Дневник. 1993

ЦIЕ  ЯККХАР

1

Мусаев Мохьмад вара тхо долчу веана.
Лергана онда болчу нехан Iедал ду-кхи мохь бетташ хабар дуьйцуш.
Аьтту куьйга пIелг ойу Мохьмада къамел дечу хенахь. Президентан цIе Дудин Мусин Джовхар аьлла йоккхуш хазахета цунна. Де цIе цхьаъ хиларца хилла а, президентан гергара хила лууш.
Яхъяев Леча волчу сих-сиха вогIу Мохьмад. Тхан редакцеш цхьана этаж тIехь ю.
Дуьненан юкъара хьал ду хьехош.
– Хьовсал, “бандиты”, “абреки” аьлла бен цIе йоккхуш яцара вайн хIинццалц. Кхин шуьйра девзаш а дацара вай. Джохара дуьне мел ду цIе яккхийти вайн!..
– “Хила а хиллера уьш бандиташ”, аьлла бахий ахь? – олу ас.
– ХIа-а? – хабар а сацадой, дерриг а дегIаца соьгахьа воьрзу Мохьмад.
Со корта а ластабой велало.

2

– Нохчел гIиллакх долуш, оьзда къам дац дерриг дуьнен тIехь а, – олура вай хьалха.
ХIинца берриг пуьташ, ямартло, харцо, тешнабехк гучуяккха аьтто баьлла нахана.
– Нохчел сийдоцуш къам хир дац дуьнен тIехь цхьа а, – хеза сих-сиха. – Делах кхоьруш-м ца хиллера вай, Iедалах кхоьруш хилла-кх.
ХIинца массо а кхета цунах. Амма вай дика делахь, вуо делахь а, мах вай хадийнарг хир бац, ваьшна гонахарчу къаьмнашка хадабайтинарг хир бу.


БОДАНАХ КХЕРАР

Тхан девешин, Сайтин, цIийнанана Семелт дагаеа суна.
Тхан керташкахь массарел а йоккха яра и. Оха нана олура цунах. Лула-кертахь я тхоьгахь мовлад доьшучу хенахь, баккхийчара назма олуш, йоьлхура иза, меллаша бIаьрхиш а дууш.
Дала бакъдин кхайкхо, чIагIдан а бахкийтинчу пайхамарийн, эвлаяийн дахарх лаьцна дуьйцуш, бIаьргех хиш оьхуш боьлхучу баккхийчу нахана, шайна тIехIиттина халонаш, Iедало шаьш хьийзадар а дагаоьхуш хиларх кхетара со. Берриг синхаамаш меттахбовлий, дегнаш дуткъалора ладугIучийн. Шен мерза бералла, хьоме да-нана, дIа мел даханарг… Коьртаниг - ша а вала кхоьллина хилар.
Цомгуш а хилла кIела йисча, чиркх латабой буьйшура нана йолчохь. Боданах кхоьрура иза.
– ХIара чоь Iаржъелча кошах тарло суна. Ма доккха хIума ду-кх ялар! – олура цо.
Ша лечу дийнахь тхан нене элира боху цо:
– ПетIамат, хIинца-м ца кхоьру хьуна со...


МЕХКАРИЙН  ЭШАР

Хьо тхо долчу ма ца йогIу,
Тхо ма хьалхе дицди ахьа.
Кхин хьо тхуна гур яц, боху.
ХIун ду-те и дуьйцург наха?

Шарипа нийса тидам бина:
– И  Усманов Iимрана локхуш елахь а, зударийн эшар ю. Зуда, йоI вайнехан Iедалехь йогIуш ца хуьлу. ВогIург кIант ву. Эшарехь, схьагарехь, зударийн, божарийн а тайпанаш хийцина. И вайнехан мехкарийн шира эшар ю.
ТIаккха кхета атта а ду:

Волахьа, кхачахьа,
Хьо мел оьшу хаахьа, – бохучух. Я:

Юха вогIуш, вола тхоьга,
Тхачул гергара вац хьо нехан.


  ПЕНСИ

  1

Тхан девешех, Мовсех, йиснарг еана, со гIалара цIавеаний хьажа. Со дуьхьал хIоьттича:
– Сайд-Хьасан, – боху цо, – конверт дац хьан?
– ВаллахI дац-кх, – боху ас, – дукха хан ю ас кехат яздаза. Почта лелаш ю вай?
– Дудаевга кехат яздийр дацара ахь суна? – хотту  цо.
–  Дудаевга кехат? – цецволу со.
– Пенцо схьа ца луш гIаддайна ю-кх со. Шелара цхьана зудчунна схьаделла, олуш хезнера суна, Дудаевс аьлча.
Со суо а ву хIилла доцуш стаг. Амма цуьнан наивность кхин а кIорга ю.
Со и кхето хьожу, и кехат яздича а цхьанхьа а гIур ца хиларх. Дудаевна тIе-м муххале а кхочур дацара и, олу ас.
Сайна кху цхьана-шина шарахь мел гинарг, девзинарг дийцича а и кхетар яцара. Дика-вуоне яхар бен, кхин арайолуш йоцу, телевизор, радио чохь ма-дуьйццу Iедалехь берш баккъала а бусалбанаш бу, вай пачхьалкх юьллуш а ду моьтту цунна...
И цо боху кехат язда-м, эрна делахь а, хала дера дацара. Вуьшта, цунах бахьана а дина, Iедалан гергахь диканиг хилархьама, телевизор чухула и кхайкхо а эхь хетар доцуш бу нах.
- Вай бусалба пачхьалккх хIоттош Iитталучу халонех пайдаэца гIерта мостагIий. ХIара кехат деана Куршлойн-Эвларчу хьенехера. И хIун оьшуш Iаш ю? Шиъ кIант ву цуьнан. КIентан бераш ду. Цаьрга кхабийта ша, Iедале сагIа а ца доьхуш. Вайн вархIе да а ца Iийна Iедало пенси луш я берашна пособи догIуш а. Уьш гIазакхин законаш ду. ХIора беран да а ву, хIора къаночун, цхьаъ хилла а, доьзалхо а ву. Iедал ма хьийзаде. Кога хIитта гIерташ ду вай. Берана а деза кога даха, мотт Iама а шераш. Иштта ду пачхьалкхаца дерг а…
Ас цуьнан а сурт хIоттадора.
ХIуъа дийца, ала, кхолла а эхь хеташ нах бац хIорш. Iедал халкъан дуьхьа дуй, халкъ Iедалан дуьхьа доций ца хаа. Я иштта лела атта ду. Цхьанне хьалха жоьпалле боцуш.
ТIаккха девешин бераша соьгара йохур йолу юьхь:
– Хьоьга мила вара и язде бохуш?!
Суна хала дара цу дерригенах а девешин зуда кхето. Я сан карахь хIума а дацара кху пачхьалкхехь. Iийна:
– Делахь, со конверт хуьлий а хьаьжна, юхайогIур ю хьуна, – аьлла, шина а куьйга Iасана тIетийжаш, дIаяхара иза.

2

– Кхин цхьа хIума дагадеана яра со, – элира Хузис юха еъча. – Со елча, аьлла, книжки тIедаьккхина ялх баьIа туьма дара сан. И мукъане а схьалур дацара-те? Чохь жижиг кийла, чай, шекар а оьцур дар-кха. ХIара конверт а ду хьуна. Я Шеларчу хьаькаме, я Дудаевга кехат яздийр дарий ахь?
– Баба, и кехат Шела, Дудаевга-м хаац суна, вайшимма Страссбурган суьде делча а, и ахча схьалур долуш дац-кха хIара Iедал, - элира ас.
– Ахь баккъал бахий? - инзаръелира иза.
– Цхьа хIума дича дала там бу цара и.
– ХIун ду и?
– Ах ахча царна дита ахь, банкашкахь и деш ду хьуна, тIаккха дисина ах схьадала а мега хьуна.
– Царна и ца дала, ша долччохь Iаддуьтур дар-кха ас и.
– Кхин цхьа хIума а ду, - элира ас, баба дог дохийна ца яхийта.
– ХIа-а?
– Масийтта шо хьалха ахь книжки тIе доккхучу хенахь шортта ахча ма дара и. Цунах машен а йогIура. Тахана и ялх баьIа туьма дац, ялх туьма ду. Цундела Дудаевга и ялх туьма схьало а ца бохуш, схьаелча а хьуна цунах йогIуш хIума а яц, ахча хийцадаллац собар де.
– Хийцалур долуш ду и?
–  Ду дера. ХIинца юккъерчу барамехь эзарза дай ма делла ахча. Цкъа ша хуьлург хилла даьлча, дазлур ду. ТIаккха хьайн книжки тIера ялх баьIа туьма схьаоьцур ду ахь, цхьаьнне а пусар ца деш. Гуттар а доьхна лаьттар ма дац хIара...
Иштта къамелаш дира охашимма, амма, хетарехь, баба, суна резайоцуш дIаяхара.


БОДАНЕ  ХИЛАР

1933 шарахь Йоккхачу АтагIахь Бадуевн  “ЦIе гIап”  цIе йолу пьеса хIоттош, цIен партизан лелла а волуш волу, чурачех цхьамма, хьалаиккхина, тапчанах катоьхна, сцени тIехь хуьлуш лаьттарг лан а ца делла. Халла метта валийна, кхетийна, хьаьстина, охьахаийна иза.
– Баккъал а дац и, спектакль ю, – аьлла.
Iилманчаша и Бадуевн пьесаш ницкъ, кIорга чулацам а болуш, боккха тIеIаткъам беш хиларца дузу.
Бакъду, Бадуевн похIма доккха ду. Цуьнан кхолларалла даима масал хилла лаьттар ю нохчийн яздархошна. ХIора замано керла-керла агIо а йовзуьйтуш. Амма вукху стеган тохавалар, цуьнан эмоцеш, ас Бадуевн пьесо цунна бина тIеIаткъам бахьанехь ца лору. И вайн къоман уггар декъаза агIо – бодане хилар ду. Тахана а дуккха а масалш ду цунна.


КОНСТИТУЦИОННИ  СУД

Лаьттачу тобана юкъахь сайн цхьаъ-шиъ накъост а гина, тIевахара со. Цхьацца юкъара къамелаш деш, царах цхьаъ конституционни судера вуй хиъча:
– Шу хьаьнгахьа ду? – хаьттира ас.
Республикехь массара а хьехош ерг президентан, парламентан а галъялла юкъаметтиг яра. Царах харц-бакъ верг а.
Сан хаттарна:
– Тхо законехьа ду-кх, – кIелхьара вала гIоьртира иза.
– Закон-м дан дацара. Шу хьаьнгахьа ду? – элира ас.


ХЕМИНГУЭЙ

Сан цхьанне а тайпана шеко  яц, Хемингуэй къонах стаг хиларна. Амма со цкъа а ца кхетара Есенина, Маяковскийс, Цвейг Стефана, генарчу Японера Акутагавас, тIаьхьа Хемингуэйс а Iожалла тIеэцарх.
Бахьанаш-м вала шортта ду, амма дахар – и цкъа оьшуш, юха толам боккхуш, оцу халонашца къийсар ду.
Хемингуэй – дуьнен тIехь а суна дукхабезачу яздархойх цхьаъ ву. Цо язйина хIора а предложени, аьлла дош марздийриг авторан личность ю. Кхолларалла бахьанехь яздархо а безам хета, яздархо везаш хилча, цуьнан кхолларалла а дукха еза.
Хемингуэй ша-шена таллархойн топ а тоьхна кхалхар, цхьацца хIумнашца доза гIерта Iилманчаш. Масала, дуккха а шерашкахь цунна тIаьхьаяьлла лелла ФБР бахьанехь.
Суна и бакъ ца хета. Оццул ледара стаг ца хилла Хемингуэй.
И юххера вевзича кхетта со: шен кхолламан да хила, шена ма тов дуьне даа Iемина, къона, ницкъ болуш, товш хилла волу, къанвелла кIелвисча, шен де эшча, мацах цкъа Курачу Закрис ма-аллара, “ша бохучура дIадаьлча, дита деза хIара дуьне” тешна иза а.


КЕРЛАЧУ  ПОЭЗИН  АВТОР

Ахмадов Муса – компанехь самукъане стаг ву.
Нохчийн революцино цуьнан сийдезарна зие динехь а, кхоллараллин агIор боккха пайда беана, аьлла хета суна. Субъективни, объективни а бахьанашца политикана юьстаха висаро аьтто бира цуьнан кхолараллин болх бан. Дуккха а керла произведенеш язйина цо. Царна юкъахь, ша Мусас башха царна доккха маьIна ца лахь а, суна чIогIа хазахета цуьнан забаре биъмогIанаш.

1. Бе вайшимма цхьаьна барт.
    Хезий хьуна деган гIарт?
    Хи малахьа, олуш гарт…
    Наггахь хуьлу арахь хатт.

2. Деган безам – жима Лайла,
    Дожий вайша цхьаьна лайла?
    Ло тIедеъча дер ду къайла...
    Хьа ма лайла, со ма лайла!

3. Хаза йоI ю Кулсам,
    Къагайо ца хIусам.
    Даим – дийнахь-буса –
    Дог-пах цуьнца ду сан.

Тхо вовшахкхеттачохь Мусага уьш ца йоьшуьйтуш дIадоьрзуш дац тхо. “Орга” журналан редакцехь хевшина Iаш, Мусас:
ВогIуш ма ву Баудди,
Юуш кампет Баунти, – аьлла, шен рогIера могIанаш бешча, чохь белар иккхира. Йохийначу пачхьалкхехь оццул халчу хенахь телевиденехь хIора минотехь дуьхьал Iуьтту и рекламаш кIордийнера нахана.
Самукъа даьллачохь ас йийшира:

Хьалдолчарна – “Сникерс”, “Марс”,
Бохча доцчунна – жIов я марс!

– ХIинцале школа а йолаели-кх хьуна! – элира Юнусов Хьамзата.
– Сайд-Хьасан дог цIена кIант ву. Хийла шена хIума аларх, ша бохучунна тIера юха а ца ваьлла и, дегабаам бина хер а ца велла. Молодец! – элира Мусас.
Муса соьх кхетар, цо шен дагара хаийтар, къера хилар – доккха хьуьнар дара цуьнан. Даго шен “со” бохург эшо витар. Цо и атта ца аьллий хаа суна. ХIунда аьлча, билггал Муса вара  суна дуьххьара дуьхьал ваьлларг. Суна уггар а сайгахьа хир ву моьттинарг. Цо къобал  ца вар бахьанехь, цунна тIера дIадоладелира ас яздийриг зорбане ца даккхар, къобал ца дар а. Муса – баккхийчара лоруш, кегийнаш багахьевсина вевзаш яздархо вара. Дуккха а нахана тIеIаткъам болуш.  Нохчийн маттахь цхьаъ бен журнал, цхьаъ бен газет ца хилча, оццул йоккха ма яц хIара Нохчийчоь. Со студент бен вацара.
ТIаьхьа кегийчех шена го бинера цо. Дуккханна дика а дира.
И дерриг а гушшехь, цунна юххехь, цо хесточарна юкъахь сайл дуккха а ледара яздархой боллушехь (со воцчохь и сайна луьй хуъушехь) со я хьаста а ца велира цунна, я гам а ца велира. Со сайн лаамехь хиларна дикка и эмгаралла схьадеара цо соьца.
Тахана цо бохург, сайн толам ца лору ас, Мусан толам лору. Шен кийрахь хIинццалц кхиъна хьагI елахь я амбицеш елахь а, эшо цуьнан ницкъ кхачар – Мусан толам бу, со-м хьалха хилларг ву.
Рекламни могIанаш дийшира Мусас:

Нахах тарво мах баро:
Эций йохка “Мальборо”.

Оцу “керлачу поэзехь” товш дерг – нохчийн амал, заманан билгалонаш, цхьаьнаэр, уьш йовзар, дош карчо, ловзо а хаар а ду. Цо:

Ингалс маттахь ю и “Кэмал”,
Нохчийн маттахь ю и “Эмкал”, –

аьлча, вела ца велча ца Iало-кх.
Ас а йийшира:

Дешахь журнал “Орга”,
Хир ду хьекъал кIорга.

– КIант, хьо-м хьалхе йоккхуш вуй-те, моьтту суна, – велавелира Хьамзат.
– ХIахIа, хIокху тIехь хьалхара меттиг Мусан ю. Суна хетарехь, цуьнан романаш йицйелча а, “керлачу поэзин” автор санна вуьсур ву и нохчийн литературан исторехь, – элира ас.
Дуьйцийла йоццуш, литература юкъахь-м шен проза бахьанехь вуьсур ву Муса, со билгалдаккха гIертарг цу могIанийн башхалла яра. Малхбузе пачхьалкхашкахь, Штаташкахь а буьйцург нохчийн мотт белахьара я вайниг промышленность, махбар, юкъараллин кхетам а кхиъна пачхьалкх елахьара –

Когаш буй хьан гома, чIома?
Уьш нисбеш ю мачаш “топман”... -

бохург а,

Вола, хьаша, тхоьга вола –
Мер вайшимма “кока-кола”... 
               
могIанаш а бахьанехь ваха хуур вара.


ХАРЦО

ЦIахь волу хан книгаш дIакегош, схьакегош йоккхуш хазахета суна. Иттех книга цхьаьнаметта йоьшу ас, цхьаъ чакхъяллалц собар ца тоьаш.
Цкъа со волчу Iусман веъча, цIахь вуй со, аьлла хаьттина хиллера цо.
–  Оцу чохь кинишкех ловзуш ву хьуна, – аьлла мамас.
Иштта “кинишкех ловзуш” ву со тахана а. Исландхойн яздархочун Халдор Лакснессан книга схьаоьцу ас. Стаммий, сайга еша ца ло книгаш юкъа-кара схьайоьллуш Iедал ду сан.
– Суна хетарехь,– билгалдаьккхира цо,– Iовдал хила веза-кх, вайн заманчохь зуда яло.
– Везий-те? – хаьттира Бьяртура.
– Дера веза, Iовдал хила ма веза, – чIагIдира цавевзачо, гуттар санна матте “тIох” олуьйтуш.
– Ялор яцар-кха, – элира Бьяртура.
– ЛадогIахь, кхузахь цхьана къонахчуьнца къамел дина ас, цо бохура: “ХIокху къеллехь баха буьтучул, Iедало нах байа мукъане а байахьара”.
– ГIурт бу ахь буьйцург, – элира Бьяртура.
– ХIахIа, хIахIа, – сихха элира тIехволучо, –  и цIена бакъдерг ду. Суна а хета иштта. Миска нах хIокху Iедалан къепех боллал зуламе бац. Жоьлгашна тоделла-кх хIара.
Со цецвелира! Цецвелира, тахана ХХ-чу бIешеран чаккхенехь, Нохчийчохь долу хьал, сан дагахь йолу ойланаш а книги тIехь карийча. ТIаккха со кхийтира, и харцо кху дуьненна тIехь дуьххьара адам кхоьлчахьана дуьйна схьайогIуш юйла!


ОБЪЯВЛЕНИ

Кооператив “Безам” реализует спальную мебель.
(“Неделя” газета тIера.)


ТАГОР

…и лица их были похожи на землю, из которой создал их бог, на землю,  не омытую ни единой каплей  дождя, на окаменевшую глину, из которой были выстроены их дома, на жесткую кладбищенскую  землю, куда их опустят в тот                день, когда они умрут.
Закария Тамер.
Дуьненна а хьалха дозалла долуш хIора къома а хуьлу цхьацца яздархо. Царах ву индийски къоман поэт Рабиндранат Тагор а. Башха цхьаьнаийна цуьнан поэзехь ширачу индийски къоман ша-тайпа философи, европейски кхетам, поэтан деган кIорггера безаман лирика а. Нагахь санна лирика поэтан синхаамаш буьйцуш елахь, цуьнан проза, уггар хьалха, индийски къоман синкхетам самабаккхарна, серла баккхарна а лерина ю.
Дуьххьара цуьнан суьрташ гича, хIорш-м беро а дохкур ду, аьлла хийтира суна. Къаьсттина ца тайра суна цхьана пекъаран сурт. Ерриг а ягийна юьхь этIа а эттIа, тIехула гота яьхьча санна мунаш долуш, раз ши бIаьрг а болуш, поппарх вича санна, стаг вара иза. “Иштта адам хила а ца хуьлу”, – дагатесира суна.
Цул тIаьхьа масийтта шо даьлча, гIали юккъехула схьавогIуш, 50 шо хир долуш векъна лекхачу дегIахь волуш, стаг гира суна. Цу стеган ерриг а дакъазалла цуьнан малхо еттинчу, дахаро гамйинчу юьхьа тIехь гуш яра. Иза Тагоран сурт тIера охьавоьссича санна вара...


КЛАССИКИЙН  ЗЕДЕЛЛАРГ

Къоначу яздархочун Iаламат дукха хуьлу дийца. Произведенин барам, дикалла, цуьнца боьзна синхаамаш - и кхоллараллин шолгIа мур бу.
Паустовскийн “Дашо роза”, Парандовскийн “Дешан алхими”, Фединан “Яздархо стоьла хьалха”, Лао Шэн “Къена сту, йоьхна ворда а”, Олешин “Цхьа де а могIа ца язбеш”, Моэман “ЖамIаш деш”, Пришвинан “Лаьттан бIаьргаш”.
Царна тIехь кийчча рецепташ карор ю, уьш ешча кхиъна ваьлла яздархо хир ву, бохург дац сан. Амма шен говзалла лакхаяккхарехь, доккха гIо хир ду.
Шен произведенин мотт тIехь болх муха бан беза, муха караерзайо техника, муха дIахIоттайо диалог, фраза, дуккха а долчунна юкъахь коьртаниг билгал муха даккха деза, гIарабевллачу яздархойн методаш, авторан, турпалхойн а мотт, цуьнан башхаллаш, персонажийн амалш йовзийтар, дустарш юкъадалор, яздаран гIирсаш, произведенин тон, ритм и.дI.кх. а.
“Муха яздо оха?”, “Яздархоша яздархойх лаьцна” сери юкъара книгаш, талламан белхаш, литературни портреташ, эссеш, дневникаш, кехаташ…  Царна тIехь гIарабевллачу яздархойн дахаран, литературан историн, кхоллараллин психологин, технологин а дуккха а зеделларг карор ду пайдаэца.
Книгаш тIех дукха езачу яздархочунна цхьа кхерам бу: ша язъеш яккха еза хан а йоьшуш яккхарна. Масала, Минкаилов Эльбрус дика яздархо, литератор а хир волуш вара, амма книгашка болчу безамо эшийна цуьнан яздархо хила лаам.
Къамелан говзалла а чIогIа лакхара ю вайнехан. Хийла стаг карийна суна, цо ша дуьйцург ма-дарра дIаяздича а, дика книга язйийр йолуш.  Амма Дала и похIма ца делла царна. Уггар а кхоам болчех цхьаъ – Джанаралиев Iимран. Цхьа Джамалханов Зайнди ву-кх нохчех, Дала и ший а делла. ХIетте а цуьнан вайнехан фольклорах, гIиллакх-оьздангаллах а долчу къамелашка ца кхочу цуьнан цхьа а книга. Хийлаза дагадеана суна: “Магнитофон тIе дIа хунда ца яздо-те цо ша дуьйцург? Ма башха книга хир яра и”. Нурди Музаевх лаьцна а ду дуккха а дийцарш. Цуьнан книгаш юкъарчу барамехь язйина, цхьана а кепара къегаш яцахь а, шен меттехь дош олуш, дешан говзанча хилла куц ду иза, вевзинчара вийцарехь. Цунах лаьцна дийцарш гулдан лууш а вара со. Цкъа заняти веана Нурди (нохчийн литература хьоьхуш хилла иза университетехь), доккха сурт а дохьуш. Цу тIехь цхьамма вукхунна чов йина, шпагин буьххьехь къаьсташ цIийн тIадам хилла. Студенташка хаьттина Нурдис:
– ХIара сурт нохчийчо диллинехьара муха хир дара?
– Коьртахь холхаза куйнаш хир дара церан, - аьлла цхьамма.
– Шпагин меттана карахь шаьлта хир яра, – аьлла кхечо.
– ХIахIа, – бохуш Iачу Нурдега дехна студенташа:
– Муха хир дара? Ахь алахь.
– Стагана валлал чов йиначу, цуьнан карахь йолчу шпагин буьххьехь цIийн тIадам гой шуна? И сурт нохчийчо диллинехьара, кху тIехь цIийн Iовраш хир яра. ХIинца хиин шуна?
Къоначу яздархочо схьалаца деза коьртаниг - говзалла книгаш ешарца йогIуш, кхуьуш а яц, язъярца, къахьегарца а бен. Литературан теорино, классикийн зеделлачо а новкъарло-м йийр яц, амма дика дийцар – тема, сюжет, фабула, церан башхалла а хIун ца хууш яздан а тарло.


СТУДЕНТАШ

ХIокху деношкахь юха а болх бан дIайолаелла Нохчийн пачхьалкхан университет.
– Студенташна стипенди схьа ца деллехь а, шайна алапа схьа ма-деллина балха арабевлла хьехархой, – олуш хеза.
И иштта дац. Алапа декабрь бутт чулоцуш бен ца делла, индексаци-м муххале а ца йина. “Алапа” аьлла цIе яккха хIума а дера яц и я-м, капекаш ю-кх.
Вайнехан кафедран рогIера заседанехь айина дара:
– ХIун дича толур бара-те вайн болх? – боху хаттар.
– Республекера юкъара-политически, экономически а хьал иштта мел ду, вайн болх а толур бац, я вай мел гIертарх вайна студенташ а богIур бац, – элира Минкаилов Эльбруса.
Цо бохучунна берриш а реза хилира, делахь а, Тимаев Вахас, Вагапов Якъуба, кхечара а билгал ма-даккхара, болх сацо-м хала дацара, амма цунна хIумма а саготта бац-кха вайн куьйгаллехь берш. Дуккха нах бу университет йохаре сатуьйсуш, республикера дуккха а кхиболу бахамаш санна, хIара а караерзо, къола дан, йохка-эца а кийча.
Студенташ массо заманахь, массо пачхьалкхехь а халкъан кхетаман лаккхара тIегIа а, юкъараллин гIуллакхашкахь жигара дакъа лоцуш а хиллера, амма вайнаш чогIа ледара бу.


“ДАЙМЕХКАН”  –  70  ШО

“Даймохк” газетан редакторца Абдулаев Лечица цхьа гIуллакх а хилла и волчу ваханера со. Редакцин белхахой карийра суна цуьнан кабинет чохь. Редакцин счет тIехь доцу ахча а, и хила йоцу агIо а йийцаре йора цара.
– ХIара кехат дешахь, – элира Лечас.
Издательствон генеральни директора Яхъяев Лечас куьг яздина хаам бара и, вархI дийнахь 538,2 эзар сом декхар схьа ца лахь, газет арахецар сацор ду, аьлла.
– Советан Iедалан олаллехь долуш а, махках даьхна Казахстанехь долуш а арадолуш хилла газет, тахана, нохчийн Iедал хIоьттича, къоман мотт пачхьалкхан кхайкхийча, ара цадаларан кхерам дуьхьала хIоьтти-кх, – хала хетарца дуьйцура коьртачу редактора.
Законе диллича издательствон директор а бакъву, хIунда аьлча, шен белхалошна алапа дала дезаш ву иза а. Амма газетийн ойла хьан йийр ю?
1993 шеран бюджет парламенто чIагIйина, аьлла хаам хиллехь а, и бакъ ца карий. Министрийн Кабинето, бюджет болх беш ца хилча, шайн ахча дац, боху. Хьалхара квартал а дIаяьлла. Стохкалера декхарш хIинца а схьадалаза ду.
23 апрелехь 70 шо кхочу “Даймохк” газетан. Оцу юбилейна дан кечдина совгIат ду-те и дIакъовлар?
Жимма меттахбовла безара парламентехь берш. “Дехкий леца дезара” министраша а, оццул шайна и болх безаш хилча.


ХЬАШТ  ХИЛАР

Цхьа стаг хилла котам йохка вахана.
– ХIун доьху ахь кхунах? – хаьттина цуьнга.
– Эзар доллар.
– Ахь ма дукха доьху.
– ЧIогIа хьашт хиллера суна цхьа эзар доллар, – жоп делла цо.


ДЖОН,  МАЙН  Я  ДИН  РИД?

Цхьана министерсвехь-м вара иза балхахь. ТIекхаьчча суна машен сацайора цо. Цхьаьний цIавогIура тхойшиъ. Цкъа республикерчу хьолах лаьцна шена хетарг дуьйцуш “Дуьне инзардаьккхина итт де” хьахийра цо.
– ЦIе хIун яра цуьнан? ; соьгахьа вирзира.
– Джон Рид.
– ХIа-а, дагавеа. Джон Рид вац иза. Джон Рид – илланча вара, хIара Майн Рид ву, – элира цо.
Со велавелира.
– ХIунда воьлу хьо? – хаьттира цо.
– ГIурт дIаби-кх ахь царах, – элира ас.
– Хьо галваьлла хьуна, суна хаа ма хаа. Сан цIахь ян ма ю и книга.
– ЦIавахча тIехьажалахь цунна.
– Со а ма ву филолог. Хьуна халахетийта а ца боху ас. Вуьшта, аша вайн университетехь Iамош дерг а, оха Москвахь Iамош хилларг а йоккха башхалла ю. Суна масех стаг вевза вайн университет яьккхина, цаьрца а къамелаш хилла сан. Оха хьалхарчу курсехь Iамош хилларг а ца хаара-кх царна. Цундела соьца ма къийса, – элира цо.
– Со-м къуьйсуш ма вацара. Ахь хаьттира, ас жоп делира.
– Майн Рид вара иза...
– Ас цхьа анекдот дийций хьуна?
– Дийца.
– Цхьаъ хилла машен йоьхна Iаш. ХIун дан деза ца хууш. ХIара вевзина сецначо нисйина машенан галъяьлларг. “Бакъонаш муьлха категори ю хьан?”– хаьттина хIокхо. “КхоалгIа ю-кх”, – аьлла вукхо. “Хьажахь, сайнаш хьалхара категори ю. ЦIакхаьчча-м кхоалгIа котегори оьцур ю хьуна ас”. Кхетий хьо? Москва, ГIала, Париж а… доьшучу меттигах доьзна ма ца Iа и.
Юха а суна ша бакъхилар чIагIдан хIоьттира иза.
Цхьа кIира даьлча юха а некъахь гира тхойшиъ. Вела а велла боху:
– ЦIахь хьаьжира со. Джон Рид хиллера иза. Хьо бакълуьйш хиллера. Илланча – Дин Рид ву, Майн Рид – индейцех лаьцна романаш язйинарг.


ДIАЯХАРА

Суьйре...
“Дика” туькана хьалха цхьа хаза йоI гира суна.
Цунах бIаьрг кхетча, гонаха долу ло даша а дешна, бес-бесара лайзезагаш  хьаладовлуш санна хийтира суна. Дерриг а серладелира, дитташа заза даьккхира...
БIаьсте санна йоI яра иза.         
Амма юххехула тIехъяьлла дIаяхара иза. Синхаамаша тIех вуьзна, со вист а ца хилира цуьнга.
Сан дог-ойла, полла санна, цунна тIаьххье дIаяхара.
Сан кхоллам бара-те и?


ШИЧИН  ХIУСАМЕХЬ

Мацах цхьа жуьгти хилла боху чIогIа дика чай даккха хууш. Цуьнан къайленна тIаьхьа ца кхуьуш, цуьнга санна дика чай ца даккхалуш бисна гергарнаш. Цо шен рецепт цхьаьнгге а юьйцуш ца хилла.
Эххара иза вала воллуш, тIегулбеллачу гергарчара дехна цуьнга:
– ХIинца хьо Далла дуьхьал воьдуш а вара. Дийцахьара ахь тхуна чай дика хилийтаран рецепт. Хьайн къайле коша ма хьахьара ахь. Чай моссаза молу, хьо дага а лоьцуш Iийр дара тхо. Хьуна тIера сагIа а хир дара и.
Вала воллуш волчу къена жуьгтийчо, халла бIаьргаш а биллина, гонаха болчаьрга дIаса а хьаьжна, меллаша аьлла:
– Чай алсам таса.
Ас Нахапуна сих-сиха дуьйцу и анекдот. Яхьъя, Сайд-Эми, Сайд-Мохьмад а доьлуш Iа тхо. Нахапун чай дика хуьлу. Дукха тасарх доьзна а ца хилла и дерриг а. Мел дукха тесча а, сан-м ца хуьлу и цкъа а Нахапус доккхург санна хаза бос, дика чам а болуш. Цхьадерг-м нохчийн пешах доьзна а ду. Нахапун хьокхум а хуьлу ишта дика, беккъа а баа луш.
Чай доттар а ду тайп-тайпана. Цхьаболчара сизал жима лаха дутту, чу шекар, варени а тесча, я Iайг хьовзийча тIех ца Iенийта. Чай Iенадар гIиллакхехь, оьзда ца лору. Кхечара мелхо а тIехдаллац дутту, шайтIа лечкъа цу чу, иза эккхо деза, олий.
Ас шекар кIеззиг тосуш дайча:
– Ма кIеззиг тосу ахь? – олу Сайд-Мохьмада.
– Шекаро чайн чам талхо ца беза.
– Шухас санна тосу хIокхо, – олу Нахапус. ТIаккха суна дуьйцу: – Тхо жатIехь долуш, тхуна гена боццуш нохчий бара цигахь. Шуха бохуш йоI яра церан. ТIеда Iайг шекар чу а Iуттий, цу тIе леттарг бен чайн чу ца тосура цо.
Сайд-Эмис анекдот дуьйцу.
– Цхьа накъост хилла хьошалгIа вахана. Чай доьттича: “ЦIахь санна тасалахь, эхь ца хеташ”, – аьлла хIусамнанас. Ши баIалг тесна чай мала гIерташ воллучу хьеше, и ийзалуш Iа моьттуш: “Делан дуьхьа, хьайн цIахь санна, тасалахь”, – дехна. “Осто-о-пирлахI!” – аьлла, стакан чура цхьа баIалг схьаэцна хьешо. ЦIахь цхьаъ бен тосуш ца хилла цо.
– Шухина аьлла, эцна котаман кIорнеш дара церан нанас, – дуьйцу Нахапус. – Коч а Шухина оьцура, эса, Iахар эцча а Шухин цIе тухура. Несана дагах кхетта хилла и: гIуллакхаш дийриг ша йолуш, оьцуш ерг массо хIума а Шухина бохуш. КIорнеш, къийгашка, цицигашка а ца дахьийта, цхьана тIийригах тесна дара церан. Цхьана дийнахь, уьйтIахь нуй хьокхуш нус а йолуш, мичара дели ца хууш тIехула хьевзинчу коьрано лаьцна цхьа кIорни. Уьш вовшах тийсина хиларе терра, тIемаш лестош, “цIак-цIак” деш ирх даьхна коьрано. Нуй хьокхуш йолчу несо, тIаьхьа а яьлла, коьра човхочу меттана, рагIо кIелахь йолчу марнене, маьрйише а мохь тоьхна: “ХIе-е-й! КIорнеш хьо шун!” – аьлла. Шен дац ма боху цо уьш. Ша хIунда уьду царна тIаьхьа?
Дудаевс ша Iедале веъча, Муса пайхамара Египтера жуьгташка санна, массо а нохчийчуьнга кхайкхам бира, Россехь долу гIуллакхаш, белхаш а дIатасий, цIадуьйла аьлла. Эскарера эпсарш, тайп-тайпана даржашкахь шайн дIатарбелла Iаш болу нах а, дерриг дIа а тесна, цIабаьхкира. МогIарера салтий а, низаман батальоне кхача кхерам боллушехь, цIауьдура, денлуш йолчу Нохчийчоьнан дуьхьа. ЦIа баьхкинарш, дIахьийзий, схьахьийзий, цхьаммо а тергал а ца бой, балха баха меттиг а йоцуш, чубаха хIусамаш а йоцуш, халла вовшахтоьхна капек а дIайолий, шаьш лелочух бухий Iара. Шайн меттигаш ларъян хьекъал а кхаьчна, хьовса баьхкинарш, сихха юхагIора. Бухбевлла баьхкинарш, я маьI-маьIIера лоьхкуш цIаоьхурш, оьгIаз а боьлхий, гIалахь оьрсийн хIусамаш схьалеца хIуьттура. Я Iедале шайна квартираш ло, бохуш, хIора дийнахь церан неIаран берте ларйора. Шайн ярташка дIабахана, бошмаш лелош Iачу меттана, доьзалш юкъараIойлешка, гIалахь хилчахьана, цхьана беданаш чубухкий, президентан ЦIийна хьалха ха деш Iа. Цига уьстагIий а даладо, бепиг а дохьу, чорпеш йо. Герз декъа а мега. Четарш а тоьхна шайн де лардо.
Уггар а вочу хенахь нисделла ЯхьъягIеран цIабахкар. Нах дIабаха меттигаш лоьхуш бу. Уьш а йоьхна хIинца Россехь.
Дика ду-кх кхеран чубаха цIено мукъане а долуш.


ЭШАР  Я  АРЗ?

Нажин-Юьртан кIоштахь, буьйса юкъал тIаьхьа цхьаьннан чохь йогуш серло елахь, иза эшар язъеш ву я арз кечдеш ву, олу.

НАБ  ДУКХА  ЕЗАР
– Хьевдана чукхетта етт санна, хьо гIатто нах кхайкха безаш бу? – довдо дедас кIентан кIантана.


СО  ЦХЬАЛХА  ВУ

Тхан юьртара уггар таро йолчу нехан кIант Ташкентехь бусалба дешар Iамош вара, маьждигехь, цунна бохуш, ахчанаш вовшах а деттара наха.
Йиш хилча дерриг дахар а доьшуш, яздеш а доккхур дара ас. ХIокху сила йолчу Нохчийчохь а, сан нийсархойх, со цхьаъ бен вац яздеш.
Вайн къомах лаьцна вайна хууш дерг, вайх лаьцна кхечара яздинарг бен дац. “Толстой – Нохч-ГIалгIайчоь а”, “Лермонтов, Нохч-ГIалгIайчоь а”, “Дюма Александр...” а бохуш, дозаллаш деш Iийна вай, вайх лаьцна вевзачу яздархочун дош карийча а. Ткъа шен къоман яздархо кхио, цунах дозалла дан а хьекъал ца хилла.
Къоман культура, литература, Iилма, искусство а кхиа пачхьалкх хила еза. Вайн дайн шира истори мухха хиллехь а, юьйцуш дагайогIучу заманчохь пачхьалкх ца хиларе терра, вайн йозанан хIолламаш яц. Я цхьадолчу къаьмнийн санна, эзарнаш шерашкахь хаарш тIаьхьарчу тIаьхьенашна лардеш, охьадохьуш храмаш а ца хилла вайн. Цу кеппара, дахарехь цхьана а тайпана аьтто ца хиларе терра, бусалба дин тIеэццалц схьадаьхкина вай.
ХVIII-ХIХ бIешерашкахь, ХХ бIешеран юьххьехь а эвлаяийн, шайхийн а жайнеш Iедало я хIаллакдина, я къайладаьхна. Оцу нехан Iаламат доккха похIма, шуьйра хаарш а хиларан тоьшалла ду бартакхоллараллехь ларделла дийцарш, назманаш а.
Советан заманан яздархой я политиках Iехабелла, я Iедалах кхоьруш, я цхьана дикане сатуьйсуш баьхна.
Ас  яздийриг я цхьана а Iедална, я цхьана а стагана хьасталуш дац, я кхунах суна цхьа пайда хир бу-кх, ала агIо а яц.
Москва деша вахар чIогIа пайденна хир дара суна. Сан и аьтто ца хили. Я гIо дан стаг а вац.
Iедало ша студенташна, аспиранташна а дойу боху ахча, схьа мукъане а лахьара, тIаккха и дешар а ца оьшура. Книгаш еша, яздан а маьрша хир вара.
Сила йолчу Нохчийчохь, сан нийсархойх, яздеш со цхьаъ бен вац.
Со цхьалха ву...


4  ИЮНЬ

Шарип волчохь буьйса а яьккхина, Старопромыслан агIор гIали юкъа догIучу тхуна, ирча сурт дайра.
Совцийна лаьтта машенаш, гIаролла деш милици, ОМОН, массаьргахь герз. Аьтта корийн бIаьргаш. Кеггийна, охьадеттаделла а дитташ.
ГIаш драмтеатр тIегIо тхо.
Оппозицин митингехь хиллачу нахах цхьа а вац. Майда яьсса ю.
КхидIа гIалин юкъа доьлху тхо. Тхо гIайгIане ду.
ХIара уггар а тхо кхийринарг ду.
ХIара хIинццалц схьа, дуьне кхоьлчахьана ца хилларг, хила йиш йоцург ду.
Нохчийчо нохчийчунна тIе герз тоьхна. Iедал я дуьненан бахам бахьанехь. Уггар а телхинарг, хIинца хIара гIуллакх машаре дерзаран некъ хадийна хилар ду.
Академикаш Хаджиев Саламбека, Гакаев Джабраила а дIахьош хиллачу митингехь дуьйцург нийса хиллехь а, цига хIуьттурш, интеллигенци хилла ца Iаш, дукхаха берш тохарлера партноменклатуран белхахой бара. Массо а тIехь тоьлла духарш, хохкуш машенаш а йолуш. Нохчийн ду аьлла деанчу Iедална ямартлонаш йийриш а уьш бара. Цундела ца безара уьш мискачу нахана. Бакъду, Дудаевс лелориг цхьа хIума ду моьттуш, цунах Iехабелла лелла кIеззиг нах а бара кхузахь. Дудаев вогIуш жигара дакъа лаьцнарш а бара. ТIаьхьа некъаш галморзах дийлина. Далла дика хуур ду царна юкъахь лелларг а.
Со саннарш а бара дуккха а. Я царах, я вукхарах а ца тешаш. Цхьа кхин нах оьшура. Царах, вукхарах а боцуш. Цхьанне  а хIуманна юкъахь бехбелла а боцуш.
И нах – сан чкъор дара. Амма тхан карахь хIумма а дац. Тхо хIинцца бен кхиъна дацахь а, амма Даймахкана уггар а пайденна, тешаме а хуьлу хан ю тхан. Тхан ахча дац, тхо белхашкахь а дац, тхуна тIехьа лаьтташ цхьа а вац. Цхьа а пачхьалкх яц, спецслужбаш яц, ницкъ бац.
ГIалин муниципальни полицин чоь, мел лекха а стаг, охьа а ца таьIаш чоьхьа валалур волуш, доккха Iуьрг даьккхина яра. ГIалин Гуламан чоь а йохийна, ягийна яра. Гонаха долчу цIенойн корешкахула чу а етта еллера,  пенаш эринера шовкъалеша.
Оцу квартирашкара нах дIасабаханера. УьйтIахь танко хьешна кегий машенаш яра. Шовзткъа гергга стаг вийна боху цу чохь. (Хьехош берш оццул белахь, белларш кхин а сов хир бу.) Царна юкъахь Гантемировн гергарнаш а.
Гантемировн куьйга кIел йолу муниципальни полици, митингехь болчийн букъ тIехьа лаьтташ ницкъ бара. Цундела тIелеттера царна дудаевцаш. Чу танкан снаряд а тоьхна, тентак  а баьхна лазийна, чевнаш йиначул тIаьхьа, чулилхинчу гвардейцаша байина дукхаха берш. (Президентан агIор шен вешин кIант, парламентан декъашхо Арсемиков Iийса а верна бекхам а бара и.)
ХIара сурт гуш дацахьара тешар а воцуш, тийналла ю лаьтташ. Нах шишша-кхоккха  схьабогIий, жимма хьоьжуш лаьттий, меллаша, кхин бист ца хуьлуш дIаоьху.
– ТIебогIучу хенахь шайна тIе ца тоьхнехь, цаьрца тIом бан баьхкина а ца хилла уьш, – дуьйцу.
Амма уьш, вуьйш а Iехийна хила а тарло. Цхьаццанхьа тхевнаш тIе кхин нах охьа а ховшийна, цаьрга провокаци а яйтина, доладелла хила а тарло и гIуллакх. Хьанна хуур ду и хIинца?
Амма билггал дерг цхьаъ ду. Цкъа а инарлин кара бала мегар дац халкъан кхоллам. Кхечу пачхьалкхан инарлин кара-м муххале. Оьрсийн пачхьалкхан инарлин къаьсттина. И шен къомах велахь а.
Оьрсийн исторехь 1905 шеран 9 январь санна, цIен сагIа а хилла дуьсур ду нохчашна гергахь 1993 шеран 4 июнь.
Далла гIуллакх деш, вовшех марзо оьцуш дехачу меттана, вовшашна луьйш, кIела когаш туьйсуш, ямартлонаш еш, вовшийн дойуш, хIаллакьхуьлуш дохку вай…


ТЕЛЕФОН

1

Баккхийчара хабар дуьйцучу хенахь, беро телефон шега ялар доьху. ТIаккха:
– Хьо хIун деш ву? – бохуш Iа, кхин ша хIун дуьйцур ду ца хууш.
Шега дечу хаттаршна ишта жоп ло:
– ХIумма а... хIумма а... хIахIа... хIаъ...
– Схьало хIинца, – олу баккхийчара.
Жимма Iай, юха а трубка шега ялар доьху беро.
– Хьо хIун деш ву?
Шега хаьттича:
– ХIумма а... хIумма а... хIаъ...
– Хьо кху шарахь деша воьду ала, – олу баккхийчара, хабар цхьана хорша даккхархьама.
– Со школе воьду ала боху хьоьга.
Телефонехь верг, чохь берш а боьлу.

2

Плавске вежаршка телефон етташ вара со, мел хьийзаярх номер дIа ца йоьдуш. ЦIеххьана цIенна шина зудчун аьзнаш хезира суна. Йоккхачу стага елха а ийзош:
– ЙоI, цIайолахь. Нохчийчохь кхераме ду. Тешаме зама а яц хIара, – элира оьрсийн маттахь.
– Са ма гатдехьа, мама, – элира йоIа, – соьга, нахе а хIумма бохуш цхьа а вац, кхара къуьйсург Iедал, ахча а ду...


ЧIИР   Я  ДУЭЛЬ

Элчано, Делан салам-маршалла хийла цунна, аьлла:
– Бусалбано бусалба вийнехь, и шиъ ший а жоьжахате гIур ма ву.
– ХIай, элча. Шен карах бусалба вийнарг-м гIур вара, и велларг хIунда воьду цига? – хаьттина цуьнга.
– Шен кадаьллехь, важа вийна хир вара цо, – жоп делла элчано.
Вайна юкъахь, дукха даьржина ца Iаш, тIех эвхьаза даьлла герз. Хьалха, Советан Iедал долуш, чIир эца къонахий ца хилларш а, майра бевлла хIинца, важа Iедал доьхна, хIара Iедал чIагIдалаза долчу юкъаметтигехь.
МогIа бинна хьалха-тIаьхьа а хIиттина, дIасахоьхку гIалин урамашкахула пулеметех, гранатометех, автоматех, лимонкех боьттина, къорза духарш  дуьйхинчу гвардейцин иномаркаш. Наха тайп-тайпана йоху церан цIераш: Робин Гуд, обаргаш, жоьлгаш…  Жимма а дов ма даьллина, бехк болуш-боцуш, тешнабехкаца, ямартлонца стаг вер хIумма а доцург хета. Оцу, и санначу а гIуллакхаша доккха зен до вайн къомана, пачхьалкх дIахIотторна а.
– Вайн вархIе а дас лелош хилла герз! – олу.
Вай вархIе а да къонах хилла!
Тахана вай, церан тIаьхье, къонахий ду бохуш, моьттуш а лелаш долу, Iехаделла.
Вай къонахий хила гIерташ делахь, къонахийн гIиллакхаш лело а деза.
Цундела боху ас, къонахийн амалца йогIу дуэль.
Шина стеган дов даьллехь, и дов, шинне а агIор тешаш  (секунданташ) болуш, дерзо деза, нагахь санна барт хуьлучура даьллехь. Ойла ян хан, герз къастор а долуш. (Хьанна хаа, йиллина хан тIекхачале, куьйге боьлхий а? Баккхий нах юкъабевлча дIадоьрзу муьлхха а зулам. Коьртаниг – юкъара шайтIа эккхадар.) И цхьаъ ду.
ШолгIа. Дуэлехь, оцу стеган массо бакъо лар а еш, кхалхар нисделлехь, цуьнан вежарийн, шичойн, тайпана нехан а, цхьанне кепара бакъо яц вукхуьнга чIир хьеян.
Нагахь цул тIаьхьа, цара оцу стагана цхьаъ дахь, царна тIе эхь а догIу, законца таIзар а.
Суна хетарехь, хIокху кхолладеллачу хьолехь, дийна делккъахь нах а бойуш лаьтташ долчу вайн республикехь, законца чIагIйина тIеэца езара дуэль.
Я бусалба хила деза вай, я къонахий.


IЕХО  АТТА  ВЕРГ

ЦIена стаг – бер санна ву.
Нах Iовдала бац.


ПРИВЕТ

Сайга нохчийн йоIа оьрсийн маттахь “привет” аьлча, хIун ала деза ца хууш вуьсу со.


ЛАХАРА ТIЕГIА

“Вокруг света” журналан цхьана номер тIехь масийтта шо хьалха сурт дайна суна: охьайиллина видео ю, цунна гонаха багош гIеттийна, юьхь йилаза, лийча а лийчаза, тIейоьхна хIума а йоцуш Iаш цхьа акха тайпа ду...
Вайнаха тахана, тIехь цIенаниг, хазаниг лелаяхь а, тIаьххьара арахецна “Вольваш”, “Мерседесаш” хехкахь а, – и вай кхетамо кхийина дац, вайна арахьара тIедеана ду. Цивилизацех пайдаэца хаа вайнахана, амма цул гена даьлла хIума дац. Кхетам хIинца а лахарчу тIегIана тIехь бу вайн.
Вайн къоман хиндолчух, искусствох а аьлча, цивилизаци кхиъначу къамнийн литературехь, искусствехь а кхин керла ала хIумма а дац. Оцу маьIнехь, уьш вайл къен бу. Уьш шаьш дийриг дина бевлла. ХIинца дуьненан хазна юза рагI вайга кхаьчна.
Наггахь, суо кхетамчохь а волуш, куьйгаш болх беш а долуш, цомгуш а хилла, Марсель Пруст санна, меттахь висаре сатуьйсу ас. ПаргIат яздархьама.  Мел хIуъа дийцича а, хьо къона, могуш а волуш, дахарехь дина юьстаха даьлла хIума а доцуш, дуккха а ю ян гIайгIанаш, яздаран йоцурш а. Ткъа кIелависаро дуьненца йолу юкъаметтиг мелла а юхатухур яра. ТIаккха тахана, лаахь ца лаахь, балхахь, некъахь, нахаца а йоккху йолу хан ерриг а цхьана Iалашонна тIеерзо йиш хир яра...
Iасанаш а гIертош богIуш баккхий нах гича, суо къан а велла, кхиина дIатарбелла доьзал а болуш, вехар волчу хене сатосу ас...
Нахана Iовдал хетар вара со, сан дагара хиъча, амма ас и ойланаш яр бахьана  яздан лаарна ду. 
ХIора стаг дуьненчу цуьнга дуьне хаздайта кхоьллина ву. ХIора стаг синтар а доьгIна, дитт кхиийна, я хаза сурт диллина, Iалам хаздина, я гIишло йоьттина, тIай тиллина, я байт язйина, эшар лекхна я нахана цхьа дика дина, дуьненчу доьзалхо ваьккхина... цхьа лар йита дезаш ву.
Со дуьненчу безамах лаьцна керла книгаш язъян ваийтина ву.


ИНАРЛА

Эскарехь, прапорщик тIера хьала, чин лакхара мел хили а, эпсарш сааьрта хуьлу. Бухера дуьйна иштта йолчу армехь, инарлан дарже кхаччалц хьала вала, моццул Iовдал хила веза стаг?


ГАИ-н  ХА

ТIаьххьарчу хенахь цхьа чIогIа сингаттам бу соьгахь.
Балхара ваьлча, накъостех хада ца лууш, хан йолуьйту ас. Муьлхха а кафе чу а доьлхий, чIепалг, хIума а кхоллуш Iа тхо. Студенташ долуш тасаелла уьйраш, ойланаш хIинца а цхьаьнахьерча тхан. ТIаккха есачу квартире я йиша йолчу воьдий, буьйса йоккху.
Юххерчу бIаьхойн декъан кертахь, гIуллакх долуш-доцуш, автоматаш пулеметаш етташ, хийла буьйса яьккхи ас, хIинца-хIинца корехула чу тилкхаза дIаьндарг оьккху хьуна суна, бохуш.
Тховса дерриг а тийна ду. Амма, хан яьллачу хенахь, карахь йолчу книгах а ца Iехалуш, са бIарзло сан. “ЦIахь берш хIун деш бу-те?” – олий дагадогIу. Мама муха Iаш ю? Вешин бераш? ТIаккха тIе хIума а юхий, ванни чура лампа а  ца йойуш (йогуш гIийла серло хилча, чохь цхьаъ ву моьтту),  новкъа волу со…
Аргуне тIай тIе кхаьчча, ГАИ-н ха долчохь охьа воьссира со, юккъе дIа ца воьдуш. “Милцочунна суначул атта сацор ю машен”, – ойла йира ас.
Диллина ло долуш, некъахь латта а шийла яра. Гаишникан тIехь шинель, хурашка а бен яцара. Машено серло тоьхча, цуьнан ерриг сенъелла юьхь, цIийбелла мара а гира суна. Шиъ-кхоъ вара уьш, рогI-рогIана дехьо лаьттачу вагон чу а  воьдуш, вохлуш, хийцалуш Iаш.
Сан дехарца суна машен сацийра цо. ЦIен басахь “Жигули” яра. Водитель неI схьа а йиллина схьахьаьжира. Тхойшиъ тIевахара.
– Ассалам Iалайкум.
– Ва Iалайкум салам.
– Мескер-Эвла кхочий хьо? – хаьттира гаишнико.
– ХIунда бохура ахь? – элира вукхо.
– ХIара накъост вар-кха цу агIор вогIуш.
– ГIаж лаций саца а вай, соьга кхин цкъа а оцу тайпана хIума ма алалахь, – неI тIе а тоьхна дIаэккхийтира цо машен.
ТIаьхьа а хьаьжна:
– Ой, ма чIогIа стаг ву хьо! – элира гаишнико, воьхна.
Цхьа-ши шо хьалха ма хала дара и цу кепара дIаваха. Шега оцу тайпана гIуллакх аьлча, дера воьду, со хьажа кхин хIумма а дуй, бохур дара...


БIАРЛАГIЕ  ИРС

1

Iедалан туьканаш яьсса елахь а, базарахь йоцуш хIума яц нуьйдана тIера тур, тапчана тIе кхаччалц. Хьуна езахь музейн экспонаташ а.
Президента шен къамелехь сих-сиха олу:
– Кху дуьненан рицкъа дерриг а ду Нохчийчохь.
Ду. Бакъду и.
Ду, нах садаIар дан а доцуш, хьевддий-бевддий бохку дела. Амма, адам Iедалах тешна Iаш делахьара, тоххара делла хир дара.
Наггахь, базархула дехьа-сехьа волуш, махбечарна юкъахь дуккха а сайна бевзарш карабо суна.
Тхан курсехь хиллачу йоIа элира со тIекхаьчча:
– Со кхузахь гур ю моьттуш вацара хьо...
– Доьзал кхаба гIерташ йоллу-кх,- кхечо.
Иза, важа а лаккхара образовани а йолуш ю.
Амма суна дагах кхеттарг кхин ду.
ХьасттагIа базар юккъехула вогIуш, сайца институтехь болх бина Iилманийн кандидат гира суна, мах беш лаьтташ. Хьалха охьаехкина цхьаъ-шиъ книга, сабанаш, лезвеш, цергийн паста, маж йошу гIирс а оцу тайпа кега-мерса хIумнаш яра цунна. ГIийла Iаш волу и, соьх бIаьрг кхетча, дIахьаьжира, эхь а хетта. Со, а цIийвелла, тIехвелира.
Тхойшиъ ший а кийча вацара иштта ган.

2

Некъаца коммерчески туька а гина:
– Дуьлойша, чухьовсий вай, – элира Сумбулатов Денис.
Схьахетарехь, хIокху дуьнен тIехь мел йолчу пачхьалкхан барзакъ дара цу чохь. Хьоьжу-у-ш, туьканчура хIуманийн дукхалла, тхан киснашкарчу ахчанан кIезгалла а ойла йина делахь а, Денис элира:
– Тамаша бан дукха хIума ду кху чохь. Эца хIума яц-кха.

3

Балхара араваьлла вогIу со, “Ирс” аьлла йолчу коммерчески туькана чувоьрзу. Мел йолчу киоск, ларек, туька, кафе а чохь бIаьрг тIехIуттуш цхьацца-шишша хаза йоI хуьлу-кх хьуна. ХIумма ца езачуьнга а цхьаъ эцийта. Кху чохь а муьлхха а махбаран туьканахь, базарахь а йоллу тIелхигаш гича:
– Мичахь ду ирс? Ирс лоьхуш ма вара со, – олу ас.
– Дерриг а ирс ду-кх, – олу йоIа, – ахча хилчахьана.


ЛОЬРА  ТIЕ  ЯХАР

Наггахь бен автобус тIе хууш вац со.
Некъа ваьлча вевза-везачо машен сацайой дIасавуьгу.
ХьасттагIа Шела ваха вааьлла со.
Шела йоьдучу автобусан дукха сецар ца хуьлу дела, цу дийнахь хьалха дIайоьдучунна хьалавелира со. Салон чохь кхо-йиъ зуда, цхьа стаг а вара. Эвтарахь а масех адам тIехиира. Царна юкъахь вовшийн бевзаш берш а хилира. Вовшашка цхьацца дуьйцуш богIура уьш. Царах цхьаъ бIаьрг лозуш хилар билгалделира. Операци а йина шена, хьалха гIоли а яра, хIинца юха а сагатдо шен цо, элира зудчо. Лоьрана тIе йоьдуш ю ша, аьлла. Юххехь йолчо дика ца хезна:
– Муьлхачу зерате йоьдуш ю хьо? – хаьттира.
– Лоьра тIе йоьдуш ю со, – элира зудчо.
– Зерате яхар гIоли дара, – элира кхечу зудчо.
Цаьрга ладоьгIуш, Чингиз Айтматовн произведенехь йоккхачу стага аьлларг дагадеара суна:
– Зиярте боьду некъ муьлхург бу? И  хIун некъ бу зиярте боьдуш боцург?..
Ч.Айтматов мила ву хууш, цуьнан цхьа а книга ешна, юьйцуш хезна, я, схьахетарехь, еша хууш а яцара оцу зударех цхьа а. 


НАЖА

80-гIа шерашкахь ду и. Абдулмежидов Асланбека ша хотту бохура шайн дега Наже (Дала гечдойла цунна):
– Ванах, дада, ма доккха хIума ду-кх вайнаха лелийнарг! Оццул йоккха йолчу Россица тIом бина-кх цара. ТIаьххьара и дерриг эрна а хуьлуш. Тахана хIун дийр дара-те вайнаха?
– Эцца, Бена а гIой, хьо керла ваьлла имам ву ала ахь, тIаьхьахIуьттур бу-кх хьуна. Хьалха вала стаг воцуш Iаш бу хьуна тахана а. Цхьана дийне хьоьжуш латтош, мажар тоьпаш ю хьуна церан хIинца а, лаьттах йоьхкина.
Хьалхара дукъ шена тIелоцуш стаг ваьлча, уггара хьалха тIаьхьахIиттира нохчмахкой, ламарой. Царах цхьаболчарна герз, духар, чин, вукхарна дарж, таро а хилла. Хьехархой, белхалой, лоьраш, пенсионераш цхьанне а ца оьшуш бисна.
Амма со цецвоккхург кхин ду.
ХIоккху цхьана шарахь эха шарахь уггар баха хевшинарш, уггар чIогIа мостагIий бу-кх хIокху Iедалан.
И ду-кх тамашийна хIума.


ЮЬСТАХ  ЛАТТАР

Сайн шина накъостаца ву со.
Нохчийчохь гIараваьлла поэт ву и шиъ: Бисултанов Апти, Цуруев Шарип а.
Республикехь хуьлуш лаьттачунна мелла а юьстах ду тхо. Цуьнан бахьана хьахало тхан.
– Сайн интересаш бахьанехь Iаш ву со, – боху цхьамма.
– Суо вен кхоьруш Iаш ву со-м, – боху вукхо.
ВаллахI, цхьа а интерес я пайда а ма бац суна хуьлуш, я кхоьруш ма вац со.
Ткъа хIун бахьана ду со юьстах латтар?
Ма-дарра дерг а ца хууш, цхьа агIо а лаьцна, бIаьрзе герз хила ца лаьа суна цхьанне а карахь.
Телевизор чухула дуьйцу:
– Оппозици яц и. Ахча, наркотикаш, къаьркъа а луш тIетуьйсуш нах бу уьш.
Завгаевс, ша вохавале, олуш хезна суна митингехь лаьттачарах:
– Цхьанне а кепара мотт бийца нах бац уьш. Алкоголикаш, наркоманаш а бу.
Суна ца гина, бакъдерг аьлча, вукху Iедална я кху Iедална а реза боцучарна юкъахь наркоманаш.
Мелларг-м вогIу тIе, нах гулбелла лаьтташ хилча. Амма уьш шаьш бу. Хаац, муьлхха Iедал хилча а, шайн цхьа ход хир ю-кх и, дуьхьал берш бехбан гIертар.
Нахана юкъахула лелаш, нахана гуш а ву со. Цхьаммо а:
– ХIа, хIара ахча, наркотикаш, къаьркъа а ду хьуна. Ахь накъосталла дахьара, – ца аьлла-кх соьга.
Я со дика вевза-те хIокху нахана?


УНИВЕРСИТЕТ

Студент волуш дуьйна чIогIа сатийсинера ас университетехь хьеха. Сан уьйр йолу, суна дукха беза сан хьехархой а бара цигахь. Предмет а нохчийн литература. И болх а хилчахьана, со язъян а витчахьана, кхин хIумма а ца оьшура суна... Амма ас доьшучу хенахь хилларг а, ас болх бечу хенахь ерг а – уьш тайп-тайпана хенаш яра. Цул тIаьхьа дукха хийцамаш хиллера дуьненчохь. Адамийн психологи а хийцаеллера, дахаран хьежамаш нийсса юхахьа керчинера. Суна деза мел хеттарг дайделла, суна пайда боцуш, осала мел хеттарг тIехула а даьлла. 
Студенташ а, говраш санна, лелара учахула: кIентий – хьенан коча гIур бара-те? – бохуш; йоIарий – хIун дича хьера бохур бара-те хIорш? – бохучу ойланца. Цхьа наггахь верг воцург, дешаран бала болуш вацара. Машенашкахь схьа а богIий (хьехархой гIаш лелачу хенахь), шайн дуьненан къамелаш а дой, йогIург оьций дIасабоьлху... Дерриг а бехделла, эвхьаздаьлла... Цу тIе луш доцу алапа, кхочуш хилла доцу хIума, доьхна Iедал, йоьхна пачхьалкх, дог-ойла...
Ши некъ гора суна хьалха.
Царах цхьаъ – сайна мара а лелхаш лелаш болчу студенташкара соьмаш лехьор. Соьга, ахь хIумма дан а ца деза, бакъо елчахьана, ша-ша схьалахьор ду хьуна, бохурш а бара.
– Оьцуш воцург атта хета, Iовдал хета.
Цара бохург дича, цхьаболчаьрга санна соьга а квартира, машен а эцалур яра. Книгашна дохка а шортта ахча хир дара. Атта хене вер вара.
ШолгIа некъ – суна гора сайн хилла хьехархо, хIинца коллега, Юрий Верольский. Хуьйцуш тIейоха костюм йоцуш, багара цергаш охьа а эгна, кара сетка а эцна бепиган булка эца гIерташ, туьканахь ехачу рогIехь а лаьтташ. Университетан хьехархойх уггар дикачех цхьаъ. Дийна энциклопеди.
Сан даго тIе ца битира и ший а некъ.
Пекъар хилла ваха ца лиъна суна кху дуьненчохь цкъа а, Дала хьуьнар, ницкъ, хьекъал, кхетам, куц-кеп долуш кхоьллина волу.
Амма берашкара соьмаш лехьош, юха царна дуьхьал хIуьттуш, уьш Iамабо бохуш, лела а ца вуьту даго.
Делахь а, оцу шиннах цхьа некъ харжа безаш вара со.
Ас кхоалгIа некъ хаьржира.
Со балхара дIавелира.


НЕНАН ЛАЗАМ

1

Дуьненна тIехь къам хир дуй хьовха, ас туьйранаш дешаза. Жима волуш царал дукха дезаш хIума дацара. Схьахетарехь, сан дахарехь дукхаха дерг цара галдаьккхина а ду-кх хьуна.
И бераллийн моттаргIанаш хIинца а дIайовлаза ю сан.
Иттех шо ду со гIалахь Iаш волу.
Нохчаша кхо буьйса яьлча хьошалара волу алахь а, хIинццалц и хан йоккхуш, сайн хIусам хилла охьа а хиъна, хьошалара ца ваьлла со.
КIиранах цкъа-шозза цIавогIу. Буьйса а йоккхий дIавоьду. ЦIахь а хьаша ву со. ХIара некъ дIакхехьахь, велла дIаваллалц, хьаша а хилла чакхвер ву со.
Мокъа де. Хьаьжна малх. Декъа тIехь болх бан тамехь погода.
Амма цхьа а гIуллакх дIа ца доьду ахча ца хилча.
Книга йоьшуш Iа со. Мамас сехьа а йолий:
– КIант, садаIийтахь хьайн коьрте, – олу.
Книга йоьшуш суна ницкъ хуьлу моьтту хир ду-кх цунна. Книга ешар ду-кх сан садаIар. КIадвелча кхин книга йоьшу ас.
Ойла еш волчу стагана хала ду тахана.
Спартехь кхетош-кхиоран болх дIабахьарх лаьцна Плутарха яздо: “Спартанцаша, бераш жимчохь дуьйна тIахъаьлла Iамийта, тIаманна кечбеш а, атталгIа юург а цара шаьш баккхийчарна хьалхара лачкъийнарг бен ца луш, гучаваьллачунна къиза таIзар а деш Iамош хилла”.
Кхин некъ ца битина кегийрахошна Нохчийчохь а.
– ЛадегIначу хьакхано хьаьаш ца йиъна, – бохуш, шайн гIуллакх деш бу нах.
Сан галдаьлларг, со дерригенах а кхеташ хилар ду...
Дехьачура мамин аз хеза суна.
Вешин йоIана дов деш ю иза:
– Охьайилла книга. Хьайн гIуллакх де. Сайд-Хьасанна а ца баьлла цунах пайда, – боху цо.

2

Нехан-м шайн дуьхьа хуьлура и дешар. Цхьана пайденна.
Со хилла-кх деккъа дешаран дуьхьа кхоьллина.
Ненан матте, литературе а болчу бзамна, филологин факультете деша вахара со.
Дукха ойла йина ас, муьлхха а кхин дешар хаьржина хиллехь (сахьташ тодан Iамийна, лоьран я йохка-эцаран говзалла), нахана, сайна а пайденна хир вара со. Пачхьалкхан система йоьхча, алап ца лучу хенахь а ша, доьзал а кхаба цхьа говзалла хила еза стеган. Тахана, нахана хьовха, сайна а дан хIума доцуш ву со.
Могуш ву, къона ву. Цкъа а беза балхах кхерра вац. Амма, сом дерш кIеззиг хиларна, и белхаш а бац.

3

Цхьа стаг хилла чIогIа холчахь воллуш. Дахарехь кхин аьтто хила агIо а ца карийна, ша-шена цхьа хазахетар дина цо, цхьа размер кегий мачаш а эцна.
Дийно сарралц балхахь цара когаш къуьйлий, цIавеъча, мачаш схьа а йохий, паргIат волуш хилла иза. Ког хоьций.
Йоьхна пачхьалкх, доцу ахча, ца ло алапа, сатийсамаш, дан дезарш а...
Цара оццул са ца гатдо сан, кхара туьканашка ца йохьучу книгаша санна. Дийнахь цхьаъ-шиъ книга оьцуш, ас сайна лоьху синтем ма бара и. Цунах а ваьккхи-кх.

4

 – Хьо цхьа пайденна дешар доьшуш ву, бохуш Iара со, – элира соьга цкъа мамас. – Неханиг даьлча а чакх ца дели-кх хьан дешар. Даима книгаш тIехь воллуш вара Ошаев Халид, Эльмурзаев Сираьжди а. Сан гергара нах бара уьш. Мел товш, мел оьзда, мел хьекъал долуш кIентий бара уьш! Оцу ахь бечу балхо могашалла а талхийна, Iедало дог а этIийна, балха тIехь кхиамаш ца хуьлуьйтуш, кхин хьала ца бовлуьйтуш, кхелхи уьш. ХIинца цхьаммо хьаха а ца бо. И уггар а суна ца беза болх хилла-кх ахь хаьржинарг...

5

– ЙоI – коч, коч, бохуш, елла. КIант – йоI, йоI, бохуш, велла, – олу вайнаха.
Сайн валар – книгаш, книгаш, бохуш, хиларна кхоьру со.


ТХЬАМДА

Наггахь, бахьана даьлча, цхьанхьа даче доьлхий я Зорбанан ЦIийнахь вовшахкхетий а сакъоьру оха.
Хийла компанеш гина суна самукъанна олий гул а лой, мала а молий, вовшийн батош йохо гIерташ. Я эвхьаза, маьттаза хабарш дуьйцуш.
Цкъа а дош дашера даьлла дац тхан.
Пирожнеш тIе чай а молуш, нохчийн, дуьненан а литература юьйцу оха. Дерриг самукъа а и ду.
Тхоьца болчех цхьаьннан накъост юкъахь нисвелча цецволу:
– Аша санна хаза сакъоьруш гина дац суна, – бохуш.
РоггIана цхьаъ тхьамда хоржу. Цо шена шиъ уллонча. Тхьамдас аьллачунна тIех цхьа а ца волу. Забаршна оьгIаз цхьа а ца воьду. Ткъа вайнаха забар ечу хенахь да-нана а ца кхоадо.
ХьасттагIа И.Замбулат хаьржина оха.
– Со муха тхьамда хета шуна?
– ГIарчI-аьлла хета-кх. ХIунда бохура ахь?
– Цхьана хIуманна тIехь президентал а гIоли ву со, – боху хIокхо.
– ХIун ду и?
– Дудаевс санна, сайна гонах идиоташ ца баьхна ас.
Массо а вела велира.
Массарна хууш, массара дуьйцуш а ду, Дудаевн го цIена бац, дика бац, бохуш.
Оцу забаран башхалла, кхуьнан да, нана а лаккхарчу даржашкахь хилар ю.


“МАРЧО  ЭЦА  ВАХХАНЧОХЬ”

Вице-президентан Яндарбиев Зелимхан распоряженица даржера мукъаваьккхина “Орга” журналан коьрта редактор Ахмадов Муса.
Язйина хIума ехкарх кхочуш хуьлуш дац гIуллакх. Вайна тахана гуш ду Булгаковн, Пастернакан, Солженицынан, Айдамировн романаш арайийлар.
Ас Мусан пьеса оцу авторийн произведенийн меха ю ца боху. Цхьа кхин агIо каро езара.
– Бакъду, гIалаташ дуьйлу, гIалаташ ца дуьйлуш дIадаха йиш яц кху тайпа гIуллакх. Пачхьалкх кхолла атта дац, гобаьккхина мостагIий а болуш. Арахьара мостагIий-м хала а бацара, чура мостагIий бу хала. Автора дика схьалаьцна цхьайолу меттигаш, амма цуьнан ницкъ ца кхаьчна кху хиламийн шуьйрачу хьесапехь маьIна дан. ХIетте а иштта произведенеш вайна пайденна ю, хIунда аьлча цара хьо Iехавала, айхьа дечух тоам бан ца вуьту. Вайн совца, юхадовла йиш яц. ТIаьхьено цкъа а гечдийр дац вайна, вай таханлера аьтто дIабалийтахь. Нохчийчоь чIагIъярехь, адам кхеторехь, тIедерзорехь а доккха дакъа дIалоцу яздархоша, интелегенцино а. Царах тхуна накъостий хила беза. Вай кега-мерса хIумнаш лехьош вовшашца гамдала йиш йолуш дац. Вай Iалашо цхьаъ хила еза – Нохчийчоь пачхьалкх а йина дIахIотто…
Иштта оцу тайппа къамел дийр дара ас, суо Зелимхан меттехь хилча. И сийлахь дара цунна.
Со хилла спектаклан премьерехь а. Кхин эхI-аьлла хIума а дацара, амма дерригенал а коьртаниг, Мусана бехк билла тарлуш дерг а – дог лозуш язйина ца хийтира суна и.
Кхечу агIор аьлча, ас Мусан меттана балхара дIаваьккхинарг суо хуьлуьйтур вара, хIунда аьлча хуьлуш пайда а боцуш, я хила агIо а йоцуш, безарна балхара дIа а ца валалуш Iаш ву со.
Со санна дуккха а бу уьш тахана.


ТIАЬХЬАША  БЕЛАР

Цул тIаьхьа кIира ца даьлла. Iалвади Шайхиев редактор волу “Ичкерия” литературни альманахан рогIера номер йолу ара. Оьрсийн маттахь “критика” декъахь Шайхиевс, Мохьмад Сулаевс а (Дала гечдойла цунна) юкъахь язйина статья ю Муса Ахмадовн кхоллараллех лаьцна. Дукхаха дерг нийса ду оцу тIехь. ЧIогIа ира язйина а ю и. Статьян Iалашо Муса пьедестал тIера вожор ю. И дика кхочуш а йо цара. Амма и дерриг а кхечу тайпана язъян а йиш яра.
Муьлхха критика а ши агIо йолуш ю:
1) хьан кхиамех, похIмах а воккхавуьйш, хьуна диканиг лаарца;
2) хьан кхиам, похIма а ца дезаш, хIуьттаренна, гамонна.
Хьалхарчун орамехь хазахетар ду, шолгIачун – хьагI.
И статья йоьшуш дагадеара “Орга” журналан редактор чIагIвеш волу Шайхиев дIа а теттина, Айдамировгахула цига Ахмадов охьахаар. (Оха хIетахь а дийцаре динера и гIуллакх. Этически агIор хьаьжча, Мусас динарг нийса дацара. Амма нохчийн литературана пайденна дерг лехча, Муса цигахь дуккха а гIоли вара.) Шена тIе назманаш йохьуш Сулаев Мохьмад веъча, Мусас бехк а баьккхина иза дIавахийтар а дагадеара. И а этически агIор нийса дацара. Амма яздархочун кхолларалла Iедало къобал дийриг, хIинца моде даьлларг а дуьйцуш хила ца еза. Iедал а хийцало, мода а дIайолу.
Муса балхара дIаваьккхина кIира ца даьлла.
Зорбанан ЦIийна вогIу со.
Сайн накъостий цхьана кабинета чу а гулбелла, и статья йоьшуш карабо суна. Царна юкъахь Мусас тIекIабинарш, яздархой бан гIертийнарш, цо шен доттагIий лорурш, со дIатоьттучу хенахь хьалха титтинарш а бу.
Маттана говза язйина ю и статья.
Юкъа-юкъара вовшашна еша а йоьшуш боьлу уьш.
Арагон Луин ойла йо ас. Ша сий деш волу Маяковский къамелехь сийсазвича, Левинсон Андрена тIара туху цо.
Цкъа ала дог хуьлу сан цаьрга:
– Шу дацара хIинццалц и вазвина лелларш? ХIинца ма чIогIа доьлу шу?
ТIаккха а ойла йи ас: “Мусана а ца везар-кха со, шена хьаставелла, шен бага хьаьжна а воцу дела. Соьгахь хIун бала бу, хIинца доттагIашца а эгIа?”
IадъIий-кха со. Цкъа мукъане а хьекъале хилий со?
ХIетте а, кхечу нахе цунна хIума олуьйтур дацара ас.


ДЕГАЙОВХО

Вай цхьа адам лоруш хилча, цуьнан массо а агIо, цо дIа мел боккху ког а дика хила лаьа вайна. Иштта езачун гIалаташ, кхачамбацарш а ца го вайна.


ЮРГIА

ХIора буса дIа масса вуьжу кхааннах цхьамма:
– Со-м аьтто агIор вуьжур ву, – олуш хилла.
ШолгIачо сихха:
– Суна аьрро агIор вижа лаьа, – олуш хилла.
КхоалгIаниг:
– Суна-м башха а дац, – олий, юккъе вуьжуш хилла.
Буьйса юкъал тIех а яьлла, шелъелча, аьтто агIор Iачо юргIа дIаозош хилла, аьрро агIор Iачо – схьаозош. Шена-м башха а дац, аьлла, юккъе вижнарг, цхьаьнцце а юргIа къийса а ца дезаш, вовхха Iаш хилла.
Цунах тера хета суна вайн республикан банкашкахь бохкурш а.
Нах аьтто, аьрро а агIор бекъа а белла, Iедал къуьйсуш Iашшехь, уьш цхьанне къовсаман юкъахь а боцуш, шайна йовххачохь Iаш бу.


ЭЛА-ХЬАЬЖА

Осмаев Казбека боху соьга:
– Тховса марха досту суьйре а яра, юьртахошка вистхилахь.
Шен видеоканал ю цуьнан.
– Со юьрта молла-м вац? – боху ас.
– Ахь дика эр дара. Хьо вист хила лаара суна.
– Марха достуш вист хуьлуш верг бусалба Iилма хууш хила ма веза. Дохтукаев Хьамаде, кхечуьнга алахь
– Хьамаде-м аьллера ас. ВагIахь и а вогIур. Нохчийн дийцарш юкъа а далош, хьо а вистхилча дика хир дара.
И къамел деш Iашшехь, цIа вогIуш Ибрагимов Эла-Хьаьжа го тхойшинна. Жимчохь дуьйна ас лоруш, суна дукха везачех а вара иза. Ламаз-марха долуш, нехан диканехь-вонехь а волуш. Тхан ден гергара стаг.
– Эла-Хьаьже алахь. Цо дуьйцуш товш ду хьуна цу тайпа къамел, – боху ас Казбеке.
– Ас цкъа тохара аьллера цуьнга. Реза ца хилира иза.
– Вало, хIинца вайшиммо алий?
Мохь тухий сацаво охашимма Эла-Хьаьжа. Велосипеда тIе куьг диллина лаьтта и. Дуткъа лекхачу дегIахь, кхузткъе итт шарал хьала ваьлла, куьцехь юьхь-сибат, гIеххьа йитина кIай маж йолуш, товш стаг ву Эла-Хьаьжа. Иза Далла гIуллакх деш хиларал сов, хIокху тIаьххьарчу масех шарахь тIаьхьий-хьалхий шен веаннах кхоъ кIант кхелхиншехь охьа ца таьIаш, къар ца луш дIалеларна а нехан цуьнга болу лерам алсамбаьлла.
– Эла-Хьаьжа, тховса марха досту суьйре а йолу дела, хьо юьртахошка вистхила лууш сацийнера охашимма, – боху ас.
– Баккхий нах кIордийна нахана. Баккхийчех цхьаъ охьахуъушехь телевизор дIайойу, – боху Эла-Хьаьжас.
– Хьо вист хилча бакъахьа дара...
– Ас цхьа хIума дийций шуна? – къежа Эла-Хьаьжа. – Цхьана дийнахь докъар цIада вахханчохь маццикал дIа а яйна виснера со. Иштта со Iаш, жима маше а сацийна чура охьабиссира даккхий догIмаш долуш, шовзткъа шераш гIоьртина, тIехьаьжна цхьаццанхьа даржашкахь буй а хуур долуш болу нах.
– ХIун хилла? – хаьтти цара.
– Татта ца тетча ер ю моьттуш вац со, – эли ас.
Цхьамма боху шен накъосташка:
– Цкъа а телевизор чохь къамел деш вайний хьуна хIара?
Хьовса а хьевсина:
– Ца вайна, – эли.
– ТIаккха тоттур ю, – аьлла, цара гIо а дина цIавеара со.
Кхетий шу, со ала гIертачух? “Позици”, “оппозици” бохуш, кегаре зама ю хIара. КIордийна нахана къамелашка ладегIа. Хьанна хаа со юха а некъахь вуьсий а? – забар а еш дIаволавелира иза.
Лаахь-ца лаахь, бохуш, тIедожор суна нийса ца хийтира.
– Чу гIур ду вай, Эла-Хьаьжа.
– Диканиг догIийла. ДIавала ший а...


Рецензии