C 22:00 до 02:00 ведутся технические работы, сайт доступен только для чтения, добавление новых материалов и управление страницами временно отключено

Дневник. 1991

НЕВРОПАТОЛОГ

Арми хьахаелча, Джабраилов Мусана дийцира ас, букъ лазабаьлла со лоьрана тIевахар.
Тхан эскаран декъан лоьро, гIала, невропатологна тIехьажийра со. ТIеман поликлиникехь берриш лоьраш полковникаш, подполковникаш а бара. Майорал лахара цхьа а вацара цигахь. Салташа шайн йолу, йоцу а цамгарш юьйцуш, баккъал а цхьаъ лозуш веанарг а, башха тергал ца вора цара. Стоьла хьалха, карточкаш тIе цхьацца яздеш Iаш волу, полковник хьалатаьIи со чоьхьаваьлча.
– ХIун ду хьан сагатдеш? – боху хIокхо.
– ГIодаюкъ лозуш ву со, – боху ас. Доьдуш, догIуш дара сан ан. Воьдуш лаьтташехь, цIеххьана, стелахаьштиг тоьхча санна, суо волччохь кхоссалора со. Цкъацкъа хиина я агIор ваьллачура гIатта а ца лора, гIодаюккъехула букъ хедаш санна. Тахана жимма паргIат а хетта веанера со.
– Охьахаал, – аьлла, топчан тIе бIаьрг хьажий цо. – Гола тIе ког баккхал. Дукха хан юй хьан букъо сагатдо? Ишта лазавой? – аьлла, голах жIов туьйхи цо. Носта, сан йоцуш санна, кхоссаели.
– Ца лазаво, – боху ас.
– ДIавижал. Ишта лазавой? – аьлла, бакъахьара ког, дечкан болуш санна, хьала-охьа туьйхи цо. Юха важа а.
– Ца лазаво, – боху ас.
– ДIавало, хьуна хIумма а ца хилла, – эли соьга полковнико. Со ма ву, букъ лазабаьлча, дегI дIа а ца нислуш халла лелаш. ХIун бохур ду ахь цуьнга?
Эскаран декъе юхавеъча, майор Сазоновга боху ас:
– Хьуна со вевзий?
– Вевза, – боху.
– Косить дан цхьа а бахьана дуй сан?
– Дац.
– Со букъ лозуш ву-кх, – боху ас.
ТIаккха цо итт сеанс ток а язйина, жимма гIоли хили суна.

Ас дийцинчо кхин дагадаийтира Мусана.
– Цхьа воккха стаг хилла невропатолог тIе вахана. «Гола тIе ког баккхал», – аьлла, дикка ластийна голах жIов тоьхна. «Лазийрий хьо?» – хаьттина воккхачу стаге. «Лазийра ас дешначу КъорIанора. Ас тоьхча хьо а лазор ма вара», – аьлла воккхачу стага.

ДОТТАГIИЙ

Нийса схьалаьцначун хенан йохалла маьIна ца дов. ХIара кхин а цхьа масал ду Лессинган кхоллараллера.
Массарьрца а ийна йолчу цхьана зарзарна, хьун яьккхина болчу илланчашна юкъахь доттагI ца карийна. Гобаьккхина хьоьгурш хилла, шайн-шайн тобанаш а  йина.
«Кхечарна юкъахь каро там бара суна доттагI», – аьлла ойла а йина, тIемаш ластийна тIавусана юххе хиъна зарзар!
– Деллахь, ма хаза ду хьо, тIавус. Со йоккхаюьйкха хьоьх!
– Со а ду-кх хьоьх доккхадуьйш, хьоме зарзар!
– ДоттагIалла леладе вай, – аьлла зарзара. – Вайшинна вовшех хьега хIума а дац. Хьо бIаьргана товш ду, со лерсана.
Ишта ши хьаша хилла зарзар, тIаус а.
ЖамI:
Поэтан, прозаикан а доттагIалла чIогIа хуьлу-кх, шина поэтан я шина прозаиканчул. Цу шиннан вовшах хьега, вовшийн ца веза а бахьана дац. Шен накъоста шегара хьалхе яккхарна ца кхоьру и шиъ. Цундела цу шиннан юкъаметтиг цIена ю, вовшашна еш йолу критика даггара ю, хьагI-гамо яц.

Шайн стагах лаьцна ала вониг а долуш, диканиг эр доцуш нах бу. Царна юкъахь бу яздархой а. Кхо-виъ лаьтташ, цхьаъ дIанехьа ваьлча, цунна луьй, важа ваьлча цунна...
«Со дIанехьа ваьлча, суна а цхьаъ олуш верг вер ву-кх кхарна юкъахь», – дагадогIу суна иштачохь. Олуш верг мила ву а хаара суна. Цундела ас цкъа а ца олура юххехь воцучу стагах вониг. Мелхо а гIо даккхара цуьнгахьа. ТIаккха цара шайн дагахь вас йора суна, дуьхьала хIумма ца алахь а. Шайн ледара агIо а къобал еш воцург, ца везара царна. Суна борша стагехь уггар а товш ца хетарг – эладитанаш лехьор, даржор дара.
ХьагI, Гамо, Цабезам а – кхоллараллийн мостагIий.
Со Дала ларвина царах.
Хийла со жима волуш цецвийлина, цкъа а ца моьттина хIумнаш карадо суна нахехь. И кхачамбацарш цаьргахь делахь а, сан дагна дукха безаш, сан сина гергара а нах бу уьш. Наха шайн диканаш лур бац. Кхин диканаш вай бан а бац.

Иза церан школе деша веара пхоьалгIачу классехь. ГIалахь кхиина, дешарна шера вара иза. Хьехархочо дуьйцург а сиха схьалоцура цо, къа а ца хьоьгуш дианнаш дохура. Цо шена доттагI къастийра массарна а юкъахь. Иза школехь тоьлла дешархо вара. Цо шеца, шен накъосташца а тIех забарш ца йойтура цхьаьнгге а. Бераша урокашкахь къуьйсура цунна юххера меттигаш. Тайп-тайпана классаш чохь хийцалуш хууш, масийтта вара уьш. Хьехархоша а лорура цунна юххе хууш верг. И бахьанехь, йоццачу хенахь, шен дош а долуш дIахIоьттира иза, шена кIеззиг девзачу берашна юкъахь. Царах цхьаъ санна. Урокаш чакхъевлча, делкъал тIаьхьа, хIора дийнахь бохург санна, и волчу хьошалгIа воьдура иза. Цхьаьний цIера болх, урокаш йора цу шимма, вилспеташ хоьхкура, я хи тIе лийча гIора.
Ишта ялхалгIачу классе бевлира уьш. Цуьнан уьйр кхин тIе а чIагIъелира.
Цхьана дийнахь оьрсийн меттан, литературан а хьехархочо сочинени елира царна. Сочиненин тема: «Сан доттагI».
– Сан масийтта ву доттагI. Массарах а лаьцна яздан мегар дуй? – элира цуьнан доттагIчо.
ХIоранна а дагахь изза дара.
– ДоттагI цхьаъ бен хуьлуш вац, – элира хьехархочо.
Къасто хала делахь а, цхьацца билгалваккха дийзира церан. Цо хIара къастийра, хIокхо важа, вукхо – кхин…
Урок дIаяьлча, хьехархочун стоьла тIера схьа а оьцуш, вовшийн сочиненешка хьевсира уьш. Цул тIаьхьа херо юьйлира доттагIашна юкъа. Ишта накъостий хилира царах…

И шиъ пионерийн лагерехь вевзинера. Комсоргийн курсашкахь. Цхьаъ оьрсийн, важа нохчийн гIиллакхехь кхиъна. Сарахь дIавижале, маьнгеш тIе агIор ваьлла, дукха къуьйсура цу шимма. Оьрсийн гIиллакхашца кхиъначунна, нохчийн Iадаташ акха хетара. Вукхо церан цIаналла, хазалла юьйцура. Вовшех ца кхетара и шиъ. Хьалхарчунна ша шен халкъал лакхара, хьекъал долуш хетара. ШолгIаниг халкъан хьекъалх цецвийлина а ца волура. Оццул тайп-тайпана амалш йоллушехь, ши хьаша хилира цу шиннах. Эскаре вахча а вовшашка кехаташ яздеш. Студентийн шераш а цхьаьна дIадахара церан. Цхьамма нохчий мотт, литература а Iамош, вукхо дуьненан географи. Дешна ваьлча, цхьаъ институте, важа университете балха вахара и шиъ.
Нохчийн гIиллакхехь кхиъначуьнца институтехь болх беш цхьа йоI яра. Цунна чIогIа хазахетара иза. Еккъа цуьннан цхьанна дуьхьа а ван мегар дара кхуза балха, аьлла хеташ.
Цхьана дийнахь жима стаг веара и йолчу. «Кхуьнан тIехьийза кIант-м хир вац хIара?» – ойла йора кIанта. И цуьнан ваша вуй хиъча чIогIа хазахийтира цунна. Иза цхьа экзамен дIа ца ялалуш, цунах бала хилла, сесси дIаерзо йиш йоцуш, йише гIо деха веанера. ЙоIа кхуьнга элира:
– Хьуна вевзий хIокхо вуьйцург? Ахь гIо дийр дарий?
– ХIун предмет ю и? Мила ву шуна хьоьхуш? – хаьттира кхо кIанте.
ХIара санна гIуллакх хилча, хьайна ца вевзачу хьехархочунна тIеваха хала дара. Вевзаш хилча а ца тешара вовшех. Ахь шега тIе а юьллийтий, хьайна ахча оьцу моьттура. Шаьш оьцу дела.
Экзамен схьаэца езарг шен доттагI вуй хиъча, юьхь серлаелира кхуьнан.
– Сан хьаша ву и-м, – элира хIокхо.
– Соьга тIе а ма вола аьлла цо. Ша юьллур яц.
– Сан цIе а яккхий, хьо ас ваийтина алахь, – элира хIокхо.
– Деллахь ма эрна ду и. Хьуна дика вевзий-те иза?
– Ас ца боху хьоьга, ахь сан цIе яьккхичахьана тоьаш ду-кх хьуна.
Цо ваийтинчунна ша юьллур йолу дела, шен цIарах тIевахчахьана тоьа моьттура цунна.
– Хьуна лаахь, ас записка а язйо-кх цуьнга.
– Цхьаьний дахийтахь вай цига, ; элира йоIа.
– Ой дера дохуьйту ас-м. Хабар дIатоьхчахьана тоьаш-м дара цуьнга, ; элира хIокхо юха а.
ДоттагIчо шийло тIеийцира хIара. Сесси йолчу хенахь гуш лаьтташехь хийцало-кх хьехархой. ХIокхо деана гIуллакх хиъча:
– Фамили хIун ю цуьнан? – хаьттира цо. ТIаккха: – Цунна йилла йиш яц. Ас юьллур яц аьллера цуьнга. Занятешка ца лелла иза.
– Цуьнан массо хIума а дика хилча-м, со хIунда вогIуш вара хьуна тIе?
– Цунна йилла йиш яц, – элира цо юха а.
– ХIун гамо ю шуьшинна? ХIумма а диний цо хьуна?
– Ца дина. ХIоттор яц аьллачул тIаьхьа, тIейиллича, со атта хетар ву цунна.
– ХIинца цунна юьллуш ма яц ахь и. Суна юьллуш ма ю. Со юьхьIаьржа хIуттуш ву хьуна, ахь тIе ца йиллахь. Хьуна лаахь ас чукхойкху хьуна иза. «ХIара бахьанехь юьллуш ю хьуна тIе. Вуьшта, хьайна гур йоций хаар-кха хьуна», – эр ахь, хьо атта хетарна кхоьруш велахь.
– ХIахIа.
– Вита аьлча, лурвоьлла стаг ма вуьту наха. Ма чIогIа воллу хьо. Со-м цкъа хабар даийтина IадъIе дагахь вара. ГIеххьа тергал дийр хилла ахь и.
– Кхин а гIуллакх хир ду хьуна хьан. Юха хьовсур ду вай.
– Сан кхин цкъа а хир дац хьоьца гIуллакх. Хилча а, со вогIур вац.
И шиъ дIасакъаьстира. Учахь шега хьоьжуш долчу шинга:
– Бехк ма билла. Суна вевзарг ца хилла иза, – элира цо.
Кхин хIокхо йоIе хатта а ца хоттуш, цо ала а ца олуш, цунах хIун хилира ца хууш вара иза. Кхечу хьехархочунна дIаяла а йиш ма яра, деканатехь, кафедрехь а дийцича. Дикка тIаьхьа хиира цунна, хIеттахь, пхеа туьманах тIехIоттийна хиллера цо и. Дагчура вас хIинца а дика дIаялаза волчу кхуьнан, даг тIехь цхьа пха хедира, и хезча. Цу пхаца цхьаьна дIахедира доттагIчуьнца йолу тIаьххьара уьйр.

КООПЕРАТИВ

Перестройка бахьанехь кооперативаш, туьканаш яхка буьйлира нах. Минуткехь а йиллира кафе, «Ислам» аьлла цIе а туьллуш.
Дукха хан ялале арара у дIадаьккхина карийра суна.
ЧIепалг кхалла чувахханчохь, хаьттира ас:
– У стенга дахана шун? – аьлла.
– ДIадаккхийтира тхоьга, – элира цара.
– Перестройка  яц вайна?
– Райкоме кхачаза хир ю-кх и.
Юха а, дукха хан ялале, керла у гира суна.
«ИсмаIал» яра кафен цIе.
И магийнера царна.
«Дела гуш ву», бохург дуй ца хаа хьуна и райкомехь болчарна, ойла хилира сан.

ТУЬЙРА

«Вехаш Iаш хилла», олий, дуьйлало муьлхха а къоман туьйранаш.
Нохчий маттахь «жили-были» бохучу маьIнехь лелла ца Iаш, «жил богато» бохучу агIор кхето а тарло и... Билггал, тахана дехачу вайна туьйра дан а ду и. Суна бакъдерг яздан лаьа туьйранехь а. «Къелла валла воллуш Iаш хилла...»

МУТТ

Евзачу йоIа дуьйцу суна:
– Вокзалехь буфет чохь практикехь йолуш, кемсийн, Iежийн сокашна нийсса ах хи тухура оха. Цкъа «Тбилиси-Москва» поезд сецча, цхьа-ши мечик еа тIе. «Да-а, вот это видно, что настоящий сок», – боху цхьамма вукхуьнга. «Деяла шу, делаI. ХIара а баккъал а сок хетта йолу, цигахь ма гIурт мийлабо хир бу», – бохуш Iий тхо. ХIетте а реза бац вайнах, хьажахь...

АСФАЛЬТ

Цкъа а Теркайистехь хилла вацара со.
Юкъахь кегийра даьIахкаш йоцуш, дум санна болу цIен чIара Терк чохь лоцуш буй а, цигарчу ярташкара мехкарий Балтикера зудабераш санна лекха, хаза а, ехий настарш, хьаьрса месаш йолуш хуьлий а хаара суна.
Кхечу юьртара стаг вевзича, цигара цхьаъ вевзаш хиллехь хоттуш Iедал ду-кх вай, хьенех вевзий хьуна,  олий.
Соьца университетан юкъараIойлехь цхьана чохь Iийна накъост Сайдулаев Шамсуди а, со интернатехь болх беш волуш хилла дешархо Имниева Хьава а, цхьана хенахьлера цхьацца сатийсамаш а бара оцу агIор.
Тхо долчу агIор вехачу стагана ахь Наур аьлча а, Надтеречни аьлча а цхьаъ ду. Ишта цигарчу нахана а хета хир ю Гуьмсе, Шела, Ножин-юьрт...
Тхан девешин кIентан, Самадин, накхарш дара Теркайистехь. Цигахь моз дика доккху аьлла даьхьна. Гурахь уьш цIадерзош яьшканаш машен тIеюттуш гIо дан ваханера со. Сайна бевза безачийн ойла а еш, керлачу нахе, меттигашка а хьоьжуш Iара со бехачу некъахь.
Россехь санна хецца мехкаш ду цигахь. ПаргIат Iайла ду. Доккхачу декъана адам Iаш долчу меттигца боьзна бу стеган синкхетам. Сайн накъостийн амалех, къамелех а кхета атта дара суна хIинца, уьш беха меттиг гуш... хIумма юхадерзо, нисдан а йиш йоццушехь...
«Гонаха, некъаца а цхьа а юьрт йоцучу хIокху эрна арахь а асфальт ю-кх», – бохуш цецвуьйлуш вогIура со. Го баьккхина гIамарш  яра, наггахь гунаш а долуш. Цхьаммо терго еш а доцуш шинарш, бежнаш дара дежаш.  Дехьо дийнна рема яра, наггахь лаьтта це а тухуш, халла когаш текхош лелаш.
«ХIорш дика-м баьхьа цхьа а Iу  воцуш хIара даьхни ишта хецна дита. Ишта хIара паргIат мехкаш карадерзо дезаш ма дара нохчаша, шайн юьртахь бархI соти а ца кхочу латтанаш ца къуьйсуш. Дийнна ярташ схьакхелхича, хаалур а ма дацара и. Берриш а хьуна бевза-безарш юххехь хилча, хIун башхалла ю мичахь Iаш ву хьо: Энакхаллахь, Гуьмсехь я Теркайистехь?.. Рицкъа лоьхуш, хIара дуьне мел ду дIабоьлху вайнах. Цигахь ткъе итт шо даккхахь а, цхьа синтар ца дугIу, велларг цIавалаво, гуттар а хьошалгIа дахча санна Iа. Цул а гIоли яцара Нохчийчоьнан гонаха долчу, къаьсттина хьалха заманахь вайн хиллачу мехкашка дIатарделча, цигахь шайн кешнаш а долийча? ТIаккха тIекхуьучийн Даймохк хир бацара и? Дуьненан рицкъа, сом, Iе-ваха меттиг а юххехь лаха езара, Казахстанан Россин, аренашкахула дIа а ца доьлхуш», – ойлайора ас.
Кирхьан машен тIаьхьа хоьттина йогIуш яра тхуна. Тхо тIехь долу «Москвич» цIеххьана шерачу асфальт тIера гIамарш юкъа иккхира.
– ХIоккха кхаччалц схьабеана некъ, кхузахь хада хIунда бина-те? – элира ас.
– Некъ кхуза кхаьчча юьйхира Советан пачхьалкх, – элира Самадис.
Со велавелира. Наггахь хаза хIума олуш ву-кхи иза.

ЛИТЕРАТУРА

Нийсса цхьана шарахь шифоньер чохь кхозуш лаьттинчу сан костюмана юкъ-юкъа матар теснера. Несе дIа а елла цIанъяйтира ас и. И  яьлча, цо биначу белхан мах а хадийна, тIеюьйхира ас. КIади цIена хетара. Вахана куьзгана чухьажча: «ХIара цIан  ян а  йиний-те?» – аьлла  хеташ, тохара санна  гуш дара томмагIнаш. Со чIогIа цецвелира. ТIера схьа а яьккхина, юха а лерина хьийжира со. БIаьрго  схьалоцуш хIумма а дацара. Юха а тIе а йоьхна куьзгана чу хьаьжира. ТаьIина сийначу баса тIехь дика къастара кIай хьоькхнаш.
«Хьажахь, иштта ду-кх дахарехь а, – ойла хилира сан. – Хийла вай  магош, лелош а дерг, дIаяздича боьха хета-кх... Литература – и куьзга ду, олу. Ас а тоьшалла до цунна».

АМАЛ

Жан де Лабрюйера вуьйцу Теон боху цхьа къонах.
Ткъе итт шарахь аббатан декхарш кхочуш деш хуьлу иза. Эххар а и кIордадо цунна: чIогIа хьалавала лаьа балха тIехь. Амма дийнош дIаоьху, кхуьнан дахарехь цхьа а хийцам боцуш. ТIаккха Iедална лен хIутту иза, хинболу бохамаш а буьйцуш.
«Деллахь, хьала мел вели а, ваха хала ду-кх», – аьлла, юхавала дагахь а хуьлу иза, цIеххьана цхьаъ-м кхочу цунна кхаъ бохьуш, хьо епископ хаьржина, олий. И дукха чIогIа хазахетта, ша-шех воккхавуьйш: «Со цу тIехь соцур вац, гур ду шуна со архиепископ хIоттош», – олу цо.
Зама хийцаяларх, адамийн амал цхаъ ю.
Вайн заманхо, шен 50 шо кхаччалц нахана ву-вац ца хууш, заводехь инженер вара. Амма кхечарах хьаькамаш а хуьлуш, уьш баха ховшуш, цара доккху-дойу а и ахча, харцонаш а лан ца елла, тIаьхьа халкъ а хIоттийна аравелира иза:
– Вайн Iедал дан а дац!
– Ерриш а жоьлгаш ю!
– ДIабаха беза уьш, я республикехь къемата де хIуттур ду, – бохуш, кхерамаш туйсуш.
Iедало йиначу дуьхьалоно, ша юьхьарлаьцначу некъах гIеххьа шекваьккхинчу хенахь, республикан Лаккхарчу Советан депутат хаьржира иза. Цу хаамо дог айина, мохь тоьхна ца аьллехь а, дагалецира цо: «Со оцу тIехь соцур вац, гур ду шуна со, лаккхара дешар дешна вацахь а, Генеральни директор хIоттош».
Бакъдолуш, Бисултанов Хожа-Ахьмад санна, къамелана говза, нехан дегнаш гIарт аьлла, ира-кара хIитто хууш, кийрахь цIе латош, и санна оратор кхин ваьлла вац нохчийн къомах кху заманахь. Гуьмсехь биохимзавод йо аьлча а, адам гIаттийначех цхьаъ вара иза. Доьхнарг, лидерийн говзачу къамелах Iехаделла, бакъо айина арадаьлла халкъ, шайн Iалашоне кхаьчначул тIаьхьа, дIататта, дохка а кийча хуьлу уьш.

ПРОТОТИП

Вевзаш волчу нохчийн яздархочун роман араяьллачул тIаьхьа, цуьнан накъостех цхьамма дуьйцуш хезира:
– Автора ша воккха яздархо а гойтуш, со идиот гайтар нийса ма дац.
Дагадеара: «Идиот хила а ма тарло воккха».

КЕРЛА ДЕШАРХОЙ

Аргунехь Энгил-эвлара Леча кхета сох. Студенташа Малыш олура цунах. Боккха тамаша бара, юкъараIойлехь кхоалгIа этаж тIера корехула чувоьжча, и дийна висар. ХIетахь дуьйна астагIа ву иза.
– Хьан ши дийцар дийшира ас. «Йижарий», «Некъаш» а. Дика хийтира суна. Тахана вайна юкъахь лелаш дерг ду-кх и. Реза боцучара хабар дуьйцу хьуна. Массо а вац хьуна ахь яздийриг вуо хеташ. Ас школехь берашна а гойтуш лелош яра и книга. Гой шуна? ХIара и ву шуна, тхо цхьаьний дешна ду. Шарипан, кхин а вайн накъостийн дийцарш, стихаш а ма яра цу тIехь. Класс чу охьайилли ас книга. Лачкъийна яьхьи сан книга-м… Хьайн язде ахь. Хабар дуьйцу хьуна. Хьан дийцарш тIехь долу книгаш лечкъа а еш ю-кх. Кхин хьенан лачкъийна? Цара алал…

ПУГАЧЕВА

ТIаьххьарчу хенахь Пугачевас шен цIарах театр а йиллина, доккха гIуллакх ди оьрсийн эстрада кхиарехь. ТIаьхьий-хьалхий дукха иллиалархой наха юкъа бехи цо.
Дахаран муьллха а цхьана тIегIана тIехь нохчех стаг дIанисвеллехь, и вала воллуш хуьлу тIаьхьавогIучо ша дIататтарна (эшар шачул дика лакхарна, книга шачул хаза язъярна, сурт шачул товш дилларна, Iилма шечул сов даларна, шечул цуьнан кхиам хиларна, наха и шел вазварна) кхоьруш.
Цундела и санна йолу зуда нохчех а яьлча, дика заза доккхур дара вайнехан литературо, искусствос а.

ПАРАДОКСАШ

Безам – и цхьа лартIехь доцу хIума ду.

Зуда – гергара стаг яц.

Ша цунах ваьлча мегар вац, аьлла хеттачу дийнахь, йита еза зуда.

НЕКЪАХЬ

Цхьана хенахь Риме, Москва а боьдуш хилла болу массо а некъ, вайн заманахь Куршлойн-эвла бирзина. Йоккха базар хIутту цигахь кIиранах шозза. Амма нийсса Куршлойн-эвла дIайоьдуш цхьа а автобус яц. Моьлкъа-м бийча а, цIога детталуш хилара, хIара Советан Iедал дохарца массо хIума а телхи-кх дахарехь. ХIинццалц хIора эхасахьтехь ма яра цига автобусаш.
Некъа а волий хьалха дIайоьддучу машен тIехуу со.
Гуьмсехь висча, кхин Гуьмсе вогIур вац со, ойлайо ас.
Шелахь хьевелча, Шела-м тIаьххьара веъна хьуна со, олий хета.
Тховса Мескир-эвла гола тухучохь лаьтта со. Уггаре а шийла ю аьлла, цIе яханчу меттехь.
– Автобус стенга йоьду? – тIехьолху нах.
– Куршлойн-эвла, Куршлойн-эвла, – мохь бетта тIера.
Хьалаваьлча тхайн юьртара белхалой го суна цIабогIуш. Зударийн бригада.
Дийно сарралц хIокху шийлачу хенахь арахь болх бина, кIад а белла, хIинца агIор а бевлла Iа уьш, шайна юххе охьабехкинчу тIоьрмигашна тIе кортош а бехкина.
Суна аьрру агIор къона йоI ю хиъна.
Сих-сиха соьгахьа хьожу иза. Тхойшиннан бIаьргаш вовшахкхетча дIайоьрзу.
Зуда ялоза ву со. Сан хенара долу, со тIехьийзина зудабераш дерриш а марехь ду, шайн бераш а долуш. Керла тIекхиъна чкъор ца девза суна. Тахана зуда ялаян дезча а, евзаш-езаш а цхьа а яц юьртахь.
Iаьржа бIаьрг-цIоцкъам долуш, тайна йоI ю суна юххехь Iийриг. Ас, хьенан-мила ю, хотту цуьнга. Цо олу.
Сайца школехь дешна цуьнан ваша дагавогIу суна.
Со столови чу масса воьду тIевогIура и суна, пхи капек ялар доьхуш. Цкъа а кхин дукха а ца доьхура цо. БархI капек елча, коржик а йогIура хIетахь. Ас гуттар а шишай, эппаз а лора цунна.
Жимма къамел диначул тIаьхьа:
– Со шайга веъча хала-м хетар дацара хьуна? – хотту ас.
– Дацара, – олу цо.
– Тохарлерчохь Iаш дуй шу?
– Дац, керлачу дакъош тIехь ду.
Тхайна гена йоццуш ехачу жерочуьнга вистхуьлу со:
– Муха йоI хета хьуна хIара? – олий.
– Деладахь ю дика зуда, – олу цо. – Шен гIуллакх дийр долуш ма ю. ХIумма а балхах кхоьруш ма яц.
– Захало дийца деза ахь суна, – хьахадо ас.
– Дийцича хьо хIумма а дохкуо-м вер вац, – олу цо.
Тхойшиъ охьадуссуш:
– Кестта гур ду вай, – олий, йоIан Iодика йо ас.
Юха сайца йогIучуьнга:
– Баккъал а йига мегар долуш юй и? – хотту ас.
– ХIай, дIавалахь, ахь и юьгур яцара, – олу цо.
– ХIунда? – хотту ас.
Церан деден цIе а йоккхий:
– Церан яц и? – олу цо.
ХIинцца цо автобус тIехь дийцинчух, хIинца бохучух а цецволий вуьсу со.

ЛОВЗАР

Ткъе пхи шо кхаьчча, эххар а, кхийти со: сий, гIиллакх, оьздангалла а – уьш стеган кхачамбацарш ду. ЛартIехь, хьекъал долуш а хиларх пайда ца болу. Вайн заманахь дийно-дийно баха ховшурш, эхь дайнарш, боьхачух ца къехкарш а бу. Наха, гIалат бевлла, лелалуш, шайн гIуллакх далуш а бу, аьлла цIе тиллинарш.
Дахар – къийсам бу, олу.
Дахар – ловзар ду.

ПЛАГИАТ

«Ас ца ешна», бохург бехказло яц.
Еша еза, цкъа цхьамма аьлларг юха ца дийца.

ЖАМI

«Куьйгайозанаш ца догу» (М. Булгаков).
Цундела цара вох а ца во.

ИРАКАРАХIОТТАР

«ИркарахIоттар духкуш дац, – аьлла Пушкина поэтах лаьцна, – амма куьйгайоза дохка йиш ю.
Ирс яI! Цуьнан аьтто хилла. Вайн заманахь Iовдалш бац. Поэтан куьйгайоза цхьанне а ца оьшу.
Тахана массо а дог иракарахIоьттина ву... ахчанна.

КХЕТАМ

Бацалахь пхьид санна. Хьайн нана йижаяй,
Хьайн десара йолахьа тхо долчу сакъера... –

боху эшар хезча, хийла цунна резавоцуш нохчи хаавелла суна. И боьха хета царна.
Цхьана хенахь оьрсийн «гулять» боху дош волавала (йолаяла) маьIнехь лелаш хилла. Суьйрана кIант, йоI а долалуш хилла, вовшийн дагара а дуьйцуш. Эвхьаза яьллачу замано дешан маьIна а шордина. ХIинца «гулять» бохург наха, дай аьлла дитча, «гулящая» (леларг), бохучу хьесапехь кхетадо. Изза ду, аьлла хета суна, цу эшарца дерг а. Цу тIехь буьйцург хьалхалера нохчийн цIена сикъерам бу, дегI-куьг а доцуш. Синкъерам – аларца, къажарца, вовшашка болу безам бийцарца боьзна бу. Са ду кегийчара вовшийн хьоьстург. ХIинца сакъерар – малар, кIур бар, машенахь я вуьшта, нахана ца гучче а ваьлла эвхьазвалар, йолург яккхар а –  и ду.
Хьалха – синмарзо хилла, хIинца – дегIамарзо ю.

Бацалахь пхьид санна, хьайн нана йижаяй,
Хьайн десара йолахьа тхо долчу сакъера...–

и фольклорни эшар ю. Тахана эстрадехь хеза вайна и. Амма бехке эшар яц, бехкениг вайн бехбелла кхетам бу.

Замане терра хийцало стеган кхетам а.
Лергаша цхьа хIума схьалоццушехь, и харцахьа даккха сихло кхетам. ХIун ойла кхоллало, масала: «Пугачевас концерт елира, наха цунна тIараш а диттира», аьлча?.. Дика ду. «ТIараш» хаза дац. Хуьйцу вай и дош. «Пугачевас концерт елира, наха цунна куьйгаш а диттира».

РЕКЛАМА

Российски телевидени реклама гайта йоьлча, вукху канал тIехулу ас телевизор.
«ДIо-о шайн хьолана юкъелла, ехаш йолчу пачхьалкхаша шайн-шайн товарашна реклама йора бохуш, туьканашкахь «хIуп» аьлча, бIаьрга эккха чан йоцург, кхин хIума а йоцуш Iаш болчу, кхара хIун леладо?» – ойлайо ас.

Коммерчески структураш тIеттIа дебаш, пачхьалкханаш гIеллуш схьайогIуш ю политика. Хьо Iедалан туькана вахча,  цхьанне а оьшуш йоцу мачаш, кучамаш, костюмаш а ю. Дукха хьолахь яьсса прилавкаш, яьсса туьканаш... ГIалин администрацин юххехь йоккха «Детский мир» туька ю. ТIехволуш: «Все для детей», – аьлла шира реклама го суна. Тахана хIокху бIарзделлачу дуьненахь дахаран пароди хета и.

Дикачу товарана, хазачу йоIана а реклама ца оьшу.

ЦАМГАРШ

Книжни издательствон редактор болх беш волчу Эльсанов Ислама, ша балхара дIаволу, аьлча, Шарипа, ас а Такалашов Султан хьахийра цуьнга, оцу балха цхьа муьлх-муьлхха а стаг кхача ца лууш.
Шена тIеваийта, хьовсур ду вай, элира Ислама.
Дукха ца Iаш со,  Султан а вахара и волчу.
Белхан хьал, таро йийцаре еш, Султана:
– Аьхка цхьана баттана курорте ваха йиш хир юй сан? – хаьттира.
– Хир ю. Куьйгаш гайта хьайн, – элира Ислама.
Султан цецваьлла соьга хьаьжира: «ХIун ду кхо дуьйцург?» – бохучу маьIнехь.
Ислам Москвахь литературни  институтехь доьшуш волуш каратэ, йога а, цхьацца базарш лелийна вуй хууш:
– ДIагайта, – элира ас.
Диагноз хIоттош:
– МаIаршка хьаьжча а гуш ду и, – элира Ислама.
– Суна а хьажа, Ислам, – аьтто куьг кховдийра ас.
Суна билггала сайца юй хууш йоцурш, цхьамогIа цамгарш ягарйира цо. Царна юкъахь дог а.
– Дог а ду?
– ХIаъ, на нервной почве ду хьан и.
– Яздан волаваллалц-м могуш дара хьуна сан и. Аша дог этIийна лазадаьккхина хир ду-кх, – элира ас вела а велла.

«Цхьа цамгар йоцуш цхьа а стаг вац», – олуш хезнера суна хийлаза.
Воккха мел хили а кхетта со: дегIаца йоцурш, хIора стеган сица а шен-шен цамгар ю. Сан нийсса шиъ ю уьш:
1) хаза йоI хазахетар;
2) хаза книга дукхаезар а.
И сингаттам бахьанехь дегI кIелдуьтуш лаьтта ас, хIинца мукъане а кхетаме ца вагIахь.

– Къийсадаларшкахь кхоалгIа меттиг яьккхина ас, – аьлла боху-кх цхьамма.
– Дакъалоцуш маса стаг вара шу? – хаьттина цуьнга.
– Кхоъ вара, – жоп делла цо.
Нохчийн республикан яздархойн Союзехь 33 декъашхо ву боху. (Я маса ву уьш?) Амма нохчийн литературехь къахьоьгуш болу нах кхузза-доьазза сов бу.
ХIора яздархочун декхар – шел хьалхарчарал дика яздар (яздан гIертар) ду. Оцу къовсамехь хIинцалерчу нохчийн литературехь кхоалгIа меттехь ву со, Айдамиров Абузарна, Бексултанов Мусана а тIаьхьа. И а цкъачунна. Бакъду, нахана дIагайта араяьлла сайн книга-м яц сан.
ЦIарна бен коммунисташ боцучу наха 70 шарахь партина а, пачхьалкхана а куьйгалла дича, зорбане яьлла книга ца хиларх, кхоалгIаниг мукъане а хила ца мега со, оццул кIеззиг болчу нохчийн яздархошна юкъахь?

Шен хазахетарш, халахетарш а шенна ловш, шен ойланаш, баланаш а дагахь къуьйлуш, дешна ваьлчахьана, балха воьдуш заявлени доцург, кхин кехат тIе къолам а хьакхаза верг ирс долуш стаг ву-кх.
Массарал а сийлахь яздархо ву иза.

ВЕСЕТ

Мила ву со? Лаьттахь веха стенна?
Мичара схьаваьлла, воьду мича?
И хаттарш ду сан садууш денна,
Йиш а йоцуш цхьа жоп доцуш дита.
З. Яндарбиев.

Вайнехан хIума кIеззиг дара школашкахь со доьшуш волчу хенахь. Оьрсийн мотт, оьрсийн литература, оьрсийн культура... ХIетахь кхин башха ойла а ца йора цу тIехь. Иштта хила дезаш санна. КIиранах кхо-диъ сахьт нохчийн маттахь а.
«Нохчи», «гIалгIай», «вайнах», «вайнехан оьздангалла», «вайнехан гIиллакхаш» – уьш хьахош я дуьйцуш а дацара. АтталгIа нохчийн яздархой романаш а оьрсийн маттахь йоьшура. ГIалара вайнахах схьабевлла Iилманчаш а бара, диснарг а дохийна дIадаккха гIерташ. Цхьацца хIуманах Iехабелла. Телевидени, радио, зорба – дерриг а партин карахь. Церан тIеIаткъам массанхьа а. Тхуна, кегийчарна, хаалуш дерг – дуьйцуш, хезаш цхьаъ, гуш – кхин. Бакъдерг нахалахь диснера. Цара дийцарехь довзара и. Дахар, политика а шина декъе екъаеллера. Баккхийнаш (дуьне гинарш) партина, комсомолана, Iедална а лоьра. Ас къуьйсура цаьрца.
– ДIавалахь, кIант. Хьуна хIумма а ма ца хаа, – олура тхан ден шичас.
Со уьш «кхето» гIертара.
– Тхан дел а «къена» ву-кх хьо, – олура дадас.
Литературе болчу безамна, университете деша вахара со. Филологически факультетан вайнехан декъехь айина дара къоман хIума. Дерригенал еза яра тхан кхетамехь вайнехан филологин кафедра. Дуьненахь а цхьаъ бен йоцу.
Дуьххьара Бисултанов Аптегара хезна суна, шайн вархIе а ден цIе хаа еза, аьлла. Ас хIетталц ойла йина хIума а дацара и. Хьенан бехк бара и?
Да, доьзал кхаба гIерташ, Iуьйрана тхо гIовттале араволий, буьйсана тхо дийшинчул тIаьхьа бен, цIавогIуш а вацара. Нана – дерриг дакъа а цо лелош дара. Воккхаха волу ши ваша къаьстина Iаш вара. Чуьйри-эвлахь. Кхуьур ду моьттура массо хIума дан, дийца а. Цхьанне а дагахь дацара, дада иштта цIеххьана кхетамах а эшна, могуш воцуш хир ву бохург.
Со хIетахь 9 классехь вара.
Цул тIаьхьа бархI шо даьлла.
Ша дахар дар-кха, стеган  паргIат а ваьлла, доьзалца цхьаьна охьахаа йиш йоцуш: дерг-доцург, хилларг-лелларг а дийца. Я цхьа а Iилма а дацара хьуна хьан истори юьйцуш, марзъеш а. Хьоьга ца бохура – уггаре а хьалха хьайн ворхIе а ден цIе йовза. Хаа дезарг – Пушкин, Лермонтов маца вина, маца вийна. Татьянин, Дубровскийн, Онегинан, Печоринан васташ. Шайх-Мансур, Имам-Шемал хьаха а ца вора. Буьйцурш – Разин, Пугачев, декабристаш а бара.
Юха, дуьне довза доладелча, тIаьхьа делахь а, кхийтира со, Толстой маца вина я Достоевскийс хIун язйина ца хаарх, Чехов, Горький ца вешарх я УльяновгIер доьзалехь маса кIант, маса йоI хилла, церан цIераш ца йовзарх, билла бехк боций. Коьртаниг и ца хиллера.
Со яздан волавеллачул тIаьхьа, къаьсттина дукха ойла йора ас дадин байначу кхетамца гуттаренна а дайначу хIуманна. (И тIе ца вуьгуш лор я молла а ца висира Нохчийчохь!) Ма дукха хуур дара цунна вайнехан дахарх, революци яккхарх, колхозаш яхкарх, Даймехкан тIамах, цIера дахарх а лаьцна. Амма и дерриг а ца кхочуьра сан ворхIе а ден цIерашка. Уьш цунна бен хуур яцара. Ткъа девежарий суна гина а бацара. Уьш буьрсачу заманахь къона боллуш хIаллак хиллера.
Хене диллича, сан деда а ден деда а хила йиш йолуш вара дада. Тхо тIаьхьо кхоллабелла доьзал бара цуьнан. Я ша могуш волуш, ма луъу марзо эца а ца кхиъна иза тхоьх.
Нохчийн къоман цкъа а таро ца хилла дайшкара Iилма берашка дIадала а, и кхио, кхидIа дахьа а. Даима тIемаш, баланаш, тIемаш, баланаш…
Нохчийн лаьмнашкахь, хьаннашкахь а йолчу кегийчу ярташкара, кIотаршкара а бахархой, гуьйренан, Iаьнан а ехачу буьйсанашкахь цхьацца хабарш дийца кхиъна шайн доьзалшна. Къаьсттина кертахь воккхастаг (денана я деда) верг. Сан и аьтто а ца хилла…
ТIаккха тхайн некъен генеологийн таблица хIотто дагадеара суна. Цхьацца бахьанашца сайна ца хууш дуккха диснехь а, сайна хуург тIаьхьа богIучарна дIакхачо-м хьожур ву со. И лардар, тIедузар а – сан весет а ду-кх цаьрга.

ВАЙН ЗАМА

«Даймохк» бен ас доьшуш газет дац, киоскаш юьззина долчу газеташ юкъахь. Хан яц я дог а ца догIу.
Сан накъоста, Идиев Замбулата, ма аллара: «Газеташ – наркотикаш санна ду. Марзвелча уьш доцуш а ца мега, дешча а паргIат ца волу. Ойла карзаха хилар бен».
«Даймохк» дешча паргIат хуьлу со.
Сумбулатов Денин «Вайна хилларг хIун ду?» боху материал йоьуш ас рогIерчу номерехь.
Сайна дагах кхетта дешнаш схьаяздо ас цу тIера:
«Цхьаболчарна дуьне дохар – мохк бегор, латта датIар ду моьтту. Дуьне дохар дац ткъа халкъан синош дегор, уьш хедар, доза доцуш эвхьазло юкъаялар? Кхин стенах олу-те дуьне дохар?»
Кхин цхьа ойла а ю цу тIехь. Суна цо тохара олуш а хезнера: «Юьртадай хила а хьакъ боцу нах, мехкадай хила гIерташ зама ю». Ас-м тIетухур дара: «Шайн хIусамашкахь а дай боцу нах (цу арабевллачийн доьзалшка хьаьжча а гуш ду и), мехкадай хила гIерташ зама ю-кх».

ТIаьххьарчу хенахь дуккха а охьаяьлла «Даймехкан» тираж. Берриш а дика бевзаш а бу суна редакцехь, хIетте а масех кIирнах, баттахь а лаьтта цаьрга дIаелла материал. Ас денна дIалелаш, телефон етташ а амал дойий тIетуху цара, халла.
«Ас яздийриг а иштта хьелуш хилча, уьш ца бевзачеран (я царна ца бевзачеран) кехаташ ма Iохку хир ду редакцехь», – ойлайо ас.
«Даймохк» бен ас доьшуш газета дац, амма цу тIехь а еша хIума ца карайо суна, сайн дийцар ца хилча. ХIетте а тираж яц, газета ца доьшу наха, олу.
Хала ду-те цуьнан бахьанах кхета?
(ХIара забар ю, аьлла, яздан деза къовларш юкъа?)

Нохчийчохь Советан Iедал дохийча, цкъачунна, аьлла, депутатех вовшахтуьйхира Ханна йолу Лаккхара Кхеташо.
ГIалахь: Министрийн Советана хьалха а (Маршонан майда), Ленинан (Шайх Мансуран) майданахь  а дIахьош яра митингаш. Цхьана агIор Дудаев, цунна тIаьхьа хIиттинарш а. Вукху агIор Завгаев, цо дIахIитийнарш а. Оцу юккъехула церан а, вукхеран а барт бан гIерташ Ханна йолу Кхеташо а.
Цкъа а ца даьллачу кепара меттахдаьллера адам.
Хьалха Халкъан Фронто арадаьхна адамаш Iедале нийсо лелае бохуш хиллехь, хIинца лелориг – цхьана декъана и Iедал дохо лаар а, вукху декъана (уьш кIезиг а бара) шайн карара мукъ дIахеца цалаар а. КхоалгIа тоба – (массарал а дукха) – я цаьрца а, я вукхаьрца а бала боцуш, катоьххина бохкурш, дуьненан даьхни лоьхуш.
Балхахь Iа ца лой, яздархочунна дерриг хаа деза бохуш, гIали юккъехула волалора со, массаьрга а ладоьгIуш.
Ханна йолчу Советан (шиъ ма ярий уьш цхьана муьрехь) Председатель хаьржинчу накъоста, шена дош делча:
– Деллахь, накъостий, – элира, – соьга-м доьхча кхечи хIара Iедал.
Велавалаза Iа ца велира со. Цо аьллачо и дог цIена стаг хетийтира суна, Iедалан мукъ къуьйсуш воцуш, маслаIат дан араваьлла.
Яздархо, Iилманча а лоруш, дош хеташ а зама яра со студент волуш хилларг. Сайна оьшург, дезарг а, сайн хьашташ а дицдина лелара со, айса лелориг цхьаъ ду моьттуш. Iедал а доьхна виси-кх...

СУВЕРЕНИТЕТ

ЧИР... ЧИР... ЧИР... ЧИР... чик... чирик...

КЪАЙЛЕ

Ахь хьо тешачуьнга дуьйцу, цхьаьнгге а ма дийцалахь, олий. Цо – ша тешачуьнга, вукхо кхечуьнга.
Эххар а, хьо ца тешачуьнга дIакхочу и.

АДАМ, ХЬАВА А

Ирс долуш стаг хилла-кх Адам, Хьава а.
Эладитанаш дийца стаг-х ца хиллий царна.

Муьлха бIаьргашца хьоьжу-те Адам, Хьава а шайн тIаьхьене?
Дуьненчохь шаьш йоккхучу хенахь, шайн ден, ненан а сийдеш, иманехь доьзал кхиош, Далла гIуллакх а деш вехачу меттана, вовшийн карах леш бохкучу кху нехан синош стигал хьалаоьхуш, хIун синхаамаш кхоллало-те церан?

НОХЧИЙ

(Керла талламаш)

1

«Нохчий» боху дош схьадалаpан кеп, цуьнан маьIна а хIоpамма а шена-шена хетачу агIоp туьду.
1) «Нохчи» (нахчо) – нехча еш, лелош болу нах.
2) «Нохчийчоь» – нох, цIе, чоь.
3) «Нохчи» – нохьца болх бийpаш, ахаpхой.
4) «Нохчи» (нахчо) – нах (адамаш) бохучу маьIнехь.
ТIаьххьаpчу хенахь юкъадаьpжина, нохчий Нохьа-пайхамаpх схьабевлла боху хабаpш.
«ТIаккха хьанах схьабевлла суьйлий? – хаттаp кхоллало сан. – Суьлийма-пайхамаpххий?»

2

«Чечен» боху дош  «Чечана» юьртах схьадаьлла лору Iилманчаша. ХIинца Чечана йолчохь, хьалха монголийн хан Сечен бохучун туш хилла хилар тIедоьгIна.
Оцу хьокъехь Баиев Iусмана олу:
– Къилба Америкехь индейцийн гIала хилла Чичень-Ица. Хилча хIун ду? Россихь Усмань хи ду, цу хи тIехь Iусман гIала а ю. Бразилин яздархо Жоржи Амаду вина меттиг Баи ю, и тхан деден хилла мохк бу.

3

– Итали – итт алу бохург ду. Испани – пана мохк... Кавказ. Кав (ков) - ворота, аз (Ази) - Азия. Ворота в Азию.
Нохчийн къоман Iилма кхиъна цахилар бахьанехь, дуккха а меттигаш йисна нехан фантазина. Вайнахана дозалла хета  вай мелла а лакхара цивилизаци йолчу къаьмнашца дустар... я уьш вайх схьабевлла хилар чIагIдан.
Цхьа мур хир бу и хIора къоман дахарехь, дерриг а шех схьадаьлла ду бохург чIагIдар.
– Чукчанаш, неграш а буй вайх схьабевлла? – хаьттича, бухий хьевза.
И чевне тIелоцу цара, дустар а сийсаза хета.
И кхоччуш билгало ю вайна дин девзаш цахилар, вай бодане хилар а. Дала ма боху КъорIан тIехь хIоразза а: «Адаман бераш». Беккъа цхьа Iаьрбий хилла ма ца Iа уьш, массо къаьмнаш ду. Дала оьгIазло йина, Нохьа-пайхамаран доьзал боцург, дерриг а адам хIаллакдина хилча, тахана дуьненчохь мел волу стаг а ца хуьлу Нохьа-пайхамарх схьаваьлла? Жуьгтий, Iаьрбий, индусаш, итальянцаш, чукчанаш, японцаш, неграш, немцой, оьрсий, французаш, грекаш, персаш, китайцаш, эрмалой, индейцаш, папуасаш, царна юкъахь нохчий а... Дерриш а цхьана дех (Адам пайхамарх) схьадевлла, цхьа вежарий, цхьа адамаш, (Нохьа  пайхамарх) схьадевлла цхьа нохчий дац вай?
Амма оцу дерригенах а кхета, интернационалистан лаккхара кхетам, кIорггера Iилма, доккха хьекъал а оьшу. Школашкахь, институташкахь, хьуьжаршкахь а итт-пхийтта шарахь дешарх (Ной – Нохьа пайхамар а, Моисей – Муса пайхамар а, Иисус – Iиса пайхамар а цхьаъ хилар, цара, Мохьаммад пайхамара а кхайкхийна дин  цхьаъ хилар, хIора къомо, хIора динехь а тайп-тайпана хастам бийриг цхьа Дела, цхьа АллахI хилар а ца кхеташ долу) хIинца а энжадалла дIа ца яьлла вайн.

4

Вай дуьйцу:
– Нохчий Египтера схьабевлла бу!
– Испанехь бу вайн дайн мохк!
– «Итали» бохург – вайн маттахь «итт алу» бохург ду!
– Ингалсан аристократийн гIиллакхаш, нохчийн оьздангалла а чIогIа цхьаьнайогIу!
– Урартура схьадогIуш ду вайн орамаш!
– Дуьненан цивилизаци а вайнахах схьаяьлла!
Уьш дерриш а хила тарлуш, хилча дагана тамболуш а хIумнаш ду. Амма... Цхьана хенахь хIора а эла хилла волу нохчи, тахана, дуьне мадду, цыганаш санна, гайш йовдийна лела, гIиллакх-гIуллакх, эхь-иман, сий-пусар, вархIе а дех дисина дика мел дерг, хаза мел дерг диц а дина, кханенна, тIаьхьалонна ойла ца еш, дерригенах а йохкар-эцар дина...
Цу тIехь шайна пайда баьлчахьана, хьарам-хьанал ца къестош, ца къехка вовшийн леда, Iехо, пуьташ ботта, эшо, кадалахь вен а...
И сан ойланаш чIагIъеш санна, суна уггар а дукхабезачу яздархойх цхьаьннан, Думбадзе Нодаран «Цыганаш» аьллачу дийцарехь карадо суна: «Гурехь цыганех чачанаш олу». Изза дош – хьарам стаг, пуьтилежик, хIилланча бохучу маьIнехь а лелаш ду. Цундела дийцаран коьрта турпалхочунна шайн юьртана гена боццуш дIатарбелла Iаш чачанаш бу бохург, обаргаш богIуш санна, наха дохуш орца хета.
Гонахарчу къаьмнаша тайп-тайпанчу заманчохь тайп-тайпана цIераш техкина вайна: дзурдзукаш, нохчматьянаш, сасанаш, шешенаш и. дI. кх. а. Амма Iилманехь чIагIъелла йиснарг – черкесы (Къилбаседа Кавказан къаьмнийн юкъара цIе), чечены (нохчий къастош), тIаьхьо – чеченцы бохург ю. Цуьнан орам «шашанаш» хилча, карарчу хенахь «ш» «ч»-не дирзина хилар тидаме а эцча, герггара хьесап дича – нохчий а (шашанаш, чачанаш, чеченаш), цыганаш а цхьаъ хилар билгалдолу.

5

«Чечен» бохучу дешан маьIна дан лууш делахь, Iаьрбаша, кхечара а вайх шашани, сасани а олуш хилар тидаме а эцна, схьадовлар хьокъехь сасанидашна тIекхевдича хIун дара-те вай? Ларамаза ма дац вай элий ду бахар а!

6

– Хьанах схьабевлла вайнах?
– Адамах, Хьавах.
– Мичара схьабевлла вайнах?
– Ялсаманера.


Рецензии