Дневник. 1988

ЗАКОН

Университет.
Трамвайн социйла.
Хьалхарчу кегий цIенош чура шийла мохь хеза:
– Орца дала! Ва-а! Ма ейта со! Юьйш ю! Орца да-а-ла!
ДIасахьожу со. Масех адам ду лаьтташ. Масех йоI а.
Цхьа а меттах ца волу.
Отучу хIуманийн гIовгIа хеза. Даккхий татанаш дуьйлу.
Сайн дегIах а эхь хета суна ишта Iа.
Керта волу со.
Ткъе итт шо хир долуш тоьллачу дегIахь зуда ю, йоьлхуш.
– ХIун хилла? – боху ас.
Со кхета хIинца, хIара зудчун, майрачун а дов хиларх.
Къаьркъа а мелла хIусамда цIавеанчу массо а кертахь ду-кх хIара. ТIаккха зуда «кхахьпа» хуьлу, «Iовдал» хуьлу, кхин, кхин а. Амма со даима а ца кхетарг, я цкъа а кхетар воцург: «Цхьа хIума даьллехь, шена хаахь, хIунда кхобу и зуда? ДIа хIунда ца йохуьйту? Бехк бацахь, хIунда хьийзайо?» Цхьаволчо, шен дахарехь дIа ца доьдург, нис ца ло аьтто а, зудчунна тIехь доькху.
– Леташ ву-кх... Леташ, – тийжаш йоьлху и, узамаш дохуш, къурдаш деш.
– Стенгахь ву иза?
– Оцу чохь.
Со чуволу. Ши куьг коьрта тIехьа диллина, агIор ваьлла Iаш волу иза хьалагIотту. Лохочу дегIахь ву. Зудчо легаш Iевдича а лийр волуш.
– Оццул нахала ца ваьлча ца мега? ХIун до ахь дан мукъане а? Я стогалла хьалайолу хьан, зудчунна тоьхча? – чехаво ас иза.
Суна дуьхьал лаьтташ эгаво иза. Вист ца хуьлу.
Чуйолу йоккха стаг. Цуьнан нана хир ю иза.
Со хьостий, хьостий, куьг а хьокхий аравоккху цо.
Йоккхачу стагах а къахета суна. Суна хаа, мел дог лозу ненан шен уггар сийдоцучу кIантах а! Со кехволу. «Ванах, оццул дагана тIе хIунда уьйзу-те ас массо хIума а?»
Юха чу а веана паргIатваьлча, кхета со, цигахь дов а даьлла со веллехь, я сан карах иза лазийнехь, «Орца дала!» баьхначу зудчо а, со бехке вийр хиларх. Шена цо мел еттахь а, цIийнадегахьа узур дара цо.
Iедало, законо-м хьала-охьа а хIусамда бакъвийр ву.

ДЕШАН МАРШО

Дешан маршо Iовдалчарна яц.

КЪАСТАР

– Ас дуьйцучуьнга ла ца дугIу ахь цкъа а... Суна ца веза хьо. Веза хьуна… Ца веза хьуна… Пуьташ бутту ас, веза хьуна...
Иза юха вогIур воцийла хиъча:
– Хьайна луъучу гIохьа. Некъ маьрша бу хьуна!
Цо, кхин цкъа а, шен цунна тIехь моццул ницкъ бисина хьажа, тIеозайо иза, оба олу.
– ХIинца Iебин хьо соьх? – олу йоIа.

ЙОIАН КХИАР

Даима а хIуманах хилла даьллачул тIаьхьа кхета со.
ЙоI, мел жима елахь а, ойланца, кхетамца, кхиарца а кIантал а йоккха хуьлу.

ВАША

Ведана. Вайн зама. Вешина тусало шен кхаа  йишех цхьаъ цIе йоккхуш хилар. Казахстане меха бахана бу уьш.
Телеграмма юьллу, цIадуьйла олий. Урс детта кхаанне.
Вукху шимма шаьшшиъ ма ехьара, доьху.
– И ца хууш хилла хир яц шуьшиъ. Сий дайна даьлла шун. Ялар гIоли ду шуьшинна а, – аьлла.
КхоалгIачун яда кадаьлла. Больницехь елла иза а.

ТАЛЛАМХО

Россин дега юккъехь доьшуш ву къона нохчи.
Студентан шен цхьалха квартире чу моссаза вогIу, луларчу балкон тIехь дIаоьхкина дакъийна  жижигаш го.
Цкъа, Iа а ца лой, хьалаволу.
Амма яа ца кхуьуьйтуш, мерза хьожа яьккхинчохь, лоцу.
ХIокхо къола динарг районан прокуратурин талламхо ву. Амма кхуьнгара хьал девзича:
– Жижиг хьайна дита, – олу цо. – Со а хилла студент. Сиха-сиха вола со волчу. Соьца армехь хилла нохчий. Сан дика дола дора цара.
Чай а маладой дIахоьцу.

ЗАХАЛО

– Узуш вац, молуш вац.
– Борша стеган хIумма а ма дац цуьнца-м.
(Массо хIума а бIостанехьа ду-кхи нохчийн.)

Цхьа йоккха стаг хилла шен кIантана захало эцна яхана.
– Буса вуьжуш вац, Iуьйрана гIоттуш вац. Поезд тIе валлалц молуш вац, – хастийна цо шен кIант.

Оьрсийчуьнга маре яханчу йоIан дахарх, мечик ялийначу кIантах а лаьцна дийцарш яздан дезара.

АБИТУРИЕНТ

Накъосташа тхан классера Умаров Дукха-Вахах лаьцна дуьйцу. Деша вахана хилла юьртабахаман техникуме.
ДIахьедар ца яздан аьтту куьг дихкина ду. Кехаташ чуло. Зудабераша шаьш яздо кхунна дIахьедар а. Массо справкаш а кхуьнан вовшах кхеттачул тIаьхьа:
– ХIинца скоросшиватель ян, ; олу кхуьнга.
– И хIун документ ду? – хаьттина хIокхо.

ОЬЗДАНГАЛЛА

Дуьне мел ду волавелла леларх, стагана тIедеана вуо, уггар хьалха, цуьнан цIерачарна кхочу. Цундела, дика а царна кхачо дезий, хаа деза цунна.

Зуда йоцчу зудчунна мерацIа дендала ца лаьа. Шен кхерсташ лелар чIагIда аьтто хуьлу цуьнан:
– Хьан нехан санна цIа а, кхерч а бац, – аьлла тIехтоха. – Ас кхобуш ду хьан бераш.

Зудчунна шен маьрйишал шен йишин маьрйиша гергара хетар – цIийнаден бехк бу. Зудчун зуда цахилар а ду.

Юха а Бексултановн, шена захало хьахо вахана, воккха стаг дагавогIу суна.
Зуда кхуьнга ян реза а ца хилла, дIаваха ваьлла волу хIара, луьйти чу ког биллина говра ца хаавелча, зудчо олу:
– Хьо дIагIо, хьенех, ша тIаьхьа йогIу хьуна. Хьо схьагIерта оьшуш а ма дацара, ахь хабар даийтинехь а тоьар ма дара.
Оцу дешнашкахь цу зудчун сица йолу оьздангалла го.
ХIинцалерчу зударша, цу тайпана сурт дайча:
– ХIетте а зуда езаш а вара хьо, къанделла къакъа, – эр дара.
И ю башхалла.

Кхьахьпа дезадалар – стеган дакъазалла ю.
ЦIийнадена хIун ду а ца хууш, чура зуда наха цIе йоккхуш хилар – дакъазвалар ду.
ХIора стагана, шен чохь долчул дика, нехан кертахь дерг хаа. Стагана уггар а тIаьхьа хаа, шех, шен хIусамах, доьзалх а хьакхалуш дерг. И а цхьамма дов даьллачохь тIехтоьхча, я, хIара мила ву а ца хууш, вовшашка дуьйцуш хезча. Цхьаверг шен баьлла бIаьрг а ца гуш, гуттар а нахана луьйш, нахана ала гIерташ а хуьлу. Нах а бац-кха хIумма а шел тоьлаш, бохучу маьIнехь. Шена ала хIума-м дац хьуна церан…
Цигара схьа ду нохчийн:
«Нанна алале, дена ала»;
«Нехан бIаьргара нех го, шен бIаьргара кIайдарг а ца гуш», – боху кицанаш.

Зудчунна тIехула ненаца дов доккхург, говрах лата а ца ваьхьна, нуьйрах леттачух тера ву. «Зуда ялийча кIантана ненан коьртах говран корта тарбелла», ; бохург иштачух аьлла ду.

Дега-м алийтахь нене хIуъа а. Цуьнан зуда ма ю иза. И елча а, цо кхин зуда ялор ю. КIанта ларъян еза шен нана. КIанта нене чевне дош аларх цецволу со.. Кийрара схьа муха дера ду и? Кхин нана мичахь карор ю цунна?

Цхьаъ хьахавелча:
– ГIиллакх-гIуллакх доккхур дац цуьнгара цхьаммо а, – аьлча, дагадогIу суна: «Цуьнгахь доцу дела», – олий.

ЧIАГIО

Экономист-заочник.
Цхьаъ-шиъ бер долуш, зуда дIаяхийтина ву.
Кхин ялон хьаьжча:
– Ахь дIайохуьйтур яц, аьлла дуй баахь, йогIур ю-кх, – аьлла вукхо.
– Ас дуй буу-кх хьуна, дуй биина зуда ца ялон, и йоцуш Iа, – аьлла хIокхо.
Суна дукха хан ю и вевза.
Шайн хилла къамелаш а дийцина:
– Яздан дезара ахь цунах лаьцна, – боху цо.


«АКВАРЕЛЬ»

Александр Гринан персонажаш: кочегар Клиссон, тегархо Бетси а. Шен зудчун крон лачкъийна ведда вогIу иза, акварелистийн гайтаман зал чу кхочу. Зудчун баганах ларлуш, дуккха а адамаш долччу дIа а хIуттий, суьрташка хьоьжу и, шен цаьрца бала бацахь а. Царна юкъахь шен цIа тIехь долуш сурт го цунна.
– Вайн цIено долчух тера ду хIара.
– Хьера-м ца ваьлла хьо?
Амма мел хьоьжу а тегархо а кхета, и цIа, духахьадаьлла крон дайнарг хиларх.
Доккхадуьйш, кхераделла, вовшийн дешнаш а кеггош, шаьшшиъ галдаьлла цахиларан тоьшаллаш лоьху цу шимма.
– Лабана тIехьа диларш дIакхуьйсу ведар а ду. И гуш дац, – элира Бетсис.
– ХIаъ. Чохь дерг алал ахь. Нуй мукъане хьакхахьара, – элира Клиссона.
Суьрта хьалха лаьттачара хестадо и.
Клиссон, Бетси а хьовсархошна шайн даьсса иттанаш шишанаш, тIелхигийн шаддаш а гарна кхоьру. И цIено шайн хилар хаийта ца баьхьа уьш...
Яздархочо ша произведени кхуллуш, пайдаоьцучу нехан ойлайо ас. Массеран а хьекъал ца кхочу кху шиннан санна IадъIан. Дукха хьолахь-м яздархочо «диларш дIакхуьйсу ведар а, даьсса шишанаш, хьакха беза нуй, йитта еза шаршонаш а» гойту. Художникан суьрта тIехь схьалацаза дерг ду и. «Лабана тIехьа гуш доцург», цIа чохь дерг а.
Цхьаболчу наха яздархочуьнца гамо лоцу. Шаьш нийса ца гайтина моьтту царна. Амма уьш нийса бац.
Яздархочун произведенина, цунна и кхолла бахьана даьккхинчу нахана а юкъахь цхьатера хIумма а дац. Деккъа и цхьа бахьана доцург.
Районни газета тIехь дестечух лаьцна сан дийцар арадаьлча, юьртахь резонанс хилира цунах. Амма ас дуьйцург конкретно цхьана зудчух, цхьана доьзалх а дацара. И массо дестечух лаьцна а, царна кхетамна а дара.

ВЛАДИ МАРИЯН
ДАГАЛЕЦАМАШНА ЮКЪАРА

Высоцкий Владимир луьйш хилла цхьана французийн поэтана, шен стихаш лечкъийна цо, плагиатчик ву иза, бохуш.
Зуда, Влади Мария, книжке а хьаьжна елаелла.
И поэт, Высоцкий Владимирал а цхьа баьIа шо хьалха вехаш хилла.

IОЖАЛЛА

Нах леш валар-м даккхийчех дацара.
ХIара исбаьхьа дуьне буха а дуьсуш валар дукха доккха хIума!
Цигара схьадаьллий-те нохчийн:
«Нахана дерг – ловзар ду», – боху кица?
Цигара схьа дуй-те оьрсийн:
«Тхоьл тIаьхьа-м хи буха гIахьара хIара»?
Суна бакъ ца хета, стагана билггал ша маца лийр ву хууш хилча, ваха, дуьненах марзо эца а хала хир дара бохург.
ТIаьххьара а хиндерг цхьаъ ду массеран а: валар, тIаккха вахкавалар а. Амма хIетте а цо новкъарло ца йо нахана вовшашна ямарт хила а, Дела дагара ваккха а, вуо мел дерг дан а. Хьанна хаа, билггалла ша маца лийр ву ца хаа дела хила а тарлой и-м дерриг а? Ша цкъа а лийр вац моьттург а ма хуьлу.
Билггала ша ленволу де хууш делахьара, хийла эрна хIумнаш, хийла зуламаш ца дан тарлора...
– Веш ца хиъна, леш а хуур дац, – олура Нойберарчу Абдулмежидов Асламбека.

ДУСТАРШ

Къаналла. Пондар санна хебаршка дахана чIор...
Накха. Хиллачу кемсийн хорханаш санна...
ЙоI. Дуьненан ерриг а исбаьхьалла шеца ю моьттуш...

ГАМЗАТОВ

1

Жимма а билгалваьлла стаг, цхьа а ца витина наха, хIума ца олуш.
Гамзатовн стихаш суьйлийн маттахь иштта хаза яц, олу. Гочдархой бахьанехь хьаладаьлла цуьнан сий.
Цхьанне а гочдархочо поэтан оригиналехь йоцу ойла, хазалла, исбаьхьалла, васташ, дустарш кхиболу а дуккха а поэтически гIирсаш ца бохку произведенин чу. Иштта и ца хилча, гочдархоша, и поэташ Iад а битина, шаьш язйийр яра сел мехала произведенеш. Бакъду, гочдархоша шайн балха тIехь пайда оьцу шайн халкъан поэтийн кхиамех, ламастех а. Поэтана говза, похIма долу гочдархой нисбеллехь, цуьнан аьтто хилла ала мегар ду. Гамзатовн гочдархой –   Я. Козловский, Н. Гребнев, В. Солоухин, Р. Рождественский.
Къуьйсийла йоцуш, дуьненна Пушкин, Лермонтов, Фет, Тютчев, Некрасов, Бунин, Блок, Есенин, Маяковский, Бальмонт, Брюсов, Багрицкий, Твардовский, Ахматова, Пастернак, Евтушенко кхин а цхьа могIа поэташ беллачу халкъан меттан поэтически гIирсаш, басарш, таронаш а шуьйра, алсам хир ю, суьйлийн я нохчийн маттахьчул.
Амма оьрсийн гочдархой мел дика белахь а, цхьа а Шекспире, Байроне, Низамига, Мицкевиче, Гётега, Гейнега  ца кхочу.
Поэтан, гочдархочун а башхалла Гомеран, Гнедичан а масална тIехь а гуш ю. Гнедичан стихаш кIеззигчу нахана бен ца евза. Амма цуьнан гочдар классически лору.
Иштта хьал ду Гамзатов Расулца, цуьнан гочдархошца а дерг.

2

Расул Гамзатовх, имам Шемалх санна, дуьхь-дуьхьал ши ойла ю нохчийн.
– Бакъволчу поэтана товш дац политика хьевзинчу агIор хьийзар. Шемал, Iедало, историкаша а бехвечу хенахь, цунна луьйш яздеш. Иза турпалхо кхайкхийча, цунна тIера нехаш дIасахьаькхча: «Прости, Шамиль!» - бохуш, яздеш.
Амма уггар а нохчийн дагана Iеткъаш дерг (вайнахана уггар а гергара къомах волчу поэта), нохчий, гIалгIай а махках баьхначул тIаьхьа язйина стихаш ю. Цу хенахьлера официальни политико чIаг ма дарра, вайнах зуламхой, предательш а кхайкхош. «Чеченский волк, ингушская змея».
Сайд-Iали Мацаевс дуьйцу:
– Со Аштаркханийн хьехархойн институтехь доьшуш волуш, чIогIа дозалла дора ас гIазакхашна хьалха Расул Гамзатовх. Поэзин суьйренашкахь, цхьаьнакхетаршкахь а цара шайн поэташ хестош, ас гуттар а Гамзатов вуьйцура. Цуьнан дуккха а стихаш дагахь хаара суна. «Мичахь ю шун поэташкахь цуьнан стихашкахь йолу философи? Оьрсийн поэташ дийнна поэми тIехь ала гIертарг, цо беа могIанехь олу». Цкъа цхьана студента эли соьга: «СаIид, ахь ма чIогIа дозалла до цунах. Цо шун къомах лаьцна-м вуо мел дерг ма яздина». «И хIун ю ахь юьйцург?» - аьлла, цунна тухур йолуш вара со. Цо гайти суна и стихаш. Сан юьхьIаьржа хIоттар! И стихаш юьйцуш ца хезнера суна. Ала хIума а доцуш виснера со. Дог даьттIачохь охьа а хиъна, кехат язди ас Гамзатовга. Сайн дагахь мел дерг тIе а яздина. Цо дуьхьал яздийр ду моьттуш а вацара со. Суна коьртаниг сайн дагара дIаалар дара. Амма хьен ца луш, жоп деара цуьнгара. «Со къона вара цу хенахь. Политически гIалатех ларвала хала дара. Со хьалхара вацара, тIаьххьара вацара. Сайн гIалатах кхеттачул тIаьхьа, хьан къомана хьалха сайн бехк хилар къера хуьлуш, зорбанехь дехна ас къинтIера довлар. Цунах кхачо йина ца Iаш, лично хьоьга а къинтIера валар доьху ас», – яздора цо.
ТIаьхьо, со ша волчохь хьошалгIахь волуш, Сайд-Iалис дешийтира ша цуьнга яздинчу кехатан копи, Гамзатовс дуьхьал даийтина кехат а. Машинки тIехь зорба тоьхна, ахъагIо текст яра и, бухахь поэтан куьг яздина.
ОшаевгIар дIабевллачул тIаьхьа, нохчийн интеллигенци юкъахь цу кепара къонахаллийн масалш кIеззиг дара. Сайд-Iалин сий ойуш гIуллакх дара и. Амма цул сов, шен гIалатана къера хила стогалла хиларна, вайнехан къоме къинтIера довлар дехна ца Iаш, мила ву а ца хууш волчу нохчийн студенте а цу тайпа кехат яздан хьуьнар кхаьчна волу Гамзатов кхин а айавелира суна гергахь.

3

Суна хаа, сайн редактор муьлха юьртара ву. Сан книга шайн юьртан диалекте ерзо лаьа цунна. Амма диалекташ  дуккха а ю, мотт цхьаъ бу, халкъ а цхьаъ ду. ХIора редактор шайн-шайн юьртан агIор ийза волахь, вайн поэзин юьрт юьллур яц вай.
Расул Гамзатов.

Литературан маттах лаьцна аьлча, и ДегIастанан яздархойн проблема хилла ца Iаш, къона литература, йоза а долчу массо а къаьмнийн гIайгIа ю. Царна юкъахь нохчийн а. Нагахь санна цхьана дешан масийтта диалектан вариант елахь, царах тIелоцуш ерг уггар а бегIийла ерг, хазаниг а хилла езаш ю. ХIора редактора, филолога а шен-шен юьртехьа ийзар нийса а дац. Амма турпалхойн къамелашна мелла а юкъаяло еза диалекташ. Цо произведенин исбаьхьалла мелла а лакхайоккху (Шолохов, Шукшин, Окуев).

4

Суьйлийн тIехьовзаран кеп хазъелла суна.
Кегий нах шайна езачу йоIан кетIа богIу. ХIораммо а шен-шен куй йоIан корехула чукхуссу. ЙоIа, ша хаьржина цхьаъ воцчун, массеран а куйнаш аракхуьйсу. (Гамзатовн юкъара.)
Латинийн Америкехь кIанта шена езачу йоIан пIелга сигаьркан кIуьран мухIар дуьллу. ПIелгах хIоз боьллина, йоI лацар ду и. Хьо сан ю. Ас юьгур ю хьо. Маца? Кхуьнан меттана, сайн дашо мухIар эца йиш хилчахьана.
– Хьалха нохчийн хийист хилла. Вовшийн ган лаьа кIант, йоI шовдана йистехь цхьанакхета, дистхила а йиш хилла. Вайзаманахь (цхьацца ярташкахь-м хIинца а йисна иштта меттигаш), гIалахь Iаш долу кIант, йоI вовшийн муха, мичахь ган деза?
– Фонтана йистехь, – элира Ахмадов Мусас.

5

Суна дукха дезачех ду хIара анекдот.
Москвахь яздархойн конференци хилла. Перерывехь хIора а кофе, булочка эца тIевогIуш хилла.
– Одно кофе, пожалуйста.
Буфетчицан ойла: «Хьажахь, уггар а кхетам бу бохуш болчу нахана а ца хаийца, кофе божарийн тайпана дош дуй».
ТIевогIу Гамзатов.
– Один кофе, – олу цо.
«Хьекъалан да ву-кх Гамзатов. Москвичашна а ца хууш долу, кхунна-м хаа, муьлха тайпана ду кофе», – шен дагахь ойлайо буфетчицо.
Йоккхаюьйш Iаш йолчу буфетчице:
– И один булка, – олу Гамзатовс.

ДЕНИН ЖУНАЙД

Нохчийн Дон Жуан.
– ХIун болх бийр бара ахь?
– Тхан вашас цу хаттарна ишта жоп лора: «Масала, министр». Ас-м, бакъдерг аьлча, кадрийн отделан начальникан болх а тоьуьйтур бара.
Дуьненан литературехь цунах лаьцна мел язйинчун бух тIехь нохчийн васт кхоллар. Яздархочун дика тема ю и.

Шех тешам боцург, нахах а ца теша.
Коьрта идея и а йолуш дийцар.
Зуда яло гIерта жима стаг.
Ша реза верг кара ца йо.
«Соьга куьг Iоттийтича, кхечуьнга а Iоттуьйтур ма ду цо. Соьца эвхьаза яьлча, кхечуьнца а ер ю. Эхь ца хетарг, тIаьхьалонан ойла ца йийриг а ваьлчахьана. Шен и къайла гIур дуй а хиъчахьана».
И къоначу стеган трагеди ю.
Цунна дика бевза зударий.
И ю цуьнан дакъазалла.
Иза тIех лехаме ву.
Ша цхьалха вуй хиъча, ша-шена тухий ле.

ГIаларчу цхьана поселке накъост волчу воьдуш, церан ураме вирзича, шайн кевнехь лаьтташ къона йоI гира цунна, чучча ши пхьарс боьллина, кетIахь вогIу-воьдучуьнга а хьоьжуш лаьтташ.
Арахь шийла хиларе ладоьгIча, дукха цхьалха хийтира цунна иза. И бахьанехь йира цо цуьнан терго а. Жимма а хазалла къахказа йолчу йоIана тIехвалалуш вацара иза, цхьаъ ца олуш.
Цо бегаш бира цуьнга. Иза елакъежира.
ЙоIан юьхьадуьхьал ма хьаьжжина хаа хьуна, хьайн забарш цунна оьшу я ца оьшу. Ма дарра аьлча, дукхаха долчунна тIехь, йоIан карахь ду кIант шена тIаьхьаваккхар, тIаьхьара ваккхар а.
– Шеллур ю хьо, – элира кIанта.
Иза йист ца хуьлуш елакъежира.
– Яло соьца, – корта ластийра цо. «Со мича йига воллу хIара?»
ЙоIа а корта ластийра. Йиш яц, бохучу маьIнехь.
– Со юха вогIур ву хьуна, – аьлла, дIавахара со.
ГIуллакх чакх а даьлла, юха а церан кетIа нисвелча, йоI юха а лаьтташ гира цунна.
– ХIо-м хIинца а лаьтташ ма ю, – элира цо.
Схьагарехь, сих-сиха йохъяла чу а йоьдуш, юха а новкъа йолу хир яра иза, сагатлуш. КIант цец а вохуш, дагахь баллам буьтуш елакъежара иза. Гена ваьлча юхахьаьжира цуьнга. Цо, собар де, собар де, аьлла тIаьхьа куьг ластийра.
Иза чу а иккхина, хье ца луш ара а яьлла, тIееара. Ела а къежаш, хьарчийна кехатан цуьрг кховдийра цо. Схьа а даьстина дийшира цо: «Кхана диъ даьлча кинотеатр «Октябрь» хьалха. Диана». Юха агIор тIаьхьа тIеяздина: «Суна хьо веза», – дара.
Иза йист хилалуш цахиларх кхийтира кIант. Юха а хьоьжуш дIайоьдура иза. БIаьргашца «кхана» бохуш.
Цу буса кIант кемана тIехаа везаш вара.

Жунайд волчу догIучу зудабераша цхьа мода йолийна, шайна иза кара ца вича, стоьлан календарь тIе запискаш язъеш.
«Приходила Мадина».
«Кхана 12 сахьт даьлча йогIур ю. Люба».
«Лауре телефон тоха».
«Юха а еанера со. Хьо чохь вацара. Оршот дийнахь сахьт даьлча йогIур ю. Зарема».
«Со тIаьхьа йиснера, кхана йогIур ю со. Люба».
– Уьш хIун зудабераш ду хьо волчу лелаш дерш? – хоьтту цуьнца балхахь волчу накъоста. ХIуманах самукъа долуш, хабар дийца дог догIуш а ву иза.
– Уьш-м вайнехан бара, – олу Жунайда.
– Вайнехан бу? Ша берриш хаза а бай уьш-м, – олий, вела а воьлуш дIавоьду и, корта а лестош.
И дерриг а гуш, Жунайдаца балхахь долчу зудабераша, яздо цуьнан календарь тIе:

Скажи по совести,
Кого ты любишь?
Ты знаешь, любят
многие тебя
Но жизнь ты так
беспечно губишь,
Что ясно всем –
Живешь ты нелюбя!

– ХIара хьан язйина? – боху Жунайда чурачаьрга.
– Муха хьан язйина? Шекспира язйина-кх, – боху зудабераша.
«Схьагарехь, хIокхеран терго кIеззиг йо ас», – ойлайо Жунайда.

Немцойн шванкаш, халкъан книгаш а йоьшуш, нийсса вайн таханлерчу денна тIейогIуш дика сюжет карий суна.
«Соьца ишта эвхьаза яьлла йолу хIара, кхечуьнца а яла тарло»,– олий, кIанта, ша везаш йолу йоI а юьтий, шена езарг ялайо. ХIара вовзале кхечуьнца эвхьаза яла кхиънарг.

ЦХЬАЬНА ЦА ДОГIУРГ

КIорггера хьекъал хилча а, эхь-бехк доцчу стагана ваха хала ду, бохуш Iамийна ву со.
Суна гушдерг, ас сайна тIехь ловш дерг а нийсса юханехьа ду. Мел кIорге хьекъал хиларх, эхь-бехк долчу стагана ваха хала ду.
Дикалло дикане ца кхачаво.

БIАЬСТЕНАН ЮЬХЬ

ХIоразза а голаш юкъахь, бурка санна кучан юх ловзош, и йогIу яйча, ойла карзах йолура кIентан.

БIаьстенан юьхь лан хала ю жимачу стагана. Тайп-тайпана басаршца лепа юткъий, дегIа тIе летта кучамаш юьйхина, полларчий санна зудабераш гича, божарийн дегнашна ницкъ хуьлу, цIий чехкадолий.

БIаьстенан юьххьехь, накхармозий, полларчий а арадовлучу хенахь, лайзезагаш санна, заза доккху мехкарша.

КХЕЛАХО

Нахана тIе а чеха, таIзар а дика до, шел лакхарчаьргара и лан Iеминчо. Иза уггар а вуо суьдхо ву.

КЕЧВАЛАР

Озийна хечин когаш схьабаьхча, бисина барч санна, тайш а кхозуш шорташ яра цунна тIехь. И-м модехь а ю моьтту суна. Хьенна-хьеннан ян а йоцуш, хьаъ-хьаъа лелор а йоцуш.

ФОЛКНЕР

Суна реза йоцучу тобан коьртехь Ахмадов Муса ву. Цара массара а бохург цхьаъ ду:
– Ахь гойтург хаза дац, оьзда дац. Диканиг Iамор дац цара.
Ахмадовн дукха веза яздархо Уильям Фолкнер ву. Даима шен къамелехь шозза-кхузза цуьнан цIе йоккху цо.
«Адамо ловр ду. Фолкнеран реализм» книги тIехь        (А. Николюкин, Москва, 88) доьшу ас: «Джексон дейли ньюс» газета арахоьцучу Салленс Фредерика боху:
«Фолкнер – сийсаза литературан школан гайтархо, талхаран кхайкхорхо а ву». Фолкнерна Нобелан совгIат даларан хьокъехь, «Нью-Йорк таймсо» яздо: «Яздархочун тидам телхинчу, тешамбоцчу, ямартчу юкъараллина тIехьажийна бу».
Фолкнеран произведенеш Францехь, ерриг Европехь, Латинийн Америкехь гIараевллехь, шведийн жюрино церан лаккхара мах хадийнехь а, американцаша догдоху, арахьарачарна и американцийн бакъдолу дахар ду моьттуш ца хиларе, боху цара. Ницкъбар, цIийэр а Фолкнеран Джефферсонехь ду, Миссисипин штат, ерриг Америкехь дац.
Массара книги тIехь бакъдерг лоьху, массарна бакъдерг деза. Амма... кхечарах лаьцна бакъдерг. Цундела дезна Стендальн «ЦIениг, Iаьржаниг а» романехь Верьер гIала кхолла. Цундела язйина цо «Итальянски хроникаш» а. Цундела бохуш хилла Чеховх лаьцна а, цкъа меллачохь нехан керта кIел велла карор ву. Кхин-кхин а масалш дуккха а ду... Вайна а моьтту (пачхьалкх схьалаьцча пачхьалкхана, халкъ схьаэцча халкъана а) уьш вайх хьакхалуш хIумнаш дац.
Шен кхоллараллехь мелла а Фолкнерах тарвала гIертачу Мусана а ца хаа и. Соьга:
– Ахь яздийриг хаза дац, оьзда дац, – олу. Амма цхьаммо а ца олу:
– Ахь гойтург нийса дац. Бакъдац.
И ду коьртаниг.

«ХIинца-м хьекъале вогIуш вара хIара», – хийтира цIахьболчарна, со «Жигулин» тIехьара охьахоийлаш, багажник а йоьттина книгаш йохка вахча. Масийтта баьIа книгах суна ткъе итт туьма бен ца делира. Ткъа процент туьканна юьсу. Бакъдерг аьлча, цара мехаш а чIогIа лахара хедийра ас оццул хала гулйинчу книгийн. Уьш юха эца дезча, кхузза-доьазза сов дала дезар дара сан. Базаран мехашца-м иттаза а.
Библиотекашкара книгаш дIаяла езаш хуьлу дела, ас пхеа шарахь вовшахтоьхна учебникаш, хрестоматеш а яра уьш дукхаха ерш.
Дешар а дIадели. Амма сан хьекъале вар хIун ду?
Оцу ахчанах итт туьма лой Л. Толстойн ткъе ши том оьцу ас. ВархI туьма лой Фолкнеран ялх том а. ЦIахь дов до суна:
– Оццул ахча а делла уьш эца йиш яра хьан? Кхано хьо дIатарвелча эца. Кхета, хIинца мукъане а!
Уьш бакълуьй. Амма суна хIинцца ма оьшу уьш. Сан дан дезарг бен хIума дацахь а. Олуш ма хиллара, со а ма ву бакъ.

Яздархоша вовшийн беш болу тIеIаткъам дагахь доцчохь гучудолу. Фолкнеран «Свет в августе» тIехь Джо Кристмаса шен езаран урс а хьаькхна, зулам къайладаккха цIено дагадар Достоевскийн «Бесы» тIера схьаэцна ду.
Фолкнеран «Особняк» романехь нехан беша лелхаш йолу хьакха, лулахойн цу тIехула долу дов а, ма дарра Бунинан «Ночной разговор» дийцарера ду. Бунинан хьакхин меттана юьйцург газа ю.

Фолкнеран дахаран, кхоллараллийн а талламхой тIаьхьа кхиаза дисина, жимчохь иза почтальонан балхара дIаваккхар. Я нехан кехаташ дIа ца кхочуьра, я кхин бахьана дара?
Цу хенахь дуьйна яздархо хила сатуьйсучу Фолкнера, и кехаташ схьадостуш хилла хила а мега, наха яздечу кехаташкахь яздаран шен хатI, сюжеташ а лоьхуш.

Сан дагара яздича санна ду Фолкнера билгалйоху яздархочун Iалашонаш, хIиттадо декхарш а. Сайна царах герз дина, кхо къастам схьаоьцу ас:
1) Когда я в своих произведениях пишу о вырождении, о насилии, то я никогда не делаю этого ради вырождения и насилия. Я использую их как инструмент, с помощью которого я стараюсь показать, с чем человек должен сражаться, и особые обстоятельства, при которых он задавлен вырождением и насилием, когда он ненавидит насилие, в котором участвует, когда он сопротивляется насилию, когда он верит во что-то, вроде чести, гордости, состродания, даже в вырождении. Писать о вырождении и насилии только ради вырождения и насилия – это утрата честности.
2) Если писатель призван что-то совершить, – так это сделать мир чуть лучше, чем он его застал, сделать то, что в его силах, доступным ему способом, чтобы не было такого зла, как война, несправедливость, – вот в чем его работа. И делать это нужно, не описывая всякие приятные вещи, - писатель должен показать человеку его низменные черты, зло, которое человек способен совершить, в то же время ненавидя себя за это зло, которое человек должен преодолеть, вынести и выдержать; чтобы человек всегда верил в то, что он может быть лучше, чем он, вероятно, будет.
3) Ответственность писателя в том, чтобы рассказывать правду – рассказывать ее так, чтобы люди читали ее, помнили о ней, потому что она рассказана незабываемым образом. Просто сообщить факт, просто рассказать о несправедливости иногда недостаточно. Это не трогает людей. Писатель должен добавить к этому свой талант, он должен взять эту правду и поджечь под ней пламя, так, чтобы люди запомнили ее.

«ВСПОЛОХИ»

Зиявди Абдуллаевн книга араяьлчахьана нохч-гIалгIайн издательствехь Iуналла чIагIдина.
– Луъург ала, яздан а бакъо яц вайн? – боху ас.
– Уьш генахь ду, - олу соьга.
Кхин а билгалдаьлла суна: моде яьллачу книгана тIаьхьа ма чIогIа а бовлу вайнах.
Цу книгица бала  кхачар а дац хьуна и. Шайн наха юкъахь дийца хабар хилийтар дуьхьа, дозаллийца ду.
Книга йолалуш аьлла ду: нохчий, гIалгIай а цIера бохучу хенахь, массарал а тIаьхьа, шайн къаьсттина эшелон а йолуш, шайна мел оьшучуьнца дIабигира хьаькамаш хилларш, церан доьзалш а. Коьртачийн фамилеш а йоху.
Бакъду, и аьтто бахьанехь, цхьанне а къонахалла-м ца кхаьчна церан, шайн халкъа тIехь и харцо ма е ала.
«1942 шеран августехь, хала чевнаш йина шийтта тIемало мостагIийн цIера кIелхьара воккхуш, Аюбов ЯрагIис шен подразделенин кхиам хила таро кхоьллира, шен дегIаца мостагIан ДОТ дIа а къевлина».
Суна, суо кхеттал хилчахьана вуьйцуш хезна, Матросов Александр дагавогIу. Сихха энциклопеди тIехьожу со. Цуьнан хьуьнар 1943 шеран февралан 23 дийнахь хилла.
Иштта хьуьнарш гайтар бахьанехь цIерадаьккхина сан халкъ 44-чу шарахь.
Суна Аюбов ЯрагIи хIинццалц схьа вуьйцуш а ца хезна. Ткъа Матросовн хьуьнар ца девзаш, Советан пачхьалкхехь цхьа а стаг хир вац.
Иштта нийсо йина-кх Iедало.
Амма вай мел бехдан, мел хIаллакдан гIиртинехь а, Эльби тIекхаччалц дIабаханчу нохчийн кIенташа дуьненна а гайтина доьналлин, майраллин а масал.
Цуьнан къеггина тоьшалла – Висаитов Мовлади!

ХИЙЦАЕЛЛА ЗАМА

Хьалха буьйсана араваьлча варраш Iоьхуш, нIаьнеш кхойкхуш хезара. ХIинца наггахь кхуссу топ, хоьхкучу машенийн хаамаш а...

МАСХЬУДАН ДАГАРА

Иван, масала, шен кара ткъе итт-шовзткъа туьма деъча, балха ара а ца волуш, дерриг а къаьркъанах дохка гIертар вара. Кхин дуьне ца гуш.
Амма и бахьанехь Масхьуда а бала хьега беза?
Иван, масала, божал чохь а Iан реза ву. Iедало шена цIено а дина, оркестро эшарш а лоькхуш кара догIанаш а делла, ша дIакхалха валлалц.
Масхьуд и цIено ша дан гIерта. Ша динарг бен цуьнан хIума а дац. Цуьнан доьзал а бу кхаба безаш. Масхьудан къоман гIиллакхаш бахьанехь а деза сов харжаш ян. Цуьнан яхь ю нахаца. Оцу дерригенна а ахча деза. Мичара дала деза и? Болх хийца беза? Амма цигахь а ма дац алапа бен.
ТIаккха хIун дан деза? Лачкъо еза-кх.

ЭЗАР ШО

Россино тоба дина эзар шо кхочу. Амма тахана а, атеисташ церан массо мероприятешка а лелаш, пропаганда, агитаци а лелайо.
Юй ткъа цхьанне мозгIаран, политсеминаре я партийни гуламе а вахана, пропаганда ян йиш? Яц.
Пётр I-чо килс-м къастийнера Iедалах.
Iедал хьан, маца къастор ду-те килсах?

ГIАЛА

«Дерриг а адаман дуьхьа ду».
(КП программи юкъара.)

Цхьацца шен гIуллакхашна гIала ваханчохь, висинчу стагах лаьцна дийцар. ГIалахь гергара стаг воцуш, чуваха меттиг йоцуш, арахь буьйса яккхар. ГIалахь, муьлххачу а нохчийн юьртахь санна, эвхьаза чугIойла цахилар. ГIалара адамаш вовшах я нахах-тешам боцуш Iаш хилар. Вайнехан гIиллакхаш хIаллак хилар.
Адам цхьалха хиларх лаьцна.
Адам гIорасиз хиларх лаьцна.
ХьешацIахь а чу ца вуьту.
Цхьаццанхьа паспорт дац, бохуш.
Цхьаццанхьа меттигаш яц, бохуш.
Юьртара гIала веанчу стагана, дийнахь гIала – сирла, екхна, самукъане. Буса – Iаьржа, бодане, кхоьлина, хьешана дика йоцуш...

КХИН ЦХЬА СЮЖЕТ А

Шен тIехьийза кIанта боххург дина, гIала охьаеъна къона йоI.
Кхечу дийцаршкахь а евзаш хила езаш ю и. Цу шиннан довзар, церан юкъаметтиг и. дI. кх. а.
Ваша волчохь Iаш ю. Юха шена йиса бахьана хилийта «Универмаг» чу балха хIутту.
ЙоI хаза ю. КIант товш ву. Цу шинна деза вовшийн. Цуьнга маре а гIур яра йоI, вукхо цкъачунна схьахьахийна хIума дац.
Амма хIокху дийцарехь коьртаниг цу шиннан юкъаметтиг яц.
Хьалхара корта.
Доцца йоIах лаьцна. Балха тIехь гайтар. Чулела, захало хьехадо кегий нах. Кхуьнан дагчохь важа ву. Шен мокъа минотехь, кара деъанчу кехаташ тIе цуьнан цIе язйо цо.
Балхара цIайогIу.
БIаьсте. ЦIена сеналла. Цхьа сахьт хьалха оьзна хан. Балхара яьлча а сирла ю. Базарахь зезагийн мехаш а охьа девлла. Адамех йоьттинчу троллейбус тIехь йогIу иза, шена тIехьийзачу кIентан ойланаш еш. ТIехьара цхьаъ тIоьрмиг чукхийдаш санна хета. ХIаъ, билггал... Иза цIеххьана юхайоьрзу. Цуьнан юьхь а ца къаьста цунна, деккъа куьйгаш го. Вукхо дIахоьцу тIоьрмиг. ХIара йист а ца хуьлу.
– ХIун хилла? – хоьтту кегийчу наха.
– ХIумма а ца хилла. – Ерриг а цIиййелла хIара. – Парфюмери охьайоьжнера сан...
Нах дIасахуьлу. Когашна кIелахь Iуьллу и. Охьакхосса кхиъна важа. Цхьамма охьатаьIна схьаоьцу, йоIе дIало. ХIокхо баркалла олу. Важа-м кхунна некъахь гича а, вевзар вацара. Кхераелла хир ю хIара.
ШолгIа корта.
Жуьлиг шайн цIахь. ЙоI хьахош яц кху тIехь. Коьртаниг хIара ву. Мила ву хIара? ХIун адам ду? Муха лела гIалахь, цIахь и. дI. кх. а.
ЦIа йогIу кхеран нус. ГIалахь автобус тIехь шегара бохча даккхар дуьйцу кхуьнан нене.
– Дукха хIума-м яцара оцу чохь, цхьа вархI сом...
ХIокхунна веза шен ваша. Шен вешин зуда а.
Кхуьнца дика бу уьш.
– НеIалт цу жоьлгашна! Кхин дукха хиллехь а, доккхур дара-кх цара, – боху кхуьнан нанас.
Дийцаран идея, турпалхочун нравственно цIанвалар.
Ша лелориг шена безачу нахана тIеIоттаделча, дохко волу иза ша лелочунна. Юхаволу.
Суна ца хаа мел нислур ду сан и дийцар. Кегийчу нехан юкъаметтигаш гIоли нисло сан, дукхаха дерг яздаза дисахь а. Амма масал эца мегар долуш, диканиг хьоьхуш дийцарш дезаш бу-кх хIорш берриш а.
ХIокху сюжетехь бакъдерг а, кхоьллинарг а ийна ду. И яздича а мел бакъ хир ду ца хаа суна.
Маца волалур ву-те со гул мел делларг дIаяздан?
Гуттар а сайна яздеш Iийна вер вуй-те со?

«ДОККХА ЛОВЗАР»

Юлиан Семенов. «Доккха ловзар».
«– Вайн адамаш марзделла дац маршоне. Царна къовламе низам оьшу!
– ТIаккха комендантски сахьт хIотто деза ас? Сайх лаьцна анекдоташ дуьйцурш набахте бохка беза?
– Хьо дукха кIеда ву! Ткъа урхалча кIеда хила йиш яц».

Тахана пачхьалкхехь хIоьттина хьал а ду иштта.
Республикехь цхьацца хабарш, эладитанаш ду: оьрсашна дуьхьал беш цхьацца кечамаш бу, бохуш.
Оьрсашна дуьхьал кечдеш хIумма а дац Нохч-ГIалгIайчохь. Я уьш нахера хезаш хабарш а дац. Хьаьнгара ду тIаккха? Iедалера ду аьлла хета суна. Оцу балхана шен леррина нах бу, алапа а догIуш. ХIун бахьана ду цуьнан? Луьра законаш дахаран дуьхьа ду, аьлла хета суна. Адамаш мегар долуш дац дIахецча, бохучунна тIедоьгIна.
Iедало шайна луъучу агIор хьовзайо-кх политика.
Iедало шайна луъург йо-кх нахах а.

ГУЛАР

Эльсанов Ислама, дийцарш схьадан, ша книга арахеца хьожур ву, боху соьга.
Доккха хIума ду-кх, гуттар а яздеш ву со, амма хIинца а дIагайта чекхъяьлла, со реза а волуш, книга яц сан. Юкъ-юкъара дийцарш-м ду студентех лаьцна. Амма царна цхьа а реза вац. Кхечу хIуманех лаций язде боху соьга. Ас муха яздийр ду кхечу хIуманех лаьцна, кхин сайна хууш хIумма а ца хилча? Тахана студентийн дахарал дика хууш, дика девзаш а хIумма дац суна. Яздаран, кхоллараллин а, суна гергахь, уггар а коьрта принцип дIаяккха хIунда гIерта соьгара?
Ас гулдина шира дийцарш, анекдоташ а нахана иштта а хууш ду. Муьлхха журналисто а дIаяздан тарлуш.
Шен цхьа зама хир ю-кх, кхечух лаьцна яздеш а.
Мацаев Сайд-Iалис дика ду боху сан дийцарш.
Иза а вара соьга, сихха гулар кечйе хьайн бохуш. Амма и кечаман болх чIогIа ца бало-кх соьга. ХIун ду а хаац. Мелла а яздийр дара-кх ас. Керла-керла. Куьйгайозанаш кего, царна тIехь болх бан а дог ца догIу, хан а ца хуьлу. ЧIогIа собар дезаш гIуллакх ду и! Ала лууш дагахь дукха хиларна, цкъа дIаяздиначунна тIехь болх беш йоккху хан эрна хета. Амма цхьана произведени тIехь юха-юха къахьегарца бен говзалла кхуьуш яц. Шерашца бен собар а ца догIу.
Вайн редакторша а, шайн коьрта декхар, критика яр лору. Соьга хаьттича, редактор и яздархочун накъост хила везаш вара. Къаьсттина къоначу яздархочун. Хьуна хьехар, накъосталла а дечу меттана, мелхо а дуьхьалонаш йо цара. Эльсанов Ислам дуьххьара къоначу  яздархойн семинарехь вевзира суна. ХIетахь цо гIо а даьккхира соьгахьа. Амма тIаьхь-тIаьхьа и АхмадовгIеран тIеIаткъамна кIелвоьдуш санна хета суна. Ас даьхьначу дийцарех цхьаъ, шарахь цкъа арайолучу гуларна хоржу цо. Цунах дика кхета, кхин а шиъ мукъане сан дийцар дешна хила веза стаг. Царал тIаьхьа дика хир дара цо къастийнарг. И сан лаамехь дац. И даьлла а арадалар гIоли ю.

БАПТИСТ

Сюжет:
Бусалба динах дIакъаьстина баптист ву нохчи.
И вуьйцуш хезча, цхьамма воьдий кетIа а кхойкхий тIара туху цунна. Вукхо схьатуху, тасало и шиъ.
ТIаккха хIокхо:
– Собардел, – олу, – хIинца хиин хьуна, айхьа лелориг дош доций? Баптист, шена аьтту агIор тIара тоьхча, аьрру бесни дIакховдо декхарийлахь ма ву. Ткъа хьо леташ ву. Нохчийн амалца догIуш дац ахь лело дин.

КАРЬЕРА

Кульчиев Руслан совхозехь комсорг вара.
Iусман армехь волчу хенахь,  оццу гIалахь (Калининехь) доьшуш хилла Руслан. ТIекхаьчча шена ахча а лора цо, дийцинера суна Iусманас. ЧIогIа гIиллакх лардора шеца. Ткъа вайна ма хаа, мел таро йолуш ву студент а.
Руслана ша райкоме дехьа волуш ву, со реза хир варий шен меттана болх бан, бохура. Шена а дика дара юьртахь ишта накъост хилча.
– Карьера дашах нийса кхеташ дац вайн адам. Хьо дахарехь цхьа Iалашо йолуш велахь, хьо хьайн дуьхьа ваьхна ца Iаш, нахана а хьайгара мел делахь а гIо хила лууш велахь, ахь карьера ян еза. Хьо а юьстаха ваьлла IадъIийча, со а юьстаха ваьлла IадъIийча, вайл дуккха а вониш хьалхабовлу. Церан карьера еккъа шайн дуьхьа ю. Еккъа соьман дуьхьа. Уьш кхераме нах бу. ХIокху дуьненчохь харцо хIунда тоьлу? Вониг дан арабевллачу нехан барт бу. Диканиг луург – массо а цхьалха ву. Цундела вешан тоба хила еза вайн. Вовшашна гIо а деш. Дика-диканиг вайна тIе а озош...
Ишта оцу кепехь дуккха а къамелаш до охашимма.
Сайн ойланаш гIалица йоьзна, хьахийна Iилманан-талламан институт а яцахьара, со реза хир вара цу балхана.
Суна хаа Руслан бакъвуй.
Цуьнан дика шансаш а ю: къона ву, хьекъал ду. Юрист ву. Оьшучохь гIодан структурашкахь воккхаха волу ваша а ву. Бакъду, хIинццалц массо а хьаькаман трамплин хиллачу комсомолан а хIинца сийдайна. АтталгIа партин а. Цхьанне а кепара нахана оьшуш йоцуш, искусственно ехаш хета суна уьш. Тахана парти, комсомол а, тIера мукадехкий девддачу хинкеманах тера ю.
Яндарбиев Зелимхан дешнаш дагадогIу суна:
–  Тхо санна декъа а ца луш, шун тоба, шун нийсархой барт болуш хилахь, шуьга дуккха а далур ду.
Шега партийни карьера ен, аьлла хилар а хаийтира Зелимхас. Мел деза а ахча а хир ду. Мичара ду, хьаьнгара ду – хьан гIуллакх дац. Балха тIехь кхиамаш хилийта таро а йийр ю хьан.
ХIара реза ца хилла.
Ишта предложени соьга йича!
Бакъду, суна ца хаа, Зелимхе и аьллачеран хIун Iалашо ю.
Со кхийдарг, царна луург а цхьаъ ца хила а там бара. ХIетте а,  нийсо, бакъдерг а толо цхьана даржехь хила веза. Райкоман хьалхарчу секретаран карахь а дац хьуна хIумма а. Цул лакхара а ма бу хьаькамаш. Шайна моьттург нийса а хеташ, шаьш боххург кхочуш хила а деза моьттуш.
Суна новкъа ду Iилманчийн, яздархойн, вайн, юкъараллин а тахана дерг, кхана хиндерг а иштачу нехан карахь хилар.
Ас сайн шеконаш юьйцу Руслане:
– Хина буха доьдуш долчу кеман штурвал схьалаца а воьлла, вайшиннан говзаллица болу белхаш а ца кхочуш ма висахьара вайшиъ. ХIинца дуьйна а цу тIе терго яхийтича атта дарий-те? Хьо – талламхо, со – Iилманан белхахо.
Охашимма дуьйцург дерриг а хет-хеттарг ду.
Дахаро шен коррективаш йийр ю.

БИОХИМЗАВОД

Гуьмсехь биохимзавод яйтий, ма яйтий бохуш, вай даьлла накхар мозий санна хьийза адамаш.
ГIалахь, массо районехь а гуламаш, митингаш.
Балхара вогIу со, клубехь гулбелла нах а гой, чувоьрзу. Шортта машенаш лаьтта.
Юьртарчу нахана дош ца луш, шайна хетачунна тIехь чакхдаккха гIерта юьртара хьаькамаш, районера веана «хьаша» а.
Резолюци йоьшу.
Нах реза ца хуьлу.
Юьртарчу хьаькамаша, баккхийчу наха а къамелаш до:
– Вайна моьттург хир дац. ХIокху Iедало шайна луъург дийр ду вайна тIехь.
Кегийрахошна ладегIа а ца лаьа цу тайпана хабаршка.
– Цхьана хулиганашка Iеха ма дайта шаьш! – аьлла кхайкхам бича:
– Хулиганаш дера ю, кхана шаьш завод яр сацор ду, аьлла дош а делла, и кхочуш ца динарш, – олий, хьаькамаш Iад а буьтий, нах дIабуху.
Гуьмсехь, гонахарчу ярташкара адам а гулделла, демонстрацеш ю. Цига веанчу Нохч-ГIалгIайн партин обкоман хьалхарчу секретаре Фотеевга, дIахьедина:
– Нохчийчоь вуьшта а, Союзехь хьалхарчу меттехь ю, бераш даларца. Диснарш а дайа гIерта хьо?
– Шун зударийн культура лахара ю, – аьлла Фотеевс.
Цунна етта тIаьхьаьлхина нах. Адам тIе ца кхочуьйтуш, гонаха болчара, вадийна ваьккхина иза.

ТАЛЛАМАН  ИНСТИТУТ

Академик Кацаев

– Туркаевга хьо вуьйцуш Iийнера со, – боху ШаIранис. – Дийнна махкахь а, мел лехарх, яхь йолуш, цига вахийта, хьо, Шарип а бен ца карий-кха суна. Реза хир варий хьо талламан институтехь болх бан?
Ас яздийриг цхьанне а оьшуш доццушехь, дукха хенахь дуьйна хIара болх сайн лаамехь тIелаьцна ву со. Ткъа талламан институтехь литературан сектор, суна нийсса сайн дуьхьа кхоьллича санна хета. Ахь иштти-вуьшти а беш болчу балхах, хьуна мел делахь а, алапа хилар, гIуллакх дац? ТIаккха а: «Айдаевх, Гайтукаевх а кандидаташ хилча, Туркаевс докторски а язйича, соьх академик хила а мегар дац?» – ойлайо ас. Бакъдерг аьлча, ШаIрани воцург, башха соьца бала болуш стаг ваьлла-м вац. Ас суо реза ву, олу цуьнга.

Декъаза гIуллакх

– Хьо, Шарип а  воцург, яхь йолуш, кхин стаг вац-кха цига вахийта Нохчийчохь а.
Ишта элирий ШаIранис?
Ойлайо ас: «Тхойшиъ бен цига вахийта стаг вацахь, тхойшиъ массарал а диканиг, массарал хьекъал долуш верг а ца хуьлу? Тхойшинна  хууш-м ма дац хIумма а. Декъаза гIуллакх ду-кха и. Цу тIехула, тхойшиъ массарал а гIоли верг а хилча, тхойшиннан карахь хIума а ца хилча, суна моьттучул а декъаза гIуллакх дац и?»
Бакъдерг аьлча, тхойшиннан санна нохчийн къомах дог лозуш, нохчийн культура, литература, искусство езаш, и кхиа лууш, дашна а доцуш, цунна чу са диллина къахьоьгуш а, кхин хир-м вац Нохчийчохь.
И гина хир ду-кх ШаIранина а.

ТIеэцар

Историн, социологин, филологин  институтехь ву со. Нохчийн маттахь къамел до ас. Директора, бехкала вахча санна (суна я царна гергахь, ца кхета со), вела а къежий:
– Оьрсийн маттахь де къамел, берриш а кхетийта, – олу соьга.
Чохь болчарах цхьаъ бен оьрси а ца го суна. Цо Iамо мегаш ца хилла-кх шена нохчийн мотт, къанваллалц Нохчийчохь ваьхча.
Юха хаттарш до соьга:
– ХIунда лаьа хьуна кхуза балха ван?
– Балха веъча стенгахь Iийр ву хьо?
– Алапа кIеззиг дуй хаий хьуна?
– Кхано квартира ло-м бохур дац ахь?
– Армехь хиллий хьо? и. дI. кх. а.
ШаIранис соьга схьахьахочу хенахь, хьо гIур варий, бохуш, дара хIара. ХIинца кхуза ван гIертарг со хили. Сайна кхара квартира а лур йоций хуъушехь, алапа а кIеззиг доллушехь. Со кхета, кхузарчарна оьшург со, Шарип а вац. Кхузе охьахаа кхарна милла а карор ву. Шаьш хьен ца дичахьана.
 «Стаг ваха хаарна кхоьруш хила езаш яцара система. Вайн пачхьалкх коммунизман бухбиллархойн теорица кхуьучу меттана, китайцийн ширачу философица схьайогIуш ю: стаг къен мел хили а, лело атта ву; стаг хьекъал долуш, дешна мел ца хили а, низамехь латто атта ду, бохуш. Схьахетарехь, европийн пачхьалкхаш ца хьехийча а, шаьш китайцаша а дIатеттина и философи. Стеган таро хиларе терра, цуьнгара пайда а алсам бу», – ойлайо ас.
– «Грозненский рабочий» тIехь объявлени хир ю. И ларъе. Конкурс кхайкхор ю. ТIаккха кехаташ дохьуш юхавола, – олу соьга, къамел дерзош.
Заочно а ваьлла, айса цхьайтта шарахь дешначу школе балха ваха гIоьртича, хиллачух тера хета суна хIара. Со мара а лелхаш тIеоьцур ву,  моьттура суна. Цунна дуккха а бахьанаш дара сан. Амма соьга:
– ХIинца цкъа меттигаш яц. Делахь а, ладугIуш хIума де, – элира.
Ишта тIеийци-кх со институтехь а.

ПИОНЕРИЙН ЛАГЕРЕХЬ

Суо жима волуш леллачу меттигашка кхаьчча, юххехь мел верг самукъа долуш велахь а, сагатдо ас.
Районера массо организацин комсомольски секретараш, «Светлячок» лагерехь гулдина ду тхо. Бассейн, Хуло, дитташ, корпусаш… Столови, юьхь-куьг дуьлург, берашна хIуш, сегIазаш, цIазамаш духку зударий, жима базар, беседка, тротуараш, зезагаш... Дерригено а дIадахнарг дуьхьалтуьйсу суна, садуу. «Ванах, нах санна долчух тоам беш, эрна са ца  гатдеш, таханлерчу денца ваха хIунда ца хаа-те суна?»
Сан юьртара а кIентий бу кхузахь, цхьа йоI а. Оцу йоIан тидам бича кхета со, 17-чу шарахь революци а и санначара яьккхина. И санначех хуьлу хир ду-кх кхахьпанаш а. ХIунда аьлча лартIехь йолу зуда паргIат ца хуьлу божаршна юкъахь. Ткъа и санначарна (уьш кхузахь дуккха а бу!) божарий болчохь бен самукъане а ца хета, мел кхераме делахь а.
Сарахь пикник ю Iаламехь. Юург, мерг а Iана яхана. Буса массо а цхьаццанхьа ву. Чохь биснарш, нах дIатийча, вовшашна цергийн паста хьекха буьйлало... Ишта даьккхина а, шайн самукъа доккху цара.
Iуьйрана юха а лекцеш ю. Со кIорда а дой цIавогIу.
Дукха хабар дуьйцу комсомолан куьйгалхоша.

Синхаамашка, суна яздан луучуьнга а хьаьжча, ма кIеззиг ду ас яздинарг.
Дуьххьара со йоIана тIехьовзар а лагерехь нисделира. Со хIетахь йиъ класс яьккхина вара. Дийнна шарахь вовший кехаташ кхехьийтинчул тIаьхьа, шолгIачу аьхка лагере цхьаьна деара тхойшиъ…
БархI класс яьккхинчул тIаьхьа, комсоргийн курсашка вахийтира со, ЧIишкарчу лагере. Цигахь дуьххьара милцошца Iоттавалар а хилира сан.
Дуккха а сюжеташ яра сан, доттагIаллах, безамах лаьцна а. Цу хенахь мел хилларг суьрташкахь дуьхьал лаьтта суна.
Бераллех, жималлех а лаьцна яздан, схьагарехь, яздархо шовзткъе итт-кхузткъа шаре вала веза.

ПОЧТАЛЬОН

Почтальон ву тхан. Цхьа пеr]fh. Журналист болх бина а волуш. Наха дийцарехь, цо чул дика арз яздеш стаг хилла а вац шен хенахь. Мала хIума елчахьана, хIинца а бо боху цо и болх. Iусманас цуьнан истори йийцира суна. Кхаж эцча «Москвич» яьккхина хилла хIокхо. ДоттагIашца сакъоьруш, даздеш а маларх кхетта. Дуьххьара хIокхо оьцуш, юха накъосташа. Ишта машенах ваьлла, балхах а воьхна. Гуттар а хазаниг: «ЦIарна цIе яхна, цIе йоккхуш хилла сан нана», – гIараяьллачу эшаран дешнийн автор а ву, боху иза.

КЪИНХЬЕГАМ

Болх бийриг-м бежин а доккху хене.
Адам, бежин санна, хене даллал хила дезаш дац алапа.

КЕХАТ

Чингиз Айтматовн повесть «Джамиля».
ТIаме ваханчу цIийнадас ша яздечу кехат тIехь, гергарнаш берриш а багарбиначул тIаьхьа, йоккху зудчун цIе а. «Со ца езара цунна. Кехат тIехь а тIаьххьара бен хьаха ца йора со», – ойлайо Джамиляс.
ТIама тIе вахана майра цIа варе а ца хьоьжуш, ша кхечу стагаца дIаяхар ша-шена гергахь бакъдан, цIанъяла а гIертар ду и. Цуьнан дегIана борша стаг веза. Ткъа кехатах дерг аьлча, оьрсийчун санна, цуьнан яздойла яц шен нускал хан дIа а ялаза йолчу зудчуьнга. И ца езар дац, иман хилар ду.
И безам шен гергарчаьрга яздечу кехатехь гойтуш ца хилар, В. Скоттан романехь билгалдаьккхина а ду. Эдит Беллендена, майоран чинехь волчу шен девеше, яздечу кехат тIехь кучамаш, книгаш а юьйцу. Чаккхенехь, юккъехула санна (и дерриг кехат а яздаран бахьана и доллушехь) тIетуху: «Хьан доттагI Генри Мортон лаьцна». Иза везаш шен са схьаэккха даллахь а, шен тIехьийза кIант и воллушехь, ша цуьнга маре яха кечъеллашехь, цо ца яздо: «Ваши, орца дала, сан тIехьийза кIант Iедало лаьцна».
Къоман гIиллакхан башхалла гуш ю оьрсийн цхьана художникан суьрта тIехь а. ТIамера цIа веана салти, неI сагIехь зуда мара а йоьллина, бераша го бина лаьтта. Иза вина, кхиийна а нана, йоккха стаг, цаьрга а хьоьжуш, пенах а тевжина, шен рагI тIекхачаре хьоьжуш Iа.
«Зударийн хьекъал пхьидан цIоггал ду», – олу. Зударийн хьекъал церан хIиллан иттолгIа дакъа делахьара а, божарел дуккха а сов хьекхал долуш хир бара уьш. Дакъаза яла хьаьхначу Джамиляна а ца хиъна, цу кехат тIехь язбина мел болчу могIана хьалха, цIийнаден дагчохь, шен цIе юйла.

ДОКЪАР

«Докъар аттана тIаьхьа дедда ца лела», олу. (Кхетаде: «Зудабер ца лела кIантана тIаьхьадаьлла», – бохучу хьесапехь.)
«Стенна?» – ойла ян тарло.
– Цо ца даахь дахкалур ма ду и.
Муха дара и, Шарипан доттагIчо аьлларг?

Шен хеннахь ца яьккхина шаптал,
Южу и яхкалой хаттал.

Амма цхьана атто ца даарх, кхечу атто дуур ду, етт карор бу, докъар хилчахьана, бохург дуй-те цуьнан маьIна? ДоьгIнехь кхочур ду, бохуш, цхьа стаг паргIат  Iашшехь, тIахъаьлла волчо, эхь ца хетачо дийриг дой, катухий, кхечуьнан меркIелара доккхий а дIахьо шена оьшург. ТIаккха важа Iа: «Сан рицкъ ца хилла-кх цуьнца», – бохуш.
Дала а аьлла-кх бахьанаш леладе.

ЛАЧДИЙЦАРШ

КIанта йоIе кинотеатрехь:
– Мы, видно, уж поладим, коль рядом сядем.

Модана тIаьхьадевллачу зудаберех лаьцна:
– Кто обезьян видал, те знают, как жадно все они перенимают.

АМЕРИКА

ХIинцца юкъадаьлла вай долчохь «плюрализм» боху дош. Вай хIинцца дуьйладелла ваьшна критика ян. Ткъа цигахь и гуттар а дара. Царах лаьцна вай дуьйцург а церан книгаш, газеташ а тIера схьаоьцуш дара. Вай и царна дуьхьал детташехь, цара и кхачамбацарш дIадахара шайн дахарера. Уьш ца кхоьрура шайх лаьцна бакъдерг ала. Ткъа вайна вайх лаьцна хууш дерг – къайлах, къулах лоцучу радион цхьацца маьрша тулгIенашкахула я Кремль чура я Iедалан кулуарашкара арадолуш дерг. И а ах эладитанаш. Нехан дерг дика гора вайна. Вайн дерг лечкъадахь а. Оьрсийн кица а ма ду цу хьокъехь.

Вай цкъа критика йой, йой, йой – цхьа иттех шо ма даьллина схьаоьцу и цаьргара. И-м чIогIа нийса, пайденна а ма хилла, олий. Цу хенале вуьйш кхидIа боьлху. Вай юха а критика йо, йо, йо...

Тахана вай Американ вайзаманан яздархойн дукхаха йолу произведенеш сийсаза лору. Цхьана хенахь Драйзеран романаш а Америкехь сийсаза лоруш хилла. Тахана царна иза шира яздархо хета. Вай тахана Драйзер классик лору. Дукха гена яц, вай Американ хIинцалера бестселлерш а классикан юкъайохуьйту йолу зама. Цивилизацино кхиамаш мел боху а, адамийн юкъаметтигаш ширачу Индин «Кама Сутра» тIехь юьйцучех тарло. ТIаккха вай дохарна а кхоьру со. Арахьара ницкъах кхерам боцучу пачхьалкхана уггар а боккха кхерам  бу – шен гражданашна юкъара гIиллакхаш, оьздангалла, сийлалла, низам талхар.

Американцийн киношкахь хаза ду и дерриг а. Цхьана стага дийнна банда хIаллак а еш. Дахарехь мелла а чолхе ду и. Цераниг зуламхо чувоьллича я вийчахьана чакхдолу, вайниг декъаза ду. Нохчийн кино тIаккха бен йола а ца ло.

Американцийн къажар гIиллакхехь ду. Нохчийчунна, хьо къежча, цхьана хIуманна шена хьестало моьтту, ца къежча – дагахь цхьаъ къуьйлуш, гамонца хьоьжу моьтту. Хала нах ду вай.

«Герзаца гIаттаман план» Американа я Малхбузе Европан пачхьалкхашна а тIедогIуш дац. Америкехь, кхечахьа а герз туьканашкахь духкуш ду. Могуш волчу стагана цIахь лардан, арахь лелон а бакъо ю. Схьагарехь, революци яккха гIерташ цхьа а вац цигахь.
«Вай ма мегар дацара кара герз кхаьчча», – ойлайо ас.

Со Америкехь Iаш велахьара вехаш хир вара.
Тахана сан кисанахь мох бу.

– Американцаш – вайн мостагIий бу, – чудуттуш ду вайна политикаша.
Изза хьоьху хир ду-кх царна а. Адамаш вовшийн мостагIий дац. Амма политикашна дика са йолу цу тIехь.


Рецензии