Дневник. 1995

НОХЧИ  ХИЛАР

Л. Фейхтвангер. “Вежарий Лаутензак”.
Гитлер: “Немцо хилар – и кхерамашна юкъахь Iар ду. Немцо хилар – и массо хIума а хьацарца доцуш, цIийца даккха гIертар”.
Инарла Дудаевгахь а ду Наполеонан, Гитлеран а амалехь хилла цхьадерг.
Нохчи хилар – и дерриг а хьацарца, кхетамца а доцуш, цIийца, деккъа цIийца даккхар ду, тешийра цо халкъ.


ТIЕМАН  ЮЬХЬ

Эскарша го бина юьртана.
Еза техника дIа а хьулйина, салтий окопаш чубоьлла. Кешнаш а цхьаьна схьадаьхна нахера. Хиш дIалецна. Етт дIалалла, дечге баха а йиш йоьхна.
Яьржинчу паниках говза пайда оьцу оппозиционераша.
Церан болх баран дика нисйина система, муьлхха а гIуллакхна хьалха даьккхина ахча, федеральни эскаршца уьйр а ю.
– Вайн эвлара тIемалой арабахахь, чудогIур дац боху шаьш.
– Герз дIаделчахьана, Iаддуьтур ду боху вай.
Юьртда хьалха а волуш, баккхий нах, туркхаш юххе а бевлла, тIемалошка доьху:
– Шу арадовлахьара. Йохоза хIара масех юьрт бен йисна а яцара. Вай царал тоьлур ца хилча, IадъIан дезара. Дукха нах бу кху юьртахь тIебаьхкина. Бухарчел а дукха буй-те, аьлла. ХIара юьрт а йохийча, мича баха беза уьш? Шу дIадахча, хIуъа дина а, юьрт, адам а лардан агIо лелор яра оха.
Яьлла лаьтташ бIаьсте ю.
Ерриг а нохчийн токхе аренаш хьешна, аьхна, тIекIелйиттина оьрсийн танкаша, гIашсалтийн тIеман машинаша а.


ТОБАНАШ

ХIара а барт бан гIерта, важа а барт бан гIерта.
Тамашийна хIума ду-кх!
Барт бан гIерта шиъ вовшах кхетча, барт бухий къаьста-кх...


ФЕРМА

Шен эскар кхаба ца луучу халкъо, нехан эскар кхобур ду.
Наполеон.

ГIалахь митингаш йолчу хенахь, совхозан фермера цхьа бежин дийна, сагIийна жижиг даьхьна, аьлла хезира суна. Шайна пайденна долчара, нах дуьхьал баьхнера:
- Совхоз хIаллак еш бу.
- Совхоз юуш бу.
- ХIинца хIара йохийчхьана бевли, - бохуш.
ГIалахь тIом болуш, шайн таро йолчо, йоцчо а вовшах етташ, тIаьхьа юург кхоьхьуьйтучу хенахь:
- Совхозера цхьа бежин дие дезара, аьлла, хьахаделлера юьртахь, амма адам дуьхьал даьккхира хьаькамаша, - дийцира тIаьхьа баьхкинчара.
Цкъа а, со кхеттал хилчахьана, юьртарчу нахана пайда бина а яцара совхоз, атталгIа туьканахь эца шура я жижиг хилийтина а. Юьртахошна хила езий а ца хаара.
Юьртан куьйгаллехь берш кху Iедалах дог лозуш, я тIемалойх къа хеташ а нах бацара. Цара муха доуьйтур дара жижиг? Амма хIетте а кхетара со: оьрсий багIахь, царна дIагайта, нохчий бисахь, царна дIагайта а кехаташ, справкаш а хир яра церан, хIоккхул-оццул корта цига, вукхахьа а хьажийна шаьш, хIоккхул яйна, хIоккхул лачкъийна, бохуш.
Амма и а хIумма дацара.
Схьакхечира оьрсий.
Цара хетта а ца хиттира. Бахка а баьхкина фермашка охьахевшира. Шашлык йолччу. Я хьанна хаа, шайн гIоьнчийн хьехарца хевшиний а? Эскарш дIадахча, дуккха а бежнаш царна тIеяздан а дика бахьана ма дара и.
ГIала халкъан ополченцашна тIаьхьа юург яхьийта реза ца хилларш бара хIинца хьалхабевлла:
- Бепиг, мала хIума а яхьа еза царна. Юьрта чу ца гIертийта, - бохуш.


ЛАЬТТАН  АСА

КIеззиг яц нохчийн ярташкахь, лулахоша доза къевсинчохь, маьрша хенахь а вовшашна герз тоьхна меттигаш. Мел дукха а ткъе итт, шовзткъе итт сантиметр латта ду и.
Ткъа вайгара дерриг латта дIа а даьккхина, берриг мохк дIа а лаьцна чувеанчу мостагIца къовса лууш стаг вац. Къовса лууш верг ваьлча а, цунна харц цIе туьллу. ХIораммо а ша-шега хоьтту: “Соьгахь йоцу боршалла цуьнгахь мичара ю?”.
Тхайн юьртара нахе ладоьгIча а кхета хIокху балхах. Цхьа хан яра, царна ГIала, Аргун а схьаяьккхича, оьрсийн эскарш ярташка гIертар дац моьттуш. Шаьш хIумма а ца дарна бехказлонаш лоьхуш:
– Цара беш берг шайна юкъахь тIом бу. Вайга хIумма а бохуш стаг вац. Уьш вайн юьрта багIахь бийр бу-кх вай тIом, – олура.
Суна хаара бийр боций.
Шен Даймахкана мостагI тIелетча ца беш болу тIом, уьш ша вехачу юьрта схьакхаьчча-м муххале а бийр бац стага.
Эскарш юьртана герга кхаьчча.
– Салтий сайн неIар тIе багIахь, царах летта лийр ву-кх со, – бохург юкъадаьккхира цара.
Суна хаара лийр воций.
Уьш ерриш бехказлонаш яра.
Шен Даймехкан дозанал сехьа ваьллачу мостагIна дуьхьал ца гIаьттинарг, иза юьрта йисте кхаьчча а гIоттур вац: шен юьртан йисте мостагI кхаьчча ца гIаьттинарг и шен неIар тIевеъча-м муххале а гIоттур вац. ТIаккха гIаьттича а тIаьхьа ду.
Я: “Ца тоьлу тIом ма бе”, – аьлла, машар а ца би вайн.
Я: “ХIара гIазотан тIом бу”, – аьлла, халкъ а ца гIаьтти вайн.
Я барт бан, я тIом бан а доьналла ца тоьи вайн. ГIорасиз, ледара гайти вай. Дехьа агIор, сехьа агIор вархI-бархI пис бахьанехь халкъ Iазапехь даллош ду вай.
ТIом беш болчарна уггар а халаниг – Iедало пусар ца дар, наха баркалла ца алар а. Цхьа а агIо ца йитина тIемалочунна тахана. Тахана вайна тIелеттачу оьрсаша Iамийна дацара вай школашкахь: “Даймохк ларбар – и хIора гражданинан сийлахь декхар ду”, бохуш?
ХIун башхалла ю тIеман заманахь: мила, муьлхачу къомах ву мостагI?


ЦIЕНА  БУСАЛБАНАШ

Юьрта тIеоьзна бIенаш танкаш, БТРаш, лаьттах боьлла эзарнаш салтий, тIехула хьийза вертолеташ, кеда чухула къамелаш до, листовкаш кхуьйсу. Тхан кара кхаьчначунна тIехь ду:
“ДоттагI генахь ма леха, ткъа мостагI юххехь. Тхо шуна зуламна даьхкина дац, Федеральни эскарш шу лардан Iалашо йолуш ду, бакъонца йоцу формированешкара герз схьа а доккхуш. Эпсарша, салташа а дозалла до шайна тIедиллинчу декхарх. Махкахой! Шаьш дол-долчохь гIо дие Федеральни эскаршна. ТIом ма бен тхоьца, мах бен. Росси юкъахь долу къаьмнаш шайна дехаш ду.
Дудаевн авантюристийн режимо сийдолчу КъорIанан весеташ харцахьа даьхна Нохчийчохь, адамийн бакъонаш хьаьшна. Федеральни эскарша бакъо дIахIоттор ю Нохчийчохь, машар, паргIато, демократически Iедал а. Экономика меттахIоттор ю, юьртабахам тIаьхьакхиор бу. БIешерашкахь схьадеана Мохьаммад-пайхамаран весеташ чIагIдийр ду, шайхаш, устазаш лоруш дIахIуьттур ду…”
Со-м хIокхеран цхьа а дин дац, бохуш Iаш вара. ХIорш-м цIена бусалбанаш хилла! Ала дезара оьрсашка:
- Вай лулахой, доттагIий а ду... ТIом ма бен шайца, мах бен, бохий аша? Дика ду. Схьадохка тхуна шайгара вертолеташ, кеманаш, танкаш, тIеман кхиболу гIирс а. Оха лардийр ду Россин къилбехьа долу дозанаш. Тхуна тIехула ваьлла бен, мостагI вогIур вац шуна тIе. Шу шайн цIа гIо. Баркалла шуна. И мах бен вай?


ОЬРСИЙН  IЕДАЛ

Цхьана ламарочуьнга хаьттина:
- Оьрсийн куй хIунда ца лелабо ахь, оьрсийн мачаш-м ма лелайо ахь?
- Мачаш когашна кIелахь ю, ткъа куй коьртахь, - аьлла ламарочо.
Эффенди Капиев.

Кхин башха коьрто къобал дина, даго декъал дина а  ца хилла оьрсийн Iедал, нохчийчунна гергахь а.


ЖУЬГТИЙ

1

Тахана хIилланций, хьекъалций девза дуьненчохь жуьгтийн халкъ.
Фейхтвангеран “Иудийн тIом” романехь жуьгтий – майра, турпалхойн, къонахийн, тIемалойн къам хилла хилар билгалделира суна. Юха Библи йоьшуш хиира, Муса пайхамар заманахь дуьйна, цул хьалха а жуьгташа анддий баланаш хьегна, Iазапаш лайна хилар.
Оцу къоман шира истори евзича, со кхийтира, таханлера хIиллий, хьекъаллий – и бIешерашкахь ницкъаца, туьраца шайн халкъан маршо лар а ца ян елла, кхоллабелла лардаран бос, иммунитет хилар.

2

“Иудийн тIом”, “Жуьгти Зюсс, “Испанийн баллада”. Оцу,  кхийолу а Фейхтвангеран романашкахь доллу жуьгтичун васт, дуьненан политикехь жуьгташа дIалоцу меттиг а шен яздаршкахь къеггина гайтина В.Розановс.
Жуьгти даима а стагана гIуллакх дар тIера, хьан гIуллакхе хьажа кийча хилар тIера а дIаволало, яздо В.Розановс. Амма чаккхенехь Iедал, олалла а цуьнга доьрзу. Хьалхарчу фазехь лаца а ца ло и, дIа а ца ваккхало. Ахь хIун дийр ду, хьуна гIуллакх дан гIерташ хилча? Амма шолгIа фазехь цхьа а ца лараво цуьнца. “Хино дерриг а хьулдина”. ТIаккха пачхьалкхаш юху, халкъаш хIаллакьхуьлу.
Тахана социализман системан, Союзан а кхоллам - изза.

3

Жуьгтийн амалехь ду: цкъа стаг шайх теша а вой, тIаккха, шайн аьтто баьлча, тешнабехк беш. Мел кхераме делахь а, гIуллакхна юкъа гIоьрта уьш, цунах шайна хила пайда белахь. Цара юьхьарлоцург гIуллакхехь волу стаг, я вехаш верг ву. Шайн ахча, хIилла, ямартло хьалха а йоккхий, стаге цIеххьана карьера йойту цара. Юха и стаг цхьана халкъан я пачхьалкхан коьрте охьа а хаавой, цунна гонаха гезгамашанаш дузий, адамийн бакъонаш, закон а лардан луучу нахах хада а вой, Iехалучу хIуманех Iеха а веш, Iедал дерриг шайн кара а оьций, буйнахь лимон санна, халкъ Iовдий-Iовдий, цунах долу мутт дерриг а схьадоккху, тIаккха йисина якъаелла чкъуьйриг дIакхуссу. И дерриг ахча, дуьненна тIехь жуьгтийн олалла чIагдарна болх беш ду. Цунна тоьшалла ду Фейхтвангеран кхолларалла. “Жуьгти Зюсс” – къеггина масал. Ельцин Борисан, Дудаев Джохаран, Грачев Павлан, дуккха кхиболчийн а карьера – изза.

ТIАМЕ ВАХАР

- ХIокху тIамах лаьцна хIумма а яздеш вуй хьо?
- Яздийр ду-кх...
- ХIун яздийр ду ахь?
- Со гIалахь волуш, аьх-хеча а юьйхина, шалго топ а эцна, хьо а вара тIаме веана, аьлла, яздийр ду-кх, - боху ас, и хьовзош.
- ДIавала, и ма язделахь. Эвлайистехь лаьтташ гIазакхи бу, - велало иза. Юха билгалдоккху:
- Шалго яцара и, цхьалго яра. Шалго тоьпа чу ши патарма бен ца хоьа, цу чу биъ боьду…
Цуьнан зудчуьнга дийцинера ас и.
- ХIетахь со дIаяхана, дуьненах а догдаьлла араваьлла вара иза, - элира цо.


ДУЬНЕНАН  ДАЬХНИ

Как вышел он нагим из утробы матери своей, таким и отходит, каким пришел, и ничего не возьмет от труда своего, что мог бы понесть в руке своей.
Екклезиаст, гл.5, ст.14.

1

Дуьненан даьхнех Iехавелла лелачунна, дагадаийта лаара суна, ахдуьненан паччахь хиллачу Александр Македонскийн масал. Ша велча, барми тIехь дIахьош, куьйгаш кхозуш дита, весет дина цо, ша цига дIахьош хIумма а йоций гайта нахана…

2

Квинт Курций Руф, Плутарх, Низами, Навои, Кузмин, кхечеран а жайнех пайда а оьцуш, Библица, КъорIанца нийса а догIуш, Зулкъарних лаьцна повесть язъян.

НАЖ

Дитташ даьхкина наж долчу арз дохьуш:
- Ва наж! Оцу дигаро ма гIад кхачийна тхан. Къинхетам боцуш хIаллакдеш ду-кх цо тхо.
Нажо аьлла:
- Диг ша бен дацахьара-м, кхераме а хир дацара. Доккха зие дан цуьнан ницкъ а тоьар бацара, и тIехьара тоьттуш, Iуьттуш а шун ваша вацахьара.
Эффенди Капиев.

Ма-дарра ала йиш а ца хилла, язйина хир ю-кх Капиевс а  лачдийцаран формехь.
Нохчий, суьйлий а IадъIаш белахьара, оьрсий кIам ца беш, меттах ца бохуш, ира-кара а ца хIиттош, царна тIаьхьа а ца хIуьттуш, хьалха а ца бовлуш, уьш-м хала а бацара.


НОХЧИЙН ДАКЪАЗАЛЛА

Муьлхха а кхечу къомах волчу стеган карах нохчи велча, чIир ца кхайкхайо вай. Иза ямартлонца вийнехь а. Ткъа ца хууш а, и нохчочун карах даьллехь, куьг бехкечуьнга хилла ца Iаш, цуьнан цIийнах болчу нахе а чIир хьейо. И дижа ца дуьту баьIа шо даьлча а, Iедало тоьхна хан яьккхина араваьлча а. И нохчийн дакъазалла ю. Вайн халкъана эшаме гIиллакх а ду.
Оьзда нах царна юкъахь машар бан хьовсу. Зуламе нах питана десто гIерта.
Тоьлларг - шен Делан дуьхьа юкъара шайтIа эккхор ду.


ИМПЕРИН ПОЛИТИКА

1

Сийдолчу Риман гражданаш реза бац Iедална.
Хьоладай баха а ховшуш, цара шайн тойнашкахь, ловзаршкахь елларг бен яа, мала а йоцуш Iаш бу уьш.
Дуьненна а тIе ког биллина Iаш ю Римски импери.
Амма уггар декъазчех а декъазнаш – гладиаторш бу.
Церан Даймохк хьаьшна, сийдайина хилар совнаха, цуьнан тоьлла кIентий эрна, пусар доцуш вовшийн карах леш бу.
ТIаккха, Спартак хьалха а волуш, шайна маршо яккха гIовтту уьш. ИллахI-биллахI а вала дезаш хилча, доттагIчух летта вужучул, мостагIчух летта вожар гIоли ю. Хьанна хаа толам хьенан хуьлу а!
– И хIун ю оцу лайша юьйцург! Стенна реза яц хIара тIелхигаш!– цецбуьйлу Риман гражданаш. Цара дицдо, шаьш Риман  гражданаш доллушехь, реза ца хилар шайн Iедална. Ткъа цхьа а бакъо йоцчу гладиаторийн хIун бехк бу? Шаьш холчахь хилар а магадо цара. Риман тур дуьненна тIехула текхаш хилчахьана.
Изза ойланаш хета суна нийсса оьрсийн амалехь а.
Цкъа а реза бац оьрсий шайн Iедална. Шиъ вовшах кхеттачохь Iедална лен а луьй уьш. Амма кхечу къомах волчо дош алахь – и ца лов цара, и дагах кхета. ТIаккха “оьрсий боцчарна” лен хIуьтту.
– Берриг бехк а церан бу! Оьрсаша дуьне довзийтина царна. Баркалла доцуш къаьмнаш ду уьш! Мел дерг а оьрсаша латтош ду царна, уьш кхобуш дацахьара вай дехаш хир дара.
Уггар а хазаниг! Уьш доггах теша шаьш дуьйцучух.
Историно гойту: цкъа а оьрсаша шаьш нуьцкъала Росси юкъадалийна къаьмнаш “Тхуна кIордийна шу кхаба! Шайна даха!” – аьлла дIахецна меттиг яц. И къаьмнаш гуттар а гIиртина оьрсийн олалла дохо, амма оьрсийн тIеман машино хьешна уьш.
Шаьш къелла, мискалла бала бахкахь а, Iедало кхин пусар ца деш шена луъург оьрсашна тIехь дахь а, амма кхечу къаьмнашна гергахь шаьш Российски империн гражданаш хиларх дозалла дан меттиг хилчахьана, тоьаш Iа уьш.

Бедняков, доведенных до скотства,
         научают и власть,
                и кабак
чувству собственного превосходства:
“Я босяк, ну а все же русак!”
                Е. Евтушенко.

Имперски политика цхьаъ ю, муьлхха къоман елахь а.

2

Эцалуш верг - оьцу.
Iехалуш верг - Iехаво.
Кхералуш верг - кхераво.
Эца, Iеха, кхера а луш воцург - воь.

3

Имперешна кхечеран чоьтах лаьа шайн ирс кхолла.
Тахана нохчашна тIамца “нийсо” йохьуш деана эскар, шайн цIахь болу гIурт нисбечу меттана. Цхьаммо а цхьа а нуьцкъаша ирсе вийр вац. Вина меттиг а яц.

4

БIенаш, эзарнаш нах, дукхаха берш карахь-марахь чура хIума схьаэца, тIе бедар йоха а ца кхуьуш, иттаннаш шерашкахь цIийцIа, хьацарца шаьш вовшахдиттина цIенош, хIусамаш, ков-керташ, даьхни, чохь мел дерг а дитина, арабаьхна тIамо. Iадйитина гIала, ярташ…
Оцу нахаца бала болуш я Iедал, я конституцин низам хIотто баьхкинарш а цхьа а вац. ХIора а шен кхолламан лаамна дIавелла ву. Iуьйрана дуьйна сарралц, суьйрана дуьйна сахиллалц ца хеда адамийн могIа. Шайн мел генара а гергарлонаш долчу дIагIерта, къизачу тIамана, къинхетам хIун ю ца хуучу Iожаллина а кIелахь ца Iа. Аьттонаш лоьхучохь дац. Цхьана чохь ткъа-ткъе итта а вуьжуш, дIатарбелла Iа, кханалерчу дийне ладоьгIуш.
Амма цу юьрта гонах а яккхий тоьпаш лелха юлу, тIехула кеманаш хоьхку. Юкъа-кара тIетуху. КхидIа яха а ца елла, хотталахь йисина говр-ворда, тIе шед етта йолийча, тIаьххьара ницкъ гулбой дIагIоьрта. Оцу говрах тера ду цIийнах-цIарах а доьхна лела халкъ. И ворда дIа ца озахь, чохь йисинчура хьала ца ялахь, юьйш ю и. Халла шаьш дIатарделла меттиг Iад а юьтий, кхидIа доьду адам. “Цкъа чакхдер хир ду-кх хIара къемата де!” – ойлайо цара.
Шайн аьтто берш, боцурш а республикера дIабоьлху. (Аьтто берш-м Турцехула, Эмираташкахула дIабахнера!)
Шовзткъе доьалгIачу шарахь бертаза цIера даьккхина халкъ, хIинца шен лаамехь арадоккхуш ду. ДегIаста, ГIалгIайчоь, Кхарачойн-Чергазийчоь, ГIебартойн-Балкхаройчоь, ГIалмакхойчоь, Казахстан, ГIиргIазойчоь, Украина, Молдави, Узбекистан… хIара дуьне мел ду даржош ду, Германе, Голланде, Америке а кхаччалц. Ша цIахь соцуш волчо а, йоIарий, зударий, бераш, баккхий нах, цомгаша, шайн догIмийн дола далуш боцурш а дIабуьгу, дIахьовсабо.   
Россехь гIоли хир ду моьттуш цига ваханарг, мацах Египтехь, Римехь, Германехь а хьийзийна жуьгтий санна, хьийзаво. Милици, толла жIаьлеш санна, церан лорах лела. Пхийтта-ткъа шо хьалха дуьйна прописка а йолуш, шайна юкъахь Iаш болчу нохчех а ца теша уьш. ХIоран а цIарах (хIун деш, хIун лелош ву, мича воьду, мичара вогIу, лулахой хIун аьлла бу цунах лаьцна?) лерринчу органийн цхьаъ-шиъ белхахо ву тIаьхьа ваьккхина. 
БIенаш, эзарнаш кегийрахой тIепаза байна, фильтрацин лагершкахь Iазап хьоьгуш бу.
Цхьацца юкъара  дIайовлуш лаьтта акхаройн тайпанаш дуьнено а ларъеш ю. ЦхьамогIа организацеш ю массо а пачхьалкхехь, акхаройн бакъонаш ларъеш. ТIехь да воцу цицигаш, жIаьлеш а дIадуьгий леррина кхобуш меттигаш а ю, даа-мала, шайга хьовса, ладогIа а нах болуш.
Хаац, Дала кхоьллина адамаш, оцу акхаройн меха а ца хета-кх Iедал буйнахь долчарна. Къинхетам боцуш, тIеман хьерахь охьу-кх цара эзарнаш адамаш...
Цицгашна, жIаьлешна, олхазаршна а ечу тергонан эха ах мукъа а нехан яхьара, дуьненан ялсамани кхоьллина хир яра вай.
Нохчий хIаллакбаран политика иштта дIагIур йолуш елахь, кестта цIечу книги тIе дохур ду вай.


ЭЛАДИТАНАШ

Болабелчахьана деккъа эладита хилла  схьабогIуш бу хIара тIом.
– Гранатометаш схьакхочур йолуш ю хIинца...
– Дукха “Камазаш” ю вайн хIинца схьакхача езаш, герзах йоьттина.
– “Букъ тIехь ло а долуш, дIагIур бу керстанаш”, баьхна эвлаяаша.
– Мархин бутт дIабалале боккха кхаъ кхочур бу, баьхна вайна...
– Дукха билгалонаш ю кху тIамехь. Эвлаяаша латтош ду вай, эвлаяийн орцано ницкъ ло вайна керстана дуьхьал латта...
– ГIала схьа а яьккхина IадъIийр болуш бу гIазакхий...
– Мескир-Эвлан аьчка некъана дехьа-сехьахула йоькъур ю боху Нохчийчоь. Цхьа ах – оьрсийн Iедал, важа ах – ДудаевгIеран. ТIаккха го чIагIбина: “ХIинца даха шайна, – эр ду, – серло йоцуш, газ йоцуш,  яа-мала йоцуш”. Иштта хир ду…
– Шайна дуьхьало ца йичахьана, Нохчийчухула чакх а бевлла дIагIур болуш бу уьш…
– Дуьненан пачхьалкхаша дIахьедина боху Россе, Iадбита и нохчий, аьлла, сацабе тIом. Шайна ма-луъу баха бита уьш...
– ТIедогIучу кIирнах ООНехь дийцаре дийр долуш ду вайн долчохь кхолладелла хьал...
– Вайн пахьалкх къобалъян кечлуш ю европин цхьамогIа пачхьалкхаш...
– Эвлаяаша баьхнарг харц хила йиш  яц. Эшна девлла, аьлла хеттачу хенахь, адамо дог диллина даьлча, цIеххьана толам хир бу, аьлла вайна...
 – ХIинца схьакхача езаш кемана тухуш йолу америкин ракеташ ю, масех эзар...
– Ян-м еанера уьш, батарейш охьахевшина хилла боху церан...
Кхин-кхин а мел ду уьш! Цу дерригенах а стаг теша, дикане сатийсарна. Теша, эладита мел лартIехь ца хиларх!
Цу юккъехула дуьйцу:
– ХIара гIазотан тIом бац. Эвлаяаша бийцина тIом бац хIара. И кхин зама ю. Цу хенахь лаг озийча йолуш хIума хир яц. И нийсонан тIом хир бу. Тахана керстана ницкъ боккха бу. Вайга эшалур вац и. Дала вайна таIзарна коча боьллина бала бу хIара. ГIазакхи, Дала шен жIаьлеш ду боху... ГIазотана, эвлаяаша бийцина тIом балале, кхоъ имам вер ву, боху. ТIаккха цара вовшашца къовсур ду. Юха нахана хуур ду, муьлхург ву царах бакъволу имам. Цул тIаьхьа бусалба стага лаьттара схьаэцна кхоьссина латта а оьккхуш хир ду. Керста стеган ницкъ кхачор бу. Уьш Идал хил дехьа кхуьйсур бу... Малх балехьара боккха бIо тIебогIур бу. Етт-тогIи чохь, Бай-тогIи чохь а инзаре тIом хир бу. Делккъалц муьлхург тоьлу ца хууш хир ду. Iуьйрана араваьлларг дакъаза вер ву, делкъал тIаьхьа ваьлларг декъала хир ву... Цу дийнахь, ша ведча валалур волуш велахь, бурка санна керчина а, аьчка некъал сехьа вала веза, боху... Иштта бийцина эвлаяаша гIазотан тIом. ХIара жоьлгийн тIом бу...
Ткъа хьанах теша веза гIийла, миска нохчи?


АДАМИЙН  ДЕГНАШ

ЧIогIа цецволу со нахе хьоьжуш, ладоьгIуш а.
ТIом балале, хийла суна къонах ву моьттина стаг, ледара карийна суна. ТIом балале юьртахь, махкахь а ву-вац а ца хиънарг, тап-аьлла лелларг къонах карийна. Со кхин а чIогIа цецволу, маьршачу хенахь цкъа а оцу стага пуьташ буттур бу, аьлла дага а догIур доцу стаг, гуш лаьтташехь, харцдерг дуьйцуш я эладитанаш даржош карийча.
ТIамо нехан дегнаш цIандийр ду моьттура суна. ТIе кхерам беъча, шайн сица, кхетамца, дегнашца, дог-ойланца а цIанлучу меттана, адам кхитIе а бехделла, кхитIе а сийдоцчу даьлла. ТIе кхерам беъча, хьалха вовшийн мел ца дезнехь а, берта доьдуш хуьлура адам. Вай декъаделла. Схьагарехь, массарна а бац хIара кхерам. Цхьаболчара дукха сатийсина де ду хIара.
Горькийн санна:
– Сайгахь дика мел долчунна, книгашна декхар ву со, – ала йиш ю сан а.
Амма цара беллачу кхетамо кху наха юкъахь ваха, Iен, кхарах терра хила а новкъарло йина суна гуттар а.
Соьгахь хьекъал дац. Дукха хьекъал ца оьшу-кх нохчашна юкъахь ваха хаа. Iовдала мел хили а, оьзда воцуш, гIиллакх доцуш, ямарт, хIилла долуш мел хили а лела атта ду.
Кхин хIун башхалла ю суна, нахана а юкъахь?
Дала сутаралла, саьхьаралла, догьIаьржалла, хьагI, гамо, бIаьрмискалла а ца елла суна. Дала оцу цамгарех ларвина со. Дала доккха похIма, безам, уьйр-марзо а елла суна. Нахана дика болх хилча, хазахета суна. Нахана вуо болх хилча, халахета. Тахана чIогIа кIеззиг бу наха юкъахь иштанаш. Шайн чура цхьаъ веллехь, массеран чура а вала лаьа, шайн цIено дохийнехь, массеран цIенош дохийча а шек ца бовлу, шайн юьрт йохийнехь, массо юьрт хIунда ца йохийна, йохор ю, Дала мукъалахь, бохурш а бу. Уьш кIеззиг а бац. Уьш нохчий а бу.
Кху тIамана бехкенаш муьлш бу? ХIунда баьлла хIара? Ца хилийта йиш ярий? Барт бан хIунда ца хьевсина? Цу хаттаршна жоьпаш лоьхуш цхьа а вац.
ТIамца тIевеана мостагI а волуш, нохчий вовшах леташ, вовшашца тIом беш, вовшашца къуьйсуш бу. Къечунна вехаш верг ца веза, вехаш волчунна – къениг. Ша гамо лаьцна стаг дехьа лагерехь велахь, иза нийса велахь а, важа сехьа лагере волу, цуьнга боцчу безамна. Шаьш хIун къуьйсу, шаьш мел Iехош, ледеш ду а ца хаа. Юьхьанца дуьйна а бацара хIорш нах вовшах латийта гIерташ? И яцара кхеран Iалашо? ХIораммо а, ша воцург, кхиверг массо а бехке во. Цхьа а ша нисвала ца хьожу.
ТIамца тIевеана мостагI а волуш, нохчий вовшах леташ бу. Ишттачу хьолехь аьлла хир ду-кх: “Говрах лата ца ваьхьнарг, нуьйрах летта”.
Кху дерригенан а ечу ойланаша буса паргIат наб кхета ца вуьту со. Со хIинццалц цкъа а ца хилла оццул гIайгIанехь...
Сан меттехь милла а кхин велахьара, хилларг, лелларг дицделла, дуьненах самукъа а долуш, шена сом мичара-муха доккхур дара-те? бохуш йоцург, кхин ойла а ца еш Iийр вара.
Ас хIунда йо Нохчийчоьнан гIайгIа?
Кхолладелла хьал хийца ницкъ а боцуш, цхьаннех тешам а боцуш, сингаттамо шад бина, къевлина латтадо сан дог...


ПРИТЧА

ГIо дийр дац шуна довдаро, шу Iожаллах я дайарх девддехь; тIаккха а кIеззиг бен пайда оьцур бац аша.
                КъорIан (33, 16).

1

Йоккхачу базархула вогIуш хуьлу цхьа совдегар. ЦIеххьана цхьаннах белш а кхетий, цуьнга хьаьжча, Iада а вой вуьсу иза. Важа а дукха цецволу. И кхуьнан Iожалла хуьлу. Цунах дукха кхералой, сихха кхечу гIала воьду совдегар. Iожалла цецъяларан бахьана – сарахь цу стеган кхечу (важа кхунах кхеравелла ведда ваханчу) гIалахь саэца дезаш хуьлу хIара.
Схьагарехь, С.Моэма дIаязйина и притча Сулийма-пайхамаран заманера схьайогуш ю. Вадарх яздинчух вер вац, боху маьIна ду цуьнан. Цунна тоьшаллина дуккха а масалш гинера суна. Университетехь тхан хьехархо а хилла, хIокху дуьнен тIехь кхин шел воккха пекъар хир вуй-те, аьлла хеташ, Iаламат дог-цIена, дагахь хIума доцуш, массаьрца а ийна стаг вара Мусаев Хьусайн. Юха тIаьхьо, иза пединституте филологин факультете заочникийн декан вахийтича, иза мел вевзинчарна хазахеттера, жимма а цуьнан аьтто хилла. Стохка, декабрехь, шен доьзал тIамана кIелхьара баьккхина, гIалара юьрта воьдуш, авари а йина кхелхира иза. ГIали юкъахь, герз, долларш а духкучохь тIекхаьчча, Халидов Мусас дийцира  соьга и. Суна чIогIа новкъа деара и. Iожалла - ямарт ю.

2

Ростовера цIавеана сан доттагI Iийса волчохь шахматех ловзуш дара тхо, эшнарг дIа а волуш. Саламбек чIогIа дика ловзура. Сайд-Эми хьежа а хьоьжуш Iара.
- Кхана дIаваха везаш ву со. Лоьрех чакхъяккха езаш Алпату ю. Охьайига езаш машен а ю. Накъост оьшура суна, вагIахьара хьо. Нийсса шина кIиранах цIавоьрзур вара вайшиъ, - элира Iийсас.
- Волахь, - элира Сайд-Эмис, - со а ву чохь йолчунна тIаьхьа Харькове ваха везаш (зуда берашца а да-нана долчу дIахьажийна ю цуьнан). Шуьшинца машенахь Ростов вогIур вара со а. Цигахь поезд тIе хиъчхьана волу.
- ХIара ву-кх хьуна тIаккха накъост. ХIара вигахь, - элира ас Iийсага.
- Иза Харькове, шен доьзал болчу воьдуш ву. Суна сайца дIаса а ван накъост веза. Цига веъанчура, ас лоьраш а хьовсуьйтур бу хьоьга. Хьо хIинца а дика могуш вац. Книжни туьканаш а ю хьуна, - велало иза.
- Книгаш-м, сайчех а бала хилла Iаш вара со.
Царна кхин дан хIума а ца хилла, гIалахь квартирехь ерш санна, хIорш а хIаллак хилахь, сайга лалур доцу дела, мамагIарна тIаьхьа ХIичIин-ЧIала яьхьнера ас сайн книгаш. Цу юьртара суьйлий, тIе а оьхуш, кортош лестош, цецбуьйлура: “ХIун до оццул дукха книгех?” - хета хир дара царна. Ткъа и сан дахар дара. Наха бахамаш вовшахбеттачохь, машенаш оьцучохь, книгаш гулйинера ас...
Книгаш хьахаяр, тIаьххьара аргумент ю Iийсан, сан цамгар евзаш.
- ХIунда ца воьду хьо? Со гIур вара, нана ша яцахьара. Жимма хьайн са декха а делла, цIа вогIур ву хьо, - олу Саламбека а.

3

Кхана чу оьрсий богIу аьлча, бисина тIемалой, чевнаш йинарш, могуш боцурш а арабевлира юьртара.
Сан накъостий а баьхкира суна тIе. Со цхьана а тобанца юьртара ара ца велира.
Кху дуьнен тIехь уггар а хьоме ши меттиг яра суна: ГIала - оьрсийн карахь ю, сан юьрт - тIом бан лууш яц. ТIаккха нехан юьрта а вахана хIунда беш бу тIом? Царна оьший и? Бакъо юй сан я цхьанне а, нехан ярташ йохаяйта? Наха: “Дала аьтто бойла шун. Дала сий дойла шун. Шу дацахьара оха хIун дийр дара?” - олуш хилча, валар хIумма а ца хета суна. Сий долуш Iожалла ю и. Кхин стенга сатуьйсур ду муьлхха а къонахчо? Амма наха: “Делан наьIалт хилахьара шуна. Шу бахьанехь ду хIара дерриг а. Шу IадъIахьара, цхьа а юьрт йохор яцара”, - олуш хилча, со ца хилало церан могIарехь.
Тешам буй кху Iедалах а?
Нохчийн-оьрсийн а юкъаметтигийн исторехь, рогIера имам а ваьлла, юха а вай атийтар юй-те кху тIеман ерриг Iалашо а? Дуьненах кхетта, кхиъна а догIу къам юхатоха?.. Суна ца хаа. Суна ца хаа. И ду доьхнарг…
Книгаш йоьшуш, деша хууш а ма велира со! Книгаш язъеш, яздан хууш а ма велира со! Наха олург дагах кхеташ а ма велира со!.. 
Наха, жолум, олу Iожалла ю-кх хала...

4

Шелара бахархой юьртах бовлучу хенахь, Шамсудинов Бувайсар веара со волчу. Цуьнан нана а кхелхинера, эвлайистехь кхуьйсуш йолчу яккхий тоьпийн гIовгIано, шен дегIаца йолу цамгар тIе язйина. Шаьш цкъачунна ДегIаста дIагIуш ду. Со дIавига веана ша, элира цо. Бувайсаран да, Шемал а вара машенахь.
Чохь берш гергарчаьрца дIа а хьовсийна, Сайд-Селам, со а бен цIахь цхьа а вацара. Со вуно паргIат вара. ЦIахь болчарна цхьаъ хилча соьга лалур дацара. Сайн дегI-м ас сагIа дина дикка хан яра. Къеначу нанна хIун дийр дара ас, тIеетта йолийча, я, Дала тIе ма доийтийла, цхьаъ лазийча? Я хьанна хаа, салтий хьера бевлла чу лелха, ца лелха? ТIеман юьхь, цуьнан ерриг а къизалла, акхалла а гинера суна. Ца гинарш хала бара кхето… Оппозицехь берш серла евллачу яххьашца, кIай кучамаш а юьйхина, кечбелла лела хан яра и.
Жимма хан яьлча, хьажахIотта цIа веъанчура, юха а веара Шемал.
- Бувайсайрс хьо воцуш ма вола аьлла соьга, - элира Шемала.
ХIора стага шен, шен доьзалан а бен ойла ца ечу хенахь, чIогIа къонахалла яра и. Амма со даго ца витира юьртах вала. Iовдала хIума дара и дан-м...

5

- ВогIий хьо? Шина кIирнах цIа догIур ду вай, - тIевирзина Iийса.
- Цхьаъ бен чоь юй хьан квартирехь? Вай муха Iийр ду цхьана чохь?
- Ши чоь йолу квартира хир ю аьлла, дийцина ду сан.
Са хилале новкъа девллачу тхуна, Ростов кхачале буьйса юлу. КIад а делла. Квартирах хIун хилла а хаац, буьйсана юккъехь нах гIиттабойла а яц, олий, Сайд-ЭмигIар хьалха жа тIехь Iийначу метте чу а доьрзий, нохчийн доьзалехь буьйса йоккху оха. Цуьнан йиша яханчийн марзой бу уьш.
Жижиг-галнаш дой, тIо-берам, шайн мел ерг хьалха юьллий тIеоьцу цара тхо. Боккхачу некъана юьстаха Iаш, наггахь бен кхин адам гуш а боцу, церан кхиина йогIу ши йоI, цхьацца бахьанца дехьа оьккхуш, сехьа оьккхуш лела. БIаьста божли чура арахецна уьстагIий санна. Маре гIуриг хиллачу догIмашкахь цIий ду и ловзуш.
Iуьйрре, ламаз хенахь машен хьала латайо оха. Делкъахан хуьллуш дIакхочу Ростов-гIала.

6

ДогIуш догIа ду. Шуьйра охьадогIучу Дон тIекхачале, тIай йистехь, ПАИ-н ха ду. ТIе плащ кхоьллина, кара оккхали а эцна, лаьтташ волчу инспекторо, нохчийн сери гича, совцадо тхо. Iийса цуьнга вист хуьллушехь, дехьо болчу бIогIаман тIера сурт цхьаннах тера хета суна. Юьхь тIе хьаькхна маIар йолу дела, цкъа ца вевзаш Iа со. ТIехь Iаьржа костюм, галстук, кIай коч а яра.
“Джохар-м хир ма вац и? - дагадеара суна. - ХIара хIун деш хир ву Ростовера бIогIамаш тIехь?”
Бухара йоза дика къаьсташ дацара.
Корехула аракхевди со - ву-кх!
Лоьхуш ву къаьсттина чIогIа кхераме зуламхо инарла Джохар Дудаев. Иза волу меттиг хуучуьнга дехар ду, доккхачу ахчанан совгIатна, и меттиг чоьхьарчу гIуллакхийн министерстве хаийтар.
Хьайн Делан дуьхьа хьажа, кхарна ца хета эхь! Иштта Россин кхечу гIаланашкахь а хир ду-кх дIадиттина и суьрташ. Цара Iехош болу нах! Моьттур дац иза джунглешкахь ву, царна мичахь ву ца хаа я, и лоьхуш, тIаьхьаваьлла стаг ву! “Веданахь ву шуна. Схьалаца, шаьш борша волчо!”, - аьлча, хIун да бохку хIорш? Мила ву иза лаца ваха ваьхьар волуш? Нахана маьхза спектаклаш ю-кх.
Чухиинчу Iийсага олу ас:
- ДIо-о бIогIам тIе хьажахь.
- Джохар вац иза?
- Ву.
- Хьа-хьа-хьа, - воьлу тхойшиъ. - “Лоьхуш ву” тов!
- Хьа-хьа-хьа. “Къаьсттина кхераме зуламхо” тов!
- Концерт ю-кх, концерт, - олу Iийсас а.

7

Иттех шо хир ду Iийса Ростовхь волу. Со хIинца шолгIа вогIуш ву и волчу. Дуьххьара эскарера цIа вогIуш дара. Iийса Воронеже а тIаьхьа веара суна хIетахь. Штабехь гIуллакхаш жимма галдевллера сан. ТIаьхьа кхаьчначу Iийсас, коньяк, хIума а елла, сихйира сан дембель. Ма йоккха башхалла ю оцу заманна, кху ханна а юкъахь. ХIетахь Ростовхь хилча а цIахь вара со, Воронежехь а цIахь вара, хIинца сайн цIахь а мостагI ву…
Квартира ца нисъелла Iийсана. Тхойшиъ хьажа вахча, жимма собар дан дезар ду олу. Цхьа чоь дукха готта ю. Алпату йолуш эвхьаза а дац суна.
- Хьуна квартира карошшехь, со Сайд-Эмица Харькове вахана, шина-кхаа дийнахь схьавогIу хьуна, - аьлла, барт хуьлу тхан. - ЦIахь болчаьрга а, поезд тIе а хаийна дIа-м хьажийра ас, бохучул, вахана вогIур со. Некъ тешаме а бац.
Ростовна гена валале, поезд тIера охьаваккха хьовзаво со. Сайд-Эмин кхузара хIинца а выписка йина яц. Иза хьие ца во. “БежIуьнера хIун йоккхур ю?” - аьлла, витна хьуна цара хьо, забарш а еш, дIакхочу тхойшиъ. Бухахь берш тхойшиъ гича, боьлхуш мара беттало суна. Кхеран нуц дехьо а ваьлла, гIийла тхоьга а хьоьжуш, эсала лаьтта.
ШолгIачу дийнахь, стелахаьштиг тоьхча санна, кхаъ кхочу:
- Басаевн отрядо схьалаьцна Буденновск…
Некъаш доьхку. Нах лоьцу, ваха-ван ца вуьту.
Иштта нисло сан Андреевкехь воссар.

8

Дог дахар. ХIоттар. Сатийсар…
Цхьана агIор сиха дIайоьду хан. Муха йоьду а ца хууш. Телевизор а доккха хIума хета. Буьйсана чиркх латийча а цецвуьйлу. Геннахь догIучу кеман шакаре цхьаммо ла ца дегIар а тамашийна ду. Цхьа вала а велла, юха денлуш санна ву со. Андреевкана гена йоццуш ю жима, хаза поселок, Донец. Пхеа лома тIехь йолу Пятигорск санна, амма цул а мелла цIена, исбаьхьа. Суьйрана, кегий нах ара а бевлла сакъоьруш, я карахь-марахь, хIинцца ког баккха Iеминчу берашца а наной арабевлла, маьрша хабарш дуьйцуш, скамейкаш тIехь Iаш, хIара дерриг а цхьа туьйра хета суна. Къаьсттина маьркIажа хенахь, фонараш латийча. Ленинград, Париж а хир яц кхин хаза.
Ванах, иштта дуьнен чохь ялсамане а йина, даха йиш йоллушехь, вовшийн карах дала доллуш ду-кх адам. Ма лартIехь хIума дац и! Амма кху дерригенан а ойла мел йо, адаман гIорасизалла хаа суна.
Цхьана стеган ницкъ бац тIом сацо. Дала хIоккхул хаза кхоьллинчу дуьнен чохь, адамаша шаьш-шайна йина харцо дукха ю, хьан гIора кIеззиг ду. АтталгIа хьан накъосташа а, шаьш Iедалехь болчу хенахь, аьтто ца би хьан. Тахана хьоьх накъост хир вацара царна? Таро бохург доккха хIума ду. Таро йолчу стаге хIуъа а дало. Ткъа хьо нахана тIе воьссина ву…
Грекийн мифологера, Лаьттах (шен ненах) къастийча, ницкъ хедаш хиллачу Антейх тера хета суна суо. Я яз а ца ло, я цхьа а тайпа болх ца бало, я цхьана а хIуманна со гуьнахь, хьуьнаре а ца хета. Нохчийчоьнах хаьдча, сайн дахаран цхьа а маьIна ца го суна. Сан хилларг, сан дерг, сан хиндерг а Нохчийчохь ду. Сан ирс, сан кхоллам а Нохчийчоьнца боьзна бу. Кхузахь, инзаре хазачу меттехь (сайна кхераме а доццушехь) вехаш Iачул, цIахь къелла лан а, Iожаллина, кхерамна а кIел Iе а реза караво суна суо.
И дерриг а цIахь дIабоьдуш тIом хилар ду. Маьрша хенахь-м, хазахета а Iе мегар дара кхузахь.

9

Со чIогIа хийцавелла. Дуьненна тIехь уггар чIогIа герз тIедеттачу хенахь а ца кхерра волу, хIинца стелахаьштиг тоьхча а, стигал къовкъийча а ладоьгIу ас. Маьрша хенахь сеца а лур воцу, хIинца приключенеш лехар а совнаха, эрна хета. Къонахалла къийса меттигаш цIахь ю-кх...
Кхузахь вала а велла, со ца везачарна дийца хIума даларна кхоьру со цIахь. ЦIахь-м оццул ойла а ца йора Iожаллин. Муьлххачу минотехь а со вожа тарлой хаара суна. Амма сайн валар декъал хирг хиларх тешаш, гIазотан новкъахь воьжначу стагана ялсамане лур ю ша, аьлла, Делан дош долу дела, Iожаллах ца кхоьрура со. Делан новкъахь дIавахар - кхалхар дац, Делан дикане вахар ду. И халкъана гергахь а сийлахь некъ бу. Ткъа и дерриг а хьоьгара дIадаьккхича? Хьоьх бандит, талорхо, террорист вича, хьан гIазот а гIазот дац, аьлла, кхайкхийча, Iедало а хьан пусар ца дича, нахана а ахь лелориг оьшуш ца хилча, тIаккха стенан дуьхьа хуьлу хьан валар? Ишттачу тIамехь велча а декъал хуьлий хьо?

10

Кхеттал хилчахьана наха олучух ларлуш схьаван гIиртина со. Гуттар а книгаш тIехь ваьллина, хала киртигаш тIеIиттаелча хиира суна, сайна я дуьне я адам а ца девзий. Суна девзарг поэташа хестийна дуьне, адам, Iалам а дара. Суна девзарг сан ойлано кхоьллина, вуьшта дан а доцу дуьне, адам а дара.
Доккха хIума ду-кх, Даймохк ларбан бакъо а ца йити-кх нохчашна оьрсийн Iедало. Ницкъ, пресса, телевидени, радио а шайгахь хиларе терра.
Мухха дийцахь а, Буденновске баханчу кIенташа, сабIаьрза дина ду и, кIелхьара бовларх, дуьненах а дог диллина.
Ша тоьлур йоцчура йоду борз. Шена кIело йича а, карара яла хьожу иза. Амма шена яла меттиг ца битча, мостагIчунна дуьхьал йоьрзу, иттазза сов баьллачу ницкъаца дера лета. Цо деза дIало шен са. Йист ца хуьлуш, бIо ца къажош ле иза, шен кийрара узам ца хозуьйтуш.
Бекхам боцуш хIумма а дац дуьнен чохь.


МОХ

- Дуьне махо дохор ду аьлла ду. Цундела кхоьру со мох баьлча.
Умаева Табарак.

Харьковера лоьраша кхунна тIехьажаво шайга дарба ца дало стаг. Наха дуьйцуш хезча тешар вацара, сайн бIаьргашна ца гича. ХIара юьйцуш хезна, шаьш а богIу.
Со чохь волуш, майрачо карахь чуялийна зуда (шен когаша тIе хIотталуш йоцу дикка хан ю бохура иза), итт-пхийтта минот ялале: “Петя”, - аьлла, гIийла мохь тоьхна сехьа елира.
Ма цецваьллера со!
Ма хаза а хеттера цуьнан цIийнадена, цуьнца веанчунна а.
Дукха баркаллаш а баьхна, ахча а кховдийна, самукъа даьлла дIабахара уьш. Табаракера гIоли хиллачех дукхаха берш, юха а богIу, совгIаташ дохьуш.
- Табарак, дуьххьара муха хааделира хьуна, хьайгахь дарба хилар? - хотту ас.
- ГIенах цхьа воккха стаг гира суна, кIай еха маж а йолуш. Цо элира соьга нахана дарбанаш леладе, аьлла. Самаяьлча, ас дицдира иза. Юха а гира суна и воккха стаг. “Ас хьоьга дарбанаш леладе ца аьлла?” - со човхийра цо. ТIаккха со кхера елира… Сан берашна дарба ца хуьлу хьуна соьгара…
- Могуш воцуш хьайна тIевалийначунна, хIун до ахь? - хотту ас.
- ДоIанаш деш, къулханаш доьшуш, куьг хьокху-кх… ГIоли Делехь ю.


МОХЬМАД

1

Суьйрана клубера чувеъча, Мохьмадан жимах волчу девешин кIанта боху:
- Ахь хIуъа дича а хIума ала, лата а стаг вац-кха кху юьртахь.
- Хьо саннарг тIевеъча хIума ца алийта, хIара сан мара гой хьуна, хIума еттаелла, саттийначу агIор дIабоьрзуш? Лата стаг карор вац, хьо хьанна тIевеана хууш.
82-чу шарахь дуьххьара кхуза даьхкинчу хенахь, бархIалгIа-иссалгIа классехь доьшуш волуш, дегIана жима вара ша, дуьйцу Мохьмада. Массо а шех лата, ша кхеро а гIертара. Дуккха а берашна юкъахь майра бовлуш болу уьш, буьйсана хелхаршкара я клубера вогIуш цхьацца ларвеш, летара ша. Царах хIора а эшавина, къарваллац.
Тахана Мохьмад, цуьнан кхузара хьеший а Андреевкехь, гонахарчу ярташкахь а, дош лелаш бу. Уьш бевзаш, царах цхьаъ волчу веанчу стаге, дов хьедан цхьа а ца хIутту. 

2

Мохьмад жима волчу хенахь, Дакка, Табарак а цкъа дов даьлла, къаста герга хилла. Табарака хаьттина Мохьмаде:
- Тхойшиъ къаьстича, хьо хьаьнца Iийр ву? - аьлла.
- Со шинне а юккъехь Iийр ву-кх, - аьлла Мохьмада.
Бахам бекъа беза, бохуш хезна волчу Мохьмада, Дакка херх эцна вогIуш гича:
- Дакка херх бохьуш, хIумнаш екъа вогIуш ву хьуна, - аьлла Мохьмада.

3

Юьртахь кхечахьа керт а эцна, цига дIакхалхале, декъа тIехь цхьацца куьг Iотта воьду Дакка. Мокъалла чохь вижина Iаш волу, со а юкъа-кара гIо дан воьду Даккина.
Цхьана дийнахь Мохьмад а мокъа висина, цхьаьний Iитталуш дохкуш ду тхо.
Мохьмад, хIара белхаш бан Iемина воцуш, резавоцуш дIаса хьийза, дIаваха бахьана ца карош.
Цо лелочух кхеташ, Даккас боху:
- Маржа яI! Со велча хIун лелор ду-те ахь?
- IадъIелахь, Дакка, - боху Мохьмада,- цIахь цIенош дан дезаш ду вай. Хьо вала йиш яц хьуна.

4

Юьртахь квартира а карийна, паргIатонна кхечу цIа чу дахана тхо: Сайд-Эми, Таиса, цуьнан ши йоI, со а.
Таисас Поэт олу соьх.
Цхьамма арахьара неI йоьллуш хезча, Таисас:
- Поэт, хьо вуй иза? - аьлла.
ЧувогIуш волчу Мохьмада:
- Вац, композитор ву, - аьлла.

5

Мохьмад, вайн пайхамар везаш (Делан салам-маршалла хийла цунна), яьржина цIе ю бусалба къаьмнашна юкъахь.
Цхьана сарахь Харьковехь Iаш волу Сесанара Аюб волчу вахана Мохьмад. Чохь ОМОНо йина кIело хилла. ТIевогIург чувуьтуш, чура ара цхьа а ца волуьйтуш. Мохьмадина а неI йиллина. Аюбан гIуллакхаш талла баьхкина болу, цуьнан хьеший а дIаязбеш:
- ЦIе хIун ю? - хаьттина кхуьнга а.
- Мохьмад, - аьлла хIокхо.
Чохь кхин а масийтта Мохьмад вара боху цо.
- Кхузахь Мохьмадийн клуб-м яц шун? - цецваьлла талламхо.


МОЗА

Моза кура бац.
Мозана дерриг дуьне а IатIар ду моьтту.
Мозий “з-з-з” бохуш, чухула хьийзаш дайча, арахьажаза хаа суна, Iаьнан юккъера бутт боций.
                Канташ.

Дукха хьалхахула хьийза йоI хазъяларна кхерам бу.
Дукха мера кIел хьийза моза бала карзах баьлла. Гурахь чуьркочул чIогIа къовзаво мозо. Ахь “тахь” аьлла тоьхна божийча, пен мел бу деккъа цIий хир ду хьуна.
ЧIогIа эхь ца хеташ хIумнаш ю мозий. Дала дуьненчу малончаш бийшина ца Iайта, кхоьллина моьттуш ву со уьш.
– ХьалагIатта! Балха гIо!
– ХьалагIатта! Арахь бIаьсте ю!
– ХьалагIатта! ТIе догIург Iа ду!
– ХьалагIатта! Наха санна ара а валий сом лаха! Iай яй муха кхехко воллу хьо? – тIелета уьш. Чу ракеташ тоха кечделла кеманаш санна, тIемаш даржийна тIехула хехкало. Iалашо схьалаьцча къиза къовзаво. Ка туху. Цхьанхьара эккхийча – кхечахьа, цигара эккхийча – вукхахьа. НеIарехула аракхоьссича, корехула чубогIу. Дуьххьара эхь ца хетачу стагах, журналистах а аьлла дац и, мозанах лаьцна аьлла ду. Шайн дахаран маьIна и ду моьтту царна. Нехан амал а дойуш, тIема баьлла лелар. Дерриг самукъа далар а цуьнца. Маьрша нахехь шайна тоха хIума йоций хууш, вайн стиглахула эвхьаза леларш санна, эхь дайна хьийза. Я дайарх кхачалур долуш а ма дац. АтталгIа моза а белур боцуш, лаьттахула лела зинтиг а хьашалур доцуш нах а ма бу вайна юкъахь. Уьш мича баха беза? Церан ду-кх къа. И дерриг лан а ловш Iан дезар. Мозий, лергаIахарш, цхьогалш, кхидолу сагалмат, экха а вайн кегийра вежарий бу, бохуш, Iамийна ма бара уьш.
Дахар – къиза ду. Дахарехь Дарвинан закон хиллера лелаш дерг. Йоккхачо жиманиг а кхоллуш, жимчо кхин а жиманиг…   
Мозий ловзуш гиний шуна?
Церан тIахъаьлла хьийзаре хьаьжча моьттур ду, хIара дуьне а церан дуьхьа кхоьллина ду. Цхьана а кепара сингаттам ца хаало-кх цаьрца. Минотехь ца Iало-кх и ша охьахиинчохь. (Минот тоьаш ма яра цуьнан са схьаэца!) ЧIогIа синтем боцуш хIумнаш ю. ХIоккху лелхаш, дехьа лелхаш. Цхьа пайда беш санна. Накхар мозий делахьара, вайн чу хьийзар а дацара. ХIусамден кертахь “къакъ” бохуш, лулахошна хIоаш деш йолу котамаш санна, вай къийза а деш, моз даккха нахана гIур дара. Юучохь, молучохь бен Iийр дац. Iайгал хьалха чорпи чу а лелхаш. Дукха дезаро долчух боккху гуттар а сиханиг. Цкъа а вовшашца бала а ца хуьлу-кх хьуна церан. Я вовшийн гIалатех хIумма а Iемаш дац. Цхьаъ дIалеттаче, массо а летар бу хьуна. Хьекъал данне а дац-кха, адамехьчул башха.
Гуьйре тIееъча гIуллакхаш тишло церан. Лелар, гIовгIа а гIелло. Iадда йовхоне кхийда. Ша чохь битарх а ца тешаш, хьан амал а дойур дац. Ша буй ма хаахьара кхарна, бохуш, цхьанхьа кIажа хебначохь Iийр бу. Дукха хан яцара-кх цо, дижина бер ца дуьтуш, хьо шена тIаьхьа идийтина. ХIетахь хьоьх, хьан берах а ца хетта къа, хIинца хьуна-м хета цунах. Могиканех тIаьххьарниг бу-кх хIара, бохуш Iа хьо. Иштта тIекхочу Iа. Цхьана Iуьйрана самаваьлча, кора кIелахь, керзан эткаш юьйхина вогIуш санна, мачаша “гIарчI-гIирчI” деш татанаш хезча, арахьажаза а хаа суна, деанарг ло дуйла. Чухула бIаьрг кхарстийча, цхьанхьа кIажа а хебна, гIийла Iаш моза гича: “Мозий санна, хIумнаш ю-кх адамаш а, - ойлайо ас, - шелъелча а вай ца мега, йохъелча а вай ца мега”. ХIокху дахарехь хьо санна цхьалха хета хьуна иза. ГIеххьачул уьйр а тасало хьан цуьнца. Ца хууш юххе беъча а, эккха а ца бо ахь и. Юкъа питанаш туьйсуш берш дIабевлча, хIора а шайн-шайн дозанехь Iийчахьана, къийса хIумма а ма дац шун. Вуно мерза ду-кх хIара дахар...
Са а гатделла, сайн доттагIчун книга йоьшуш, мозех лаьцна афоризмаш хазъелла, царах самукъа даьлла, пароди тайпа хIума язъян воьллера со. Чимтосургах, мозанах лаьцна а дийцар яздийр дара ша, боху, Чеховн алар а дара суна дагахь.
И яздешшехь, цIахь дIабоьдуш тIом хиларо, жимма кхин ойланаш а кхийсира кху юкъа. Мозийн хьийзар кеманах тардар, адамаш а уьш санна декъаза хилар а. Ойла йича, дан а ду-кх и иштта.
Чура мозий дайа гIоьртина, шен цIено дагийначу стагах тера бу вайнах.


ХОРБАЗ

– Зуда яло воллу со. ХIун аьлла хета хьуна? Муха хила еза зуда? – аьлла, шен доттагI волчу дагавала веана цхьа къонах.
– Цкъа хIума кхалла вай? ТIаккха паргIат вистхир ву вайшиъ, – аьлла хIусамдас.
Хьаша паргIатваьлча:
– Зуда, цхьа дико хорбаз яхьа тхойшинна, – аьлла цо.
Дукха ца Iаш, зуда марахь йоккха хорбаз йохьуш чуеана.
– ХIара дикачех яц. Кхечуьнга хьажахь, – аьлла цIийнадас. Яхана зуда, юха а хорбаз йохьуш схьаеана. Цуьнга а бIаьрг тоьхна: – Кху тIехь кIеззиг шад бу. ХIара а дика хир яц. Кхиниг ял, – аьлла, зуда юха хьажийна цо.
Юха а хорбаз йохьуш гучуяьлла зуда.
– КIайдарг къегина яц кхуьнан. Йоккха кIайдарг ерг ян, и дика хуьлу хьуна,– хьехар дина.
Йоккха кIайдарг а йолуш, хIусамдас ма бохху, хорбаз йохьуш чоьхьа яьлла зуда.
– ХIара дика ю хьуна. Схьаял, – аьлла реза хиллачу хIусамдас.
Кхин шен хьешо деана гIуллакх багах ца доккхуш, хорбаз, нехча а кхоллуш, IиндагIехь дикка садаьIна цу шимма. Эххар а хьешо ша деана гIуллакх карла даьккхина:
– Ас арабаьккхинчу некъах хIун эр дара ахь? – хаьттина цо.
Жимма ойла а йина:
– Вайшимма йиина хорбаз гирий хьуна? – аьлла хIусамдас.
– Гира, – аьлла хьешо.
– Маса хорбаз чу еара вайшинна хIокху зудчо, вайшиъ тIаьххьарчунна реза хиллац?
– Йиъ-пхиъ-м еара…
– И цхьаъ бен яцара хьуна тхан. ХIара дика яц, кхин йохьуш йола аьлча, ара а йолий, изза хорбаз кхечу агIор карча а йой, чуйогIуш яра хьуна иза. Хьекъал кIеззиг долуш я амалца сиха елахьара: “Ахь хIун боху соьга, хIай стаг? Вайгахь кхин хорбаз яц. Ма хьийзаехьа со”, – эр дара цо. Кхийтин хьо? ХIусамдена юьхькIам бу оьзда зуда. Бехаш бара алий, хьал долчу нехан йоI ма ялае, цуьнца цхьаьна церан кертахь гIиллакх-оьздангалла яцахь. Бале ер ю хьуна. Лело атта хир ю алий, къечу хIусамера зуда а ма ялае. Жимчохь дуьйна девнаш, питанаш юкъахь кхиъна, стагана дуьхьал йистхилар, бохург схьа ца лацар а цунна марзделла ду хьуна. ХIусам къе елахь, да маларх кхеташ велахь а, оцу зудчо шен майрачун юьхь ларйинехь, ишттачу хIусамера йоI яло мегар ду хьуна. Цкъа делахь, бахьана долуш-доцуш дIаяха гIертар яц иза. ЦIахь ден гIовгIане ла ца дегIа, таръяла гIертар ю. ШолгIа, шен нанас а хIусамден цIентIе теIор ю. Йоха ма йохалахь, бохуш. Хьайга ца йогIург яло гIерташ, тIаьхьа а ма ида. Дош дашера моссаза долу, ахь со сайн цIахь йитанехь, цхьа со саннарг карор ма вара суна, бохуш, тIехбеттамаш бийр бу хьуна. ТIаккха зуда йита езар ду хьан, я деган Iийжам хир бу хьуна. Хьо вала а волуш, ядаяй а ма ялае. Нуьцкъаша ирсе бина нах дукха бац хьуна кху дуьненахь. Гергарло дезаш леллехь а, чIир-мостагIалла каро а тарло хьуна. Зуда схьа а яьккхина Iадвитахь а, тIе эхь догIу хьуна, юкъа нах а боьлла, и хьоьгахь йитахь а: “Со-м, ас йига бохуш, тIаьхьара а ца яьлла, ялийна яцара ахь”, – Iуьттур ду хьуна. Кхечу юьртара зуда а ялор яцара ас, сайн йоI дIа а йохуьйтур яцара. ЦIа яхаза ца йолу зуда. Я и дIаса лело дезар ду хьан, я цунах гуттар а накъост ветта деза, я, и яхана яллац, ладоьгIуш Iийр ву хьо. Некъахь хIун тIе Iотталур ца хаа. Шен юьртара захалога кхочуш хIума дац хьуна. Некъаца йолу гIайгIа дIайолу хьан. И кIеззиг хIума дац. Бераш кхиа доьлча, шайн ненахой муьлш бу а хууш, гергарло чIагIло хьан. Шичой, маьхчой хуьлу хьан берийн ненан агIор а. Накъостий бу уьш. Кхечу юьртара зуда, жимчохьлера уьйрех хаьдда, са ма тессина шен нахана тIекхача йиш йоцуш, гуттар а гIийла хир ю. Цаьргара накъосталла а дукха хир дац цунна. ГIоли хIун ду? Хьо мила ву а хууш, хьуна мила ю а хууш, хьоьх ешаш, хьо цунах а вешаш… Чакх хьежа ца веза зудчунна. Тайпа-тукхум кего даьккхича, къаьсттина зударшка хетта волахь, я ненан агIор, я ден агIор, я кхечу уьйрашца, ала хIума доцуш цхьа а вац. Цуьнан юххерчу гергарчу нахе а хьажий дие захало. Олуш ма-хиллара, зуда ялаяхь, ца ялаяхь а дохкох вер ву хьо. Соьга хаьттича, ялоза висина дохкох волучул, яла а йина дохкох валар гIоли ю.


ДОГ  ОЬЦУРГ

Зудчо шен къа-бала къечу  стаге балхабар гIалат ду. Цунна гIо дан аьтто ца хиларо оцу стеган сий ша-шена гергахь лахдо. Цунах боккха сингаттам хуьлу цу стагана.
Нагахь зудчунна оьшург финансови накъосталла а доцуш, моральни агIо елахь, къечу стагал дика доттагI а вац.
Уггар гIоли зудчун дог эца хууш верг – поэт, яздархо ву.


КЕМАНАШ

Шелахь базара ракеташ тоьхначул тIаьхьа, сельсоветан белхахо Исрапилов Самради ву хIора дийнахь зударшка дехарш деш:
- Делан дуьхьа, эвлаюккъехь базар ма хIоттаяхьара аша.
Зударша баганаш лейо цуьнга. (Цхьана агIор билла бехк бац царна а. Базаро хене йоккхуш ю ерриг а Нохчийчоь.)
Эвлаюккъехь лаьтташ ду тхо.
Маккхалш санна, тIехула хьийзаш кеманаш ду… Стигал етIаш санна, тата долу цIеххьана. Сельсоветан, дуьххьал йолчу кхаа-деа шарахь болх бина а йоцчу “Универсаман” бIаьргаш, “гIар-р”-олий, аталой охьадоьлху. Мел долу адам дIасадоду. Базарара зударий, шайн хIумнаш схьалахьо кхуьуш-ца кхуьуш, стоьлаш тIекIел етташ, ворданаш текхош, белхаршца, маьхьаршца дIауьду.
Самрадис, сельсоветера ара а ваьлла, мохь бетта:
- Ва-а-а, бехирий шоьга “дIайохае базар”?! Бехирий шоьга?! ХIинца лаца шайна!


ЖАТIЕРА  ЦIАВЕАНАРГ

ЖатIехь масийтта шо даьккхина вара иза.
Къамел стеннах лаьцна хилча а, хьевззина уьстагIашна тIедерзадо цо. Цул хьоме тема цуьнан ян а яц.
Тхойшинне а евзаш йолчу йоIа месаш хедийначу хенахь:
– Прическин тидам бирий ахь цуьнан? – элира цо. – Дум болчу уьстагIан кIег санна, ворта а гуш...


ЛЕНИН САННА

1

Спиртах  волар. КIиранах васта а ца луш къаьркъа мийлинчул тIаьхьа: “ХIинца-м велча а, Ленин санна вахка а ца луш, лаьттар вара хьо”.

2

СагIа дехар. Даима, Ленин санна, куьг кховдийна ву-кх хьо…


ЛААМ

Дала ларвойла-кх бусалба стаг, диканна, вонна а нехан багавахарх.


РАМЗАН

Кизил-Юьртахь Хьавас шеца базара вигна Сайд-Хьусайнан кIант Рамзан. Дуккха а нах гича, ша митинге кхаьчча моьттуш, Хьаван карара а ваьлла, багара соска дIа а яьккхина:
– АллахIу акбар! Джовхар! Дудаев! – мохь бетта воьлла Рамзан.
Берриг нах, цец а бевлла, кху шинга хьоьжуш хилла.
– Ма е гIовгIа. ДIасацае хьайн бат, – аьлла Хьавас, охьа а таьIна. – ЦIахь ваций хьо-м.
Мичара! Рамзан юха а, кхуьнан карара а ваьлла, мохь бетта хIоьттина:
– АллахIу акбар! Джовхар! Дудаев! – бохуш.
 Цхьаберш белабелла, вукхара Рамзан хьаьстина.
Цхьана кIанта, тIе а веана, юххехь юхкуш йолу берийн автомат а эцна, Хьавас ца оьшу боххушехь, Рамзанна совгIат дина.


НЕКЪ

Вайн къоман дакъазаллин коьртачех цхьа бахьана – вайн зударийн, кхетам лахара хилар го суна.
Бераш, доьзал кхиоран жоьпалла наношкахь ду. Ткъа вайн нанойн, и шайн доьзал хене баккха гIерташ, кхечу гIуллакхана хан, аьтто хила а ца хуьлу.
Вайнехан мехкарийн шайнна лерина институт хила езаш яра. 19I7 шеран революци яккхале Россихь хиллачу “Оьздачу мехкарийн институт” санна. Цигахь царна бусалба дин, нохчийн гIиллакхаш, нахаца, марзошца, берашца а муха хила еза, юург ян, хIумнаш тега, медицинан курсаш а хьоьхуш.
Вайнехан кегийрхойн баха таро кхолла езаш яра.
Стага баттахь болх бича, алапо доьзал хене баккха безаш бу, кхин тIекIел дилла а дуьсуш, зуда базара хийшо а ца дезаш. Ишттачу дайх-нанойх схьабевлла доьзалш оьзда, хьанала, цIена, Дела дагчохь волуш хир бара.
Кхин некъ ца го суна вайнехан дегнаш цIандан, юкъара хьагI, гамо дIаяккха а.
Нохчийн мел вуьйриг а ахчано вийна.
Iилмано гойтур дацара-те вайнахана, ахча доцург а дуьненчохь хазна хилар?


АВТОР

Канташ ца алало-кх соьга Лемех.
Дуьххьара стаг вевзачу хенахь марзъелла цIе юьсу, кхечо кхин йоккхуш хилча а тамашийна а хеташ.
Лемас вовзийтира суна дуьххьара башха оьрсийн философ Розанов Василий (1856-1919). “Охьаэгна гIаш”, “Вайн заманан апокалипсис”, “Башханиг” белхаш  тIехь болуш книга елира цо суна,  тIехь куьйга язйина шен, Декартан, Бэконан, Гейнен, Эмерсонан а ойланаш йолуш.
Стохка, Лоьмас кIел сизаш хьекхна меттигаш бен еша ца кхуьуш, Супъянин квартирехь охьайиллинчохь йисира сан и книга.
…ГIалара аравалале йишин кIант Хьамзат а эцна вахара со цига. НеI каггийна яра, чохь мел йолу тIелхиг ша-ша йоккхуш дIасакхоьссина карийра тхойшинна. Ахча я деши, цхьаъ лоьхуш лелла хир бу-кх къуй. Йолчохь-м леххера цара, бакъдерг аьлча! Чохь йолчу ткъех книгех (ерриш а яхьалур яцара), Розанов, Андерсенан туьйранийн гулам а схьаэцна, Супъянин, цуьнан лулахойн а квартирийн неIаршна хьостамий а тоьхна, уьдуш-уьдуш (массо агIор кхуьссуш долу герз бахьанехь, ведда бен ца лелало хIинца ГIалин урамашкахь) накъосташна тIевахара тхойшиъ. Башха а йоцуш, меттиг къеста а ца еш, чуетташ яккхий тоьпаш яра. Муьлхха секундехь а, мичара догIу ца хууш, кема а кхочура.
Цул тIахьа-м чохь мел йолу хIума а яьхьна витина Супъян. Квартира а чухулара пенаш, санузел, дерриг а корешкахула чуеттаеллачара эрина, ондда чалх хилла лаьтта. ТIехулара этажаш ягийна. Гонахара цIенош аьтта...
Дукха хан йоццуш схьаоьцу ас Розановн книга. Схьайоьллу. “Сайд-Хьасанна, диканиг лаарца, лерамца. Автор. 1994 шо”.
Цкъа цецволу со, юха велало.
ТIаьхьий-хьалхий, йоццачу ханчохь, кхоъ книга ара а яьлла, уьш дIасайоькъуш лелла волу, “автор” боху дош марзделла куц ду сан доттагIчунна. Ша луш ерг Розановн книга хиларан ойла а ца йина цо.


ИМАМ ШЕМАЛ

1

Ткъе пхеа шарахь ша дуьйцучух тешаш, бIаьра-негIар ца тухуш, оццул адам хIаллак хилча, бакъо ярий имам Шемалан къанвеллачу хенахь паччахьан эскаршна караваха? Цо ша ма хьеххера нохчийн, суьйлийн а тIемалошна: “Бусалба стаг керстанах кхеравала йиш яц. ТIамехь велла бусалба ялсамане воьдуш ву. Каравахнарг я мостагIчунна букъ берзийнарг, дуьненчохь эхартахь а дакъаза ваьлла.  Стигланийн кораш диллина, хIуьрлаьIа мехкарий бу вайга хьоьжуш, вайх майраниг шена-шена хоьржуш Iаш, вовшашца къуьйсуш. ТIеман арахь воьжнарг тахханехь цаьрца хир ву”.
Балдаш тIехь къажар долуш, Далла дуьхьал вахана хийла къонах. Ткъа имам Шемал - паччахьан кара. Юха цо шен доьзалца Макка дIа а вахийтина. Цуьнан кIентий туркойн инарлаш хилла. Хьанна хаа, шайн да санна, уьш а оьрсийн (я жуьгтийн) агенташ хиллий а?
- Iеха а деш, адам хIаллак дайтина цо. Иза къонах хиллехь, шайн суьйлаша дIатесна а хир вацара. Цул тIаьхьа нохчаша тIе а лаьцна, вина цунах имам. Вала киртиг тIехIоьттича, иза ша велла ца хиларо кхачадо дерриг а.
Кхечарна гергахь Шемал имам, Iеламстаг хилла ца Iаш, къонах а ву. Церан а шайн аргументаш ю. Шемал говза вовшахтохархо, тIеман стратег а хилла. И воцчуьнга ткъе пхеа шарахь дIакхехьалур дацара и дукъ. Цуьнан Iалашо Къилбаседа Кавказехь, ерриг а ДегIастанахь бусалба пачхьалкх кхоллар, барт боцчу ламанхойн бартбар а хилла. 

2

Имам Шемале хаьттина:
- Герз гIоли муьлхург хета хьуна?
- Карахь дерг, - аьлла цо.

3

- Уггар майра муьлха къам ду? - хаьттина имам Шемале.
- Нохчий, - аьлла Шемала.
- Уггар тешаме къам?
- Нохчий.
- Мотт беттарш уггар а дукха муьлха къомах бу?
- Нохчех.

4

Жижиг-галнашца даар ма хьехаде, имам Шемалца къонах а ма хьехаве.
                Нохчийн кица.

5

Бакъдуй-те Имам Шемала, ша йийсаре виначул тIаьхьа, Россин йистйоцу аренаш, яккхий гIаланаш а гиначул тIаьхьа:
- Росси оццул йоккха юй хиънехь, тIом бийр а бацара ас, - аьлла бохург?
И акха ламаро гайта гIортар санна хIума дац и? Шемал Iилма долуш стаг хилла.
Iелам стаг аьлча вайнахана моьтту - и деккъа ламаз, марха ду. Iилма, и шариIат хилла ца Iаш, истори, филологи, культура, географи, математика, философи а ю.
Ткъе пхеа шарахь шеца тIом биначу пачхьалкхах дерг ца хууш хилла хир вац Шемал. Цуьнан эскарехь сехьа бевлла салтий, эпсарш а хилар тидаме эцча-м муххале а.

6

Имам Шемална, масийтта дийнахь юург ца луш а латтийна, Iаж белла, цо хIун до хьажа. Шемала, чохь маса стаг ву а хьаьжна, оццул дакъош дина Iежах. Шена а цхьа дакъа диъна.

7

Россица тIом ма бен аьлла, шен тIаьхьене весет а ду боху Шемалан. Оцу хьокъехь историкаша дуьйцург доцуш, Шемалан кехаташ (мемуараш йитинай-те цо?) дешча дика хир дара.

8

Шемал лоручара кхоьллина дуккха а легендаш ю цуьнан цIеран гонаха. Паччахьан пурбанца, ша Макка дIаваханчул тIаьхьа, Хьаьжа ЦIийна хьалха Деле доьхуш доIа дина боху цо:
- Со нийса хиллехь, цхьа билгало ло Ахь суна, - аьлла.
Хьаьжа ЦIа дегийна боху.
               
9

Дуьненан тIемаш, пачхьалкхаш, халкъаш, церан кхиарна капитализман тIеIаткъам а теллинчу К.Маркса, Ф.Энгельса а, Кавказехь бечу тIамана Росси бехке ешшехь, вукху агIор кавказан къаьмнийн дахарехь Россин мисси цивилизацийн, серлонан а лоруш хилла.
И доккха гIалат ду. Шен халкъ, шен куьйга кIелахь долу кхидолу къаьмнаш а лоллехь латтош йолчу паччахьан Россино, хIун маршо, хIун серло, хIун цивилизаци йохьур яра маьршачу Кавказана?

10

Шемалх лаьцна Мохьаммад ТIахIирн, А.Руновскийн,  П.Павленкон, Л.Толстойн, И.Кровяковн, М.Ибрагимован,  А.Айдамировн, И.Эльсановн, дуккха кхиболчийн а книгаш ешначул тIаьхьа, халкъан дийцарех, иллех пайда а оьцуш, цунах лаьцна повесть я роман язъян.


ДОН КИХОТАН  ВЕСЕТ

Цхьа хIума ду сан галдаьлла. Сайна а хууш. Книгаш езар, ешар а. Уьш бахьанехь дан дезачух, лело дезачух а хаьдда со. Могашалла хIаллакьяр, хан яйар бен хуьлуш цхьа а пайда боцуш, наха хIун леладо а ца хууш.
Ас бохург схьалоцур долуш мел волчунна, дала хьехар ду-кх сан: шайн йоI  книгаш йоьшучу стаге ма яхийта, аьлла. Цкъа а нахах тарвелла охьахуур вац иза.


МАРШОНАН  ЧАМ

Мацъелла борз хилла ижу лоьхуш. Юьрта йистехь хезна цунна - воьлхуш жима кIант а, йоккхачу стага бохург а:
- Хьо воьлхучура ца сацахь, ас барзана дIалур ву хьо.
Борз кхидIа а ца гIерташ, шена кIант схьаваллац аьлла, сецна. Буьйса йоьлла. Йоккхачу стага, юха а кIант тевеш, аьлла:
- Ма делха хьо, сан кIорни. Лур вац хьуна ас хьо барзана. Схьаяийта ахь и борз, вай юьйр ю хьуна и.
“Схьагарехь, дуьйцург цхьаъ долуш, дийриг кхин долуш бу хIорш”, - аьлла, ойла а йина, дIаяхна борз.
Л. Толстойн берашна леринчу дешаран жайни тIера ду и лачдийцар.
Оцу йоккхачу стеган, барзан а васташа, сан ойланехь кхоьллира вайзаманан сибаташ: Россин президентан Б.Ельцинан, нохчийн халкъан а.
- Шайга кхаллалуччул суверенитет дIаэцийша! - дIакхайкхийра Iедале вогIучу Борис Ельцина, Федерацин юкъайогIучу Республикашка.
Шена, баккъал маршо схьаелла яьлла, моьттира нохчийн халкъана. Доггаха тийшира и Россин президента аьллачух. Амма, йоккхачу стага бер санна, вай Iехо юкъакхийсинчу дешнийн марзонах Iехаделла, нохчийн къам хIаллакдан деара оьрсийн эскар. Барзана дицделлера, кху юьртара нах дуьйцуш цхьаъ долуш, кхин лелош хилар. Берзан батт цIийша юьзира. Амма маршонан чам кхетта баьллера…


КЪУЬЙСУЧАРАХ

Телевизорна хьалха турпалхой дуккха а бу.


АВАНТЮРА

А.Т.Карасаев, А.Г.Мациев.
Оьрсийн-нохчийн дошам.
Москва, 1978. 40 эзар дош. 18 агIо.
А в а н т ю р а – тароне ца хьожуш долийна кхераме хIума, гIуллакх.
А в а н т ю р и с т – авантюра лелорг.
Кхин муха эр ду кху тIамах лаьцна?


МУЬЛШ  ДУ  ВАЙ

Советан Iедало нохчийн цхьана юьрта дуьххьара ток тесначу хенахь:
– ХIинца-м Мазин ерриг къайла яхана мода а гучуяьлла хир яра, – аьлла цхьамма.
Цунна дайна, хIокху тIамо гучу-м дехи вай.


МАХ  БЕН  ЗУДА

1

– Мах бечу цIентера зуда ма ялаелахь хьайн кIантана. Чохь а сецна, цIийнадена зуда ца хуьлу цунах. Гуттар а ойла акха лаьтташ, – олуш хилла цхьана хьекъал долчу стага шен хIусамнене.
Тахана, бакъдерг аьлча, Нохчийчура 90% адам махбеш ду. Кхин дан амал доцуш. Амма махбар а ду бес-бесара. Божарий сом даккха агIонах хадийна дела, шайн доьзалш кхаба гIерташ бохку дукхаха берш. Цхьаболчарна шаьш сатуьйсург кхочушдан бахьана даьлла цунах. ТIаьххьарчех ерг халаташ, кучамаш оьций меха йоьду Россин яккхийчу шахьаршка. Цуьнца бахана зударий шозза-кхузза дIаса богIу. Иза тIаьхьа хабарш кхехьийтича а ца йогIу. Бутт, шиъ, кхоъ болу. Майра Iехо коч, хеча, тIелхиг йохьуш, нахана гIеххьа декхар йоьдий цIайогIу. И цIаяллац веза вуьйш Iийна майра, кIеза санна дIатуьй и гуча яьлча. Цо латийна декхар а ша къахьегначух дIало. “Кхин йохуьйтур яц”, – олий. ТIаьхьа йижарий а богIий (жерой), юьгу. Юха а бутт, шиъ болу. Изза сурт... Нагахь пайда хилахь а, и шайн ден цIа дерзадо. Марнана лоруш яц.
Юьртара, махкара арабевллачул тIаьхьа динарг, къайла доьдуш ду моьтту вайнахана. Гучудалаза хIумма а ца дуьсу.

2

Мах бечу зударийн ши бохча хуьлу.
Цхьаъ – чу йоьхна хIума а кхоьссина, майрачунна гойтуш. Важа – къайлаха лелош.

3

Базаршкахь дукха хIилланаш Iема, атта пуьташ ботта а марзло зударшна.
Шен марзой лебеш, цIийнадена ямарт йолчу зудчунна, цкъа а има-беркат хир дац ша лелочух.

4

Зударийн амалехь ду:
- Сом дIадоккхий ахь?
- Ши сом дIадоккхий ахь?
- Айхьа схьалур йолу мах алахь?
- ТIаьххьара а мелах ло ахьа? - бохуш мах къийсар.
Хьо хIума эца тIевахча, дукха хьолахь, шайн болчул а сов мах олу базарахь. Стага, зударша санна мах а ца къуьйсуш, оьций хууш. ХIокхунах, оцунах схьалохьа аьлча, шаьш дIадаккха леринарг тIе а тухий, мах буьйцуш меттиг а йогIу. Шен философи ю цуьнан а. Шаьш дIалур йолу мах аьлча, йораха хетар ю, я, оьцуш хилахь а, цу тIера а дIадаккха эр ду, бохучу маьIнехь. Доьххург дIа а делла, и дIавахча, ма дика Iехийра ас и, ма гIуллакх хили кхунах, ойлайо хир ю-кх цара. Ца хаа царна, стаг Iехийна яьккхинарг са йоций, цунах има-беркат, гIуллакх хир доций а. Цу тIе къемата дийнахь жоп дала а дезахь?


СА  ЛОЬХУРШ

Завгаев волуш Iедалехь хилларш, Дудаев веъча а бара.
Дудаев волуш хилларш, Завгаев юхавеъча а бу.
ХIинца а йист ялаза бу хIара тIом. ГIала дIа а оьхуш, хIинцале белхашка дIахIуьттуш бу нах, кхано шайна ца кхачарна кхоьруш. Цу хьокъехь анекдот а ду:
– Дудаев, Яндарбиев а охьавеъчхьана, тохарлерра Iедал ду-кх ГIалахь, – бохуш.
ХIинца а йист ялаза бу хIара тIом.  ХIора денахь леш адамаш ду. Нах, кхин эхь ца хеташ, тоьл-тоьллачаьргахьа къамелаш деш, цкъа дехьа лелха, юха сехьа лелха. ГIазакхи эскарш жимма герга даьхкича, нохчашна луьй: “Вайниш IадъIахьара, цара-м хIумма а ца бохура. Шаьш ца ечу хIуманна, и чIишалгаш кара а эцна, хIара нах бойуьйтуш лелаш бу-кх уьш. Цхьа юьрт йохайойтуш, важа юьрт йохайойтуш. Юьрт дийна йолчу хенахь ца бовлуш болу ара, йохийначул тIаьхьа хIунда бовлу? ДIа тIом бе! Ма гIо дIа! ХIахIа, кхин юьрт йохаяйта еза! Чуйита-м муххале а ца езара и хIумнаш! Тоьар дера ду цара мел дайтинарг! ТIемалой!.. ТIемалой хуьлу иштта? ГIазакхи боц-боцчухула машенаш хоьхкуш,  нах идош, шайн ка даьл-даьлларг деш лелаш цхьа боьха хIумнаш ю-кх!..”
ГIазакхи жимма гена бевлича: “И боьха хьакхарчий, – олу. –  Дала хIаллак бойла уьш балийнарш, уьш безарш а! Доккха хIума дера ду цара нахе далийнарг! Дала хьукум дийр ду, Дала мукъалахь. Эвлайисте вала йиш яц, дечке ваха таро яц, юьртара юьрта боьду некъаш а дIалецна... Нах бу хьийзош берш. Вовшашка цара хIумма а ца олу. “Боевикаш” бу бохурш сеца а ца бо. Шай бертахь адам хIаллакдеш бу-кх. Мел паргIат Iаш дара вай хIинццалц. Мел бертахь дара Дудаев валлац. Нохчийчоь уггар паргIат, машаре республика яра-кх хIокху пачхьалкхехь а. Шовзткъе итт шо моссаза долу, хIара болх вайна тIехь беш ву-кх хIара керста.  Дала мукъалахь, вайн кIентий къар-м ца ло цаьрга...”
Юха эвлайисте цхьа-ши снаряд тоьхча, юха а кхечу агIор хьовзадо хабар.
Со реза воцуш дукха хIумнаш ду кху юкъахь. Хьуо цхьаъ охьа а хиъна, паргIат ахь ойла йича, хIара дерриг а оьрсашца бертахь лелош ду, аьлла хета. (Оьрсашца бертахь аьлча нийса хир дац и. Оьрсийн куьйгаллехь мел верг сионист я царна муьтIахь стаг ву. Нохчашна чул башха, оьрсийн къомана а оьшуш бац хIара тIом.)
Кху шеран бIаьстенан юьххьехь тIом фактически чакхбаьлла бара, герз кара эца лууш стаг вацара, тIом бан лууш Iаламат кIеззиг бара я бан а бацара, берш а Iедалах тешам байна, кху гIуллакхах дог диллина Iара.
ХIинца шолгIа го дIаболабелла тIеман.
Украинера цIавеъча, цецваьлла виснера со: “Мичара евлла хIара цIена машенаш, хIара герзаш, хIара духарш, цаьргара ахчанаш?”
ТIеман юьххьехь, тхо гIалахь долуш хилла сурт, хIинца гуш дерг а Iаламат чIогIа тайп-тайпана хIума ду.
ХIинца, массеран а бохург санна, кисанахь рацеш ю, хIорангахь а долларш ду, хIора тобана юкъахь цхьацца-шишша Iаьржа стаг ву. Iаьрбий белахь, неграш белахь а. Белш тIехула охьахецна еха месаш хуьлу церан, цхьаболчеран кIажарш а йина. Узбекийн зудаберийн санна. Цкъа а урс, тукар а хьакхаделлий-те аьлла, яккхий мажош а.
Кху дерригенан хьокъехь наха Фаттахьан, Хатабан а цIерш йоху. Цхьаъ воккха, важа жима ши стаг. Фаттахь Iаьрбийн махкара нохчех ву боху. Уьш бахьанехь, церан гIоьнца ду хIара, ДудаевгIарна, МасхадовгIарна тIаьхьара цкъа дIабевлларш юха тIаьхьа хIиттар, кхин керла кегий нах юкъабахкар а. Цаьргахь шортта ахча а ду.
Мичара ду и дерриг а?
Афганистанера, Таджикистанера а схьабаьхкина бу уьш.
Мила ву, муьлха пачхьалкхаш ю царна тIехьа лаьтташ? Америка? Англи? Германи? Израиль я Саудийн Арави, Пакистан?
Цхьамма ларвеш  ца хилча, цхьана лерринчу службаша лелош ца хилча, пхийтта шарахь тIама тIехула лелалур  вуй стаг, цхьана пачхьалкхера вукху пачхьалкхе воьдуш?
Тахана Нохчийчохь а, массо маьIIехь, массо а бохург санна нохчийн ярташкахь а, оьрсийн эскарш доллушехь, нохчийн тIемалойн эмирашна дIасалела некъаш дуьту. Ткъа гIийла, миска нах (я доьзал кхаба, я доьзалхо лаха арабевлла болу), хьийзабо, сецабо, кехаташ толлу, зуьй... Кеманаша  а ракеташ, тIемалой боц-боцчу, маьршачу нахана тIеета. Некъара дIабуьгуш берш а, цкъа а цхьана а хIуманна юкъахь хилла а боцу, дуьненчу бовлар, нохчий хилар бен, кхин бехк-гуьнахь а доцурш бу. Уьш тIепаза бов, хилларг хIун ду ца хууш, цхьа а лар йоцуш. Нехан цхьана а кепара бехк бац, кху кIур юкъахь уьш хуьлуш лаьттачух ца кхетарх а, шаьш, шайн доьзалш а ларбан лаарх а. Дудаевс шайна бина дика болх боций хаа царна, Завгаев дика болх бохьуш ца вогIий а.
Цкъацкъа, ойла йича, Завгаевн Iедал хьалххехь дуьйна кIелхIоттийна Iедал хета. Хета, оьрсий (я оьрсийн махкахь Iедал карахь дерш) Завгаевцачул а Дудаевца, Масхадовца а бертахь бу, аьлла.
Мила ву тахана оьрсийн куьйгаллехь? Хьенан карахь ю пачхьалкх? И Iовдал, и тентак, и маньяк. Цу цомгашчу стагана  гонаха машанаш тийсина, цIуддарш санна, пачхьалкхах, халкъах бекхаш сионисташ. И дерриг а гуш, хууш, дан хIума а доцуш Iа оьрсийн халкъ, цIена оьрсийн патриоташ а.
Тахана нохчийн карахь дуй хIумма а?
Дац.
Тахана, хьо шаьш лелочун юкъа гIортахь, я хьо вуьйр ву цара, я турпалхочун Iожаллица волуьйтур ву. Москвахь боллу гезгамашанаш бу кхузахь тийсина а. Цхьана нахана андий санаш хуьлу кху тIама тIехь. Цундела царна ца лаьа хIара чакхбала.
Цул сов, муьлш бу тахана Iаьрбийн пачхьалкхашкахь нохчийн халкъан цIарах ахчанаш лехьош берш? Шайн халкъ доьхкинарш, шайн халкъан мостагIий, провокаторш, бес-бесара доллучуьнца а ницкъ кхочу агенташ, са лоьхурш... Цунах схьакхочуш долу ахча дууш Iаш Дудаевн  го бу. Оьрсашкара схьадогIу (юха а халкъана хьажийна долу) ахча дууш, хьалха Хаджиевн, Автурхановн а го бара, хIинца Завгаевн го бу. Кху гIуллакх тIехь тIетаьIIина ахча деш Москвара лаккхара чиновникаш а бу. Йоьхна, Iана яхана, яьржина, дакъаза яьлла лаьтташ Нохчийчоь а ю…
Мила ву хьоьца бала болуш, сан Даймохк? Мила ву хьан ойла еш, хьан гIайгIа еш?
Хьо бахьанехь къуьйсучу шина а тобана беза-кх хьо, Даймохк, амма беза... шаьш куьйгаллехь а долуш. И куьйгалла, Iедал, шайн карара мукъ а, наха ма-аллара, и марш дIа ца хеца, хIара ерриг Нохчийчоь тIекIел тоха, иттазза сийна цIарах яго а кийча бу уьш.
Тахана шина-кхаа декъе декъаделла къам. Цхьа дакъа – Дудаев волчу хенахьлера харцо, жоьлгалла, Iедалан ямартло, зуламан марсадалар, адамийн бакъонаш хьашар, дерриг а сийсаздаккхар... и ловчул, оьрсийн Iедал кIел Iар гIоли ю, аьлла хеташ ду. Важа дакъа – и Дудаев а магар-кха вайна, хIара тIом ца хилчхьана, аьлла хеташ ду. Цу юкъахь шайн цIийнах нах белларш а бу, оьрсийн Iедал толахь, шайна цхьацца агIор кхерам бу-кх, аьлла хетарш а бу. Баккъал а пачхьалкх езарш а бу.
Оьрсий тIамца тIебахкар бахьанехь, вуьшта, уьш баьхкича хазахетар хилларш а, дуьхьал бевлла царна.
Мел мухха делахь а, суна хеташ цхьа хIума ду:
Нохчийн Iедал ийши-кх – со эшна.
Нохчийн Iедал туьйли-кх – со тоьлла.


“БЕХКЕНИГ”

Iусманега боху ас тIекхаьчча: 
– ХIара пачхьалкх йохаран, тIом баларан а бехк хьайн буй хаий хьуна?
– ХIунда? – боху цо.
– “Комсомол дIаяьккхича хIумма хир дарий? Дацара. Профсоюзаш дIаяьхча хIумма хир дарий? Дацара. Парти дIаяьккхича хIумма хир дарий? Дацара”, – бохуш, Советан Iедал дохийнарг а хьо ву, цул тIаьхьа, вайна ма хаъара тIом а белира-кх.


МОКЪА ХАН

– Книгаш-м оьцура ахь, еша маца кхуьур ву хьо? – хоттура соьга Канташа.
Книгаш йоьшуш-м со кхеттал хилчахьана даима а вара. Книгашка болчу безамо хийла пайденна долу гIуллакх кIелдитна сан. Студент волчу шерашкахь, юха балхахь волуш а, ойла йора: “Аьтто хилча Iадда книгаш йоьшуш Iийр вара со...”
ЙогIур йолуш хиллера хIара хан, книгаш ца ешча кхин дан хIума а доцуш.
Свет яц, газ яц, ахча дац, болх бац, цхьа а Iедал дац, адамца бала болуш стаг а вац, я хIара дош а дац.
Книгаш а ца ешна хIун дийр ду тахана?


ДОЗАЛЛА

1

Къечу стеган дозалла – цхьаннах а ца вашар, доккха хабар дийцар.

2

Къечу стеган кечвалар - маж яшар,  кIай коч йохар.

3

Къечу зудчун кечъялар - басар хьакхар, вешин зудчун коч йохар.


ГIАЛАХЬ

Со цецваьллера, айса болх бинчу институте ваханчу хенахь.
ГIалара массо а учреждени дIасакхоьссина йолуш, лаха хала а ма ю.
Сан меттехь волу цхьа а, вола бохуш кхайкхича а вогIур воцу, нахе хоьтту-у-ш, схьакхочу со. Цхьамма цхьанхьа хьажош, кхечо вукхахьа.
Эххар а институтан дуьххьал хиллачу берийн беш лаьттинчу чоьнаш чохь дIатарбелла карабо суна институтан сотрудникаш. Салам лой чуволу со. Дуккха а бу уьш.
Ганза дукха хан а яьлла, уьш могуш-паргIат карийна хазахетта, хIораннан а куьг лоцу ас. Со тIаьххьарчун куьг лаьцна валале, цхьацца-шишша волуш, сотрудникаш арабуьйлуш карабо суна.
“Соьх уьдуш-м хир ма бац хIорш?” - ойлайо ас. Директор, цуьнца кхин цхьаъ а воцург цхьа а ца вуьсу чохь.
Ерриг а гIала яьккхина эскарш ду. Массо а урамашкахула, полигонехь санна, хоьхкуш танкаш, БТРаш а ю, тIехь пхиппа-ялх салти а волуш. Муьлхха хенахь чулелха а тарло. Чурачех цхьамма мотт тоха а тарло, я тIаьхьа богIуш хила а мега. Масане хила тарло? Шаьш соьца гайта, я чулилхинчу салташа со лоцуш теш хила а ца лаьа царна. Уьш ларбала гIерта. Ас бехк а ца буьллу царна. Амма директор…
Цхьана юкъахь тхойшиъ ши накъост санна а ма вара. Дуьххьара и балха хIоттийначу хенахь, бухарчара игнорировать вора, шайна юкъара муьлхха а директор хIотто цул а хьакъ хеташ. ТIевеанчу стагана, бухахь тIелоцуш ца хилча, даима а хала ду. Иза сан накъостан гергара вара.
Ас коллективах, балхах а вулуш гIо дира цунна.
Цул тIаьхьа, Дудаев Iедале веъча, исламан институтан куьйгалхоша атеистийн ю аьлла, хIаллакъеш йолу библиотека а, ах сехьа яьккхира ас. Дечиг санна корехула ара а кхуьйсуш, некъахь лаьттачу КАМАЗ тIе а юттуш, дIакхуьйсуш йолу книгаш, совца а яйтина, со тхайн институтана дIаяхьа гIоьртича, шайна оьшуш ю уьш, аьлла, дуьхьалбевлира дин хьоьхурш. Схьагарехь, тхуна уьш оьший хиъча, йохка лууш бара уьш.  Амма ас и гIуллакх чакхдаьккхира. ТIехь Дудаевн куьг а долуш кехат деара ас, книгаш дIаяхьа бакъо луш. Брокгаузан дошам, кхийолу а мехала книгаш-м цу чура тоххара лечкъийнера. Исбаьхьаллин литература (дуккха а классика яра цу чохь) мутаIеламашна езар ю, аьлла, яхьийта дегаза хилира царна. Историн, философин, фольклоран, литературоведенин, экономикан, политологин а Iилманан белхаш дIабаьхьира оха. Амма и а эрна хилира. Ерриг а институт яьгга. Иштта Чеховн цIарах хилла республикан коьрта библиотека, кхиерш а къиза хIаллак хилира. Цхьанхьара а архиваш, цхьа а хIума кIелхьара ца яьккхира Iедало. Мелхо а тIом балале хIаллак яйтира, хIара бер буй хууш санна. АтталгIа Къоман  Музей а.
- Москва гIо, кIант. Деша. Кхано тIаьхьа хир ду хьуна. Суна кхоам хета хьоьх. Направлени, алапа, аспирантийн юкъараIойлехь меттиг а хуьлуьйтур ю хьуна. Кандидатийн диссертаци а язйина цIавогIур ву хьо, - бехира цо соьга хийла. Баккъал а соьх дог лозуш, со деша ваха а лууш. Со, Шарип а воцург, тхан институтера мел волу кIант, йоI а дахара цига. Тхойшиъ цIахь аьтто а ца хилла висира.
Завгаевс хIоттийна хиларе терра, хIара цунна муьтIахь вара, цундела Зелимхарна ца везара. И балхара дIавоккхучу хенахь Зелимхе:
- Ма ваккха иза дIа, - аьлларг а, суна хетарехь, со цхьаъ бен вацара. Наха шайна пайденна доцург ма ца дуьйцу. - Цуьнан политически хьежамаш мухха белахь а, оцу институтах институт ян гIерташ чIогIа къахьоьгуш ву хьуна иза. Дика вовшахтохархо а ву.
Амма Зелимхас кIоршаме жоп делира суна. Дудаев волуш юкъадаьлла цхьа гIиллакх дара-кх: министр, муьлхха а учрежденин, организацин а куьйгалхо дIа ца ваккхавелча, и министерство, организаци а дIайоккхуш. ТIом бала масех бутт биссинчу хенахь изза дира институтах а. Иштта юьйхира и хIетахь.
ХIинца, ерриг а Нохчийчоь санна, юхакхолла езаш ю институт а. ЦIахь юучунна хIун дийр ду ца хууш, тIедогIуш сом доцуш, бIарзвелла хьийзаш волчу суна, дагадеара кхуза ван. Муьлхха а трактористана атта ду-кх пачхьалкхан система йоьхначу хьолехь, дешначу стаганчул а. Трактор тIехь верг шен машено кхобу. Ткъа карахь ручка ерг цхьанне а ца оьшуш, я кхин дан хууш хIума а доцуш вуьсу. Мах бан, кхечу агIор гIорта а бухахь ахча хила деза. Ца хилча хIумма а ца дало. Юха а, хьевззий, ца ваьллачу денна, Iедална тIевогIу. Бухахь запас ца хилча-м муххале а.
Суна, бакъдерг аьлча, со хаза а хеташ дIаоьцур ву моьтту. Амма меттигаш яц, олу соьга. Литературан, фольклоран а декъехь юй хаа суна. Муьлхха декъе а дIавазве! ХIун башхалла ю и кху хьолехь, алапа хилчахьана? ХIорш хIун белхаш беш Iаш бу кхузахь? Меттиг яц олу цо. Схьагарехь, Зелимхас ша дIаваккхарна вас дIаяьлла яц цуьнан. Цунна хаа ма-хаара, и сан хьаша вуй. Со ополченехь хиллий ца хууш а хир вац и.
- Делахь, суна удостоверени лохьа. ГIала вогIуш-воьдуш а атта хир дара суна, сеца ца вайта, - олу ас.
- Ахь хIун дуьйцу хаий хьуна? Со чуволлийта гIерта хьо? - олу цо, реза воцуш. Ас хьийзочух тера ду иза. Москва ваха везара хьо, ца боху цо соьга хIинца. Жимма Iийна, Iодика а йой, дIавоьду со.
Ерриг а охьайилхинчу ГIалин урамашка, цIеношка а хьоьжуш вогIучу суна, некъал дехьа волуш нохчийн академик го. Нохчийн Академехь декъан заведующи ву иза. Цхьана томехь нохчийн энциклопеди вовшахтоха гIерташ лела масийтта шо ду иза. Соьх дика белхахо хир вара. Кхин цхьана а хIуман бала а боцуш, тIевирззина болх бича, ас цхьамма а хIоттор яра и энциклопеди. Вуьшта, и итт-пхийтта шарахь а хир яц. Эцца и капекаш юуш Iийчахьана кхачо хуьлу царна. ЦIераш хиларх, кхин баккхий Iилманчаш бац хара академикаш а.
- Хьо стенгара вогIуш ву? ХIун лелош ву? - хотту цо.
Ша вовшахтоьхначу тобана юкъа эца воллий хууш:
- Институтера вогIура со-м. Зелимхан хьаша ву аьлла, балха ца ийци-кх со, - олу ас. - ДIабоьдуш тIом бу. Кхана хIара муьлха агIор доьрзур а ца хаа. Тахана сайна пайденна дацара аьлла, накъосташна букъ берзо беза ас? Кхана уьш толахь хIун дийр ду вай?
- Хилча хIун ду Зелимха хьан хьаша? Кхана со волчу схьавола, ас оьцур ву хьо балха, - цо иштта ала лаьа суна. Амма цо ца олу. Суна хала ца хетийта а гIерташ, ша волчохь а цкъачунна ваканси ца хиларх дуьйцу цо…
Журналан редакцехь ву со. Зорбан ЦIа доха а дина, квартирашкахула дIасакхийсина ю ерриг а редакцеш. Шайн таро йол-йолчу дIатарбелла. Цхьаьний дуккха белхаш бина а ду тхо. Балхара дIавоьду хан а ю хIинца.
- Вало, жимма вола а луш, дIагIур ву вайшиъ, - олу ас накъосте.
Иза ца вогIу.
- Цхьаьнгге а хьоьжуш вуй хьо?
- Вац.
- Вало, луьйш-олуш дIавоьду вайшиъ, - олу ас, мелла а кхарна сагатделла волу, цхьа минот ерг а цхьаьна яккха лууш. 
- Сецна вогIур ву со, - олу цо.
Кхин цунна дан хIума а ца хуьлий, цигара а дIавоьду со. “Соьца аравала кхоьру-те и?” - ойлайо ас.
ТIеман хан елахь а, кечделла догIуш зудабер дайча, ойла екхало сан. Ваха лаьа дуьненчохь. Марзо эца лаьа дахарх.
ХIун ду хIара дерриг а? Стенна оьшура хIара? Маца дIадоьрзур ду?


ОЬРСИЙН  ИНАРЛАШ

ГIаларчу социйлешкахь дIалетийна кехаташ ду.
Цхьанна тIехь нохчийн тIемалоша: “Кху чура тIаьххьара оьрсийн салти араваллац къарлур дац тхо”, – аьлла ду.
Вукхунна тIехь нохчийн къам хIаллакдарехь уггар а жигара дакъа лаьцначу инарлийн фамилеш, суьрташ: “Нохчийн халкъан чалтачаш”, – аьлла яздина. Цу юкъахь: Греков, Паскевич, Ермолов, Вельяминов, Потемкин, Берия, Грачев…
Со воцург, тIе гулбелла кхин а нах бу, доьшуш.
Нохчийн къомана бале бевллачу инарлийн фамилеш ешча: “Дудаев тIетоьхчахьана, юьззина ю-кх и список”, - ойлайо ас.


БЕРЗАН  АМАЛ

Загнанные волки способны
загрызть насмерть.
Г. Сенкевич.

Барзо ца дуьту шена динарг.
Таллархоша шен кIорнеш йигча я хIаллакйича, церан лорах юьрта а йогIий, барзо  даьхни хIаллакдо, даккхий зенаш до.
Россихь гуттар а наноша бераш:
–  Хьо дIавига борз йогIу хьуна.
– Нохчи ву хьуна шаьлта а яьккхина вогIуш, – оцу дешнашца кхерийна.
– ДIагIо борз. Ца вуьгуьйту хьоьга ас сайн кIант. ДIавижа чехка. Хьо цIахь вац эр ду ас.
КIорнеш йигинчу я хIаллакйинчу барзо паргIат буьйса ца йоккуьйту нахе. Гуттар а церан ситIехь лаьтташ, дагахь йоцчохь тIелеташ. Я ша еллац, я шен кIорнеш схьаяллац.
Берзан амал йолчу нохчаша, шайна динарг дуьтур доций хIунда ца хаа оьрсашна?
Буденновск, Кизляр а лерринчу органаш кечйина акташ елахь-яцахь а (тIаьхьа хIиттинчарна ца хаа и), цига баха реза хиллачу нохчийн кIентий дог-ойла – и берзан амал ю.
Шаьш лело харцо, бумеранг санна,  хьаьвззина шайна чукхочур юй хIунда ца хаа оьрсашна?


ДУДАЕВН  МУЬРЕХЬ

Массо доьзал а беккъа хIокху замано: да, кIант а, вежарий а, йиша-ваша а, доттагIий а. Цхьа а вовшашка ладугIуш, вовшех кхеташ я кхета лууш а вац.
Цхьана агIор А. Пушкинан дешнаш кхочуш хилла: “Хьолаллин тIеIаткъамо аьтто бийр бу уьш (кавказан ламанхой) караберзо...”
Хьолах Iехабелла нах берриш а оьрсашкахьа бу.
Россица доьзна бен шайн, шайн берийн а дахар ца го царна.
– Дудаев вай хIаллакда ваийтина ву, - олу, амма цуьнан цIе тахана массо а беран багахь ю. Стиглахула доьдуш кема хилча а:
– АллахIу акбар! Джовхар! Дудаев! – олу.
Танкаша снарядаш тоьхча а, вертолеташа ракеташ йиттича а:
– АллахIу акбар!
– Джовхар!
– Дудаев! – олу.
Да-нана оппозицехь долчу доьзалехь а, бераш:
– Джовхар! Джовхар! – бохуш кхуьуш ду.
Дина беран лергаш ситтина хилча:
– Масхадов ву хIара, Масхадов, – олу, и шайна ца везачара а.
Тамашийна хIума хIун дуй?
ХIара тIом баларан ша бехке хеташ цхьа а вац я Нохчийчохь, я Россихь а.
Суна суо-м хета бехке, хIара тIом баларна, саца ца баларна а.
Суна вайх хIора а хета бехке.
ТIаьххьарчу хенахь “Малиновкехь ловзар” кино чохь хиллачух тарделла республикера хьал.
–  Юха а Iедал хийцалуш ду-кх, – олуш, цхьа воккхастаг вар-кха цу чохь. ЦIен эскархой богIуш буденовка туьллуш, кIайгвардейцаш богIуш, и чета а юьллий, белш тIе погонаш йохкуш.
Иштта, Iедал керч-керчинчу агIор хабарш дуьйцуш, эхь а ца хеташ, шайн гIуллакх а деш Iа нах.
Ша маре ях-яханчу стагана муьтIахь хуьлий, иза, цуьнан болх а буьйцуш, цул деза дуьненчохь хIума ца хеташ, цхьа Душечка ю-кх Чеховн. Божаршна юкъахь ма дукха хилла-кх политически душечкаш.
91 шарахь оьрсаша Вильнюс чу танкаш йигча, кхо-виъ стаг хьаша а хьаьшна, дIадирзина цигара гIуллакх. ТIамана ара цхьа а ца ваьлла. Цхьаммо а кара герз ца эцна. Дуьхьало еш хилча бен тIом ца хуьлу цунах.
Цундела Нохчийчохь адам меттах даккха, юха а Дудаевн тIаьхьа хIотто, тIом боло а инзаре хIума оьшура. Дудаев воьжнера нехан дагтIера. Адамийн пусар ца дора цо.
И инзаре хIума – 26 ноябрь дара. Оьрсийн салтий, эпсарш а Iехабина, гIали чу а балийна, сирникийн батташ санна, танкаш атар.
ТIом дIаболабелча, кхосса топ, араяккха танк, хьаладала кема я кемана тоха хIума а йоцуш карийра шаьш нохчашна. Бина цхьана а кепара кечам боцуш, дегнаш айина-айина, тIамана кIел кхоьссира халкъ. Парадехь гайтинчех я эскар, я ракеташ, я танкаш хIумма а яцара. ТIеман инарло муха могуьйтур дара и шена?
Умалт Дашаев, Руслан Гелаев, Шемал Басаев а. Оцу кхаа командиран тобанаш бен яцара тIамана кийча. Юьхьанца оьрсийн тIеман машинан йозалла ерриг а церан белш тIе йижира. 
Оьрсийн эскарш арадовлучу хенахь, чохь мел дитина герз, кхечу пачхьалкхашна дIадоьхкинера тоххара. Диснарг шайн карахь латтош дара Iедало, кIез-кIеззиг базара а кхуссуш.
ТIебеана тIом болуш, телевиденехула шаьш яхье а баьхна схьакхайкхинчу кIенташна, атталгIа автомат елла а дIа ца луш, оьрсийн кара яхийтара. ТIаьххьара ДГБ чохь дисина герз а, президентан омрица аьлла, лаьмнашка хьаладаьхьира, Дудаевс аьлча бала а кийча, карахь шаьлта, лимонка а бен йоцуш, бIенаш, эзарнаш бераш юххехь доллушехь.
ТIаме араволуш волу стаг, паччахьан заманахь обарг волуш санна, дакъа а, даьхни доьхкина автомат а эцна тIаме ваха везаш вара, военкоматера деана повестка доцуш я Iуналла дан пачхьалкх а йоцуш.
Амма хIара тамашийна тIом бу. Вайга байтина ца Iаш, Россис Россина дуьхьал а бо тIом, нохчийн лаьтта тIехь. Оьрсийн тIеман цхьа дакъа атаке чу а лоллий, кхечара уьш отуш, царна тIетухуш меттигаш а ю кхузахь. Оьрсийн салташа схьаяьккхина юьрт, гIала а юха а нохчашна дIалуш, адам, герз а эвхьаза доккхуш, дIатийна, баьржина тIемалой юха а вовшах кхоьтуьйтуш, шаьш юха а царна аьттонаш кхуллуш, адам митингашка кхойкхуш, кхин-кхин а и белхаш бу дIахьош.
Наха и Дудаевн кхиамаш лору, оцу балхо Дудаевн сий ойу.
Дукхаха болчарна моьтту тIом а шаьш беш бу, террористически акташ а шаьш еш ю,  митингаш дIахьош дерш а шаьш ду.
И дерриг а Москвахь план хIоьттинчул тIаьхьа до вай.
Мел хIуъа дийцича а, ша хила хьаьхнарг ца хила йиш яц.
Сионисташа я дуьненан империализмо (вайна хIун бен ду и?) дуьне юхадоькъуш хилар бахьанехь, Россих дIа а къастийна, вайна пачхьалкх кхолла гIо деш делахь - и церан совгIат ду вайна. ТIаккха кхузара тIом дIабирзича, ДегIаста, ГIалгIайчоь, йисина ерриг а Къилбаседа Кавказ а вайх схьатоха дезар ду церан. Иштта церан гIоьнца, цара шайна пайденна а, яхь пачхьалкх хир ю кхунах. ТIаккха цхьаъ я шиъ хIорд болуш, муьлхха пачхьалкхе а даха йиш йолуш, даха ховшур ду. Амма хIоккхул дукха долу кегий къаьмнаш цхьаьнатоха арахьара ондда гIо оьшу. Тахана и дерриг а къаьмнаш оьрсийн бага хьаьвсина Iаш ду. Малхбалера, Малхбузера пачхьалкхаш, Росси а вовшийн ца езаш хилар бахьанехь, вайга вешаниг дIахIотталахь - и ирс ду. Амма хIара дерриг а (исторехь мосазлагIа?) вай охьаатаран дуьхьа бина белхи белахь - вайн къа а ду-кх…


МУНДА

Бан болх, тIе ахча дан меттиг а йоцуш, жоьлгийн тобанаш дебба. ХIора дийнахь хеза:
– ХьенехагIеран божал чура етт бигна.
– МинехагIеран уьйтIара шифер яьхьна.
– ХIокхеран машен ядийна.
– Оцеран, зудий, майрий дIа а дихкина, чохь мел йолу хIума дIаяьхьна…
Халкъан барта кхолларалло а заманан бос оьцу.
Танкаш, шайн ерриг а еза техника юьрта тIе а ерзийна, эвлайистехь лаьтташ долчу оьрсийн эскаршна дуьхьал йолчу митингехь, Тимаев Сайд-Мохьмада дуьйцуш, ширачу анекдотан керла вариант хеза суна.
– Цхьа-шиъ вахана хилла котамаш лечкъо. ХIусамдай дIа а тейтина, цхьаъ бун чу ваьлла, важа, цо схьакховдийнарг гали чу юьллуш, арахь сецна. ХIара шиъ иштта тIахъаьлла хьийзаш воллуш, гIара-тата а хезна, кара топ а эцна, тIехьа ваьлла хIусамда. ЦIеххьана хIара тIехIоьттича, галин бертиг лаьцна Iачо, дукха Iадийна: “Адам ду хьо я мунда ю хьо?” – аьлла. “Со мунда ю-кх хьуна, ахь кху чура котам хьахь!” – аьлла хIусамдас.


ХАРЖАМИЙН ДЕНОШ

Нохчийчохь Iедалан корта хоржуш, Россис кхайкхийна харжамаш тIекхочуш, юха а эвлайистехь гIаролла хIотто дагахь меттахдевлла оьрсийн эскарш, тIеоьзна бронетехника.
Мила воуьйту-те Хаджиевн меттана: Завгаев я Хасбулатов?
Куршлойн-Эвлахь харжамаш ца хуьлуьйту. Уьш-м царна оьшуш а бац. Кху юьртахь мел волчу стеган фамилеш, цIераш юьртасоветехь йолуш ю. Спискаш кечйина, шаьш куьйгаш а теIийна, чуелчахьана бевлла уьш. Формальни агIо ларйичахьана, кхин мила ву кху харжамашца бала болуш? Москвас шена луъург дIа а хIоттаво, шена луъург дIа а воккху.
ЗавгаевгIар, ЧерномырдингIар куьйгаш теIадо.
“Челом бьем. Бьем челом… Бьем-бьем-бьем лбом…”
Оцу хьокъехь, дуккха а шераш хьалха, Шайхи Арсанукаевс язйина драма “Ушармин Ших” дагайогIу суна.
Ас цу хенахь “хаза яздина туьйра”, аьллера оцу поэзин хьокъехь. Массо а къоначеран санна, къоман хIума даздина хилла волчу суна а моьттура, нохчийчо цкъа а яздийр дац паччахье цу тайпа кехат. ХIинца кхета со, и кехат-м цо яздан оьшуш а ма дац. Цуьнан меттана Кремлехь кечдеш ма ду и, шайн этикет лар а еш. ТIаьхьарчу тIаьхьенна дIагайта. Шу-м тхан дай. Тхо-м, шун дехарца, шу дола дан даьхкина дай… Историна, кхечу пачхьалкхашна а гергахь (претензеш ца хилийта) тобеш бух. Куьг таIо стаг-м царна кара ма во. Ушармин Ших хуьлийла иза, Завгаев Докка я милла а кхиверг. Ахчано, Iедало а шайн гIуллакх до.


КУЬЙГАЙОЗА

1

ТIом балале “Жайна” издательствехь (директор Дыхаев Ваха) араяла езаш яра сан дийцарийн гулар. Сан бехкенна хьееллера и, ас куьйгайоза чу ца луш.
Ас цу книгана спонсор лехаран истори а ю дийнна дийцар яздалла.
Дудаев воцург, Нохчийчохь со тIе ца воьдуш, ас куьг ца таIадойтуш стаг висна вацара. Зорбанан министр (Удугов), финансийн министр (Абубакаров), статс-секретарь министр (Мациев), президентан канцелярин куьйгалхо (Акаева), вице-президент (Яндарбиев)…
Коьртаниг, цхьаммо а хIахIа ца олу, я и дезаш долу пхи миллион а ца ло, вовшашна тIехьежош, телефонаш етташ:
– Ас дIавоуьйту хьуна. Кхуьнан гIуллакхе хьажахь, – бохуш.
Вукхо юха кхана вола олу, тIаккха кхечу хьаькаманна тIехьажаво…
Шайна пайда ца болучу гIуллакхана  чаккхе ян а йоцуш гонаш туьйсуьйтура цара. Стаг, эххара, сатийса, ладегIа, тIаьхьа ваьлла лела а кIорда а дой, ша соцура. Амма уьш дика бевзаш, царна юкъахь тайп-тайпана белхаш а беш волу со, къарвала дагахь вацара. Цу хенахь, пачхьалкхан кхерамазаллин структурашкахь болх беш волчу суна, и ерриг революци а сайн книгин меха ца хетара.
ТIаьххьара юханехьа Удугов волчу схьадогIу и, цо ша яздина кехат. Бакъдерг аьлча, цо тIаккха издательствон счет тIе даккхийтира и ахча. Со тIаьхьара вер воций а хиъна. (Бакъду, эххара и ша лур долуш хилча, со массо а министрана тIехула хIунда лелийтира бохург, со кхетаза дисира.)
Мовладин, Зелимхан а цхьа хIума дара дика. ТIекхача атта а дара царна, ахь тIедеана гIуллакх, хIуъа делахь а, куьг а таIадора цара… Вуьшта, пачхьалкхехь мел дерг, къаьсттина финансашца дерг, церан лаамехь а дацара.
Сан книгах къаьсттина чIогIа дог лозуш яра Акаева Света, Зорбанан  министерствон коьрта бухгалтер Деши а. (Схьахетарехь, массо а министран куьйгаш хилча а, цунна ца лиънехь, и ахча издательствон счет тIе дера дацара.)
Иштта со цу ахчанна тIаьхьа ваьлла лелаш, куьйгайоза шен хеннахь чудала ца кхуьуш а, тIом белира. Гурале книга арайоккхур ю моьттуш Iийна со, хи чохь ши бIаьрг биллича санна висира.
ХIокху тIеман кIура юкъахула, карахь капек а йоцуш со висча, хийла дагадогIу суна: “ХIетахь и ахча суна схьа мукъане а делла хилла делира цара”, – олий.

2

Оццу хенахь, издательствехь балхахь йолчу Азе (къоначу йоIе) компьютер тIехь набор йойтуш вара со керлачу книгана.
Хьалхарчу книги-м экземпляр яра соьгахь. Цу юкъа дахана дукхаха долу дийцарш газеташкахь, журналехь, коллективан гуларшкахь а арадийлинера. ШолгIачу книгана холчахь вара со. Цунах хIун хилла ца хууш. Издательствон гIишло йохийна яра.
Со цкъа оцу агIор вахча, белхалойх гуш стаг а вацара. Гонаха хилла квартирийн, долахь а цIенош а дерриг аьттий, дIахьаькхний дара. Гена доццуш долчу, гIалахь уггар а лекха, ялхийттаза тIекIел диначу цIийнах диснарг а иттех метр барз бара.
ЦIаеанчу Амината:
– Керла шо а ду тIе дIогуш. Жимма хьайн са малха а доккхуш, ГIала волахь, – элира соьга.
Уьш шайн йохийна ков-керт то а йина, Мичуринехь Iаш бара.

3

БIаьрг хьаста, самалха дала а кIеззиг хIума дисинера ГIалахь.
Суна чIогIа сингаттаме хетара. Кинош чохь гойтуш йолчу Брестан гIопах тера яра гIала. Аьлча а, гIалах йиснарг. Дийнна урамаш, кварталш еса...
“Ванах, кхузахь хIун гIишло яра-те? Кхузахь муьлха цIа дара-те? ХIара хIун урам бара?” – бохуш вуьсу со, гIали юккъе кхаьчча. ТIом балале дукха нах хир бацара, суна санна гIала дика евзаш, со санна гIалахула дукха гIаш буьйлабелла лелла а. Я суначул хIара дукха езаш а. ХIинца атоман бомба тоьхча санна ю гIала. Цкъа а денлур юй-те, аьлла хеташ…
ТIаьххьарчу итт-шийтта шарахь, сан дагана юххера, сан дагана гергара мел хилларг аьтта, хьаьшна дIадаьккхинера. Сан безаман, сан къоналлин а гIала яцара хIара. Ас накъосталла, доттагIалла лелийнарш, сан хилла кхийолу уьйраш а яйнера. Суна цхьанне а керла адрес ца хаара, я уьш дийна бу бац а.
“Луч” туька хиллачера Шейх Мансуран майдана охьавогIу со. Дийнна квартал дIалаьцна, доьазза тIекIел дина цIа дара и, бухахь туьканаш, юккъехь йоккха уьйтIе а йолуш. Лининна хIоллам лаьттинчохь. Оцу сила долчу цIийнах цхьа кибарчиг а ца йисна. Нохчийчохь конституцин низам хIоттош, пхоьазза-иссазза тIекIел дина цIенош шардина оьрсийн яккхий тоьпаша. Юха, шайн боьха гIуллакхаш къайла дохуш, дIацIанйина и меттиг. Кхузахь хьалха ца хиллачунна, ца Iийначунна цкъа а цIенош хилла аьлла дага а догIур доцуш. Къоман Банк, Музей, Министрийн Кабинет, ГIалин администраци, универмаг “Берийн дуьне”, хьешацIа “Кавказ”, хьешацIа “Чайка”, ресторан “Океан”, “Нохчийн гастроном”, Радион ЦIа, кооперативни училище, университетан, пединститутан, мехкадаьттан институтан корпусаш…
ГIалин юкъ. Кхетамехь и яра-кх ерриг гIала а. ГIалин юьхь.
Президентан ЦIа хиллачохь а еккъа чалх. ДIаса хьаьжча бIаьрг тасабала хIума дац, тIамана, цIерана а къар ца луш, малхе кхийда, японин графиках тера, диттан коржамаш бен. Хьалха гIаланаш хиллачохь хIинца сквераш, паркаш а яхккал аре…
Дукхаха долу урамаш машенахь дехьа-сехьа а ца валалуш ду, езачу технико дохийна, снарядаша даккхий оьрнаш даьхна. Массанхьа а дохийначу цIенош тIера дIаса кхийсина аьнгалеш, шиферш, гергаш, аьчган тахтанаш, кибарчигаш, охьадеттаделла бIогIамаш, газан биргIанаш, кхозуш токан серий, троллейбусан телаш, йохийна, ягийна трамвайш, машенаш… ХIокху дуьнен тIехь мел йолу тайпана нехаш, кхаьллеш, дийнна раьгIнаш, маьI-маьIIехь Iохку дайина жIаьлеш, йовхачу хенахь тIех а ца валалуш. Подъездашна тIе кхаччалц Iаьмнаш, тIехула евлла канализацеш…
 Оцу гIурт юккъехула чу-ара буьйлуш нах бу. Шайн-шайн Iуьргашкахь дIалечкъа дехкий санна. Яххьаш йилаза, тIера хIумнаш йиттаза, меллий, оьзний – уьш тIаьххьара бисина оьрсий бу. ДIабаха, жимма тасабала а меттиг, уьйраш а ерш тоххара дIабахана. Уггар а гIаддайнарш бу биснарш. СагIа доьхуш, кхаьллеш кегош, лулахоша лучух а хене бовлу уьш. “Автовокзалан” гена йоццуш цхьаъ ю уьйтIа юккъехь четар а тоьхна Iаш. Шен куьг тIе кхочучохь, гонаха мел йолу тIелхиг шена тIе а озийна, йиснарг шен “цIийна” хьалха а такхийна.
Гучу суьрте хьаьжча, тIех кечбелла а хеташ, къегина бу нохчий. Къаьсттина зудабераш…

4

ДагадогIу, кху бIаьста, цамгарх хьалха а ваьлла, оьрсаша схьаяьккхинчу ГIала дуьххьара охьавеанчу хенахь, со цец ца ваьккхира оьрсийн салтийн дукхалло, церан тIеман герзаша, гIала мел ю хоьхкучу танкаша, БТРаша а. Со цецваьккхинарг нохчийн мехкарийн кечбелла лелар дара. Суна новкъа дара и. Уьш оьрсийн салташна кечбелча санна. Цу хенахь со тIама юкъара ваьлла дукха хан а яцара, эцца цомгаш ца хиллехь, со вийна хир варий а хаара суна. Суна дагахь сайна юххехь эгна бераш, церан дIасакхийсина меженаш, церан къоналла, церан къонахалла, шайн Делан дуьхьа цара сагIа дина шайн догIмаш дара. Церан цIена ойланаш, царна гуш хилла Даймехкан, къоман а сирла кхане. Церан ца ден пусар а. Суна новкъахь, хийистехь а лаьтташ кIант, йоI дайча а халахеташ, новкъа долуш хан яра и. ХIора дийнахь, сохьтехь, минотехь леш лаьтташ шайн вежарий а болуш, кхин хIуманна а ойла ца йо-кх кхара, аьлла хеташ. Суна нохчийн зудабераша, дерриг нохчийн халкъо а чIир кхаба езаш санна хетара. Къаьсттина къоначу, хазачу зудабераша. Амма хIора стагана, йоIана а хIара тIом, шайн чу беана бацахь, шайн чура цхьаъ вийна вацахь, шайн гIишло йохийна яцахь, шех хьакхалуш боцуш санна хетара. Я суна моьттура иштта?
ХIинца, оцу зудаберашка хьаьжча, нохчийн къоман тIаьхье ю-кх хIара, нохчийн къоман наной бу-кх хIорш, олий дагадогIу суна. Церан сирла яххьаш, цIена сибат гича, сан ойла а серла йолу: “Дала мукъалахь, довр дац дуьненчура нохчийн къоман хIу”.
Со хIинца кхета: и хийистехь лаьтташ долу кIант, йоI а, Дала шаьш дуьненчу кхолларан коьрта Iалашо кхочуш еш дуйла – вовшийн дезар, тIаьхье кхиаяр а. Иблисо мел кхоьллинчу вуонна дуьхьал латта, Дала белла ницкъ бу и, асфальт йохош хьалайолу буц санна. Иштта, чохь охьадиллина дакъа а долуш, шайн нахана дуьхьал хIитта дезий хууш, хIума а юу стага. И логал чоьхьа а йолу цунна. Чам мерза хилар а хаало. И а тамашийна хета жимчохь. Амма замано кхетаво и дахар хиларх. Виснарг ца ваьхча ца волу…
Дудаевс дина уггар доккха зулам - адам декъар ду. Цо нехан пусар динехь, шайн рицкъ дIа а кхачийнехь, оппозиционераша дуьйцург тергал дийр долуш стаг вацара Нохчийчохь. Шаьш оьрсел а дика Iаш карийча, халкъо сатуьйсур дацара Россега.
Шайх Мансуран, Имам Шемалан кхечеран а гIалат хета суна, цара шайн хенахь Англин, Турцин я Иранан агIо а лаьцна, ала дезахь, шоьх дIакхета тхо аьлла а, тIеман гIо ца дехар, шайн хьекъалца, шайн доьналлица а чакхбовла гIертар а. Англи, Турци, Иран а Россел а генахь ю вайна. Вай оцу пачхьалкхех муьлххачунна а юкъадогIуш хиллехь, Россис тоххара, герзаца, ахчанца, тIеман инструкторшца а гIо деш, кхийолу колонеш санна, маьрша даьхна хир дара вай. Ткъа юххехь хилар бахьанехь, Россин карара довла иштта атта дац.
Исторехь дуккха а гIалаташ дийлина вайнахера. Царах уггар а доккха шиъ VII бIешарахь Iаьрбашца, тIаьхьа АстагIа Тимарца а тIемаш бар ду. Цу хенахь бусалба дин тIеэцна хиллехь, тахана нохчий, гIалгай, суьйлий, аьккхий... бохуш, декъаделла а доцуш, цхьа къам, цхьа мохк а хир бара вайн. Дуккха а миллионаш адам а хир дара. Советан Iедал доьхча, кхийолу республикаш санна, вайн пачхьалкх а хир яра.
Цуьнга ладоьгIча, Шайх Мансуран, Имам Шемалан а тIемаш оццул зене а ца хилла вайн къомана. Таханлера тIом дуккха а зене бу.
ДоттагIех цхьамма хаьттира:
- Хьуна хетарехь, муьлха тIом хала хилла нохчашна: Имам Шемалниг я таханлераниг?
- Таханлераниг, - элира ас, - хIунда аьлча, Шемалан заманахь хьаннаша, лаьмнаша а вай лардеш хилла. Паччахьан салтий гIаш я говрахь бен лела йиш йолуш ца хилла. Тахана хьаннаша, лаьмнаша а вай лар ца до. Кеманаш, вертолеташ, ракеташ, кIоргенан бомбанаш... (танкаш, яккхий тоьпаш-м ас хьеха а ца йо)... Царах кIелхьара вала йиш яц.
Шемалан заманахь вайн тола агIо а бара, гуьржаша, эрмалоша а, туркой, гIажарий а бахьанехь, оьрсий схьабоьхуш ца хиллехь. Европана а гIоли хетара Кавказ керста Россина олаллехь хилар, бусалбачу нехан. Шемалан заманахь оьрсашна дерриг а керла, акха, кхераме дара. Царна Кавказ, Нохчийчоь ца йовзара. Тахана вайначул дика евза царна Нохчийчоь. Массо метр теллина ю. Дерриг а карти тIехь ду. Цу хенахь нуьцкъаша чу лоьхкуш бара оьрсийн салтий, тахана ахчано шен болх бо. Америко, Европо а кредиташ а ца кхоадо кхарна.
Шайн стратегически планаш кхочуш еш, исторехь даима а немцоша, ингалсхоша, сионисташа а кIелкхийсина ю Росси. Кхидолу къаьмнаш охьуьйтуш. Цу тIемашкахь мел дукха оьрсий баларх шек а ца бовлуш. Дукха мел бели а дика хеташ.
Ленина шен хенахь “Европан жандарм”, “къаьмнийн набахта” а аьллера Россех.
ХХ бIешеран 60-80-чу а шерашкахь къаьмнийн нана хилла дIахIоьттинчу Россих,  Советан Iедал доьхча, юха а десте хилира.
91-чу шерашкахь юха а бодане ницкъаш туьйлира Россехь. Къаьсттина бале делира и нохчашна.
Дуьнен чохь массо а маьIIехь нийсо ян гIертачу Россига, шена мера кIеллахь нийсо ца яло.
Мел атта ду нахана нийсо ян, шех хьакхалуш ца хилча.
Ча сама йоккху-кх ахь, декъаза ву-кх хьо…   

5

Аза, Элита а ши йиша яра уьш. Элита – “СтелаIад” журналан редакцехь исбаьхьанча яра.
Аминатаьргахь волчу суна цIеххьана дагадогIу, уьш а Мичуринехь Iаш хилар.
– Фамили хаий хьуна церан? – хотту ИсмаIалс, ас сайн куьйгайозанашна сагатдой хууш.
– ДадаевгIар бу моьтту суна.
– Суна бевза уьш.
И Азин, Элитин а деваша хуьлу. Ас деана гIуллакхана паргIат тIаьхьа а кхуьий, уьш болу меттиг юьйцу цо. Элита кхерало со цIеххьана керта иккхича (ИсмаIал сиха вара).
Сан хазахетаран барам бац. Доккхачу декъана сан куьйгайоза лардина цара. И турпалалла ю! Йохийна издательство. Йохийна кхеран шайн керт. ТIамо дехьа-сехьа кхийсар… Баларш… Цу юккъехула лардина хIара йозанаш а. Соьга меттахитталур ма дацара хIорш. Цхьа повесть я роман а яйча-м, юха язйийр яра. ХIорш шен-шен хенахь дIаяздина хилларш, лелларш, тидамаш, ойланаш, сан гIайгIанаш а ю. ХIинца долчу хьекъалца, кхетамца а яздича, кхин книга хир ма яра и. Сайна деши карийча, оццул хазахетар дарий-те суна?


“ГАГРАШКАХЬ IАЬНАН СУЬЙРЕ”

Режиссер: Карен Шахназаров.
Коьрта роль: Евгений Евстигнеев, Алексей Панкратов-Черный, Наталья Гундарева, Сергей Никоненко.
Шийтта шо хьалха, “Юность” кинотеатрехь хьаьжира со оцу кино дуьххьара. Хьалхарчу курсан студент, сан хIетахь вуьрхIийтта шо дара. Дахаран прозах лаьцна йолу и фильм, кинотеатрехь хьажа тамехь ца хийтира суна. Кинотеатре стаг самукъа даккха, садаIа, самалха даккха воьду.
Фильм, къанвелла цхьанне а ца оьшуш висинчу, артистах лаьцна яра. Ша къона, гIараваьлла артист волчу хенахь, шен доьзал (зуда, йоI а) тайп-тайпана гIаланашкахула, курорташкахула а лелош, царна чу са диллина вара иза. Юха, зуда кхечуьнга яханчул тIаьхьа а, шена оьшучунна соьмаш кхоош, йоIана гIо деш схьавогIуш вара. Цо ша маре йоьдуш, воккхавуьйш Iаш волчу кхуьнга, тойне цавар дийхира. Цхьана стоьла хьалха ши да муха хир ву? Башха могуш а воцу, оцу тIаьххьарчу сингаттамо вожийна, кхелхира иза...
Иштта а карзах баьлла сингаттам базбеш яра фильм. Адам цхьалха хилар, адам гIийла хилар, адаман къа хилар ойланаш гIиттош. Арахь а Iа дара.
ХIетахь суна дахар ца довзара. Амма сан ерриг а дог-ойла адамашна дика хиларе сатесна яра.
Цул тIаьхьа дукха хIумнаш хийцаделла. Дуккха а пачхьалкхаш юьйхи, тIемаш бевли, социализм а дIаели… Деза мел хилларг, хаза, оьзда мел дерг дIадаьккхина. Адам сийдоцчу даьлла. Адамийн бехк дера бацара. Адам дакъаза даьккхина-кх. Сирланиг, цIенаниг, хазаниг – яханчу хенаца дисна.
Тахана, 31 декабрехь, телевизор чохь гойту “Гаграшкахь Iаьнан суьйре”.
Малхбале седажайнешца тIедогIу шо мукадехкан ду. ДIадоьлхурш, тIедогIурш а – маймалийн, мукадехкийн а шераш…
Сан ткъе итталгIа шо ду.
Адаман дахарехь дийнна мур.
Сан дагахь мел хиллачуьнга хьаьжча, со кхочуш дан кхиънарг, соьга дан делларг а Iаламат кIеззиг ду. Амма сайн ца хиллачу тароне, аьттоне а хьаьжча, ас нохчийн литературана, культурана а динарг доккха гIуллакх ду, аьлла хета суна.
Горькийца къамел дечу хенахь, шен “ТIом, машар а” хьахаелча:
– Без ложной скромности – это как Илиада, – аьлла Толстойс.
Ала дашна а доцуш, сайн чкъурах болчу яздархойх, нохчийн литературехь кхин иштта стаг ца го суна. Хьанна хаа, я дуьненан хIинцалерчу литературехь вуй а?


Рецензии