Дневник. 1990

БЕЗАМ ЛОЬХУШ

1

Хьо цец ца воккхучу, хьайна хаза ца хетачу хIуманах лаций ма язде. Хьо а цец воккхуш ца хилча, хьуна а хазахеташ ца  хилча, мила цецвер ву ахь яздиначух, хьанна хазахетар ю?
И яра сан принцип ас студентех лаьцна яздечу хенахь. ТIаккха а шен книгаш еша лаахь, шел хьалхарчарал доца, хаза а яздан гIерта а веза.
Прустах лаьцна Грифцовн статья йийшира ас.
Ша кIелвисча, дIадаханчу дахаран ойла еш, яхна хан лоьхуш яздан воьлла иза. (Ас ца вешна Пруст. Сан библиотекехь дукхаха йолу книгаш яздархойх, церан дахарх, кхоллараллех а лаьцна ю.)
Ас дIадIоьдуш лаьттачу дахарх лаьцна яздо.
ХIора стеган даггара ойла ю.
Сайниг – къан а велла, паргIат книгаш язъян, еша а таро хиларе  сатийсар ю. Къоналлин – яхьний, юьхьний боху – гIиллакхаш, дуьненан гIайгIанаш Iад а йитина. Кхиъна баьлла доьзал а болуш.
Амма Толстойс, Бунина а санна, воккха хилча безамах лаьцна яздан йиш яц нохчийчун. Воккха хилча сан кхин теманаш хир ю. Суна хIинца дуьйна а гуш ду и.
Студентийн циклана хаза цIе а дагаеъна суна. «Безам лоьхуш». Юха а, сайн таро елахьара, айса язъен йолчу книгийн ойлайо ас.
Толстойс, Тургеневс, Бунина а хIунда ца язъеш яра книгаш, церан кхин дан хIумма а ца хилча? Чехов а турпал вина вуьйцу. Велла дIаваллалц, язъеш цIеранаш кхаьбба цо, бохуш. Мила ву турпалхо, ша яздечо цIеранаш кхаба таро елла Чехов, я шен цхьа дегI а  ца кхабалушшехь, хIетте а яздеш волу вайн заманхо?
Пруст йозанах шен цамгарна паргIато ян гIоьртина.
Цуьнан кхин агIо ца хилла. Яздархо ца хилча, валар я хьервалар бен доцуш… Иштта Кафка а цамгаша стаг хилла. Яздар бен, кхин хIумманна а гуьнахь воцуш, я яздарх а чомахь гIуллакх ца хуьлуш, бала хьоьгуш.
Дерриг а дуьне ду суна хьалха. ДIагIоьрттинчу агIор кхиамаш баха, Дала хьуьнар а делла суна. Дуьненахь доллучух а ас хаьржинарг яздар ду. Сайн лаамехь. Со къона, могуш а волуш. Кхунах хуьлуш пайда а боцуш, я хир бу ала меттиг а йоцуш…

НОХЧ-ГIАЛГIАЙЧУРА ХЬАЛ

Iедалан, юкъараллин а массо организацийн белхалой, куьйгалхой а вовшийн луьйш бу. Букъ берз-берзийначохь.
ГIалгIай шайн Пригородни район юха а ерзийна, Буре-гIала столица а йолуш, къаьстина автономи езаш бу.
Нохчий, Росси юкъара дIа а бевлла, Вайнехан союзни республика йилла лууш бу. Райкомийн секретараш, бюрош а отставке оьхуьйтуш ю. Компартин гIуллакх дIадолуш ду.
ХIинццалц партехь куьйгалла динарш, хIинца сихха Советашка дехьабовлуш бу. Массо маьIIехь а митингаш ю.
Шайн ницкъ мел бу динна, Iелимнахана а дуьхьал лаьттинарш, тахана маьждигашка а оьхуш дехарш деш бу, шаьш харжахьара бохуш.
– Дала а аьлла, шайна тIерачу Iедална муьтIахь хила,– кхайкхамаш бо телевиденехула.
Амма ца олу цунна тIаьхьа догIург. И бусалба Iедал делахь, и нийсо еш а делахь. Паччахьан заманахь а ма баьхна, шайна тIерачу Iедална муьтIахь хила. Нах шайна тIерачу Iедална муьтIахь хилийта, Iедал а хила деза Далла, нахана а муьтIахь.

ШЕН ХЕННАХЬ

Тургенев Иван. Прозехь стихаш.
Цхьана гIаларчу нахана чIогIа дукха езаш хуьлу стихаш. Шайх цхьамма керла байт ца язъеш кIира, ши кIира даьлча, дерриг а халкъ гIайгIане дужуш.
Цхьана дийнахь, Юний бохучу жимачу стага, хьала а волий шен байт йоьшу.
– ДIавала, и хIун ю ахь язйинарг? – олий, наха тIаьхьа хIумнаш а кхуьйсуш эккхаво иза.
Догдоьхна Юний шайн цIа кхаьчна а валале, майданахь куьйгаш детташ маьхьарий хьоькхуш хезий юхавогIу.
Массо а Юлий хестош ву.
Иза хIокхуьнан хенара, даима кхуьнца къовсавелла ву.
– Цо хIун язйина хаий хьуна? – хотту Юнийс юххерачуьнга.
– Муха ца хаа? – олий, Юнийн стихаш йоьшу цо.
– ОйхI, – цецволу Юний, – уьш сан стихаш ма ю. Кхо-диъ дош хийцина-кх цо.
– ДIавала, – олу вукхо, – и хIун ю ахь юьйцург? ДогъIаьржалла лан ца ло хир ду хьоьга. Ас нахе дIаалахь, цара тIулгаш тухур ду хьуна. ДIавало...
Юний дIасоцу. Цхьа воккха стаг вогIу цунна тIе. Кхуьнан белш тIе куьг дуьллий, олу цо:
– Юний, ахь хьайн байташ йийцира, амма хенал хьалхе. Юлийс ешнарш цуьнан яцара, амма уьш шен хеннахь ешна яра. Цундела нахана гергахь, иза бакъ ву. Хьуна дуьсуш дерг хьайна синтем лахар ду...
Иштта ду-кх дахарехь.
Ахь мел чIогIа язйина произведени а, нехан дог-ойланца, заманца йогIуш, шен хеннахь язйина яцахь, хьан дакъа Юнийн кхочург ду.
Ахь хенал хьалха баьхнарг, кхечо (дукха хьолахь хIилланчас!) шен хеннахь аьлча, хьо сийсаза винначу наха ойу иза, уьш хьан дешнаш хилар диц а дой.

ЦIЕН ТЕРРОР

Балхахь Iуьйрана, суьйрана радиога ладоьгIу ас. Инзаре хIумнаш дуьйцу цу чохь. ХIинццалц тхуна хьехнарг, Ленина тапча тоьхна зуда, цуьнан весет кхочуш деш деша яхийтина, бохуш дара. ТIаккха, шен гIалатах кхетта иза, ша-шена тоьхна елла.
Схьагарехь, и Ленинах дика ойла хилийта лелийна политика ю. ХIинца дуьйцу, Ленинна тапча тоьхна и зуда йийна ца Iаш, кхин а бIенаш адамашна тоьпаш тоьхна хилар. Амма тIаьхьа догIу долчу гIуллакхашка хьаьжча, и прелюди бен ца хилла.
Сан кхоъ деваша, аххалкъ а дIадаьхьна цIечу терроро.
Советски Iилманчаша язйина истори ерриг а юха язъян езаш ю-кх.

ЭХЬ

Москва. Съездийн ЦIа. Депутатийн корпус.
– Накъостий, Ленинна а эхъ хета-кх шоьга хьежа. Гой шуна и дIавирзина?
(Ленинан бюст корта агIор берзийна ю.)
Пачхьалкхехь дерг тишъелла тойинчу машенах тера хета суна. ТIехьаьжча лепаш ю, амма хьалалато воьлча моторо гIовгIа йо, меттах а ца йолу.

САГIА ДОЬХУРШ

Галстук йихкина, нахана гергахь кечвелла лаьтташ ву со, социйлехь. ЦIеххьана хьалха цхьаъ хIутту суна.
– Ас дукха а доьхур дац хьуна, хьайн Делан дуьхьа, – боху цо оьрсийн маттахь, – вархI капек лохьа суна.
Шиша эца тIе ца тоьа хир ду-кх цунна, я бепиган юьхк. Со кисана кхевда. Куьг Iоьттича шишай санна цхьа хIума яра сан кисанахь...
– Дера лур ю-кх, – олий, дIакховдайо ас и.
Цуьнан кераюккъе хьаьжча ши капек го суна. Цецваьлла со. Соьл цец иза а ваьлла... Соьгахь кхин капек а яц.

Iаламат дукха баьржина сагIадоьхурш: цыганаш, узбекаш, таджикаш, оьрсий, наггахь нохчийн зуда, стаг а.
– Делан дуьхьа сагIийна, – ала Iамийна цыганаш.
Бусалба къомах берш шайн маттахь цхьацца хIумнаш доьшуш хуьлу, наггахь АллахI цIе а йоккхуш.
Нохчий, оьрсий а, сагIа деха ца Iемина, куьг а кховдадой, гIийла лаьтташ хуьлу, бIаьргаш лаьтта а бугIий, шаьш цхьанна довзарна кхоьруш санна. Цхьаццаберш эхь-бехк дайна хьийза, хьо некъа вогIуш тIе а тийсалуш…
Универмаг хьалха, астагIа ву алийта юххе Iаса а хIоттийна, кара куй а лаьцна сагIа доьхуш оьрси гира суна. Духар беркъа хиларна шен хенал а дукха шераш лур дара цунна. ТIе ма хьаьжжина иза молуш хилар а гора.
ДогIа деана якъаяланза Iаьмнаш дара асфальт таьI-таьIинчохь хIиттина. СагIадоьхучун терго еш урамехула вогIуш вара со. Наггахь волчо хIума а кховдайора цунна. Кхуо корта а таIош.
Со юххе нислушшехь, туьканчура аравелира голлалца когаш боцуш цхьа заьIапхо. Дала диначунна хIумма воьхна а воцуш, къовлавелла, «гIарт-гIирт»-техь гIулчаш йохуш, куьйгаш лестош эла-эпсар санна вогIура иза. Цунна тIе бIаьрг хIоьттича, ша волччохь тохавелира сагIадоьхуш верг.

ХЕТТАРШ

Дичахьана дуьйна вайна гушдолчуьнга марзделла вай.
Мичара, хIун ду-те? – олий, дага а ца догIу. ХIунда?
Даима а хаттарш кхоллало сан.
Хьан аьлла минотехь 60 секунда ю?
Хьан аьлла сохьтехь 60 минот ю?
Де-буьйса 24 сахьт ду, хьан аьлла?
Баттахь 30-31 де ду, хьан аьлла?
Шарахь 12 бутт хIунда бу?
Шо январь тIера хIунда долало?
ХIара 1990 шо ду?
Сан 24 шо бен кхочуш ца хиларан билгало хIун ю?

ДIасакъаьсташ массара а «ХIа, давай», хIунда олу?

Цхьана хенахь Марксий, Энгельсий шаьш цхьаьна язбинчу белхашкахь «тхо», «оха» аларх, хIинцалерчу Iилманчаша, хIорамма а ша-ша яздешшехь, хIунда олу «тхуна хетарехь»?

КАТИ

Со волчу институте кехаташ чуделла Ц.Шарипа, И.Ризвана а.
Iилманчийн кхеташона юкъа богIучарна, хIоранна а шена-шена тIевоьдуш  вистхилла со.
Массара а шаьш цаьргахьа хир ду, боху.
Ас массарна а баркалла боху.
– Са ма гаттаде хьайн, – олу сан отделан заведующи йолчу Ужахова Розас.
Танкиев Абукара (Iилманча, фольклорист) боху:
– Ас цкъа иштачу хьолехь Чокаевна хилларг дийций хьуна? Вевзий хьуна Кати?  Пхи шо моссазза долу, юха а конкурсах чакхвала везаш ма ву вайн институтан хIора сотрудник. Iилманан кхеташона юкъахь цхьайтта стаг вара. Царах цхьаъ Катигахьа а волуш, итт дуьхьал а волуш сурт хIоьттинера. Суна а хууш, дукхаха болчара Катин куьг а лоьцуш: «Ас хьуна тесира хьуна,» – олура, ша-ша бен цунна тIе ца воьду а моьттуш.
Дикка воьлу тхойшиъ. Юха ойлайо ас: «Катин-м, хIокхара ца харжарх, хIумма а гал ца даьллера. Филологин Iилманийн доктор, профессор. Пединститутехь кафедран заведующи болх беш ву. Сан доттагIийн гIуллакхах хIун хир ду-те?»
Цуьнан гIайгIа йо ас.

ДЕЦА

Со цIера волучу хенахь деца меттахь кIелйисина яра. Айса цIа мел яздечу кехата тIехь: «Деца муха Iаш ю?» – олий хотту ас. Амма дуьхьал догIучу кехата тIехь, ас и хаттар ца дича санна, деца хьахийна а ца хуьлу. Бицлой Iа-те уьш, я цхьаъ хилла-те, шеквуьйлура со оцу балхах, даго вониг тIе а ца дуьтуш. Цхьаъ хилла хиларна кхеравелла: «Деца муха Iаш ю аьлла хIунда ца яздо аша соьга?» – бехк баьккхира ас. Юха догIучу кехата тIехь ишта дара: «Хьуна халахетар дан ца лууш Iара тхо. Хьо эскаре вахана дукха хан ялале, деца, хьан марша, кхелхина. Дала гечдойла цунна».
Со эскаран декъан штабан куьйгалхо волчу кабинет чохь, сайн стоьла хьалха хиъна Iа. Делкъа хан ю. Штабехь кхин цхьа а вац. И могIанаш доьшшушехь, бIаьргех хи долу суна. Уьш совцо, хьала а гIаьттина, коре воьду со. Арахь къегина хьаьжна малх бу. ПаргIатчу боларехь столовера богIуш салтий а бу, хаьнтIе хIиттина сержанташ а болуш.
Сан дейиша цхьаъ бен яцара. Жимчохь дуьйна къаьсттина марзо яра сан цуьнца. Сайн девежарех цхьа а гина вацара суна. Деда я денана ган ирс а ца хиллера. Цу массарах а Iожалло хIинццалц кхоийнарг тхан да, дейиша а дара. Со ирзо тIелелаш, дIавоьдуш я цIавогIуш, наггахь дийнахь шозза а, децеран чувоьдура со. Цо дина хьокхамаш чIогIа мерза хуьлура. Йоккхачу уьйтIахь шен ши цIа дара цуьнан, чохь лаьтташ нохчийн пеш а йолуш. Даккхийчу цIенош чохь Iаш Сайди, Мохьмад а вара. Децица цхьаьна ехаш Хьалимат а яра, кIант, Саламбек а кхобуш. Цкъацкъа Гуьмсера цIа йогIий Аминат а хуьлура чохь. Децин даима а тIо-берам хир бара кийчча. Бешахь черешнеш а яра. Со хIума йиина ваьлча:
– Вало, тIехьа а гIой, баьллаш яа хьайна. Хьо вуьзча, Хаьнгирина а хьо, – олура цо.
Цо цIе ца йоккхура дадин цкъа а, Хаьнгири олура.
Сайна кIорда даллац бешахь Iара со. ЦIавоьдуш дадина, мамина а хьора. Я децас ша йохьура, я цхьаъ воуьйтура. Эвлаюккъе туькана я базара яхана йогIуш, цкъа а тIехъяьлла дIа ца йоьдура иза. Школера я цхьанхьара цIавеъча, чохь агIор яьлла Iаш деца гича, даг тIехь йовха хетара суна. Деца юккъерачу дегIахь, гIийла стаг яра. Жима йолуш чIогIа хаза зуда хилла и, олуш а хезнера суна. Кегийчу наха къуьйсуш. Махьма-Хьаьжа (деца яханарг) суьйрана кетIахула дIаса лела бохура илли олуш:

Хьо-м аренан кхокха бай,
Со-м ламанан леча дай.

Цкъа со банка а эцна дитт тIехь волуш, тIехьа яьллачу деце элира ас:
- Деца, со воккха хилча, ас хIара банка юьззина ахча лур ду хьуна.
- Деца яла хьан делаI, - элира цо. - Деца яла хьан делаI.
Со эскаре вале и йолчу ваханчу хенахь, гIатталуш я бIаьргаш беллалуш а яцара иза. Со озаца вевзира цунна. Со массарал а дукха везаш вара цунна.
Книгаш тIехь, кинош чохь а, гергарчех цхьаъ велча, дагахь а доцуш бахам тIебужу коьртачу турпалхочунна. Со сайн дейишина хьалха гуттаренна а декхарийлахь висина…

СУЬДЕХЬ

Цхьанхьа а балхахь воцуш, наряде а ца хIуттуш вижина Iа со. Волавелла лела марзвелла, чохь саца дезча хала ду. Шота, кIиран а дийношкахь видео йохьу тхуна. Цхьаьнгара ахсом доккху. Тхан штабан начальник а хуьлу салташна юккъехь, эпсаран кеп йина, карахь пивон шиша, бакъийна чIара а болуш.
Iуьйрана, суьйрана салташца а хIума яа воьду со, делкъана граждански буфете. Обедехь бен-м схьайоьллуш а яц и. Тхан-м библиотека а яц. Гонахарчу эскаран дакъошкахь дIаязвина ву со.
Селхана к-н Дубовс элира соьга:
– Соьца суьде ван кечло. Салтийн цIарах хир ву хьо. Балхара юкъара ца ваьккхича, вига кхин цхьа а вац, ; тIетуьйхира цо, со хIунда вогIуш ву, аьлла, ас хаттахь а.
Эскаран декъера салтий цIа идар бале даьллера командованина. Ян-м ерриг а советски армин гIайгIа яра и. «Дедовщина», цуьнца доьзна мел дерг а. Массо газетехь, телевиденин каналаш тIехь а дуьйцуш дара и. Эскар ишта хила деза, вуьшта хила деза. ГIишлошъяран отрядаш дIаяха еза. Эскарехь ши шо дукха ду, службан хан яцъян еза… Амма хабарел тIех ца долу и цхьа а. Газеташа дуьйцург бакъ делахь, Италехь цхьана шаре охьаялийна хан, Америка тIамана харжаш лахъеш ю, Англин эскарехь а хийцамаш бу. Вай ду-кх: «Как бы чего не вышло», – бохуш Iаш.
Салтий идина ца Iаш, цара доьх-доьхнарг а леладо. Я зудабер хьийзадо. Я хIума а тухий, нехан стагана тIера хIумнаш схьайоху. Шайна самоволке баха дика хир ю уьш, олий. Я цхьаьннан машен лачкъайо. ХьастагIа тхан ротера шимма, берийн беша ваьлла, шоколадаш, печенеш а лечкъийна. Уьш уггар а доьхнарш а дац, цара лелочуьнга хьаьжча. Салтий цIа идар коьрта ши бахьана ду:
– Уставаца нийса йогIуш йоцу юкъаметтигаш;
– мацалла гIад дайна а.
Диснарг дерриг а цигара схьа ду.
Шен лаамехь, шен луучу эскарехь а йоцург служба яц. Цунах а кхеттта со.
Цкъа а суьдехь хилла воцуш, айса хIун дан деза, хIун ала деза, со вигаран Iалашо хIун ю а ца хаара суна. Тхойшиъ дIакхачале хаьттира ас командире:
– Со хIумма а ала дезаш вуй цигахь?
– Ахь ала дезарг, салтийн цIарах айхьа и бехке вар ду, – элира цо.
Ас цуьнга кхин хIумма а ца хаьттира.
Уггар а вуо самовольщик со велахь а, салти цIа идар ледара гIуллакх хетара суна. Со халонех, кхерам хиларна а воьдуш вацара самоволке. Сайн самукъана лелара. Кхин Росси маца вогIу а ца хаа. Со вахаре терра, схьа а вогIура. Буьйса я цхьа-ши де а доккхий. Цу тайпа самоволка эскарехь дозалла дара. Мил-милла ваха ваьхьар воцуш, хьен-хьеннан чакхдер а доцуш. Шега дуьхьало ца ялахь, я кхин агIо яцахь, сатоха мукъане а хьуьнар хиллачух, къонах хила герга дара. Уьдуш берш кеггабелларш, хало лан ца елларш а бара. Амма сан уьш бехке бойла яцара, бехке ерриг а система яра.
Суьдехь хIун эр ду ас, сайна дош делча? Ерриг процесс и дагахь долуш чакхъелира сан.
Со чохь вара, юьхьанца дуьйна а. Командир шен рогIехь чу кхайкхира. Ишта хир яра-кх церан бакъо.
Кху дуьненна тIехь мел долу къа, бехк а цу пекъарна тIе а хьаьккха, и хIинца дуьххьара ведда а вац, ша цуьнга лебина корта эрна хилла, хIинццалц кхоош витина, хан тоха йогIу, аьлла, охьахиира командир. КIажахь, гурано лаьцна мукадахка санна, таба а тебба Iара важа. Прокуроро цуьнан гIуллакх доьшучу хенахь, тидам тIебахара сан, военкоматехь хIиттийначу кехаташна. «Мичахь гIуллакх дан лаьа хьуна?» - аьлча, цуьнан жоп дара: «ХIорда бухахула лелачу кемана тIехь». ХIинца суна хаара айса хIун эр ду. Прокурор а, низаман батальонан ши шо хан тоха йогIу цунна, аьлла, охьахиира. Суна дош делира суьдхочо. Прокурор санна, стоьла хьалха хиъна Iаш волу со, меллаша хьалагIаьттира.
– Ас дика ладуьйгIира кху чохь дийцинчуьнга. Суна берриг бехк военкоматан, тIекхойкхучу комиссин а хета. Школехь волуш дуьйна, анкеташ хIиттадо цара: «Муьлхачу эскаре ваха лаьа хьуна?» - бохуш. Амма хан тIекхаьчча, и тидамза дуьту цара. Масала, вай бехке веш волу могIарера Косяков а, хIорда бухахула лелачу кемана тIехь гIуллакх дан лиъна ву. Цара шаьш дIаяздина а ма ду и. Тхан эскаран дакъа гIали юккъехь ду. Кертал арахьаьжча, дуккха а къона, хаза зудабераш, жимачу стага са мел туьйсург а ду. Я керт а яц массанхьа а. Iехавала хIума ду. Военкомато иза кхуза а ца хьажош, хIорда бухахула лелачу кемана тIе вахийтинехь, ведда ваха меттиг хир ма бацара цуьнан.
Ас диначу къамелана дара, аьлла-м ца боху ас, прокуроро тоха бохучу шина шарах цхьаъ ах хадийна, ялх бутт низаман батальон кхайкхийра суьдхочо.
Тахана кадрийн декъан заведующис боху соьга:
– Саид, сан майра вара хьо хоьттуш.
– Хьан майра мила ву? Суна-м ца вевза иза, – боху ас.
– Селхана гарнизонан суьдехь хиллерий хьо? Суьдхо ву-кх сан майра. Хьоьх воккха вуьйш, хьо мила ву бохуш, хоьттуш вара иза. ЧIогIа хьекъал долуш кIант ву бохура хьо.

АНАТОМИ

Воронежера мединститут. Нохчи кхайкхина доски тIе. Хьехархочо суьрта тIехь гойтуш йолу адаман хIора меженан, латинийн маттахь цIе яккха езаш хилла. Коьрта тIера дIабуьйлабелла охьабогIуш, гIода юкъал лаха, борша стеган дозаллийна тIекхаьчна. Массо а хаттарна дика жоьпаш луш схьавогIуш волу Iайндин, аудитори чохь йолчу нохчийн йоIах эхь хетта, мотт тасабелла. Хьехархочо: «Ну, ну», – моссаза олу, Iайндин корта охьатаьIаш хилла. Кхунна и ца хаа моьттуш, сагатдеш йолчу нохчийн йоIа, хIокхо вуо оценка яккха ца лууш, шен бета дуьхьал ши куьг диллина: «Пенис, пенис», – аьлла.


Рецензии