Дневник. 1985

КЪАНЛУШВОЦУ КЪИНХЬЕГАМХО

Александр Дюман дийнна белхахойн штат хилла боху, цуьнан меттана книгаш язъеш. Дуьйцийла йоццуш, Дюман цIарах арайийлина уггар а тоьлуш йолу романаш («Кхо мушкетер», «Ткъа шо даьлча», «Виконт», «Паччахь Марго», «Граф Монте-Кристо» кхиерш а) цо ша язйина.
Яздархочунна бехк буьллийла яц, кхечара цунна тIе шайн куьйгайозанаш кхехьарх. Цхьанне а яздархочо лур яц шен книга кхечунна, шен похIмах, шен книгах а бIобулуш хилча. Париж санна йолчу гIалахь-м муххале. Къона Дюма а ма веана Париже киснахь хIумма а йоцуш.
Шеко яц цхьана хIуманна.
Нагахь Дюмас шена тIедеана вевзаш воцчу яздархочун куьйгайоза эццехь а, и еккъа сюжет бахьанехь ду. (Дуккха  а яздархоша деш хилла и. Масала, къоначу Синклер Льюисера сюжеташ оьцуш хилла гIараваьллачу Джек Лондона.) Ахча а, доккхуш санна, дIалуш а хазахеташ хилла цунна. И книгаш Дюмас шен куьйга юха язйина, тойина, шорйина, хазйина йоцуш, вайна ца бевзачу яздархоша ма кхоллара елахьара, уьш вай йоьшур яцара, вай церан терго а йийр яцара.
Цхьанне а яздархочун массо а произведени цхьатера мехала яц. Дюман а ю уьш тайп-тайпана. ГIарабевллачу дуккха а яздархойн кхоллараллехь а ю царна цхьамма елла сюжет. Я некъа воьдуш хезна, я доттагIчо дийцина, я хьо яздеш вуй хиъча, хIокхунах я оцунах лаций яздехьа, аьлла. Я масийтта баьIа шо хьалха ваьхначу стеган книган я дневникан бух тIехь кхоьллина.
Цундела хета суна, вайн Дюмана бехк буьллийла яц, аьлла.  (Лев Толстойн уггар дикачех дийцаран сюжет «После бала» цуьнан вашас елла ю.)
Дюмас мел яздинарг, цхьана стагана хIора дийнахь бархI сохьтехь болх а беш, пхийтта шарахь схьаяздал ду, боху.
Ас, масала, книги тIера схьаяздечул а сиха яздо сайн дагара.
Вайнехан яздархоша мел яздинарг вовшахтоьхча а ца кхочу Дюмас яздиначуьнга: исбаьхьалицца, чулацамца, дукхаллица а.
А. Дюмас мел яздиначунна тIехь цуьнан доккхачу похIман мухIар лаьтта. «Фехтованин хьехархо» санна дика, йоца а роман, шен заманахь язйиначаьрца юьстича, дуьнен тIехь а дукха карор яц. Дуьйцийла йоццуш, Дюмас боккха тIеIаткъам бина шена тIаьхьа богIучу яздархошна. Кхо-йиъ книга а язйина IадъIийнехь, иза тахана а сийлахь яздархо лорур вара. Ткъа тахана цуьнан цIе учебникаш тIехь яц, цуьнан кхолларалла институташкахь, атталгIа школашкахь Iамош а яц.

НЕКЪАШ

Мацах говр-ворданахь лелачу хенахь, наха гIоли йол-йолу меттигаш лоьхуш, хьийзина некъаш дина. Ор долчохь гола а тухуш, хи долчохь гечо а лохуш.
Советан Iедал а хIоьттина, некъаш тодечу хенахь, уьш нийсса дIа ца дохкуш, хьалха нах леллачехула тIе жагIанаш бухкуш, асфальт юьллуш хIума дина.
Цундела ду Нохчийчура некъаш тIийриг санна хьийзина. Къаьсттина Мескир-эвла – Цоци-юрт.
– ХIара некъаш маца толур ду-те вайн?
– Дера толур ду вай тоделчахьана.

ИМАН

Дуьненан къайленаш, Iилманан кIоргенаш а кара мел йоьрзу, адам кхетар ду Дела хиларх, иза цхьаъ хиларх а.
Ткъа Iедал хьекъале мел хили а, цунна хуур ду, халкъ Делах тешар пайденна дуй, царна тIехь Iуналла дан, нах муьтIахь латто атта хилар. Оццу бахьанашца тIеэцна керста дин Риман императора а.
Делах тешаро адаман дегI, са а цIена латтадо, адамийн юкъаметтигаш а нийса лелайо.
Нах Iехийча а, Дела Iехалур вац. Цундела, баккъал а Делах тешарг, нахана гергахь моттаргIанаш лелош, къайлаха-къулаха шен кадаьлларг дечарах вац. Вочух, Дала хьарам диначух а кхоьруш, ша ларво цо, уггар тоьллачу жандармачул дика. Цунах олу иман.

«ИГОРЬН ПОЛКАХ ЛАЬЦНА»

1185 шо. Игорь Святославич половцашна тIелатар.
Д. Мальсаговн статья а ю цу ца вевзачу авторан произведених лаьцна. Цхьацца цу тIехь ца кхета меттигаш вайнехан маттахь талла гIерта иза.
Студенташна юкъахь даьржина ду, Овлур (половцаша йийсаре вина Игорь шен накъосташца а вадийтинарг) вайнехан стаг хилла бохург.
Овлур йолах салти хилла бохучунна тIедоьгIна кхетадо и. ХIунда аьлча, иза половцийн къомах хиллехь, ша ИгорьгIаьрца вадарх, цуьнан гергарнаш, да-нана, йиша-ваша а буха дуьсур дара. Иштта боккхачу кхерам кIелахь уьш буьтуш, и цхьаммо а дийр дац. Цундела уьш половцийн куьйгаш тIе ца кхоччучохь хила беза. Церан бекхамна кIелахь а боцуш.
Ткъа хIун бахьана ду Овлура Игорьн гIодар? Ахча?
Схьагарехь, Игорь Овлуран ненахойн агIор гергара ву.
«Шен ненахой, стунцахой а ца леринарг стаг вац».
Произведенин ца кхета меттигаш вайнехан маттахь кхетаялар а, цуьнан автор а вайнахах схьаваьлла ву, бохучунна тIедаладо студенташа.
Иза Овлуран вастаца дусту.
Хьанна хаа, хIинца вай массо хIума а оьрсашца доза гIертаран хьу хила а мега и...
«Овлур волком потече».
Оьрсаша борз Iовдала, сутара а лору. Нохчаша – Турпал. Нохчийн фольклорехь санна, борз хестош яц цхьанне а.
Мухха делахь а, цхьа борз-м хилла-кхи Овлур!

ОЛИМП

Олимп. Ширачу грекийн мифологехь церан делий Iаш болу лам. Коьрта дела – Зевс. Цул сов, дахаран хIора агIонан шен-шен дела…
Схьагарехь, ширачу грекийн дайх ваьллачу пайхамарца, Синай тIехь Муса пайхамарца санна, къамел дина Дала Олимп тIехь. И ду церан кхетамехь Делан цIа оцу ломаца дозар. Хенан йохалла, Дала кхоьллина долу джинаш, маликаш (хIоранна тIе шен-шен декхар дуьллуш), Делан дарже даьхна грекаша, Далла кIентий, йоIарий а язбина. Цуьнан къеггина лар ю Гомеран эпосехь, грекийн ерриг а мифологехь гуш ерг.
Ширачу заманахь дуьйна историно гойту: муьлхха а къоман кхиамаш Дела цхьаъ вечу, дин цIена лелочу муьрехь бу. Керстаналла даьржича – дерриг а духу. Иштта ю жуьгтийн къоман истори а.

Грекийн ширачу авторша хестош, сийдеш, язйина йийцина Олимп, беламе йоккху тIаьхьа богIучу авторша. Иштта Гомеран «Илиада» а пайда боцчу йоккху. Трояна дуьхьал грекийн элаша биначу тIеман проблемаш «Дехкийн, пхьидийн а тIаме» йоьрзу.
Схьагарехь, цигара хьесап дина Маркса: адам беламца къаьста шен историх.

ЮЬРТАРА ЭТЮД

Вехха ирахь а ца Iалуш волчу Зубайрин, Мумадин а дов долу. Зубайрас «тхьашт» олий нийсса бетах буй туху Мумадина. Важа «гарров» олий хаттала вужу. Зубайра ше дIаса а техкаш Iашшехь, Мумадис хьала а гIоттий буй тухий-тухий Зубайра вожаво. Ши куьг дIаса а даржош, хурашка генна дIа а кхоссалуш, верриг а хаттах вузу Зубайра. Мумади раз-раз а вуьйлуш дIавоьду. ГIаьттинчу Зубайрас, шегахь тIаьхьакхиа ницкъ ца карийча, хаттех юьзна хурашка тIаьхьа ластайо. И уккал чу а кхетта, ца лайна Мумади, галволий Iуьнкара ваьржа.

ЛАРВАР

– Хьо буьйсана чоьхьаваьлча, чиркх ма латабелахь. ЦIеххьана кхералур ву хьо.
(Ирча зуда ялийначу стаге.)

МИЛЦОЙХ ЛАЬЦНА

Ша хIумма а юхкуш вац, хеча ша эцна ю, аьлла кIанта.
Милцой схьаяккха хьаьвзина. КIанта дуьхьало йина.
Иза йиттина охьавиллина кхаа милцочо. ТIаккха тIе мийраш биттина. КIант велла. И министран кIант хилар хиъча, шиъ шаьшшина тоьхна велла. Цхьаъ капитан, важа – лейтенант. И шиъ хьала-охьа а велла хилча, кхоалгIаниг халла кIелхьара ваьккхина боху, коьрта бехк вукху шинна тIе а теттина.
И кIант-м, пекъар, гIаддайча, цхьа бекхам боцуш ца висна. Ткъа и цхьа гIийла, миска нехан хиллехь? Цхьана а тайпана таIзар доцуш дуьсур дацара и зулам? Дог этIа вайн милицехь къонахий ца хиларна! Дог этIа цара базаршкахь зударий, бераш хьийзадарна! Iедало шен белш тIе погонаш латийча, дарже хIоттийча, ахча а делчахьана, стага дийр доцуш хIумма а дац.
Со кхета, и кIант а нохчийчун даго витина хир вац, ша министран кIант ву, ша могуьйтур дац, ала. Амма, иштта мел хили а, вукхарна тIедогIу эхь даз ма ло.
Университетехь кафедран заведующи а волуш волу, профессор Алироевн кIантана а йиттина, бохуш, хезна суна. И мел ведда леларх хIумма а дан ца делла, боху цуьнга.
ДагадогIу, Мескар-эвла томана гIуш дара тхо: Ибрагимов Эла-Хьаьжа, Иблиев Iела, Iелеран Леча (машен лелош), со а (некъ гойтуш).
Эвлайистехь ПАИ-н ши белхахо вара лаьтташ. Цкъа сацийна стаг-м, цара ахча ца доккхуш вохуьйтуш ма ваций.
Iелас машен ша лела ца йора. Леча, со а хIетахь школехь доьшуш вара. Массо хIума а оьрсийн законийн элпаца догIуш ма ца хуьлу вай.
Сацае, аьлла гIаж леци. Iелас, дIаяхийтахь, эли Лечега.
Тхо гена довлале тIаьхьа мотоцикл хаьхки цо.
– Сацаел, Iа ца воллу хIара, – эли Iелас.
Охьадисси тхо. ЧугIерта иза. Кхаьхьа де дийр ду ша, Iаллов-ваддай. Машен саца хIунда ца йина?
– Жима къонах, тхо нехан юьрта даха арадевлла дара, цхьа гIуллакх эцна. Некъ юхахьа ма баккхахьара ахь тхан. ДIадахийтахьара ахь, – хаза доьху Эла-Хьаьжас, Iелас а.
И мел олу а чуравуьйлу важа. Хаза вист мел хили а деза дуьйцу. Кхуьнан де хеннара нах бу хьуна хIорш.
ДогIанаш схьадаха кхоссавели иза, машен отделени дIаюьгур ю, аьлла. Лечас догIанаш кара ца дахийти цуьнан. Амма, тIеттIа карзах вуьйлуш, саца дагахь вацара иза.
Цхьа тиша «Победа» сеци тхуна юххехь. Цу чура охьа а воьссина, тIевеа зоьртала кхоъ жима стаг. Суна цул хьалха, цул тIаьхьа а гина а бац уьш.
– Ассалам Iалайкум, – аьлла, тхоьга салам а делла: – ХIокхо хIун боху шуьга? – эли цара. Юха цуьнгахьа а бирзина: – Ахь хIун ден боху кхаьрга?
Суна цкъа а ца гинера, стаг иштта сиха юьхьтIехь хийцалуш, шен къамела тIера юхаволуш а.
– Ас-м ца боху хIумма. Ас-м ца боху кхаьрга хIумма а.
– Шу дIагIо, тхо совцур ду кхуьнца, – элира кегийчу нахах цхьамма.
ХIорш-м нахана гиначаьрга, наха лайначаьрга а хьаьжча, кхин даккхий масалш а дац.
Бакъдерг ала деза, милици яцахьара а йиш яцара. Дуккха а дика кIентий а бу царна юкъахь. Амма ледарнаш, соьмах бохкалурш а дукха хиларна, диканаш ца го.

ХЬОШАЛЛА

Хаттар хIоттадарх доьзна ду жоп а. Масала:
– Ахь чай-м мер дац? – аьлча:
– ХIахIа, баркалла, – ала догIу.
Хьаша меца хила а тарло. Эхь хетта, яаза вуьсур ву иза.
– Ахь чай молий? – аьлча, стага ша гуттар а чIогIа вуьзна вацахь, ца деза эр дац. Эвхьаза ца хеташ Iаш волчуьнга шозза-кхузза ала а мегар ду. Уггар диканиг, хьо даггара лелаш велахь, юург охьа а йиллийтина:
– Чай мала вайшимма, – алар ду.
Дукха хьолахь, шена хьалха хIоттийнарг ца кхоллуш Iийр вац хьаша. Ша меца вацахь (хIусамнана чухула йола ма еллина хаа стагана цуьнан дагара), хьешо:
– Суна хIумма а ца оьшу хьуна, со хIинцца хIума кхаьллина ву, – эр ду. Амма иза шайн рицкъах кхета луург, цо и аларх, хьалха чайна стака ца хIоттош Iийр вац.
– Чайн стака мукъане а малахь.
Я кийча елахь, юург юьллур ю:
– Хьайга яалуччул кхоллур ахь.
Хьаша дехьа-сехьа юьртара веана велахь, я юьртара велахь а, хьо волчохь хьевеллехь: «Чай молий ахь?» – хетта а ца оьшу цуьнга. Юург хьалха йилла еза. Шина ламазна юкъахь йолу хан, хIума юу хан ю.

Сайд-Хьусайн белхан гIуллакхна ДегIастана вахана. Цул хьалха дада а берхIитта шарахь леллера Хасав-юьрта, баьллаш, Iежаш, хьайбанаш ян. Иза дика вевзаш вара цигахь. Дада цомгаш хилча, ДегIастанара дукха нах баьхкира цуьнга хьовса, совгIаташ дохьуш.
Цхьаьнгге а хIумма йохьуьйтуш йоцуш, машенаш керта а ца юьтуш, юхахьежош хилла. Оццул некъ бина, яьсса машен хаьхкина цIа ван ца лууш, Сайд-Хьусайн къамеле ваьлла. Цхьацца дуьйцуш, хIара Куршлойн-эвлара вуй хиъча:
– Кацаев Абзу вевзий хьуна? – хаьттина, цуьнгара хьал довза лууш.
– Сан да ву-кх иза, – аьлла Сайд-Хьусайна.
Эцца, цхьа Делан къинхетам ца хиллехь, яьсса машен хаьхкина юхавогIуш волу хIара, веза хьаша вина тIеэцна, шайн-шайн чукхойкхуш массара а юкъавоьллина. Цу массаьргара а схьаваьккхина цхьамма шайга вигина:
– Сан кхуьнан хенара кIант а ву, – аьлла.
Сайд-Хьусайна дуьйцу:
– Сихха хьалха чай, чайца кIез-мезга юург йилли тхуна. Ас, ерриг юург а и ю моьттуш, дика хIума ма кхоллу. Цхьа хан яьлча, схьакхехьа долий жижигаш, тайп-тайпана даарш а. Суьйлийн доьзалехь хьошалгIахь дуьххьара волуш, суна ма ца хаара, цара юург яале чай молий. Яа гIоьрта со, яалой соьга? Легашна чоьхьа ца долу суна я плов, я жижиг а. ТIехьаьжна, чомаца а мерза кечйина ю ерриг а. Къамкъарг яшо кхин чай а ца дохьу. Эхь хеташ Iахь хIума яаза вуьсур ву, аьлла, чай дийхи ас. «Цкъа хьалха хIума а йиина, тIаккха чай тIемала Iемина ву со», – аьлла. Бийла а белла, чай деа суна.
Оцу дийцарехь суна дика хеттарг, юург яллалц хьаша меца а ца латтош, кийча ерг хьалха йиллар ду. Генара веанчу хьешан хьер теян, сихха хIоа кхаьрзина, тIо-берам кечбина, помидор, наьрс, я нехча, я налха-бепиг а хьалха диллина, чай малийта деза. Ткъа Сайд-Хьусайнна хилларг ца хилийта, хIусамдас ала деза:
– Юург схьайоллушехь, цхьацца стака чай мала вайшимма.

Цхьана нахе хьаша веана хилла.
Юьхьанца и дика тIелаьцна долчу хIусамдена, нанна а, хьевелча, хьаша кIордо волийна. Амма важа дIаваха кхеташ а ца хилла. Юуш, молуш, делкъахан хиллалц наб еш. Шайн гIуллакхе баха йиш йоцуш хилла уьш.
ПхоьалгIачу дийнахь, Iуьйрана нуй-горгам деш йолчу зудчо, корера бой дIатеттина, хьешана хазийта хIусамдега аьлла:
– Хьажахь, нехан хьеший-м Iуьйре дIабоьлхуш бу.
ХьалагIатта карах ца долуш, юргIанах хьерчаш Iаш волу хьаша:
– Шу хьаша Iовдала ма вац, – аьлла, ха а хаьрцина, пенехьа вирзина.

Вайнехан Iедалехь, хьаша, цхьана сингаттамо араваьккхина, бохам хилла тIевоьссина вацахь, кхо де-буьйса даьллачул тIаьхьа дIаваха везаш ву. Я ша беана некъ бовзийта беза. Шен гIуллакхаш кIел дитина, цуьнан самукъа даккха гIерташ волчу хIусамден йиш яц, кхин сов хан яйа. БIаьстенан юьххьехь, гурахь а муххале. Стага шех бала бан ца беза нахана.

ДАХАР

1

Зер. Аьхка ирзо тIе воьдуш, цIа вогIуш а, колхозан аренашкахь маьлхан аьтталехь, асарш деш зударий, бераш а го. Хийла нах бу вайна юкъахь, цхьана а кепара хьекъал, кхетам я нахаца бала а боцуш, деккъа хабар, саьхьаралла а бахьанехь хьалхенаш яьхна. Ма атта беха цхьаболу нах. Юьртахь, гIалахь а. Ма холчахь а бу дукха нах. ХIун дан йиш ю сан царна? ХIун аьтто бан? ГIалара цIавогIуш, автобус тIехь, 1-чу классехь сайн хилла хьехархо Абдулкеримов Рамзан гира суна. ГIуллакхаш, дешар а муха ду а хаьттина: «Э-э, дIавала, ас бохург ца хили хьо а. Ас хьоьхучу хенахь дика вара. ТIаьхьа телхира», – элира цо. Цо и аллал айса хIун дина-м ца хаа суна. Со хIинца а хIумма дан кхиъна ма вац. Сайца мел хилларг, сайна мел гинарг, айса мел лайнарг, кхолламо иштта нисдича санна хета суна. Хуьлийла и безаман къаьхьалла я марзо, доттагIийн тешам, лерам, цомгашчун бала хьегар я хазахетар, цхьалхачу я къечу стеган ойланаш... Сан массо хIума а дика хилча, со кхечарах а ца кхета ма тарлора, дуккха а хIуманна хьесап далур дацара. Дерриг а дахаро сайна гойту, аьлла хета суна, юха нахана и соьгахула дIадовзийта. ХIун ду-те Дала суна гайта кечдина, шен дийне хьоьжуш лаьтташ? Цкъацкъа ойла кхоллало: «Ас ца Iамийначу Iилмане хьаьжча, ма дукха хIума хаа суна». Дахаро гойту: «Ас мел дукха книгаш ешнехь а, кхоччуш цхьа а хIума ца хаа-кх суна». Дала шена яздархо ван лиъначу стагана я жимчохь, я воккха хилча, халонаш, эшамаш а гойту.

2

Махбар. «Спекулянташна – тIом!» – пачхьалкхан лозунг. Со кхета цунах, амма адамаллийн хьесапе диллича, тIом латтабарх проблема дIайолуш ца хилар го. Берриг спекулянтийн бехк а бац. ХIун ю бархI, итт, шийтта туьма, доьзал кхаба, ваха а везаш волчу стагана? Вай даккхийдоь советски законех. Россихь муха ду хаац, амма Нохчийчохь уьш лардеш дац. Цул сов, массо закон а дац бусалба динца, нохчийн гIиллакхашца а догIуш. Амма Москвахь, уьш тIеоьцучу хенахь, кхечу къаьмнийн амалшка ца хьовсу. Массарна а цхьаъ! Вай дозалла до: вайн пачхьалкхехь белхалочун алапа инженеранчул а лакхара ду, бохуш. Ткъа мила ву цу шиннах гIоли Iаш? Инженер ву-кх. Парадокс? ХIахIа. Цуьнан кара дуккха а хIума йогIу, йохка йиш йолуш. Декъаза белхалочунна, алапа доцург, хIумма а ца го. Спекуляцин орам хадо, уггар хьалха, нехан таронаш, Iер-дахаран хьелаш тодан деза. Туьканашкахь тоьллачу товаран кхачо ян еза.

3

Вайн Iедал. Iедал бехке до вай, жимма а вайна цхьа хIума ца тайча. И нийса дац, хIунда аьлча вониг Iедал дац, нах бу. Ткъа Iедал вай диннарг ду. Нах а бац вуо, вай ду, хIунда аьлча вай ду и нах а. Цхьаьнца дика, кхечуьнца вуо, цхьаьнца деладелла, кхечуьнца гамо лаьцна, Iоттаделла, цхьанна хьесталуш, вукхунна чугIерташ, цхьанна дIакхийдош, кхечуьнгара схьаийзош, цхьанхьа стаг вуьйш, вукхахьа хIума лачкъош... Вай ду бехкенаш! Вайх хIора а! Нах бац, Iедал а дац. Iедал а ма ду вай. Вайна вазвина ваийтина цхьа а ма вац цигахь хиъна Iаш. ХIара де, и ма де, бохуш. Вай ду-кх. Цецвийлина ца валлал, баккхий хийцамаш хилла Нохчийчохь тIаьххьарчу ткъа-ткъе итт шарахь. Хьанна ала догIу баркалла? Советан Iедална. Вайна-м, тахана кхиъна долчу, башха доккха хIума а ца хета чохь буьйсана сирла хилар, радио, телевизор, книга, машен, кема, цIерпошта, тIекIел дина цIенош... Даар-малар, има-беркат – цкъа а цхьана а Iедалехь ца хиллачу кепара. Уггар а коьртаниг – вайн дайша бIешерашкахь къийсина паргIато! Маца хилла вай тахана санна маьрша? Тахана-м вай марзделла, цец а ца дуьйлу кху инзаре хийцамех. Дуьненан къаьмнаша эзарнаш шерашкахь сатийсина, лехна Iедал ду вайниг. И дерриг а дика, иттаннаш шерашкахь (кIеззигчу хенахь!) хилла вайна, Советан Iедал бахьанехь. Муха баьхна вайн дай? Мел бала хьегна цара! Мел хало гина царна! Мел къаьхьалла Iевшина церан дегнаша! Ма цецбевр бара уьш таханлера вайн дахар гича! Ма хазахетар дара царна хIара сурт! Ма баркаллаш бохур дара цара Советан Iедална! «Шайн тIаьхье иштта хир юй хиънехь, бIешерашкахь тIемаш бийр барий-те цара?» – олий хета. Ткъа вай стенна юьйцу Америка, Ингалс, Германи кхиерш а? ХIун ду цигахь вайчул тоьлуш? Цигахь долу диканиг – и халкъана цхьацца хIумнаш тIехь аьттонаш кхоллар ду. И а нахаца бала болуш деш дац, и Iедал юхадалар ду. И дерриг а (со тешна ву цунах!) Советан Iедал бахьанехь а, Советан Iедалх кхерар а ду. Шайн пачхьалкхашкахь а «цIен ун» даржарна кхерар. Шен халкъан, шен даймехкан Iедалан сийдаран, и лараран а мах хьан я стен хадор бу? Сан даге хьаьжна делахьара хIара Iедал, хIара дуьне а! Ма нийсо, маршо, паргIато, токхо а хир яра дуьненчохь!

4

Хьаькамаш. Хьаькам айина лелаво вайнаха, и хьаькам шайна хьеста волуьйтучу меттана, шаьш цунна а хьесталуш. Юьртахь юьртара хьакам а ца мега. Аьрзнаш до. Цул вониг а ца хуьлу. Суна схьахетарехь, хIора шарахь цхьаъ-шиъ хийцало колхозан председатель. Цуьнан керта докъаран ворда еъча а, и массарна а гуш ю. Шаьш цул алсам йохьуш, лачкъош белахь а, куьйгалхочо дийриг бен ца хуьлу массеран а багахь. Цундела иза ца мега. Кхечу юьртарниг дуккха а дика ву. Цо хьош ерг, иттаза сов елахь а, и гуш яц. И кхечу юьрта дIахьош ма ю. Цундела иза дика ву. Махкахь нохчи а ца мега вайна куьйгаллехь. Оьрси веза. Иза дика ву. Цунна хьеставала а эхь ца хета. Цо бохург дарх а, царна шайн зудабераш, зударий нисбарх а эхь дац. И гIазакхи ву. Церан гIиллакхехь хIуъа а мегаш ду, сане хилчахьана. Нохчи мегар вац куьйгалхо. Цо бохург дича а эхь ду! И мила ву со воцург! И хIунда ву, со хIунда вац хьаькам! Цул а дуккха а хьакъ ву-кх со! Церан вархIе да а ца хилла сан вархIа дел а тоьлуш! ХьагI. Бода. Деган волла. Дика массо а хирг хир вара вайна, массаьрга а цхьатерра яккхийта таро хилча. ТIаккха а, бIаьрзечо санна, суна а хIоккхул елла волу, хьайна ма йитина хир ю ахь! – эр дара нохчийчо. Нохчаша шаьш харцахьа даьккхина массо хIума а. Стага, ша Iедало алапа луш бечу белха тIехь дуьххьала дIа дан декхарийлахь верг, хьуна диканна деш санна, и хиъча шена могуьйтур доцуш санна сурт хIоттадо. Iедало шайна схьаелла бакъонаш, паргIатонаш а ца хаа нохчашна, законаш а ца девза. Оьрсийчо шен цIийнан гонаха йолу керт охьакхетча хьала а ца хIоттайо, юьртасовето белхалой ца бахкийтича. Нагахь ша жимма а декъа тIехь куьг Iоьттинехь, дефектни акт, кхидолу документаш а хIиттадойтий, цунах а ахча оьцу. ГIишлошъяран материал а ло Iедало, ахь цIено дичахьана, хьуна хIора баттахь алапа луш. Нохчи, вала хIотталц Iедална вецаш, юха цIахь цIа дан гIерташ. И а юха меттигерчу Iедало: хIунда деш ду ахь, стенах деш ду ахь? – бохуш хьийзаво.
Халла хене вала гIерташ, доьзал дIатарбан гIерташ цомгуш хуьлу стаг. ХIун аьтто бу цунна тIаккха мукъане а? Жима масал. ХIокху заман хIилланаш доцуш, цхьа стаг хилла Куршлойн-эвла больнице валийна. Дика хьал ца хилла цуьнгахь. Халла бен шен дегI ца латталуш. Чувижориг пхи туьма мах буй хаийтина цунна. Цкъа ца кхетта иза.
– Маьнган мах бу-кх пхи туьма, – аьлла цуьнга.
– ОйхI, ас цIера бохьур бу-кх маьнга, – аьлла цо, ца кхеташ.
– ЦIера беанарг ца мега. Кхузарчух ахча дала деза.
И пхи туьма дIа а делла чувижина иза. Ша молханаш оьцуш, тIаьхьа еанарг бен башха яа хIума а йоцуш, бутт сов хан яьккхина, араволу хан тIекхаьчна цуьнан. Шен гоь, мотт дIа а хьарчийна, маьнга вовшах боккха волавелла хIара. Медйишас и болх лоьре хаийтина. Ерриг персонал а схьагулъелла.
– Ахь хIун до? Стенга бахьа гIерта хьо маьнга? Иштта мегаш ма дац, – дуьхьалбевлла кхунна.
– ОйхI, муха, ас ахча а делла эцна бац  хIара маьнга? – аьлла воккхачу стага.
И баккъал хилла ду, бохуш дуьйцу.
Массарна а хууш ду лоьраша молханаш тIехь лелош дерг. Шайна вевзачу, шайна тешаме воллу накъосте дIа а лой, дохкуьйту. ТIаккха хьан гергарчех цхьаъ, я хьо цомгаш хилча яз а дой:
– Кхузахь дац, чIогIа деза молханаш ду уьш. Карош а дац. ДIа-а хьенехехь ду моьтту суна. Цаьрга хьажахь. Цхьамма-м ша эцна бохура цаьргара, ; олу.
Искусственно дефицит кхуллу. Чохь вала охьавиллина, стаг а волуш, хьо лелар ма вац и къасто гIерташ. Ткъа вайн гIуллакх дIадаьллачул тIаьхьа бала а ца хуьлу кхидIа. «Наханчул сов, суна стенна оьшу и?» – бохучу ойланца. И ду галдаьлларг. ХIоранна а и къасто декхарийлахь ша ца хетар. ТIаьхьаша лен а луьйш, эладитанаш а дуьйцуш лийр долуш нах ду-кх вай, бакъдерг стаге юьхьа дуьххьал дIа ца олуш. Цхьана больницехь хилла ца Iа и. Вайн дахаран массо а агIо ю иштта. Схьаэцал муьлхха а организаци. Совхоз, завод, фабрика, комбинат, кхиерг, кхиерг а. Царна тIехь Iуналла дан декхарийлахь йолу милицин структураш а ю шаьш жоьлгаш. Хьаькамех эксплуататорш хилла, милицех – жандармери. ЦК-хь болчу баккхийчу нахана хIун хаа нехан хьашташ, наха юкъахь лелаш дерг а? Нохчийчохь дерг дIанислур ду, Iедало кхерийна, таIийна долу чIура меттана, кегийраш дIахIиттича.
Массо а хьаькаме, дийнахь шина сохьтехь мукъане а, болх байта безара. Царна тIаккха хуур дара нуьцкъала болх бечийн хьал. ТIаккха церан сий дийр дара цара.

5

Кандидат. Тахана тхан группан гулам бара. Г. Л. парте яла заявлени яздина. Цунна характеристика чIагIъеш дара тхо. ДIадийшира цуьнан заявлени: «Со лууш ю коммунистически партин могIаршкахь хила...» иштта дIа кхин а. Характеристика йийшира. «Реза волчо куьйгаш айа», – эли. Айира. И-м йоккхур хир ю. Парткомехь дийцина цхьаъ хир ду цуьнан. Цхьаьннан куьйгаллица, цхьаьннан хьехарца ца хилча, цунна шена дага а догIур дацара. Массарна а хууш ду парте валар муха нислуш ду. Вала лаьий хьуна парте? Ахча хьалха даккха. И массанхьа а ду: совхозехь, заводехь, организацехь а. Халкъан партех цхьана тобан, цхьана классан, цхьана гон парти йина. Нохчийчохь Россехь санна дац. Кхузахь, парте мел волуш верг, шен дуьхьа волуш ву. Балха тIехь шен кхиамаш хилийта. Цхьа а вац партин дуьхьа, халкъан дуьхьа лелаш. Бакъболу коммунисташ, (шайн сица, шайн дегIаца, шайн кхетамца), кисанахь партбилеташ а доцуш, партина юьстаха буьсу. Цундела муха нисло? Хьаькаман дарже хIотто шиъ кандидат хилча, царах партехь верг хоржу. Балха тIехь къовсам баьлча, партехь волчуьнгахьа узу. Иштта тоьлу харцо. Ярташкахь кхиъна вайн заманхой оьшу ЦК-хь. ХIара дерриг гуш, хууш, шена тIехь ловш а кхиина. Ярташ а чIогIа тIаьхьа юьсу вайн гIаланел. Уьш а яра тIаьхьа кхио езаш. Низам тодан деза, къепе нисъян еза. Иштта дIагIойла а дац! Цхьаъ дан деза!
Ас и Г. Л. бехке еш дуьйцуш дац. И-м дика йоI ю.
Амма дика йоI хиларх а тоьий-те парте вала?

6

Куьцан агIо. Тхан группан юха а гулам бу. ХIинца парте воккхуш дац тхо, мелхо а комсомолера дIавоккхуш ду. Гуламехь дакъалоцуш факультетан комсомолан секретарь Зараъ ю. Цхьа законаш ду вайн пачхьалкхехь, стага цхьа зулам динехь я цуьнгара ца хууш а гIалат даьллехь, и чуволла йиш яц партехь, комсомолехь я депутат волуш. Иштта меттиг нисъелча, цунна накъосталла дан дезачохь я мел бехке ву и стаг къасточу меттана, иза, дукха хьолахь,  тIаьхьаоьзначу терахьца дIавоккху юкъара. Иштта ю демократин бакъонаш. Тхоьга а боху:
– Вайн комсомолан организацин тIедеънарг доккха эхь ду. Москвара районан милицин декъара жоп доьхуш кехат деана университете. – Группера евзачу йоIан цIе, фамили а йоккху цо. – Милицино хаам бо, иза Москвахь туьканахь рогIехь лаьттачу зудчун бохча а даьккхина, схьалаьцна хилар. Иза университетан студентка хиларан тоьшалла; комсомольски характеристика а яийтар доьху. Шуна ма хаъара, иза башха занятешка лелаш а йоцуш, йохка-эцар лелош яра. Наггахь университете гуча а йолуш. Цундела деканато сацам бина иза дIаяккха. Ректорато и сацам чIагIбина. Ишттачу наха комсомолан а сий дойу. Цундела вай тахана гулделла цо динарг дийцаре дан. Предложени ю, иза дешарца хаддаза лара ца  ярна а, занятешка ца леларна а комсомолера дIаяккха. Шайна хетарг алал.
Чохь тийналла хIутту. Цхьанне а хьалха вистхила ца лаьа.
– Ахь ала, Махьарби, – олу Зараа.
– Ас хIун эр ду?– олу цо гIийла.– Наха аьллачунна тIехь ву-кх со а.
Чохь белар оьккху. Массарал а воккха ву аьлла делла цунна дош. ХIара ма ву воккха пекъар, ахь бага боьллича, пIелг а Iовшур боцуш.
ХIоранна а вистхила бегIийла доцуш хета. Суна дош ло.
–  Суна хIара ерриг процесс а нийса ца хета. Иза кхузахь яц. Вайна цо хIун дина ца хаа. ХIун ца дина ца хаа. Цара яздар бен. Соьга хаьттича, университетера дIа а нийса ца яьккхина. Доьшуш юй, яций бохург хьалххе хаа дезаш дара деканатехь, ректоратехь а. Соьга хаьттича, нийса хир дара, вайна и ма йовззара, вайна юкъахь цо ша ма гайттара характеристика а язйина дIаяхьийтича. Бехке елахь, цо дан гIо а дац. Бехке яцахь, цунах гIуллакх а хир ду. Ткъа цуьнца дерг, и цIаеъча къастийча нийса хир дара. Дуьхьал дIа а хIоттийна.
Амма со кхета и тоххарехь къастийна даьлла гIуллакх хиларх. ХIара тхоьга лелайойтуш ерг куьцана агIо ю.

7

Ермолов. Царна хIолламаш хIиттаярх, урамашна, ярташна церан цIераш тахкарх а, уьш безар бац нахана. Царах лаьцна вониг бен ца дисина халкъан иэсехь. Ермолов – патриот ву, Даймехкан тIеман (18I2) турпалхо ву, боху оьрсаша. Даймехкан тIеман турпалхо оьрсийн халкъ ду. Ермолов вац. Ермолов воций хуур а дара оьрсашна, иза нийсса цхьа баьIа шо тIаьхьа ваьхнехь. Цо оьрсийн, 19I7 шеран революци, цIийлахь хIаллакйича. Цо и дийриг хиларх сан шеко яц, хIунда аьлча иза цкъа а ца хилла оьрсийн халкъаца. Иза оьрсийн хьоладайшца хилла, оьрсийн паччахь волчу агIор. Цунна, и санначунна а деза халкъ, иза бежана санна бохург деш, муьтIахь мел ду. Шайн лааме кхийда адам, халкъ а бIаьрга дан ца деза царна. Иза турпалхо велахь а, оьрсаша шайн турпалхочун хIолламаш Москвахь хIитто еза, Соьлжа-гIалахь а ца хIиттош. Соьлжа-гIалахь Чеченский Александран хIоттае хIоллам. Оццу французашца биначу тIеман турпалхо ву-кх иза а. И хIунда ца вуьйцу? Нурадилов Ханпашина хIоттае. БойсагIарна хIоттае, шен майраллица, доьналлица а цу тайпана кхин масал сила долчу дуьненахь а доцучу. Кхин а иттаннаш-бIеннаш нохчашна, гIалгIашна а хIиттае. Оццу хаттаран шолгIа агIо. Гитлер, шен аьтто баьллехь, дерриг а дуьне хьаша гIерташ хилла, фашистийн эткашна кIел. Тахана а карор бу Германехь и везаш, и лоруш нах. Иштта Францехь Наполеон а. Италехь – Муссолини а. Иза, важа а патриот хилар шеконе дуьллийла яц вай. Амма хIунда яц царна Москвахь хIолламаш? Цуьнан хьесап дичахьана дIанислуш ду и. Кавказан тIамехь дакъалаьцначу оьрсийн инарлашна, европейцашна индейцаш санна, хилла-кх ламанхой. Индейцашна беза бахьана дуй авантюристаш, инарлаш, губернаторш, диктаторш а Вальтер Рэйли, Хемфри, Джексон, Кастер, Ховард, Майлз, Гиббон, дон Педро де Вальдивия,  Карроско, Харрисон, Джильберт, Расенкин, Парфирио Диас, Браво, кхиберш а? Африкехь везийла а дуй Сесиль Родс? Уьш, историкаша хIуъа дийцахь а, Делан дуьхьа лелла нах бац. Цара лехнарг, царна оьшург а сий, хьал, бахам, даржаш, цIен, Iаьржа а деши ду. Уьш шайн олалла чIагIдан арабевлла нах хилла. Цу тIемашкахь а, Кавказан тIамехь а инарлаш делла дош дош а ца хилла, машар машар а ца хилла, цаьрца дерг я тешам болуш гIуллакх а ца хилла. Уьш, вуьйш а дуьххьара хьеший санна баьхкина. ШолгIачу муьрехь царах бевдда богIурш тIелецна (леш, зуламхой). Юха махбан баьхкина, царал тIаьхьа Iелимнах, тIаккха латтанаш дIалоьцурш. Эххара тIамца чубаьхкина. Дийнна хьаннаш, ярташ, зударий, бераш, къаной а хIаллакбеш.
Цаьрца хIилла, ямартло, цабезам, къизалла а. Царна хIоттош ю и хIолламаш? ТIаккха фамили дIа а яьккхина буха яздан деза-кх Ермоловна а: ХIилла, Ямартло, Цабезам, Къизалла. ХIинццалц Кавказ оьрсийн бIаьргашца гайтина литературехь. ХIинца Росси кавказхойн бIаьргашца гойту хан кхаьчна.

8

Гуш доцург. Кечделла зудабераш дара схьадогIуш. Царна юкъахь шен шича евзира цунна. Мехкадаьттан институтан студентка. Автобусан тIе ца боьлхуш, юьстаха дIахиттира уьш, такси соцуче. Цкъа вистхила ойла а хилла, юха а дIавахара иза. Шен накъосташна гергахь йоIана эхь хета ца лиира цунна, ша бахьанехь. ХIара уьш санна кечвелла вацара. «Встречают по одежде» – бохург дагадеара цунна. «Сан коьрта чохь, дага чохь а дерг ма ца го царна...»

9

Деваша. Цхьана стагах лаьцна дийцира суна. Да воцу шен вешин кIант тIелоцу, зуда ялориг хилча. Дукха зен а ца деш дIадерзадо той. ТIехь да вац, бохуш, дуккха а совгIаташ дохьу наха. Царах хIумма а ца луш, кIант шена воккху девашас.

10

Ларам. Там бар – зуда йохкар, эцар ду. И зудчун сий дайар ду, бохуш яздо. Цхьана хIуманах кхета дезара. Вай миллионераш хилча, там – миллионаш хир бара. Вай миска делахьара – 2 туьмин 5 сом. ХIуъа дийцахь а, и хаза гIиллакх ду. Цуьнан маьIнах нийса кхета, атеистан бIаьргашца а ца хьожуш, бусалба стеган бIаьргашца хьажа веза. Цул сов, атта ялийна зуда атта дIайохуьйту. «Шен ненахой, стунцахой а ца лорург къонах вац», ; бохучу кицано а ца гойту вайнаха зударийн мел сийдо? Кхин масалш. Зудчо гIолаьцча чIирхо вен йиш а ца хилла. Юха тIе Iотта валлац. Ша и лоьхуш мел къахегнехь а... Нагахь аьтто а баьлла, шен карах веллачун ненан некхах кхеттарг, цуьнан кIант, чIирхойн ваша а лоруш хилла. Кхин а масалш. Мел доккха а дов даьлла, шаьлтанаш етташ Iенаш долу цIий а сацош хилла, зудчо коьртара даьккхина йовлакх юкъа кхоьссича. (И-х хаий массарна а! И-х даций къайла даккха йиш!) Цхьана зудчунна дуьхьал шиъ стаг вен догIуш ду Iадатехь. Ткъа вай яздо, нохчийн зудчун цхьа а бакъо ца хилла, сискал яррий, бераш даррий бен, бохуш. Сискал яр, бераш дар... Муьлха Iедалехь, муьлха пачхьалкхехь, муьлха къоман зудчун ю цул йоккха бакъо? Сискал яррий, бераш кхиоррий. Цул доккха хIума дуьненна тIехь дан а дац!

11

Студентан дагара. Вай марзделла «къен студенташ», «пекъарш-студенташ» бохучу дешнашка. (Достоевскийн Раскольников, кхиберш а.) Таханлера студенташ, цхьа наггахь верг ца лерича, гIуллакхазхойн, малончийн а эскар ду. Жимма а дешаран бала болчух – я яздархо, я Iилманча кхуьу. Ткъа вуьйш лецна нах санна лела, дог ца догIуш. Сесси дIаелчахьана бохуш. Царна дагахь, муьлхха факультетехь белахь а (диплом хилчахьана!), сихха дешна а бевлла, цхьанхьа хIума йоккхучу директор, заведующи, начальник я милице балха дIанисвалар. И ю коьрта Iалашо. Дукха хьолахь, цIерачара хьалххе билгалъяьккхина меттиг а, дIанисва хьалха даьккхина ахча а ду. Цундела кхочуш ца йо-кх вайн предприятеша шеран план. ХIунда? Селханлера студенташ ма бу тахана массанхьа а куьйгалла деш. Вуо мел дийши а, болх лакхара а беш. Ткъа церан дагахь хIун дара, доьшучу хенахь дуьйна?..

12

Кехаташ тIехь санна. Учрежденехь, предприятехь а кехаташ тIехь санна, белхаш дIабоьлхуш белахьара, хетарехь, тоххара коммунизм тоьлла хир яра. Заводашкахь болх роботашка бойтуш, нах юьртабахамна, гIишлошъярна а тIе хIунда ца берзабо-те? Бетта алапах цхьа пара мачаш я дика костюм а ца йогIу. Доьзал кхабар-м хьеха а ца до ас. Цундела массара а ша вол-волчохь катуху. Даржехь лакхара мел хили а алсам тухуш. Кхин а галдаьлларг: стаг цхьанхьа балхахь хилчахьана, и мокъа Iаш «тунеядец» ца хилчахьана, болх мухха бича а могуьйтуш, схьадогIуш ду вай. ГIирсаш тоххара тишбелла.

13

Статистика. Бераш, баккхийнаш а юкъалоцуш лерича, статистикаца Советски Союзехь хIора пхийтта стагана цхьацца начальник кхочу, боху. Пачхьалкхехь берхIийтта миллион тайпа-тайпана куьйгалхой бу. Амма ас тIаьххьара болх биначу гIишлошъяран  урхаллехь итт-пхийтта белхало вара. Ткъа кегий, баккхий а начальникаш, веккъа ас вагар винарг, шовзткъе итт стаг вара. Тхо бетонаш юкъа а доьлла дохкучу хенахь, кара ручка, блокнот а оьций, царах хIора а тIевогIий «мехала» хьехамаш бан волалора. Цу хенахь сила йолчу гIалахь ягаръян масех объект бен яцара еш. Ткъа гIишлошъяран урхаллаш, цхьаьнакхетарш а ягарйина ца валлал.

14

Деза де. Марха досту хан тIекхачар гIайгIа хуьлу суна тIаьхь-тIаьхьа. Волавелла лела дог ца догIу. Хьо кIадвелла я вицвелла, гергарчийн цхьаьнна керта ца хIоттахь, мел чIогIа халахета, дегабаам бо. Сайн кхача веза меттигаш, йоцу машен, тIаккха тIейоха еза керла бедар… оцу ойланашца дIавижина со, сахуьллуш хьалагIотту. Лула-кулара кегий нах, баккхийнаш а богIу дадин-мамин а марха къобал дан. Со а хотту цхьамма-шимма. «ХIинцца бен гIоттуш вац? – цецбовлу уьш. – Iадвита», – олий дIабоьлху. Сихха хьала а гIоттий, бисмилла доьшуш дегIах хи кхорзу ас. ТIаккха тIе цIена хIумнаш а юхий, хIума кхоллуш-ца кхоллуш араволу. Кху дийнахь санна токхо ца хуьлу цкъа а! Садаьржаш ду арахь. Дуьхьал кхет-кхеттарг, ша-ша хьалха вистхила гIерташ воллу. ТIоьрмигаш а эцна бераш арадовлаза ду хIинца а. Шичойн, лулахойн а хIусамашкара дIаволало со марха къобал дан. «Хьан, Мохьаммад умматан а хийла марха къобал. Схьаволал, охьахаал. ХIума ца кхоллуш ма гIол». Массо а тайпана юург йолчу хенахь, башха яа дог а ца догIу. «Кхоийна ца Iа, кхоийна ца Iа», – олий, царна хала ца хетийта, цхьа Iаж я кампет а схьаоьций, лулахошка воьду со. ХIара де тIекхаччалц гIайгIане хилла волу со а, нехан самукъане яххьаш гича дог-ойла айало сан а. Марха досту де гайта дезара цхьана произведенехь. Пачхьалкхо «ширачу Iадатах бухадисначуьнца» латтош болу къийсам а. Школашкахь Дела вац, адам маймалх схьадаьлла ду, бохуш хьехамаш бар. Марханаш кхабар – могашаллина чIогIа зене ду и. дI. кх. а и хабарш. Хьехархочо берана, цуьнан марха дуй хиъча, бага хи дуттуш меттигаш а яьхкина.

ТУЛА

1

Больницера араваьлла со, цкъа а ца хиллачу кепара гIайгIане ву. «ХIун де-те кхидIа? Муха нисъян еза могашалла? – Дага ца догIуш, ойла ца еш а, хIун дуьсу? – Лоьраша ма аллара, курорте гIо со? Я курорт йитина, лаьмнашка цIеначу хIаваэ вахча? Цигахь, гезан шура а муьйлуш, цхьа шо даьккхича. Пехашна чIогIа пайденна ду боху и ший а. Стенах, муха, хIун юуш, мича вуьжуш Iийр ву со цигахь? Лаьмнашкахь дажош дуккха а жаш ма ду. ЖаIу гIур ву-кх. Университет? Сан занятеш? Ас хIун до университетах а, меттахь кIелвисинчул тIаьхьа?»
Со и ойланаш еш Iаш, хьажахIотта Супъян вогIу цIа.
БIаьстенан юьххьехь Туле балха вахана вара иза, Меди, йишин кIант Хьамзат а. Супъян малхо вагийна, балхо къонвина а басана дика карийра суна. Гай а лахделла цуьнан.
– Хьайна лаахь курорте гIо, ас ахча лур ду хьуна. Хьайна лаахь соьца Туле а вола. Курорт, жижиг, мала шура а ю-кх хьуна цигахь шортта. Оха беш беза белхаш бац. Дог дагIахь, дийнахь оха хIун до хьажа а вогIур ву хьо, ца дагIахь, тхо чохь Iачу цIийна тIехьа йоккха Iежийн беш ю хьуна. Ахь даа мало ца йичахьана, – олу Супъяна.
Школехь волуш ши-кхо де даккха Махачкала, Пятигорске а вахар доцург (дика доьшуш долу берашца хьехархоша шоззе къастийнера со, шайна накъосталлийна, берийн доладан а дика хир ву аьлла), кхин цхьанхьа цкъа а хилла вацара со. ГIишлошъяран отрядашкахь хиллачу студенташа, хIора бIаьста Россе, Киргизе, Казахстане а балха лелачу бригадашца цIера доьлхучу бераша а дуккха а приключенеш юьйцура. Курорте гурахь гIор со, аьлла, Туле ваха сацам бо ас.

2

Поезд тIехь дIагIуш, тамбур чу ваьллачу суна, шорташ, трикош юьйхина зудабераш го сигаьркаш уьйзуш. (Нохчийчохь оьрсийн йоI а гур яц хьуна сигаьрка узуш. Наха къобал ца до дела, и лачкъайо цара. Нохчийн гIиллакхаш схьаэцна, ца узуш берш а бу.) Доггаха кIур чу а узий, паргIат, са дIахоьцуш санна, мера чухула аратуху цара. «ХIинца Россехь а ву-кх со», – ю сан дуьххьарлера ойла. Бакъду, сигаьрка узу зудабер ца деза суна, борша стаг санна, багара хьожа а йогIуш. «Оба а муха эр ду цунна?» Ас шолгIачу классехь йитина сигаьрка. Цхьаммо а дов дина а доцуш, сайнна дош а ца хетта. ЦIахьболчарна ас узуш я юьтуш а ца хиира. Цара и ойла аьттехьа а ца юьтура. Цул тIаьхьа кхин оьзна яц, наха а хIунда узу-те, олий хета.
Поезд тIехь дуьххьара воьдуш ву со.
Дукха нийса некъ дIакхоьхьуш волу, оцу зудаберашка хIун дуьйцур ду, муьлхачу дешнашца вистхила веза а ца хаа суна.
Суьйрана дIавуьжуш сайн пхьарс дIабоьхку ас, поезд цIеххьана сацахь, шолгIачу терхи тIера чу а веана бат ца йохо. Юха ойлайи ас: «Со охьакхетаче далахь-м, пхьарс кеггар ма бу сан». Аьчкан некъаш шера дуй, машинист мелла хила йиш йоций-м кхета со. Терхи тIехь готта хиларна реза вац со. Сан цIера маьнга, юкъараIойлехь берг а, боккха, шуьйра а бу. ДIаса а хьаьжна, нах паргIат, шайн набарна кечам беш гича, пхьарс схьабостий дIавуьжу со а. Юкъ-юкъа станцешкахь, гIенаха санна, поезд соцуш хаало суна, юха меллаша дIаболалуш а. Эрна сагатдеш хилла ас: соцуш, дIаболалуш а кIеззиг бен тоха ца ло и, наб кхетта волу стаг сама а вер воцуш.

3

Супъяна ма юьйццу йоккха Iежийн беш ю кхузахь. Iедало ларъеш йоцуш, шайна луъучо мел деза Iежаш лахьо йиш йолуш. Иштта хаза Iежийн беш гина яц суна цкъа а.
ГIалахь тхо практике дуьгуш йолчу «Пригородни» совхозан Iежийн беш гобаьккхина къевлина ю, дехьа валалур воцуш. ГIалин урамаш кварталашка санна, шайн-шайн некъашка, дакъошка, дозанашка а екъна. Ларъеш хехой, овчаркаш а ду. Сарахь, белхалой цIабоьлхуш, сетки чохь цхьа-ши Iаж а ца бохьуьйту шайна гуш, хууш а. Кертара арайолучу машенашка, тIерачу нахе а хьожуш леррина стаг ву. Белхалой кхерарх, студенташа-м гIеххьа тергал бо уьш, шайн бригадирашца, директорца а. Цара а дика пайда оьцу студентех. Цхьа хударш, чорпеш яош баттахь баца а бой, практика чакхъяьлча:
– Ахча ГIала охьадохьур ду шуна, – олу. Цул тIаьхьа а цхьа бутт баьлча, ведомосташ дохьуш цхьаъ воуьйту. Дукхаха болу студенташ декхар хуьлу (аша дийнахь кхузза хIума йиина, шуна кIиранах цкъа мотт хуьйцура), балха тIехь гуттар а чураваьлла хьийзинчунна пхи-ялх сом ло. Студенташа-м и капекаш хьеха а ца йо. Совхозан хьаькамаш цунах бехаш буй хууш. Оцу баттахь а дика самукъа долу. Хьесап дича эрна йойуш хан ю и ян-м. Я доьшуш, я ахча доккхуш а воцуш. ГIишлошъяран отряде баханарш 500, 1000, 2000 сом дохьуш богIу. Оьрсашна юкъахь, нохчашна юкъахь санна, чакх ца йовлу и махинацеш.

4

Нохчашка хьаьжча коммунизмехь санна Iаш бу оьрсий. Цкъа делахь, латтанаш ду, шайна а билггал мел ду ца хууш, Iана а дахана, эрз, яраш евлла, лелош, дуьйш доцуш. Адамаш Iедало я колхозо диначу цIенош чохь Iаш бу. Доьзал цхьана юьртара кхечу юьрта, областе бахча, иштта цIено ло царна цигахь а. Нохчийчохь Iедало цIенош деш дацара ярташкахь, адам сов доллушехь. КIеззиг деш дерш а, хьайна валлалц рогIехь Iа ца лаахь, мах дIа а белла эца дезаш ду. Оьрси шен керт охьакхетча, тхов тIера шифер йоьхча а юьртакхеташоне воьду, керт нисъян я тхов тобан белхалой бахкийта, олий. Нохчийчо, ца юуш, ца молуш (курорташ, санатореш-м хьеха а ма е хьайна), ша до цIенош. Цу тIехула ОБХСо, кхечу жуккурша а хьийзаво: кибирчиг мичара яьлла хьуна, угольник стенгара мелах эцца ахь, цементах хIун делла, ахча мичара даьлла, хьан алапа мел ду? – бохуш. Оьрсийчунна ремонт а Iедало йойту аьлча-м тешар а вац нохчи. Ша лево моьттуш, воьлур ву. ГIишлошъяран гIирс мел дукха бу кхузахь, бораха, гIуллакх дан лууш стаг хилчахьана! Совхозан конторе а вахана, кехатан цуьрг чукховдийча, хьуна дезза тайпа жижиг ду складехь 2,5 соьмах. Дацахь, фермера уьстагI я бежин доьйту. (ЦIахь 5 сом доьху базарахь. Фермера-м нахана гуш чоко, морса а дац.) Склад юьззина хьуна цIентIехь оьшу-оьшург ю. Алапан (хиндолчу алапан) чоьтах схьаэца йиш ю луъург. Законаш-м цхьаъ ду-кхи ерриг пачхьалкхехь а. Хьаькамаш, адамаш, адамийн психологи а ю-кх тайп-тайпана. Нохчийн хьаькамаш ямарт бу халкъана. ЧIогIа шайна паргIат беха оьрсий. ХIетте а дукхаха берш къен, боьха Iа. Къаьркъанаш муьйлу. Дерриг самукъа, дахар а и ду. Маларан баса а бахана. Ялташ, картолаш, хорбазаш, буракаш, стоьмаш а йоккхачу Россин шуьйрачу аренашкахь схьалахьо а ца кхуьуш, ца лууш а – яхкало, телха, Iаьна кIел йоьду…
Цхьана зудчух лаьцна дуьйцуш хезна суна Iусмана. (Цуьнан йоккхаха йолу йиша Гелганахь зIакардаьхнийн фабрикехь балхахь ю. Куршлойн-эвларчу больницан квартираш ерриш дIалецна а хилла, медйишин болх Iадбитина, квартира яккхар дуьхьа яхана иза цига. Майра а хирург ву цуьнан. Цо йийцина Iусманна хIара истори а.) Гелганна, Эвтарна а юккъехь йолчу оцу зIакардаьхнийн фабрикан белхалошна еш тIекIел коттеджаш ю. ТIехь да а воцуш, байш кхобуш йолу и зуда, тешна хилла шена и квартира лур ю бохучух. Хьаькамаша, ахча дел-деллачунна, еккъа уьш. ХIокхо арз яздина царна. Райисполком, партин райком, обком. И ца кхочуш, цо нийсо ца лоьхуш меттиг ца йисина. Эххар а ЦК яздина цо. Цхьа хан яьлча цигара комисси еана, и гIуллакх талла. Амма уьш а «вайчара» дика тIе а эцна, совгIаташ дина, хIонс эцна дIахьовсийна. Цул тIаьхьа муха дог-ойла хила еза цу зудчун? Цул тIаьхьа кхин хьенан, муьлхачу дашах тешар ю иза? Цуьнан къа хьанна хир ду? Цуьнан дог хьанах гIур ду? Бусалба, керста а дино, уггар хьалха тидам бийраш, буо-бераш дацара? Къаноша яьккхина ю Политбюро. Кегий нах оьшура цигахь, адамо хIун леладо, муха деха, церан хьашташ а хууш…

5

Муьлххачу гIалахь а сан уггар гергара меттиг книжни туька ю. Со мел доккха гIуллакх эцна ваханехь а, цу чу вахча сан и галдер долуш делахь, и кхочуш хилаза дуьсур ду-кх хьуна.
Йоккхачу, ехачу, сирлачу туькана чохь книгаш хоьржуш ву со. Дуьххьара хезаш ю суна Виктор Лихоносовн цIе. Йоццачу аннотаци тIехь цуьнан произведенеш Чеховн, Бунинан а хотIехь язйина ю аьлча, схьаоьцу ас и книга.
Балхара чувоггIушехь, сихха куьйгаш дуьлий, хIума а яанза, Лихоносовн книга а оьций дIатевжа со. «Сингаттам-гIайгIа», «Цкъа мацца а», «Чалдонкаш» тIехь буьйцу цуьнан дахаран мур бу сайниг. Ткъаясна шо… Сингаттам, безам, уьйр-марзо, гIайгIа, массо а синхаам ира, дагах кхеташ, садууш… Сайл нийсса ткъе итт шо воккха волчу цуьнан кхоллам чIогIа сайчух тера хета суна. Шен нийсархой санна зуда а ялийна, доьзал а кхоьллина, шен ненан баьрчче охьа ца хууш, шена хIун оьшу ца хууш, яханчу хене сатуьйсуш, гуттар а цхьаъ лоьхуш, цхьаъ ца тоьаш, ваха ца хууш, гуттар са цхьанхьа дIагIерташ, яздархойн некъаш талла, церан кхолламаш, дахар а юххера довза лууш.
Хьалхарчу курсехь дуьйна, Абдулмежидов Асланбекан, сан а сатийсам бу и – Нохчийчоь гезъян, гIарабевллачу обаргийн некъаш талла, дукхабезачу яздархошка хьошалгIа ваха. Къаьсттина Абузар Айдамиров волчу кхача лууш вара тхойшиъ. ТIехьийза йоIарий буьйцучу меттана, вовшашка «Еха буьйсанаш» юьйцура охашимма. И книга, цуьнан автор а, дийнахь-бусий дийцарх кIорда а ца дора. Амма тхойшиннан аьтто ца хили. Со военкомато больнице вижийра, Асланбек эскаре вигира. Цкъацкъа хьелаш адамал а ницкъ болуш хуьлу. Цундела ирс долуш стаг хета суна Виктор Лихоносов. Шен дог лаьт-лаьттачу кхачарна, йиш-таро юй, яций ца бохуш, дIагIертарна а…

КХОЛЛАМАШ

1

Коьрта башхалла. Цхьана тхов кIелахь Iаш-м ду тхо, вовшийн бала мел белахь а. Суна-м йижарий, вежарий санна хета хIорш, кхеран дагахь со милла велахь а. Сайн сина декъаза стаг ву-кхи со ван-м. Иштта и ца хилча, со сайн накъостий санна могуш волуш, хIумманна а бала а боцуш хир вара. ХIун пайда бу эрна гIайгIанаш ярх, дегIана, дагна а ницкъ хилар бен? Нийса юй-те ас сайна дахарехь хIоттийна Iалашо? Стенан дуьхьа беха-те сан нийсархой? И хаттарш цара хиттадой-те шайна хьалха? Сан доттагIчо элира-кх суна тIаьхьа больнице веанчу хенахь:
– Дийнахь-буса а книгаш тIера ца гIоттуш, хьайн куьйга цомгаш ви ахь хьуо. Наггахь мала, сакъера а ма деза…
Ас лелочух атта кхетар вац стаг. Шелвелла, мацвелла вогIучу некъахочо мел сатосу серлоне, йовхоне а! Иштта сатуьйсу ас керла-керлачу книгашка.
– Кара капек еъча, книгаш йохьуш ма вогIу хьо! Ахь хIун до царах оццул? Уьш миллионаш ма ю араюьйлуш. Ерриш а эцна хьо вер ма вац! – дов до суна вежарша.
Хазачу, шена езачу зудчух кхетар доккха ирс ду.
Цул сов ирс хета суна яздар.
Наха коьрта лорург, уггар а хьалха, муьлхха хIуманна тIехь а пайда лехар, шолгIа – зовкх хьегар, самукъа далар а.
И лору дахаран Iалашо.
Ткъа хIун пайда бо суна ас йоьшучу книгаша, ас яздечо а? Цхьа а яздархо вац нохчийн, нахах тарвелла, ша лелочух шена, доьзална а аьтто бан йиш хилла. Яздархочун болх – къоман кхолламца, цуьнан гIиллакхашца, гIайгIанашца а боьзна бу. Наха кара йогIучун бен ойла ца йо. Цундела дош ца хета яздархочо лелориг. И шайн дуьхьа делахь а.
Нохчийн яздархочун коьрта дакъазалла – иза кIеззигчу къомах хилар ю. Иза мел дика яздархо велахь а, Iедалх (издательствош пачхьалкхан ю), тиражах воьзна ву. Нагахь Iедало хIаллак ца веш висахь а, кхечу пачхьалкхехь, кхечу къома юкъахь а ша ваха хуур волу книгаш бахьанехь, жимма а таро ца хуьлу цуьнан. Ткъа цуьнан ойланаш идеологин хьух маьрша а елахь, иза шен некъ лоьхуш, бакъдолчунна тIекхийдахь, цхьа а агIо ца юьту цунна зорбане вала. И-м вуьшта а вара, шен доьзал кхаба, цхьана а кепара шен дог-ойланца богIуш боцу, белхаш беш. Амма массарал а хала ду цIеначу дог-ойланца литературана юкъавогIучу къоначу яздархочунна.
Дукха хIума ца оьшу яздархочунна. Цхьа кIеззиг гIо деза. И ца лела, ша бахьанехь нахе орца дохуш, сагIа доьхуш а. Эхь-бехк чIогIа ду цуьнан. Амма и кIеззиг болу аьтто ца хилар бахьанехь, цуьнан дахарца дIахеда, дуьненна чу йовла тарлуш хиллачу, цо бен язйийр а йоцучу произведенийн кхоллам а.
Цхьамма халла язйина книга, кхечо ша атта даьккхина сом лой оьцу. Цундела а башха доккха хIума ца хета и. ХIунда аьлча, цо тIаьххьара сом делла эцна ма яц и. Ткъа яздархочо тIаьххьара сом дIаделла а оьцу книга. Делкъана хIума ца юуш Iийна а. Цундела цунна гергахь еза хуьлу и, цунна доккха хIума хета и. Иза кхета, шен вешин цIийцIа язйина книга, синкъерам хила йиш йоций. Суьйрана чу а вирзина книга схьайиллича, авторан са хьийза цунна тIехула… Цунах самукъа долу цуьнан. Цундела оьцу и кхаллар меттана а.
Цхьанхьа дешна ас, Чехов гIаш лелачу хенахь, хьоладай кареташ хоьхкуш лелаш хилла, бохуш, цунна хатташ бетташ. Цунах баша а ца бешаш. И хьоладай берриш а шайн заманца дIабайна. Ткъа Пушкин, Лермонтов, Чехов – уьш бисна, шайн хенахь хало хьегнехь а. Церан заманхой, вайна бовзахь а, уггар хьалха, уьш бахьанехь. Дика я вон юкъаметтиг хилла цуьнан Чеховца, олий… Амма тахана а бу чеховгIар гIаш лелаш. Царна хатташ бетташ машенаш хоьхкуш, царах баша а ца бешаш хьоладай а.
ЮкъараIойлехь мел верг, со воцург, вижина ву. Корехь цхьа бIаьрг боцуш, шийла ю чохь. Цхьацца яздеш Iаш, буьйса кхаа декъе екъаеллачул тIаьхьа, со кIадвелла, шеллуш хилар гучудолу суна. ТIаккха, Iуьйрана занятешка ваха везар дага а лоций, хIума кхоллуш, ца кхоллуш а дIавуьжу со.
Аьтто агIор а вижина тайп-тайпана ойланаш йо ас, наб кхетале. Цомгаш хиларх а хьекъале ца веа-кх со. Цхьанне а оьший-те хIара ас лелориг? Я эрна сайн садууш лела-те со? Нахана бан пайда буй-те ас яздечо? Соьх кхеташ стаг вуй-те? ХIун дохьур ду суна кханалерчу дийно? Кхана со велча, мила хир вара кху йозанашца бала болуш?
Оцу хаттаршна сан жоьпаш дацахь а, амма дагахь дерг дIаяздича сапаргIат хуьлу со. Цкъа мацца а, сан яздарш дешархочун кара кхачахь, цунна цIийца яздина сан дахар карор ду. Цунна жимма а уьш тахь, дагах кхетахь, цо, цкъа мацца а ваьхначу, сан ойла яхь, сан са хьевзар ду цунна тIехула, цуьнца буьйса йоькъуш, цуьнгара бала байбеш, цуьнан са мукъа доккхуш… ТIаккха шена хIинццалц ца хиънарг довзахь, дуьнене, дахаре а кхечу тайпана хьажахь, цо ас зийначух, ас лайначух кIеззиг а пайда эцахь, суна ас сайн декхар кхочуш дина хетар ду.
ДагадогIу Бунина Пушкинах лаьцна аьлларг. Цо шех, шен накъостех, шена гиначух, ша лайначух, ша ешначу книгех а лаьцна, – цхьана а кепара литературана ойла а ца еш, я шена хетарг лечкъа а ца деш яздинехьара, – и цуьнан тоьлла книга хир яра.
Дитташ тIера гIаш лестар, арара погода йийцар а яц литературан исбаьхьалла. Шен са схьаделлар ю.
Ас яздечун коьрта башхалла, и хила йоьгIнехь а, со, сан го, сайн заманах лаьцна ас яздинарг а бахьанехь хир ю.

2

Васт. «Всякое сходство персонажей с реальными людьми – случайно», – бохучу кепара авторан хьалхара дош хилча, кхидIа книга еша дог ца догIу сан. Дош ца хета суна, и яздархо шен книги тIехь дуьйцуш дерг хIокху я оцу стага динарг ду, хIара я важа ву цу тIехь вуьйцуш верг, аларна кхерар. Наха деш, лелош а ца хилча-м яз а хIунда дора и? ХIун мах бу цуьнан? Дахарехь долуш дерг дац гайта дезаш дерг а? Сан дийцаршкахь цхьаволчунна ша я шен доттагI, я кхечу агIор вевзарг каравахь а, цецвала ца оьшу. Ас ца боху, сан турпалхой дахарера схьаэцна бац. Шуна и гахь и иштта ду шуна. Я со, я сан доттагI, я кхин цхьаъ хир ву-кх и, милла велахь а. ХIун бен ду и? Цхьаъ ца хилча волий и? Ас дуьйцург цундела ма ду мехала а. И пIелга чура «цIуддина» а доцуш бакъдолу дела. Массо адаман а синхаамаш цхьаъ бу. Вовшех тера а ду вай. Ткъа мел доккха совгIат хуьлу дешархочунна, книги тIехь вуьйцург шен санна дог-ойла, шен санна кхоллам болуш карийча. И шех лаьцна язйича санна. И яц муьлххачу а книгин мехалла? Суна хаац: яздархой хIунда кхоьру, наха, хIара я иза турпалхо хьенех я минех ву, аларна. Суна хетарехь, цул доккха совгIат яздархочунна хуьлийла а дац.

3

ЮкъараIойлехь. ТIаьххьарчу эхашарахь дукха хийцамаш хилла сан дахарехь. БIаьста ши бутт баьккхи БухIан-юьртарчу туберкулезан больницехь. Хьажа-хIотта цIа веанчу Супъяница вахана, бутт сов Тулехь вежаршца, бутт ца кхоччуш лаьмнашкахь санаторехь а. Со лелачухула ма дукха дагаихира суна кхузара бераш. Хьайна марзъелла меттиг, хьайна деза адамаш а, хьо воцуш муха Iа-те, олий хета. Хьуна уьш санна, царна хьо а дагахь хуьлийла, цара а хьан ойла йойла лаьа. Хийла стага дешна университетехь, хийла стаг Iийна юкъараIойлехь! Школа яьккхина ваьлла цхьа-ши шо даьлча, эхь хета цига ваха. Ткъа цхьана хенахь-м цул дагана юххера меттиг яцара. «ХIун дийр ду, хIун лелор ду кхузара ваьлча? Школехь воцуш муха Iийр ву? Муха вехар ву?» – олий хетара. ХIинца кхинаш бу цигахь. Хьан вежарийн, йижарийн бераш, шичой, маьхчой... Церан цIа ду и хIинца. Хьо-м, наггахь цига вахча а, совнаха хета хьуна. Хьехархошна хаза-м хета хьо веъча. Мара а лелха уьш. Амма шайн хан кхечарна дIало цара хIинца. Школера араваьлча воьдург эскаре воьдий, воьдург деша воьдий а (йоIарий – маре), дIайолу жималла. Хенан йохалла кхин хIумнаш хьалхадовлу. Иштта дIаер хир ю юкъараIойлица, университетаца а йолу марзо а. Кхин хIумнаш тIехIиттича. ТIаккха кхин ойланаш, кхин баланаш. Жимчохьлераниг дицдо. Иштта ду-кх дахар.
Ас дукха сагатдина, дукха гIайгIанаш йина меттиг ю хIара. Цундела йиц ца ло-те суна?

4

ДоттагIа. Со волчохь сакъоьруш Iачу студентийн тобана тIекхочу со. Царах шиъ суна вевзаш вац. Уьш студенташ а бац. Эвхьаза эшарш лоькху цара. Сан хIумма а самукъа ца долу. Амма цаьрга арадовла ала а тар ца ло. Шен доттагIа вуьйцу цхьамма. Цкъа и волчу веана хилла хIара, квартире.
– ХIинцца цIаван везаш ву. Вало чу, – аьлла зудчо.
ДегIах хи кхарза дагахь, хIара ванни чу вахана. НеIаран зайла ца хилла. ХIара шена тIера хIума яьккхина ваьлча, доттагIчун зуда чуяьлла.
– ОйхI, дIаяла, хIун леладо ахь? – аьлла кхо.
– Ма кхера, цунна хууш ду хьуна, – аьлла зудчо.
– Муха: хууш ду?
Вукхо валош хилла куц ду зудчунна цхьацца накъост, шегахь иза Iийчахьана, нахала ца йолуш.
– Со тIе ца гIоьртира цунна. Ас човхийра иза. ЦIавеъча доттагIчуьнга элира ас: «Хьайна оьшуш ца хилча, хIунда кхобу ахь хIара?» – «Юург ян, хIума йитта а ца еза чохь зуда?» – элира цо. Цуьнга вуо бага а лейина, стаг, борша а вац хьо, аьлла, дIавахара со.
«Тхо хийра, неха нахана юкъахь и къамел стенна до кхо? Стенна вуьйцу доттагI а, кеп хиллачохь?» – ойлайо ас.
Хаац, оцу стага дийцинарг мел бакъ ду-м, амма билггал цхьаъ ду: нагахь санна хьо цIахь а воцуш, хьо волчу доттагI вагIахь, иза  чуван ца веза. Амма иза чувеъна-кх, цуьнан дагахь цхьа ямартло ю. Цуьнца долу гергарло хадо деза. Иштта веанчу стагана, хIусамда цIахь а воцуш, хьошалла дина зуда а тешаме яц. Цунах а цхьалхо яккха еза.

5

КхоалгIа накъост. ЮкъараIойлехь белхан хан – буьйса юкъал тIаьхьа, сахьт даьлча Iуьйрана вархI даллалц, и а аьтто балахь. Йисина хан говраш хаьхкина йоьду. Дийнахь, бусий вовший гуш хиларна, нохчийн гIиллакхаша тоьхначу дозанаш бахьанехь а, кегийрахойн сингаттам кхитIе базло. Вайнехан зуда ялор, маре яхар а тIех чолхе даьккхина долу дела, шайн бакъонца вовшахкхета аьтто ца хиларна а, шайн дегIан, сина а хьашташ кхочушдан харц некъаш лоьху кегийрахоша. Къаьсттина студентийн баккхий аьттонаш бу цу тIехь. Цундела аьлла хир ду-кх Пайхамара (Делан салам-маршалла хийла цунна): «Зуда, стаг а шаьшшиъ дита мегар дац. Зуда, стаг а шаьшшиъ дисча, кхоалгIа накъост иблис ду церан», – аьлла.

НОХЧИЙН БАРД

Месаш тойича, Шарип, учебникашна тIехь долчу Есенинан суртах тера ву. Ас и аьлча, хазахетта:
– Баккъал бохий ахь? – олу цо.
– Дера боху-кх, – олу ас.
Цунах кхаъ хуьлу Шарипана. Юха и хьовзош:
– Бакъду, корта лергича, дукха зеках тарло хьо, – олу ас.
– Эссай, – боху Шарипа. – ХIинца-м дерриг дайира ахь.

Сан деган и терхеш Iаржъелла,
                Iаржъелла,
                Iаржъелла...

"Хеназа баьгначу безамах" лаьцна иштта аьлча, и дешнийн къелла хета суна.
Амма кхин дика алалур дуй езачух, езначух?

Хьо лепа!
Хьан лепар гуш дац-кха, суна бен, бIаьрзечу...

Цхьа хIума ду Шарипа, ас а къуйсуш. Авторитеташ чIогIа лору цо. Нахана ца бевзарш къобал а ца бо. И кхин а тамашийна ду:

Къобал ца ви со ас къобалбечара.
Ас къобал бечара со юхатуьтту… –

могIанийн авторехь.
Нохчийн, гIалгIайн дийна волу, массо а бохург санна, поэт, яздархо а вевза Шарипана. Некъахь, уьш мел генахь хиларх, вист ца хуьлуш тIех ца волу. Ас цхьа а тидаме ца оьцу уьш. Суна гергахь бIаьрла похIма, уггар а хьалха, къегина стаг ву, личность, къонах. Уьш ца тоьа тахана нохчийн литературехь.
Сарахь юкъараIойлехь чугулделча, гитара схьа а оьций, Высоцкех тардеш, мукъам болабо Шарипа.
Наггахь, тхуна муха хета хьажа, шен эшар а локху цо.
ТIаьххьарчу хенахь цунна дагах кхеттарг «Сингарелла» ю. И кIорда ца еш гитари тIе пIелгаш детта цо:

Сингарелла, сингарелла. Отчего дрожат так руки?
Отчего болит так сердце? Отчего оно так тает?
Сингарелла, Сингарелла…

– Нохчийн массо а поэтана тIехула оьккхуш ву хьо. Стихаш язйина ца Iаш, эшарш а йоху, илли а олу, – хьовзаво ас Шарип.


Рецензии
Сайд-Хасан, твои произведения читаются с большим интересом, как приключенческие романы. Виден бесспорный талант рассказчика. По-моему, это не жанр дневников, а эссе. Но в любом случае, это большой творческий успех автора. С уважением М.Я.

Ильман Юсупов   14.10.2011 15:36     Заявить о нарушении
Баркалла, Мансур.

Схьагарехь, хьо нохчи ву. Хазахийти суна.

Ларамца,

Саид-Хасан Кацаев   14.10.2011 17:19   Заявить о нарушении