Дневник. 1987

IАДАТАШ

Нохчийн юьрт. Жимачу стага зуда ядийна.
Цуьнан наха тIаьхьа а бевлла, шайна тIе эхь деана аьлла, тIера хеча яьккхина кIантана. КIентан наха бахка а богIий вукхеран стаг вуьй.
Доккха дов хуьлу цунах.

Школера цIайогIучу жимачу йоIана коьртах куьг хьокху:
– И хаза йоI, – олий. ЦIаеъча, цо нене олу:
– Хьенехеран кIанта хьаьстира со, коьртах куьг а хьокхуш.
И хезаш болчу вежарша, аралелхий, топ туху цу кIантана, шайн йишех куьйгаш тоьхна, олий. Вукхара дуьхьал кхеран стаг вуьй. Иштта дехьара-сехьара вархI-бархI вужу.

Цхьайолу зуда цициган куьце йоьрзу, бохучух теша нохчий. Суна жима волуш дуккха а хезна царах лаьцна дуьйцуш, юьртара вочу агIор бевзаш болчу зударийн цIераш а йохуш. Ишттачех цхьа дийцар ду хIара.
–...Церан стаг чуваьлча, аганчохь долчу берана тIедижина Iаш цициг гина. Кхунах бIаьрг кхетча, араэккха хьевзина и. ХIокхо муцIарх аьшкал тоьхна. ШолгIачу дийнахь церан лулара (цIе йоккху) хилла бат йихкина, ара а ца йолуш Iаш. Иштта хиъна и нахана.
(Юккъерчу бIешерашкахьлера китайцийн яздархойн хуьлу кху тайпана дийцарш.)

Веллачо, шена дукхавезнарг тIехIоьттича, ши бIаьрг схьабоьллу боху.

«Ясная полянан» гена йоццуш деревня яра и. Кегий нах дукха а бацара цигахь. Сарахь юьртан клубехь гул а лой, сакъоьруш Iай, юха шишша дIаса довлура тхо.
Цкъа ишштачу сарахь дуьненчура кхераме, тамашийна, инзаре хетало хIумнаш хьахаделира. ХIун хуьлу стагах веллачул тIаьхьа? Дахар дуй кхечу планеташ тIехь? ШайтIанаш, иблисаш и. дI. кх. а.
Соьца болчех цхьаьннан да веллера шо хьалха. Бераша суна дуйнаш бууш дуьйцура:
– ВогIуш хилла Наташин да. Шен доттагIчун гIайгIа а еш. И дийна волуш гуттар а цхьаьна ма вара и шиъ. Iаржъелла арахь. Сигаьрка латийна хIокхо. ЦIеххьана кхуьнан велла волчу доттагIчун озо: «Сигаьрка латаяйтахь», – аьлла. Кхеравеллера ша, бохура цо, валлал. «ХIа», – аьлла, белш тIехула дIакховдийна хIокхо. Вукхо лата а йина, баркалла, аьлла юхаелла. Хуьлу ма боху иштта, веллачу стеган са лелаш. Ша везачунна, шега сатуьйсучунна гонаха хьийзаш...
Меримен Дон Жуанах лаьцначу повесть тIехь ду-кх оцу кеппара цхьа хIума. И ешний-те кхара? Я шайтIан базарш эр ду цунах?

– Наха хIоьан чIоьргаш, туьха а ца хьешахьара, Ша лаьтта охьавуссур вара, – аьлла Дала.
ХIинца кхета со, и берашка хIуман тIалам байта олуш хиллий. Я:
– Баьпкан цуьргаш диъча, хаза хуьлу.
Жимчохь хьехна хIума дика схьалоцу. («Жимчохь Iамийнарг – тIулга тIеяздина йоза».)
– Шина бIогIамна юккъехула вала ца мега. Къемата дийнахь гехь лело дезар ду.
Шина стагана юккъехула ца валийта олуш ду.
– Буса маIарш хедо ца мега.
Цунах кхета, и кхолладеллачу заман ойла ян еза. Хьалха, хIинца санна, чохь сирла ца хилла буьйсана. Хадийна маIар кхоссаелла цхьанхьа текха чу, яй чу я кхечахьа, ца торчу, йожа тарло.

ЭМГАРАЛЛА

Ирча йоI доттагI йолчу хазачу йоIана тIехьевзина кIант даима холчахь хир ву. Цо, эмгаралла а лоций, шайна хирг хIун ду а ца хууш, барт хила ца дуьту и шиъ.

ВУО ЛЕЛАР

Стадион тIехь бурканах ловзуш бераш ду. Царна юкъахь дIасахьийзаш спортивни хIумнаш а юьйхина  хьехархо ю. Къона йоI. «Школа – шолгIа цIа ду. Ткъа со нехан школехь ву». Иштта ойла йо юьртарчу дешархочо, гIаларчу школан дувала тIехь хиъна а Iаш. «ХIета, со нехан чуваьлла-кх. Со жуьйлик ца хуьлу тIаккха?» – жамI до цо.

ХАЛКЪАН БАХАМ

Массанхьа а доьшу, го: «Халкъан бахам», «Массо хIума а халкъан ду», иштта дIа кхин а.
Тохара дозалла дора ас цу деригенах а. ХIинца хаа суна, сайн, нехан а хIумма доций. Халкъан ю мел бохург, дан воцуш юй а, Iедал доцург.
Ткъа хьенан хилла-те адамаш? Нах, халкъ, къам, адам…
Мел тайп-тайпана маьIна диллало цу дешнашна чу!
Къасто дезара: мила я хIун хьенан дуьхьа ду?
Халкъ пачхьалкхан дуьхьа я пачхьалкх халкъан дуьхьа?

ПАРТИ

Стага ша хастош товш дац, наха хасто веза, олуш ду-кх вайн. Амма партино ма дукха хестайо ша: «Слава КПСС», «Да здравствует КПСС», «Партия – ум, честь и  совесть нашей эпохи», «Партия – авангард...» иштта дIа кхин а. Я, мацах чукчас ма аллара, парти стаг яц-те?
Тохара цецволура со: «Народ и партия едины!» ; боху лозунг ешча. Цхьаъ муха ца хуьлу, ойла йора ас, парти, халкъ а? Оцу халкъа юкъара бац партийцаш а?
ХIинца кхета со, парти, халкъ а  бохург башха хIумнаш хилар. Куьйгалле кхаьчча, партехь болчара дицдо, шаьш халкъа юкъара хилар, шаьш оцу халкъах схьадевлла хилар а, шаьш халкъах даьхча хIумма цахилар а.
Партконференцешкахь, съездашкахь, пленумашкахь а хIиттийна Iалашонаш, декхарш а кхочуш деш хиллехь, вай вуно дика Iаш хир дара. Ткъе иттазза съезд ян бахьана а хир дацара.

ИНТЕРНАТ

Сан школа

Дагана юххера меттиг яра школа. Сан ерриг жималла а цу кертахь дIаяхнера. Сан мел хилла хьехархо, хIинца а цигахь вара, цхьа а пенсе а вахаза. Со веана хазахеташ, мара а лелхаш, дIаоьцур ву моьттура суна балха. Сайн хенахь хьалхара дешархо хилла а ма вара со. Массо берана масална а валош, юьртана а вевзаш, хьехархошна а везаш, массара а хестош. Олимпиадашкахь а хьалхара меттигаш йохуш. Ас итт класс йоккхуш язйина сочинени, хIора хьехархочун карахула чакхъяьллера. Оьрсийн мотт, литература а луш йолчо элира:
– Ас школехь йита кхоам а хетта, цIаяьхьна и. Кхин дика язъян суна а хуур дацара. И ойланаш мичара евллера хьуна?
Цкъа дагадогIу суна, цо шен класс чу дигнера тхо. Тхан хьехархо, со хIетахь 6-чу классехь вара, цхьанхьа-м яхнера, тхо кхунах а тешийна. ТIаккха хIокхо цхьана агIор тхо, вукху агIор шен 10 класс а хаийна, дIахьош яра урок.  ИтталгIачу классера тоьлла дешархо яра доски тIехь. Кхочуш дан дезарг: предложени дIа а язйина, нийса хьаьркаш хIиттаяр дара. Кхин башха доккха хIума а дацара и. Амма иза чIогIа йоьхна хьаьвзира.
– Муьлха предложени ю и? ; аьлча, и а ца хиира цунна. Цхьаьнга, шинга, юха ерриг а классе хаьттира цо. Массо а, ша-ша галваларна кхоьруш, ала ца хIуттуш Iара. Юха тхоьгахьа йирзира:
– ХIокху бераша аьлча эхь хетар дац шуна? – аьлла.
ХIетахь цунна со ца вовзара, кхечу хьехархоша вийцар бен. Сан цкъа а Iедал дацара сайна хуург нахачул хьалха ала гIерташ, куьг уьйуш а. Цхьанне а ца хиъча:
– Эхь ма ду и-м! Цхьанне а ца хаа, хIун хьаьрк йогIу оцу предложени тIехьа? – аьлла, холчу хIоьттира. ТIаккха:
– Суна хаа, – элира ас.
ТIаьхьо, цу йоIа бехк баьккхира соьга:
– Ахь хIунда элира? Суна хуур ма дара.
Иза школан хIинца волчу директоран йоI яра.
Тхан школа керла йина яра. Ткъа иза цуьнан дуьххьарлера директор хилла а вара. Юха гIала цхьанхьа балха ваханера иза. Амма тхо иссалгIачу классехь а долуш, хIуъа галдаьллехь а, юха а школе схьавеара иза.
ИтталгIачу классан дешаран шо чакхдолуш, тIаьххьара горгали а соьга тохийтира. Бантикца месаш къевлина, кIай фартук а юьйхина кечъелла жима йоI кара а лаьцна.
ТIаьххьара экзамен дIаелча, завучо юьстах а ваьккхина:
– Дашо мидална хIун дагахь ву хьо? – хаьттира соьга.
– ХIун дан дезара ас?
– Хьо сайх нийса кхета лаьа суна. Дашо мидал луш хилча, районохь, министерствехь а дийца дезаш ду. Царна там бан, йогIург дIаяла а еза. Тхуна хIумма а ца оьшу. Хьо хьалхарчу классехь дуьйна пхианнашна схьавогIуш ву. Хьуна вайга яккхалур ю. ЦIахь болчех дагавалий хIума де…
Ас цIахь хIумма а ца элира. Аьлча, ца аьлча а, ахча дацара. Я суна, ма дарра аьлча, ахча а делла яьккхина дашо мидал а ца оьшура. ЦIаранна, хьенехан дашо мидал елла, алар бен, дахарехь суна дан гIо дацара цо. Бакъду, и хилча, деша воьдуш цхьа экзамен елча волура, ахь 5 даккхахь. Амма и а, ахь ахча ца делча ца дуьллу, дуьйцура наха. Со деша вахалур воцуш, цхьа а институт яц вайн пачхьалкхехь, аьлла хетара суна. Цундела мидалан башха гIайгIа а ца йора ас. ХIун дара аттестат тIехь суна кхааннаш делахьара а? Пхианнаш хилча а хIун ду? Кехат тIехь ду-кх уьш дерриш а.
ТIаьххьара линейка. ТIьаьххьара горгали. Хабарш, ловцаш, зудаберийн бIаьрхиш… Дика дешарна грамоташ йоькъуш, суна еллачунна тIехь: «школан юкъараллин дахарехь жигара дакъа лацарна, дика леларна а», аьлла дара. Дешарх лаьцна цхьа а дош дацара. Я «дика», я «тIехдика», я «вуо» аьлла а. Цхьа а дош. Со могIаре дIахIуттушехь, сан карара яьккхина и грамота, линейкехь лаьттачу берийн кар-карахула го баьккхина, юха а схьакхечира. Ас этIийра и. ЦIахь мел дукха яра сан уьш! Тоьллачу дешархочун конкурсашкахь, тайп-тайпана олимпиадашкахь, классера классе волуш елла а. Амма хIара санна говза язйина… Тхан хьехархойх цхьаъ йилхира, юьстах а яьлла. Цхьаболчарна боккха кхаъ хилира оцу историх.
Дай-наной кхайкхина, тIаьххьарчу гуламехь аттестаташ дара схьалуш. Актови залан сцени тIехь стоьлаш ехкина, хевшина Iара директор, завуч, масех хьехархо, юьртан хьаькамех цхьаъ-шиъ а. Диъ шо хьалха дешна яьллачу директоран йоIана, директоран вешин йоIана, юьртан хьаькамех цхьаьннан йоIана а дашо мидалш елира. Дайшка-наношка дIаелира уьш, иштта дика тIаьхье кхиаярна баркалла а олуш. «Дика тIаьхье» цу хенахь Россин тайп-тайпанчу заведенешкахь доьшуш яра…
И дагадеара суна, со директоран кабинет чуволуш. Иза лекхачу дегIахь, товш волуш, дIахьокхуш сира кIужал йолуш, хан тоьхна велахь а, хIинца а дуьненах дика самукъа долуш, могуш а стаг вара. Россин Федерацин Сийлахь хьехархо. Суна хууш, цкъа а урок елла а воцу. Наха юккъехула лелла, дуьне диъна а борз. ХьалагIаьттина мара а иккхина, со охьа а хаийна, хьал-де хаьттира цо. Со гина хазахетар гора суна цуьнан юьхь тIехь. Велакъежна вара иза.
– Болх цкъачунна бац. ЛадугIуш хIума де. Меттиг хир ю, болх боцуш вуьтур вац вай хьо, – элира цо.
Цхьана а кепара хIилла, дагахь хIума а доцуш волу со (къанлуш ву-кх со, наха хIун леладо ца хууш!), сих-сиха кетIа а волуш, ладогIа хIуттура. «Хьоьга директора школе вола боху», ; аьлла, цхьа бер доуьйту хьуна цо хIинца-хIинца, бохуш Iара со. Иштта ахшо а делира. Ас ладоьгIуш.
– Хьо нийса ца кхетта хьуна цунах. «ЛадугIуш хIума де», бохург-м, хIума йохьуш вола бохург дай, – элира соьга накъосташа.
– Хир дац шуна, – цецвуьйлура со. Ас аьттехьа ца юьтура и ойла.
– Хьоьга къамел диначул тIаьхьа, масийтта стаг дIа хIунда эцна цо?
– Эцна цо?
– Цаьрга хаттал ахь, муха эцна алий.
Иштта кхийтира со, сайн школехь рицкъ доций. ХIеттахь, йиша  яханчо кхайкхина, вахара со интернате а. Цу хенналц невцана хьалха хала хир ду болх бан, бохуш, Iийнера со. Сайн паргIатонан дуьхьа. ХIинца а кхузахь ву со.
Сан ткъе цхьа шо ду.

Къона хьехархо

Балха тIехь урокийн планаш хIиттаян а ца кхуьу со. Ма оьшуш яцара уьш суна! Хьуна урок яла хаахь, совнаха, пайдабоцу хIума ду и. Хьуна урок яла ца хаахь, хьо конспектех тешна велахь, ледара хьехархо а хир ву хьо.
Очно доьшуш волуш, сайна ма луъу лела таро яра. Вуо студент лору  со, дика студент лору, башха а дацара. Айса хIун леладо, сайна хIун оьшу сайна хиъчахьана. Амма даго ца вуьту со, вуо хьехархо ву ала меттиг бита.
Iедалан болх боцург, цIахь гIуллакхаш а ду. Мокъа хан йиса а ца юьсу. Марахь книга а йолуш наб кхета. Миччахьа, хьаьнцца, хIуъа болх беш хиларх, цкъа а диц ца до ас, со яздархо хилар. Бакъду, цкъа а сайн салаьттарг ма тов дан йиш-м ца хилла сан. Хазахета а хехочун болх бийр бара ас, дийнахь наб еш, буьйсана книгаш а йоьшуш. Яхьаний-юьхьаний боху хIумнаш мукъане дацахьара нохчийн! Охьа а хиъна книга язъечу меттана, цхьанне а пайденна боцу белхаш бан дезаш ву со. Хене вала. ЦIен шекъа долчу ручкица берийн тетрадаш кегош…

Хьехархочун дика

Дешна валаро муьлха Iалашонаш хьалха хIиттор а хаац. Хьашташ дуккха а ду. Некъ цхьаъ бен бац. И суна гуш ду.
Вежарий бацахьара со я чIогIа ирс долуш (сайна луъург лело аьтто болуш), я чIогIа декъаза стаг хир вара (тIейоха хеча а йоцуш).
Мамас, шегахь дан а долуш, ахча ца кхоадо суна.
– Дешна вала воллу хIинца, – олу цо.
Ткъа хIун дика дийр ду ас цунна диплом схьаэцча?
Д. Лондонан Мартин Идена, ша кога-ира хIоьттинчул тIаьхьа, шен йише хало ца хьегийта, эцна ферма дагайогIу суна сих-сиха. Маца хир ду вай долчохь книга араяьлча яздархо ваха хууш? Оцу агIора-м ирс ду-кхи даккхийчу къаьмнийн!
Филолог, оьрсийн меттан, оьрсийн литературан а, нохчийн меттан, нохчийн литературан а хьехархо. Иштта хир ду сан диплом тIехь яздина.
Хьехархочуьнга хIун далур ду? Хьехар доцург хIумма а.

Дика болх

КIиранах цкъа-шозза, урокаш чакхъевллачул тIаьхьа ГIала воьду со. Университетехула дIасахьаьвзий, накъостий болчу юкъараIойле кхочу со.
– Дийцахь, – олу соьга накъосташа, чай а дуттуш, – муха бу хьан болх? Хала-м дац?
ХьасттагIа, цхьамма:
– Кхин хIун оьшу? Хьовсийша Сайд-Хьасане. Хаза а ву. Товш а ву. Вуно дика болх бу-кх хьехархо. Кхин хIумма ца хилча а, тIехь цIена-х вай иза, – боху.
– Дера ву-кх цIена-м, тIехь, кисанахь а, – элира ас.

Пенагазет

Хьалхара ши урок мокъа ю сан тахана.
Учахула волавелла лела со.
Пионерий чоьна хьалха пенагазета ду.
Цу тIехь йоккхачу килс тIехула стигал йоьдуш спутник а, еха маж йолуш къаночун сурт а гой, соцу со. Цхьаммо а къобал дийр доций хууш, бусалба динах лаьцна хIумма а дац, дерриг а кераста динах ду. «Атеистийн кхеташона» юкъахь сайн фамили, цIе а йоьшу ас. Со чIогIа цецволу. Сайна ца хууш, атеист а ма хилла со-м. Завуче олу ас:
– Со Делах тешаш стаг ма ву. Сан фимили муха хир ю оцу тIехь?
– Принципиальни хIума дацара и-м, – елакъежа иза.
Дуьненна тIехь бусалба дин ницкъаца даржочу хенахь а, хьайна ислам тIеэца ца лаахь, цхьа мах дIабелчахьана, паргIат вуьтуш хилла. Тахана, хIуъа дарх а, атеизмах азатвала йиш яц, кху махкахь вехачу стеган.

Кицано ма бохху

– Вай школехь коммунисташ буй? – хотту ас завуче.
– Бац. Вайна райкомо меттигаш ца ло.
Кхетамна тIаьхьадуьсучу берашна лерина школа-интернат ю тхайниг. Хьехархой, кхетош-кхиорхой а оцу категорех лоруш бацахь, хаац, райкомо кхечу школашна луш йолу меттигаш хIунда ца ло. ТIаккха а, меттигаш планаца муха йоькъур ю? ХIоккхул стаг, хIоккхул зуда, царах хIоккхул хьелиозархо, хIоккхул ахархо, оцу къомах хIоккхул, вукху къомах хIоккхул... ХIора стеган лааме хьаьжжина, хила дезаш дацара парте, комсомоле а валаран гIуллакх? Амма коьртаниг – план, программа а. Хьакъ ву хьо я вац,  и чоьте а дац. Хьо хьайн халкъана ямарт вацахь, хьан лаккхара образовани а елахь, чIогIа хала ду хьуна парте вала. Шайн белхаш Iадбуьтуш, нах заводашка, фабрикашка а белхашка бахана меттигаш хаа суна, парте бовлар дуьхьа. Цхьана хенахь белхалой, ахархой а Советан Iедалан уггар а тешаме нах хиллехь а, тахана интеллигенци яра мелла а парти юкъа озо езаш. Амма некъ бихкина бу. Белхалой, ахархой а Iехош лело атта бу, оьшшучу хенахь куьг а ойу. ХIумма а къуьйсур дац. Интеллигенцино ша Iехайойтур яц. Цундела оьшучу меттехь дош ала, шена ца товчохь куьг ца айа хьекъал, доьналла а долу нах, ца оьшу партехь. Россехь мухха делахь а, Нохчийчура хьал иштта ду. Интеллигенцино ша Iехайойтур яц. Амма цуьнан карахь хIумма а дац. Цхьанне карахь дуй-те хIумма а?
Интернатехь бераш комсомоле даха рекомендовать а ца до. Кхетамна тIаьхьа дуьсуш ду, бохуш. Цундела ду-те, церан хьехархой а парте баха школана цхьа а меттиг цаялар? Олуш ма ду оьрсийн: «С кем поведешься, от того наберешься».

Урокехь

Клад бохучу дешан маьIна дан воьлла со берашна.
Склад бохучух цаьрга и къастадайта а гIерта со.
Уьш кхетта аьлла хеттачу хенахь:
– ХIун дийр дара аша, шайна и карийча? – хотту ас.
– Ас сайна карийнарг къайладоккхур дара, – олу цхьамма.
– Со дIагIур вара, – олу кхечо.
ХIораннан а кхетамехь деши ду клад. ХIораммо а шена-шена карийча, ша дийра долчун ойлайо.
– Ас-м хьехархочуьнга эр дара, – олуш верг а вели.
Со хьажа гIертарг: «Цхьанне а дагайогIий-те, ша Iаш волу интернат?» – бохург ду. И тоян, хазъян, шоръян. Да я нана доцуш, ша санна долчу берашна, кхузахь кхин а дика хилийта. И цхьаммо а ца олу. Ас хьахийча а тамашийна хета царна: «Iедал дац оцу балхана? Кхара хIунда луш ю шайниг?»
Амма цецваллал чIогIа бу церан вовшашна цIераш (кличкаш) тахкаран тидам. Тарзан, колобок, суслик, трактор, зинтиг, гезиг, гомаш, штыковой бел… Хьо лерина, дика хьаьжча, баккъал а тиллинчу цIарца вогIуш хуьлу-кх и. Я амал, я сибат.
Каникулаш дIаевлча схьадогIу бераш. Тишлой. Азлой. Жимма хан яьлча, хьуна ган а гуш, тIе бос богIу царна. ЦIинло.

Белха хан

Цхьа хан хилла Ленина 100 эзар тракторе сатуьйсуш.
– Дуьне тIекIел доккхур дара вай!
70 шо хьалха партин минимум программи юкъахь ма хилла белхан хан 7-8 сахьте охьаялаяр. Цул тIаьхьа миллионаш тракторш, комбайнаш, машенаш а арахецна. Болх бан роботаш а ю. Ткъа адам хIинца а 7-8 сахьтехь болх беш ду. Дукха дац и? Дахар оццул доца ду! Я дидиш а дац. КIиранах ши де бен мокъа а дац...

Керла белхахо

Интернате керла белхахо еана.
ЧIогIа ийна, дагахь хIума доцуш зуда ю.
Цуьнца санна юххера хилла вац со оьрсийн зударшца.
Цхьана дийнахь дукха къийсира оха Дела вуй, ваций бохуш. Коммунист ю иза. Тахана боху соьга:
– Къар-м йира ахь со. ХьошалгIа вогIуш ма вац хьо? Чай мала вола...

Илли

Маяковскийн, Горькийн а кхолларалла кхо-йиъ урок хьалха чекхъяьккхина, берашна нохчийн маттахь деша Iамош ву со. Царна юкъахь оьрси, гIалгIазакхи а бу. Массара а хазахетарца Iамабо нохчийн мотт.
Оцу Iалашонна 1-чу школан библиотекера тиша «Абаташ» еана ас. Ас дукха дуьйцу царна нохчийн меттан марзонах лаьцна. Юха Абат йоьшуьйту: «Илли ала...»
Нийсса суна дуьхьал пена тIехь кечйина стенд ю. Шуьйра евзачу произведенешна юкъара иллюстрацеш ю цу тIехь. Царах цхьаъ «Илиада» тIера Полифеман сурт ду. ХIорда йистехь, Одиссейн тIаьхьа кхосса дагахь, айина йоккха тарх йолуш. Шен цхьаъ бен боцу бIаьрг баккхарна дарвелла ву иза.
– Илли ала, – дешча суна дага «Илиада» догIу. Хьалха кхозуш и сурт хилар а хила мега цуьнан бахьана.
Илиада. Илли ала. Н. Гнедичан классически гочдар дагадогIу суна:

Гнев, богиня, воспой Ахиллеса, Пелеева сына...

«Воспой» боху дош схьалоцу ас.
Илли ала. Илли – песнь, ала – скажи. Скажи песнь (спой). Илиада – илли ала, илли айде... воспой.
Iилманчаша «Илиада» дош «Троя» дашца дузу. Амма поэма цу гIаланах лаьцна яц. Я итт шеран тIом бац гойтург. ТIаьххьарчу итталгIачу шеран эпизод ю. Ахиллесан еана моха юьйцуш. Хьалхарчу могIано а гойту и:

Гнев, богиня, воспой Ахиллеса, Пелеева сына...

И илли Ахиллесан гимн ю.
Илиада – Ахиллесана хастам бу.

Фазендехь

Зударий хорбазашна асарш деш бу, тхо буьйда кибирчигех хехочун цIа деш.
Хьалхарчу шина-кхаа дийнахь хьала-охьа тийIина, еза кибирчигаш ийина а, баккъаш лозуш дара тхо. ХIинца массо а цхьацца забарш еш воллу. ДогIмаш метта даьхкина.
Бишиев Мусас дуьйцу:
– Майртуьпара цхьанна, цIе хаац суна, балха вахханчохь мечик евзина хилла. Юха цIаван хан тIекхаьчча, адрес дитахьара ахь, ша цхьацца гIуллакхаш дIа а дерзийна тIаьхьа йогIур яра, аьлла вукхо. Иза йогIур яц моьттуш, хIокхо адрес делла. «Каро атта хир ду хьуна. ТIекIел дина цIенош. Кертахь Iаьржа «Волга» а гур ю хьуна. Тхан ненан цIе АругIаз ю хьуна. Хаттахь хьаъа а эр ду хьоьга».
Важа-м ян ма еана.
ТIекIел дина цIенош ца карийна вайн несана, кертахь Iаьржа «Волга» а ца хилла. Цу тIе марнана а хилла реза йоцуш. ХIуъа дина а хIара эккхо гIерташ, луьйш, юург ца луш а. Муьста берам, сискал а хьалха Iуьттуш.
Кхано дIаяхча дуьйцу бохура несо:
– Ели они моченое точило! Мочило ещё ничего, а вот точило ой-йой-йой. И еще свекровь постоянно говорит: «Кура байлаха. Кура байлаха». Что такое, до сих пор не знаю.

Коммунизм

ХIора пIераскан дийнахь, сан тIаьххьара урок юккъе яхале, горгали бека, делкъана хIума яа кхойкхуш.
– Хьалхара сменехь ду хьуна тхо, – олу соьга цхьамма, со вицвеллехь а дагадоуьйтуш.
Тетрадаш, книгаш, ручканаш схьа а лахьайойтий, журнал дIакъовлу ас:
–  ДIахIитта.
Юха цаьрга дIадуьйлало а олий, хьехархойн чу воьду со, карара хIумнаш охьаяхка.
– Хьалхара смена юй? – хотту завучо. – Столови чу баха-м дицлур дац хьуна царна, массо хIума дицлахь а.
– ХIаъ. Оцу чохь санна болх цара урокехь а бахьара, уьш отличникаш хир бара.
И ас берашка а олу. Уьш доьлу. Юха Iайг бете хьошшехь дицдо. Суна нийса ца хета, кхетамна тIаьхьа дуьсуш долу бераш цхьаьнатохар, лерринчу интернаташкахь Iамадар а. ХIора а шайн-шайн юьртахь кхетамболчарна юкъахь, мел дукха а, класс чохь цхьаъ-шиъ бен хир варий уьш? ТIаккха царна терго ян а йиш хир яра, уьш тапъаьлла а Iийр бара. ХIинца, уьш шиъ цхьаьна вита йиш яц. Минотана а хьан бIаьрг тIера тилахь, вовшийн карах вала воллуш хир ву.
Сайн классехь хиллачийн ойла йича а хаа суна.
КIеззиг бацара царна юкъахь а, дийнна школехь а, лиъча хIара санначу интернате дIабала хьакъберш. Шайн фамили нийса язъян а ца хууш я алфавитехь маса элп ду а, я Пифагоран таблица, атталгIа цуьнан цIе а, я и мила ву а ца хууш, цкъеллиг цкъа урокехь я «хIаъ» я «хIахIа» алаза итт-цхьайтта шо даьккхинарш а бу. Амма царна ма ца олура цхьаммо а уьш Iовдалш бу. Зудабераш маре даха, кIенташа зударий балий. Нахах тарбелла адамаш хилла-кх царах. Цу тIехь доккха дакъа доьзална, дена-нанна а кхочу. Дукха хьолахь интернаташка кхочу бераш, аьтто боцучу доьзалшкара я да-нана (я шиннах цхьаъ) доцуш бу. Суна ца хаа муха хир ю кхеран кхане. ХIокху юьртахь кхоллалуш йолу цIе, гуттаренна а кхарна тIехь йисарна кхоьру со.
Хьекъал долучарна а ца карош йолу хIокху дахарехь шайн меттиг, интернатера дIахецча хIун лелор ду кхара? Гуттар а хир ма бац хIорш Iедалан хоржах бехаш. ХIун кечам бу кхеран наха юкъахь баха, тарбала а?
Хьалхарниг –  чорпа ю. Сан класс ю тахана дежурить деш. Берех цхьаъ-шиъ лела куьг айичунна чорпа юттуш, кхачийначунна бепиг луш...
ШолгIа – котамаш ю. Гарнираца. ХIора дийнахь тайпа-тайпана хуьлу и.
Дийнахь кхо урок гIеххьа ю цхьана хьехархочунна. ДегI, нерваш а ларда лаахь. Йисина хан хьехархочунна шен гIуллакх дан а, книгаш еша (цунна дукха мел хии а берашна дика дац?) ваха-ван а, доттагIашца самалха дакха а, гIаддайча, шен доьзал кхио а йита езара. Дуккха а къена хьехархой бевза суна, Iедалан балхахь шайн ерриг а энерги дIа а елла, шайн бераш кхето, кхио а я ницкъ, я хан, я аьтто а ца тоьъна.
Белхало я белхахо схьа ма веъана, цунна чохь Iан хIусам а, гIуллакхана хахка маше а, чухIотто мебель, тIаккха алапа а делча... ТIаккха бан мегар дара болх а. Я ахча дан мукъане а дацахьара наха юкъахь лелаш. ХIора стаг, шен даго тIеоьцу, болх беш а волуш, цунна Iер-вахарехь оьшург туьканахь охьайиллина а йолуш. ТIаккха ма къуьйсур бацара наха куьйгалхойн белхаш. Мелхо а шайга дехаре нах баьхкича а реза хир бацара: «Соьга хIун хоьттина сайна тIе и бала лаца? Цулла сайна атта вехар вай со. Сайн дегIах жоп делчахьана волуш, нах дIатарба а ца дезаш». Я луш дерг тоъал мукъане а делахьара. ТIаккха белхахочуьнгара белхан дикалла, жигаралла а еха мегар дара. Эвххьаза. Хаац, коммунизмехь хирг хир ду-кх и дерриг а.
КхоалгIа урокехь мацвала волало со. Цул тIаьхьа йолчу урокашкахь наггахь йиш хаьлла вуьсу.
Цкъацкъа цецволу со. Гай дуьзча а, бIаьргаш ца бузуш бераш хIорш бен гина дац суна. Кхета хала а дац цунах. Кхеран цIахь дац иштта даар. Къаьсттина дика хаало и, уьш каникулашкара схьабаьхкича. Тишбелла, гIелбелла… Шайн цIера еана тIелхиг, мел беркъа елахь а, мел лерина лелайо. ЧIогIа доладо цуьнан. Кхузахь Iедало луш йолу тIе-кога а юхург, ши-кхо кIира далале вовшах йоккху. Цунах кхоам ца хета…
Стенна дуьйцу ас и? Нехан кхачамбацарш, сакхташ а лехьадар яц сан Iалашо. Суна а ца хуьлу-кх цIахь ма езза яа, тIеюха а хIума. Я алапа тIехь Iаш волчу цхьанне а хир ю аьлла ца хета. (Тхан дас жимчохь оьшшург латтош кхиийна дела, неха хIумане сатуьйсийла йоцуш, дог-ойла токх кхиъна тхо. Цундела, тахана тхо мел хала Iаш делахь а, са меца дац тхан доьзалехь цхьанне а. Беран амал кхиарехь, доккха маьIна ду, жимчохь цу берана хуьлуш болчу томах, ден-ненан дегайовхонах а, доьзалан марзонах а доьзна.)
Тахана суна ца тоьа сайн алапа. Кхин сов лаха суна некъ а ца го. Кхин некъ бан а бац. Нийса некъ.
Балхара цIавеъча, чай меллий-малазий, ручка, книга а эцна охьахуу со. И ду-кх ас кху Iедалан деш долу зе. ХIунда аьлча ас дечун пайда тахана гуш бац. Юха кхана Iуьйрана, ялахь йиъна, яцахь яаза, берашна  хьалха дIа а хоьттина, даккхий хабарш дийца дезаш ву со:
– Коммунистически парти. Ленин. Коммунизм. Советан Iедал. Паччахьан зама. Революци. Турпалалла. Хьуьнар. Субботник. Принципаш. Конституци. Адамийн бакъонаш. Вайн зама. Шира Iадат. Керла кхетам. ХХVII съезд. ХIХ Ерригсоюзни конференци…
ТIаьхьа-тIаьхьа эхь хета суна и къамелаш дан. Кхузткъе итт шо хьалха Iаш велахьара, дуьйцур дара аса а. Соьх тешар а бара. Сайн дешархой суо санна книжкех, хазачу дешнех тешаш кхуьийла ца лаьа суна, кхин цхьанне хIуманна гуьнахь а боцуш, хIокху дахарехь дIатарбала а ца хууш.
– Худар даа хьайна, – боху соьга кхетош-кхиорхойх цхьамма. Шегара цхьамма схьаяккхарна кхоьруш санна, сихвелла воллу ву и.
– ХIахIа,; корта ластабо ас.
– ГIоли-м ю хьуна.
ГIоли-м ю. И бакълуьй цу тIехь. И санначийн ду хIара дуьне а. Шайна атта лелачийн. Сайн лелар, мацах халачу хенахь, вагон дама дохьуш веанчу накъостах тера хета суна. Ленина:
– Меца вуй хьо? – хаьттича:
– Вац, – элира цо.
Минот ялале, хиъна Iаччохь, дукха гIора дайна, самалделира  цуьнан. Цу дамане сатуьйсуш Iачу нахах дог лозуш, и сихха дIакхачадаре сатуьйсуш, уьш меца мел бу, шен кийра рицкъа чоьхьа ца долуш, шена ницкъ бина хуьлу цо. Цу хенахь наха, халонех ца къехкаш, аьттонаш ца лоьхуш къахьегна, шайн са ца кхоош. ТIаьхьа хир ду дерриг а бохучух тешаш. Тахана стенан дуьхьа дIадала деза шен са? ХIинца а ма ца кхоадо хьан са.
Балхара цIавеъча а, хIума а йиина, юхаваха везаш хуьлу. Я цIахь кханенна кечам бан безаш. Хьехархочун болх, станок тIехь волчу белхалочун санна, горгали тоххалц Iийна цIавеъча дIабоьрзуш ма бац.
Буьйса юлу. ДIавуьжу хьо, телевизоре бIаьрг а тухий. Книжка караэцначохь набкхета. Самаволу.
Iуьйре ю. Юха а изза. Цу тIе берашна хьалха дIахуттуш, кечвелла вацахь а, дика тIе хIума йоьхна хила веза. Хьуна хьайна а товш ма дац модех вуьзна я беркъа лелар. Хьо хIун хьехархо ву тIаккха? Хьоьгара хIун масал оьцур ду беро, наха а? Галстук лело бакъо-м ю хьан… Амма стенах эца еза и а? И, важа а? Уьш хьан проблемаш ю.
КIиранах цхьа-ши де мокъа ду хьан. Урок  йоцуш. Болх боцуш вац-кха хьо тIаккха а. ЮкъараIойлехь я мел оьшург чу а хIоттийна, Iедало еллачу квартирехь Iаш ма вац хьо. Хьан да веха ков-керт ма ду хьан. Дацахь дан дезаш ву. Цхаьнггера а хуьлуш гIо а доцуш.
Оьрсийчо шен охьакхетта керт хьала ца нисйо, разнарядка а хIоттийна, шена Iедало цунах мах ца белча. Я юьртакхеташоно белхалойн бригада йоуьйту, кхуьнан керт дIахIотто я тхов тIера шифер хийца. Нохчийчунна гуттар а тIаьхьадаьлла Iедал ду, хIара нахах а тарвелла охьахаарна кхоьруш. Кибирчиг мичара яьлла хьуна? Цемент хьаьнгара эцна ахь? Арматура? Угольник? Хьун? Кехаташ дуй хьоьгахь? Бакъо ярий хьан хIара цIенош дотта? Нехачул цхьа метр сов хIунда ду хьан пенаш? Оьрсашна юкъахь шена цIено дечунна, Iедало цо бечу балхана буьззина мах дIало, пачхьалкхан балхахь волуш санна. Нохчи, и цIено дан гIерташ, ша велла дIаваллалц къахьоьгуш воллу, ша дахарехь мел даьккхина сом, ца йиъна, ца мелла а, цу тIе а дерзадой. Курорт, санаторий-м цунна хIун ю а ца хаа…
Муха дIайоьду мокъа хан? Мокъа хан ян яц. «Мокъачех» а цхьа де хIора баттахь дежурствехь ву хьо. Каникулашкахь а школан кертахь белаца, лоьмаца бан шортта болх а бу. Я хIумма дийриг а вац хьо. Я баркалла а дац хьуна. Велла дIамукъане а валахьара хьо. Ган там бара тIаккха ахь динарг. Пионерийн дружина а хьан цIара тIе яккха там бара. Нахана а Шерипов, Нурадилов воцург а шайн халкъан турпалш хиллий хуур дара. Дакъаза ма валарг, чIогIа тасавелла-кх хьо кху дуьненах! ХIун дан воллу хьо, сел декъаза хIара диина? Къахь мел дели а, марзло-кх хIара.
Лачкъийна, ядийна, припискаш йина, куьйгалхошца екънарг, хьанал, хьарам ца къесториг бен вац, дIатарвала йиш йолуш. И нормально ду наха юкъахь. Уьш лела хууш нах бу. Ца хуург – Делан пекъар, наха хIун леладо хуур доцуш, белла дIабевр болуш нах бу.
Кхин некъ бац битина…
Кхин хIумма а ца оьшура, кху Iедало берийн еччул терго баккхийчийн а яхьара, жимма адамийн пусар а дахьара, тоххара коммунизм тоьлла хир яра вайна. Мила ву и хилийта гIерташ?..

ЗУХРА

Балхара чукхаьчна, чай мала гIерташ воллуш со а волуш, Аминат цIа йогIу Зухра а ялош. И йоцург массо а бер доккха хилла цуьнан.
Зухра схьа а лоций хьийзайо ас. Цо мохь хьоькху, цIийза. Амината, цуьнан гIовгIа кIордийна:
– ДIахецахь и. Езаш лелаш вацара хьо, – боху.
– ХIара-м тхайн директоран йоI йолу дела хьоьстура ас,– боху ас.

Марзошкара шайн чу йоьдуш ю Аминат. Зухра а ю цуьнца. Шен нана, ойлане яьлла, йоьдуш гича:
– Мама, схьалаца сан куьг. Машен кIел эккха дог ца догIу сан, – боху жимачу Зухрас.

Едда Аминатана тIейогIу Зухра.
– ХIа, мама, шоколад яа.
– Сан марха ма ду.
– Аса ма юу, сайн марха доллушехь.

Амината хьоьсту Зухра:
– Мамас папка а эцна, школе йохуьйтур ю шен йоI.
– Мама ца лаьа.
– ХIунда?
– ТIаккха сан урокаш ян ма еза.

КХАЖ

ХХ-чу бIешеран юьхь. Турцехула кхерсташ лела европейцаш. Хин йист. СадоIуш Iаш болчу кхарна, цхьана вехаш волчу стеган ялхой го, хи чу кхосса дагахь доккха гали чохь цхьа хIума а йохьуш богIу. Кхарна хезна туркойн «акха» гIиллакх. Ямартло йина зуда, майрачо гали чу а юллий хи чу кхуссу. Романтикаш болу хIорш тIелета оьгIазечу къонахчун ялхошна. Вуьйш дIасабовду. Оццул къизачу Iожаллах кхара кIелхьара йоккху, сел исбаьхьа кхоьллина жима зуда. И, хетарехь, Меримен дийцар юкъара ду.
Иштта хиллехь, ца хиллехь а ас тидаме оьцург кхин ду.
ХХ-чу бIешаран юьххьехь а французашна акха хета Турци. Шаьш кегий долуш шайна хьехнарг ду церан кхетамехь диснарг. Цул сов, хIора къоман а бу кхечу пачхьалкхан гIиллакхех лаьцна харц кхетам.
Хин йистехь болчу дог дикачу нахах лаьцна аьлча, церан, кхин хуьлийла йоццуш, дика кхаж баьлла.

ГАЗ

Юьртахь шишша туьма лахьадо хIора доьзалера, газ ялор ю олий. Дукха хан ялале кертахь керла «Газ-24» лаьтта церан.
– Наха хIуъа дийцахь а, къорIанна тIехь дуй баа йиш ю-кх цуьнан, ша ГАЗ ялийна аьлла.
Юьртахь уггар вехаш волу стаг ву и динарг а. Юьртахь наха уггар лору нах бу цо ахча лахьо арабаьхнарш а. Уггар а хазаниг – цу гIуллакхна хьалха ваьлларг цхьа цIена стаг хиллехь, и баккхий нах ахча лахьо ара а бевр бацара, уьш арабевлча а юьртахоша ахча а лур дацара, нагахь шаьш делча, цунах гIуллакх ца хуьлий хиинчул тIаьхьа чулелхаш паргIат минот яккха вуьтур вацара, шайн ахча охьадилла бохуш. Вукхуьнга цхьаммо а багах ца доккху.
Вехаш волчу стагца гIиллакхаш лело, цунна гергахь диканаш хила а гIерта нах,  цо и бахам мухха гулбинехь а. Мел хIуъа дийцахь а, вайнахехь а ян-м ю лайн амалш.

ЭВЛАЮКЪ

Керла йина универмаг, тойина столови, дIасахоьхку машенаш, бевза, ца бевза а нах. ТIекхиина зудабераш, говраш санна мехкарий...
ТIаьхьа-тIаьхьа аттачу, пайдабоцучу даьлла дерриг а.

ВАЙЗАМАНАН КИЦАНАШ

Хорша елахь а, тIейогIу хIума дика ю.
Паччахьна а веза шена йохьуш вогIург.
Са далийла къечу стеган.
Декхаро вийна стаг вац.
Цкъа юста, ворхIазза хадае.
Аьхка ма ло, Iай ло.
Нахана дерг – ловзар.
Хи дIадоьду, тIулгаш дуьсу.
Шофер – майра а вац, йохкархо – зуда а яц.

ДЖАБАР

Ресторанехь

Ресторан чохь хиъна Iаш ву со *-гIалахь. Кхаьрзина котам ю суна хьалха. Накъост а ву соьца. МаIар, урс эцна цхьана агIор тIегIоьрта со котамна, вукху агIор тIегIоьрта со, вайн дуьненахь а гIуллакх ца хуьлу. Дехьо Iаш немцой а ма бу. Соьга а хьоьжуш боьлуш. Меллаша цхьацца агIор урс, маIар охьа а диллина, аьлла, куьйгашца меженаш схьалаьцна, котам вовшах яьккхина яа ма вуьйли со, бокал юьззина коньяк а доьттина. Немцоша ах а ма ца йоттара. Юха ас динарг гина уьш а, шайн карарнаш охьа а ехкина, яа хIитти. Цхьаъ тIевеа суна, коньяк дохьуш. «Битте», – боху хIокхо. Суна юххехь верг жимма кхеташ хиллера церан маттах. Соьга хьоьжуш Iаш дара шаьш бохура, яа ца луш, ас хIун до-те, бохуш. Котамаш аьлча а, цхьа якъаелла хIумнаш ма ю, маIарца яккха тIехь хIума а йоцуш. Ас доккха гIо дира шайна бохура. ДIамели ас. Немцошна тIера.

Окунчаев Джабар лахара этаж тIе батарейш тосуш ву тхуна. Тхо гергара делахь а, суна хIинццалц иштта юххера вевзина вац иза. Уьш эвлайистехь квартирашкахь Iаш бу. Говза пхьар а ву Джабар. Амма ша вала а волуш болх бийр болуш вац-кха. Хьо кхайкха вахча:
– Со хIинцца чайн стака а мелла, хьуна тIаьххье дIавогIу хьуна, – олу.
Хьоьжуш Iа хьо. Сахьт долу, шиъ а.
– Вало хьажа, хIумма а галдаьллий-те цуьнан? – олу соьга вежарех цхьамма.
– Хьуна тIаьххье кех-м велира иза, – олу юхавахча.
Кхано хаа суна: Джабара цхьанаметта масийтта болх тIелаьцна. Цундела де, ши де а цхьанхьа доккхуш, тIаккха болийнначохь и болх а буьтий, кхечахьа воьдуш лела. Нах кхунна тIаьхьабевлла лела, хIинца со санна.
«Кхечуьнга байтича хIун дара-те хIара болх?»– бохуш хьо Iачу хенахь, кетIахь тракторан гIовгIа хеза. Мастер схьакхаьчна. Еха кабель схьа а йостий дIаболало болх. Цо газ, кислород а чохь долу балонаш схьаяьстина берте синк лаьцча, «пуфф» олий цIе лета. Хазахета суна оцу суьрте хьоьжуш.
Со Джабарна новкъара, нацкъара йоккхуш, лацаеза биргIа схьалоцуш а гIо деш ву.
Делкъана хIума юуш, цул тIаьхьа чай молуш а хабарш дуьйцуш самукъа долу цуьнан. Суна, бакъдерг аьлча, ца хаа, немцоша котам юуш урс, маIар леладо, ца до. Амма цуьнга ладоьгIуш самукъа долу сан. Суна хазахетча, цунах там хуьлу Джабарна а. Шен а сакъерало цуьнан. Сих-сиха сварка охьа а юьллий:
– Валохьа, чай даийта вайшинна, – олу цо. – Дуьккъа. ХIахIа, чу  ца воьду вайшиъ.
Коьртара куй охьа а буьллий, мекхаш тодеш, юха а къамеле волу Джабар, наггахь чайн къурд а беш.

ХьошалгIахь

– Шоьга ван мегар дарий со? Нанас тIаьхьа даийтина дакъийна жижиг, ахьар а ду, тхайн къоман даар дийр дара ас. Тхан кечъян меттиг бац, – хаьтти ас тхайн профессоре.
Цу хенахь *-техникумехь доьшуш вара со, *-гIалахь.
– Вола, – боху хIокхо.
ЙоI а ю кхуьнан. Суна ца дезарг ду и. (Воьлу.)
Ваха со. ЙоIе гIо а дойтуш, дика ахьар а хьакхийна, галнаш йина, жижиг кхехкийна, берам а кечбина, стоьла тIе хIоттий ас.
– Муха юуш ю хIара? – боху хIокхо.
– Гала берам чу Iотта, тIаккха тIе жижиг кхалла.
И а аьлла, чу татта волавели со-м.
Цхьа хан яьлча хьаьжи со, йоIана хьалха а дац жижиг, профессорна хьалха а дац. Схьагарехь, тайна кхарна юург.
– Ну, чечен, – боху соьга, – заслужил пятерку.
– Ты же взяток не берешь, папа, – елакъежа еха ма яхарг.
– Это, дочка, не взятка. Подарок, угощение, – боху дас.

Сайд-Селиман пхи-ялх шераш долу ши кIант, коьрта танкистан куй а туьллий, рогI-рогIана декъа тIехула ведда лела:
– Со Джабар ма ву. Со Джабар ма ву, – бохуш.
Джабар дага а лоьцуш, массо а воьлу цу шиннах.

БултIа

Райкомера телефон тоьхна хилла хьаларчу юьртсовете. Мухха а чохь БултIа нисвелла-кх, ша.
– Хьо мила ву? – хаьттина цуьнга.
– БултIа ву, – аьлла хIокхо.
– БултIагIар-м дерриш дара шу. Хьо муьлхург ву? – боху бахара.

Гилани

Гилани хилла охьавогIуш. ЧIога лекха ма вара иза.
Цхьана майртуьпхочо, хIара хьовзо дагахь:
– Ванах, Гилани, цхьана зудчо мукъане виний хьо? – аьлла.
– Ца вина дера-кх, шина зудчо дуьхь-дуьхьал хIоьттина вина-кх, – аьлла Гиланис.

Даима юьртахь, наха юкъахь а волчу Джабарна дика хаа наха хIун леладо. Суна, книгаш хилчахьана, кхин хIумма а оьшуш воцу, ца хаа тхайн лулахь дерг а. Цо буьйцу цхьаболу нах а ца бевза суна. Уьш-м, дукха хьолахь, тхан ярташкахь кицана а балош, гIарабевлла нах бу.

Девнан теш

Цкъа ведда вогIу гIазакхи ги тхуна, урс а даьккхина цунна тIаьхьаваьлла гIалгIа а. Хьаьдчи-ведчи а вала меттиг ца хилла, гена йоццучу юкъараIойле чуиккхи иза. ТIаьххье важа а. Цхьа хан яьлча йоьалгIачу этажан корехула араиккхи и гIазакхи. Сайн бIаьргашна ца гинехь тешар а вацара. Охьа кхоччуш, хьовза а хьевзина охьакхетта, юха хьалаиккхина велира иза цуьнан карара. ГIалгIайчун мара, буй тоьхна бохийна хиллера цо. Ша виттане а ца витча. Важа-м, къамел дац цу тIехь, урс хьокхур долуш ву, шен кара вагIахь. Ша васта велча тIе а вахана:
– Бехк сан бара, – аьлла хиллера цо. Важа малаза хилла.

Амма и, схьагарехь, кхечу дийцаран дешхьалхе ю Джабаран.

Дерзо хаар

Вада-м со а ведда хьуна гIазакхичух. Велха а воьлхуш дуьхьал ваьлча, кхераме ма ву иза. Йитти ас  цунна, хIун дан воллу хьо. Оццул ас ша хьешарх, къар ца луш, дуьхьал иза а ваьлла. КIадвелла со, барам боцуш.
– Йо-о, ИлахIи ДелаI! Ницкъ лолахь сан когашна, – дийхи ас.
ТIаккха суо ма ваддало веди со. Цул тIаьхьа а деа-пхеа сохьтехь Iийна хиллера иза, метта ца вогIуш. Iовдалниг тIееана.
ШолгIачу дийнахь шортта жижиг, къаьркъа а эцна ваха со иза берта вало. Шена лиъча, кехат яздина со чуволлийта а йиш ма яра цуьнан. Тай тхойшиъ.

Набахтехь

Цхьа-ши буьйса яккха дезна сан чувоьллина. КхоалгIачу буса-м тIаьхьа а баьхкина араваьккхира со. Цхьа оьрси вара тхоьца чохь. Цхьацца дуьйцуш, Дела хьахавелча, нохчийчо хаьттира цуьнга:
– Хьо муьлхачу Далла сужд деш ву? – аьлла.
Тоьхча лерг хадор долуш, кисанара сом даьккхина:
– Со соьмана сужд деш ву-кх, – элира цо.
Ахча а делла, суна тIаьххье аравелира иза а.

Масал

Нохчий цIабирзинчу шерашкахь хилла ду хIара. Райкомехь гуламехь хьаькамех цхьа нохчи хилла гуттар чIогIа Iедал хестош, баркаллаш бохуш.
– Айхьа дуьйцучун масал даладел ахь, – аьлла райкоман секретара.
Жимма ойла а йина:
– ОйхI, – эли бохура цо. – Хьанна моьттура ГIалитIера Ялхойн-Мохка автобус лелар ю?

КЪАШКЪАРИ

ХIокху ткъе шина шарахь хIара санна бIаьсте, аьхке а ца гина суна. ДогIанаш, догIанаш....
ЦIахь хIинццалц дайна хIума дац хIара.
ДагадогIу суна, жимчохь тхаьш къашкъари кхайкхош лелар. Коьрта тIе тиллина гали хуьлура цхьанна, верта санна букъ тIехьа кхозуш. Цунна тIаьхьа хIоьттина итт-пхийтта бер. Нехан уьйтIа а довлий, марха къобал дан даьхкича санна, массара а маьхьарца олура:

Къашкъари хIара ю,
догIа лохьа, Дели.
Къашкъари хIара ю,
догIа лохьа, Дели...

ХIусамнана, йоI я кIант, доьзалан да, цхьаъ, вела а воьлуш чура ара а волий, йоккхачу кружки чохь хи а оьций, коьртахь гали долчунна тIетохара. Я цхьаволчо, забар еш, массарна а дийнна ведар хи ластадора. ТIаккха совгIатана кампеташ, шекар, хIоаш, пиченеш, пираьнгаш, баIарш, Iежаш, тайп-тайпана юург лора, сагIийна.
Тхоьх цхьамма-шимма карахь ведар леладора. Елларг цу чохь гул а еш. Юха буьйса юккъехьа лестича йоькъура и, доккха дакъа коьртахь гали долчунна а кхачош.
Баккхийчара даккхий Iаьржа еш чохь хьаьаш, кхоьш кхехкайора. ХIора цIентIера цхьацца бер гIора уьш ян, бито а оьций... Иштта хенаш яра. ХIинца «къашкъари» кхойкхуш бераш а ца го, еш кхехко оьшуш хьал а дац. Амма цIеххьана йокъалла хIоьттича а, наха дохуьйтур дарий хаац шайн бераш сагIа схьаэца. Оццул хийцаелла зама…

ЮККЪЕРА ТАЙПА

Дала кхоьллина ши тайпа дара дуьненна тIехь: божарийн, зударийн а. ХIинца наха юкъахь хIун тайпа ду а ца хуу адамаш го: я борша боцуш, я сте а боцуш.
Оцу Дала кхоьллинчу шина тайпанах схьадаьлла и кхоалгIа тайпа. Кхачаме боцу болх. Хилла ялаза кеп.

Суна со жима волуш гинера и, больницехь. Гергарчех цхьанна-м тIаьхьа воьдуш, ламех хьалаволучу суна дуьхьал кхийтира иза, чайник а эцна охьавуссуш. ДегI, куц, амат а йоIан дара цуьнан. Сан пхьарс хьакхабелча:
– Ай, вай Дела, – элира цо. Аз а дара коча.
Ас Iусмане элира, иштта накъост гира суна, аьлла. Цунна вевзаш хиллера иза.
– Военкомате тIе моссаза кхойкху, шарахь шозза чувуьжуш ву и. Призыв дIаяллац. Зударша хьовза ма во и больницехь «Хаза ву хьо ва», – олий. «ХIаъ, шуна и аланний бен ца хаа. Ас буьйса халайоккху, бIаьрг хуьлий», – олу цо.
Хьалха дуьнен тIехь зударий, божарий бен ца хилла. ХIинца адамашна юкъахь а ду юккъера тайпа – стаг воцуш, зуда а йоцуш.

Ширачу грекийн философехь, Iаьрбийн шира дийцарш тIехь а зударел хазбина буьйцу зударийн кепара божарий. Цаьрга безам бахана баккхийнаш хьекъалх телхаш, кегийрахой леш.
Со хьалхарчу курсехь волуш, суна вовзара царах цхьаъ. Иза нохчи вацара. Куьцехь хIумма а дацара цуьнгахь. Юьхь тIе суьрхаш йийлина, белш тIехь гуттар а ло санна кIай чич. ЮкъараIойле буьйса яккха вар доцург, дийнахь гуттар а оьрсийн зудаберашца вара иза. Занятешкахь, столови чохь, гIалахь а.
«Царна хIун карийна-те цуьнгахь? Борша стеган хьесап ма дац цуьнан», – ца кхетара тхо.
– И шаьш санна цхьа зудабер долу дела, къамел цхьаьна догIу церан, – элира цхьамма.
Иза царах ву алахь а, билггал дерг ца хаара тхуна. Цхьацца шеконаш-м яра. Iуьйрана цхьана чура (мел дукха а виъ вуьжуш воцу) ялх-вархI стаг араволура уьш. Зуд-жIаьлина тIаьхьа, могIа бина догIуш долу, тайп-тайпана жIаьлеш санна.
Шо даьлча иза арме вигира. Дукха хан ялале и волчу тIеман декъан командирера кехат деара университетан ректоре. Цо декане хьажийра и. Иштта даьржира цунах долу керла хабар. Командира яздарехь, иза салташна юкъахь антисоветски пропаганда яржош гучуваьлла. Къоначу чIуран морально-нравственни кхетам талхош. И советски студентан, салтичун а декхарца, гIиллакхца а догIуш хIума дац…
Массо а цецваьлла вара. Студент волчара а сихха дIаваьккхира. Цу кехато билггал тешийра тхо, иза царах хилар. Салташна юкъахь антисоветски пропаганда лелаял, къонах вацара иза. Ма дарра дийца тар ца делла, иштта яздинера командованис.

ПОЭТАШ

Дукха луьйчара ойла кIеззиг еш санна хета суна. Цундела дуьххьара и вевзачу хенахь, хьекъална башха кIоргера стаг ца хийтира суна. ТIаьхьа цецвелира со. Ма чIогIа левеш хилла-кх цкъацкъа, стагах лаьцна дуьххьара кхоллалучу ойлано. Сайд-Iали юххера вевзича, къонахчун дуккха а билгалонаш карийра суна цуьнан дахарехь, амалехь, леларехь, къамелехь а. Амма цуьнан поэзех ца кхетара со. Синхаамел а сов хьекъал хаалора суна цуьнан стихашкахь. Кхин хIун бахьана ду ца хаа суна «Одиссей – Пенелопе», «Пенелопа – Одиссею» я «Забарчан» монологаш язъяр.
Цхьаболчу поэташна стихаш язъяр, чIегIардигна эшарш лекхар санна хIума ду. Шаьш яздечун башха ойла а ца йо цара. Дала дага тIе ма диллара охьадуьллу. Сайд-Iалин, Аптин а поэзи коьртера хета суна. Цу шимма шайна хьалха Iалашо хIоттийча санна, сох поэт хила веза аьлла.

Соьма тIе сом дилла ца Iеми-кх со,
ТIулга тIе тIулг билла ца Iеми-кх со.

Цара Iамийнарг иллеш дахар ду.

«Аллилуей» заглушаю туши:
«Нелюбимый» – вот кто я такой.
Поцелуй мне бросила, воздушный,
Словно чаевые за постой.

Сайд-Iали, Апти а чолхе поэташ бу. Царах кхета дахаран зеделларг, хаарш а оьшу. Дуьненан поэзин интеллект хаало цу шиннан поэзехь. Цуьнца цхьаьна ширачу лаьмнийн къоьжалла, Къоьзана Iоман кIоргалла, меттан башхалла, йоI-бIаьрган цIаналла, ша-тайпа ритм а еана цу шимма нохчийн поэзе. Цхьамма оьрсийн, вукхо нохчийн маттахь.
Даггара яздинарг дагах ца хьакхалуш дойла яц. Ткъа коьртера схьадерг, олуш ду-кх, нийсса дагах кхета.

Сан Даймохк бац хьуна абата тIера,
Виначу юьртара болалац и.
Сан Даймохк – мотт сецна бIешерийн кхера,
Сан Даймохк – тарраш тIехь лардина сий.

САН КРИТИКАШ

1

Редакторна шен декхар къоначеран книгаш арахецар а доцуш, мелхо а шен ма хуьллу яздархошна дуьхьало яр ду моьтту. Балха оьцучу хенахь иштта установка ло-те царна, я шайн догъIаьржалла ю-те?
Дика велахь, вуо велахь а, ша яздархо верг, редактор хила везаш а вацара. Дукха хьолахь, шачул дика яздийриг, я хенан йохалла гIараваьлла яздархо хила там бу аьлла хетарг, я ахь яздийриг шен хьежамашца, литературах болчу шен кхетамца а догIуш дацахь, хьо къахко, лелочух хьоьга догдиллийта а гIерта уьш. Редактор, критик а, сан хьесапехь, яздархочуьнга, цо яздечуьнга а безамца хьежа дезаш ву. Редакторан декхар – къона похIмаш лехар, уьш бахьанехь кхерамна кIел хIиттар а ду. (Кхерам а хIун кхерам бу Iедалан чоьтах? Цхьа хIума дара издательствош церан долахь елахьара, ледара книга арахецча зе а царна хуьлуш делахьара. Иштта и хилча-м, шаьш хIинца арахоьцу книгаш йитина, хьан неIар тIера бевр а бацара уьш!) Яздархочо кхуллург бахьанехь, шен дахар кхерамна кIел хIитточу меттана, редактора яздархочунна кхерамаш туьйсу. И ду ас дуьйцург. Цул сов, литературе болчу безамна а йоцуш, декхарна ерг а критика яц.

2

ТIехьа ваьллачу хIусамдена къу карийна шен бешахь.
– Хьо хIун деш воллу накъост? – хаьттина цо.
– Деллахь, бехк ма биллалахь суна,– воха ца вухуш вистхилла къу. – Кхин дан амал ца хилла, шун беша валар нисделлера сан, хIинца паргIат а ваьлла дIавоьду со. Баркалла...
Цо дуьйцучух шекволчу хIусамдас:
– Схьагайтал айхьа дина гIуллакх? – аьлла. – Хуур ду-кх, хьо хIун Iалашо йолуш веанера.
Даре дан ца луу къу хьалха а ваьлла, хIусамда тIаьхьа а хIоьттина, беш гезъян воьлла и шиъ. Лела-а-ш боьхаллина тIе а Iоттавелла:
– ХIара гой хьуна? – аьлла къуьно.
– ОйхI, хIара-м жIаьлийн болх ма бу! – аьлла хIусамдас.
– Дера адамаш тера болх бан аша вуьтур-м ма вац, – резавоцуш жоп делла къуьно.
Сих-сиха кхочу хьо издательстве, хьайн куьйгайоза а оьций. Хьо шен  бешахь лаьцна къу волуш санна, хьоьжу хьоьга редактор. Къоман мостагIчуьнга санна. Цкъа айхьа лелочух дог дуьллий а лелий, юха а и харцо эшо «герз ирдой» издательстве вогIу хьо.
– ХIахIа, хIорш дийцарш дац, – олу «хIусамдас».
– Жанр къестор дацара коьртаниг, книга арахецахь, – олу ахь.
Лаьцна къу а хир вац хьоьл холчахь.
– Книга арахеццал мехала материал яц хIара. Яздархо иштта ца хуьлу, – олу хьоьга.
«ЖIаьлий болх бу», бохург ду и.
«Дера яздархо хила аша вуьтур-м ма вац», – ойлайо ахь.
Цара и дийцарх, хьо кхета: адмаша бийриг, жIаьлеша бийриг а цхьа болх бу. Кегийча хьожа цхьаъ ю цуьнан.

3

Итальянийн кино яра тховса. «Золушка-80».
Самукъа долуш хьаьжира со цуьнга.
Шен ден, ненан а дов даьлча, кIанта:
– Дада, хьо нийса лоь хьуна, – элира.
– ДIасаца, хьо сайна тIетайча хаа-кхи суна со харц вуй, – элира дас.
Вела а велла, сихха сайн критикаш дагабаьхкира суна.
Сайн дийцарш цара вуо ду мел эли а, хазлой, уьш дика хиларх теша со. Ламаст а хилла дIахIоьттина и.
Дагахь доццург хилла, цIеххьана, цара ас яздинарг дика ду аьлча: «Баккъал а иштта дика дуй-те и? Лаа-м дац хьуна цара со хеставар», - шеквер вара со.

4

«Пахло туманом». И Паустовскийн юкъара ду.
И ас яздинехьара, массара а зIакарш еттар яра.
Бевзаш болу яздархой хестош долу хIума, ца бевзачарна, къоначарна а дуьхьал детташ Iедал ду критикийн.
Къоначу литераторшна хьехамашкахь Куприна боху: стигал къекъарх лаьцна Чеховс санна яздан деза: «цхьаъ тхов тIехула ваьлча санна».
Оцу аларехь-м заманан билгало го. Схьагарехь, аьчкан тхов бу буьйцург. ХIинца-м тоьпаш кхийсарх лаьцна яздан мегар ду иштта. Цхьаъ тхов тIехула ваьлча санна. Тхевнаш шиферийн ма ду хIинца.
Амма юха а, Чеховс яздинарг ас аьллехь, критикаша:
– Мила ваьлча санна?
– Муьлхачу тхов тIехула?
– Когаш Iуьйрий?
– Кхетош дац, – бохур дара.

5

– Исбаьхьаллийн произведенин коьртачех цхьа Iалашо: дешархочун оьзда, сирла ойланаш кхоллаялийтар ю. Хьан дийцаршкахь идея яц, – боху соьга.
Кхул тIаьхьа, сигаьркаш арахоьцучу фабрикаша санна, сайн хIора дийцарна тIехула яздийр ду-кх ас: «Могашалла ларъяран министерствос дIахоуьйту: Сигаьрка озар шун могашаллийна зене ду».

6

Оьрсийн литературин критикан исторехь уггар а тоьллачех ву Белинский, Добролюбов а. Амма Пушкин, Лермонтов, Тургенев, Толстой, Достоевский, Чехов а церан статьяш йоьшуш кхиъна, церан хьехамашца яздан волавелла а вац.
«Литературин критика ян а яц вайн», - баьхна Пушкина.
Иза кхелхинчул тIаьхьа язйина Белинскийс цуьнан кхоллараллах лаьцна дийнна сери статьяш. Амма Гогольн повесташца юьстича, Белинскийс Пушкинан доккхачу похIмана хьакъ ца лерина цуьнан проза. Иштта ша юьхьанца воккхаверца тIеэцна Достоевский а, тIаьхьа: «ЭхI, ма галваьлла хилла со цуьнан генийца. Ма Iехий цо вай», - баьхна Белинскийс. Кхин оцу ойланах ца хедаш, кхелхина иза.
Тургеневн уггар тоьлла йолу повесташ ца магийна Добролюбовс, Чернышевскийс а.
Чеховх лаьцна ала довха дош карийна а дац, цуьнан заманахьлерчу критикашна.
Ткъа оцу яздархоша-м (царна юкъахь Гончаровс, Салтыков-Щедрина а), вовшашна ца олуш, ца яздеш а хIун дитина!
Амма цу дерригено а новкъарло ца йина царна шайн книгаш зорбане яха.
Со реза хир вара сайн критикаша дуьйцучунна, цара шайна хетарг сан дийцаршна зорба тоьхначул тIаьхьа дийцахьара. Нагахь критикан Iалашо яздархочуьнга кхин а дика яздайтар елахь, сан критикийн Iалашо соьга яз ца дайтар ю. Ас «цара дуьйцург суна бен дац» бахахь а, ойла йича, йоккха новкъарло йо цара суна. Хийла ас яздийр долу дийцар дуьсу сан, уьш, церан хинйолу реакци а дагаеъча. ХIетте а, оццул дуьхьалонаш ешшехь, кхин къар ца луш, схьавеана яздархо атта хир-м вац.
Оьрсийн ерриг критико динчул доккха гIуллакх дина литературана, яздархошна а цхьана Гогольн кхолларалло. ТIаккха хIун мах бу цу критикан?

7

– Ас зорба тухур дацара уьш, – боху МаIдуллас.
«СтелаIад» редакце Зелимха волчу веана со, иза чохь а ца хилла, Завриев МаIдуллас ша волчу кхайкхина. Со шайна материал йохьуш веана моьтту цунна. Со Зелимхана баккхийчашна яздина дийцарш гайта веаний хиъча, шена дешахьа, олу цо.
– Вайн литературехь хилла дац ишттаниг, – олу цо, со дийцар дешна ваьлча.
Кхин цхьаъ а доьшу ас.
– Эдгар По, Достоевский, Ницше… Царал тIаьхьа стаг цецвала хIума дисна дац. Делахь а, яздархочо цкъа гIовгIа яьккхича, и нийса велахь, вацахь а, дика яздахь, ца дахь а, гIараволу. ГIараваьлча тIаьхьа хIуьттуш берш а карабо цунна. ТIаккха цуьнан турпалхойх тарбала лууш берш а бовлу.
Ас дуккха а дешна цу тайпа дийцарш. Моравиас, Маркеса яздеш нийса хета и. Цхьа маьIна долуш, шайн цхьа идеал йолуш. Ткъа хьан кхузахь цхьа пласт бен ца хаало. Ахь реальность копировать еш санна хета. И исбаьхьалла ма яц.
Со кхета ахь бохучух. Тахана долуш ду и. Вай мел сацо гIертарх, яз ца дарх, сацалур долуш хIума а дац и. Иштта-м ас дуккха а сюжеташ юьйцур ю хьуна, хIокху гIалахь мел йолу нехаш чу кхуьйсу яьшканаш юззал. ХIара гIуллакх кху кепара дIадодахь, борша стагана, ша кхин гена а хIунда лела, хIоккху сан чохь бу-кх хIара зударий, аьлла хетачу дер ду. Цхьа а цецвийр вац. Лаьмнашкара ву со. Ши-кхо шо хьалха шаьлтанаш яьхна, цIийн Iовраш оьхуш, даккхий девнаш хир долу хIума, хIинца тийна-таьIина дуьжуьйту. Хiуъа мега. Ши доттагIа ву. Цхьаьннан зуда вукхуьнца лелаш ю. Массарна а хууш ду и. Цхьаьний кехатех а ловзу и шиъ. Цу гIуллакхах цхьа йист яккха, аьлла, шена тIе шен нах баьхкича, ас могуьйтур дац шуна, бохуш, чугIерта. Зудчун бехк ма бац и. Стеган бехк бу. И ша ма ву цу юьртахь, районехь а гал мел яьллачу зудчуьнца лелаш. Шена мегар дуй хиъча бен, ма ца йолаелла цуьнан зуда а. ХIинца тIаьхьа машен а йогIий юьгу… И вайн хIума дац. Вайн гIиллакх, гIуллакх дац. Вайн зударий-м цIена, оьзда, турпала хиллий. Бичахьана, хIинца а хир болуш бу. Вай галдаьккхина дерриг а. Со галваьлла велахь, сан гергарнаш а ма хир бу со санна. Стаг цIена хила веза. ТIаккха цуьнан го а хир бу цIена. Ас сайн цхьана дийцаран сюжет йийций хьуна? Воккха стаг ву леш. Буха юьсуш йоI ю цуьнан. Кхин гергара стаг а воцуш. И йер тIедуьллу цо гонаха болчашна. ХIунда аьлча, доладан стаг воцу зуда, дакъаза яьлла лору цо. Сий лардан стаг воцу зуда - уггар боьха хIума ю. Цкъа кхетар ду адам, ша лелочух. Анна Каренина турпалхо йоций, Катерина боданечу пачхьалкхехь серлонан зIаьнар ца хиллий а. Кхахьпаллийн, зуьдаллийн зIаьнарш хилла-кх уьш цу хенахь. ХIинца шуьйра даьржина и гIуллакх.
Искусствон декхар, цуьнга далун дерг а хIун ду? Цхьаъ. Стаг сица, оьздангаллийца а цIанвар.
Хаац, хIорш доцурш, кхин а дийцарш хила тарло хьан. ХIокхарна тIера волавала гIерта хьо? Я псевдонимца арахеца воллу?
Литературехь вешан некъ лаха безара вай.  Ас дипломан болх язбеш а элира соьга, со консерватор ву, аьлла. Оцу хIумнаш тIехь-м ву. Хьажал хьо вайн дайшка. Нехан йоIах стеган куьг хьакхаделлехь, иза вен везаш хилла. Цхьамма аьлларг вукхара, Дала аьлча санна, кхочуш деш. Тахана шича шен шичица лела. Иштта атта ма ду, нахаца дов лело а ца дезаш. Оьрсий-м, цхьадолчу декъана, гIоли бу цу тIехь. Уьш-м шайна безачаьрца бен ца лела. Вайчара, везахь, ца везахь, меттиг яьлча, хьаьнцца а сакъоьру. Цхьанне а хIуманна тIехь доза доцуш къам ду вайниг. Майраллийн, оьздангаллийн… Кху тIехь а доза дац.
Москвахь, литературин институтехь дешна а ваьлла, цIа веана ши шо бен дац со. Юьхьанца цкъа критик ву бохуш лийлира со. Материал яцара, шех лаьцна яздан. Сан хьашташна жоп луш, сан дуьнене хьежар гайта.
Вайн литературехь хилла дац, бохуш, мел яздечунна некъ битахь, стага божал чу вахана, шена гинарг дIаяздича а, зорба тухуш Iийра ду. Нохчийн литературехь хилазчунна тIетийжа дезаш дац вай. Дуьненан литературехь хилларг, хилазниг а довза деза. Цунна тIетовжа деза вай. ТIаьххьара биллинчу тIадамна тIера дIадаха деза. Вешан некъ лаха беза. Вайх тахана хилларг ца гойтуш, вай хилларш гайта деза. Нахана масал оьшу. Дикачун, оьздачун.
Дукха хан йоццуш Абузарна критика йина ас. Цунна а хетар ду, шен коча хIунда веа-те хIара, аьлла. Абузар – вайн сийлаллийн, цIаналлийн, нохчийн идеалан билгало ма вара. ХIинца иза вайн сийдаран билгало ву. Я и а нийса ца гойту. Тезет хийла и, мовлад, кхидолу нохчийн гIиллакх, Iадат а.
Ахмадов Мусаца а и тIом бу сан даима.
Оцу маьIнехь аьлча, массарал а дика яздархо Бексултанов Муса ву. Кхин къайле а яц хьуна Бексултановн кхолларалла. Шех лаьцна яздо-кх цо. Цхьана агIор Бадуевл а лакхара ву иза. Бадуев – поэт, художник хилла. Цо вдохновеница бен болх ца бо. Ткъа Бексултановс, дийно сарралц хилларг дIаяздича а, деша дог догIуш, хаза хуьлу. Шен синхаамаш гойту цо. И бен цуьнан кхин книга ара ца ялахь а, воккха яздархо ву иза, дуьненан гIарабевллачу яздархойн могIаре хIотто мегар долуш. Нохчех кхин цхьа а вац, цуьнан санна яздаран говзалла йолуш.
Вайн галдаьлларг, дуьненан яздархойн кхолларалла, философийн белхаш а ца бовзар ду. Нагахь санна уггар лакхара бухь Джамалунгма елахь, цул лакхара Iалашо бутт а лаьцна, дIагIерта дезаш ду вай.

8

Вайн къоман уггар а цIеначу, оьздачу нахах цхьаъ хеташ ву суна Сумбулатов Дени. Сан дийцарийн хьокъехь боху цо:
– Барстош болу сту Iаьржачу божал чохь кхиабо-кх вайнаха, заьIанаш йоьхкий. Кхано арабаьккхинчу хенахь, цIеххьана серло, маршо а хааелла, тохалой, дIаса кхоссалой карзахболу, гонаха берш ледара Iахь. Оцу кеппара, цIахь Iуналла, терго еш лаьттина вайн мехкарий, ден-ненан бIаьра кIелара бевлича, хийцало. Архаш малйича, аьрхачу говрана санна, и паргIато хаало царна а. Амма мел йоI ю кхузахь царах дIа ца кхеташ, деша а доьшуш, шен меттиг а ларъеш, массо хIуманна тIехь а оьзда чекхйолуш. «Берриш а цхьатера хеташ хилла хIокхарна-м. Оха лелош дерг-м эрна хилла», – моьттур ма ду царна. Тахана нохчийн къам санна, шайн кханенан бала болуш кхин цхьа а къам дац. И дийцарш оьрсийн яздархочун делахьара, цхьа а цец вер вацара хьуна. Оьрсийн халкъан бала бац шаьш мухха хилча, мухха лелча а. Оьрсийн къам айинарш церан интеллекташ бу. Цара къа хьегчахьана, болх бичахьана, Iедало мел оьшург латтадо царна. Ткъа вай и таронаш яц. Кхин гена кхийда а ца оьшу. ХIоккху шун юкъараIойлехь а бу-кх университетан хьехархой, йиш хилча, докторийн диссертацеш язйийр йолуш. Вайн къомана дан тарлуш дерг дайна лаьтташ ду-кх тахана.

9

Яздархойх массарел а хьалха вевзина ву суна Ахмадов Муса. Цундела ло ас цуьнга сайн дийцарш.
– Бакъдерг аьлча, со иштта ледара хир ду моьттуш вацара хIорш. Амма и бохург дац: хьоьга язлур дац, хьо яздан гIерта а ца оьшу. Цхьаъ хила а мега. Хаац, со гIалат хила а тарло (башха дика деша а ца ларийна со уьш), суна хIара ду ала хIумма а ца гира-кх царна тIехь. Хьо гуш, хаалуш а вац-кха хьайн дийцаршкахь. Бексултанов вешна-кх ахь. Цуьнан турпалхочун массо а синхаам гуш хуьлу-кх. Хьан мичахь бу уьш? Бац-кха уьш хьан дийцаршкахь. Кегийчу нахана Iемар дерг хIун ду хьан дийцарш дешча? ЙоIана тIе муха хьовза веза, хIун аьлла къамел доло деза, эвхьаза муха вала веза а. Амма пайда эца хьекъале хIумма а дац. Турпалхойн къамелашкахь оьрсийн дешнаш а дукха ду хьан, дилла дезачохь тIехьа «-н» ца дуьллу ахь. Цхьадолу дешнаш шайн юьртахь ма аллара я хьайна хетачу агIор яздо ахь. И гIалат ду. МаIдуллас нийса бохуш хиллера хьан дийцарех лаьцна.

10

Дуьххьара тхо долчу студентийн юкъараIойле вогIуш, ламеш тIехь саца а сецна:
– Йорахчу сигаьркийн, консервийн банкийн а хьожа йогIу, – элира Мацаев Сайд-Iалис.
«Пхьарматан» заседанешкахь гуллуш девзина, гергарло тасаделира тхан. Со, Шарип а иза волчохь Борзехь а хилира. Тамашийна стаг хийтира суна иза юьхьанца дуьйна а. Цхьана агIор дукха тIех вайзаманан хьу кхетта, вукху агIор чIогIа нохчийн шира гIиллакхаш, Iадаташ а лардеш стаг а. Цу юккъехула романтикан, Дон Кихотан амат а дара цуьнан вастехь. (Я массо а поэт ву-те иштта?) Дуккха а книгаш, кIудалш, шпаганаш а яра иза волчу цIахь. (Баккъал а шпага дахарехь дуьххьара гуш яра суна.) Сайна керла бевзинчу нахах, иза волчохь санна паргIат хилла вац со цхьаьнцце а. Вевзина сахьт далале юкъара херо дIа а яьккхина, ша гергара хетийта хаа цунна.
– Хьо, со а волуьйтур волуш бу хьуна хIорш, зорбане ца волуьйтуш. Хьо веллачул тIаьхьа хестор ву. ТIаккха царна новкъа ма вац хьо. Цхьаьнггера а баьпкан юьхк схьа ма ца йоккху ахь. Беллачаьрца хьагI а ца лелайо. Масал ду-кх хьуна Рубцов а. Къобал ца веш валийтина стаг, хIинца «Рубцовские чтения» бохуш, вовшах бетталуш, цуьнан кхолларалла институташкахь толлуш, конференцешкахь докладаш еш лела. Масийтта шарахь Иван Минтяка а леви со. ХIинца арайолу книга, тIаккха арайолу, бохуш. Юха цхьа вариант элира соьга. Гонорар редакторна йита аьлла. Iедална дуьхьал язйина, къайлаха арахоьцуш яций и. Я со цу тIехь карьера ян гIерташ а вац, цIарана зорба тоха лууш. «Иштта хеца езаш елахь, книга ца хилча а Iалур ву со», – элира ас. Со бIаьрмиска хиларна дац хьуна и. Амма айхьа къа а хьегна даьккхина сом ган лаьа-кх. Кисана дилла, кхин цунах дан хIума дацахь, дIаса кхосса а. ХIинца 89 шарахь араяла мега аьлла соьга, план юкъа гIахь. 78 шарахь дуьйна яздеш ву со. Ас 79 шарахь язйина стихотворени тахана а еша мегаш ю. Амма со реза а волуш стихаш, 80 шарера дуьйна схьа ерш ю. ХIокхара шаьш арахоьцу книгаш а гуш ю-кх вайна. Декъаза филолог волчу ас а, тоьхна-тоьхна массо мас йожош хилча, хIун мах бу церан? «Ешний ахь, муха хийтира хьуна?» – хотту. «Соьга хIумма а ма хетта. Тоьар ду ас и ешча а», – олу ас. ХIокхара яздечуьнга хьаьжча, хьан дийцарш ведда воьддушехь чукхийса мегар долуш ду-кх издательстве, массо редакце а. Оьрсийн маттахь дерш дIадахкий дита цкъачунна. Уьш юкъа ма Iитта. Милла велахь а цхьаъ ву хьох лаьцна вониг даржош. Хьуна хьайл чIогIа яздархо а ца хета боху. Хьуна оьшуш хабарш дац уьш. Хьо дика, товш кIант ву аьлла ца боху ас. Ахь яздечун дуьхьа. Хьан дийцаршкахь уггар а диканиг, ахь вайн зама нийса, ма ярра гайтар ду. Амма сихвала веза. Тахана хьуна луьйш болу хIорш, кхана шаьш буьйлалур бу хьуна иштта яздан. Спортсменан толам хьалха валарехь бу. Цу массарна юкъахь а со тешаш хьо цхьаъ ву хьуна. Ас со лахь а, хьо дIатасий ма вита, аьлла, тIекаренаш йина хьуна цхьаболчу нахе. Со-м вала дагахь вац, хьан тезетахь чорпа яа а реза ву. Хиндерг гуш дац…

ДЕШЕХ ЛАЬЦНА

Ленинан «Дешин маьIна...» аьллачу балха тIехь цхьа мехала ойла ю. Дуьненахь а социализмо толам баьккхинчул тIаьхьа, масех уггар а йоккхачу шахьарахь, цIеначу дешех юкъараллин хьашташна нишканаш йийр ю вай, аьлла.
И идея чIогIа тайра суна, хIунда аьлча, коммунизм тоьлча, марксизман хьесапца, пачхьалкхаш дIайовлу. Дозанаш, ахчанаш, пачхьалкхан кхийолу билгалонаш а.
Ленина билгала ма даккхара, и дика масал хир дара тIаьхьарчу тIаьхьенна а, деши бахьанехь дуьненчохь вовшийн хIаллакдиначу эзарийн, миллионийн адамийн ойла йича. ТIаккха наха истори, бераш патриотически дог-ойланехь кхиоран дуьхьа а доцуш, довзаран, лардаран а Iалашонна Iамор яра. Шайн ворхIе а дайша лелийначух, биначу тIемех, церан хIаллакьхиларх бела, белха а.
Амма тахана а генахь ду вай цунна.

«ЕВГЕНИЯ ИВАНОВНА»

Дерриг а долало Цинандали интуристаш бахкарца. Хан билгалйина яц. Туристех а, некъахойн бюрора гидах лаьцна а вайна хууш хIумма а дац. Евгения Ивановна, лаьмнийн некъашка марзъяланза, дог керчаш ю. Елхха йоллу иза. Стратонов вистхилча къаьста, и аз мисс Пикерингана «коьрте лазар далла» девзаш хилар. Стратонов а, шегара даьллачунна эхь хеташ, вогуш ву. Цо буьйцучу французийн матто а, вайшинна ца девзаш санна Iийча гIоли ю боху.
ХIун ду уьш гергара бийриг? ХIун дина Стратоновс? ХIунда хета цунна эхь?
Шен чулацамца дийнна роман язъялла жима лирически дийцар ду безамах лаьцна.
Революцин буьрса зама. Стратонов, паччахьан эскаран подпоручик, нана йолчу цIавогIу, чевнаш ерзо. Массо барышня а, цхьаъ йоцург, хIара дагавоьхна ю. Кхунна и езало. Кхеран нанойн а гергарло тасало.
Юха 1918-чу шеран гурахь, кхечу пачхьалкхе дIавахале, къайлаха шен тIехьийза йоI йолчу вогIу  иза. ЙоьIан цуьнца цхьаьна яха сацам хуьлу. Цкъачунна шаьш некъа даьккхина ахча тоьа царна, тIаккха наноша елла цхьацца дашо хIумнаш йохка хIуьтту. Иштта ах шо даьллачул тIаьхьа, болх лаха воьду ша олий, араваьлла Стратонов, кхин юха ца вогIу. (Бунинан дийцарехь зудчо оццу муьрехь шен цIийнада дIатосу Константинополехь.) Константинополь мел ю едда лела Евгения Ивановна, Стратонов лоьхуш, цунах хIун хилла ца хууш. Дукха халонаш хьоьгу цо, дукха гIело лов. Эххар а, кхин ша маьттаза ялале, цхьана ингалсхочуьнга маре йоьду иза.
ХIинца, Евгения Ивановнина лаарна, тIамо йохийначу Советан пачхьалкхе деана и шиъ.
Шена Стратонов галлац, цу тIаьххьарчу минотталца тешара Евгения иза велла бохучух. Ца веллехьара иза юха ца вогIуш Iийр вацара, хьоьху цунна даго. ХIунда аьлча, цунна гергахь, иза тIемало вара, турпалхо вара. Цо юьтур яцара иза дIатесна. Шена тешаме хилла шен езар.
Хала хеташ делахь а, дахаран хьелаш, дукха хьолахь, адамал а нуьцкъала хуьлу. ХIун бехк бара Стратоновн а революци яьллачул тIаьхьа вукху берд тIехь нисвалар? ХIун бехк бара цуьнан, шена хьоме хилла мел долу хIума хIаллакьхиллачул тIаьхьа, кхин а эзарнаш-эзарнаш санна, Iожаллах ведда вахарх? Буха бисинчеран кхоллам а, цара лайна баланаш а хууш ма бу вайна Мелехов Григорий дагалаьцча а (М. Шолохов, «Тийна Дон»). Стратонов бехке ван бахьана ца карадар ду, аьлла хета суна, и повесть ткъе пхеа шарахь латтаяран агIонех цхьаъ (1938-1963).
Шен декхар кхочуш дечу стагана чIогIа маьIне ду, и гIуллакх наха сийдеш, лоруш а хилар. ТIаккха стенна а кийча хуьлу адам, вала а хала дац. Стенан дуьхьа ле а ца хууш вала ду хала.
И оцу тIехь иштта аьлла дацахь а, автор ала гIертарг ду и. Цунна дагахь хилларг. Ма дарра аьлча, хIун дийр дара Стратоновс? ХIун дара цуьнан карахь? Шен зуда ца езара цунна? Я цуьнан дола дан кхоччуш къонахалла ца тоьира цуьнан? Я цивилизованни пачхьалкхашкахь санна, иза сом даккха суьйрана ара а йолуьйтуш, цо чудеанарг даа а дууш Iийр вара иза? Цунна шена а хаарий ша цIакхочур ву я вац? Я Гуьржийн махка ша сехьа ваьлча а, юха зудчунна тIаьхьа ваха таро ю  цуьнан? Таро, бакъо а? Цигахь цуьнан зуда юй хаахь-м, ткъе пхи шо а эцна вохьуьйтур ма ву. Цундела дарий-те цо французийн мотт бийцар а?
И хаттарш хIунда ца хIиттадо-те талламхоша?
Оьрсийн стаг ца вахало оьрсийн лаьттах хаьдда, хета Леоновна. Ша дIахеца, аьлла йогIуш ма ю Евгения Ивановна а, хIунда аьлча «цу лаьттах йина» ю и. Ткъа цунах хаьдча, орамаш дахкаделла дитт санна, хIаллакьхуьлу иза. Ткъа британски лоьраша хIоттош йолу диагноз: бер диначул тIаьхьа гIуллакх чолхе далар, юхахьадалар а – бахьана ду. Галдаьлларг, цуьнан цу лаьтта тIе  юхаерза ницкъ ца тоар ду. Иза хIинца, уггар а хьалха, Пушкинан Татьяна санна, зуда ю:

Но я другому отдана,
И буду век ему верна.

Иштта тешаме зуда хир яра иза Стратоновна а. Ткъа хIинца цунна гергахь Стратонов велла. Оцунна везаш, вевзаш а хилла тIемало, турпалхо подпоручик вац, велла… Цундела шена цо делла мухIар а (Дела воцчунна ца хаа цо и мел хала лардина!) дIало цо. Кхин цхьа а зIе яц цуьнан кху лаьттаца. И тIаьххьарниг а цо хадий. Ша оьрси елахь а, цо дан деза бер ингалсхочун ду. Цундела дIайоьду иза. Хиндерг а ца го цунна. Хилларг а дац цуьнан...

ОБКОМАН СЕКРЕТАРЬ

Он жить другим советует:
«Как завещал великий Ленин
Стране Советов». Меж тем,
Как сам, он следует –
Жены советам.

IАЬНАН ЮЬХХЬЕХЬ

Хийлаза директорша кIора дIа а бухкий, ягон хIума йоцуш, бераш цIа а хоьций, дIакъовлу ярташкара школаш. ХIора шарахь бохург санна.
– Цхьацца долу адам ца хуьлу шена мел гIело йича а IадъIаш? Эхь хеташ. Ишта хIума ма ю школа а, – боху Такалашов Султана.
Со заочно ваьлча, тхойшиъ цхьана курсехь нисвелла чIогIа хазахета суна. Иманехь, цIена дог-ойла йолуш, вистхилар паргIат долуш, хIора дош цкъа хьалха терзана тIехь узий олуш, дика кIант ву иза.
Стих наггахь бен ца язйо цо, амма цо наггахь язйинарг кхечара дуккха а, сих-сиха а язйиначарал а гIоли хуьлу.
Шен даго къобал ен йоI лоьхучу къонахчух лаьцна произведени ю цуьнан. Массо а юьртахула чакх а ваьлла, ша бохург кара а ца йина, цIавогIуш, виначу юьрта йисте кхаьчча, дуьхьал кхета цунна даго хьоьху, лоьху безам. Ирс герга лаха, бохучу маьIнехь язйина ю и произведени.

ЦIЕЙОЦУ ШОВДА

Ламанан Карабахехь ширачу заманахь дуьйна эрмалой, азербайджанаш а цхьаьна беха. Азербайджанийн юьртахь эрмалойн, эрмалойн юьртахь азербайджанцаш а. Шина юьртан дозанаш къаста а ца луш ду.
ТкъолгIа шерашкахь хилла ду хIара.
Латта къевсина вовшах лата дагахь, кара герз а эцна, дуьхь-дуьхьал лаьтташ хилла эрмалой, азербайджанаш а. Цхьа су иккхичхьана цIе лата кийчча хилла. Амма массарна а вевзаш волчу Гайбулага, юкъа а ваьлла, машар бира. Цхьанне а куьг ца айаделира, шайна везачу Гайбулагана герз тоха. Иштта машар хилира эрмалойн, азербайджанийн а ширачу лаьтта тIехь. Тахана а оцу кIентан цIарах шовда ду цигахь, наха безамца цIе а йоккхуш.
Гурунц Леонидан «Тхан хьоме Шушикенд» ю ас йоьшург. Цунах лаьцна доьшуш, таханлерчу газеташна тIера могIанаш дагаоьху суна.
Шайн дайн уггар а дика гIиллакхаш а дицдина, вовшийн цIий Iенош бу эрмалой, азербайджанаш а. Ламанан Карабахехь луьра, къиза, акха тIом бу дIабоьдуш.
Латта дац къуьйсуш дерг. И церан, вукхеран а ворхIе а дех дисна. Кхарах а дуьсур ду! Латта – и бахьана ду. Вежараллин шина къома юкъа теснарг доккха питана ду.
Юха а Гайбулаган ойлайо ас.
ТкъолагIа шерашкахь хилла иза...
Амма 80-чу шерашкахь хиллехь, и шовда цIе йоцуш дуьсур дара-кх хьуна. Ша цхьана поэто «Валарг» ца алахь.


Рецензии
Саммукъ дели Яздез щадерг орсий моттах К1ечу к1омнашн к1етийт

Мутуш Танов   17.10.2014 21:53     Заявить о нарушении