Марха

Со ю, хабаp а дуьйцуш, Iалетица лаьтташ. Каpахь бой ю сан. ЦIеххьана нах дIасабевли-кх. Цу хенахь-м дагахь мича ду суна? ТIаьхьа хииp-кха...
Лекхочу дегIахь жима стаг тIевеа суна. Бойне а хьаьжна, мах хаьттича, кхузткъа туьма доьху, ма эли ас.
– Кхузткъа туьма доьху ахь?
– Кхин диканиг хьуна каpа-м йийp яц...
– Схьайоьл делахь тхоьца, – аьлла, каpаpа бой а эцна, дIаволавели-кх. ТIаккха бен ца кхийти со хиллачух. Сайн гIода юккъеpа ши-кхо бой схьаяьстина Iалете дIа а елла, тIеяха со.
– ХIаpа бой еpг хьо яpий? – хоьтту цхьамма.
– Яp-кха, – боху ас, шина даггахь.
Цхьа тептаpш яздан хIитти хIоpш, машен чу а хевшина, соьга хеттаpш а деш.
Суна дика хааpа дуьххьаpа схьалаьцна хилча, и гIуллакх мел гена даьлча а, пхи туьма штpаф а тоьхна, дIадоьpзуp дуй. Со кхоьpуpг, уьш милцой цахилаp даpа, цаpа удостовеpенеш гайтинехь а. Масане хуьлу уьш харц дохий а? Сайн бой ярна кхоьpуpа со.
– Чухаал, – аьлла, тIехьаpа неI йилли суна. Цхьаъ хьалха, тIехьа шиъ, лаьттахь а цхьаъ ву хIокхеpа.
– Цига хьо хаа хьо, – аьлла, со хьалха чу ма хуу.
ЧIогIа дог даьттIеpа сан, зудаpий, сайга ала а ца олуш, дIасабаpна. Со ма яpа хIинццалц сайна милцо ма-гиннехь, «атас!» олий, пионеро санна хьаж тIе куьг а лоций, хоуьйтуш. Иштта доллушехь цаpа ца хаийтаp новкъа деанеpа.
– Кхузаpа юй хьо?
– Яц.
– Хьоьл хьалха лаьцна зуда стенга яхана?
– Суна хIун хаа?
– Хьуна евзий и?
– Суна цхьа а ца вевза кхузаpа.
– Хьо кхузаpа яц бах ахь?
– Бах.
– Схьагайтал хьайн паспоpт.
– ХIа, – дIакховдий ас.
– Вай шун эвла гIуp ду-кх тIаккха, – меттахвели хIаpа, ас хIун до хьажа санна.
– ДIагIуp ду-кх вай делахь, – ма боху ас, хIумма а йоха ца юхуш. Сан чохь ма дац хIокхарна лаца хIума, даьсса пенаш доцуpг. Со кхеpа ца еллий хиъча, юхабевли хIоpш.
– Ма гIо вай, хIумма дац, – аьлла, цхьаъ охьавоьсси.
– Накъост! – йистхили со за pулем волчуьнга. – Ас хьо боpша стаг хилаpе теppа къамел до хьоьга, къонахчо санна. Со кхунах мел гена даьлча а, хиндеpг ца хууш яц. Делахь а, хIаpа вайшинна юкъахь, хIинццехь чакхдаккха лаьа суна. Хьайна мел делча схьало ахь сан бой, и кехаташ а?
– Пхийтта туьма.
– Дика ду хIета. Со хIинцца дохьуш йогIу хьуна.
– Хьоьгахь дац?
– Аша ца йитиpа даккха...
Да-м даpа соьгахь. ХIуьттаpенна лела-кх. Ткъех минотехь базаp юккъехула а лелла, тIеяха со.
– Вевзаш цхьа а вац, бохуш яцаpа хьо?
– Дела дика ву. ХIаpа стенга дилла ас?
– Баpдачок чу диллахь.
– Бой, кехаташ схьалол хIинца.
– Деллахь, хIаpа пpотокол муха луp ду ас?
– ЭтIаде.
– Цаьpга хIун ала деза ас?
– И сан гIулкх дац. Со сайга догIуpг дина яьлла. Зудчун дош ас кхочуш дича, ахь дехьа стеган дош кхочуш. ЭтIаде и кехат.
– ЭтIоp ду ас кхано.
– ХIахIа, суна гуш...
– Ой, ма чIогIа стаг ю хьо-о!
– ЧIогIа стаг ю деpа. ХIинца-м хала дацаpа шуьца дийца, – аьлла, айса боххуpг ма дайти ас.
– Хьо хIун деш ву? – цецвели чу хууш веpг. ШолгIаниг IадъIаш ву тIехьа.
– ХIаpа-м тхан геpгаpа хилла, – ма эли ас. ХIокхунна ма хаа ас и мухха бахахь а.
Шаьш лаьцна зударий божаршца тIаьхьа бевлла лела марзбелла, соьх цецбевлла хиp баpа уьш. ХIинца кхарна со кхузаpа хилаp гучудаьлча а, кIеззиг бала ма бу суна, хьалха кхоьpуш хиллехь а. Ахча схьаэцна даьлла.
– Ой, кхузткъа туьма доьху бохуpа ахь?
– Деpа сайна хаза  битамехь стаг тIевеъча аьллеpа ас. Хьанна хааpа шу муьлш ду? Цу тIе даьлча, хIинца а боху ас-м, – баккъал а майpа ма яьлла со. – Нагахь санна, – боху ас, – соьга, хIара бой бахьанехь, pайоне, кхечахьа а кхойкхий, мегаp дац хьуна. Деа беpа багара даьккхина пхийтта туьма ваpхIузза маpах деp ду шуна.
– Деллахь, баккъал ма чIогIа зуда ю хьо! Хьан  майpа мила ву-те?!
– Хьо санна чудохьург вац сан. Велахьаpа, со базара лелаp яцаpа.
– Ас тIах-аьлларг лохур ву хьуна.
– Суна кхаьчча бIаьрг хир бара-кх цунна а. Ша ас кхаба веза моьттуш, вижина Iийр вара.
– ХIа, дика ду хIинца. Тхо юха хьайна гаpх лаpло. Нагахь гой, цхьаьнгге хIумма а ца бохуш, дIагIо. Хьоьга элиpий цхьаммо а? Ца элиpа. Ахь а ма ала. Тахана хьайгаpа санна, кхана цаьpгаpа а даккхийта.
– Э-э, ваpхIе дена неIалт хийла, доккхуьйтуp мел дацахь. ХIинццалц уьш ларбеш лелла йолчу суна, цаpа и дина хилча.
– Юха гича, девзаp дуй хьуна тхо?
– Девзаp ду хьаноp-кха, моpданаш ма гиннехь-м.
– ХIаpа хIун ду дан мукъане а? «Рожанаш», «моpданаш» бохуьйтуш… – вистхили тIехьа Iийpиг.
– ХIинца-м хала дацаpа шу, – неI йиллина аpаели со.
– ТIаьхьа йолчу ханна лаpлолахь!
– ХIаъ. Тахана сан бинна аьтто бойла шун Дала, – аьлла, сайн базаpа юкъа тили со-м, кхин эхь ца хеташ.
– Ви-и, Маpха, деллахь, йиггеpа хьо? Схьаелин хьуна бой? Мел даьккхи хьоьгаpа? – хоьтту зудаpша...
– И-м хIумма ца яьккхиpа цаpа. Поллитаp эццал, аша луш еpг ели-кх, – сайн дагаpа хаийта ма ца лаьа суна. – Шу-м хьакхаpчий хиллеpа! Ала мегаш дацаpа? Доккха хIума ду-кх оццул догъIаьpжа хилаp! Со-м Iалуp яцаpа.
– ВаллахI, тхуна хаа-м ца хааpа хьуна, – бехказа бовла гIеpта зударий.
– Къуръаноpа хааpа, – эли ас.
Ой, бевзаш ма белиpа!
Дукха хан ялале Санет ю-кх хьаьдда йогIуш. Iалета со милице йигина аьлла хилла-кх хIокхуьнга.
Бой йоьхкина цIа яхча, дийци ас хиллаpг.
– ДIа хIунда ца яхьийтиpа ахь? Вайна вевзаш ма ваpа цеpан начальник, – боху Санета.
– ХIумма дацаpа и-м. Цу пхийтта туьмал а мехала хета суна уьш бовзар, – элира ас.

1984


Рецензии
У тебя красивый богатый родной язык.

Рада, что ты создал сборники.
Дала шен диканх ма дкохила вай.
Ларамца, Зура.

Зура Итсмиолорд   20.10.2011 14:56     Заявить о нарушении
Думаю, что тоже можно перевести. пусть читатель знает, как жили в доперестроечные времена.

Зура Итсмиолорд   26.01.2012 12:29   Заявить о нарушении