Дневник. 1986

ДЕСТЕЧУН ВЕСЕТ

Сан накъостан десте елира бIаьстенан юьххьехь.
Шен сих къаьсташ, тIаьххьара дехар, весет дира цо:
– ХIокху берийн нана ма ялаелаш. И йоцург шайна луъург а...

Йиший, ваший хилла боху цхьана хенахь, тIера да-нана а делла, дестечуьнца Iаш. Цхьана сарахь шайн беже лаьллина шинар цIа ца деъча, дестечо арадаьккхина и шиъ: «Хьада-дало, схьакараде шинар. И доцуш цIа а ма дуьйла», – аьлла. Вуьшта а дестечо хьийзош, цунах кхоьруш долу ши бер, шинар доцуш цIадаха ца даьхьаш, и кара а ца деш суьйре йоьлла. Доьдуш хьуьна юккъе кхаьчна и шиъ. КIадделла, мацделла, шелделла. Амма шинар карош ца хилла. Шаьшшимма лелочух кхин гIуллакх ца хилча, цхьацца агIор дIаса дахана и шиъ, сих-сиха вовшашка мохь а тухуш: «Хьуна карийний?» «Ца карийна. Хьуна карийний?»– бохуш. Эххара, гIаддайна, Деле дехна цара: «Везан Дела, шинар карадаллац, олхазарш дехьа тхойшиннах. ТIаккха сихха карор дара и. Хьо дика а варий». Уьш гуш волчу Дала, къа а хетта, кхочуш дина церан дехар. Амма шинар ца карийна. ХIинца а лелаш ду боху и шиъ, вовшашка маьхьарий детташ: «Хьуна карийний?» «Ца карийна. Хьуна карийний?» – бохуш.

Дестечо хьийзавора сан накъост. Дега цхьацца хабарш дуьйций, боцу бехкаш тIе а эгабой, йоьттуьйтура хийлаза. Цундела цунна тхоьгаш Iаш хазахетара. Юуш, вуьжуш, гIоттуш а. Ца ваьллачу денна бен цIа а ца воьдуш.
Цул жимах йолу йиша-м, дестечо кхерийна, цунна товр доцу дош ала, ког баккха а ца яьхьара. Тхойшинца шен нана йолчу ян а ца хIуттура.
Нанас шен берашна эцна тIеюхург а (сан гIеххьа гергара а яра иза), дестечо бага а лееш, юха йохьуьйтура. Ткъа хIорш цхьалха бара.
Десте мел дика хилча а, керташкахь, къахеташ, хаза дола до тIехь нана йоцчу берийн. Иштта ца хилча-м, уьш дукха хьолахь, акха кхуьур дара.
Тхо даккхий хилира. Сан накъост хIинца шен лаамехь вара. Кегийчу йижаршца, вежаршца а кIеда, мерза вара иза. Уьш шен нанас бина бац аьлла ца Iаш, церан дола дора цо.
– Эскарера цIавеъча, сайн нана цIаялор ю ас, – олура цо.
ХIара, кхуьнан йиша а бахьанехь, кхин маре ца йоьдуш Iийнера иза.
Тамашийна хIума дара и. Оццул къона, могуш а зуда яра цуьнан десте. ХIетте а цIеххьана шелъяларх, кхелхира иза.
– Варийлаш… И ма ялаелаш, – йоьлху бохура иза. – И йоцург шайна луъург а…
Пхиъ бер дисира цуьнан, уггаре а воккхачун дейтта шо бен а доцуш. Хаац, ша лелийнарг цу пекъаршна декхарна кхоьруш хир яра-кх иза. И хIинца яц. Ткъа эвххьаза кху дуьненчура дIаяха, хетарехь, цуьнан юьхь яцара.

АС ЯЗДИЙРИГ

Жимачу стагана дика стихаш язъян похIма, синхаамаш бен, кхин хIумма а ца оьшу. Ткъа дика проза язъян похIма, синхаамаш а кIеззиг бу. Цул сов, дахарехь зеделларг, куьйга говзалла а оьшу. Цундела яц сан дIагайта цхьа а, со реза  а волуш, чекхъяьлла йоккха произведени. Яздарш, яздарш, яздарш... Цхьана дийцарехь массо хIума а гайта ца гIерта со цкъа а. Дукха хьолахь и дахарера цхьа дакъа ду. Эскиз. Ткъа соьгара шайн мел кхоллалучу хаттарна жоп доьху оцу цхьана произведенехь. Вайзаманан дийцарш тIехдуьзна ду коьртачу идеяна, я сюжет схьаелларна а оьшуш йоцчу деталаша. Чеховс лаа аьлла ма дац: «Айхьа шолгIачу декъехь йолуш гойтур яцахь, хьалхарчу декъехь кхозуш а ма гайта топ». Айса яздийриг, спортсмено хIора дийнахь еш йолу упражненеш санна, лору ас. ТIаьхьалонна кечам, кхиаме сатийсам а. Шовзткъа шарахь вижна а Iийна, хIинца дерриг а хаа суна, аьлла охьа а хиъна, гениальни роман язйойла а ма дац. Цу тIе кхача къахьега деза. ХIунда хета суна, сан книга нахана мехала хир яра аьлла? Ас сайна дика хуург бен ца яздо. Сан хIора дийцаран шен-шен цIе елахь а, вовшахтоьхча цхьа книга ю ас мел яздийриг.

ВАГАР

Советски яздархойн колхозех, заводех а лаьцна романаш, дукха хьолахь, эгIаза хIунда ю? Яздархочо, редакцис я парткомо хьажийначу дIа а воьдий, хьешацIахь чоь а лоций, дийнахь белхалошца, колхозникашца а къамелаш до, церан дахар довза гIерташ. Елахь архиваш а кегайо. Дахар тIехула довзар ду и. Яздархочо ша мила ву а ца хоуьйтуш, балха вогIуш санна схьа а веана, царна юкъахь цхьа шо даьккхича, цунна тIехулара, бухалара, чуьра а девзар дара къинхьегамхойн дахар. Яздина ца валлал, дукха ду-кха сан дагахь. Еккъа юкъараIойла схьалаьцча а, мел сюжеташ ло дахаро! Яздан дезачуьнга ладоьгIча, айса университетехь йоккху хан а эрна хета суна. Кхузахь кхара мел бохург дан волахь, похIма кхуьучу меттана, мелхо а довр ду. ХIара Iилман, культуран а центр яц, могашалла талхайо меттиг ю. Муха яккха лаара суна хIара хан? Сайна луъучу заводе, фабрике, колхозе балха а воьдуш... Ахчанна дуьхьа а доцуш. Цкъа делахь, нехан хьашташ довзархьама. ШолгIа, яздан хIума гулдан а. Суна цхьана университетах тасавелла ца Iаш, массо а училищехула, техникумашкахула чекхвала лаара, бутт, ши бутт боккхуш. Сулейманов Ахьмад санна, нохчийн массо а юьртахула, гIалахула чекхвала лаара суна, нахаца къамелаш а деш. Нах боьлур бара-те ас и дийцича? «Iовдал-м вац хьо? Хьуна стенна оьшу и?» – эр дара.
Яздархоша хIинца язъеш йолу книгаш я араяха гIерташ къийса а ца дезаш, я араевллачул тIаьхьа къийсам латто а ца дезаш ю. Догуш хIума а доцуш, язйинарг я ешнарг а вагор воцуш. Шолоховн публицистика йийши. ХIинцца бен ца хии суна, сийлахь яздархо кхалхаран ерриг а къаьхьалла. Мел майра, нийсса дIаолу цо бакъдерг! Советски яздархошлахь и дуьххьара гуш дара суна. Нохчийчохь-м и доьналла хьаьшна, хIаллакдина дуккха а шераш ду… ХIинцца юха а зIийдигаш ю-кх туьйсуш… Джанаралиев Iимрана олу: «Цхьана дийнахь ваьгна вала ца веза, велла дIаваллац вага веза».

ЯЗДАРХО ХИЛАР КIЕЗЗИГ ДУ

Жимма юххера бевзи Iалвади Шайхиев, Шайхи Арсанукаев, Муса Ахмадов, Зелимха Яндарбиев кхин а цхьамогIа нохчийн яздархой. Вуо адамаш а ца хилла уьш-м. Амма хIокху заманахь веккъа яздархо бен цахилар, кIеззиг гIуллакх ду. Массо хIума а (атталгIа ахь язйина книга а араер ю-яц бохург а) кхечарах доьзна ду. Цундела вайзаманан яздархо, цхьаннах а воьзна воцуш, дикка таро йолуш хила веза я лаккхарчу даржехь. Вуьшта, нахана атта хета культуран белхахо. Со дукха ийна воцуш веха, аьлла а хета суна.

«ДОКТОР ЖИВАГО»

Сайна хазъеллачу произведенех хьакхалуш мел дерг довза лаьа суна. Цундела йоьшу ас комментареш, билгалдахарш а. Яздархочо цу произведени тIехь бина болх, сюжет кхоллаялар, шена гиначух, ша лайначух цо мел пайда эцна хаар и. дI. кх. а. Оцу хаамаша суна доккха гIо до айса лелочунна тIехь. Со кхета, тахана дуьнено а къобал бина болу сийлахьчу художникаша а баланаш лайна хилар. Суна го, царна а критикаш луьйш, цара яздинчух цакхеташ, церан произведенеш а зорбане цайохуш я араяьлла книга ягон еза бохуш, уьш а хьийзийна хилар. Цхьа наггахь волчун бен, юьххьехь дуьйна ирсе ца хуьлу некъ. Оцу могIарехь тIаьххьарчех ву Пастернак, Высоцкий а.
Университете студенташца цхьаьнакхетаре веанчу Апти Бисултановс элира:
– Высоцкийн араяьллачу книгин оццул тIаьхьаваларх, и йоцуш висира со. Туьканашкахь и ца хиларан бахьана хIун ду, хаьттича, ерриш а райкомашка, обкоме а дIаяхьийтина, элира соьга. И муха нисло? Селхана цунна тIе дIевшан талонаш диттинчу нахана, тахана ма чIогIа везавелла и.
Иштта чIогIа «везавелла» тахана Пастернак а.
ХIинццалц муьлхха киоск чохь а, цхьаммо а хоттуш доцуш, Iуьллуш дара «Новый мир». Амма «Доктор Живаго» тIетоха йолийчахьана, кху шеран цхьа а номер ца карийра суна.

«СИНКЪЕРАМЕХЬ»

Сийсара а юкъараIойлехь гулделла Iийра тхо: Цуруев Шарип, Тагаев Сайд-Хьасан, Янурсаев Дукха-Ваха, Мацаев Сайд-Iали а.

Со хаза волу хелха, дика волу,
Мехкарий, кIентий резахилла суна.
Ткъа хIара накъост хIунда ваьлла боле,
Ша човс ву бохуш, сараг бетташ суна? –

аьлла, Шарипа стихаш ешча, массеран а самукъа делира. ХIораммо а шена-шена хетарг олуш, сайна тIе рагI кхаьчча:
– Суна чIогIа дика хийтира и стихаш, – элира ас.
Дика стихаш язйо Шарипа. Школьни хрестоматеш тIера дагахь Iамо луш йолу, вайн баккхийчу поэтийн стихел а дукха дагахь хаа суна, Шарипа язйинарш. Уьш кхета атта, чулацаме, безам буьйцуш хилар совнаха, ша Шарип суна гергара хилар, тхойшиъ цхьана чохь Iаш, керла язйинарг дуьххьара вовшашна йоьшуш хилар а ду. Кхин а коьртачех цхьаъ: уьш цIеначу даггара язъеш ю. Iедало, партис муха язъян еза хьехна а доцуш. И поэзи ю.
– Суна хазахийтира хийтира и стихаш, амма, – элира ас:

«ДIавала кхета, юхавоккхур вай хьо-м», –
КIордийна, новкъа хилла бохуш дац-ткъа?
«ДIавала кхета, юхавоккхур вай хьо-м» –
Со юхавоккхур волуш бохуш дац-кха, –

аьлча, сан ойланехь (хьуна хаа-кх, лирически турпалхо наха ша автор лорий) хьо цхьа дегабаам бина хIутту-кх дуьхьал. Къаьсттина хIокху могIанашкахь:

Тоьлла йоI соьца хелха хьийза тховса,
Тхойшиъ цхьа тайна хилар цо ца лайна.
Соь боху цо, дог дика доцчу човсо:
«ДIавала кхета, юхавоккхур вай хьо-м».

Синкъерамехь дуй хьан и? Дийнна цикл ехьа цунах, «Синкъерам» алий. ХIара цу юкъара цхьаьннан монолог хилийта. Иштта хIоранне а цIарах цхьацца стих язъе. Нохчийн синкъераман кхоччуш сурт хIоттадехьа. Берриш цхьаьна а болуш, хIора ша-ша а воккхуш. Ахь и дахь доккха гIуллакх до-кх нохчийн литературана.
– Ойла йийр ю ас, – элира Шарипа. И кийча вацара ас бохучунна.
Суна Iаламат дика хета Шарипан стихаш. Амма Шарип реза вац сан дийцаршна. Мел белахь а, Ахмадов Мусан тIеIаткъам а хаало суна цу тIехь. Цкъацкъа Шарипа олу соьга:
– Хьо сайна ца вовзахьара, хьан дийцарш дешча, хьоьх лаьцна вуо ойла хир яра сан.
Цхьа муьлх-муьлхха а нохчийчунна сайн дийцарш цатар, хьан-хьанна а уьш хаза ца хетарх, ца дезарх-м кхетар вара со. Амма дерриг а дахар а литература йолчарна а ца тайча, бакъдолуш, тамашийна а хета суна, чам а бов. Делахь а цкъа а къар ца ло со, айса лелочух дог а ца дуьллу ас. Шарипе цуьнан дешнашца олу ас:

Къобал ца ви со ас къобал бечара,
Ас къобал бечара со юхатуьтту.

Цунна суначул а шера ма хаа оцу стихотворенин чаккхе:

Со тахна къобал ван ца лиъначара
Шаьш дохкодовлар цкъа къадор ду соьга.

ЙОIАН КХЕТАМ

Туркойн махкара веана нохчи ву телевиденехь къамел деш. Цхьацца дуьйцуш, ша вайн туьканашка вахарх лаьцна эли.
– ХIокхуьнан я оцуьнан мах хIун бу хаьттича, гIазакхин маттахь цхьа «гIучIур-пIучIур» до вайнехан зудабераша. «Ахь дуьйцучух ца кхета со, нохчийн маттахь алахь», – дехча: «Хьо хIунда ца кхета? – боху. – Нохчи вац хьо?»
Дийлина охьа-м ца ийгира тхо, цуьнга ладоьгIуш.

НЕНАН ВАША

Цхьаъ хилла шена ца хууш хIумма а дац, бохуш, дозаллаш деш. Накъосташа IадъIе аьлча а ца Iаш.
Тхан ненан ваша Эпендиев Муса (оха Ваха олу цунах) хилла царна юкъахь. Инженеран говзалла йолуш ву Ваха. Тайп-тайпанчу даржашкахь белхаш бина а волуш, нахана вевзаш стаг.
– Массо хIума а хаа боху ахь? – хаьттина Вахас.
– Боху. Хаттал хьайна луъург, – аьлла вукхо.
Цхьа хаттар дина Вахас. Ца хиъна вукхунна. Кхин хаттар дина. Ца хиъна.
– Со юьртабахаман говзанча ма ву. Цунах хьакхалуш дерг хаттал ахь-м, – аьлла тIаккха вукхо.
– Уггар а дика удобрени муьлхург ю? – хаьттина Вахас.
– Кхаьлли ю-кх, – аьлла вукхо дозаллица.
– Кхаьлли тIехь воккха говзанча ву хьо, – аьлла Вахас.

Цхьамма хаьттина:
– Муса, и ахча ма дукха деза хьуна?
– ЦIахь чIегIардигаш ду сан, багош гIеттийна, со цIаван ларвеш, – аьлла Вахас.

ДоттагIашца гIалара  цIавогIуш, некъахь лаьтташ шен накъост гина, машен сацаяйтина Вахас. Уьш вовшийн бовзуьйтуш, хIораннан а цIе, фамили, белхан меттиг олуш:
– ХIара миска совхозан коьрта пис ву, – аьлла Вахас.
«Джалкха» совхозан коьрта экономист хилла иза.

МАЯКОВСКИЙ

Владимир Маяковскийн паспорт ду цуьнан «Паспорт» боху стихотворени. «Ленин», «Хорошо» поэмийн, кхин а гIараяьллачу масех стихотворенийн автор санна бен ца вевза иза юккъерчу дешархочунна. Коммунизман байракх лоручу Маяковскийс яздина ду кху тайпана дешнаш:

Слава, Слава, Слава героям!!!
Впрочем,
им
довольно воздали дани.
Теперь
поговорим
о дряни.

Советан Iедалан массо а учрежденешка дIатаръелла боьха хIумнаш юьйцу цо. ХIун ду церан революцин тешаме хилар а? Майрачо зудчуьнга «накъост Надя» алар, шайн хьалхалера барзакъ керлачу, ахтIеман духарх хийцар, пена тIехь кхозу Марксан сурт а. Муьлхха организацин хьаькам хIотточу стеге, уггар а хьалха, «Прозаседавшиеся» дагахь Iамайойтур яра ас.

Мечтою встречаю рассвет ранний:
«О, хотя бы
еще
одно заседание
относительно искоренения всех заседаний!»

Тахана Маяковский дийна велахьара, ойлайо ас, муха поэт хир вара-те иза?

Отечество славлю,
которое есть.
А трижды –
которое будет! –

баьхначу Маяковскийс хестор дара-те таханлера дахар я тохарлерра дешнашца эр дара?

Врали:
    «народа –
            свобода,
                вперед,
                эпоха,
                заря…» –
И зря.
      Где земля,
                и где
                закон,
                чтобы землю
                выдать
                к лету?
Нету!..

Тахана схьавелахьара махках ваьккхина хир вара-те и, чувоьллина хан йоккхуш я политически диссидент?
Дика аьлла дош заманца шир ца ло. Афоризм хуьлий дуьсу. Иштта дийнна произведенийн цIераш а. Масала: Грибоедовн «Горе от ума», Гогольн «Делла синош», «Ревизор», Ленинан «ГIулч хьалха, шиъ тIехьа». Тахана муха тIеоьцур яра-те Маяковскийн я и санначу поэтан стихаш? Цхьа а редактор ваьхьар варий хIара могIанаш тIетоха?

Власть
     к богатым
              рыло
                воротит –
                чего
                подчиняться ей?!
Бей!..

Критико тIе муха оьцур дара-те уьш? «Поэзех дерг хаац суна, амма политикин хьокъехь чIогIа дика аьлла хилар тоьшалла до ас», – ала хьекъал кхочур дарий-те цхьана а политикан?

МАЙРБЕК

Майрбек дзюдоист вара. Мала а мелла моссаза вогIу, шен зуда тIийриг санна хьарчайора цо.


Рецензии