Автоинтервью

– ХIун дохьуш вогIу хьо литературе?

– Нохчийн литература а искусствон цхьа дакъа ду. Амма вайн дукхаха болчу яздархоша «искусственно» бохучу хьесапехь кхетадо и: доцург яздеш, дерг хаздеш, тодеш, куьце далош, хестош а. Церан произведенеш дийна яц, «кхоьллина» ю. Цундела, авторш дуьненчохь а болуш, лийр йолуш ю уьш. Церан кхачамбацар: фантастикин произведенеш язъян фантази а, бакъдерг яздан доьналла а цатоар ду. Нохчийн литературехь и искусственность дIаяьккхина, аьлла хета суна айса, къаьхьа делахь а, бакъдерг дуьйцуш. Бакъдерг – и ю искусствон лаккхара тIегIа, исбаьхьалла а. Цхьа хан яьлча билгалдер ду: сан цIара тIера нохчийн литературехь керла мур дIаболабелла хилар.

– ХIун хаа деза яздархочунна?

– Даима дагахь латто деза: дуьненна тIехь йоккху хан кIеззиг ю, дуьненна тIехь Iаламат дукха яздархой бу, Iаламат дукха книгаш ю. Дешархо цхьаъ бен вац. Цундела, хьайн книга ешийта, хьайн книгийн тидам байта, шатайпа яздан деза. Яздархо, шел хьалха мел ваьхначу массо а къоман яздархочул а, дика яздан дезаш ву. Яздан гIерта веза. Иштта бен схьаваккха лур вац цуьнга цаьргара дешархо. Кхин цхьа хIума а дагахь латто деза: тахана мелла а доца яздан дезаш хилар.

– Литературехь табу хила езий?

– Литературехь табу хила мегар дац. Амма яздархо ша хила веза шен цензор. Яздархочун кхолларалла юсту цкъацкъа лоьран балхаца. Лоьрана адамийн дегIа тIехь къайле йолуш я дихкина хIумма а дац. Лор – дегIан дарбанча ву. Яздархо – синлор. Оццу маьIнехь, яздархочунна а къайле йолуш я дихкина хила ца деза хIумма а. ХIунда аьлча, лоьрана цхьа цамгар гуча а яьккхина, цунна гIоли лехар санна хIума ду, яздархочунна юкъараллин цамгарш гучуяхар а. Литература самукъа, мукъа хан яйар, садаIар хилла ца Iаш, къинхьегам бу, Iилма ду. Iилманан книгаш кхетам кхиъначу нахана лерина ю, берашна, зудаберашна а лерина яц. КIорггера философи, лаккхара математика а ма ца Iамайо цара. Цуьнан а шен хан ю. Институташкахь Iамош йолчу биологин, медицинан а книгаш караэцча, воьлла воцу стаг Iеттавал иллюстрацеш, дегIан меженех, тайп-тайпанчу цамгарех а луш кхетам а бу царна тIехь. Цхьанне а дагадогIур дац и сийсаздан. Литературехь а цхьабосса терго тIейохуьйту адамна, экхана а. Биологино, медицино а организман хIоттам, цамгарш, дарбанаш а хьоьху. Литературо (веккъа цхьа Золя схьаэцча а гуш ду и) – организман кхиар, талхар, сакхташ... Кхечу тайпана аьлча, литература – исбаьхьаллин куьце дерзийна Iилма ду (истори, этнографи, философи, этика, биологи, психологи, медицина а). АтталгIа «робот» бохучу дешан автор а яздархо ву. Математикан, физикан кхиамаш а бу дуккха а хьалха литературехь гучубийлина (Жюль Верн, Герберт Уэллс, Карел Чапек). Амма яздархочун болх, коьртачу декъана, адамийн синхаамашна тIехьажийна хила безаш бу. Рентгено пехаш санна, схьагайта деза произведенехь адаман дог, цуьнан ойланаш...

– ХIун ду кхоллараллехь коьртаниг: хатI, мотт, исбаьхьалла, говзалла, сюжет я хIуъа делахь а кхин?

– Яздеш волу стаг даима лехамашкахь хила везаш ву. Студент волуш, цул тIаьхьа а дукха ойланаш йина ас: «Муха яздийр дара-те?» – бохучунна тIехь. Цкъа а цхьаммо а ца яздинчу кепара яздан а, цкъа а цхьаммо а ца аьлларг ала а лаара суна. Книгаш дукха мел йоьшу а, болх алсам мел би а кхийтира со: цкъа а цхьаммо а алаза хIума дан а дац. Массо хIума а массо заманахь дийцина, хьехийна, яздина а ду. «Иштта хьал хилча, оьший-те ас яздан а?» – олий, хаттар кхоллало. Амма яздархо цунах кхиале, яздар цIийх а дулий, яз ца дича ца мегаш, дIахIутту. Цул деза дац цунна хIумма а. Ша паччахь хилча, цу паччахьаллах а бала хир бара бакъволчу яздархочунна, яздеш ца яьккхина хан дагахь лаьтташ. ХIора яздархо, уггар хьалха, шен заманан билгало, шен заманан векал ву. Суна схьахетарехь, кхоллараллехь коьртаниг – ша яздийриг даггара дийцар ду, цхьа а Iехо ца гIерташ. Сюжет а диканиг, говзалла а лаккхара, шен хатI, мотт а хилча дика-м дера ду, амма деккъа церан дуьхьа яздан оьшуш дац. «Хьо дика яздархо а вара, хIара сюжет а ю хьуна, кхунах лаций дийцар яздехьа», аларх, и хьуна юххера дацахь, и ахь лайна дацахь, хьоьга язлур дац. Ахь яздича а, дешархо Iехалур вац, цуьнан дагах кхетар дац и.

– Яздархочунна мел пайда ло журналистико?

– Сайна уггар а дукха дезаш долчу «Даймохк» газетан редакце балха вахара со. Коьрта редактор волчу Абдулаев Лечас, вазвала а ца гIерташ, дIаийцира со. «Бакъду, – элира цо, – дика яздархо хиларх дика журналист ца хуьлу. ХIокху балхо верриг а дIахуду стаг. Кхуза веъчахьана, стихаш язъяр мелла а лахделла сан... Делахь а, хьайга хIун дало хьажа хьо...»
Мел атта хиллера язйина материал редакце дIа а елла, и араялале хьоьжуш Iа. Редакцин белхахочо беш болу болх-м – и къемата де ду! Редакце догIу кехаташ, царна тIехь болх бар, уьш кечдар. Тайп-тайпана даржашкахь болчу нахера интервьюш эцар, царна тIехь болхбар. Дог дагIахь, цадагIахь а кхочуш ян еза план. Воьдуш-м, айса яздийриг зорбане даккха атта хир ду аьлла, вахара со. Амма и аьттехьа а дацара. Редакцехь балхахь хилча, суна мелхо а бегIийла ца хетара, сайн дийцарш тIетоха ала. ТIаккха а и юкъараллин-политикин газета а дара. Цул сов, оццул хала ахь язйина статья а ма ца йолу хьан ара, куьйгалхойн дог-ойланца йогIуш яцахь я цунах цхьанна цатам бала тарлахь. Редакцехь йоккхучу ханчохь, сайн цхьана а дийцарна тIехь болх бан а ца ларийра со. КIеззиг хан яьлча, цигара дIавала ойла хилира. Журналист, шена лаахь, ца лаахь а цхьана классана, цхьана тобана, цхьана идеяна гIуллакх дан дезаш хиларх, кхийтира со.
Журналисташ масийтта тайпана бу:
1) тIедеъанчу Iедална муьтIахь а болуш, шайга боххург а яздеш, шайн ойланаш къайлехь латтош берш;
2) наха йоьшур ярий-яцарий ца бохуш, материалаш лоьхкуш, сом даккха агIо карийнарш;
3) гIийла, миска, декъаза я чолакха, кхин дан амал доцу нах а.
Кхин ши тоба а ю тахана журналисташна юкъахь: хIара Iедал хестораш, хIокху Iедална луьйш берш а. Амма я уьш, я вуьйш а ас журналисташ ца лору, хIунда аьлча, уьш я цхьана хIуманах Iехабелла, я цхьана хIуманна дарбелла лелаш нах бу. Ткъа со я царах, я вукхарах а вац. Иштта дагадеара суна, литературан шен газета хилча ма дика хир дара бохург. Цуруев Шарипа, ас а кхочуш а дира и.
Ас шина баттахь бен «Даймехкан» редакцехь болх ца биннашехь, журналистико суна доккха гIуллакх дира. Хемингуэйс шен «Марша Iойла, герз!» цIе йолчу романан цхьадолу дакъош 39 яздина, юх-юха а тIехь болх беш, бохучух кхета чIогIа хала дара суна хьалха. Айса мел яздина дош, предложени а ма-ярра зорбане яла еза моьттуш. Редакце догIучу кехаташна тIехь болх беш, дIаяйа, хержа, къесто, тодан, тIетоха а Iемина, хIинца атта тIе сиз хьокху ас айса ядиначунна а... Яздархочо шен даго хьоьххург дан деза-кх. Даго хьехча ваха веза газете а. Даго хьехча, дIавала а веза: «ХIун хир ду-те?» – бохуш, тийса а ца луш. ДоьгIнарг хир ду-кх.
Яздархо кхиа, иза редакцехь болх беш хила аьлла а дац. Кхечу белхаш тIехь а цуьнан зеделларг дукха мел хили а дика ду. Яздархочунна тайп-тайпана нах, тайп-тайпана говзаллаш а йовзаро дахар довзуьйту. Дахар довзар муьлххачу яздархочунна а оьшу. Жимчохь халонаш лайначу яздархочун похIма ира а, аьлла дош синметта кхеташ а хуьлу. Болх муьлххург бича а бен дац. Яздаран ун кхетта стаг, оцу цамгаро хьовззийна, лазаро чов йолу стаг больницан маьнги тIе санна, кхоьссина литературе валор ву. Вуьшта, муьлххачу яздархочунна а газета дика школа ю, амма хьайна цIен а ца луш пуьташ ботта Iамале, дIавала а веза-кх цигара. Болх я материальни кхачо еш, я дагна синтем беш хила беза. Идеалехь-м цхьанхьа а болх беш хила везаш вацара яздархо. Цуьнан болх – дуьне мел ду волавелла а лелаш, шен сих кхетарг дIа а яздеш Iер – и бара.

– Хьалхе а, сих-сиха а зорбане валар пайденна дуй къоначу яздархочунна?

– Куьйгайозана, машинки тIехь зорба тоьхначунна а юкъахь йоккха башхалла хуьлу, газетехь я журналехь зорба тоьхча-м, наха язйинчу тексте санна хьоьжу хьо хьайн произведене. Даьлла гIалат, дIадаккха я тIетоха дезарг, кхечу тайпана ала догIург, дика нисделларг, массо а агIо кхечу бIаьргашца го. Хьалххе, сих-сиха а зорбане вала аьтто болуш волу къона яздархо сиха кхиа а кхуьу. Нохчийн яздархойн дакъазалла: цхьаъ-шиъ книга араяьлла, говзалла кхиале, нахана вовзале, шераш дIа а довлий, къанлой, тишлой дIахIутту. И Iедалан бехк бу. Литература кхиарна тIехьажийна цхьаьллиг цхьа Iалашо яц вайн. Цундела, вайн социально-экономикин хьоле хьаьжжина литературан, искусствон кхиамаш а бу. Доккхачу къомах волу яздархо-м, ша яздийриг жимма а мехала делахь, цо кхобу. Жимачу къомах волу яздархо хене а ца валало. Халкъан Iедал долчу махкахь, яздархойн потенциал, царна оьшург а латтош, халкъана пайденна хьажо езаш яра.

– ХIун ду хьо вайн заманан яздархойх къасториг?

– Коьртачех цхьаъ: суна бевзачу яздархойн турпалхой авторел а дика бу, сан турпалхой соьл а вуо  бу. Нохчийн яздархойн коьрта гIалат – дерриг а хаза, цIена, оьзда гайта гIертар. Ас яздийриг аморальни лору. ХIора къоман литературехь а хьалха вогIучунна хала хилла даима. Масала, французийн литературехь, ерриг критика, нехаш а Золяна, Флоберна, Гонкур-вежаршна а кхаьчна. Мопассанна некъ цIанбина цара. Америкин литературехь и «ша бохийнарг» Драйзер ву. Оьрсийн – Чехов, Бунин...
Амма хIинццалц яздинарг, сайн кхиарехь цхьа мур бен ца лору ас.

– Хала яздой ахь?

– Цхьадолу дийцарш атта яздина а ду, цкъа охьа ма хиъина («Iаьнан суьйре», «Лулу»). Цхьадерш дуккха а шерашкахь коьртехь, ойланехь а кхиъна ду («Курачу Закрих лаьцна», «Къоначу Хьамзатах лаьцна»). Цкъацкъа, цхьа предложени  дIа а язйой, кхидIа яз ца луш хуьлу, дерриг а дагахь доллушехь («Некъаш», «Дневник юкъара»). Оцу цхьацца предложенина кхин а цхьацца предложени, абзац тIекхетара наг-наггахь. Амма хала яздар, атта яздар а, – и дикаллин я ледара хиларан билгало яц. Хьуна дика хетарг нахана ледара а, хьуна ледара хетарг нахана дика хета а тарло, хетта меттигаш а ю. Наггахь хьуна дагахь доццург а нисло хьан яздеш Iашшехь.

– Ахь яздечунна нах реза ца хилча, хIун дан деза?

– Нах а бу тайп-тайпана. Дуккха а яздархой бу дуьненна а бевзаш, кхечу къаьмнаша хестийна, хестийна, эххар а тIаьхьа бен, шен халкъо къобал а ца бина. Дукха хьолахь, яздархочо, шена гуш долчух, шена дика девзачух, шен махках лаьцна яздо, къаьсттина тидам кхачамбацаршна, ледарлонашна, зуламна тIе а бохуьйтуш. Исбаьхьанча шайна юкъахь хьалакхиъначу нахана ца еза цуьнан книга, нагахь санна уьш цу тIехь хестош бацахь.
Ткъа бакъволчу исбаьхьанчан книга – и критика ю. Масалш дуккха а ду: Бальзак, Флобер, Золя, Драйзер, Фолкнер, Т. Манн... Яздархо вуьйр ву, воккхур ву, иза цIа гIертахь мегар дац, бохуш, меттигаш а яьхкина. Дац хьан кхузахь цIа, бохуш. Яздархо суьде луш, жоьпе озош, цунна штраф тухуш, махках воккхуш, Iедало книгаш йоьхкуш, шен пачхьалкхехь ара ца йовлуш... кхин-кхин а мел ду уьш? Гена кхийда а ца оьшу. Къеггина масал ду Бадуев СаIидан дахар, кхолларалла а. Хьо массарна а товр йолу произведенеш язъян гIерташ велахь, хьоьх яздархо хир вац. Хьан доккха похIма а делахь, хьуна паргIат ваха, нахана веза а лаахь, къоман исторехь хала мур схьа а лахий, цу юкъахь халкъан турпалхой а карабай, царах лаций язде. И деза хьуна массарна а.
Амма бакъволчу яздархочун: «Нахана хIун хетар ду-те?» – боху ойла хила а ца еза. Хьайл хьалхарчу яздархоша хIун яздина, муха яздина, йоьшу церан книгаш я ца йоьшу, беза уьш нахана тахана я ца беза? Цуьнца дуста. Хьайн дагца дуста. Галвер вац хьо. Халкъан кица а ма ду: «Шен махкахь пайхамар ца ваьлла». Дела цхьаъ веш волу яздархо, поэт – пайхамарна уггар гергара стаг ву. Нахана ца гург, наха хьесапе ца оьцург, нахана бен ца хетарг, нахана дан а дац я делахь а хьехо а ца оьшу моьттург, цо, шена Дала беллачу кхетамца, бIаьрсица, лерсица схьалоцу, юха шен дагчухула чакх а доккхий, дIагойту нахана цаьргара хьал, церан Iер-дахар. Пайхамара Делан цIарах кхайкхамаш бо, яздархочо дуьйцучун наха шаьш хьесапаш дан деза. Атта-м дера ду яздан, нахана и товш хилча, нахана тахь-ца тахь а яздан ду-кх хала. Хьо Дала деллачу похIмаца яздархо ву-кх, хьуна цхьа а хIума кхераме дац, хьо кхера а вийр вац, юха а воккхур вац, дегаза вер вац. Хала а хир ду, чевнаш а йийр ю, дог а лозур ду... Амма, юха а яздан гIо дийр ду. Хьоьл лакхара суьдхо хьан ван а вац, Дела воцург.

– Критиках лаьцна хьайна хетарг алахь. ХIун гIо до яздархочунна критико? Оьший и цунна? Муха хьал ду нохчийн литературан критикехь?

– Массо яздархо а шен хенахь поэт хила сатийсина ву. Массо критик а шен хенахь яздархо хила сатийсина ву. Ша язйийриш стихаш йоций, ша язъеш йолу романаш, повесташ цхьаммо а йоьшур йоций  хиъча, хуьлу стагах критик. Шена яздан ца хиъна волчу стага, нахана муха хьоьхур ду, яздархо муха хила веза? Критикин статьяш а ешна яздархо хилла стаг ца вевза суна. Амма исбаьхьаллин произведенеш а ешна хилла критикаш шортта бу. Берриш а бу-кх. Критикна коьртаниг ша йийцаре еш йолу произведени а яц, и бахьанехь я вуьшта, коьртачохь кхоллаелла я хьалхе дуьйна, хилла йолу ойланаш йовзийтар ду. Ма-дарра аьлча, уьш хьайчаьрца йогIуш хила аьлла а, я хьо харц волуш, иза бакъ волуш хила аьлла а дац. Критико Iамор вац яздархо муха яздан деза, хийла тахана дуьненна а вевзаш волу яздархо шен хенахь критикаша емал, сийсаз вина... Яздархочунна критик ца оьшу, амма критикна оьшу яздархо. ХIунда аьлча яздархо, поэт ца хилча, цунна дийца, яздан а бахьана хир дац. И цхьаъ ду. ШолгIа, критико ша дина билгалдахарш яздархочо тидаме эцча, тIаккха а тIехтуху. Хьовсийша, хьалха иштта яздинера цо, хIинца, оха бехк баьккхинчул тIаьхьа, оха ма-аллара нисйина шен «опус». Цунна масал Белинскийн статьяшкахь карадо. КхоалгIа. Критико белла яздархой масална а балош, уьш дуьхьал бетташ, къона яздархой кхиа цабитар бен, деш хIумма а дац. И стенах тера ду аьлча, маре нис ца деллачу зудчуьнга лан ца ло кхин стаг шен доьзалца ирсе вехаш. ТIаккха шен ирсах иза вохо, ца кхуллуш эладита, ца лелош питана а ца дуьту цо. Беллачарна критикийн хестамаш оьшуш бац, дийначарна цара беш пайда а бац. Шен дахарехь дика цхьа яздархо нахана ца вовзийтинчу критикан белхан ши капек мах а бац. Бакъду, нагахь санна, критик лично хьан доттагI велахь, цо реклама а йийр ю хьуна, цо цIе а йийр ю хьуна, цо нахана а вовзуьйтур ву хьо. Критик доттагI хилар – и бу-кх цунах хинболу пайда. Хьо вовзийтар, хьан книгашна тIе терго яхийтар а. Критико ша нисвийр ву-кх бохург, дIадаккха деза дагара. Яздархо нисвеш, цунна критика еш волчун шен эрудици а хила еза цуьначул лакхара. ТIаккха бен моральни бакъо яц цуьнан шена хетарг дийца, хIара иштта ду, важа вуьшта ду бохуш. Яздархочунна, къаьсттина къоначунна, коьртачех цхьаъ – къарцавалар. Дукха наха дукха бахьанаш лелор ду, и къарван гIерташ, ша лелочунна тIера юхаваккха, дохковаккха: критикаш, яздархой, хьуна бевзарш, ца бевзарш, доттагIий, накъостий, гергарнаш, цIеранаш... И девнаш, питанаш, эладитанаш, харцонаш, гамонаш, хьаьгIнаш лан кийча воцург цара юхавоккхур ву, кхерор а ву, кхин цкъа а книга язйийр яра аьлла, охьа а хоуьйтур вац. Спортсмен-боксеранчул а чIогIа доьналла оьшу яздархочунна. Боксер-м шен корта, дегI а тухучух лардичхьана волу, ткъа яздархо, цул сов, ерриг а шена тIехьоькхучу боьхалла кIелхьара хьалавала везаш а ву. Ца валахь, хIумма а къа ца хеташ, сий дайа кечбелла дукха нах хир бу. Боксехь-м чоьже тоха йиш яц, йихкина приемаш а ю спортехь, «критикашна» и хIун ду а ца хаа. Цхьана а юкъаралло ца лов, ца дуьту яздархочунна цо шех лаьцна яздийриг. Муьлхха пачхьалкх, муьлхха къам, муьлхха зама хилча а. И дерриг а лан, юха кхин керла книга язъян кийча хила веза иза, кхин а диканиг, кхин а чIогIаниг... Оцу къовсамехь хьоьгахьа гIо лаца цхьа а стаг вац хьуна, хьан меттана цхьаммо книга а язйийр яц... Таханлерчу дийнахь нохчийн литературан критика ян а яц. Наггахь язъеш йолчу юбилейни статьяно я дIадаханчу шере бIаьрг тохаро, литературехь погода ца йо. Туркаев Хьасан, Айдаев ЮшаI, Гайтукаев Казбек а – Iилманчаш бу, талламхой. Коьртачу декъана, шаьш эриг аьлла бевлла уьш. Завриев МаIдулла а вара. Иза, шена Москвахь волуш моьттинарг цIахь ца карийча, юьстахваьлла а хаац, я гIора кхачийна... Белинскийн, Писаревн, Добролюбовн а статьяш, цара буьйцучу яздархойн, поэтийн произведенеш ца еша а йоьшу-кх. Уьш бац нохчийн литературан критикехь. Хьанна хаа, Малколм Каули, Максуэл Перкинс а ца хиллехь, тахана, Фолкнер, Т. Вулф, Фицджеральд, Хемингуэй, кхин а цхьамогIа америкин яздархой ца бевзаш хила а там бара вайна. Иштта критикаш, издательш а бац нохчийн.
– Айхьа яздина дийцар тIе а ца тухуш юхаделча, муха хета хьуна?
– Хьайна хетарг а ца дуьйцуш, хIара тIе а тоьхна, нахана муха хета хьаьжна велира хьо, олий хета. Нохчийчохь критикна, редакторна а ша тIаьххьара инстанци ю моьтту. Редактор литературан тормоз хила везаш вац, двигатель хила веза. Ойла йича, Бальзак цхьацца хIума дIа а доладой декхар воьдий, юха кредитораш шена тIаьхьабаьхна лелабар ларамаза ца хилла. ТIаккха, шайна лаахь, ца лаахь а, хIокхо мел яздийриг дIа а хьуш тIетоха дезаш ма хилла уьш, ша-ша хьалхавала а гIерташ. Вуьшта, Бальзакан дезар дара церан неIарш ларъян. И дагадан гений хила, Францехь вина хила а веза. Цу тIехь цуьнан кхиам а хилла. Амма французийн пачхьалкх а ца хиллехь, французаша шайн маттахь книгаш, газеташ, журналаш доьшуш ца хиллехь, гIуллакх хир дацара цунах. ДIадала ахча дацахь чувуллур вара... Нохчийн пачхьалкх елахьара, нохчийн мотт пачхьалкхан а белахьара, нохчийн маттахь арахоьцу книга, журнал а зене доцуш, пайда луш делахьара, нохчийн яздархойн а шортта издательш хир бара. Тахана дерриг а Iедалан карахь ду, ткъа цхьаболу Iедалехь берш, шаьш цхьана ханна бен боций хууш, лачкъочун, йоккхучун бен бала болуш бац. И дерриг а гуш, хууш, ловш, яздеш, къар ца луш, юха а яздеш, гуча долуш хIума а доцуш, могашалла талхош валла деза яздархочун. Наха бахамаш гулбечу хенахь, цо книгаш гулйо, дийцарш яздо. Ша бахамна тIаьхьа ваьлча, нехачул сов шен кхиам хила тарлушшехь, шех дуьсун дерг яздинарг бен доций хаа. Ахча хилча сов-м дацара цунна, новкъа дерг, и даккха гIерташ хан яйа дезар ду...

– Яздархочун, дешархочун а юкъаметтиг муха го хьуна?

– Дешархо дагахь латто веза даима. Дневникаш язъеш а, дешархочун ойла ян еза. ХIунда аьлча, дневник мел интимни елахь а, цу тIехь мел яккхий къайленаш елахь, цуьнан Iалашо, цкъа мацца шен дешархо хир ву-кх кхуьнан а, бохург ю. Иштта и ца хилча, яздархоша царна тIехь къахьоьгур дацара.
Жимчохь дерг ша ду. Цу хенахь массара а бохург санна язйо стихаш, дневникаш. Амма яздархочо бен шен дахаран Iалашо ца йо цунах. Жимчохь цхьа Iалашо ю – са паргIат даккхар. Жимчохь язйо, дийцича, нах ца кхета там бу-кх шех, бохуш. Яздархочо нах кхета лууш, шен дагахь дерг царна довзийта лууш къахьоьгу. ХIораннан а цIа чу ван, хIораннан а даг чу вижа, лаьа цунна. Цигахь коьртачех цхьаъ: бераллин цIеналла ларъяр.
Яздархо дагахь хIума доцуш, хьаъа а Iехор волуш, чIогIа наивни стаг ву. Нахах дукха цецвуьйлуш яздо цо тIаьхь-тIаьхьа. Муьлххачу хиламо, нахана санна бен тIеIаткъам беш ца хилча, цо яздийр дацара. Цхьаверг яздархо хила атта ду моьттуш лела. Кхиверг, шена яздаран бакъонаш хиъча, ша а яздан деза моьттуш. Ахчанна дуьхьа, сий лоьхуш, бахьанаш дуккха а ду.
Яздархо, сан хьесапехь, шен дагара нахана, дуьненна а довзийта кхин некъ а ца карийна, воллург ву. Ас вуьйцург сайн хьесапехь волу яздархо ву. Даккхий къаьмнийн кхечу тайпана а хила тарло. Масала, Д. Лондона «Мартин Иден» романехь ма-гайттара я Фолкнера ма-дийццара.
«Яздархо муха хилира хьоьх?» – хаьттича, цо аьлла: «Цу хенахь Шервуд Андерсонца доттагIалла лелош вара со. Яздархо хир ву бохург, суна хIетахь дагахь а дацара. Тхойшиъ дIаса къаьсташ, ша кхана Iуьйрана гур вац хьуна, олура цо хIоразза а. ДIахьаьжча, иза Iуьйрана яздеш хиллера. Йисина хан мукъа яра цуьнан. И шена луъург деш йойура цо. ХIара-м хаза дахар ма ду, дагадеара суна. Кхаа кIиранах Iийра со, ара а ца волуш, книга язъеш. ТIаккха цхьана дийнахь, иза со волчу веара. Со книга язъеш вуй хиъча, «сан Дела!» аьлла, цIа вахара иза. Цхьа хан яьлча, цуьнан зудчо элира соьга: «Ахь хьайн  книга еша ца баьхчахьана, Шервуда арахоьцуш гIо дийр ду хьуна». Со реза хилира. Иштта яздархо хилира соьх». И цхьа дай аьлла дитина ду. Цо шен дахар журналистех даима лечкъа ца динехьара, вайна ма-дарра а хуур дара и.
Яздархочун дерриг дахар, кхеттал хилчахьана, яздархо хиларна тIехьажийна ду. И кхетахь, ца кхетахь а. «Шина-кхаа стага бен айса язйина книга йоьшур йоций хиъча а, яздийр дара ас», – аьлла Т. Вулфа.
Гетен: «Айхьа яздечун миллион дешархо мукъане а хир воций хаахь, яздан а ца оьшу», – бохург, схьа ца лоцу яздархочо. Кийрара дешнаш тIех Iена цуьнан. Яз ца дича цомгаш хуьлу. Нохчийн къомах лаьцна аьлча, вайн дерриш а дац миллион бен. Оцу юкъахь книга йоьшуш ши-кхо эзар стаг а хир вац. Амма хIетте а яздо. ХIора яздархо теша, шен книгаш, цкъа мацца а, дерриг дуьнено а йоьшур ю бохучух. Цундела цуьнан дневникаш а, дагара дийцар хуьлийла и я экспериментийн лаборатори, дешархочунна лерина ю. Амма дешархо дагахь хиларх, цунна лерина яздарх, цуьнга кхайкхамаш бан ца оьшу: «Хьоме дешархо», «Дешархо, ахь бакъо лахь», «Дешархо, суна-м иштта хета…», «ХIинца вайн турпалхо говр хаьхкина оцу новкъа воьддушехь, дешархо, хьовсур вай важа турпалхой хIун деш бу»...
Хьан дешархо, уггар хьалха, хьан заманхо ву. Ерриг дог-ойла а царна тIехьажийна хила еза. ХIунда аьлча, уьш хьоьх ца кхетахь, тIаьхьа тIе богIурш кхетар бу, ала гаранти яц. Я церан хан а хир юй-те, вовзаза волу, къобалваза гений леха? Шен заманхошна язъеш ца хилча-м, цхьа а книга араяккха гIертар а вацара. ТIекел йохкуш Iийр вара. Яздархочун кийра паргIат ца болу, дагахь дерг яздина кехат тIе даккхарх, книга ара ца яьлча. Юха а дахаран массо а агIо, шена мел хетарг, ша ала мел гIиртинарг, ша тIе мел кхийдинарг, цу книги тIехь аьлла а ца карадой, кхин книга язъян вулу иза.
Кхолларалла дукхаха болчара куьзганца юсту. Яздархочо шен бIаьргашна гуш дерг, шен даго схьалоцуш дерг я тIе ца оьцуш дерг дIагойту нахана. Шена гинарг, ша схьалаьцнарг а цо яздар, куьзган дикалле хьаьжжина ду. «Беламан чохь» хиллачун хаа, мел дукха ду куьзганаш. Иштта хьал ду кхоллараллехь а. Цхьадолчу куьзгано хIума долчул дестадой гойту, вукхо жимдой, пайдабоцчу а доккхий, кхечо – ма-дарра... Цу кеппара дешархочунна тIеIаткъам а бо цара. Цхьайолу произведени ешча, цецволу хьо цуьнан ницкъах, кхиерг ешча вела дог догIу, вукхо бIаьрхиш Iенадойту...
Дешархочунна хаало (яздархочуьнга ша Iехавелча а, дешархо ца Iехало цу тIехь), мичахь бакъдерг лачкъийна, мичахь дахар хаздан гIерта, мичахь тIетоьхна, мичахь дIадаьккхина а... Мел хазачу мукъамехь а фальшан нота къаьсташ хуьлу. Оцу цхьана нотано а лерсина, дагна а цатам бо, юкъара битам бохабо. Цу тайпана меттигаш произведенехь алсам елахь, цунах даха дог дац. Цундела, кхолларалла – и цIена куьзга хила деза.
ЧIогIа пайденна ду керла яздинарг цхьана ханна дIа а диллина, кхечу произведенеш тIехь болх беш, книгаш йоьшуш Iер. Юкъа хан йоьлча, шен книги тIехь делахь, нахана гур долу кхачамбацарш, массарначул хьалха, шена гур ду цунна.
И ша хила веза шен дуьххьарлера дешархо. И атта хIума дац. Дукха хьолахь, иза автор санна хьоьжу шен произведене, доьзалхочуьнга да санна. Цундела тIаьххьара тIадам биллинчул тIаьхьа, книга дIайилла еза.

– Яздархочун дахарехь юкъаралло дIалоцучу меттигах алахь.

– Исбаьхьанча, юкъаралла а. Гуттар а хилла проблема.
Берана дуьххьара шена гонаха долу дуьне девза. Яздархочо дуьххьара шена гиначух лаьцна яздо.
Поэта шен синхаамаш стихашкахь язбича, цхьа а цец ца волу, суьрташ дохкучо шена бевзарш, безарш бехкича, я шайн юрт я гIала йиллича, цунах дозалла до. Амма яздархочо дийцарш я роман язъяхь, массо а лен хIутту. И произведени дика мел хили а, лер алсам, чIогIа а хуьлу.
Дуьххьарлера кхиам бахьанехь дукха хIумнаш лан деза яздархочун. И даима халонашца боьзна бу. Юкъаралло геч ца до шайна юкъара билгалваьллачу стагана. Цуьнан произведенехь жимма а шена гиначу, бевзинчу нахах пайда а оьцуш, хIоттийна васт делахь, цунна бехк биллар кхин а сов долу. ХIоранна а цо ша-ша нийса ца гайтина, аьлла хета, юкъаралло, дукха хьолахь, эладитан санна, мах хадабо книган. Яздархо дахарехь, зорбанехь а хьийзаваран кампани йолало. Сийлахь ву мел боху яздархо чакхваьлла цунах. Шен юьртахь, шен гIалахь, шен халкъо емалво иза. Лахарчу кхетаман барамо цу произведенига кхечу агIор хьовса ницкъ ца ло царна. Юьстаха Iачарна дикахо го и ала гIертарг. Цара лаккхара мах а хадабо цуьнан. Томас Маннан дуьххьарлера роман ю цунна къеггина масал. И роман бахьанехь суьде а ийзийна иза, и роман бахьанехь Нобелан совгIат а делла цунна.
Яздархочунна, кхин шайн ала хIума ца хилча, автобиографин ю цуьнан произведенеш, олу. ХIокху дуьненна тIехь, уггар а дикачех, муьлха произведени яц автобиографин, хаа лаара суна.
ХIокху дуьненна тIера массо а къоман уггар а дикачу яздархойх, муьлхачо пайда ца эцна, шена гонаха долчух, Iалам хийла и, юрт, гIала, адамаш я халкъ? Бальзак, Флобер, Тургенев, Толстой, Бунин, Горький, Драйзер, Фолкнер, Хемингуэй, Вулф, Г. Грин... Дуьххьара дага йогI-йогIу цIерш ю ас яьхнарш. Берриш а багарбан воьлча йоккха список хир ю.
Бакъволу яздархо цхьанне а хьеста ца ло, паччахьна я халкъана а. Шен произведенин эшахь цхьа а хIума ца кхоадо цо. Цуьнан дуьхьа дерриг а сагIа до: гергарло, доттагIалла, карьера, могашалла, цIий а... Цунна мел хезнарг, мел хуург, цо мел дешнарг, лайнарг, цунна гуш мел дерг, хIоккху я оццу произведенехь гучудала дезаш ду, дан йиш йолуш дац. Дахаро схьалучу материала тIехь болх бар, цуьнан похIмах, тидамаллах а доьзна ду. Муьлхха произведени а цу бух тIехь я кхин материалаш (мемуараш, дневникаш, хроника) пайда оьцуш язъеш ю, йоцург ерриг а фантастика ю. Сюжет дахарера схьаэцна хиларх, и дерриг а яздархочун сурт хIоттадаран ницкъо дIанисдан, литта, цхьана куьце, бараме а далош ду. Заводехь цхьа деталь яле болат лаладар санна... Цу хьокъехь дика аьлла Хемингуэйс: «Исбаьхьаллин произведени хьан болчу хаамийн бух тIехь кхоллаелла фантази ю». Ткъа наха, цхьа книга араяьлча, хIара и ву, хIара важа ву, бохуш дуьйцу. Т. Манна «Бильзе, со а» статья тIехь, ша бехке вечаьрга яздо: «Шу дац дуьйцурш, аьттехьа а шу дац, паргIат хилийша – со ву, со ву... Ма баха гуттар а: хIара и ву, хIара – со ву. Исбаьхьанчан шу бахьанехь кхоллаелла ойланаш дIагайтар ду и».
Яздархочун коьрта Iалашо – шен кхоллараллица нахана тIеIаткъам бар – тахана нохчийн литературехь аьттехьа а кхочуш еш яц. Вайн къам дукха жима ду. Нохчийн маттахь деша хуурш чIогIа кIеззиг бу, деша хан ерш я деша луурш кхин а кIеззиг.
ТIаккха а хIун тIеIаткъам бийр бу, Iедалан соьмах тешна Iаш болчу яздархоша? Нохчийн мотт Нохчийчоьнан бухехь, коьртехь а лаьтташ цахиларо, издательствош, газеташ, журналаш а нехан долахь цахиларо а дакъаза доккху яздархойн гIуллакх.

– Яздархо хила веза, боху ойла, муха кхоллаелира хьан?

– Со студент волуш, и хаттар Ахмадов Мусага дича, цо элира: «Со виначу юьртана го баьккхина хьаннаш ю. ЦIийнан гонаха хIара ду аьлла ков-керт доцуш, уьйтIахула буьйсана берзалой а лелаш. Охьанехьара ярташкахь санна, ваха меттиг яц. Я яздархо ца хилча, я хьер ца ваьлча дан хIума а дацара». Бексултанов Муса яздархо хилар бахьана – и къамелана тасалуш хилар ду, аьлла хета суна. Цунна хала хетийта гIерташ вац со. Таханлерчу дийнахь, нохчийн яздархошна юкъахь, суна уггар а лехаме хеташ яздархо ву иза. «Орга»журналан арайолучу хIора номерехь цуьнан керла дийцарш хиларе сатуьйсу ас. Цуьнца шеца цу хьокъехь къамел хилла дац сан, амма толкха хиларо жимчохь цуьнга дуккха а гIайгIа яйтина, аьлла хета суна. Иштта Цуруев Шарипе а. Цхьа кхачамбацар долчу стага, къаьсттина жимчохь, шен нийсархошачул чIогIа лов халахетар, дика-вуо а. И дIаала ца луш, дагчохь къуьйлуш, ойланаш еш Iа иза. Ша сатуьйсург кхечу къоман яздархойн, поэтийн книгаш тIехь карадо цунна. «Хьажахь, нийсса суна ма-хетта язйина ю-кх хIара книга, – ойлайо цо, – сан дагахь а дара-кх изза. Иштта язъян лаар-кха суна а. Ас иштта яздича, кхетар яра иза соьх...» Шен синхаамаш дIаязбан вулу кIант, стихашкахь я дневникан хормехь: «Суна цкъа а дицлур дац таханлера де...» – иштта дIа кхин а. Ас айса лелийнарг а ду и.
Со тIех эхь хеташ вара жимчохь. Тоьллачу дешархочун конкурсехь хьала а гIаьттина стихаш еша воьлча, бIаьргаш хих бузура сан. И ца гайта, тховх хьала я корехула ара хьоьжура со.
Илли аларан хьехархочо, Виктор Петровича, альбуцидан тIадамаш бIаьргаш чу эгийча гIоли хир ю элира. ХIинца а ца хаа суна и хIун молха ду, амма ялхийтта-вуьрхIитта шаре ваьлча, и дIаделира сан. «Книгаш дIа а вуьжий йоьшу дела ду-те и?» – ойла йора ас хIетахь. Амма соьга хIинца а ца ешало книга охьа и хиъна. Охьахиъна Iаш, цхьа болх беш санна, хета суна. Ткъа дIа а вижина ешар – садаIар ду, кино хьожуш санна.
Муха хуьлу стагах яздархо, поэт?
Массо хIуманна а реза волу, массо хIума а дика долчу, цхьана а хIуманна гIайгIа ца ечу стагах яздархо хир вац.
Сингаттамо, сатийсамо веш ву стагах яздархо, поэт а, синцIеналло, доглазаро а. Бахьанаш дуккха, тайп-тайпана а ду: жимчохь дуьйна хало хьегна Диккенс; иман доцчу, телхинчу юкъараллах, дахарх а ведда, Кавказе веана Толстой; Бальзакан, Флоберан, Тургеневн а кхачам боцу, марзо эцаза безам; шена чура лай хIаллакван гIиртина Чехов; революцино кхоьллина Гюго; къийсамо чахчийна, кIелвисаро а къар ца вина Островский; дийно-дийно могашалла оьшу Пруст; Абу-ль-Аля аль-Маарри, Таха Хьусайн а бIаьрзе хилла; Моэм, Казаков а – толкха; Байрон – астагIа...
Яздархо цхьана сакхто, эшамо кхуллу, бохург дац и. Стаг меттахваккхаран маьIна ду цуьнан.
Дуккха а яздархой бу шаьш лоьхург, шайна хетарг, дезарг дуьненчохь цахилар бахьанехь, яздан буьйлабелла. Социальни нийсо езар, дерриг а адам ирсе хила лаар, дуьненчохь цхьа а къен стаг, цомгашниг, мецаниг хила цалаар. Кхин хIун ду Томас Мор, Компанелла, Френсис Бэкон, кхиберш, кхиберш а яздархой, Iилманчаш хилар? Цхьаъ лорд-канцлер хилла, важа монах... Шайна хIумма а оьшуш къахьегна нах бац уьш.
Яздархо – тIехсинхааме, экама стаг ву. Кхечо тергал дийр доцург, цунна дазло, кхечунна бен а хетар доцург, цо шена тIеуьйзу, кхечух хьакха а лур доцчо, цунна ницкъ бо.
Шен дегIан, синан а да вац яздархо. Iехавелла, книга язъяр атта хIума ду моьттуш лелачуьнга, Дантен «Божественная Комедия» тIера жоьжахатин чуволучохь дIатоьхна долу йоза дагадаийта лаьа суна: «0ставь надежду, всяк, сюда входящий...» Бальзак, Флобер, Золя, Гонкур-вежарий а, уггар хьалха, къинхьегамхой бу. Мел хало, мацалла хьегна Горькийс, Гамсуна! Толстойн санна дог ирахIотталц, я Стендальн санна, ша гений вуй хаъалц, яз ца деш ца Iийна уьш.
Яздар – и шен лаамехь хоржу жоьжахати ю, яздина кийра паргIат баьлча, «дог цIанделча», цхьана ханна, ялсамани, тIаккха юха а жоьжахати. Флоберан дахарх лаьцна деша мегар ду и юххера хаа луучо. «Безамна дIаелла буьйса бахьанехь, ахтом йов хьан, – хьехна Бальзака. – Кху дуьнен тIехь а яц, хIора шарахь шишша том яла хьакъ долуш зуда». Къона, могуш волуш, ша яздечух самукъа а долуш волавелларг а, эххар а, дIухуду оцу балхо, пехаш талхадо, нерваш галйоху. Эдгар По, Достоевский, Чехов, Гаршин, Мопассан, Акутагава, Коллинз, Галактион Табидзе...
Массо къоман литературехь, цу юкъахь нохчийн а, дуккха а масалш ду, стаг кхечу агIор гIорта ницкъ ца тоьий, корматалла я аьтто ца хиларна литературе веана. Дика яздархой а бу царна юкъахь, ледарнаш а бу. Церан уггар доккха кхачамбацар, шайн хеннахь совца цахаар, шайн яздан хIума ца хилча а яздан гIертар. Толстойн къонахалла хилла, шен ала хIума доцчу хенахь, мас кара ца эца. Иштта Моэман а доьналла тоьъна и охьайилла. «Со сайн ала дерг яздина ваьлла», – аьлла. «НеIалт хийла суна, делкъе ярхьама, ас цхьа могIа а язбийр белахь», – аьлла Хемингуэйс. Шайн гений кхиъалц сих ца луш Iийна Стендаль, Руссо, Бернард Шоу а дика масалш ду къоначарна. Бакъду, поэташ сиха кхуьу, амма церан «багар» а сиха хуьлу.
Юханехьа масалш а ду литературехь, амма кIеззиг.
Ша хьоьгу къа наха сихха къобал дийр ду, тIеоьцур ду, цо шен сий ойур ду моттар – и тиларчу вахар, ша-шен Iехавар ду. Къаьсттина кегийчу къаьмнийн яздархошна кхераме ду и. Цигара схьа ю оьгIазло, эмгаралла, маьттаза валар а. Дагахь латто деза, литературо таро кхоьллина яздархой белахь а, дийна болуш цхьана а тайпана аьтто ца хилларш кхин а дукха буй. Дон Кихотан автор нехан сагIанах дIавоьллина. Стендальн къуб тIаьхьа хIоьттина, иза тIаьххьарчу новкъа ваьккхинарш, ларамаза вовшахкхетта, атталгIа и вевзаш а воцу кхо-виъ стаг ву.
Яздархо массо хIуманна а кийча хила веза, хало а, аьтто а цхьатерра ловш, шен тешам, шен принципаш бахьанехь дуккха а Iазап хьоьгу цо, къаьсттина, иза керлачу новкъа я шен къоман кхетамал а хьалха воьдуш велахь. Муьлхха эладитанаш лан, муьлхха суьдана хьалха хIотта, ша бохучунна тIера ца вала а дикка доьналла оьшу. Амма цо дахарехь хьоьгу хало, кхоллараллехь иттаза меттахIутту цуьнан. Таханлерчу дийнахь цуьнан къонахалле хьаьжжина мах хир бу цо яздечун а. Яздархочун мехаллин критерий личность хета суна. Имам ца валарх, шен дагчохь хилла а, къонах воцчо, пайденна хIумма а яздийр дац. Дагчура кхерам дIабаккха беза.

– ХIун ду стагах яздархо вийриг?

– Массо хIума а ду-кх. Малх схьакхетар, и чубузар, гуьйре тIеяр, ло дар, бIаьсте ялар, синхаамаш меттаххьер, хазалла езар, жималла дIаяхар... Уггар а коьртаниг – безам... йоIе, Iаламе, халкъе, махке, дикане...
Муха кхоллаелира сан, яздархо хила веза, боху ойла?
Школехь волуш, хIора а бохург санна хуьлу стихаш, дневникаш язъеш. Иштта волавеллера со а. Амма школа яьккхина ваьлча, уьш-вуьйш а ягийра ас. Стихаш, эшарш а дагахь дукха хаарна, кхоллаелла цхьа ойла я синхаам дIаязбан воьлча и могIанаш хьалха лелхара.
Иштта йитира ас поэзи. Прозехь дуккха а карийра суна алаза, со воцчо эр а доцуш. ТIаккха а нохчех лаьцна книгаш, нохчийн дахар а цхаьнадогIуш ца гора. Меттигерчийн кхолларалла а яцара башха воккхавен хьал долуш.
Со яздан волавалар – къовсам бу. Деккъа цхьа социализман дахаран сан коьртехь хилла сурт, бIаьргашна хIора дийнахь гуш дерг а тайп-тайпана хIумнаш дара. Муха хила деза Iедал? Муха бу хьаькамаш? Муха тодан деза нехан Iер-дахаран хьелаш?
Сайна луучу хьесапехь, барамехь а нахана дан кхин дика а ца хилла, кху дуьненчохь сайх доьзна хIумма а доций хиъна, яздо ас. ХIора яздархочун Iалашо а, и ю аьлла хета суна. Бакъду, говзалла мел кхии а, зеделларг сов мел дели а, наивни форма дIайолу. Иштта кхуьу искусство. Цу тIе, идеалехь, нохчийн дIадахнарг, тIедеънарг а...
Вуно жима волуш дуьйна цу хIуманийн ойла йора ас. Сайн нийсархошна юкъахь зоьртала хиларца къаьстара со, амма сихха, берийн ловзарш а дитина, книгаш тIеверзар нисделира сан, бурканех ловзуш, кхерсташ лелачу меттана. Амма дерригенан а бехке безам бу. Цхьа хан ма ю дахарехь, книги тIехь безамах лаьцна ши могIа я стихотворени хилча а, и оьцуш, йоьшуш...
Айса схьалаьцначу муьлххачу хIуманна тIехь а, сайн кхиам хир бу, аьлла-м хетара суна, спорт хийла и я киноисбаьхьалла, техникин Iилма я пачхьалкхан гIуллакхалла. Амма сан дахарехь цу цхьана а гIуллакхна аьтто, таро а ца хилла, эзарнаш кхиболчийн санна.
Студенташ долуш Цуруев Шарипа, ас а и дийцаре дечу хенахь: «Нах санна ахчанна тIаьхьа хIунда ца ваьлла вайшиъ? Деша кхечу факультете хIунда ца вахана?» – бохучу хаттаршна жоьпаш лоьхуш, тхайшиннан дахаран маьIна литературехь бен ца гора.
Делера хир ду-кх и.
Иштта дара оха дина жамI.
ХIинца а оццу ойлана тIехь ву со. Шена лиънехь соьх я райисполкоман председатель я дуьненан юкъарчу организацин Генеральни Секретарь ван а йиш яра-кх цуьнан.

– ХIун ду яздархочунна пайденна?

– Синтем боцу къоналла, мелла а книгаш ешар а.

– Муьлха яздархоша тIеIаткъам бина хьуна? Муьлха книгаш хазахета хьуна? Къоначу яздархочунна муьлха книгаш ешча пайденна ду?

– Кху дуьненна тIехь суна хаза ца хеташ, суна ца езаш, еша ца лууш книга ян а яц. Аьтто хилча, книгаш йоьшуш Iийр вара со, кхин белхаш, даржаш а ца лоьхуш. Доккхачу декъана, книгаш еша лаар бахьанехь, сайна яздан луург кхочуш ца деш а дуьсу сан. Суна хIара я важа книга хазахетар, заманца, хенаца, кхетамца, дог-ойланца а доьзна ду.
Жимачуьнга, воккхачуьнга а цхьатерра хазахеташ ешало А. Дюман, Хаггардан, В. Скоттан, М. Ридан, Стивенсонан, Ф. Куперн, Г. Эмарн, М. Дрюонан, Ж. Вернан, К. Мейн, Г. Уэлссан а романаш.
Жималла, къоналла а книгаш дукха йоьшу хан ю, къаьсттина поэтийн: Байрон, Гете, Гейне, Шиллер, Мицкевич, Петефи. Прозехь коьрта тидам сюжет тIехь хуьлу: безам, интригаш, приключенеш. Цундела хазахета «Гулливеран леламаш» (Свифт), «Робинзон Крузо» (Дефо), «Спартак» (Джованьоли), «Овод» (Войнич), «Принц, сагIадоьхург а» (М. Твен), «Муха дахчалора болат» (Н. Островский), «Бакъдолчу адамах лаьцна» (Б. Полевой). Авторан мотт, говзалла, йозанан хатI а, философи, психологи а царах болу кхетам тIаьхьа богIу.
Со жима волчу хенахь туьканахь, библиотекехь а кхечу пачхьалкхан авторан дика книга каро хала дара. КIелдIахула луш, юхкуш а яра уьш. Царал сов, дукха ешна ас школехь волуш оьрсийн, нохчийн, советийн яздархойн а книгаш: Пушкин, Лермонтов, Толстойн «Хьаьжа-Мурд», кхидолу «нохчийн» дийцарш, Тургеневн «Таллархочун яздарш», повесташ, Чеховн забаре дийцарш, М. Шолохов, Ч. Айтматов, В. Каверин, М. Ауэзов, Н. Думбадзе, Г. Матевосян...
Халахеташ делахь а, нохчийн дукхаха йолу книгаш оьрсийн маттахь яра. Уьш дукха а яц вайн, амма и йолуш ерш а оьрсийн маттахь яра. Со сатесна ву Халид Ошаевн «Алун шераш», Мохьмад Мамакаевн «Зелимха», Зайнди Муталибовн тIеман дийцарш, очеркаш кхийолу нохчийн произведенеш а нохчийн маттахь еша. Амма уьш, дуккха а кхиерш санна, цкъа араевллачул тIаьхьа, кхин карош, юха арахоьцуш а яц. Шима Окуевн «Лай тIехь цIен зезагаш», юьйцуш хазар доцург, цкъа а сайн караэцна а яц ас.
Оцу агIор аьлча, доккха маьIна дара нохчийн литературан школийн хрестоматийн (университетан, пединститутан а студенташна лерина хрестомати хIинца а яц вайн). КIиранах шозза бен йоцчу урокехь нохчийн матте, нохчийн махке, исторе безам кхуллура цара.
Бакъду, цхьайолчу произведенийн чулацамна со хIетахь а вацара реза, тахана а вац. Идейни агIор, исбаьхьаллин агIор а. Къаьсттина чIогIа дукха дезара суна нохчийн иллеш, Сираьжди Эльмурзаевс арахецна нохчийн фольклор тIера туьйранаш а...
Французийн литература йовзар Стендальна тIера дIадоладелира сан. ТIаккха – Бальзак. Ши титан! Суна даго хьоьхург, суна литературехь довза, гайта а луург, цу шиннан, тIаьхьа ерриг а французийн литературехь а карийра суна. Царах хIора цIе а – башха дуьне, сан дахарехь дийнна мур. Флобер, Золя, Доде, Мопассан, Франс, Экзюпери. Цхьана ханчохь, къаьсттина Мопассан.
Школехь дукха «Iийшар» бахьанехь дуккха а шераш дехира ас, оьрсийн классика ца ешалуш. Юха хенан йохалла кIез-кIеззиг юха а йийшира ас «Капитанан йоI», «Белкинан повесташ», «Дубровский», «Вайн заманан турпалхо», тIаккха Горькийн дийцарш, тIаккха Чехов... Школехь Iамийна Чехов вацара и. XIX бIешо оьрсийн, французийн ду. XX-чу бIешеран хьалхара ах американцашна дIало ас. Французаш санна дагна юххера Драйзер, тIаккха Хемингуэй, юха Фолкнер...
Сайна уггар дика хетачу яздархочун а массо книга йоьшуш Iедал дац сан. Юха еша а юьту ас. Иштта массо а яздархочун дIаехкина произведенеш ю сан, цхьана дийне хьоьжуш латтош: Салтыковн, Арагонан, Д. Лондонан, Голсуорсин, Моруан, кхечеран а цхьаццайолу романаш. Ингалсан, немцойн а литература вукхарал тIаьхьа евзира суна. Диккенс, Теккерей тахана а ца вешало соьга, я Гетен проза а. Амма веза Г. Грин, Моэм, Ремарк, С. Цвейг.
Дукхаха болчу яздархоша, цхьаммо тIеIаткъам ца бина шена, олу. И бакъдац. Яздархочо йоьшуш мел йолу книга ю цунна тIеIаткъам беш. Яц бохург – мекарло ю. Хьажал делахь, яздархо, дуьненан классика а ца йоьшуш, ша яздан! Дерриг а дахар тоьар дац цунна, церан старте кхача а. Боккха тIеIаткъам бо яздархоша къоначунна. Цо иттаннаш шерашкахь хьоьгур долу къа, йохур йолу гIулчаш, шина-кхаа дийнахь «карадо» цунна. Iемачу хенахь къоначо масех шарахь бо литературан масийтта эзар шеран некъ. ТIаккха, шен цхьа тача каро деза цунна, искусствон хьуьнхахь шен ирзо даккха деза.
Суна чIогIа дукха езна яздархойх лаьцна книгаш, исбаьхьаллин публицистика, документальни проза, дневникаш. Яздархочун личность, зама а къеггина схьаеллало царна тIехь. Наггахь роман ца еша а, сайна дика хетачу яздархочун портрет, я цуьнан кхоллараллах лаьцна критикин я талламан статьяш, белхаш а боьшу ас. Нохчийн литератерехь уьш цахилар доккха кхачамбацар ду. Вайна хIумма а ца хаа вайн яздархойх лаьцна. Ткъа французийн, оьрсийн, америкахойн а яздархойн дахар хIора баттана, хIора денна, сахьтана бохург санна, теллина охьадиллина ду. Вайнехан кафедрехь волуш хиира суна, сайна нохчийчул а дика кхечу къаьмнийн литература евзий, нохчийчарал а гIоли иттех кхечу къоман яздархой бевзий. И сан бехк а бац...
Муьлхачу книгийн цIераш яха ас? Муьлххург ешча а, хьайн дагна юххера дерг бен схьа ма ца лоцу ахь. ТIаккха а, хIора стаг ша ма ву, шен некъ билла безаш, шена хьоме болчу яздархойн список хIотто езаш, хIора шарахь, хIора баттахь тIеттIа юзуш а ма ю и, карла йолуш. Еша хьакъдоцуш книга ян а яц. Кхин бала пайда бацахь, иштта язъян ца езий хаар хир ду. И а бу пайда. Къоначу яздархочунна уггар пайденна, шен халкъан, дуьненан массо а къоман фольклор, классикаш а бовзар ду.
«Арбатан бераш» юкъаяьллачу хенахь Бексултанов Мусас элира-кх: «Моде яьлла книга, кхана и цхьа а маьIне хир яцахь а, еша еза. ХIунда хазахета и нахана? ХIун ду цу тIехь керла? Сюжет, приемаш, техника йовза еза…»
Тахана дуьнен тIехь а модехь Маркес, Пруст, Борхес, Кафка, Джойс а ву. Къоначарна, ткъе итт шо а ца кхаьчча, кIеззиг пайда лур бу аьлла хета цара. Модехь яра аьлла, сайн дог-ойла тIе ца яхча, книга ца ешало соьга.
Кхин а хазахета суна И. Бунин, М. Зощенко, Р. Акутагава, Д. Танидзаки, У. Сароян, Л. Фейхтвангер, П. Мериме, Ж. Сименон, Г. Сенкевич, Г. Манн, Лу Синь, И. Андрич, Р. Тагор, Р. Роллан, А. Моравиа, Б. Нушич, А. Стриндберг, М. Булгаков, Г. Белль, Ю. Казаков, В. Шукшин…
Массеран а цIерш яха воьлча, багар бина вер а вац. ХIора къоман художнико шатайпа исбаьхьалла, шен халкъан, заманан а билгалонаш йохьу литературе. Царах хIораннан а шен меттиг бу вайн дахарехь. ХIора дийнахь йоьшучу книгаша доттагIийн го шорбо вайн.
Сан хьехар ду къоначарна, пединститутийн филологин факультетан студенташна лерина, кхечу пачхьалкхийн литературан хрестоматеш, тайп-тайпана антологеш, «Иностранная литература» журнал а дешар.
ТIаьххьарчу шерашкахь оьрсийн маттехула шуьйра йовза йолаелла Iаьрбийн, бусалба кхечу къаьмнийн а литература. Къуръанан комментареш, пайхамаран хьадисаш, гIарабевллачу Iеламнехан, устазийн жайнеш а. «Восточный альманах» гулъян воьлча, бевзира суна Ал-Масуди, ат-Танухи, Абуль Фарадж, Ибн Хазм а. ЧIогIа новкъа ду суна Ибн ГIабирол, Фараби, Ибн Сина, ГIазали, Ибн Рушд а оригиналехь веша йиш цахилар, оьрсийн маттахь мукъане а церан белхаш кхоччуш цабовзар а. Вайн къомана юкъахь шуьйра яржо езаш яра церан книгаш, нохчийн матте а йохуш. Вайнехан Iилма кхиийна ца Iаш, кхетам а серлабоккхур бара цара. Iаьрбийн мотт хааро, Къуръан, Библи, кхечу къаьмнийн динан жайнеш довзаро, дуккха а гIалатех ларвийр ву къона яздархо. Дахарехь, литературехь а.
Масийтта дахар тоьар дац еша езачу книгашна. Муьлхха а итт яздархочун цхьацца книга ешахь а, яздархо хир ву стагах, ша хир волуш велахь. Шен хенахь сийлахьчу яздархоша гучудаьккхинарг, церан кхиамаш, таханалерчу дийнахь, боллучу яздархойн а хьал ду. Цундела муьлхха а книга шен дикалла йолуш ю. Нохчийн яздархошна материальни гIо а хир дара, халкъана пайденна а дара, дуьненан классика нохчийн матте яккхар. Даккхийчу къаьмнийн культура а ю Iедало цхьа программа а хIоттайой кхиош, финансаш езаш гIуллакх. Вай вешаниг хозрасчете яккха гIерта. И культура хIаллакъяран метод ю.

– Цхьа а метод юй хьан? Муха яздо ахь?

– Дийца хIума дуй хьан? И дIаяздан агIо а карор ю хьуна. Произведенино ша хоржу шена тов, шеца йогIу кеп, хатI а. «Муха яздийр дара-те?» – бохуш, ойланаш а ца еш, волавала веза, кхерам Iад а битина. ДIайолийчахьана, произведени, дукха хьолахь, ша дIайоьду.
МоттаргIанех а, аьшпех а ларло, даггара язде. Диснарг цунна гонаха доьрзур ду хьуна. Хьо яз ца деш Iа ца велча бен, стоьла хьалха охьа ма хаа. Кхано, хьо профессионал хилча, хьайна сахьташ, хан а къастор ахь.

– Муьлхачу хенахь яздан деза? Iуьйрана, я буьйсана?

– Хьайна дага деъанчу хенахь, башха а дац хьуна. Замано ша дIанисдийр ду. Iуьйрана яздинчарна юкъахь а бу дика яздархой (В. Скотт, Л. Толстой, Хемингуэй) буьйсана яздинчарна юкъахь а бу (Бальзак, Достоевский). Дийца-м дуьйцу, буьйсана эрна дешнаш дукха яздо, дийнахь, корта сирла болуш, и гIалаташ ца дуьйлуьйту, бохуш. Амма яздечо дийнахь а яздо эрна дешнаш. Цхьаболчу яздархоша буса яздар, неIарна тIехIуьттучу наха новкъарло ярна, цаьрца хан ца яйа, дийнахь наб а еш, буса массо а дIавижинчу хенахь, дерриг а Iалам дIатийча дика гуш хета дахар, паргIат хуьлу, цхьаммо юкъара а ца воккхуш. Цхьаволчо, дийнахь шена аравала, сакъера ваха лаьа дела а яздо буса. Цунах а гIуллакх ца хилча, воду яздархо. Ша ца вевзачу махка воьду, я яхта а оьций, шен кийра бассабаллалц, хIорд тIехь Iа. Бакъду, цхьана рожехь, къаьсстина Iуьйрана дуьйна делккъалц болхбар, могашаллина кIеззиг зене ду.

– Дуьххьарлера дийцарш студентех лаьцна дара хьан. ХIун бахьана дара цуьнан?

– Кхин стенах лаьцна яздийр дара ас, сайна кхин хууш хIумма а ца хилча? Армех лаьцна книга язъярхьама, лерина цига а вахана цхьа шо дайира ас. Цунах лаьцна деккъа цхьа «Кехат» дийцар бен ца хилча а, и шо эрна дахана а хетар дацара суна... Цу хенахь со яздан Iемаш вара. Цундела сайна ца девзачух лаьцна ца яздора ас. Шена ца гиначух лаьцна яздан опыт еза яздархочунна, и шерашца бен йогIуш яц. ТIаккха а сан принцип яра, сайна хуучух, бакъдолчух лаьцна бен ца яздан. Бакъдерг, нахана товш хила деза бохург а дац. Масала, «Йижарий». Массарна а цу тIехь тIех эвхьазло гира. Гипноз йича санна, ша-шех тоам бина Iаш йолу юъаралла самаяьккхира оцу дийцаро. И революци яра нохчийн литературехь. Со литература юкъавогIучу хенахь, ас «Пхьармате» деана дийцарш, царна тIехь дуьйцург а, шайна дийца мегар дуй, иштта яздан даьхьар дуй а ца хаара нохчийн баккхийчу яздархошна. Цул сов, ас техника хьалха теттира цу дийцарехь. И цхьанне а ца гира. Яздархой а боцчу, филологаш а боцчу нахана гинарг а ца гира царна. ЦхьамогIа дийцарш мелла а литературоведенин хьу хьакхаелла ду: «Семинар», «Сюрприз», «Автопортрет», «Яздархочун школа»... Цуьнан бахьана ас йоьшу книгаш а яц, айса яздийриг лардан гIортар ду. Иштта цхьа шатайпа а нисделла уьш цундела. Амма и а цхьа тIегIа бен яц. Дахаран зеделлачуьнца кхуьу кхолларалла а. Ас яздеш дерш хIинца а Iемаш ду. Ткъа суна дагахь дуккха а книгаш ю. Царна юкъахь историн, Iилманан, динан хьокъехь а. Сан некъ Далла тIебоьдуш бу. Хьалхара дийцарш – и некъ цIанбеш, «нехаш» дIаяхар ду. И дийцарш ас Iемаш яздина ду бахахь а, дуккха а «Iемина бевллачара» яздечул гIоли хета суна.

– Лаккхара образовани йоцу стаг хилалур вуй яздархо?

– Яздархо хила лаккхара дешна хила аьлла дац. Масала, Редьярд Киплинг, Максим Горький, Иван Бунин, Уильям Фолкнер, Уилки Коллинз, Марсель Эме. Коьрта чохь дукха васташ долу стаг, дIа тасавелча а, чомахь Iа ца ло университетехь. Лев Толстой хуьлийла иза я Ваха-Хьаьжа Амаев. Суна а хIун делла  моьтту хьуна университето? Ас ешначу книгаша, суна гиначо, ас лайначо, суна тIехIоьттинчо а вина-кх соьх яздархо. Цхьа шо а далале хиира суна, сайна университетах бала пайда боций. ЦIерачара дIа ца валийтира. ОгIаз вахханчохь дIахьедар эцна цкъа-шозза деканат чу а иккхира со, амма шоззе а методисташа, деканна тIе ца кхочуьйтуш, хьаьстина-хьаьстина араваьккхира. Дика зударий бара уьш. Цхьа хан яьлча, дипломан дуьхьа бохуш Iийра. Оха 1-чу курсехь Iамош йолу грекийн мифологи, оьрсийн, нохчийн а фольклор, кхидерг а, суна 5-чу, 6-чу классехь дуьйна хууш дара. Цундела соьх вуо студент хилира, занятешка а ца лелаш. И пхи шо юкъараIойлехь вижина Iаш, гIалахула волавелла лелаш а даьккхира ас. Бакъду, университетехь доьшуш хилар бахьанехь, суна дуккха а дика адамаш девзира, доттагIий, накъостий а карийра. Сайна ма-луъу книгаш еша мукъа а вара со. Лаккхарчу дешаро новкъарло-м йийр яц цхьанне а, атталгIа яздархочунна а. ХIинца со деша ваха везаш хилча, медицинан факультете гIур вара. Яздархочун чIогIа пайденна болх бу лоьраниг. Чеховн, Моэман, Булгаковн а аьтто хилла цу тIехь. Амма лаккхара школа мел яьккхинарг яздархо хуьлуш хилча, уьш бахьа меттиг а хир яцара. Цхьа башхалла ю оцу говзаллин: оцу хIуманна тIера воцург, ахь мел тIетеIаварх яздархо хир вац. Цунна охIла воцург, ахь мел Iамаварх а хир вац яздархо. Яздархо хилар Делера ду, тIаккха книгаш ешар ду, тIаккха дахаро зер ду, тIаккха похIма ду, тIаккха кхинхьегам бу. Университетехь пхи шо доккхучу меттана, дуьне мел ду волавелла лела йиш хиллехь, цо суна алсам пайда белла хир бара.

– Нохчийн уггар а дика пхеа яздархочун цIе яккхахь.

– Нохчийн вуо яздархой бан а бац. Дукхаха берш, къаьсттина баккхийчеран чкъурах, шаьш баьхна зама, Iедалан политика, идеологи бахьанехь, шайн похIма дуьззинчу барамехь схьаделлаза, кхечу хьелашкахь, кхечу юкъараллехь а шаьш язъян тарло книгаш язъянза кхелхина.

– Мел ваха лаара хьуна?

– Дагахь мел дерг дIаяздан ца кхуьуш ша валарна кхоьру муьлхха а яздархо. Дуьненчохь йоккху хан мелла а яхъян лаара суна а. Валар – и дуьнен чохь лар ца йитар, нахана вицвалар а ду. Нехан дегнашкахь виса лаар бен, хIорананнан цIа чу, хIорананнан даг чу кхача лаар бен, кхин хIун ду моьтту хьуна, стагах яздархо вийриг а?

1993


Рецензии
ЧIогIа чулацам болуш язйина интервью ю. Баркалла.

Тамара Чагаева   22.04.2018 23:34     Заявить о нарушении