Дневник. 1989

ГОРЬКИЙ

Романтически дийцарш доьшуш, тхойшиннан тасаделла гергарло, чIагIделира цуьнан автобиографийн произведенеш йоьшуш: «Россехула», «ХIусамда», «Сан некъанакъост» кхиерш а. Тахана цуьнан хьалхарчех ши-кхо дийцар доьшу ас: «Цкъа гурахь», «ЙоI», «Филипп Васильевичан дийцарш». И дийцарш практически дешархошна девзаш а дац.
Горькийн цIерана гонаха Советан Iедало кхоьллина эвлаяан ореол ю. И бахьанехь дуккха а наха ца йоьшу цуьнан книгаш.
Суна къоначу Алексейх лаьцна дийцар я повесть язъян лаара. Цуьнан шен произведенех, Iилманчийн талламех, заманхойн дагалецамех пайда а оьцуш. Суна санна, иза нахана а везийта.
Сюжет иштта ю.
Къона Горький. (Цхьажимма Iусманах тера а волуш.)
ХIетахьлера Росси. Горькийн леламаш, гIуллакхаш, дог-ойланаш. Цхьана юьрта кхочуш дуьхьал йоккха тоба кхета. Хьалха яьккхина вордана йоьжна ялош жима зуда ю. Цуьнан дерзинчу дегIах шед етташ вогIу цIийнада. ТIаьхьабевлла къена-къона а юьртахой.
И сурт гича Горькийс мозгIаре уьш совцабар доьху. Вукхо, зуда цIийнадена муьтIахь, тешаме а хила еза,  боху дешнаш даладо жайни тIера. ХIокхо цунна муцIарх буй туху. Наха тI****талой еттий, еттий охьавуьллу хIара. Юха велла лорий, коьллаша юккъе кхуссу, юьртана гена а воккхий.


ТОКХАМАШ

Веданан, Ножин-юьртан, Шуьйта а районашкара цхьамогIа ярташ, латтанаш чу а текхна, хIаллакьхилла. Адамаш лаххьара ярташка дIасадекъна.
Цхьайолчу ярташкахь къаьсттина даккхий зенаш хилла. Энгенахь, ЦIоьнтарахь а нехан цIенош лаьттах дахна.
Кхано хенан йохалла цхьа ВиноградовгIар бевр бу-кх цигахь ахкарш дан, пуьташ ботта а. Дукха хан ю боху лерринчу комиссино и меттигаш теллинчул тIахьа, цигахь Iен мегар дац аьлла сацам бина. Боьхначу наха, шаьш сагIа доьхурш санна, мохк мел бу дIаса а ца доькъуш, шайна аренца латта ло боху. Кхин хIумма а ца йоьху шаьш. Шайна дийнна ярташца охьаховша лаьа. Йиша-ваша, шича-маьхчой а цхьаьний. Цу тIехь уьш харц а ца луьй.
Iусман, Султан, Анзор, Хьамид а вахана цига.
Юьртадас дуьйцу бохура, вогIуш ша а волуш, лаьтта бухара (хьаьжча гуш хIума а доцуш) кхойкхуш нIаьна яра. Цхьана вахархочун ерриг уьйтIе, беш а баIарийн дитташа юьзна. Хьалха кертахь цхьа а синтар ца хилла цуьнан. Текхна охьадеана латта ду.
Кхечеран уьйтIахь евдда лелаш нехан котамаш хилла.
Стунден, невцан а цIенош вовшахкхетта меттиг а ю. Марха къобал дан гена ваха а ца везаш хаза гIуллакх хилла куц ду цунна а. Бадуевн зама елахьара, дийцарш яздийр дара, молланаша:
– Адам Iеса даьлла! Дела оьгIаз вахана вайна, – бохуш къамелаш деш.
(Дан-м бакъдерг дара и.)
Делахь а тахана ишта яздан ца деза.
Сюжет.
ЦIенош дохка шена, бохуш тIахьаваьлла юьртахо.
Еттинчу кибирчигах дина, даккхий кораш а долуш цIенош ду уьш. Цо лучу механа реза вац хIусамда. Юха кхано ахча а дохьуш вогIу важа. Ахча гича мукъане а кIадлур вацара-те, дагахь. Амма юха а меха тIехь ца тов.
Латта дего долало. ЦIенош гуш лаьтташехь буха доьлхуш ду. ХIусамда чIогIа дохкох ваьлла. ХIинца дан хIума дац. Амма кораш ду цIенна.
– Кораш духку ас хьуна!
ЦIенош лаьттах гIуш ду.
– Эха мехах дIало хьуна!
Цхьана юкъана латта дегочура сецча, юха а дохкох волу:
«Ма сихвелира со. Эха мехах дIа муха лур ду халла эцна, оццул къа а хьоьгуш, диначу цIенойн кораш?»
Юха а лаьттах доьлху цIенош.  Эххар а:
– Пхийтта соьмех дIало хьуна кораш.
ЦIенош гучура довлу. ГIаддайна воьлу иза.
– Э-э, велла вала со! Я цIенош, я ахча а доцуш ца виси со? И пайда бо-кх бIаьрмискалло.

IАЬРБИЙН ПАЧХЬАЛКХАШ

Со кхеттал хилчахьана Iаьрбийн дийнна ярташ хьалхара дIауьдуш, жуьгтийн салтий тIаьхьауьдуш; Iаьрбаша майданахь тIулгаш, гIожмаш лестош, жуьгтийн салташа дуьхьала бIаьрхиш оьхуьйту газ, герз а детташ схьабогIуш бу церан къийсам. Жуьгташна тIехьа лаьтташ нуьцкъала Америка ю. Iаьрбашна юкъахь барт бац.
– Нах бац уьш! Вовшашца девнаш дан майра бу уьш, цхьа Израиль саца ца ло, – олу вайнаха.
Цхьана хенахь сийдолуш хилла Iаьрбийн халифат ткъе итт декъе екъаелла. Уьш, бусалба дин а ца дезачара, шайна муьтIахь болу нах хIиттийна цу пачхьалкхийн коьрта-коьрта даржашка. Цаьргахула доькъу адам, дIахьо церан барт ца хилийтаран политика. Царна шайн коьрта мостагIа мила ву ца хаийта, ойла цу тIе кхиа хан ца хилийта, вовшийн коча туьйсу уьш. Лаа ца олу вайнаха: «Барт боцу берзалой эшийна барт болчу цицигаша».

– Нах бац Iаьрбий. ТIулгаш кхуьйсуш, шайна тIе герз доьттуьйтуш Iаш бу, – олу цхьаболчара.
Суна ишта ца хета. Йоккха къонахалла еза стагана, тIедетташ герз а долуш, дуьхьала тIулгаш кхийса. Шайн делахьара герз а тухур дара цара.

– Моссад – дуьненна тIехь уггар а нуьцкъала леррина служба ю, – олу.
Муха ца хуьлу, кху дуьенна тIехь мел йолчу пачхьалкхехь, хьоладай я министраш жуьгтий хилча, уьш берриш а Израильна болх беш а хилча?

ГОБСЕК

Юткъа жима книжка яра и, ас школехь доьшуш волуш итт капек а елла, эвлаюккъера книгийн туьканара эцна. Стаг инзара валлал яра Гобсекан бIаьрмискалла. Шен мехах я жимма йораха дIа ца луш, кхоам хеташ, хийла хIума яхкаялийтара цо. ХIинца а дуьхьал лаьтта суна цуьнан чоьнашкахь йогIу телхинчу чIерийн хьожа…
Цул тIаьхьа тидам бан воьлла-кх со. БIаьстено шаьш кхиийна я юхайохка эцна помидораш, хорбазаш а шен мехах дIа ца луш, я, гIаддайча, лула-кулахь, гергарчарна а сагIийна ца йоькъуш, царах хила тарлуш долу сом бен ца гуш, хийла нехан кертахь яхкаялийтина помидораш, хорбазаш а гина суна. Iаьна кIел яхча дан хIума ма дац царах. Я мах бечийн цIийцIа ю-те и бIаьрмискалла?

СИСТЕМА

1

Бюрократи. Советан пачхьалкхехь санна бюрократин система хир яц цхьанхьа а. Шина капекан меха дац адам, адамо лелориг а. Кафкин цхьана произведенехь ду боху-кх, адам сагалматан куьце а дирзина. Изза ду-кх кхузахь дерг а, изза. Адам – хIумма а яц. Дерриг а – Ахча ду, Ахча. ХIокху тIаьххьара шерашкахь ша мел гулйина экспонат «Культуран ЦIийне» яьхьна Iусманас. Халла цигахь цхьа чоь яьккхина цо музейн. Амма чохь цхьана а кепара мебель яц. Юкъараллин гIуллаккхаш лелош волу стаг Iовдал хета нахана: «Кхин дан хIума дац-те кхуьнан?» – олий. Кхин хIумма ца хилча а, школехь доьшучу берашна мел доккха гIуллакх дара и музей хилар. ТIулгийн заманара гIирс… И бохуш дийцар цхьаъ ду, и гайтар кхин ду. Iусманан цхьайолу хIумнаш-м гIаларчу музейхь а хир яц. Юьртакхеташонехула, совхозан конторехула ведда лела и, мебельн мах дIалур бу аьлла кехат лахьара, бохуш. Мух-мухха мебель а ца мега цу чохь. Даккхий аьнгалеш а долуш, этажеркаш санна хила еза. ГIалахь фабрико кхочушйо муьлхха а заказ. Культуран министерствос цхьанхьа хьажаво хIара. Цара кхечахьа. Вукхара кхечахьа. Ишта и кехаташ вовшах детташ, уьш кхето гIерташ хIора дийнахь гIала дIалелаш, бутт-ши бутт а боккху цо. Хьо дIа ма вахха я бухахь хьоьга хьоьжуш а ма вац цхьа а. Хьо ларвеш. Хьо вагIахьара бохуш. Дийцарехь дика гайталур яра бюрократин механизм. Министерствошкахь, тайпа-тайпанчу конторашкахь а долу и мукадехкий а.
ТIаххьара а хIун хуьлу Iусманан гIуллакхах?
Дуьххьара ша дIахьажийначу министерсвон неIаре кхочу юха а. Лиъча, «Культуран ЦIийнан» директоре гIо далур дара Iусманна. Амма цунна оьшуш дац и. Цунна шен стол, гIант, телевизор, цу чура кхин цхьацца хIума а юхкуш Iер гIоли хета. Цу чура цIенаниг цIа хьуш, шайн цIера тIелхигаш схьайохьуш... Оцу директорна оьшшучул а ца оьшу Iусмана лелориг кхечу куьйгалхошна а. ХIара сагалмат а хилла ведда лела...

2

Тойнехь. Зуда цIа ялийначохь, тIехьа йохуьйтучу машенна кIел а дахана, ненан вешин карах йишин бер делла. Сихха милици кхочу цига. Шайгара гIо оьшучу ца болхахь а, шайна хIума южур йолчу кхачар каде хуьлу церан. Протоколаш хIиттадо. «Кхана Iуьйрана райотделе дIалур ду. ТIаккха дIадерзо халахир ду шуна». Цу буссехь, шина баьIа туьманах дIадерзадо и. Кхин а дахарехь хиллачу масалшца, милицин (нахана гергахь Iедалан юьхь) йохкалуш, эцалуш а хилар гайтар. Кхин  цхьа сюжет: Нахана бале ваьлла, къоланаш деш, мехий детташ лела шен кIант топ тухий вуьй дас. КIант саца ца велла йолу райотдел, дена тIехь нийсо ян гIерта…

3

Джоханна. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн цхьана университетан профессор Джоханна ю Нохч-ГIалгIайн чу еана. Вайнехан меттанаш Iамош ю боху иза. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан ректор Кан-Калик, филологин факультетан декан Оздоева, вайнехан кафедран заведующи Тимаев Ваха, Джоханна а (юьззина цIе дагахь ца лаьттира) дара телевиденехула дист хуьлуш. Джоханна – къона ю. Цуьнан ханчохь вай долчохь, мел хьекъал долуш хиларх, стаг ассистент бен ца хуьлу. Некъаш дихкина ду массо а агIор. Аспирант веза шена, элира Джоханнас.
ХIокху сила йолчу Нохч-ГIалгIайн чохь а, цига ваха соьл хьакъ долуш, кхин мила хир вара? Амма сан зеделларг ду оцу декъехь. Суна хаа цига со кхочур воций. Цуьнан бахьанаш хууш ду. Сайн дагна ницкъ ца бан, и мелла а сиха дицдан хьожу со.

4

Коьртехь. Юьртан, районан, республикан, центран а аппарато халкъах лардо Iедал. Ойла йича тамашийна хIума ду и. Iедалах халкъ лардеш нах безара вайна коьртехь. Кхин цхьа хIума а. Ерриг и съездаш, конференцаш а телевизор чухула  гайта буьйлабелчахьана, мелла а малделла низам, адамашна юкъара гIиллакхаш а доьхна. ХIинццалц дерриг а кхерам тIехь лаьтташ  дара вайн. ХIинца коьртера дуьйна галдолуш ду. Юьртарчу тезета вахана ву со. Цкъа а малхе бевллий-те, аьлла хеташ, шурин басахь кIай-меда, кIай кучамаш юьйхина кечбелла, галстукаш йихкина, гай-тIоьрмигаш охкийна, сийсара дукха муьйлуш Iийна, хIинца а догIмашкахь гIеххьа кепаш йолуш, набарна багош а гIеттош, бIаьргаш цIийбина, дIасатехкаш лаьтта, тIера декхар дIадаккха баьхкина, районан администрацин куьйгалхой. «ХIара санна нах бу-кх вайна тIехь куьйгалла деш. ТIаккха лартIехь дIа муха гIур ду хIара?» – ойлайо ас. Баккхийчу наха ца буьтуш, сихха дIабохуьйту уьш.

5

Редакцехь. «Юность» журналан редакцехь дешархошца цхьаьнакхетар ду оьрсийн эмигрантан, Американ ЦШ-н гражданинан Войнович Александран. «Салти Иван Чонкин» кхийолу а книгаш ца ешна ас цуьнан. Гина а яц. Яздархо а хIинцца теливизор чохь гича вевзина. Цо дуьйцу, хьалха ша Россехь Iаш волчу хенахь, машенахь цхьана юьрта ваха ваьллера ша. Билггала некъ а ца хууш, цхьа а некъ гойтург йоцуш иттаннаш километраш схьавогIура ша. Хатта а стаг воцуш. Юха геннахь цхьа билгало гира шена, боху. «ХIинца-м хуур дара суна, со нийса вогIуш ву-вац»,– аьлла хазахеттачу хенахь,  доккха диллина  Ленинан сурт дара боху и. Вела а къежна куьг айинчу Ленинана суьртан кIел яздина дара боху: «Нийсачу новкъа догIу шу,  накъостий!» Оцу бехачу новкъахь кхин цхьа а билгало яцара, боху. ДIахьаьжча, нийса вогIуш а ца хиллера ша.

6

Политика. Салман Рушдис бусалба дин, Мохьмад пайхамар а бехвеш книга язйинера. Аятола Хомейнис пхи миллион кхайкхийнера цуьнан коьртах. Салмана шена бехк ца  биллар дехнера. Дуккха а пачхьалкхашкахь юхкучуьра дIаяьккхина цуьнан книга. Гонаха детективаш баьхна ларвеш ву Салман. Адамийн бакъонаш ларъяр лору цара и. Иза индус  ву, Англин гражданин. Америко, Англис а дIакхайкхийнера, цунна хIума хилахь шаьш могуьйтур цахилар. Иза адамийн бакъонаш хьашар хета царна. Делах тешачу нехан дог-ойла хьехош а яц. Хомейни-м Американ, Англин, Израилан, кхечеран а методашца лелаш хилча, цига къайллаха цхьа-ши стаг а вахийтина, вейтича а волура, лаккхарчу трибуни тIера цунна наьIалт а ца кхайкхош. Наггахь массо а нуьцкъалчу пачхьалкхан политика суна стенах тарло хьуна аьлча, шайна пайденна  долчу хенахь, дийнна халкъаш хIаллакдан кийча а болуш, ткъа цхьа стаг бахьанехь, шайн политически козырь яккха йиш хилча, адамийн бакъонаш ларйийриш а хуьлуш... Хуьлийла и Рушди я Сахаров. А. Хомейни вели. С. Рушди вуьйцуш хезаш вац. Вуьшта, суна хеташ а доцуш, балггала дерг цхьаъ ду. Мел йоккха дешан маршо хиларх, цхьана а стеган бакъо яц Дела, Делан элча, бусалба дин а сийсаза дан. Кришна олийла ахь цунах, Пхудда, Яхве, Христос я  АллахI, вай кхета деза, Дела цхьаъ  бен цахилар. Цунах кхетахь, адамаш бертахь, ирсе а дехар ду. Ца кхетахь, гуттар а декъаза. Нахана,  шаьш хьекъал  долуш ду а моьттуш, хIумма а ца хаа. Мацах Сталинан заманахь санна, айса ца ешнашехь, книга, автор а емал ван ца лаьа суна. Цундела ас  царах лаьцна хIумма а  ца олу. Кхин цхьа хIума а ду. Хомейнис цунна оццул реклама ца йинехьара,  цуьнца  бала  болуш цхьа а хир вацара. Эцца туьканашкахь тIе чан йиллина лаьттар  яра-кх цуьнан книга... Хьанна хаа, хIинца Нобелан совгIат дала а мега…

7

Райкоман бюро. Райкоман секретара, шена ткъа эзар каракхаьчча, совхозан директор хIоттор ву олий, дош ло цхьанна. «Диъ даьлча юхавола.  Райкоман бюро хир ю. Цигахь чIагIвийр ву хьо директоран даржехь». Бюрохь, гола тIе ког а баьккхина, куро Iаш ву хIара. Шен гIуллакх хьахадаллац бохуш. Совхозан директор. Секретара хеставо хIара: «Болх бевзаш, нахаца ваза хууш, нехан пусар деш, наха лоруш а ву… Амма… гой шуна кхуьнан хиъна Iер? Гола тIе ког а баьккхина. Сатта а сеттина. Райкомехь ву-кх хIара! Директор хIотта а вахь муха хир ву, аьлла хета шуна иза?.. ДIахьовсийша дIо-о юьстаха Iачуьнга. ГIийла ву, къона ву, хIинцца дешна ваьлла цIавеана. Цунах директор валур варий-те вайга? Хьовсий вай? Ша оцу предложенина реза волчо куьг айиша». Хоржу. Цо диъ далале веана ткъе пхи эзар делла хилла.

8

Секретарша. Начальникана тIе цуьнан секретаршин дегIа тIехула бен ца кхачало.

9

Заманан зуда. КIентастеган ца деш долу сий до Iедало жерочун. Колхозхо. Жеро. ЙоI кхобуш Iаш юьртан депутат. ЦхьамогIа партконференцийн депутат. Къемата де орденаш, мидалш... «Муьлх-муьлхха а стага а дийр дац цо санна цIенош», – олу юьртахь. Нахаца лела. Да, вежарий а бац цуьнан. Девашас урс детта цунна. Ялаза юьсу. Деваша...

10

Iилманчаш. «Доказать» дан лиъча далур доцуш хIумма а дац! Лиъча, «нохчмахкой» боху дош а дерзалур ду кхечу маьIне. Нохчмахкой – нохч махкахой. Нохчий (чеченцы), махк (мохк-земля), махкахой (земляки). Нохч-махкой – нохчийн махкахой, аьлча а земляки чеченцев. Ишта бу-кх тIаьххьарчу хенахь вайн махкахь баьржина Iилманчаш.

11

Жоьлгаш, лергаIахарш а. Автобусаш, троллейбусаш хозрасчетехь ю. Хьалхара неI йоьллий берриш а пхикапекаш луш охьабуьссу. Транспорт-м тохара санна тоьаш яц. Хьанна хаа оцу ахчанах Iедалан дIа мел кхочу? Кхача дезачу дIакхачале бузо безаш мел хир бу уьш! «Законехь чIагIйина жоьлгалла ю-кх», – олу наха. Ахча дерш «Жигулеш», «Волганаш» хоьхкуш лела. Доцурш – автобусаш, троллейбусаш тIехь пхикапекаш кхоош лела, тIехьара неIарш ца йоьллу-те бохуш, «лергаIахарш».

12

Перестройка.
– Перестройка йола ялале вайн хиллачу дахарх лаьцна хIун эр дара ахь?
– ГIулч хьалха, шиъ хIехьа а.
– Ткъа хIинцалерчух?
– ГIулч хьалха, цхьана меттахь шиъ а.       
– Взятках лаьцна хIун эр дара ахь?
– Йоккхуш хилча, дIаяла а деза.

13

Районан дозалла. Дуккха а шерашкахь тхан районехь Сийлаллийн уьн тIехь колхозникаш, тайп-тайпанчу предприятешкара белхалой а бара: слесарш, механизаторш, хьелиозархой… Ткъа Сийлахь лоруш МРО-н управляющи, совхозан директор, райкоман секретарь, кхиболу хьаькамаш а бара. Цу хенахь райкоман секретарь районан да вара. ХIинца дерриг Iедал а райисполкомашка дирзина. Ткъа Сийлаллин у-м деса кхозу...

14

Хьалха-хIинца а. Ас лоруш волчу яздархочо, Распутин Валентина яздо, ца кхета ша, стенна оьшу адмана ткъех костюм я ткъех пара мачаш. Iуьйренна, делкъенна, суьйренна, аьхкенна, Iаьнна бохуш. Сан даима а дог детIа жимма а гIуллакх нисделлачу я гIуллакхехь волчу стага цу тайпана хабарш дийцича. Хатта лаьа: «Хьан кIентан хир ю оццул?» ХьасттагIа, сайлла лакхарчу курсехь дешна кIант вайра суна.
– Болх муха бу хьан? – хаьттира ас.
– Хаац, доьшуш волуш «къен студент» вара со. ХIинца «къен хьехархо» а ву-кх, – элира цо.

15

ТIус. Стенна дара а хаац, тахана, цIеххьана ойла кхоллаелира: «Сонта ву шампански тIус санна». И чIогIа хаза а хийтира, вевзаш волчу цхьаьна корреспондентана тIедоьгIна. «Дела реза хийла хьуна», – аьлла, цуьнан кабинет чуьра араволуш хилла сан накъост. «Собар дел цкъа. Суна кхин цкъа а дела реза хийла ма алалахь». (Накъостан метта хIоттаво ас суо ойланехь. Воьхна, юьхьIаьржа хIоьттинера ша, дуьйцура цо. Коммунист ма ву корреспондент.) Цо ша баркалла бен ца олура. Я оьрсийн маттахь спасибо. Пекъар, цунна ца хууш хилла хир ду, и дерриг а цхьа маьIна долуш хилар. Баркалла – Дала къинххетам бойла (Iаьрб.). Спасибо – спаси Бог (оьрс.). «Сонта ву, шампански тIус санна». Бахьана хIун дара а хаац и хаздалар, ша тIус а «выскочка» хилар дацахь.

16

Ворда. Брежнев волуш, Ленинан чул а дукха цитаташ ялайора цуьнан тайп-тайпанчу докладаш юкъара. Партин историн практически занятешка цуьнан белхашна конспект ца хIоттош ваха йиш яцара. И дIавели… ЦIахь бан болх луш: «Маркс, Энгельс, Ленин… а Брежнева не надо»,– баха буьйли. Цуьнан меттиг цкъа Андроповн, юха Черненкон докладаша дIалецира. Керла араяьллачу «Iилманан коммунизм» тIехь карайо Марксан, Энгельсан, Ленинан, царал сов Горбачевн а цIераш. Иштта кхечу книгашна тIехь а. «Халкъан керла кхетам, ойлаяр, хийцина дIахоттор…» Цкъа а ца дезнера суна: «Хьо тIехь волчу вордан ден эшар лакха», - боху оьрсийн кица. Амма цара чIогIа а лоькху-кх и, сих-сиха мукъам а хуьйцуш. И-м хIун дара? Доьхнарг ду-кх, Горбачев дIаваьлча, керла веанарг «квартетехь» болчийн меттигаш хийца волахь.

«ЙИЖАРИЙ»

Сан дийцарш дешначу цхьана жерочо:
– Соьга эвхьаза хабарш ма дийцалахь. Соьгара хIун долу хьожуш хир ву хьо, кхано яздархьама, – элира.
Вай мел бехделлехь, сий доцчу девллехь а, и гучудаккха Iемина дац. Цундела кхетам а артбелла вайнехан. ГIеххьа эладитанийн барам.
Сан оцу, кхин а шина-кхаа дийцаро а инзарбаьхна нах.
ГIароллехь волу стаг мел цецвер вара, шена наб озийначохь, юххехь топ иккхича? Иштта, коьртах жIов а тоьхна тентак баьхна, шайх тоам бина Iаш болу нах сан цхьана дийцаро.
– Это ужас! Клянусь, я читала, и у меня глаза на лоб лезли.
Иштта ю зудаберийн реакци. ТIехь сан сурт дацахьара (редактора суна ца луъушехь тоьхна), цхьа а тешар вацара, и дийцар ас яздина бохучух.

ЗАМАНАН ПРОИЗВЕДЕНИ

Аьхка дуьйна хIумма яздан  кхиъна а вац.
Университет а яьккхина волу со, сайн каникулашкахь  садоIучу  меттана, гIалахь, беза тIулгаш а уьйуш,  болх беш ву. Деша  воьдуш а и болх беш вара со, доьшуш волуш а и болх бира ас. Дешна ваьлча а и болх кхечи-кх суна.
Бакъдац, къинхьегамо  адаман сий  ойу бохург.
Къинхьегамо адаман  сий  дойу. Балхо адамах маймал дина. Дуккха а хIума дов сан, шен хеннахь  дIаяздан йиш а  ца хуьлий. ХIокху аьхка керла  адамаш а  девзи суна, керла  синхаамаш а кхоллабели.
Оцу битамийн бух тIехь заманан  произведени язъян а лаара суна. Боккхачу цIеначу безамах лаьцна роман.

САН КХОЛЛАМ...

Кульчиев Руслана юха а совхозан комсорган болх хьехабо соьга.
– Цкъачунна ма ду и. Нагахь санна со партин райкоме дехьаволуш хилахь (кадраш хийцадалар чIогIа ма ду цигахь, шарахь-шина шарахь хьалаволу), ас хьо дIавуьгур ма ву уггар хьалха. Меттиг ма еъана лаккхарчу партийни школе деша а вохуьйтур ву. Жимма ахь бахьанаш лелийчахьана, наггахь райкоме а вогIуш, хьо гуш хилийта. Оцу меттиге хьехош кхин бераш а ду. Хьуна хаийта боху ас. Амма суна царах накъостий хир бац. Хьан болх ма бу и. Хилча хIун ду хьан кехаташ институте чуделла? Дала аьтто бойла хьан. Конкурсах чакх ца валахь? ТIаккха цигахь, кхузахь а воцуш вуьсур ма ву хьо. Стохка а ца дира ахь хьайга бохург...
ТIе-м леци ас и болх. Амма школехь доьшучу хенахьлера энтузиазм яц сан хIинца.
Ас тахана ен ойланаш дукха гена ю комсомолана.
Литературехь бен сайна ирс карор дац, аьлла хета суна.
Комсомол, цIахь оьшуш хIума а доцуш, тохара Зелимхе аьлла ма хиллара, мичара ду ца хууш тIедогIуш ахча а долуш, карьера йичахьана волучу стеган болх бу. ТIахьара татта а, хьалхара дIаозо а нах болуш. Сан уьш я вуьйш а бац, я ахча а дац.
ТIаккха а бийр бара ас хIара болх, жимма мукъане а нахана оьшуш белахьара. Совхозан конторехь сайн кабинет ю сан, автогараж юххехь. Къоначийн совхозан кхечу  белхалойн а дахаран тидам бан йиш ю кхузахь. Цхьаьллиг цхьаъ я хIокху совхозехь, я хIокху юьртахь а (ишта массанхьа а) комсомолца бала болуш вац. Учётехь болчех дукхаха берш «делла синош» ду. Муха нисло и?
Школехь комсомоле тIеоьцу кегийрахой. Уьш деша боьлху я арме гIо. Деша ваханчо шен карточка схьаоьцу, бисанарш берриш а школерчу секретаран гехь буьсу. ХIора шарахь арахоьцу бераш. Йоццачу ханчохь масийтта баьIа гулло уьш. Тоххара маре а бахана, зударий балийна, белхашка а хIиттина дIасабевлла и нах. Уьш керла хаьржинчу секретарьн бевзаш а ца хуьлу. Цо уьш шен кочара бохуш совхозе дIало. Юьртахь масех школа ю. Ишта гулло совхозехь цхьана а кепара комсомолца бала а боцуш, шайн декъашхойн билеташ стенгахь ду а цахууш, взносаш луш а йоцуш болу «делла синош». Физически дийна а болуш, фактически бан а боцуш. Фактически болуш берш а боцуш хилча, боццушехь болчарна хIун дийр ду? Царах дукхаха берш, доьзалш кхаба гIерташ, Советан пачхьалкх мел ю дIасабахана я ахшо Россихь, Казахстанехь а доккхий, Iай цIабогIу. Юьртахь массарна а бан белхаш бац: белхашкахь болчаьрга а хьо комсомолехь ву-вац, аьлла хоттуш а дац.
Комсомолан сий цахилар ши бахьана го суна.
Цхьаъ, дукхаллин дуьхьа комсомоле бахар.
ШолгIа, цуьнан карахь хIумма а ца хилар.
Дахаран хьал, мехала хIума карахь долчунна тIекхийда нах, я и хIума карахь йолчуьнгара яккха бакъо йолчунна. Хьан и я важа а дацахь, хьо оьшуш а вац. Соьл хьалха хиллачара а тесна битина хIара болх, цундела со яьссачу меттехь ву, ала мегар ду. Совхозехь массо хIума а юхкуш ю. АтталгIа шофераша а машенан тIаьхьалонан меженаш оьцуш ю.
Массо а шайн кадаьлларг лачкъош ву. Гуча ца ваьлларг жуьлиг яц. Гуча ваьлча а ахчано, уьйраша а хIуъа  а дIадерзадо. Ахчанах даржаш дохкар, хьо тIехь волчу хинакеман и кема лелочун а, цуьнан командера матросийн а даржаш дохкар санна хIума лору Платона.
Ишта хьал ду тахана вайн пачхьалкхан кеманна тIехь дерг а. Теттина ахча делла, совхозан директоран гIуллакхе охьахиъна волчу стагана стенан бала хир бу: совхоз денъярна, кхиаярна я шена карадогIучу соьмана?
Ткъа хIун некъаш ду цунна и карадан?
Йолуш ерг, йогIуш ерг а йохкар, долаяккхар а. Кхечу тайпана аьлча совхоз «яар», йохаяр а.
Оцу кхолладеллачу хьолехь хIун далур ду комсомолан секретаре? И хьал ерриг а пачхьалкхехь, пачхьалкхан массо организацехь а хилча?
Амма хIетте а, ас сайн кхоллам комсомолца бузур бара, дуьненна тIехь литература яцахьара.
Со конкурсах чакхваьлла. Руслане сайна бехк цабиллар доьху ас. Со гIалахь, и Шелахь, хиларх, накъостий дуьсуш ма ду тхо. Йолалушшехь, комсомолехь йолу карьера хеда сан.

КIОХЦАЛШ

Эрмалойн яздархочун Гурунц Леонидан «карабахийн мальва» тIехь ду:
Ира кIохцалш Iитталуш хьораман заза даьккхира ша. Зезаг санна кIеда, хаза, мерза хьожа йогIу заза... Къизачу хьорамо куьг а дагийна, лазар сацон «хIуп» а бохуш, зезаге шабар дира ша:
– ХIунда къастийна ахь, хIунда веза хьуна ишттаниг?
Мархал а делла, исбаьхьалла яйначу мальвано олуш хийтира:
– Цуьнан кIохцалш долу дела. Цара со ларйо дела, сан сий дайа гIертачех...
И доьшуш, цу хIаллак хиллачу мальвано, нохчийн мехкарийн ойла яйтира соьга. БIе кхузткье итт шо ду нохчийн лаьмнашкахь хьораман кIохIцалш кеггадо. ХIинца-м хьаъа а тIе куьг хьо зезагна, эвххьаза, куьг дагорна а ца кхоьруш... Цо заз а хоьцу.

ЛОГИКА

Наггахь автобус тIехь, хьуна дагахь доцчуьнгара, кху тайпана алар хаза а тарло:
– «Не имей сто рублей, а имей сто друзей». ХIора доттагIчо а шишша сом делча – ши баьIа сом хир ма ду.

ХЬЕКЪАЛ

«Знания не есть ум», – аьлла Пифагора. И чIогIа нийса хета суна. ХIума хаарх, книгаш ешарх, яъярх тоьаш дац, дуьненан, вахаран хьесап дан хууш ца хилча... Сан лулахо, Муслимов ИсмаIал, школехь вуо дешнехь а, соьл шозза сов хьекъал долуш ву.
– Цецволу-кх со, – элира ас цуьнга цкъа, – хьалха стагана тIаьхьаша олуш хилларг, хIинца, бIаьрнегIар ца тухуш, дуьхьал дIа а хIуттий дуьйцу-кх, бакъдоций хуъушехь.
Вела а велла:
– Бакъдерг дийцарх гIуллакх ца хуьлу, – элира цо. – Пуьташ ца боьттича кисанахь ахча а ца лаьтта. Сихха кхачадо. Я тIедан агIо а ца хуьлу. Кхин хIумма а ма дац наха къуьйсург… Дуьненан даьхни, рицкъа, шаьш дIатарделла, шайна карайирзина меттиг а. Даима книгаш йоьшуш Iийна, хьуна цеце ду и хIумнаш. Жимма хьо неха-нахана юкъаваьлча хуур ду хьуна. Хьан жимма а царах хьакхалуш гIуллакх Iоттаделча. Нахана, шаьш доцург, цхьа а ца веза…

КЪА

Автобус тIехь вогIуш ву со. Къона зуда ю хиъна Iаш. Хаза кеч а елла. Кхоъ бер ду цуьнца. Цхьа кIант, ши йоI а. Стендаль дагавогIу суна. Госпожа де Реналь а. Къа латадо ас сайна.

ГIАЛАРА БЕЗАМ

Дуьххьара ас дина къамел дика тIеийцира цо. Ас кховдийначу некъана реза а хилира иза.
Юха гича хераяьлла карийра суна йоI. ХIетахь, со гIалара ву моьттуш, Iехаелла хиллера и… пекъар.

КЪОНАХ

Цхьана хенахь, новкъахула вогIуш волчу къонахчун ларамаза бIаьрг кхетта охьа а таьIна пазат хьалаузуш йоллучу зудчух. ПIелг а Iоьттина, шен бIаьрг баьккхина боху цо: «Хьарам бу хьо», – аьлла.
Ойла еш Iа со. Тахана-м цу тайпа «хьарам» бIаьргаш даха волахь, массо къонах а бIаьрзе вуьсур ву.

БАДУЕВ ДАГАЛОЦУШ

Цхьана хенахь наха халонаш хьегна «шира Iадаташ» бахьанехь. Мардех бехк лаьцна, несо шен бер гIу чу дожийтира. КIанта, шен куьйгах тасаелла Iаш йолу зуда а, дех къаьхкина, бердах яхийтира.
Тахана-м хийла несо марда, марнана а, хийла кIанта – да, нана а гIу чу, бердах а дохуьйту, тидам ца беш.

БАЗАРОВ

– Тхан дедас латта аьхна, – мацах цкъа дозалла хеташ хила Базаровна.
Тахана, хIора а, кога йоха наьIар мачаш а йоцуш Iийна волу, шен деда хьолада хилла, бохуш, чIагIдеш лелачу хенахь, эхь хетар дара цунна  иштта ала. Бакъду, нигилистийн башхалла - наха эхь лоруш, лечкъош долу хIума дуьххьал дIадийцар ю.
- Сан берриг а дай гуттар а халкъаца, латтанца а боьзна хилла, - аьлла И. Бунина. Амма оцу дешнашкахь элийн тIаьхьенах, цIийнах волчу «барчукан» хьу хаало.

МОТ БАСТАР

Мот бостург несана ахча хIунда ло?
Шега и бостуьйтург цо дала дезаш дацара и?

Мотт баьстина кIира даьллачул тIаьхьа, цхьамма аьлла несе:
– Ахь юха а мотт кхобург, ас кхин а ахча лур дара хьуна.

САН ЦIЕРАШ

Воккхаха волчу вешина зуда ялийча:
– Жиманиг, – хилира соьх.
ШолгIачунна ялийча:
– Жима кIант.
КхоалгIачунна ялийча:
– Дика кIант.
ВоьалгIачунна ялийча:
– Хаза кIант.
ПхоьалгIа – со ву. Сайчо:
– ХIей! Хезий хьуна-а?! – эриг хир ду-кх...

ЦIЕ

– Эвла юккъерчу вайн туьканах цIе яьлла, – аьлча, воккхачу стага:
– ЦIе яьлла-м дукха хан яра цунах. КIур хIинцца гучу бели-кх,– аьлла.

МИЧАХЬ Ю-ТЕ ТХАН МЕТТИГ?

Ши-кхо бутт бу со ГIалахь институтехь балхахь волу.
Сайца цхьана секторехь Джанаралиев Iимран нисвелла, воккхавийна а ца волуш вара со. Дукха хан ялале, Iимрана:
– КъинтIера вала суна, – боху соьга, – балхара дIавала воллу со. ХIинца жима а вац со. Доьзалехь а воккхаха верг ву. Кегийнаш а доьшуш бу. Со хIинца а цIерачийн кочахь Iийча нийса  хир дац. Суьйрана  чу а вахана эвхьаза ког хецна, паргIатвала меттиг цахилар а дош дац. Хьайна луъучу хенахь еша, хьайна луъучу хенахь яздан а. ХьошалгIахь лелла вер вац. Зуда  ялон а еза. Жима вац хIинца. ТIаккха а шен юьртахь доцург дош дац. Нехан дикане, воне ваха, ван а йиш ца хилча хьоьх, соьх а хIун до? Цкъа бен вай дехаш а ца хилча...
Джанаралиев Iимран чIогIа дика кIант хеташ вара суна даима а. ШаIранис ма-аллара, цхьана агIор яа хIума а йиллина, вукху агIор Iимран хилча, и юург ца яа а цуьнан къамеле ладоьгIур долуш. Оццул хаза хабар долуш, оьзда кIант ву иза.
ХIара институт а чIогIа ледара меттиг ю. Йоцчу новкъа ю-кх. Алапа - шийтта туьма. Цхьана хенахь немцойн хьоладе цIено хилла хIара. Революцин хьожа ма еллина, шен цIено дIа а доьхкина иза дIавахана. Цу хенахь чIогIа хаза йина гIишло хиллачух тера ду хIара. Амма хIинца дола дан стаг воцуш, ерриг а йоьхна, яаелла дIайолуш йоллу. Iилмана, культурана а къевлина ду Iедалан бохча. Цундела тароне терра вайн гIуллакхаш а ду-кх.
Эхь дац хIара, дуьненан массо маьIIехь компьютерш яьржинчу хенахь, дийнна тхан отделан куьйга зорба туху машинка а яц бохург?
Iимранал а масех шо жима хилар бен, кхин хьал долуш вац со а. Суна новкъа ду и балхара дIавалар. ХIоккхахь суо ваха хуур ву, аьлла хеташ-м со а вац, амма хIокху балхе безам чIогIа бу сан. ХIара ши-кхо бутт а тоьъна  суна, кхузахь берш Iилманчаш боций хаа. Шайна долчух тоам беш, даккхий хьашташ доцуш, шайн хьекъалан таронаш, барам хууш бохкуш нах бу.
«Ванах, хьо дIакхевддинчохь ду-кх изза хьал. Мичахь ю-те сан а, со санначийн а меттиг?» – ойлайо ас.


Рецензии