. Iеха баьлла Iам санна лаьттачу нохчийн литературана, юьстаха даьлла сирла шовда санна, хета суна айса яздийриг.
Иштта шовданаш дукха мел хили а, цIена хуьлу хи, кхуьу литература. Дийна йоцуш санна, цхьанне а оьшуш йоцуш лаьттачу нохчийн литературе, айса керлачу хIаваан кIеж йохьу аьлла а хета суна.
ХIинцале ас яздиначу дийцаршка а ца кхочуш, дуккха а поэташ, прозаикаш а бу оха университетан программица Iамош. (Ткъа ас хIорш, сайн кханене хьаьжча, ницкъ зуьш, корматалла кхиош а, хинболчу боккхачу белхан кечам бен ца лору.)

3

ЦIеначу тетрадь тIе сайн куьйга кхо-диъ дийцар схьаяздо ас. «Марха», «Анонс», «Iаьнан суьйре», «Йижарий». Уьш кхечарал дика хеташ ца хьо ас. Халкъан дийцарш хьаъа а дIаяздан тарло. Сайн башхалла цаьргахь ца го суна. Ткъа ас, сайх лаьцна яздина эр долу дийцарш, дIагайта хIинца а цкъа эхь хета суна.
Яздархойн Союзехь Сатуев Хьусайнна тIехьажаво со.
– Так, – олу цо, – Хьо ма тIаьхьа веана?
– Шедевраш еана хила а мегий цо-м, – олий, велакъежа шен стоьла хьалха хиъна Iа Вышегуров Мохьмад. – Шен мах хууш хир бу хьуна цунна, – оьрсийн маттахь тIетуху цо.
Вайнехан яздархойх уггар а доккха, зоьртала дегI долуш ву иза. Цкъа яздархойн кхеташонехь Мохьмад:
– Со гIалгIайн уггар а тоьлла поэт хиларе терра, – аьлла, вистхила воьлча:
– ХIун дина, хIун дина? – аьлла тохавелла Чахкиев СаIид.
– ДегIана бохий аса-м, – забарехьа дерзийна Мохьмада.
Хаац, рогIера анекдот хила а мега и. ТIехьаьжна-м безамехь стаг ву иза.
Сан 21 шо ду.
Ерриг хан книгаш ешарний, дийцарш яздарний дIаелла ю сан. Сайгахь, хIинца а дика кхиаза, онда ницкъ хаало суна. Ас яздийриш кIез-кIеззиг и ницкъ зер ду. Цкъачунна цунах кхоччуш пайда муха оьцур бу ца хаа суна. Ойланашкахь «ТIом, машар а», «Вежарий КарамазовгIар», «Америкин бохам», «Жан-Кристоф», «ТибогIеран доьзал», уьш санна стаммий книгаш го суна сайн кхоллараллехь.
Дика мужалт йолуш, хазачу иллюстрацешца кечйина, классикех цхьаьннан книга караеъча, дог чIогIа тохало сан, синтем бов. Кху дуьненчохь кхин хIумма а ца оьшу суна, айса бох-боху книгаш, тийналла, яздан, зорбане вала а таро йоцург. Цул деза дуьненчохь кхин цхьа а хIума дац суна.
Оццул тIома яьлла ойла а йолуш, яздархойн Союзе веъча, кхузахь хIорш, цхьамогIа кхин а искусствон гIуллакххой а, дехкан Iуьргашкахь санна, готтехь бохкуш карийча, чам бов сан.
Юкъ-юкъара сан дийцарш кегош Iаш волчу Хьусайна:
– Нохчийн мотт Iамош мила вара шуна? – хотту.
И ала гIертачух кхетта:
– ХIунда бах ахь? – олу ас.
– «Хьенан?», «Стенан?» бохучу хаттаршна жоп лучу дешнашна тIехьа «н» яздо, бохуш Iамийрий аша?
– Диалогашкахь яз ца до ас.
– ХIунда?
– Мелла а буьйцучу маттана герга хилийта.
Сан дийнна концепци а ю оцу хьокъехь.
Литературехь цхьана кепара пайда оьцуш яц диалекташ, хьаларчу, охьарчу а ярташкахь наха буьйцу мотт, церан лер а. Иштта книгаш, еша хаза хирг хилар сов, Iилманчашна а бан болх хир бара царна тIехь. Нохчийн литературехь дало масалш доцуш, шайгара яздо цара.
ХIинцалерчу литературин нохчийн меттан цхьайолу бакъонаш а яра хийца езаш.
Дукха хан ю ас тидам бина, ахь дуьйцург дерриг а, юкъараллехь ахь дIалоцучу меттиге хьаьжжина тIелоцу наха. Масала, и Дешериев Юнуса аьлча, массо а цхьабосса: «Как говорит наш дорогой Ю. Дешериев», – бохуш, дIахIуттур вара. ТIаккха царна Шолохов а дагавогIур вара. ТIаккха Шукшина «что» меттана «што» хIунда яздо, Лихоносовс «чё» яздаран бахьанах а кхетар бара уьш.
– ХIорш хьаьнга лур дара-те хьан? Тоххара цхьаццанхьа дIа ма елла наха шаьш язйинарг, – олу Хьусайна.
– Ахмадов Мусага елча? Суна жимма вевзаш а ма вара иза, – олу ас.
– Мусагий? Чохь вуй-те иза? – телефонна тIекхевда Хьусайн.
– Схьаваийтахь, схьаваийтахь, – хеза Мусан аз.
И дийцарш хазахета декхар ду цунна. Хьо кхеташ волу яздархо хьоьх а кхета ма веза. Цхьана хенахь суна массарал юххера вара иза. Яндарбиев, Бисултанов, Бексултанов, Мацаев а тIаьхьа вевзира суна...

4

Семинаран хьалхарчу дийнахь политсерлонан обкоман ЦIийнахь гулло яздархой. Со тIаьхьа висина. ТIехьара неIаршкахула чувоьду со. Соьх бIаьрг кхеттачу Мацаев Сайд-Iалис куьйгаэшара тIевоьху со, охьахаа меттиг хилар а гойтуш. Чоь юьззина Iачу нахах уггар а жиманиг ву со. ХIоранне а терго йо ас. Ишттачу меттехь дуьххьара ву со.
Йиш хилча, хIора стеган а цIоки чу вер вара со. Муха ойлайо цо? Стенан? Толстойс цхьатерра тергонца гайтина паччахьан, хьоладайн, кьехойн а хьал, инарлан, салтичун а дог-ойла.
Белхалойн дахар-м гуш дара суна. Амма хIун хаа суна, масала, райкоман секретарах лаьцна? Церан шоферан ма дукха хир дара дийца!
Шена гина доцчу хIуманах лаьцна дика яздан, шовзткъа шаре вала веза яздархо. Уггар а гений  кхуьу хан ю и. Тахана вайн дуьненан литературан классикаш лоруш болу дукхаха берш, вайна бевзаш а хир бацара, уьш ткъе пхийтта, шовзкткъа шаре бовлале беллехьара.
Ас буьйцурш уггар хьалха прозехь къахьоьгурш бу: Руссо, Стендаль, Толстой, Роллан.
Сан дийцарш – хьалхара гIулчаш ю.
Стага шена гучух, дика хуучух, девзачух яздан деза. И ойла, Бальзакан «Яйна моттаргIанаш», Лондонан «Мартин Иден» а ешча кхоллаелла сан. Цара гойтург ХIХ-чу, ХХ-чу бIешерашкахь буржуазийн, капиталистийн а юкъараллехь художник кхиар ду. Цара дуккха а книгаш язйиннашехь, и ши роман тоьллачех ю церан. И шиъ автобиографин а ю.
«ХIета, яздархочо уггар а дика шех лаьцна яздо-кх, – жамI дира ас. – Шел дика цунна вевзаш цхьа а ма вац. Шен дагара нийса схьадийца ца хуучо, кхечарах лаьцна а муха яздийр ду? Кхин мила ву наха юкъахь шех лаьцна яздан хьакъ долуш, яздархо, поэт, художник а ца хилча?»
И гучудаьлча, айса стенах, хьанах а лаьцна яздан деза кхийтира со. Дукхаха болчарна моьтту, Драйзера шен «Америкин бохам», Стендальс «ЦIениг, Iаьржаниг а» газеташ тIера зуламех лаьцна хаамаш а бешна язйина. Ма тиларчу бахана уьш! Оцу романашкахь сурт хIоттийна церан дерриг а дахаран зеделачо. Суьдан хроникаш тIера цара схьаэцнарг тIехула гушдерг ду. Царах боккха пайда баьлла царна, шайн произведенеш автобиографически ю бохуш, критикашка бехкаш ца дахийта. Жюльен Сорельн, Клайд Гриффитсан дахар, дог-ойла, синхаамаш, сийлалла дезар, нахах тарвала лаар, кхидерг а  къоначу Стендальн, Драйзеран а дахар, ойланаш, царна гинарг, цара лайнарг а ду. Шайн дахарх, заманан шуьйра васт гайта, шайн гIайгIанаш дерриг а дуьненан гIайгIанашка хьалаайа, лайн амал кху дуьненан ницкъ болчаьрца дIанисъеш, церачул а лакхайоккхуш, сурт хIотто ницкъ кхаьчна церан. Цундела хIаллакбо и турпалхой а, цундела къобал ца бо шайн цIахь и яздархой а. Уьш, вуьйш а суна Наполеонал, финансистал а юххера, гергара а бу.

5

Тайп-тайпанчу жанрашкахь болх беш, гIоли дерг лоьхуш, реза ца хуьлуш, тIаьхьий-хьалхий башха маьIне йоцу книгаш арахоьцуш, лехамашкахь хуьлу яздархой.
Суна суо сиха, атта а карийра. Джек Лондонан тидам бира ас, цо къоначу Мартинан балхах лаьцна дуьйцуш хилар, иштий-вуьштий яздора цо бохуш. Амма цуьнан произведенех цхьа а яцара масаллина ялош. Бакъду, Бальзака юкъ-юкъара ялайо де Рюбампрен сонеташ.
Амма суна дагадеанарг иштта ду. Кхуьуш волчу нохчийн яздархочух лаьцна роман. Цхьана декъехь цунах лаьцна, вукху декъехь цуьнан шен дийцарш. Юха а цунах лаьцна автора яздеш, шолгIачу декъехь цо ша-шех, гонаха долчух а лаьцна. Тахана ас яздийриш цуьнан цIарах ду. Авторан кхочу дакъош яздан сан тахана я хаарш, я говзалла, я хан, я дахаран зеделларг а дац. Сан турпалхо соьца воккха хуьлуш ву. Сан нийсархо ву иза.
Ас тахана ца яздо стаг дуьненчу валарх, юха кху лаьтта тIехь шен хала мур а баьхьна, иза валарх а лаьцна. Суна цунах хууш хIумма а дац. «Студентан дийцарш» тIехь сайна тема нийса карийна, аьлла хета суна. Заманца шорлур йолуш, кIарглур йолуш а ю и. Юкъарчу барамехь доллучун а сурт гуш ду суна. Ас стеган  дахарера цхьана минотах, цхьана сахьтах лаьцна бен ца яздо. Дийцарш-догъойланаш ала мегар ду царах. ДоттагIаша соьга массо хIуманна а жоп дала деза боху. Эццахь и хIунда элира цо? Вукханхьа иштта хIунда дира цо? Суна дешархочунна а меттиг йита еза, аьлла хета. Вайзаманан дешархо ши-кхо баьIа шо хьалхалераниг вац. ХIетахь дерриг а Iовша-Iевшина охьадилла дезаш хиллехь, хIинца цо ша кхуллу авторца цхьаьна. ТIаккха а суна дагаеана книга цхьана баттахь, цхьана шарахь а язлур йолуш яц. Нагахь Стендальс шен «ЦIениг, Iаьржаниг а» шина баттахь язйинехь а, и кхеташ ду. Цуьнан белш тIехьа 50 шо гергга хан, Наполеонан тIемаш, дуьне, адам а довзар ду. Цул хьалха а мел дукха книгаш язйина цо, цхьаммо а тергал ца еш. Ткъе кхоалгIа шо долуш «Тийна Дон» язъян волавелла Шолохов, пхийтта шарахь Iийна цу тIехь болх беш. Кхин а хала ду прототипашца долу хаттар. «Йижаршна» тIехь сайн доттагIчун дийцарх пайдаэцнера ас. Цхьана агIор ша хастийча санна хеташ, тов цунна и, вукху агIор бIегIийла доцуш хета. Ша суна дегабаам бан беза-те, я IадъIа веза-те, я хазахета деза-те, ца хууш лела и. Амма цо суна дийцанарг, и ас яздаран бахьана бен дац. Изза бахьана хилла Толстойн а «Синкъерам дIабаьлча» я «Иван Ильичан Iожалла» яздан. Золян и «Кхолларалла» ю, Драйзеран «Гений». Оцу произведенешкахь, автора шена дийцинарг, шена хууш дерг я гинарг, шен дагчухула чакхдоккху. ХIора произведенехь авторан лазам бу. «Мила ю мадам Бовари?» – хаьттича, Флобера аьлларг а хууш ду: «Бовари – со ву».
Ас яздийриш дуьненан литературан кхиамийн бух тIехь ду. Сайн хинволу дешархо, веккъа нохчи хилла ца Iаш, дуьненан муьлхха а маьIIера, муьлхха а къоман стаг го суна, и сан синна юххера хилчахьана. Цхьана хенахь Толстойс халкъана лерина дийцарш язден хан дIаяьлла. Тахана халкъ ду яздархочун кхетаман бараме хьаладаккха дезаш.

6

Шайхи Арсанукаев доклад ешна ваьлча, пренеш юьйлало. ХIораммо шена-шена Iеткъарг дуьйцу. ДIадохале хаамаш бовзуьйту. Ярташкара баьхкинарш «Чайка» хьешацIахь дIатарло. Меттигаш лаьцна ю, администрацица бина барт бу. Суьйрана, вархI даьлча, Антон Павлович Чеховн цIарах йолчу республикански библиотекехь, поэтически суьйре хир ю, Пушкин кхалхаран 150 шо кхачарна лерина.
Ишттачохь олу-кх телевизор чохь: «Цу тIехь съездо шен болх дIаберзийра». Амма хьан кхетор ву со, поэт кхалхаран де даздарх? И вина де-м ша дара.
Тагаев Сайд-Хьасан, со а паспорташ доцуш, хьешацIахь аьттехьа а ца вуьту ерстина яттIа йоллучу мечикно. Сайд-Хьасанна и дан дезий хууш а ца хилла, амма цуьнгахь зачетни книжка ю. Лехарх паспорт кара а ца дина, ас комсомольски билет деанера. Тхойшиннан кехаташ чоьте ца лери. Комсомолан обкоман векал вара тхан гIуллакхе хьожуш. Цуьнга эли охашимма. Цхьаьний дешна дара тхо. Цуьнга-м ла а ца дуьйгIи вукхо. Тхойшиъ университетан юкъараIойле ваха. Дика ду-кх цигахь тхан хьеший болуш...

7

СадоIий, поэзин суьйрене ваха волу со. Мехкадаьттан институте кхоччуш, цIеххьана ойла керчий, юхавоьрзу. Акха хьежар, ца оьшу ойланаш яр а дукха нисделла, юха а тIаьхьависна со.
Суна бIегIийла доцуш хета чуваха. Суо виса а лаьа суна. Кханалерчу Iуьйренан ойлайо ас. Муха хир ду сан тIеэцар? ХIун эр ду соьга? Муьлхачу дешнашца? Дуьххьара безам бахана жима стаг санна, синтем байна, бIарзвелла лела со. Моьттур ду, суна йоIа хан йиллина. Оццул сингаттам боллу соьгахь.
Дийнахь, садоIучу юкъана, Муса гира суна. Цо ша хIумма а ца аьлча, со а IадъIийра. Амма со тешна ву цунах. Цо со хастор ву, боху ойла а ю сан коьртехь. Со догвовха ву цунах. Иза къона ву. Баккхийчарал а дика кхетар ву иза, со ала гIертачух. «ХIаъ, хIинца тIаьхьа ду», «Массо а дIатийначу хенахь» дийцарш яздинарг ма ву иза. Изза студенташ бу-кх ас гойтурш. Тхуна юкъахь долчу иттех шарахь, гIуллакхаш галдовлар бен, кхин тоделла меттиг-м яц юкъараIойлехь, дахарехь а.
«Марха» – махбечу зудчун монолог. Кхо шо хьалха яздина ас и дийцар. Автор цхьана дашца а гуш вац цу тIехь, и дерриг а къамел цуьнга дуьйцуш хилар хьесапе ца эцча. Сан дуьххьарлерчу гIулчех ду и. Цуьнан башхалла кхин а, Iедало «спекулянташ» бохуш, сий дойучу нехан дагара хаийтар, вайн милицехь хIуманах хьожа ца йогIуш, ледара нах хилар а гайтар.
«Анонс» – экспериментальни дийцар ду. ЮкъараIойлера хаамаш бу буьйцурш. Цхьаъ – буфетчица елла хилар хьокъехь, и дIайолла сагIийна ахча доьхуш. Важа – меттан лаччарш хуьйцу де билгалдоккхуш. Студентийн диалогехь я кхоллалучу ойланца довзуьйту дийцарехь хьан, муха тIеоьцу и хаамаш. Кхин цхьана а тайпа хилам, чу-ара буьйлучийн юьхь-сибат, духар, хIумма а дац. И дерриг а совнаха ду. Дийцаран дагалацамца догIуш дац. Ахь хьайна хаа а хууш ца яздинарг, нахана ахь ца яздиний хуур ду хьуна, и юкъахдита мегар ду, бохучу Флоберан, Хемингуэйн а принципца мел гена вала мегар ду, хьажа гIоьртина со.
«Iаьнан суьйре». Сан турпалхочун шех лаьцна дийцар. Къоналла, догцIеналла... Муьлхха къомах волчу стагана а, и дийцар юххера хетийта, цхьанне цIе а яц цу тIехь.
«Йижарий» дешначул тIаьхьа, доттагIаша «нохчийн Мопассан» олу соьх.

8

Семинар дIайолало.
Яндарбиев Зелимха, Хатуев Iабдул-Хьамид а хир ву моьттуш, хазахеташ вара со, амма уьш поэзин декъехь бу.
Яздархойн Союзехь цкъа а ца хиллачу кепара дукха адам ду тахана. Амма соьл чIогIа яздархо хила хьакъ долуш, цхьа а вац кху чохь, ойлайо ас. Сайна и Делера хиларх теша со. Со мел баккхий кхиамаш хила йиш йолуш велахь а, сан тIетовжа цхьа а вац. Цундела, оьшучохь, къовса а кийча ву со.
Прозан декъехь: Мусаев Мохьмад, Бексултанов Муса, Ахмадов Муса, Яхьяев Леча, Гайтукаев Казбек, Эльсанов Ислам а ву. ТIаьххьара шиъ кху чохь вевза суна. Казбек – филологин Iилманийн кандидат, пединститутан хьехархо. Ислам – хIинцца М. Горькийн цIарах йолу литературин институт а яьккхина, къона яздархо.
«Дебютанташ» – сой, Тагаев Сайд-Хьасанний, Бурчаев Хьалиммий царна дуьхьал хевшина Iа.
Мохьмада хьалхара дош аьллачул тIаьхьа, суна тIера дIабуьйлало уьш.
– Сайд-Хьасан суна тохара дуьйна а вевзаш ву, – олу Ахмадов Мусас. – Шен цхьа амал йолуш ву хIара, шега бохург схьа ца лоцу хIокхо.
Критически статья дIайолалуш яздархо хастош велахь, чаккхенехь хьакхаво. Статья йолалуш критик цунна луьйш велахь, тIаьхьа хаставо. Мусан иштта цхьа маневр хир ю-кх хIара, бохуш Iа со. ХIилла долуш стаг ма ву иза.
Массарал къона ву со кху чохь. Амма со жима ву алий, сайх озабезам бен ца боху ас. Диканиг, вониг, кхачамбацарна юххехь дика нисделларг а цхьатерра алар, и ду суна луург. Со галвелахь, нисвар, эшахь гIо дар а, хьехарца я довхачу дашца.
Амма Мусага ла мел доьгIу а, со кхета, цо дуьйцург сайна пайденна я соьх  яздархо хилийта Iалашо йолуш цахилар а. Чохь болчийн цо соьх лаьцна кхуллу ойла харц ю. ХIокхарна гергахь, йоккха авторитет ю Мусан. Къаьсттина суна хьалха. «Орга», «Дон» журналашкахь, Москвахь «Литературная учеба» тIехь а шен дийцарш, повесташ араюьйлуш, шен книга йолуш, вевзаш яздархо.
Суна ечу критиках дукха цецваьлла, ша кху чохь вуй ма хаахьара кхарна, бохург санна, дIатийна Iаш Хьаьлим а ву. Сан цIархо Сайд-Хьасан а вистхила ца хIутту. Иза хаставо Мусас. Хьалха ша Шуьйтахь редакцехь волчу хенахь дуьйна шаьшшиъ вевзаш ву, боху цо. ХIетахь цо деана хиллачу дийцаршка хьаьжча, хIинца, Мусан накъосталлица, дикка кхиамаш а бу цуьнан. Роман язъеш а ву и. Цуьнан произведенеш зорбане яха мегар долуш ю, аьлла хета цунна.
Ас яздийриг вайнехан гIиллакхца, вайнехан этикаца, литературан меттан нормашца а догIуш дац. Масала: «стиблизатор» яздина ас цхьана меттехь, ткъа хила дезаш стабилизатор ду. Ерриг бохург санна текст диалогехь ю. Произведенин коьрта идея кхоччуш йиллина яц. Наха дуьйцуш хезнарг ма-дарра дIаяздича, цунах литературни произведени хуьлу моьтту суна. Масална «Йижарий» даладо цо. Цунна а хезна изза дийцар, цуьнан а ву и накъост, амма цо и ца яздина. Дахарехь хуьлуш дерг я нислуш дерг литературехь гайта аьлла дац. И шен законашца еха. И законаш ца хааро авторан сий ца ойу.
Оцу кеппара кхидIа а дуьйцу Мусас. Со хIинца гуттаренна а литературах дог диллина, эрна ойланаш Iадйитина я кхарна оьгIазвахана, дегабаам бина дIаваха везаш ву. Кхин цкъа а юха ца ван. Ас и ца до.

9

– Со реза вац Мусас дийцинчунна. Кху чохь болчех кхин цхьаммо а сан дийцарш ца дешна, цундела, шу дуьхьал дацахь, цхьаъ доьшур дара ас, – олу ас и ваьлча.
Кхин цара жоп даларе а ца хьоьжуш, кисанара листокаш схьа а дохий, деша волало со. «Хьаша». КIант, йоI довзарх лаьцна истори. КIантана хазло иза. ЮкъараIойлехь бу уьш. Иза студент, важа накъост йолчу еана хьаша. Дийца даьккхича, кIантана заочно евзаш хуьлу йоI. Шен накъоста дийцинарг дагалоьцу цо: «Нисъелла ма яра иза, ца евзачо юьгур а йолуш». Цхьацца дош ала бIегIийла ца хета суна Мохьмадна хьалха.
– Дешал ахь, – олу Мохьмада, – эхь хета оьшуш хIумма а дац. Литературехь жималла, воккхалла а къестор дац вай. Вай цхьана хенара ду. – Вела а лой: – Суна сой-м жима хета.
Цхьана хоршехь схьадогIу дийцар, кхоллаелла ойла хада а еш, дагахь доцчу агIор дерзош дуккха а меттигаш ю сан. Цкъа делахь, композици иштта нисъян хьожу со, шолгIа делахь, дахаро ша схьало кийчча сюжеташ. «Хьаша» нисдан гIерташ а къахьегнера ас. Оцу тIехь боккха пайда белла суна Мопассанан, Чеховн, О`Генрин, Бунинан а дийцарша. Къона яздархо дийцарш тIера волавала веза, аьлла хета суна. Массо къоман, заманан а дийцарийн антологеш еша еза цо. Дийцарш дешар, яздар, царна тIехь шлифовка яр, дика школа ю.
Мохьмад хасто волало сан дийцар. Иза юкъахвоккхуш, сихха цуьнгара дош схьаоьцу Мусас. Шечунна тIегIерта иза. Яхьяев Лечас олу:
– ЙоI хIунда садаIа йоллу, элира ахь?
– Марха долу дела, – олу ас.
Со кхета, цу хаттарца, чохь болчийн тидам стенна тIе бахийта гIерта Леча. Октябран революци яьлла 70 шо кхочучу муьрехь а, вайзаманхоша, университетан студенташа марханаш кхобуш гайта йиш ю нохчий литературехь? Жимма пауза (цу тIехь акцент) йиначул тIаьхьа:
– И муьлха жанрехь яздина ду хьан? – хотту цо.
– Ас деша ца дийшира? – олу ас. Дукха дог даьттIа, «жанр» бохучу дешан маьIна а дицделла суна.
– Ас хIунда боху хьуна аьлча, теори ледара хаар бахьанехь, вайн яздархошна шаьш яздиначун жанр къасто а ца хаа-кхи, – олу Лечас. – Хьан дийцар миниатюрах тера хета суна.
Миниатюра олийла цунах, дийцар я новелла, со кхуза и къесто веана вацара.
– Кхечу дийцарехь, базарахь мах беш лаьцна зуда, милицица эвххьаза шен гIуллакх а дуьйций, царна ахча а лой, юха тIе еза а юьйш дIайоьду кхуьнан, – юха а къамел шега оьцу Мусас.
– И муха хир ду? – олу Лечас. – Москварчу «Литературин газето» ца дуьйцург, вай муха яздийр ду? Социалистически реализман законаша бакъо ца ло вайна уьш яздан. Милици, суд, прокуратура а сийсазъян йиш яц вайн. Царна критика яр Iедална хIума алар санна ду. Яздархочун декхар социалистически дахарехь вайна сирлачу кханене боьдучу некъана дуьхьал лаьттачуьнца къийсам латтабар ду, – ша болх беш волчу «Ленинан некъ» газетан политика йийца волало иза.
Леча культуран декъан заведующи ву оцу газетехь.
Яздархочо Iедалан структурашна критика ян мегар дуй, даций, бакъо юй, яций, критически реализм, соцреализм, Горбачев, хийцина дIахIоттор, капиталистийн система а, бохуш, ерриг терминаш ялош, къовсам болу чохь. Дуьхь-дуьхьал вирзинарг Яхъяев Леча, Эльсанов Ислам а ву. Ша-ша дуьйцург чIагIдеш, гIарабевллачу поэтийн, яздархойн, академикийн а цIераш йоху цара. Цкъа дов даллаза вуьсу и шиъ.
– И накъост мила ву ван мукъане а? И хIун ду цо дуьйцург? – олу Ислама, цецволий. ХIинцца столицера цIавеъна а, литературан институтехь теори дика хьехарна, цигара профессорш лично бовзарна а иза мелла а маьрша ву дуьйцучунна тIехь. Лечин къамелашкахь Нохч-гIалгIайн обкоман идеологин хьу хаало. И тIеIаткъам кху цIахь мел дешначунна, балхахь мел волчунна а хуьлуш бу. Центрехьчул дуккха а чIогIа охьатаIийна, кхерийна, ладегIа Iемина ду адам пачхьалкхан йистошкахь. Муьлхха политика а Iедало оцу къоман векалшкахула дIакхоьхьу. Диканна, вонна а хьалхабохуш шайн тешаме нах бу церан. Дахаран массо декъахь, сферехь. Цу юкъахь кхоллараллин интеллигенци а. Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» оьрсийн, нохчийн а къаьмнийн вежараллин доттагIаллийн уьйраш чIагIъярна, тIекхуьу чкъор социалистически дог-ойланехь кхеторна а новкъарло йо аьлла, айинарш, и книга юкъара дIаяккхийтинарш а, школьни хрестоматеш тIера «Маршонан цIарах» романан кортош схьадахийтинарш а Москвара баьхкина кэгэбэшникаш ма бацара.
Лечин, Исламан а дар-дацар дIадерзадо чохь болчара. Горгали а бекий, болх юкъахбоккху оха. Со а араволу.

10

Ламеш тIехь Бексултанов Мусаца лаьтташ ву со.
Цуьнан «Мархийн кIай гIаргIулеш» дуьххьарлера книга яра нохчийн литературехь сан даго ерриг а тIеэцна. Массо а дош шен-шен меттехь долуш. ХIора а дош дагах кхеташ. Цуьнан дийцарш оьрсийн матте даьхча муха хир дара ца хаа суна. Амма нохчийн маттахь кхин дика яздойла а яц.
Нохчийн гIиллакхе, гIуллакхе диллича, я Бадуев, я Айдамиров, я Ахмадов, цхьа а вацара ала хIума доцуш. Вайзаманан произведешкахь нохчийн «Iадаташ» эша а деш, советски, адам серлоне дуьгу, керла гIиллакхаш толадора цара. Бексултановс произведенин форма хьалхатеттина ца Iаш, «ширачу заманах бухадисначун» хазалла а гайтина, тIедеънарг дерриг дика цахилар а гучудаьккхина. Кхул тIаьхьа, муьлхха а нохчийн яздархо ца хилча санна, болх бан мегар ду къоначара, амма Бексултанов тидаме ца эца йиш хир яц.
Цуьнан книга араяьллачу хенахь больницехь вара со. Сан 19 шо дара. Литературе болчу безамо, цунна тIехь тIех къахьегаро а цомгуш винера со. Суна чIогIа хала дара. Ас мел йоьшу книга оьрсийн маттахь яра. Къаьсттина французийн литература хазахетара суна. Цундела нохчийн маттахь предложенеш хIиттаярна, дешнаш вовшах тийса а цхьаннах а Iемаш вацара со. Ма-дарра аьлча, сайл хьалха нохчийн литература хилла яц, аьлла хетара суна. Нохчийн литературехь шех тера яздан хьакъ долуш, цхьа а масал ца гора суна. Оцу маьIнехь нохчийн литературехь, со уггар а маьрша, возуш воцу яздархо, пионер вара. Исбаьхьаллин агIор хилла ца Iаш, ас яздечун чулацамца а. Мусан книга ас кхин а ши-кхо шо хьалха ешна хиллехь, цуьнан тIеIаткъам мелла а боккха хир бара. Амма хIетте а суна иза дукха веза велира. Делахь а, книга араяьллачу яздархочунна гергахь, мила ву цу тIехь дийнахь-буса а къахьоьгуш воллург? Бакъо юй цуьнан шех кхета, дог лаза а деза мотта? Суна ца хаа. Цхьа дегайовхо хилла хир ю-кх сан кхуза вогIуш. Яздархойн Союзан ламеш тIехь лаьтта со Бексултанов Мусаца. БIаьсте яьллехь а, мох шийло бу хIинца а. Цкъа цхьана куьйган, юха вукху куьйган пIелгашца шина а агIор месаш хьалахьоькху Мусас. Корта лестабо. Жимма толкха а луьйш, Мусас дуьйцу соьга:
– Цу чохь дийцинарг цхьа а тергал дан оьшуш хIума дац хьуна. Хьуна оьшуш дац и. И литературоведени а царна йита. Мелла а исбаьхьаллин книгаш еша, язде. И карор ду хьуна. Хьуна бакъдерг ала лаахь, ахь дешнарг ас дика схьа а ца лаьцна, цунах лаьцна хьоьга хIун эр ду ца хаа суна. (И суна хала ца хетийта бохуш хила а мега цо.) Со «СтелаIад» журналехь ву хьуна болх беш. Цига вола. Айхьа яздинарг а дан. Классикашкара Iама яздан. Хьайна дика хета произведени нохчийн матте яккха. ТIаккха уьш нохчий белахьара цара муха яздийр дара гур ду хьуна. Цо куьг шардийр ду хьан. Билггал долу дешнаш лаха Iемар ву хьо. Ас иштта до хьуна... Бунин веша, Казаков, Шукшин. Дешан говзалла кхуьур ю хьан. Сароян веша. ЧIогIа атта йоза ду хьуна цуьнан…

11

Юха чугулделча Гайтукаев Казбека Эльсановн дийцарех лаьцна олу. Гуш ду къоначу яздархочунна Джойс, Кафка а вевзаш хилар, цо церан методах пайда оьцуш хилар а. Масала, «ЦIерпошта» дийцар. Цу мастерийн урокаш пайденна а ю яздархочунна, кхидIа а дуьйцу цо. Юха, ша поэзин декъехь а вистила везаш ву олий, иза араволу.
Чувеъна Сумбулатов Абузар а, Бексултанов Мусан дийцарех лаьцна шен статья юкъара дакъош доьший, дIавоьду.
Цхьамма Бурчаев Хьаьлиман Чеховх тардеш яздина дийцар хьахадо. Зорбане даккха мегар долуш ду и а, олу.

12

ХIинца-хIинца цхьа жамIаш до хьуна кхара бохуш со Iашшехь, семинар дIайолу. Масех де даьлча «Ленинан некъ» тIехь Яхьяев Лечас язйина статья йоьшу ас.
Иштий-иштий кху деношкахь яздархойн Союзехь къоначеран рогIера семинар а хилира, цо литературехь вай динарш, дан дезарш, дан билгалдаьхнарш а къастийра…
Статья ерзош, Бексултановн, Эльсановн а фамилеш яра яьхна. Къона, дика тIаьхье ю кхуьуш, аьлла.
Цецволий Iа со.
Цу семинаран а хIун маьIна дара ца хаа суна.
Муьлш бара цигахь къона яздархой а? Я хIун дан лерина кхидIа йолчу ханна яздархойн Союзо а? Муха болх бан дагахь бу уьш къоначаьрца? Я хIун аьтто бийр бу церан? Арайохур юй церан книгаш? Кхин, кхин а сан хаттарш жоп доцуш дуьсу.
Суна хаа, со царах тешна Iа ца везий. Iедало цIарана кхоьллина, яздархой цхьана куьйга кIела бало, тIехь урхалла дан атта хилийта а латтош организаци ю и. Хьан аьтто хилахьара, хьуна цунах гIо хир дацара-те, аьлла йина яц. Шайна цигахь и сом еъчахьана, Iедалехьа йолчу агIор кхин тIедожораш, лехамаш а бац Союзан куьйгалхойн а. Я хила безий а ца хаа. Аьллачунна муьтIахь нах бу уьш.
Литература дуккха а яздархойх лаьтташ елахь а, хIораммо а ша-ша кхуллуш ю и. Оцу маьIнехь аьлча яздархо цхьалха ву. И суна хьалха а хууш дара, амма хьоьца, ахь лелочуьнца а бала болуш стаг вац. И ду новкъа. Хьо цхьанне а оьшуш цахилар...

1987


Рецензии