Дневник. 1992

БАХЬАНАШ

Редакцера вогIуш, социйле кхаьчча, яьссачу автобус тIе хьалаволу со. Ела а йоьлуш, едда еана сахаьдда, “Даймохк” газетан ши машинистка хьалайолу суна тIаьххье. Ас тхайна кхаанне а билеташ оьцу. Корехула арахьаьжча туькана хьалхара рагI а гой:
– Бепиг эца дезаш яра хьуна вайшиъ, – олу цхьамма.
– Дехьа охьаюссур ю вайшиъ.
– Бахьанаш леладе, аьлла-кх Дала.
ТIаккха соьгахьа а йоьрзий дуьйцу:
– Маьждигехь къовсамбаьлла хилла баккхийчу нехан: бахьанаш лело дезий, ца дезий, аьлла. “ХIумма ца дича а йоьгIнарг хир ю”, – бохуш, гуттар а  чIогIа дуьхьал ваьлла хилла цхьаъ. “Делахь хIета, бахьанаш ца лелийча, хьайна тIе хIумма а йогIий хьажал”, – аьлла цуьнга. “Хьожур ву со”, – аьлла, маьждиг чохь сецна иза. Де а, ши де а даьлла хIокхо хIума кхалланза. Рузбана нах гулбала а гена хилла. Иштта Iаш, йиллинчу неIарехула дIахьаьжча, хIинцца дина довха чIепалгаш а эцна, лулара чу йоьдуш зуда гина кхунна. Шен мацвелла волчу кхо, цу зудчуьнга шен терго яйта, бете куьг а даьхьна “Iхь-Iхь”, аьлла йовхарш йина. “Ой, цу чохь-м цхьаъ ма ву”, – аьлла, Делан дуьхьа, сагIийна цунна чIепалгаш эцна яхана и зуда. Кхано хаьттина гулбеллачу наха: “ТIаккха, хьенех, хиллерий бахьанаш лело дезаш?”- “Дера, “Iхь-Iхь” баха дезаш ма хилла”, - аьлла вукхо.
Юха социйлехь хьала а гIаьттина:
– ХIа, Дала сагIа дойла хьан ахча а. Iодикайойла, – аьлла, охьайоьссира и шиъ.


ПОЛИТИКА,  БЕЗАМ  А

“Безам – богIуш, боьдуш бу, хIума яа даима а лаьа”, олу.
Гонаха мел верг политика юьйцуш ву.
Зама меца ю.
Политика Делан денна хийцалуш ю, гайн амал гуттар а цхьаъ ю.


ЛОЗУНГАШ

1

ГIалара мел йолу йоккхачу гIишлона тIехь цхьацца лозунг ю:
ЛЕНИН. ПАРТИЯ. КОМСОМОЛ.
НАРОД И ПАРТИЯ ЕДИНЫ.
ВПЕРЕД К КОММУНИЗМУ.
СЛАВА КПСС иштта дIа кхин а.
ТIаьхьа-тIаьхьа мелла а беламе хета уьш.
ХьасттагIа, гIали юккъехула вогIуш, тидам би: СТРАНА ТРУДА.
ТIаккха ойлайи ас: “Деллахь ю-кх, дукха къинхьегаман пачхьалкх-м. Хуьлуш пайда боцуш, валлалц къахьегча, ца валлал бен хIума а ца луш. ДаватIарг, жимма мукъане а, хьекъалан пачхьалкх хила ца магара хьо?”

2

Марксан социализм тIера Фрейдан сексуализм тIе!
(Даима а цхьана йистера вукху йисте лелхаш Iедал ду-кх оьрсийн.)


ПАЛЬТО

Дуьххьара Москва ваханчу сан, Горбачевга куьг а делла, сурт даккхийта таро хилира.
– Мичахь гира хьуна иза?
– Иштта гIали юкъахула волавелла лелаш ву иза? – хоьттура соьга.
– ДIавалахь, Горбачев вац хIара. Цунах тера цхьа кхин ву, – олуш верг а велира. Цхьанне а дага ца догIура и макет хилар. Юххехь Ельциннаг а яра лаьтташ, амма цуьнца сурт даккхийта ца лиира суна. Хьалхахула хьаьжча чIогIа тера а бара уьш, тIехьахула хьаьжча деккъа панера дара.
– И Горбачев-м ву, цуьнца лаьтташ верг хьо-м вац, – элира цхьамма.
– Лаьтташ верг со ву-вац-м хаац. И пальто-м сайниг ю, – элира ас.


ДЕЧИГ-ПОНДАР

Махкахдахар  хьахаделлачохь Шамсудинов Бувайсара дуьйцу:
– Цхьа стаг хилла Шелахь. Даима дечиг-пондар лоькхуш Iаш.
44-чу шеран 23 февралехь массеран а неIар тIе хIитта буьйлабелла салтий. Пхиъ-итт минот бен ца луш, кхалла, тIейоха хIума схьаэца кхуьуш-ца кхуьуш, дIалоьхкуш...
– Кечло! – аьлча, дечик пондарх ка а тоьхна:
– Со кийчча ву-кх! – хьалаиккхина боху иза.


СДАЧА

Дуьххьара къоначу яздархойн семинарехь вевзина суна Бурчаев Хьаьлим. ХIеттахь Чеховх тардеш аьлла цхьа дийцар а араделира цуьнан “Орги” тIехь. Жимма а литературах хьакхавелла волчу стагана Нохчийчохь кхин некъ бац, районан  я республикан газеташка бен. Кхузахь, хуьлуш сом а доцуш, шайн ен йоцу могашалла талха а йой, хIора дийнахь кIез-кIезга “на дно” охьаховшу. Хьаьлим а тхоьх схьакхийти. Со Куршлойн-Эвлара вуй хууш дуьйцу цо:
– Шела ваха ваьллера со. Кондукторан меттехь хиъна Iаш, дика кеп йина, цхьа тIуз бара. Маж яшанза ши-кхо де а хир дара цо. “Дела дуьхьа сагIийна”, – аьлла, куьг кховдийна воккха стаг хьалавели. ХIораммо а сом, кхо сом кховдадора цуьнга. Хьалха Iачун терго йора ас. Цхьана агIор кисана вахана сом схьадаьккхи цо. Юха вукху кисана кхевди иза. Кхин ца карий цунна. ВогIуш сагIадоьхург шена юххехь сецча: “Накъост, – боху цо, – со Шелара дIа Куршлойн-Эвла ваха везаш ву. Ах сом доцуш со вуьгур вац. Ахь суна сдача елча, хIара сом лур дар-кха ас хьуна...


КЛАССИКА

1

– Везан дела, – аьлла Пушкина, Гогольн поэма ешча, – ма сингаттаме а ю-кх Росси!
Вайн заманан дешархой дуьххьала дIа бу.
– Гоголь, – даккхий синош доху цара, – ма сингатамме а ю-кх хьан книга.

2

Толстой. “После бала”. Кхетаде нохчийн маттахь. (ТIаьхьа байттамал хиp ду хьуна.)

3

Цхьажимма тамашийна а йолуш, Мадина ю тхоьца балхахь. Цо Iамийнарг оьрсийн мотт, литература а яра, хIетте а ца кхоьрруш, нохчийн литературан декъе еана иза. Гуттар а стоьла тIехь Бадуевн, Ахмадовн, Эльсановн, Нунуевн а книгаш хуьлу цуьнан. Царах стомманиг, хIоразза а чай доккхуш, кружкана тIеюьллу цо.
– Бадуевн книга йиллинчул а мерза хуьлу, Ахмадовн книга тIейиллина чай, – олу цо.
Цхьана дийнахь Iаш ю ша боху. Чайна кечам бан дагахь, охьайиллина Мусан книга а хилла кхуьнан. Карахь дипломат а йолуш, вуьззина чуваьлла Муса. ДIа бIаьрг тоьхча, Мадинин стоьла тIехь шен книжка а гина (чохь и бен кхин цхьа а ца хилла):
– Классика йоьшуш юй хьо? – элира боху Мусас.
Бурчаев Хьаьлима дуьйцу:
– Ахмадов Муса, Канташ а культуран белхахошца цхьаьнакхетарх лаьцна, айса язйина материал зорбане чуеллера ас. Жимма могуш воцуш а хилла, балха ваза цхьа де даьллера сан. Кхано веа со. Бохкуш бу-кх сан кабинет йиллина, кехаташ кегош.
– Аш хIун лоьху? – ма боху ас.
– Хьан материал яйна, кхин экземпляр юй хьоьжуш дара тхо-м, – боху.
Хьала а ваьлла эли ас Мусага. Иштти-иштти, и материал  яйна...
(Канташ охьа а таьIна ладоьгIуш Iа.  Дуьйцучух самукъа долучу хенахь, бIаьргаш цхьаьна боьлуш хуьлу цуьнан.)
– Деллахь хаац суна-м, сан фамили мел хьакхаелла хIума, йовш ю-кх хIокху Нохчийчохь, – боху дог доьхначу Мусас.
Хьовзийнера оха цкъа Муса:
– Классика йоьшуш ю, бохура ахь Мадина?
– Иштта дац и тIаккха? – элира цо.

4

Мопассанан цхьана дийцаран турпалхочун цIе, нохчийн матте яьккхича АстагIабад бохург ду.
Шен вуьрхIитта шо долуш, жимачу стагах Iехаелла, балхара яьлча цIайоьду а моттийтина, тхов тIе а йолий ча юкъа юлу иза. Юха шаьшшиъ къеначу хьехархочунна гуча долуш дуй хиъна,  воьхна хьийзаш везар а волуш, корехула чуоьккху Гортензия. Цул тIаьхьа тиллина цуьнан цIе Клошет, АстагIбад. Кхаанхьа ког кегга цуьнан.
Клошет даккхий исторически хьуьнарш гойтучу  зударех ю, чIагIдо дийцарехь.
Нохчийн йоIан кхетамо иштта мах хадабо цуьнан:
– ХIумма а хир дацара, нехан тхов тIехула едда а ца лелаш, балхара яьлча шен цIаяхнехь. КIанте а эр дара-кх: “Со хьуна моьттучарах яц. Хьайн йиша кхайкха ахь тхов тIе. Со ган лаахь, тхан хийист ю хьуна”.

5

Мопассанан “Хьоме доттагIа” я Чеховн “ЖIаьлица зуда” бен кхин хIумма а ешаза нах хила а тарло дуьненахь. Там хилар, иракарахIоттар бен, кхин хIун гIиллакх-оьздангаллин кхетам белла-те царна цу произведенеша?
Флобера аьлла: художнико шен синхаамаш лечкъо беза, произведенехь ша хилар, Дала Ша хилар Iаламехь гойтучул кхин сов а ца доккхуш.
Дела ван а вац, бохуш, чIагIдечу хIокху дахарехь хуьлуш дерг гуш ду-кх вайна. Изза кхиам хир бу-кх оцу произведенийн а. Масийтта шо хьалха, студенташ долуш Мопассан хьахавелча:
– “Хьоме доттагIа” боьха книга ю, – элира Мушалигов Хьусайна.
– Юьрта йистехь сирла шовда меллий ахь цкъа а? - элира ас цуьнга. - Мелла а ваьлла, хьайн дагна хьаам хиллачул тIаьхьа, цу чохь бIаьргаш бетташ тебна Iаш я цIеххьана, цхьана маьIIера кхечахьа неканца дехьа йолуш пхьид гича, жирга хеттий хьуна? И санна хIума ду ахь дуьйцург а. Хьуна, хи мелла ваьлча, гина цу чура пхьидаш. Хьайн хьогалла дIаяьлча боху ахь: “Ма боьха а ду и. Чохь пхьидаш йолуш”. Хьуна кхин цхьа хIума хаий? Чохь пхьид йоцу хи мала мегаш а дац хьуна...
Муьлхург ю кху шина ойланах нийса? Хьалхарниг я тIаьххьарниг? Ойла кхоллалучу хенах, цу хенахь йолчу дог-ойланах доьзна а ду цхьадерг.

6

Мацах Нодар Думбадзен “Со, денана, Илико, Илларион а” ешчахьана, кхин иштта чIогIа вийлина вацара со.
“Зибак-Iелин дахар, леламаш а” – юккъерчу бIешерийн Iаьрбийн литературан памятник ю.
Къаьсттина Iаьрбийн литература яра нохчийн матте яккха езаш. Вайнах кхеторехь доккха маьIна хир дара цуьнан.
КъорIан, бусалба дин а Iаьрбашкара схьадеана дела, тахана а Iаьрбийн маттахь мел йолу хьаьрк, мел долу жайна а деза лору вайнаха.
Ткъа уьш нохчийн матте яхаро вайна гойтур дара молланаш дуьйцучарах дукхаха дерш я “Эзар а цхьа буьйса” тIера туьйранаш,  я кхечу книгашна тIера философин, фантазин, кхераме гIуллакхийн, цхьацца турпалхойн леламаш а хилар. И вайнахана юкъахь дин малдаларна кхераме дацара, мелхо а дин цIандаларна, чIагIдаларна а кхиаман гIо дара.
Тахана вай Делах тешаран бахьана бодане хилар ду.
Ткъа суна вай дешна хиларна, хьекъалца Делах теша лаара.

7

Вайзаман яздархойн кумираш: Джойс, Кафка, Пруст, Борхес, Маркес.
Шаьш редакторш болуш, уьш къона, цхьанне а бевзаш боцуш яздархой белахьара, тергал а бийр боцу.
Библиотекера еана книгаш ца ешало соьга. Сайна еза книга, муьлхха мах лой а оьцу ас. Мичча хенахь а хилийта. Айса цу тIера цхьа абзац, я цхьа агIо бен йоьшур яцахь а, тIаьххьара капек а дIаяла реза ву со езачу книгана.
Тахана Кафка воьшу ас.
“НеI еттар” самаваьлча дIаяздина гIан санна хета суна. Ткъа гIенах-м, мел гIурт хиларх, хIуъа ма гой.
Цуьнан дневникаш ешча, дерриг а дахар литературана дIаделла, дуьненчохь кхин марзо а йоцуш, ваьхна яздархо караво суна Кафка. Шен хатI, шен юьхь, шен дуьне а долуш яздархо санна, дуьхьал хIутту суна иза. Сайна гергара са карадо суна. Иштта хIунда ца язйина-те цо шен произведенеш а?


ГОЧДАР

1

А.Т.Карасаевн, А.Г.Мациевн “Оьрсийн-нохчийн дошам”, 236 агIо.
К р и к – мохь, цIогIа. Последний крик моды – тIаьххьарчу модин гIирчI.

2

“Без труда не вынешь рыбку из пруда”.
Нохчийн маттахь:
ЧIара лаца лаахь, хечин айла яшо еза.


ФОЛЬКЛОР,  БИЗНЕС  А

Соьл а пхи шо жима ву сан йишин кIант Дохтукаев ИсмаIал. ДIаоьккхий, схьаоьккхий, юкъарло дуьйций а, шенччул шайкай йоккху цо. Ас лелориг, сан хьал а хууш волчу, тхойшиъ цхьаьна нисвелча:
– Туьйранаш лехьорах гIуллакх хир дац тахана, Сайд-Хьасан, – олу цо. – Фольклор а йитий, бизнес лелаел ахьа-м, бизнес.
Юха, вовшашка а хьожий, велало тхойшиъ.


АВТОБУС ТIЕХЬ

1

Суьйрана балхара чувогIуш ву со. Автобус йоьттина ю. ТIехьара ахча схьакховдадо соьга. Ас сайна хьалха йолчу йоIе дIакховдадо, цо шел хьалхарчаьрга...
– Передайте. Передайте пожалуйста, – бохуш Iа иза, цхьаммо а схьа ца оьцуш.
– Хьайна дитахь, – боху ас.
– Суна-м ца оьшура и.
Стага мохь бетта:
– ТIехьара неI схьаелла!
Шоферо:
– Ахча схьадаийта!
– ДIаделла хьуна! Схьаелла!
– И-м хIокху йоIа кисана диллира, – боху ас, вела а къежаш.
Вукху социйлехь со а неIаре гIоьрта. Со охьавуссуш йоIан гома хьажар лоцу ас сайна тIехь.
“Бегаш бан ца хаа суна я и царах ца кхета”, – ойлайо ас.

2

Студент волуш дуьйна, автобусаш тIехь йолу кега-мерса жоьлгаш евзаш ю суна. Царах дукхаха берш, Iаьржа айра санна батош йолуш, мажош яшаза, спортивни хIумнаш а юхий, мел йовхачу хенахь а пхьаьрса тIехула (тIоьрмиг чу кхийдаш долу куьг ца гайта) свитер я пиджак тесна хуьлу. Шиъ-кхоъ цхьаьна, тIехьара-хьалхара неIарийн бертехь дIатарбелла Iа уьш, автобус сецча, охьалелха кийчча. БIаьргаш а бу церан, аьнгалин болуш санна, хьажар – акха, хьо а, гонах дерг а ца гуш.
Шайх цхьаъ гуча а ваьлла, зударша бага леян йолийча, вукхара гIо лоцу, шаьш цуьнца доцуш санна:
– Зуда, хьо реза яцахь, такси а лаьцна яха еза. Хьакха ца луш ца хуьлу автобус тIехь. Хьоьца бала болуш цхьа а вац...
Цуьнца бала болуш-м вац. И бакъ ду. Хилча цуьнан бохча дезар-кха!
Со эскарера цIавеана дийнош дара уьш. Массо а суна маралелхаш. Со декъалвеш:
– Эзар балех валийла. Кхин керстана кара ма гIойла, – бохуш.
Дукхахболчарна-м со вахнийла а ца хаара.
“Минуткехь” социйлехь тIекхаьчна сан юьртахо а яра царах. Цхьана хенахь, 5-чу классехь доьшуш волуш, тIехьийзаш а вара со цунна. ХIинца иза шен цIийнадеца гIалахь Iаш яра, шиъ бер а долуш.
– Зуда ялийний ахь? – хаьттира цо.
– Хьо я-м ма ца еара соьга, – велакъежира со.
– Цхьана куьйга ши хорбаз лаца лууш вара хьо, – елаелира иза а.
7-чу классе ваьлча кхин йоI езаелира суна. Сайн цуьнца дов даьлча, вукхуьнца йолу юкъаметтиг карла йоккхуш, юха и ша тIаьхьа яьлча, цунна тIевоьрзуш, чакхъелира школа. Ший а йоккха хиллера. Шинне а цIерачарна шайн-шайн йоI йига лаара. ЦIийнан дукъ тIелаца хьалхе хетара суна, дан дезарг бен хIума а доцуш...
– Хорбазаш чIогIа дукха езаш ву со, – элира ас, вела а велла.
Иштта тхойшиъ забарш еш Iаш, схьахIоьттира автобус. Ван а веана, тхойшинна юккъехула пхьарс а боккхуш, дIахIоьттира сан хеннара кIант. Цуьнга пхьарс дIабаккха ала бегIийла ца хеташ Iара со. ТIаккха важа сан мара схьакхетар йолуш яра. Дукха нах бара чутаттабелла...
ЦIеххьана “оцу тобана” юкъара цхьаннах бIаьрг кхийтира сан.
“ХIара шиъ цхьаьна вуй-те? – дагадеара суна. – Со цунах хадош баьккхиний-те юккъехула и пхьарс?”
ХIокхо сайга дуьйцучуьнга ла а доьгIуш, вукхеран терго ян гIертара со. Амма гIодаюкъал лахахь гуш хIума дацара. “Культуран училище” йолччохь нах охьа а буьссуш, салон яссаяла йолаелира. Сайца йолчун тIоьрмиге бIаьрг туьйхира ас, заьIа йиллина гира суна. Сихха неIаре гIерташ волу кIант схьалеци ас:
– Хьайн тIоьрмиг чу хьажал, – олуш сайца йолчуьнга.
Биллина тIоьрмиг гича иза цецъели, кошелек, цхьадика, когаш кIеллахь Iуьллуш яра. Ас ша схьалаьцча, и охьатеснера цо. И схьаэца охьатаьIи со. Цу минотехь важа шиъ охьаиккхи.
Дагар дича ахча нийсса дара.
– Дела реза хийла хьуна, – элира цо. – Балхара выручка яра хьуна хIара, банке дIаяла йохьуш. Такха дезар дара…
ХIетахь дуьйна социйлехь соьх бIаьрг кхетча, со волучу автобус тIе ца бовлу уьш.
Дукха хан йоццуш Полежаевн цIарах йолу скверехула схьавогIуш вара со. Иттех гIулч бен юкъахь йоцуш дуьхьал вогIуш ву царах цхьаъ. Юххе хIоьттина зуда а ю кхунна, вархI-бархI шо хир долуш кIант а ву куьг лаьцна валош.
“Деллахь, цхьаьна зудчун майра а, цхьаьна кIентан да а ву-кх хIара а”, – ойла йира ас.
Суна кхин юьхьа дуьхьал ца хьожуш, тIехвелира иза.


БЕЗАМАН  АЧОНАШ

Стаг – зудчун хазалло йийсаре во, зуда – стеган ахчано.
Б и л г а л д а к к х а р:
Дуьйцург вовшийн ца девза шиъ ду. Вовшийн довза агIонаш йолчу шиннан дуккха а ду кхин а бахьанаш: дикалла, оьздангалла, гIиллакх, цIаналла, доьналла...


МЕТРО

Москвахь, дуьххьара метро чуваьлча:
“Iалелай, ма дукха адамаш хIаллак хилла хир ду хIара еш”, – ойла йира ас.


МАРШОНАН  МАЙДАНАХЬ

31 март. Шинара. Соьлжа-ГIала.
Радио латийна, концерте ла а доьгIуш, цхьацца язъеш Iаш волу со цецвоккху, цIеххьана къамел дан вулучу стага.
Ша Усманов Зайнди ву, боху цо.
“Радион ЦIа” схьадаьккхина шаьш.
– Яхь йолу кIентий, арадовла! – кхойкху цо.
Институтера Зорбанан ЦIийна воьду со, доттагIий болчу.
– Ма зулам ду и! Наха шайн вийнарг а вуьтуш, беза мархин бутт бацара хIара?! – боху Цуруев Шарипа.
– Вайнаха юкъахь лелачу гIуллакхашна юкъагIертар дац вай. Амма арахьара бIо тIебогIу-кх, тIаккха вай хьала ца гIовттахь, вайна эхь а ду-кх, – олу Ибрагимов Лемас.
Дукха хан ялале Амаев Ваха-Хьаьжа кхочу схьа. Иза дог доьхна ву.
– ЦIий Iана кийчча ду-кх цигахь. Цхьа суй икхчахьана, цIий Iана кийчча ду-кх цигахь, – олу цо гIийла.
– Хьо вогIий цига? – хотту Тагаев Сайд-Хьасана.
Майданахь эзарнаш доIа деш бу.
Исламан институтан ректор Майрбек-Хьаьжа ву нахана хьалха лаьтташ.
“Хьаьжа ЦIа вахана бохуш ма дара иза. ХIара гIуллакх а хиъна цIавеана-те?” – ойлайо ас.
“Радион ЦIийна” хьалха къийсамаш бу.
Вуьйцург, Дудаевс инарлин чин делла, Сулейменов ву.
– ХIа, ас инарлин погонаш ели хьуна. Инарла хуьлий хьоьх? - боху цхьамма.
– Ца хуьлу, - жоп ло шолгIачо.
– Гезлойн-Эвлара ТIехьа-Мартана кхаччалц инарла ву-кх иза.
– Белхан меттигаш йоькъуш, юхкуш ю, нийсо яц. Лечкъош, йоккхуш ву массо а. Цхьа а Iедал дац. Жоьлгаш яьржина...
Белш тIе автомат оьллина лаьттачу, хьаьрсачу стаге вистхуьлу со. Ткъе пхийтта шо хир ду цуьнан.
– ХIара ЦIа хьенан карахь ду?
– Вайн карахь ду-кх...
– “Вайн-м” дара... “Вай” муьлш ду?
– Нийсо езарш ду-кх вай, – олу цо.
– ТIаккха президентан дуьхьал я цуьнгахьа? ХIун боху “вай”?
– Отставке гIо боху президенте, парламенте  а. Хьажал, цкъа а хиллий вайнехан зударий лечкъош, бойуш?.. Вай пачхьалкх еш делахь, цIена хила боху-кх вай...
– Схьаволахь, хьенех, схьаволахь, – чувуьгу иза.
Парке боьду некъ дIалаьцна. Телевидени тIе ца кхачийта, дехьа-сехьа цхьа а ца волуьйтуш, лаьтташ бу гвардейцаш. Дукха хьолахь берхIитта-ткъа шераш долуш.
Юххехь дIахоттийна кхо-йиъ танк, БТР а ю, тIе нохчийн байракхаш а тоьхна. Оьрсий дIабоьлхуш йитинчех.
– ДIанехьа довлийша, кIентий. ДIанехьа довлийша, – доьху лакхарчу лейтенанта, хьовса лууш тIегIертачаьрга.
Царна сехьа лаьтташ, хевшина Iаш а баккхийнаш бу, карахь тоьпаш, автоматаш а йолуш. Кхузахь мила хьаьнца ву хуур а дац. Гвардехь верг, воцург а. Уьш, вуьйш а шайн каракхаьчна герз духкуш, цунах машенаш, квартираш оьцуш лела. Уьш я вуьйш а Делан дуьхьа я нехан дуьхьа а лелаш бу ала хала ду. Дукхаха берш тоьллачаьргахьа бу.
ХIокху тIаьххьарчу хенахь (Iедал чIагIделчахьана) наха лаьцна амал ю и. ХIунда аьлча, нохчашна гина, Iедало стаг вохош, каггош, вуьйш, доь доцуш тIепаза войуш… Харцо тоьлуш а. Нохчийн къоман къонахий хIаллакбина ца Iаш, доьналлин хIу дIадаккха гIиртина и Iедал дуккха а шерашкахь. Ша доха герга дахча бен, нохчашна тоделла а дацара. Цундела Iедалца къийса лууш дукха бац нохчашна юкъахь. Царна бала ца лаьа. Шайн доьзалш кхиош, маьрша баха лаьа. Цхьана а Iедалера дика гина бац вайнах. Паччахьан Iедало, хIаллакбаза биснарш, Туркойн махка бахийтина. Советан Iедало, оццу ямарт Iалашонца, Сибрех, Казахстане, Киргизе а бигна. ХIетте а кхача ца луш, бисна. Цу хIаллак биначу къонахийн тIаьхьенах юха а къонахийн могIарш дуьзна. Амма чIогIа наивни къам ду. Дагахь хIума доцуш, аьллачух тешаш, шаьш тешначунна тIехь бала а кийча. Бакъдерг аьлча, нохчашна цхьа а Iедал ца деза. Iедал боху дош девзичхьана, нийсо гина яц нахана. Цундела Iедал ша ду. Халкъ ша ду. Мел къен велахь а, хIора а нохчи шен амалца, леларца, дог-ойланца – элийн гIиллакхаш долуш ву. Ткъа оьрсийн Iедал, муьжгийн, лайн амал йолуш хилла ду. Психологи, нохчийн менталитет а ю цу юкъахь доккха дакъа долуш. Вуьшта, муьлххачу Iедална а, мичча хенахь а, кара-м бо диканна-вонна а хьалхабовла, тIаьхьахIитта а нах. Амма къам, шен дукхаллехь, тоьллачаьргахьа ду. Хьекъал долчу стагана, дуьненан ловзарш бахьанехь, шен цIийнах, цIарах, хIусамах, доьзалх вала, хада а ца лаьа. Ша Iедал ловза даьлча, халкъан гIиллакх-оьздангаллин ориентираш юху.
Керла-керла машенаш оьху тIе. Тхуна юххехь “Жигули” сацайо. Автоматаш карахь охьабуьссу кечбелла кегий нах. Москвас дика герз, ахча а делла, Iедал юхадерзо арабаьхна нах бу хIорш. Къечу къома юкъахь атта дер долу дов, вайна юкъахь и куьг бехкечунна дуьсу дела, вовшийн мостагIий лоррушехь, тIе ца кхийда уьш. Дов доло атта, дерзо хала ду. Питанаш лело, республикана ма хуьллу новкъарло ян а нах, Москван лоьхуш къахьега а ца дезаш, бевдда шаьш цига дIабахана дуккха а бу. Халкъан хьацар диъна ца Iаш, хIинца цIий а мала кийчча.
Сайца дешна Къаир го суна. ТIуртIин кIотарара вара иза я оцу юххера? Дика боксер вара иза, тхо студенташ долчу хенахь. ХIетахьлера цIен томмагIа хIинца а ду цуьнан бIаьрга кIелахь. Карахь автомат, хаьнтIехь тапча а ю цуьнан. Кхерамазаллин комитетан эпсар ву иза.
– Хьуна хIун аьлла хета кхунах? – хотту ас.
– Со суо а кхеташ вац, – олу цо.
– “ТIетоха” алахь хIун дийр ду ахь?
– Тухур яц. Со юкъара дIавер ву.
– Хьуна тохахь?
– Суна тоьхнарг юьсур яц. Карор ву. Тайпа ду, тукхам ду. Телевиденехь масех стаг вийна хIинцале. ХIун хир ду цунах?.. Зулам ду-кх и…
Дехьо, шайн фраершца, хIун ду хьовса даьхкина зудабераш го суна. Вовшийн лере оьхуш, цхьацца дуьйцуш, къежаш лаьтта уьш. Уьш муьлхха Iедал а бен ца хетарш бу. Муьлхха Iедал хилча а, шайн гIуллакх дан дезий хуурш. Iедал Делера ду, бохучийн категорех бу уьш. Иштта хьехамаш бо царна цIахь болчара. Iедало олла бахахь, коча жаIар а олла. Даг чохь бусалба хилчахьана. Эвлаяийн хьехамех цара схьалаьцнарг, царна диснарг, хууш дерг а и ду. Атта бусалбалла деза вайнахана.
Юха а майдана вогIу тхойшиъ.
Соьлжа тIай тIехь дуьхьал кхета Бексултанов Муса.
– ХIара дийцар дохьуш вогIу со. “ГIаланашший, аэропорташший”. Таханлерчу кхахьпаллах лаьцна, – олу цо.
– Хьайна лейта воллу-кх хьо, Муса, – олу ас. Айса яздинчунна реакци хууш.
– Воллу. Уггар хьалха луьйр берш муьлш бу хаий хьуна? Кху тIехь буьйцурш бу-кх. Иштта кач хьала а туьйсуш. Гиний хьуна?
– Деллахьа, Муса, хIинца-м цхьанне а оьшу моьттуш вац со вай лелориг.
– Цхьа хан йогIур ю.
Майдана керла-керла тобанаш тIеоьху. Ярташкара адам а орцана, автобусашкахь, киран машенашкахь а схьаоьху.
Юха а доIа до.
– Амин... Амин... – хеза.
Массара а куьйгаш хьаладохуьйту.
ТIай тIера дIахьаьжча дика гуш бу уьш.
- Митингашкахь кхин “Амин” бохур долуш вац со, - олу Мусас. - Дукха бехира, дукха.
…Суьйрана веъча, Парламентан ЦIа чу гIерташ болу нах сецош, го суна.
– ХIинца  хIун хилла? - хотту ас.
– Телевиденехь нах байинарш, лецна, кхуза схьабалийна куц ду. Царна тIекхача гIерта хIара нах. Зукар деш, еса а доьшуш машарца шайна тIебогIучу нахана герз тоьхна цара.
Майданахь доькъуш тIехь кхайкхамаш болу листовкаш ду. Герз доькъур дацара-те, бохуш, сатуьйсуш лаьттарш а бу шортта.
– Герз схьаэца деза, герз...
Иза тоьллачу дегIахь жима стаг ву. Оха филологически факультет йоккхучу хенахь, экономически яьккхира цо.  Тхо цхьаьний юкъараIойлехь Iаш дара хIетахь. ХIара кегаре хилча, кхунах пайда а эцна, Финансийн министерстве балха вахара иза. ТIаккха кIеззигчу хенахь, шен тиша “Москвич” дIа а йоьхкина, керла яьлла “Жигули” ийцира, гIалин юккъехь  тоьллачу цIа чохь квартира, чохь-тIехь а.
– Герз схьаэца деза, герз. Цаьрга а шоьгахьа ву, олуш, схьаоьцуш. Вукхаьрга а шоьгахьа ву, олуш, схьаоьцуш, – бохург а и ву.
Ша массарал а хьекъал долуш лору цо.
Хьалхара апрель. Кхаара.
Радио чухула селханлерчу гIуллакхна хьалхабевлла леллачийн цIераш йоху – Бугаев Iабдулла, Итаев Вахийта... Россин цIе а  йоккху. Нахана дагахь хIумма а доцчу хенахь, Россино Iуьйрана кхайкхийна хилла, Нохчийчохь Iедал хийцалур долуш ду, аьлла.
Хьаькамаш хиллачара, хIинца болчара, хила гIертачара-м Iедалан мукъ къуьйсура, амма царна, вукхарна, вукхарна а тIаьхьа хIиттинчара хIун леладо-те? Цунах ца кхета со.


КАФЕ ЧОХЬ

1

ДIа ког баькх-баьккхинчохь оьрсийн къаной бу сагIа доьхуш. ТIе тиша барзакъ дуьйхина, куьзганаш доьхкина, баккъаш ситтина, халла когаш текхош лела уьш, хьалха куьг а кховдийна. Дола деш стаг а воцуш, тобанашка декъа а делла, лела тайп-тайпанчу интернаташкахь хилла бераш а. ГIаддайначу адамийн Iуналла ден организацеш а, Iуналла дан стаг воцуш йисна.
Делкъана хIума кхалла кафе чу воьду со. Цхьацца хIума схьа а оьций охьахуу. Суна юххерчу стоьла хьалхара стаг ара ма-ваьллина, деза дегI а текхош, йогIий цхьа йоккха стаг, бошхьепана чу баьпкан юьхк хьекха хIутту. Дехьо кхин цхьаъ а дIахIутту. Со валаре хьоьжуш Iа хир ю иза. Суна шен дагара хаийта эхь хеташ, тIеян а ца хIутту иза. ЧIогIа гIаддайнехь а, дуьххьал дIа сагIа деха, даго ца дуьту хIинца а дуккха а адам.
Соьгахь цунна юург эца ахча дац, амма паргIат сайн порци а ца яало соьга. И йоккха стаг тIе а хIоттийна, цуьнан бIаьргаш а гуш, логах чоьхьа ца йолу...
Меца воллушехь, хьала а гIоттий, дIавоьду со, и охьахаийта...

2

ТIера хIума дIаолла меттиг а ца хилла, со охьахиъначу гIантан гIовланах оьхкина ас бедарш. Делкъана адам дукха хуьлу кафе чохь. ДIаса лелачу нахана букъ берзийна хууш Iедал дац сан. Тахана, адам дукха долуш, хоьржийла яц.
ХIума кхалла со охьатаьIна а волуш, тIехьаьжна а цхьа шеконе стаг го суна. Иза буфет хьалха а воьдий, сихха юхавоьрзу. Иза дIавахча, цуьнан сиха араваларх цецваьлла, букъ тIехьа бIаьрг туху ас. Там бара и цхьаъ эцна ваха. Махеран шарф ца гича, юург, тIеюхург юьтий, сихха цунна тIаьххье араволу со.
Хьала-охьа догIучу адамашна юкъахь, и муьлхачу агIор вахана ца хууш, дIаса хьаьжча, шен боларехь паргIат воьдучу, сайн “хьешах” бIаьрг кхета сан. ХIума лачкъийна воьдург дукха сиха къайла волуш Iедал ду. Цо-м лачкъийнехь тамаша бу и, олий, гIанта буха хьажа дагахь чувогIу со. Сихаллехь охьайоьжна гина хир яц суна. Йоцург муха карор ю? И стаг воцург, шарф лачкъо тамехь, кхин стаг кху чу веана ма вац. Юха, сихачу боларехь, цунна тIаьхьа кхуьу со.
- Накъост, собар де цкъа, - олий, цуьнан белш тIе куьг дуьллу ас.
Цо, схьавоьрззушехь, четара шарф схьа а йоккхий:
- Ма тохалахь суна, со цомгаш ма ву, лачкъа ца еш тIех ца валало со, - олу.
Сайна хьалха, кхеравелла эгавеш, лаьттачу цу стаге хьожу со. Тоьхча вала а там болуш волу. Верриг Iаржвелла, хебаршка а вахана. Лачкъийнарг юхкуш, молуш лела хир ву-кх и, доьзалан я шен дегIан а терго ца еш. Кхунна тIара тоьхча, юха а куьйгаш дила дезар ду-кх, аьлла, жирга хета суна. “Ма тохалахь суна, со цомгаш ма ву”. Схьакховдийна сайн шарф схьа а оьций:
- ДIавало тIаккха, - олу ас.


ВЕЛА  ДОГ  ДОГIУ

Чура цхьаъ уьйтIа ваьлча, котамаш, хьалхабаьллачу уьстагIна тIаьхьа хIуьтту жа санна, тIаьхьа хьолху, когашна кIел а лелхаш. Ахь жимма а неI хера йитахь, йовдий чуйогIу. Вешин йоIа, Маккас, нуй а эцна лаьхкина лелийна, цхьаъ-шиъ астагIа ю царах.
Царна таса хIуш а эцна, мама араяьлча, маьI-маьIIехь зIакарш етташ Iаш йолу уьш, тIехьовду. АстагIа йолу шиъ, кенгуру санна, кхисса а луш, вукхарал тIаьхьа йисарна кхоьруш, тIемаш а лестош, корта хьалха а таIийна хьаьдда йогIу.
Ишттачу суьрте хьаьжча, вела дог догIу сан.


ГIАЛГIАЙН ЙОI

Суна мел вевзинчу гIалгIайчо:
– Вайнехан вуй хьо? – олура.
ГIалгIай, аьлла, шаьш нохчех къеста дойла а ца лаара царна хIинццалц. ХIокху муьрехь нохчашна, гIалгIашна а хьалхабевллачу наха йоккха херо йоьллина нахана юкъа.
ХьасттагIа цхьа йоI хазъелла:
– Хьо вайнехан юй? – хаьттира ас.
– Яц, – элира цо. – ГIалгIа ю.
– Вайнехан яц хьо тIаккха? – цецвелира со.
– Яц, гIалгIа ю, – элира цо.
Цхьа-ши шо хьалха цунна и ала дага а догIур дацара.


ДАЙМОХК

1

Цхьаболчарна Даймохк, вукхарна - гаймохк.

2

Нана-Росси, Нана-Гуьржийчоь, Нана-ДегIаста, Нана-Нохчийчоь…
Цкъа а хьайн пусар ца динарш, ма герга оьзна хьаьсти-кх ахь, Даймохк. Даима а хьайн сий лардинарш, хьо лаккхара лаьррарш, меран бераш санна, ма херди-кх ахь…


ПХОЬАЛГIАНИГ –  СОВ  ВУ

– Орца дала! Жоьлгаш яьхкина! – мохь хеза  чутийначу нахана.
Хьажахь, талорхой кхуьнан чу а бевлла, хIинца, хIара тIекхаьчча, неI дIа а къевлина Iаш бу-кх. Кхуьнан зуда а ю дIалаьцна. Герз а хир ду гавуршкахь!
Лулахой, тIехбовлурш а сихха орцаха хьовду.
Корашкахь тоьхна цацаш бу. Цигаша бовлалур бац.
Сихха неI дIалоцу цара. ЦIийнада милици яло вохуьйту.
Милицин наряд сихха схьакхочу. НеI бухаяккха ца дезаш, вовшех дагабевллачул тIаьхьа, террористаша догIа доккху. Йийсархо цIийнаден мара южу… Ирсе майра гIайгIане вужу. Зуда ехха дегI а ца лацалуш ю.
ТIаьхьа къаьста дерриг а.
Ши кIант, цхьа йоI а сакъера вовшахкхетта хилла.
Арахь погода дика а ца карийна, йоIана шен хьаша дагаеъна...
ДIаладоьгIча оцу тайпана хьеший, дуьххьара вовшахкхеташ а ца хилла цу хIусамехь.
Вуьшта, майрачун хIинццалц белхан билггал график яра, хIокху йоьхначу замано шен балхах вахийна-кх иза.
 (“Голос Чеченской Республики” газети тIера.)


ГЕОГРАФИ

– Вай Сибрех дигинчу хенахь, – олу хIинца а вайнаха.
Казахстане, Киргизе а бигначу вайн дайша, наноша а “Сибрех” хIунда олу-те, ойла йина ас хийлаза.
Карарчу, 1992 шеран Iаьно, кхетийна со.
Хьалха, паччахьан Iедал долуш, Cибрех хьажош хилла жимма а шайна реза воцу стаг. Юха советан Iедало а кулакаш беш дIахьежийна. Цундела 1944 шарахь, оцу буьрсачу Iай, 23 февралехь, чоьппалгаш санна тIеоьхуш ло долуш, махках бохучу вайнехан, кхолладелла аьлла хета суна Сибрехан васт.
Хьанна хаа, аьхкенан юккъерчу баттахь цIерадохуш хиллехь, Хонкара махка дуьгу вай, ала а там барий цара-м. Йоккха географи ю-кх вайнехан.


МАС

- Герзо йина чов йоьрзу, дашо йиначу чевно воь, - олу.
Дукха хан ю мас а герзан категори лору.
Амма яздархочун карахь, мостагI велахь а, велларг цхьаьна денва йиш йолуш ю и. Шовкъалино доттагI а вен тарло.


ИНФЛЯЦИ

1

Ахча оццул дайдалар – Дала хIара вайна гуш долу дуьне  хIумма а  йоций  хаийта санна, дина хIума дуй-те?

2

80-чу шерашкахь, со университетехь доьшуш волуш, дуьйцуш кхин хIумма а дацара, 1929-чу шарахь Америкехь хилла экономически кризис бен.
Нийсса 60 шо тIаьхьадуьсуш хилла вай Америкал.
89 шарахь гучуелира Советан пачхьалкхан кризис, амма карарчу (92) шарахь шен лаккхарчу тIегIана тIеели и.
Хьалха а шина-кхаа шарахь цкъа бен базара воьдуш вацара со, хIинца-м муххале а дан хIума дац цигахь. Беттан уггар а лакхарчу алапах уггар а ледара мачаш, коч а ца йогIу.
Декъаза нах хилла вай. Дан ца магара вай цкъа а Iа ца дулучу пачхьалкхехь? Я Африкехь мукъане а делахьара. Цигахь тIеюхучунна, ягочунна а гIайгIанаш ца еш, Дала елларг юуш дIаIийр дара “Iаламан бераш”.
ХIокху дуьнен тIехь негрийн доллучул а ирс ца хили-кх вай!

3

Алапаш, пенсеш, стипендеш а схьадалаза ахшо хан ю.
– Ахча луш ца хилча  болх бан дог ца догIу, – олуш хеза.
– ДIадовлийша, – олу ас, – ахча делча-м хьаъа а бийр бара и. Кхечу пачхьалкхашкахь “болх ло тхуна” бохуш, некха тIе фанераш, кехаташ летийна нах ца гина шуна? Вайн Iедало болх белла-кх вайна...
Цу хьокъехь Юнусов Хьамзата (“Даймохк” газетан редакторан заместитель) анекдот дийцира.
– Цхьана стеган кхуьуш кIант хилла. ХIуъа дича а, аравоьдуш гIумагI хьош ца хилла цо. Цкъа дас тIе а чевхина: “Схьаэца ца боху ас хьоьга?!” – аьлла. КIанта: “Схьа-м оьцур ю, хи-м кхорзур дац”, – аьлла.
– Цунна дайна, – велавелира Хьамзат, – белхаш-м бийр бу вай,  ахча-м лур дац.


ДИКА  НУС

Нускал хенахь массо нус а ю дика.
Дикачу несан гIиллакх – массо хенахь а нускал санна хилар.


ДИКА  ЗУДА

– Нана дика зуда ю цуьнан, – олий, захало дуьйцу вайнаха. ЙоI ненах тера хуьлу, бохучух тешаш. Кицана даладо хIара дийцар.
Яло а дагахь йоIана тIехьийзаш хилла кIант.
– Iадйитахьара ахь иза, нана дика ца юьйцу цуьнан, – аьлла доттагIчо.
– ХIахIа, и тера яц ненах.
– Iаж Iожана кIел бен ца бужу хьуна.
– Дитт гу тIехь хилча, керчий дIабоьду охьабоьжна Iаж.
– Делахь хьовсур вай. Ас хIуъа дахь а, хьо вист ма хилалахь, – аьлла, барт а бина, хийисте вахана и шиъ. ЙогIуш йоI гича, дитт тIе а ваьлла, дуьрста хьала ийзо хIоьттина кIентан доттагI.
– ХIунда хьийзайо ахь и говр? – хаьттина йоIа.
– Хьала ца йолу-кх хIара.
– Говр дитт тIе йолу бохуш, мичахь хезна хьуна?
– Кхуьнан нана-м йолура.
– Нана яьллехь ер ю хьуна, шед тоха ахь, – хьехар дина йоIа.
Амма суна билгалдаьлла, дукха хьолахь, дикачу ненан йоI гIуллакх дан ца лууш, хIуманна мало еш кхиар. Нанас, жимчохь дуьйна и кхоош, дерриг а ша дан гIерташ, вуо болх бо шен йоIана. Ткъа вочу зудчун йоI, жимчохь дуьйна гIуллакхна тIетеIийна, ша ца динарг наха дийр доций хууш, кхуьу.
Бакъду: дикачу ден вуо кIант тоьлу, я вочу ден дика кIант тоьлу? – боху хаттар а ду цигахь.


СЕРЛО,  БОДА  А

Аьхкенан буьйса. Учахь богу чиркх. Цунна гонаш туьйсу садолчу хIумнаша. Серлонах Iехалой, шайн тIемаш а дагадой, хIаллакьхуьлу дуккха а полларчий, кегийра мозий а.
Иштта ду-кх адаман дахар а.
Дукха хьолахь, стаг, Iаьржачу боданера хIуъа дина а серлоне кхача гIерташ, тIемаш а дагадой вуьсу...


БЕР

Хьайна бер ца дезахь, сара кхоабе.
Суьлийма пайхамар.

1

Коча Iамийначу беро юьхьIаьржа хIоттаво, аьлларг ца деш, юхахьара лелаш. ТIаккха и Iамо гIерташ, цунна бетах тIара детташ “кхето” йолало нана.
Хьалха заманахь хIора къонахчун кхобуш цхьаъ-шиъ дин хилла. ЧIогIа лорий Iалашбеш, диканиг яош, малош, лаьмнашкахь хецна буьтуш. Цкъа бен и оьшур бацахь а, оцу дийнахь юьхькIайчу хIотта.
Амма дин санна Iалашдина бер, сов коча Iема. (Амалш а тайп-тайпана ю цу шиннан.) Массо хенахь а ловзо, хьеста а Iамийна, юха хьан йиш йолуш-йоцуш, ша аьлларг чакхдала деза моьттуш, массара а шена там леха беза моьттуш, бала бо цо шех дена, нанна а.
Цхьана хIусаме веанчу хьешана хьалха юург йиллина хилла. И паргIат ца вуьтуш, цуьнан ги лелхаш, пхьаьрсах кхийзалуш, ловзуш тIетийсалуш хилла чура кIант. И кIорда а вина, ластийна цунна тIара тоьхна хьешо. Важа маьхьарца велха хIоьттина.
– ХIунда туьйхи ахь цунна? Цхьаъ бен ма вац тхан и, – аьлла сехьаяьллачу хIусамнанас.
– ХIара цхьаъ бен ца хилча, кхунах а стаг ца хилча, къа дац шун? – аьлла хьешо.
Дас, нанас а бер качдо дела, Iамадойтуш хиллий-те вайнаха шайн бераш девешин хIусамехь? ХIоранна а, шен бер Iамо ца хаахь а, неханиг муха хила деза хаа.
Оцу тIе доьгIна аьлча, хийла ненан урам-новкъахь, базарахь а берана, делха а деш, етта дезар дацара, цара шайн хеннахь цIахь, цу хене бовллалц, уьш кхетош-кхиийнехьара.
Иштта хийла стаг, наха юкъахь юьхьIаьржа хIоттаво зудчо, шен хеннахь цуьнан мотт саца ца бар бахьанехь.
Бакъдерг аьлча, ша юьхьIаьржа хIоьттина хиларх кхета а хьекъал деза стагана.

2

Цхьаболчу зударшна шайн самукъана, наггахь хьаста деза бер. КхидIа йолчу хенахь тергал а ца до. Терго йоцу бер – цIийзаш, доьлхуш, цамгарш лехьош а кхуьу.
Бер – тайниг яц. Хьаста дагадеъча кара оьцуш, кIордийча охьакхуссуш. Бер – адам ду, цунна терго, Iуналла, хан, шега хьажа стаг а веза.


IАЬНАН  СУРТ

Ара якъаяла оьхкина, шелонехь гIорийна кIай шаршонаш санна, даьржина  кхозу тIе ло диллина дазделла диттийн генаш.


ДИРЕКТОР

Ломара цхьана юьртарчу школан директор хилла суьйрана шен цIахь цхьацца яздеш воллуш. Кхана кхеташонехь хьехархошна дийца дагахь хилла иза, муха марздан деза дешархошна советски гIиллакхаш. Керла дахар кхуллуш новкъарло еш долу цхьадолу нохчийн “акха” гIиллакхаш а даладора цо масаллина: чIир екхар, шен керта иккхинчу стеган (мостагI, зуламхо и велахь а!) доладар, марханаш кхабар, зуда ялийча, эскарера я набахтера стаг цIавеъча мовлад дешийтар и.дI.кх. а.
ЦIеххьана арахь гIовгIанаш хезира цунна. Бодаш булуш лаьттара. Йиллинчу неIарехула чуиккхира мела цIих а вуьзна цхьа стаг. Ара хьажавелча, цунна тIаьхьаваьлла вогIуш ши милцо а гира кхунна. Цу стага орца дийхира кхуьнга. Законник волу директор цаьрга  а хьаьжна, кхуьнга бIаьрг а тоьхна, хIара дIавехка дагахь тIекхийтира. Важа, ка а  даьлла, тIехьаьддачу кхунна, стоьла тIера урс гайх а латийна, араиккхира.
Кхано къаьста, и стаг вукху шимма хьошалгIа кхайкхина хьаькам хилар. Сакъоьруш Iачохь, малар коьрте а даьлла,  дар-дацар хиллачохь, хьаша вен гIоьртина уьш. Вукхуьнан, кIеззиг мелла хиларе терра, аьтто баьлла церан карара вала. Цу шинна хан тухуш дIадирзина и гIуллакх.
Суна и дийцинарг 1985 шарахь БухIан-Юьртарчу туберкулезни больницехь соьца Iийна Шамсудди ву.
ХIетахь шовзткъе итт шерера ваьлла, вуткъа лекха, цIена чIор, юьхь-сибат долуш оьзда стаг вара иза. Суна гина а вац и цул тIаьхьа. И а вара школан директор. Муьлхачу юьртара вара дага ца догIу суна.
– Хьажахь, элира цо соьга, – дуьйцура Шамсуддис (цуьнан накъостаца хилла и истори), – оцу оьрсийн гIиллакхех а тешна, дайн гIиллакх а дохийна, ас йина юьхьIаьржо. Хьаша а ца ларви ас, сайна чов а хили суна. Iедална гергахь диканиг а ца хили со…


ХЕДА

Батаева Хедас аьлла:

ТIийриг а хеда, дахар а хеда.
Ткъа  лаа юй-те сан цIе а  Хеда?

Бисултанов Аптис аьлла:

Лаьмнашна тIехьара дашо малх къеда.
Цундела ю хьуна хьан цIе а Хеда.


ЭСКАРЕХЬ,  ЦIАХЬ  А

Эскарехь вовшашна некъ битар эхь лору. ГIуллакх дар, дерриг низам а кхерамна тIехь ду. Суна дуккха а оьрсийн кIентий гина цигахь, багара цергаш а яьхна, буззалц юучух кхета йиш йоцуш, модех юьзначу хIумнашца. Уггар боьханиг бойтура цаьрга болх а.
Цкъа со ротехь гIароллехь волуш (ишттачех цхьаъ вара сан дневальни), буьйса юкъал тIех яьлча, цхьацца къамелаш деш, со цецвелира, иза Пушкин, Лермонтов, Тургенев, Толстой а вийца воьлча. Бетах хIума тоьхча бен дуьйцург схьа а ца лоцуш, оццул кхетам артбелла бераш дара уьш. Университет а яьккхина, ткъе диъ шо долчу суна, чIогIа хала дара царна юкъахь адам а хилла чакхвала. Массо стаг а бежнех тарвинера. Цундела дара сан цецвалар а. “Хьекъал долуш, хIуманна хьесап дан а хууш, книгаш а езаш ву-кх хIара а” – ойла хилира сан. Дийнахь гуш дацара и. (ХIинца ойла йича кхета со, чомахь еш наб, юуш хIума а йоцуш, шиннан меттана болх а беш хьийзочу церан, бехк а ца хилла.) Нохчийн цхьаболу кIентий гуттар а тIех Iовдала лелара, и дозалла хеташ. Шина-кхаа стеган барт хилча, дийнна бIо эшабо цара. ХIунда аьлча уьш хIора а ша-ша ву, цхьалха. Бухахь нохчий а болуш тIебаьхкинарш, гуттар а гIадбоьлху. Оьшучохь, ца оьшучохь а берашна етташ, тухуш а. (Ас дозалла-м дора нохчех, амма сан кхетам, адаме къинхетам а сов бара.)
Ша мила ву, шех хIун доллу а хуур дац стагана, ши шо нохчашца даккхарх. Оьрсашца ша цхьаъ Iийначунна бен хуур дац иза. Нохчийн гIиллакхаш а лардеш, царна юкъахь чакхваьлларг ву къонах.
Тахана, суна уггар а ца товш дерг, нохчаша эскарера, набахтера а гIиллакхаш цIадар ду.


ВОЧУ КХАЧАР

Ойла ца еш дош аьлча, юьхьIаьржа хIуттуш меттиг йогIу хийла. Иштта киртиг Iоттаелла цкъа Давлетукаев Анзорана.
31 мартехь балха веъча (радиокорреспондент вара иза), чохь герзах боьттина нах карийра кхунна.
– Ассалам Iалайкум, – аьлла, Винни-Пух санна вела а къежаш, царна тIевахна Анзор. Шен амат а ма ду цуьнан чIогIа цунах тера.
– Вай Iалайкум салам.
– Шу муьлш ду? 
– Вайниш ду-кх.
– Ма дика дара шу даьхкина! КIордийнера-кх тхуна и оппозицехь ю боху хIумнаш, чулелхаш. Тхо болх бан ца дуьтуш, – аьлла хIокхо.
– Тхо ду-кх оппозицехь, – аьлла, Анзор кхин вист хила ца вуьтуш, теттина-теттина аратесна цара.
Ша аракхуссучу хенахь:
– “Хьашт доцчу-м кхаьчнера со. ТIехьахула мийра ма тохахьара кхара”, дара суна дагахь, - бохура Анзора.
Мел галдаьлла хиларх, хIуъа а дIаолуш Iедал долуш ву иза. ТIаьхье муха хир ю ойла а ца еш. Цуьнан забар хуьлий чакх а долу и. Суна хууш и цхьаъ ду-кх цуьнга дIа ца дерзаделла хIума. Цигахь а воьхна хьевзар вацара иза. И а дIадерзор дара, цара ша вист хила витанехь.
Ишттачохь аьлла хир ду-кх:
“Хьалха хьажий бен ког ма баккха, тIехьа хьажий бен дош ма ала”.


ИТУМ-КХАЬЛЛА

Итум-Кхаьлларчу наха аьлла:
– Шуьйта кхаччалц охьабахара тхо, цигара дIа охьадахара тхо.
(Ахмадов Мусас олуш хезна.)


АХЧА ДОЛУ ЖЕРО

Сан бераллин эшар яра:

ХIокха заманахь лелаш дериг–
Даар, малар, ахча ду.
Сан дог-ойла йохийнариг–
Ахча долу  жеро ю!
Ахча, ахча, жеро, жеро
Вайшиъ цхьаьна дехар ду.
Ахча, ахча,  жеро, жеро
Вайшиннан дахар цхьаъ хир ду.

ХIетахь забар яра и. Амма тахана санна и лакха агIо еана яц. Оцу тайпана продукци дукха яьржина хIинца. Массо ларек хьалха хеза цу кепара йораха, цхьа а маьIна доцу эшарш.
ХьасттагIа “Минуткехула” чакхволуш йоIа локхучу эшаран тIаьхьаалар хезира суна:

Хьан ахча чакхдер ду,
со цIехьа шершар ю...

– Ма бакъ боху ахь и, – элира маггIара махбеш лаьттачу зударех цхьамма.


КОРТА

1

Къайле. Корта тобайта вахана хилла цхьа стаг. Киснара схьа а даьккхина баьIа доллар дIакховдийна цо, парикмахеро юха хIумма а ца елла.
- И-м нахана хиъча а эхь ма ду, - аьлла чувеъначо.
- Хьо IадъIийчахьана ас цхьаьнгге а эр дац хьуна, - аьлла парикмахеро.
Мел чIогIа инфляци хиларх, алапа ца даларх а, царна кхерам бац. Парикмахерскехь хазалла дала дохкучу зудабераша, соьгара догIучул мелла а сов мах баьккхича:
- Ас цхьаьнгге а эр дац хьуна, - олий, араволу со.

2

Месаш. ХIора Iуьйрана гIайби тIехь сайн месаш карайо суна. Корта моссаза буьлу а цхьа цIов охьаоьгу уьш. Ткъе вархI шо а кхачале кIунзал болуш ма лаьтта суна-м, ойла хьийзара сан.
Сан накъосташа хьехар дира:
- Цкъа-шозза коьртах урс хьакхийта. Месаш дика хир ю хьан, – аьлла.
Ткъех шо хир дара ас корта дIабашийтаза. Юха ойла йи ас: “Коьрто садаIар бен, хIумма а ца товш хир ма вацара со. ДIабашийтича хIун дара-те? Вайн парламентан спикерн корта а ма бу лепаш...”
Юкъа кIира бен ца долуьйтуш, кхузза-доьазза урс хьакхийтира ас коьртах. Юьхь юьлчу хенахь корта буйннал бен боцуш, жима хетара суна хIинца.
Нохчийн забар ю-кх, кIунзал болчу стаге бен маре ма гIолахь, бохуш, йоIана хьехамаш. Шампунаш, сабанаш оьцуш харж ян а ца дезаш. Коьртах тIуьно горгам хьаькхчахьана волу дела, милла а йогIур ю. ГIаддайча, и  вариант а ю-кх... Несо хаьтти цкъа:
- Жимма, юкъеллий хьан месаш? 
- Юкъялар болх-м хаац, корта дIабаьшначул тIаьхьа кхин охьа-м ца оьгу.

3

Куй. Цхьа-ши шо хьалха, некъа боьлхуш лаьтташехь, нехан коьртара куйнаш идош мода яьллера-кх вайна. Хийла стаг, хичохь бIаьргаш биллича санна, висира цу шарахь.
Корта дIабаьшна, гата хьакха воьлча, и коьртан чкъурах тасаделла, дукха хала схьадаьккхира ас. Суьйрана балхара цIавеъча шиъ-кхоъ гонах ваьккхина Iийра со, куй схьа ца болуш.
- Аттачохь-м вац хьо, иштта лела везахь. Балхахь хIун до ахь? - хаьттира соьга.
- Балхахь куй дIа а ца боккху ас. Некъахь хIара бадо гIоьртинчунна тешнабехк хир буй-м хаара суна. Дика молха хиллера-кх хьуна и, куй ларбан луучунна, - элира ас.


ДУЬНЕ

1

- ХIинца а дерриг сирла-цIечу басахь го хьуна я басарш жимма кхоьлина? - хаьттира соьга, жимчохь дуьйна со вевзачу цхьамма.
Башха соьгара жоп дезаш дина хаттар а дацара и. Жимчохь вайна моьттуш дерг а, даккхий хилча карош дерг а цхьаьна догIуш цахилар цунна хууш дара. Вуьшта, ас ойла йийриг кхин ду.
ХIокху дуьненна тIехь дукхаха йолу проблемаш цхьаболчу наха искусственно кхуллуш ю, дукхаха болу нах шайн куьйга кIелахь латторхьама.
Новкъа дерг цхьа хIума ду: сайн аьтто хилча, нахана, халкъана дуккха а пайда бийр болуш вара со, амма и таро цахилар бахьанехь тийсалуш, тийсалуш дIадоьду дахар... эрна...
Со санна мел бу уьш!

2

- ХIун хир ду-те кху дуьненах?
- Кху дуьненах хIун хир ду-м хаац, амма йоккха тоьпа чу а диллина кхосса йиш йолуш делахьара, тоххара ирх дахана-м хир дара хIара.               

3

- Дела дика ву. Нехан карахь делахьара, вовшийн гур а дацара вайна. Цхьаъ мархашна юкъахь хир вара, важа мархашна тIехулахь, кхоалгIаниг лаьттахь, воьалгIаниг – ор чохь... Дика ду-кх вай Делан карахь долуш...

4

Хьалха социалистически, капиталически лагерьш, аьлла, декъна дара дуьне.
Тахана бусалба, керста а къаьмнаш дол-долчохь тIом бу дуьненчохь.

5

“Хазалло кIелхьара доккхур ду дуьне”, - аьлла Федор Достоевскийс.
Хазалла кIелхьара хьан йоккхур ю?


ЗАМАНАН БИЛГАЛО

1

Телевиденехь шайга диначу хаттарна жоп луш:
– ХIун ала йиш ю сан оцу хьокъехь? – доладора хьаькамаша шайн къамел хьалха. ХIинца:
– Суна хIун ала лаара хьуна аьлча, – олий буьйлало.

2

Хьалха:
– Черт его знает! – олуш хиллачохь, хIинца:
– Бог его знает! – олу оьрсаша а.

3

– Ара ма валалахь, циганаш дIавуьгур ву хьо, – олура наноша, со жима волчу хенахь. ХIинца “инопланетянаш”, тIема довлу бошхьепаш а хьехадо.

4

ХIинццалц шортта зудабераш а долуш, чуваха меттиг йоцуш Iара иза. ХIинца дийнна баттана еса квартира кхечира цуьнга. Кисанахь догIанаш долуш, бевза-безарш лахьо волало иза.
Цхьаьннан, йоI цомгуш а хилла, ян йиш яц. Вукхунах, еъча а, бала пайда бац...
Дагахь а доцуш базарахь цхьанна тIеIоттало. Чудоьду и шиъ. Сигаьрка а узуш, кофе молу. Цхьацца дуьйцуш, политика хьахало. Дудаевна луьйш хIума олу йоIа. КIанта гIо лоцу цуьнгахьа.
Цу тIехула дов долу шинне а.
Вовшех марзо эца цхьаьнакхетта шиъ, вовшех безам а болий, дIасадолу.
И шеца хилла, бохуш дийцира суна накъостех цхьамма.
Заманан билгало ю и.
Хийла доьзал бекъна кху замано.
Нохчийчохь наггахь бен доьзал бац цхьа ойла йолуш. Дукха хьолахь, Дудаев бахьанехь, да-кIант, зуда-майра, ши ваша, ши доттагI а вовшех лата кийча ву... 


IЕДАЛ

1

Кхиамаш. Советан пачхьалкхан 70 шеран кхиамаш Iилмачаша даима а 1913 шарца бустура. Паччахьан заманца дуьстича, вайн дахар 250% тоделла, хазделла бохуш.
Ойла йойтуш ду Яндарбиев Зелимхас бохург а:
– Халонаш? Россин цхьаццайолчу меттигашкахь нах мацалла жIалеш дууш бу.
Бакъду, и Россин муьлха регион ю билгал ца доккху цо. Схьагарехь, корейцийн район хир ю и. Цул мерза даар-м церан дан а ма даций.
Дависарг, Зелимха, уьш бехна балийна а, цхьажимма вайн Iедал “жIаьлех” цIанда дезара вай...

2

Пхьармат. “Пхьармат” журналан редактор Джамбеков ШаIрани вара телевизор чухула къамел деш.
– “Пхьармат”  бохург хIун ду? – хаьттира сан накъоста.
– И стеган цIе ю-кх, – элира ас. – Грекийн мифологехь церан коьртачу Делан, Зевсан, цIе а лачкъайой, нахана йохьу-кх цо. Цхьацца Iилманчаш бу Пхьармат вайнехан мифологин турпалхо хилар чIагIдеш. Цигахь тидаме оьцург, Дала цунна таIзар деш, и Кавказан ломах вихкина хилар а ду.
– И цIе лачкъийний цо? Шеко яц-кха хьуна, иза нохчи хилар, – элира сан накъоста.

3

Принцип. Хьаькам хIоттийначу цхьана къонахчо аьлла:
– Дера ма Iовдал ду хIара Iедал, аьлла хийтира суна со йоккхачу урхаллин куьйгалхо хIоттийча. Соьл йоккха жуьлиг ма яцара тхан районехь а, ша сан доттагIа вацахь. Юха и прокурор вахийтича хиира суна, хIара Iедал суна ма моьтту Iовдал а ца хиллий.
Тохара Советан пачхьалкхо дIакхехьна политика ю моьттуш ву со, тахана Нохчийчохь нах балха хIитторан принцип а.

4

ГIирс. Литеpатоpийн, жуpналистийн, Iилманчийн а гуо юкъа ваха, хьуна хьалха унивеpситетийн, министеpствийн, тайп-тайпанчу уpхаллийн, пpезидентан ЦIийнан а неIаpш еллаяла, хьо гений хила аьлла а дац. Нахал сов хьекъал я цхьа похIма долуш, хьаьжа юккъехь седа лепаш, вина хила а ца веза. Хаза юьхь-маpш, куьцехь пхьаpс-носта, юткъа гIодаюкъ, ховха балдаш а долуш, йоI хилчахьана тоьаш ду.

5

КIеззигчунна тIера дIадолало доккханиг а. “ХIораммо а ша веха меттиг тойича, ма хаза хир дара вайн дуьне!” - сатийсина Чеховс. Ша веха цIа, керт цIена латтош Iедал ду вайнехан. Амма шен чура, уьйтIара а дIаяьхчахьана нехаш, кхаьлли а - кетIа, новкъа, эвлайисте (гIалахь квартирашкахь Iаш белахь - подъезд хьалха, цIийнан маьIIе, корехула ара а) кхуьйсу. ХIара берриг мохк вайн цIа, вайн чоь, Нохчийчоь хиларх вай ца кхетахь, вай цкъа а пачхьалкх кхуллур яц. КIеззигчунна тIера дIадолало доккханиг а...

6

Парламентареш.
– IуьI-Iа-ре Iуь-у...
– ТIак-тIак-тIак-тIа-а-к...               
– IуьI-Iа-ре-Iуь-у...
– ТIак-тIак-тIак-тIак-тIа-а-к...
– IуьI-Iа-ре... тIа-а-к... тIак-тIак-тIак-тIа-а-к...

7

Юьртда. Оьрсийн маттахь аьлча председатель сельского Совета, бен ца хуьлу и. Нохчаша юьртда аьлла, айина и дарж. Таханлерчу дийнахь Нохчийчохь кIеззиг ярташ яц юьртден дарж къуьйсуш. Тобанашка бекъабелла, вовшашца чух-чухула долу гергарлонаш, захалонаш дерриг дицдина, мостагIий а хилла дIахIиттина. Юьртда ца олуш, юьртлай ала дезаш ма дара оцу даржах. ТIаккха къуьйсур яцара нохчаша и меттиг.

8

Квартет. Дудаевна-м ала хIума дацара, иза-м цхьа цIоькъалом дара. Парламентехь, къоман гвардехь а дера ю шортта черчий, берзалой а. Бакъ ма ду и. Амма тIаьхьа хIиттитинчу, гонаха йолчу, юххерчу а цхьогалша, варраша, чангIалкхаша а мукъам талхабо церан.

9

Таможхой. Таможни – дозанал ара йоккхучунна тIера ял йоккху организаци. Вайчара, чу-ара башха а ца хеташ, йоккху. Наха, цаьрца эрна хабар ца дийцархьама, шайна некъахьовзам ца хилийта а, доьхург дIало царна, шаьш массо а цхьацца гIуллакх а эцна араваьлла волу дела. Iедало луш алапа а доцуш, нахана тIеэгна, нехан гехь чакхбовлуш бу уьш. Цундела олу царах лаьцна:
– Берзалой когаша кхобу?
– Берзалой дозано кхобу.

10

СагIа. Гоpбачев  – оьpсийн демокpатин билгало, сагIа а ду. Дуьххьаpа дац истоpехь, халкъана диканна, цуьнгаpа бала байбан араваьлла къонах, тIаьхьа вониг веш, массо хIуманна бехке лоруш а. Гоpькийн “Йоккха стаг Изеpгиль” тIеpа къона Данко дагавогIу суна. Диканах дог диллина адам, мостагIех паpгIатдаккха хьалхавелиpа иза. Шех тешна тIаьхьахIиттина нах луьстачу хьаннашка нисбелча, цаpна маpшоне боьду некъ гайта, шен кийpа а батIийна, хьаладаьккхина дог лаккха дIалециpа цо, гонаха мел деpг сеpла а доккхуш. Шен-шен са дадийна, цIеххьана яьллачу сеpлоно хьеpе бина нах, вовший хьоьшуш, дIахьаьлхиpа. Цхьамма-м, тIаьххьаpа а детталуш, даьгна долуш доллу дог когаца хьаьшиpа... Изза ду Ленинах, Гоpбачевх хиллаpг а. Муха хиp бу-техьа Дудаевн кхоллам?


“ЦIЕРАГА  МАРЕ  ЯХАР”

Воккхачу стага, моллас (дакъаза ма бовларш, Iедал хийцаделча а, оцу моллийн кочара охьа ца бисси-кх вайнехан яздархой), захало схьахьахадо. Девашас вешин йоIе яха езар дIахоуьйту. Девешин зуда а чIогIа реза ю цу захалона. Вайнах цIерабаьхна, меца, хала хан ю и. Молла дика таро йолуш ву. Девашас а, вешин йоI бахьанехь, шаьш хIинца паргIат Iийр хиларан ойла йо. ЙоIа, воккхачу стаге ца яха, ша-шен дегIах цIе тосу. Иштта яра СаIид Чахкиевн Москвахь арадаьллачу дийцаран сюжет.
Физикан закон ду, хи чу йиллинчу хIумано, шен массин барамехь, хи аратоттуш хилар. Цу кеппара, оьрсашкара керланиг – дика делахь, вуо делахь а – вай тIеоьццучул, вайгара дIа а долура. Уггар а хьалха диканиг.
Чахкиевн дийцарехь вайн литературехь керла хIумма а дацара. Керла басар хьаькхна (цIерадахаран тема) шира пластинка дара, вайнехан Iадаташ емалдеш.
“Меца зама а хилча, ша хIинццалц кхаьбна, хьистина, кхиийна деваша, девешин зуда а мацалла ца далийта, яха декхарийлахь яцара иза? Девешина-м шена кхалла хIума карор ма ю. Амма цо шен вешин йоIан а ойла ма йо. Шераш лакхара хиларх, йоI еза гуьнахь волу стаг къена вац. Иза къена хилча а, яха декхарийлахь яра йоI, ша бахьанехь кхин адамаш (гергарнаш-м муххале а) кIелхьара довлуш хилча”, – бохура сан кхетамо.
Амма йоIа шен дегIах цIе тесира. Вайнехан “акха Iадаташ” бахьанехь хIаллакьхилира иза.
Со ца кхета, мила цец ваккха гIерта автор шен дийцарца. Я цIерадаьхначохь, уггар хьалха лецнарш, хьийзийнарш а молланаш буй ца хаара-те цунна?
Ду, суна дукхавезачу Айдамировн а, иштта сурт. Амма туркойн махка баханчу нахана юкъара моллин гIуллакхаш а, бусалба пачхьалкхехь, керста йолчу Россихь а моллин гIуллакхаш бес-бесара хир ду. ХIетте а суна ца гина нохчашна юкъахь, шен вешех йисина зуда дола яккха гIерта стаг. Важа мел Маьлха-Аьзни елахь а, ша мел кIиллу велахь а.
Чахкиевн “ЦIерага маре яхар” дагадеа суна, гIалгIашна тIехь оьрсийн эскарша и ирча болх бича. Цхьана наха иракара а хIиттийна, гIалгIай нохчех къаста а бина:
– Тхо догIур дац Дудаевга маре! – бохуш, Россих дIа а тоьхна, Iехий. Iехий: – Вешан мохк а схьабоккхур бу вай, вешан столица Буре-ГIала йийр ю вай. Россис цу тIехь гIо дийр ду вайна, – бохуш.
Кхо-йиъ БТР тIехь гIалгIаша схьаяьккхи хIирашкара Пригородни район. Цунах бахьана а дина, оьрсийн эскарша эти уьш, хIаллакби, цIарах ягий ярташ, хIусамаш...
Дохийначу цIенойл, ягийначу хIусамел, хIаллакбинчу нахал а, суна хорам хилла, легашкахь лаьттарг, салташа хьийзийна вайнехан зудабераш ду.
Цул боккха кхин хIун бохам хIуттур бу къомана тIе? Ткъа и питана айина БековгIар, БогатыревгIар, СейнароевгIар кхиберш а Москвахь охьахевшина Iа. Церан доьзалшна зие а ца хилла. Уьш кхерамехь бац.
Девашас бохург ца деш, ша-шен дегIах цIе йиллина йоI дуьхьал хIуьтту суна, гIалгIаша шайна диначун ойлаеш.
– Ма къастийша нохчех дIа, – шайга дехча. – Вай вешан пачхьалкх а йийр ю. Мохк а юхаберзор бу, – аьлча:
– Дудаевга маре гIур дац тхо, – элира цара.
“ЦIерага маре яхар”.
Цу йоIана хилла дика болх хили-кх  хIинца дерриг халкъана. ЦIе тесна ягий ГIалгIайчоь, хьаьши, сийдайи.
Вай дийкъи.
Цхьана ямартчу наха дийкъи вай.
Вайн къомах а бу церан хьадалчаш, цIуьхьарш, мирзагIар.
ХIахIа, вайн къомах бац.
Вайн къам доьхкинчех бу!
Ошаев Халидан версица, хIирийн къам а, иранхоша дIадерзийна вайнехан цхьа га ду. Хьалха замане кхевдича, гуьржий, суьйлий, нохчий а хилла цхьаъ. Амма декъаран политика ю дIайоьдуш. Россин цхьана куьйгахь шед, вукху куьйгахь пираьнга.
Iаьрбийн махкара вайнаха Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, Суьйлийчоь ца олу.
ДегIаста!
И нийса а ду.
ХIара ерриг а ДегIаста ю.
Цхьаъ бу вайн Даймохк.
Вай дерриш а цхьаъ ду.
Схьалаца муьлхха а пачхьалкх: Германи, Испани, Франци, Инди, Итали, Ирак, Турци, Великобритани.  Екъа воьлча, уьш муьлхха а екъалур ю. Цигара къаьмнаш декъа а декъна, вовшийн мостагIий а далур ду, церан кхетам артлахь. БIешерашкахь дукха тIемаш бина цара вовшашца. ХIинца кхетта... Хьовса Югослави. Масал ду шуна.
ГIалгIашна динарг хазахеташ яздеш дац ас хIара.
“Нохчех дIа а къастийна, шуна дукха безачу оьрсаша, аша хаьржинчу Ельцина а хIара дика болх би шуна!” – бохург а дац сан дагахь. Ас хIара дог лозуш яздеш ду.
– ГIалгIашна тIехь хилларг хуьлуьйту ахь, хьо дийна а вуьсуш, я хьо вала а велла, и ца хуьлуьйту ахь, – аьлла, и юхадерзо ницкъ болуш стаг хилча, ВаллахIи Делора, вала реза ма вара со, царна и болх ца хилийта. Бакъдерг ма ду и!


ХЬЕХАМАШ

ХIора пIераскана буса хьехамаш бо дешначу наха:
– Ма ве!
– Ма лачкъае!
– Харцо ма лелае, керстачуьнца а!
– Зударшца нийсо лелае!
– Ламаз де!
– Марха кхаба!
– Боберийн терго е!
– СагIийна хIума ло!
Телевизоре хьажа, дуьйцучуьнга ладогIа а шайн чохь Iаш верг-м, иманехь ву-кхи вуьшта а. Цаьрга уггар хьовса декхарийлахь, ладогIа хьакъберш а нехан божалш чохь я цхьанхьа сакъоьруш лелаш бу…


ШАЛА  ВИНА ШИ  ВАША

Нахана зулам а дина:
– Со мотт бетташ вац, амма бакъдерг эр долуш-м ву, тхайн да велахь а, – олуш хезна суна хийламма.
Мидалан шолгIа агIо ю и.


НОХЧИЙН МОТТ

1

Вай вовшашка оьрсийн мотт бийцар, кехаташ яздар, книгаш ешар а, къамелехь оьшу дош оьрсийн маттахь сихо карадар а – вайна оьрсийн мотт дика хааран, я бийца и атта хиларан билгало яц. И вайна вешан (нохчийн, гIалгIайн) мотт  цахааран билгало ю. Нохчийн маттахь деша ца хаар - дозалла дац, эхь ду.

2

Нахана ган тарлучохь, кIанта йоIана оба аьлча, йоIа “ахь хIун до?” ца олу. И кIантана дехкар ду. Башхачу озаца “ты что?” – аьлча, и мегар дац хьуна, бохург дац, нахана гур ма ду вай, бохург ду. Ишттачу бахьанашна дуй-те вайнехан мехкарша оьрсийн мотт бийцар.

3

Ненан мотт, йоза а хьахаделча, шена нохчийн мотт ца хаа ала гIерташ, хаахь а, и цхьа эхье хIума долуш санна, и лачкъо гIерташ, ца хаар – дозалла лоруш а, цхьа тенденци ю-кх вайнехан. Iовдала хIума.
Оцу хьокъехь даггара бакъдерг олуш, сайн ненан йишин кIант, Муртузалиев Мохьайд бен ца гина суна. Дуьххьара масех авторан гулар тIехь сан дийцар арадаьлла аьлла хезча, шега дешийтахь,  дийхира цо.
– Нохчийн маттахь еша хуур дуй-те хьуна?– хаьттира ас.
– Нохчийн маттахь бен-м со ешначух дика а ца кхета,– элира цо.

4

ХIинццалц оьрсийн мотт бара вайн массо а хIуманна коьртехь. Махкахь хийцамаш хиллачул тIаьхьа (оьрсийн, нохчийн а меттанаш пачхьалкхан  кхайкхийнехь а), алсам тIе терго йохуьйту Iаьрбийн маттана.
Со дуьхьал вац Iаьрбийн, ингалсан, оьрсийн, муьлххачу къоман а мотт Iаморна. Амма суна нийса ца хета (шайн къоман молланаш, Iилманан дай кхиочара-м муххале а) нохчийн маттана терго ца яр. Оьрсийниг, Iаьрбийниг нанас дена бина а болуш, къотIалгIа бина бацар-кха нохчийн мотт а.

5

Мацах цхьана pедактоpа шен газетехь зоpбатоьхна хилла цхьана пpофессоpа шен коллегана еш йолу кpитика.
Юха шолгIа пpофессоp веана, хьалхаpчунна дуьхьал язйина матеpиал йохьуш. ТIаккха важа веана. Иштта цу шиннан къовсам тIехь дIадоьдуш хилла и газет. Эххаp а, цу шинна дан хIума а ца хилла, шен pедакци дIа а къевлина, кхечу гIала кхелхина и pедактоp, кхин цкъа а пpофессоpан матеpиал тIетухуp яц ша, аьлла, чIагIо а еш.
ТIаьххьаpчу хенахь “Даймохк”, “Голос...” а схьа моссаза доьллу: “Ненан маттах лаьцна”, “Ненан меттан ойлаеш” бохуш, pубpикаш каpайо газетийн хIоpа номеp тIехь бохуpг санна. Iилманча веpг-воцуpг а, нохчийн меттан бала беpг-боцуpг а, нохчийн маттахь тIекIел ши книга ца ешнаpг а, уp-атталла нохчийн маттахь маса элп ду ца хууpг а, массо а ву шена-шена хетаpг чIагIдан гIеpташ.
Суна-м къахета оцу газетийн pедактоpех. “Ванах, я шайн коллега санна, бевдда баха меттиг йоцуш Iа-техьа уьш, я газеташ тIетоха кхин хIума дац-те цеpан?” – ойлайо ас.
Коьpтачу декъана наха боху, вайн дашо алфавит кхоьллича а, Iемаp бац нохчийн мотт, нагахь санна вайна и безаш, вай цуьнан сий деш а ца хилахь.
Оцу хьокъехь Кpыловн “ГIутакх” боху лачдийцаp дагадогIу суна.
Случается неpедко нам
И тpуд, и мудpость видеть там,
Где стоит только догадаться
За дело пpосто взяться.
Оццул дукха механикаш боллушехь (хIоpанне а шен-шен гIиpс а бу), хIетте а схьа ца деллало нохчийн меттан “гIутакх”.
Суна схьахетаpехь, оццул вай коpта лебал хIума а дац и.
Муьлхха говзалла Iамош белахь а, массо училищехь, техникумехь, институтехь а юкъадаккха нохчийн мотт, литеpатуpа а хьехаp. Нохчийн матте яха говзалла хьоьху пpедметаш. ТIаккха, шолгIачу муьрехь, дешаран ерриг система, пачхьалкхан урхалла а ерзае нохчийн матте. Нахана и (багахь бийцаpал сов) дахаpехь, ца хиъча ца волу агIо лелае Iедало  – деppиг а дIанислуp ду шуна.
Стаге дика хила, бахаpх тоьаш дац, цунна дика, вуо а довзийта, гайта деза. Стеган дика, цIена а хила, цкъа хьалха, аьтто бан беза. Нохчийн маттана кхайкхамаш баpх тоьаш дац, и безийта хьелаш кхуллуш ца хилча.
И “гIутакх” атта схьадоьллуш ду шуна, дукха дахарш.

6

ХIокху дийношкахь вайн мехкан Iилманчаш гулбеллера шайн рогIерчу диване. Дийцаре деш дара нохчийн алфавит хийцаран хьокъехь долу хаттар.
ХIораммо а шена-шена хетарг дуьйцура.
Цхьаболчара бохура:
– Алфавит хийца ца оьшу, мотт Iаморна алсам терго ян еза.
– ХIахIа, вайн латинийн алфавит тIе довла деза. ТIаккха баккхий кхиамаш хир бу вайн, – бохура вукхара.
– Я оьрсийн, я немцойн я латинийн а алфавит хьашт яц вайна. Вайн динца, гIиллакхца йогIучу Iаьрбийн алфавит бух тIе довла деза вай, – чIагIдора кхоалгIачара.
Дуккха а тIемаш биначул тIаьхьа, дивано сацам бира:
– Дийцаре динарг дерриг тидаме а эцна, вайнехан Iилманчийн рогIерачу гуламо дIакхайкхадо:
1) карарчу хенахь йолуш йолчу алфавито нохчийн хьашташ дуьззина кхочуш деш ца хилар;
2) вайн йоза Iаьрбийн, китайцийн, латинийн алфавит тIе даьккхича а, хийцам хирг а ца хилар, ша мотт хууш ца хилча;
3) лакхахь дийцинарг тидаме эцна, тIаьххьара а чIагIдо: алфавит нисъяр, хийцар а яккхий харжашца доьзна хиларе терра, ткъа йолуш ерг цхьанне хууш а ца хилча, нохчийн алфавит юкъара дIаяккхар;
4) бийца хиъча а тоьар ду нохчийн мотт;
5) кхин оьшуш ца хилча, ца бийцарх а дац галдала хIума.

7

Халкъана шен мотт марзбарехь доккха дакъа дIалоцу искусство кхиаро (литература, Iилма, кинематографи, мультипликаци и.дI.кх. а). Мотт – и кегийчу къаьмнийн гIайгIа ю. Кхайкхамаш барх марзлуш бац ненан мотт. И жимчохь дуьйна хьеха беза, лакхарчу дешаран цIийнахь цхьаьна. Дешна ваьлча и гIуллакхехь лелаш бацахь, тIаккха а грекийн ширачу маттал башха нахана пайденна бац и. Коьртаниг – адаман, шен мотт хаар  бахьанехь, сом даккха агIо кхоллар ю. Оьрсийн маттахь книгаш тIехь, кинош чохь а буьйцу безам нохчийн маттахь ца лела. Цхьа пайда боцу хIумнаш хета уьш дуьйцуш а. Вайн лерса марз ца делла хIинца а ишттачу дешнашка ненан маттахь. Цундела дуьйцу зудабераша безамах хьакхалуш мел дерг оьрсийн маттахь.

8

Нохчийн мотт къен хиларна дац хIинцалера кегийчу наха шайн “безам” оьрсийн маттахь бийцар, – цахаар ду. ЦIена безам вуно дика, хаза, атта бийцало нохчийн маттахь (Бадуев, Айдамиров, Бексултанов), эвхьаза хIумнаш ду вуьйш. Оцу агIор аьлча, хала хеташ делахь а, ночийн мотт хIинца а кхиа безаш бу.

9

“Дешаза волу стаг политикана юьстаха лаьтта, цунна цкъа хьалха абат Iамо еза”, - аьлла Ленина.
Нохчийн алфавит хийцаро, нохчийн маттахь деша, яздан а хууш хилла кIеззиг берш а йоза-дешарх хадий. Политикан агIор и мел йоккха гIулч елахь а, Iилман агIор зуламе, тIаьхье йоцуш а гIуллакх ду и. Бланкаш тIехь, хьаькамийн неIарш тIехь а бен, дахарехь лелар доцуш йоза ду. Я вай политикана юьстаха дита хийцина ю-те и?
Мацаев Сайд-Iалис керлачу графикан хьокъехь иштта забар йо:
- Латиница а хилла вайн, кириллица а хилла, хIинца зулаица а ю-кх.

10

Чаккхенехь -н яздар. Нохчийн, гIалгIайн а Iилманчаш къуьйсуш хилла: хьенан? стенан? - бохучу хаттаршна жоп лучу дешнашна тIехьа -н яздан деза я ца деза, бохуш. Джамалханов Зайндин аргумент чIогIа ю бохура.
– Масала, эр вай: “У ингушей есть собаки”. Доккхур вай и нохчийн матте. ХIун хуьлу? ГIалгIай жIаьлеш ду. МаьIна орамехь галдолу. ТIетухур вай чаккхенга -н. ГIалгIайн жIаьлеш ду. Гой шуна? Цхьана а тайпана шалхо, дагазалла йоцуш дIанисло и.
               (Такалашов Султан.)
Ишшта-м дара и. Амма нохчийн маттахь, революци яккхале оьрсаша -ъ санна, оьшучохь, ца оьшучохь а тIедетта и декъаза  -н.


ТАЗИТ

Къеначу кхиорхочо дийцарехь, цхьа а шеко яц Тазит къонах хиларан.
– Кхойтта шарахь къахьегна ас, кхунах ахь ма бохху къонах ван гIерташ. Хьайн воккхаха волу кIант дIавуллуш ву ахь тахана. Амма сатухуш хила. Хьоьгара бала, гIайгIа а дIаоьцун верг валийна хьуна ас. Ас бинчу белхан мах, кхано айхьа хадор бу ахь. Суна иза хеставан, айса динарг кхайкхон а ца лаьа. Хьайна гур ду хьуна...
Тезет дIадолу. Дийнош дIаоьху.
Чохь кхиийна, Iалашбина сай санна, гуттар а хьуьнчу хьоьжуш, хьуьнчохь садоллуш, лаьмнашкахула кхерсташ, терхешна тIевуьйлуш лела Тазит. Нахаца ийна, ден дог оьцуш вац. Реза вац къена Гасуб. ХIун ду кIанта идориг?
Говр южий воьдий итт де-буьйса а доккху.
– Стенгахь вара хьо, кIант? – кIанта шен вешин чIир екхаре сатесна ву Гасуб. – Мила ги хьуна, хIун лелий ахь? Оьрсий, жуьгтий а цхьа а гирий хьуна?
Товар дохьуш Тифлисера эрмало гиннашехь, хIонс ца йоккхуш иза дIавахийтаран хIун бахьана дара?
Цу хаттарна Тазита жоп ца ло.
ШозлагIа вахча шайн ведда лай го цунна.
– И-м схьавалийна хир ма ву ахь муш тесна? – хотту дас.
Корта оллабо кIанта.
“ХIахIа, кхунах накъост хир вац суна. ХIокхо цкъа а дIалоцур яц шен вешин меттиг. ХIокхунна тур лело ца Iемина. Беш болх боцуш, тулгIешка, седарчашка а хьоьжуш Iийр вара хIара”, – ойлайо Гасуба.
Юха а воьдий, кхоалгIачу дийнахь макхвелла цIавогIу.
– Стенгахь вара хьо?
– ГIалгIазкхийн станицаш йолчохь.
– Мила ги хьуна?
– МостагI.
Оцу дийне сатуьйсуш волчу Гасубан дог тохало.
– Сан кIант вийнарг! ХIинца-м корта беана хир бара ахь цуьнан. Схьагайта... Цкъа Iабийта со!
– Чевнаш йина, герз доцуш Iуьллуш вара иза...
– Хьо вицвелла ца хилла хьайн декхарна. Схьаба цуьнан корта...
КIанта бохучух кхеташ а вац да. Кхетча, сардам буллий, шен кIант вац хьо, олий, эккхаво. КIантана неIалт а кхайкхадой вужу Гасуб. Кхано метта веъча, кхузза кхойкху цо Тазите. Амма хезачохь вац иза...
Ас дукха ойла йина Пушкинан и поэма бахьанехь.
Гасубан (ГIосуб, Къосум?) кIанта, ша кхин доккхачу гIуллакхна араваьлла ца хилча, хIонс яккха езаш яра эрмалочуьнгара, ведда ялхо лаьцна схьавало декхарийлахь а вара иза. Ткъа хIун бахьана ду цо и ца даран?
И кхерсташ леларан бахьана, суна хетарехь, шайн чIирхо лехар, цунна шен вешин цIий декха лаар ду. Цундела витина цо Iад эрмалойн совдегар а, цундела вадийтира цо ца лоцуш шайн лай а, кхечу ханчохь ша и дийр хиллехь а. Амма и тIе ма кхечира цунна. ТIаккха хIунда ца вийра цо и? И нохчийн Iадаташа гойту.
Хьан да вийна мостагI а, и де эшна велахь, иза вен йиш яц хьан. Юха а хьайн цхьа аьтто баларе хьежа декхарийлахь ву хьо. Иза могуш,  кура а волуш, карахь герз а долчу хенахь хьайн кадаларе сатаса деза. ХIунда аьлча, Тазитана иза чевнаш йина, цIий дIаихна гIелвелла а воцуш, могуш, кура а волчу хенахь веза. (1819 шарахь - оьрсийн маттахь 1824 ш. - араяьллачу В. Скоттан “Монтрозах лаьцна” романехь Аллан Мак-Олей цIе йолу турпалхо буса хьаннашкахула кхерсташ лела. Да, реза воццушехь, хIумма а ца олуш IадъIа. Цкъа буьйса юккъе яхча, верриг а цIийх вуьзна, шен ненан ваша вийначарах цхьаьннан корта а бохьуш вогIу иза. Пушкинна, массо а оьрсийн яздархошна санна, дика евзаш, езаш а хилла В. Скоттан кхолларалла.)
Ткъа муха хилла Пушкинан план? Муха язъян, муха ерзо дагалаьцна цо поэма? Цуьнан куьйгайозанаш юкъахь йисинчу билгалонашка хьаьжча и иштта ду:
- кхуьнга шен йоI яийта да реза цахилар;
- керста дин тIеэцар;
- тIом балар;
- тIам тIехь дакъа лацар;
- кхалхар;
- дерзор а.
“Тазит”, шолгIачу кавказски поэми тIехь, поэт болх бан волавелла 1829 шеран чаккхенехь, 1830 шеран юьххьехь. И поэма кхоллаялар доьзна ду поэт Кавказехула чакхволуш цуьнан кхоллаеллачу ойланашца, битамашца а. Масала, поэми тIехь дуьйцу тезет цунна гина хIирийн цхьана юьртахь. Хьаххийнчура аьлча, ша турпалхочун Тазит цIе а нохчийн “тезет” бохучу дашах кхоллаелла ю. Кадам (нохчийн) – стаг веллачу, дIавуллучу зударий гулбалар, белхар. “Дала гечдойла” алар, кадам бар. Тезет (нохчийн) – стаг веллачу, дIавуллучу божарий гулбалар. Тезетан сурт хIоттадарца дIа а йолало поэма. В. Белинскийс тидам бина ду, Пушкинан исбаьхьаллин произведенийн чаккхе церан юьхь йолччу я цунна герггарчу хьоле йоьрзуш хилар. Изза го вайна кхузахь а.
Байронан “Дон Жуан” ешча, Росси юьйцучу меттехь, цхьацца гIалаташ карийна Пушкинна. Iаьнан заманчохь диллина ло а долуш, Байронан турпалхо, синтем боцчу ворданахь вочу тIулгийн новкъа, Измаилера Петарбухе ваха волу. Iаьнан кибитка синтем боцуш а яц. Iаьнан некъахь тIулгаш къаьсташ а бац, тидам бо Пушкина.
Оцу тайппана гIалаташ дуьйлу Пушкиненара а, ца евзачу Нохчийчоьнан гIиллакхаш дуьйцуш. Масала, тезетахь шина зудчун юккъехь кIентан да аравалар, я йоIан дега кIанта ша захало дIахьахор, ша цаьргахь Iийр ма вара, пурба делча, алар а.
“Арзруме вахар” тIехь Пушкина яздо, шена тезетахь гушдолчу гIиллакхех ша кхето стаг вацара, аьлла. Цхьадолчу декъана цунна а ду и.
Нохчийн Iадатехь, гIиллакхехь а тезетан да божаршна юкъахь ву, ханна и гергарчу кхечарал а воккха велахь, церан коьртехь а. ДоIа деш, кадам схьаоьцуш а. Зударий къаьсттина чохь бу. Божарий – уьйтIахь. Амма дакъа арадоккхучу хенахь зударий а арабовлий, велларг дика, оьзда, бусалба а стаг хилар лулахоша, вевзачара а дечу тешалле ладогIа хIуьтту. Юьртакъедас я моллас КъорIан, жайнийн хабарш дуьйцу. Веллачун гергарчу нехан дог оьцуш къамел до. Веллачунна гонаха мел верг къинтIера воккху. ТIаккха, барми тIехь кертахула кхо го а боккхий, зударий тIаьхьа а боьлхуш, кех воккху.
Захалонах лаьцна аьлча, кIантана товш дац  шена езачу йоIан деца цу хьокъехь къамел дар. Цу гIуллакхна леррина нах бохуьйту. Тидаме эца деза, Тазит цIийнах ваьккхина стаг хилар. И стенна тIедало гIерта поэт? Ламанхойн буьрса амалш, Iадаташ кIаддийр ду керста дино.
“Арзруме вахаро” вайна йовзуьйту, Кавказехула лелачу (1829ш.)  Пушкинан ойланаш.
Черкесашна оьрсий ца беза. Оьрсаша токхе аренашкара лаьхкина уьш, ярташ йохийна, дийнна тайпанаш хIаллакдина. Оьрсийн, Кавказан ламанхойн  а гергарло чIагIдарехь доккха маьIна ду, уьш туркошца махлелорх хадийна, оьрсашца экономически зIенаш чIагIъярна тIеберзор. Ткъа уггар коьрта, нуьцкъала а гIирс, Пушкинна хетарехь, – керста дин кхайкхор, даржор а.
И ойла ю поэмехь поэт кхочуш ян гIоьртинарг а. И ю цуьнан ледара агIо а.
Керста долу шайн оьрсийн къам а, элашна, лайшна а декъна, царна тIехь таIзар латтош, уьш Iазапехь бахкош Iийна дац паччахьан Iедал? Изза лай бан гIерта-кх уьш нохчех, ерриг а Кавказан ламанхойх а.
Ткъа стенна оьшу поэмехь керста дин?
Цо эсалалла кхайкхайо, муьтIахь хиларна Iамаво.
Шаьш цхьана агIор бесних тIара тоьхча, важа бесни схьа а кхийдош, стаг лай а хилла IадъIан лиъна царна.
Нийса дуй ткъа ас “поэма нохчех лаьцна язйина ларар, и нохчашна тIеийзаяр а?

Не для разбойничьей потехи.
Так рано съехались адехи...- цхьанхьа боху поэта.

– И не прыгнул к нему с утеса?–
Потупил очи сын черкеса... – яздо кхечахьа. 

ХIетахь оьрсийн литературехь, исторически Iилманехь а Кавказан массо а ламанхойх черкесы олуш хилла. ТIаьхьо долийна цара къесто: черкесы, тавлины, чеченцы, адыги, ингуши, бохуш. Амма кхузахь суна “адехи”, “черкесы”, рифмана далийна хета, дагахь нохчи бохург а долуш (потехи - адехи, утеса - черкеса).
Цул сов, Пушкина Кавказан ламанхой цхьана халкъан тайпанаш лоруш а хилла, аьлла хета, европейцаша ерриг а Американ аборигенаш индейцаш санна.
Принципехь и иштта дан а ду. Амма паччахьан Iедало Кавказехь лелош ерг Риман политика хилла: “Бекъа а боькъуш, олалла дие”.
Пушкинан хьесапца Тазита, керста дин тIеэцначул тIаьхьа, оьрсийн  агIор нохчашна дуьхьал тIом бо. Цу тIамехь Iожалла а хуьлу цуьнан, схьагарехь, буьрсачу Гасубан карах. (Н. Гогольн повестехь Тарас Бульбас мостагIашна гIо деш волу шен кIант а воь: “Ас ван а вина хьо, ас вуьйр а ву”.)
Пушкинан поэма чакхъялаза йисина. Цуьнан бахьана Пушкинна шена хетарг нийса ца карадар го суна. Поэмин идея шен орамехь нийса ца хилар.
Нагахь санна Тазит, нохчийн Iадаташ, бусалба дин буьрса а хетта, шен чIирхо вен везаш хиларан мохь лан ца белла, шен амал кIеда хиларна, керста дин тIеэцахь, тIаккха я цуьнан амалца, я керста динца а (эсала, муьтIахь хила бохуш Iамош долу: ма ве и.дI.кх. а) догIуш ма дац иза юха ша схьаваьллачу нахана дуьхьал тIом бан вахар. Цунах кхетта хир ву-кх Пушкин а.
Концепци йоьхча, поэман Iалашо а йов. Цундела йисна и чакхъяккхаза. Оцу поэмин сюжетан тIехула вуно дика дийцар язлур дара. Нохчийн гIиллакхаш а довзуьйтуш.
Ас и Пушкинан планаца а доцуш, сайн вариантаца яздийр дара. ХIара билгалдахарш тидаме а эцна, кхин эпилог а йолуш.


ТIАХ-АЬЛЛА  ХИЛАР

- Жоьжахатера аьшкал бохьуш вогIур вара иза, - хастийна цхьаъ-м.
- Схьакховдо цуьнан санна бухахь ненаваша хилча, ас а бохьур бара, - аьлла юххехь волчо.


ЛАМ ОЗАР

Дадашеван хIокху эшарх муха кхета веза ца хиъна-кх суна:

Лам терзанца оза йоллу,
Терк ведарца дуста йоллу,
Хьо мел кIант ву хьажа йоллу.
Хьаьжна яьлча вита йоллу.

“Лам а терзанца муха оза йоллу хIара? Терк а ведарца муха дуста йоллу?” – ойла йо ас.
Амма суна уггар а ца товш долу дешнаш: “Хьо мел кIант ву хьажа йоллу. Хьаьжна яьлча вита йоьллу”, – бохурш ду.
“ХIара муха хьажа йоллу и мел кIант ву? Хьаьжна яьлча вита а муха вита йоллу?”
Автор къаьсттина маьIна дилла гIоьртина-м хир ву оцу дешнашна, амма цуьнан аьтто ца баьлла цу тIехь.
Ледарчу эшарша, книгаша, исбаьхьаллин фильмаша а искусство-м муххале а ца кхиайо, мелхо а нехан цуьнга йолу шовкъ лахйо, вочунна ойланаш карзах а йоху.


ХЕЛХАР

Дуккха а нах хелхабовлуш гина суна, амма Гезлойн-Эвлара Абдулкадыров Лема, Хошкалдера Ибрагимов Ризван а санна хелхабовлуш кIентий ца гина суна.
Ший а дуьненах чIогIа самукъадолуш а ву. Даъал.
Лема чIогIа яхь йолуш кIант ву. Хелхар тIехь цул воккха виртуоз а хир вац.
Ризван хелха волуш лаьтташехь пхьегIех, даарх, маларх йоьттина йолчу стоьла тIехь бохь бугIуш ца гиначун хIумма а ца гина. (ЮкъараIойлехь хийла стол каггий цо!)
– Вай гIийла хIумнаш ма  яц, – олуш Iедал ду цуьнан.
Маре дахаза долчу зудаберех “чIеран кIорнеш” олу Ризвана. Дукха васташ, ассоциацеш а кхуллу оцу дустаро.


ТЕЗЕТАХЬ

Осмаев Хьасан – оьзда стаг вара. Хаза хабар долуш, ша везийта хуур долуш. Ша бахьанехь цхьанне а новкъарло хуьлуьйтур йолуш, сингаттам боккхур болуш а вацара.
Цхьана ханчохь тхан школан директор а лаьттира иза.
Новкъахь мел боккха хат хиларх, цкъа а мачаш айрал лакхара бехъелла а ца хуьлура цуьнан, даима а тIехь цIена а лелара.
ТIаьххьара ханчохь, Iедалан балхара дIа а ваьлла, хаза гIуллакх нислуш воллура иза. Шинхьа цIенош а дира. Воккхаха волчу кIантана зуда а ялийра...
ХIинца со цуьнан тезетахь лаьтташ ву. Воккха а ма вацара хьуна и. Баккхийчаьрга вист хиллачул тIаьхьа, Казбекана, Хьусайнна а тIевоьду со.
– Дала гечдойла Хьасанна. Вирзина меттиг Дала декъала йойла... Со хIара хезча а тешаш вацара...
Керла-керла нах тIеоьху.
ДоIа дина а девлла, мокъа минот яьлча, баккхийчара политика хьахайо. Массо а  сингаттамехь ву. ХIинца тезеташкахь цхьана дуьйцу наха юкъара-политически хьал.
– Вай IадъIа дезара. Вай цхьанна баьIа кхочу уьш. Вай Россица кхийса ницкъ а бацара, – боху цхьамма.
Иза юкъахвоккху кхечо. Доккхачу дегIахь воккха стаг ву иза. Цхьаболчара хьекъална эшна ву а олуш, цхьаболчара эвлаяъ санна а лоруш. Доьзалш жа тIехь бу цуьнан. Ша цIавирзина а яц дукха хан.
– Вай IадъIа дезара, – аьлча, цуьнга лан ца ло и.
– Хьо Iе Iад! Хьо Iе! – олу цо. – Цхьаннах эзар вийриг а Дела ву. Эзарх цхьаъ вийриг а Дела ву. Дала диканиг дийр ду. Хьайна ца хаахь, IадъIе.


ТОДЕЛЛА  ДАХАР

1

– Болх беш мичахь ву хьо? – боху хаттар чIогIа ца деза суна, хIунда аьлча цунна тIаьххе:
– Алапа мел ду хьан? – хотту.
Школехь хьоьхура:
– Бераш, деша. Кхано карор ду шуна. Дешнарш лаккхарчу балхахь болуш, шайн гехь метиг лело дезча хуур ду шуна. ТIаккха тIаьхьа хир ду...
Школа а дIаелира, пхеа шарахь университет а яьккхира.
Юха халла Москва аспирантуре ваха аьтто белира.
ТIаккха цигарчу мехашка, сайн кисане а ладоьгIча, цIахь сацар (пайдехь дацахь а) зене доцуш карийра. Бел, метиг лело ца лаарна-м дера дацара суна деша ваха лаар. Уьш-м нохчичунна цкъа а кочара евр йоцуш хIумнаш яра.
Хийла хIума дара дахарехь, Iилманехь, литературехь а со реза воцуш. Уьш нисдарна тIехьажийна дара ас лелориг дерриг а. Со цхьаъ хилла а ца Iара иштта. Сан накъостий а бара. Амма воккха мел хуьлу, шинна тIе шиъ тоьхча пхиъ хуьлу баьхнарш, дуккха а хьекъале карийра. Дешаран а, дешначу стеган а сий дайна тахана вайн махкахь.
Тхо шинна тIе шиъ тоьхча диъ  хуьлу, бохуш Iамийнера.
Шинна тIе шиъ тоьхча – хуьлуш ерг авари хиллера. Оха йинарг авари ю.

2

КеттIа кхаьчна волу со, охьавогIучу Окунчаев Сираьждин некъ ца хадо, соцу. Суна тIекхаьчча, Iасана тIе пхьарс а гIортабой, соцу иза а. Тхан да, иза а шича-маьхчалахь ву.
Юкъара къамел дийцинчул тIаьхьа.
– И шу гуттар  а доьшуш верг муьлхург ву? – хотту цо.
– Со ву-кх, – велакъежа со, цо и стенна хоьтту хууш.
– ХIинца хIун лелош ву хьо?
– Болх беш ву-кх.
– ГIалаххьай?
– ХIаъ.
– Алапа хIун ду хьуна?
– Некъана хIума ло цара-м...
– Цунах гIуллакх хир дац. Иштта лелла вер вац. Жима воллуш ян еза къанваларан ойла. Гой хьуна. ХIара кIант (тхуна гена воццуш Iаш волчу совхозан директоран цIе йоккху цо) пирсдатал вахана. (ХIара и волчура вогIуш хила а мега, керлачу балхаца декъал а вина.) Цунна шена пайденна хилла ца Iаш, со санначунна а ма ду и. Шен стаг гIоли ма ву. Ойла ел ахь. Яа еза, мала еза, тIейоха еза. И ерриг а мичара ер ю, ахь ца лехча? Хьайна дика хуур ду хьуна. ХIа, дIавала. ДIавоьду со. Баркалла, чу ца вогIу со. Iодикайойла.
Ала хIумма а доцуш вуьсу со. Бакъ луьй-кха иза.
Коча галстук оьллина, кара дипломат эцна, унтилигент ву со, бохуш леларх гIуллакх хир дуй-те?
Iусмана олу-кх, ойланаш йича ахча хуьлуш делахьара, шел а вехаш стаг хир вацара. Деллахь, суна а ма хета, книгаш ешча ахча хуьлуш делахьара, сайл а вехаш стаг хир вацара аьлла. Нохчийчохь-м ирх-охьа а. Амма ойланаша, книгаша а до ца бузу-кх.

3

Студент волуш диъ туьма стипенди догIура суна.
Тахана санна дагадогIу  суна айса “Модан цIийнахь” кхо туьмин кхо сом делла, церан шайн кIаденах хеча тегийтина. Стипендих кхин а ворхI сом буха а дисира сан. ХIетахь соьмах вуззалц яа хIума йогIура. Мосазза тIекIел дилла деза тахана сан алапа цхьа хеча эца?

4

Iай хиш гIора а дина, юьртара хьераш севцца, луларчу юьртахь токаца ю аьлла, дама даккха вахана хилла цхьа стаг.
РагI тIекхочушехь бераша вохвала чувигна хIара. Юха шен довхха чай а мелла, вохвелла хьацар даьлча:
– Бераш, дIайожа и говраш. ХIинца-м тхан юьртара хьераш а болх бан юьйлаелла хир ю, – аьлла цо.

5

Тхайн институтан фольклоран отделан заведующи волчу Танкиев Абукарца хиъна Iаш ву со.
– Кегий нах ца богIу вайна балха, – боху Абукара.
– Вайн беш болу болх нахана оьшуш бац, – олу ас.– Вай туьйранаш лехьадарх, нехан гай ца дузу. Кху белхан сий далла кхеташ Iедалехь берш бац вайн. Массо а соьмана тIаьхьа ваьлла.
Абукар воьлу.

6

Юьрта йоьдучу маршрутни автобус тIехь вара со.
– НеI схьаелла, ахча дIалур ду хьуна, – хеза тIехьара.
Автобус йоьттина ю.
Наха дикка мохь биттинчул тIаьхьа, халла схьайоьллу. ТIаккха охьа а вуссий тIехьара неIарехула ша чуволу.
– Так, расчет е вай. Суна баьIа процент тIетоьхна мах, – олу цо.
НеIарх летта, цхьана кога тIехь тасавелла вогIучу цхьамма боху:
– Дера ца тоьхна хьуна-м, тхуна тоьхна-кх.
Иштта толуш, хазлуш схьадогIуш ду-кх дахар.

7

– Хьо кхьаьрдинарг хьуна тIе ца деънехь, хьо Далла а вицвелла, – аьлла Канташа.
Со мел къихкинарг, со мел кхийринарг, со мел кхаьрдинарг тIедеъна-кх суна.
Со Далла дукха везна хилар билгало ю-те и?


ЦХЬАЪ  ХИР  ДУ-КХ

Супъяна шен кара еана капек юха а производствона тIеерзайо. Кооператив йилчахьана, хаза гIуллакх хуьлуш вара иза. Йоццачу ханчохь болх а дIанисбира, Iедалера даьккхина кредит а дIаделира, кхин а керт тIеийцира. Мозаични плиташ 40х80 см дика дIайоьлхура цуьнан.
Амма пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа, банковски система а галъелира. Кхуьнгара плиташ дIаоьцучара счет тIе ахча доккху, амма банко и схьа ца ло 50х50 бен (ах шайна буха ца дитча).
Цул сов, хIокхо мел оьцуш йолу хIума: жагIа, цемент, цхьаццайолу пегменташ а, дийна ахча дIа а делла эца езаш ю. Белхалошна а хIора баттахь дагар а деш алапа дIадала деза. Iедалан балхахь санна, цкъа мацца а хилахь хир бохуш, ца тарло тIе лаьцна бойтуш болчу балхахь. Царна кIеззиг бала бу хьан проблемашца.
Оцу хьокъехь сайн Супъяница къамел хилча:
– Супъян, – олу ас, – ма кегаехьа и бетонаш. Iаьржа болх бича бен, кхин сом даккха агIо а яц, моьттуш ву-кх вайн доьзалехь мел верг. Наха-м атта доккхуш дай и. Хьайн карара ахчанах шортта товар эцахь, машенаш ялае, наха санна мах бехьа. Мах беш волу стаг цкъа а эшамехь ца хуьлу хьуна.
Амма цуьнан болх хилла ца Iаш, хобби ю гIишлошъяр. Инженеран хьу чIогIа ю цуьнца.
Дийно-дийно галдовлу гIуллакхаш. Инфляци а дагахь доцчу барамашка юьйлуш йогIу.
Хьанала къахьега гIерта кооперативаш налогаша а ца юьту. Кехаташ тIехь бен ян а йоцурш хьекъаш ю.


МОДА

1

ГIалара зудабераш, шайн ма хуьллу, юьртарчарах къаста гIерта. Юьртарнаш, шайн ма хуьллу, царна тIаьхьа кхиа гIерта.
Юьртарчара йовлакх лелийча, вукхара полоска лелайо. Цара а полоска тиллича, кхара и а дIайоккху. Юьртарнаш а коьртаIуьйра бовлу. ТIаккха гIаларчара месаш хедайо. Вуьйш а сихха кхета оцу балхах. ТIаккха кхара месаш хьийзайо, басарйо. Юьртарчара и мода а схьаоьцу. ТIаккха кхара йоца юбка, мушкетерийн санна, лекха ботфордаш, хаьнтIе оьллина шпага санна, кхозучу зIе тIехь тIаьрсиган тIоьрмиг а лелабо. И а шайгара схьаэцча, тIаккха еха коч, доккха йовлакх а туьллу, пиратийн санна, генаш а кхийзийна.
Зудаберийн и къовсам наггахь абсурде кхочу.
Мода яра аьлла, шегахь ца тов хIума лело ца еза.
Ша хазахета луучу йоIана, уггар хьалха, хаа дезарг ду и.
ШолгIа. ТIе бIаьрг хIуттуш кечъелла йоI, нахана сийдоцуш хета. Сакъоьруш ю моьтту. Цхьаерг, ша юй хаийта, кечло иштта. Цхьаерг, лилбизалла ца хиларна, вукхуьнга а кIентий бистхуьлуш гича, шен а терго яйта...
КхоалгIа. Мода, оьздангалла а цхьатерра ларъян еза. Оьзда кечъелла йоI даима сийлахь хир ю.
ДоьалгIа. Массо заманахь а, кIантехь костюм, йоIехь коч а модехь хир ю. Диснарш дерриш а хийцалур долуш ду.

2

Дуьххьара ширачу Грецехь юкъадаьлла зударийн кучамийн яххаш хедаяр.
ТIемашкахь хIаллакьхуьлуш шайн божарий лахбелча, Iедало керла указ даьккхина, марехь болчу зударшна голаш тIе кхаччалц, зудаберашна, бисина Iачарна а голел лакха йолуш кучамаш хадаяр тIедожош. Цул тIаьхьа вуно сиха дуккха а керла доьзалш кхиа буьйлабелла Грецехь.
Паччахьан Россица бечу, ницкъаш цхьабосса боцучу тIамехь, ДегIастанан халкъийн хIу ца хадийта, Имам Шемала а тIедожийна хилла: кхиина яьлла йоIастаг, жеро а шен лаамехь я лаамаза маре дIаялар.
ТIаьххьара ханчохь грекийн эксперимент моде яьлла дуьненчохь. Амма, тахана жамIаш нийсса юханехьа ду цуьнан. Марехь болу зударий цхьаьна, жерой бевлла, иштта дIалела лууш бу.

3

Модица доьзнарг къаьсттина лазаме ду йоIаршна, зударшна а. Керла юкъаяьлларг, телевизор чухула я модни журнал тIехь реклама йийриг, доьшучохь я балха тIехь шен нийсархоша, накъосташа а эцнарг шен цахилар лан чевне ду.
Ша а нах санна, тIе хIума йоьхна ца хилча, дог мела, шех, ша лелочух а бIо ца булуш, охьатаьIна лела. (ОхьатаьIна-м лела езаш ю-кхи йоI, амма кхечу бахьанина.)
Ден, ненан а шена езарг эца йиш яцахь, син ницкъашка хьаьжжина, йоI я догъIаьржа кхуьу, кхечеран и хилар лан ца луш, царна вониг лууш, сийдоцуш, вуо амал йолуш, дуьхьал луьйш, шен лаамехь. Я, мелхо а, эхь-иман долуш, тийна, эсала.
Амма мода - и, уггар хьалха, бизнес ю. ХIора шарахь, сезонехь, керла-керла хIуманаш юкъа мел йоху, церан са совйолу. Франкахойн, италахойн, америкахойн модан цIеношкахь, ательешкахь а гойтуш йолчух дукхаха ерг-м, оьздачу йоIа, зудчо а аьттехьа юьтур яц. Кхин керла юкъадаккха хIума доцуш, адам хIун дина цецдоккхур дара-те, аьлла, хеташ бу цхьаболу дизайнерш, модельераш а. Зуда мелла а цIармата, ерзина яккха лууш.
Нохчийн къоман философи, идея, концепци схьа а йиллина, дуккха а долчу къаьмнашна юкъахь цуьнан башхалла а гайтина, цуьнан сийдина, и язйина тезисашкахь халкъана дIакховдийна йоцу дела, вайна хIинца а карийна бац вешан некъ: дахарехь, философехь, идейхь а.
Нохчашна го баьккхина керста къаьмнаш хиларо, масийтта баьIа шарахь керста, атеистически а Iедална куьйга кIел хиларо а, нохчийн халкъах къам хила ца дитина. Масала, нохчийчунна нохчийн духар я бусалба динца догIуш чIор лело  (зударшна, божаршна а) эхь хетаран бахьана а и ду.
ХIунда ца хета китайхочунна я японхочунна, немцочунна я Iаьрбичунна, индусана я персана, шайн къоман духар, гIиллакхаш а лело эхь? Царах хIоранна а пачхьалкх ю. Телевиденехь, прессехь, Iилманехь, дахарехь а царна и хаздеш, школашкахь дуьйна хьоьхуш а ду. Нохчийчунна, масала, оьрсашна юкъахь Iаш велахь, стагана маж йита, зудчунна йовлакх лело а бегIийла ца хета. Мажош яьшна, месаш хедийна, коьрта Iуьйра лелачарна юкъахь шаьш акха хетарна кхоьруш. Эхь и доций, эхь и ца лелийча дуй хаийта а, къоман гIиллакх, духар, бусалба дин, шарIан законаш а къомана юкъахь дозаллийн дарже дерзо дезаш ду.

4

Модан кумираш, дукха хьолахь, хьоладай, иллиалархой я киноактераш бу. Нахана хазъяр дуьхьа, царна маьхза луш ю и хIумнаш.
Шен кхин похIма доцу стаг, наха юкъахь иштта къаьстина а, шен цIе яккхийта гIерта. Амма оцу франташа, модницаша а лелош долу духар, истори теллича, шайн цхьа сакхт я айпалла къайладаккха, я хаза, товш йолу меже дIаохьар дуьхьа ду.
Хаза йоI, тиша халат юьйхина поппар хьоьшуш хилча а, хаза хир ю. Духаро, подар-басаро, месаш охьахецаро а йоI, зуда а хаза ю моттуьйтур ду, цхьана ханна, амма гIиллакхо бен хазйийр яц.
Нахана тайнигаш ца деза шайн кертахь, хIусамнаной беза.
Суна зудчуьнгахь дика тиллина йовлакх, пхьарс, лаг, настарш а хьулъеш еха коч а хазахета.

5

М о д а (оьрсийн меттан дошам тIехь) - повальное увлечение, поветрие, привычка, обычай, вкус.
Нохчийн маттахь цуьнан омоним (мода) - грязь.


КОММЕРЦИ

– ХIокху туькана чохь уггар езаниг хьо хета суна, йоI. Мах бийцахьа.
– Мах бан а бац.
– ХIета маьхза йолахьа соьга.


МОЛЛА

1

Делан лай хилар гIоли ю, нехан лай хуьлучул.

2

– Шелахь цхьа стаг хилла, шайн бешахь диттах бихкинчу лекхачу лами тIеволий, дийнахь пхоьазза молла кхойкхуш, – дуьйцу Цураева Хедас.
Советан Iедало динца къийсам латто хан ю и.
Массо маьждиг а дIакъевлина, балхахь болу нах шаьш Делах теший хаийта а ца баьхьаш, дечо ламаз къайлаха деш, жимма а куьйгаллин балхахь верг, шен чура стаг веллачу тезетахь а, доIина ши куьг дIалаца а ца хIуттуш зама.
- Шен лулахочо мотт а тоьхна, Iедалан мостагI ву, аьлла, КГБ-н белхахой балийна цуьнан неIар тIе.
- Хьенех хьо вуй? - хаьттина оьрсаша.
- Ву, - жоп делла хIокхо.
- Гайтал айхьа деш дерг. 
Лами тIехула хьала а ваьлла:
- ОшхIаду ала илахIа иллалла-а-ахI... - аьлла, кхайкхавоьлла молла.
И охьавоьссича:
- Кхин хIумма а дой хIокхо? – хаьттина лулахочуьнга.
- Ца до, – аьлла вукхо.
- ДIа кхайкхийтахь тIаккха, – аьлла, дIабахана уьш.


Рецензии