Монтех, цуьнан жайнех а лаьцна

Оцу дийнахь Касумов Сайд-Мохьмада телефон туьйхира соьга, шеца Нажин-Юьрта ван йиш хир ярий хьан, аьлла.
- Арсалиев Монта бохуш цхьа воккха стаг ву цигахь Iаш. ЧIогIа эс долуш, 90 шо ду эр доцуш, тIахъаьлла ву иза. Дукха книгаш ешна, яздархой бевзаш а ву. ХIинца а куьзганаш ца духкуш йоьшу цо книга. Тхойшиннан гергарло Цуруев Шариперан да, Мовлади, дийна а волуш тасаделла. Мовлади а ма вара, Дала гечдариг, дешна стаг. Мовладис со вовзийтинчу хенахь, чIогIа самукъадаьлла вара иза. Юха Мовлади дIаваьллачохь цуьнан тезет лардира Монтас масийтта дийнахь. Атта ма дац и цуьнан ханчу вахча. Шега паргIат хилахьара, кхин схьа ма гIертахьара, аьлча, Мовладис шен тезет а лардийр дара иштта, аьллера цо. И тезет долуш со керта ваьллачу хенахь, со тIе а кхайкхина, шена юххе охьахаийра цо. Шарипин йоккхаха йолу йиша ю Монтин кIентехь. Иза цIеххьана кхелхина. Шарипар Нажин-Юьрта тезета бахана болуш, со хIун деш ву, хаьттина Монтас. Шен даго тIеоьцу стаг ван ма лаьа тезета. Шарипа аьлла, цхьа бутт боцуш, ваша дIаваьлла цуьнан. “Церан тезет хьалхадаьлла. ХIара болх ма хаийта цуьнга, схьагIертар ву иза. Со хьалха тIегIур ву”, - аьлла Монтас. БаьIа шаре гIоьртина стаг схьагIоьртуьйтийла а дац. Вайшинна мел а хир бара, - дуьйцура Сайд-Мохьмада.
Со хIетталц цкъа а хилла вацара Нажин-Юьртахь. Амма суна даима хазахетара аьрцнаш тIехь, баьрзнаш тIехь йолу ярташ. Шатайпа Iалам, кийра бузуш цIена хIаваъ, гобаьккхина хьун, дитташ, кертахь буц... Гу лекхачохь буьйда кибирчигех дина жима цIено, чохь дечиг маьнга, йогуш нохчийн пеш... Яздархочун цул дика Iойла яц.
Монтега доIа дайтина, кадам бира охашимма цуьнга, цуьнан хIусамнене а. Жимма екъна а йолуш, хазар кIеззиг лахдалар бен, кхин дегIаца сиркхо йоцуш йоккхастаг яра иза а.
Юха чудевлира тхо. Монтин гIевлингехь дуккха а терхеш яра книгех йоьттина. Бусалба динах лаьцна жайнеш, нохчийн, оьрсийн яздархойн говзарш, “Орга”, “Вайнах” журналаш, “Даймохк”, “Хьехархо” кхидолу газеташ а. Къамеле ваьлча гуш дара уьш цо доьшуш хилар. ХIора яздархочух, хIора жайнах а ала дош дара цуьнан. Къаьсттина дукха вийцира оха Абузар Айдамиров, Мохьмад-Салахь Гадаев а. Иштта дукха езаш тIеэцнера цо Шарипан, Сайд-Мохьмадан стихаш а. ГIеххьа тхойшиннан цецвалар, хазахетар а тусаделла:
- Со а ма вара яздархо хила лууш. Аьтто а ца хилла висира, - элира Монтас.
 Дуккха а Iийра тхойшиъ, Монтас дIа ца хоьцуш. Мархин бутт болуш чай, кхалла хIума а хьехадойла яцара. Цундела Монтас тIедожийра тхойшинна юхавар.
Арадевлча, ша пхьола дечу вигира тхойшиъ. Дика коьчаллаш йолуш, массо а гIирс шен-шен меттахь болуш, цуьнан белхан чоь яра иза. СовгIатана ша дина ламазан гIанташ а делира тхойшинна.
Монта санна къано волу къам дайна дац кху дуьненахь. И санна стаг юьртахь, махкахь а хилар массарна а юьхькIам бу.
Дала оьмар яхйойла хьан, Монта. Дала могашалла, беркат шорта латтадойла.

Куршлойн районан "Машар" газета,
№№93-96, 2010 шеран 9 декабрь.


Рецензии