Дневник. 1997

ЦIАНАЛЛА

Ануширванан заманахь цхьана стага мехах лело латта эцна хилла. Цу тIехь охана деш воллуш, лаьттах доьллина деши карийна цунна. И деши а эцна, латта долчу дена тIе вахана и стаг:
– Латта а хьан ду, цундела цу лаьттах карийна деши а хьан ду, – аьлла.
– ХIахIа, – аьлла, лаьттан дас, – латта ас хьуна мехах лело делла ду. Цундела лаьттах хьалайолург, лаьттахь йоллург а хьан ю.
Цхьанне а Далла гергахь хатIе хила лууш ца хилла, шен доцу деши схьа а эцна. Къевсина цу шимма, шений-шений ца догIу аьлла. ТIаккха, кхин барт ца хилча, паччахь Ануширванна тIевахана и шиъ.
Ануширвана, ша Делах кхоьруш стаг хиларе терра, и шиъ реза а веш, нийсо йина царна юкъахь. (Л. Толстойн дешна ас и я И. Дахкильговн?)
И дийцар вайзаманах, нохчех лаьцна а делахьара, деши къевсинчохь, вовшийн карах велла хир вара и ши стаг. Паччахьо а, и тусаделча, латта – пачхьалкхан бахам бу, аьлла, доладоккхур дара и.
Адамна гIело еш, адам хьийза а деш, тIехула тIе: шайна муьтIахь хIунда дац шу? Шаьш бусалба Iедал ма ду, бохуш, хьийзабо кхара нах.

СЕМАIАШ

1

Лю И-Цин (403-444). “Дуьненчухула лела дийцарш карладахар”.
Сюнь Цзюй-бо веана цомгаш доттагI волчу.
Оцу заманахь цу махкана тIелетта хускин талорхой.
ДоттагIчо аьлла Цзюй-бога:
– Сан вала хан кхаьчна, ткъа хьо дIагIо.
Цзюй-бос жоп делла:
– Ас хIоккхул некъ хьуна юххехь хилархьама бина, ткъа ахь со дIавохуьйтуш ву. Сайн са кIелхьара даккха, декхар муха дохор ду ас? Иштта вац Цзюй-бо.
Схьакхаьчна талорхой Цзюй-бона тIебаьхкина.
– Тхан доккха эскар ду, махкахь мел верг а ведда; бераш, баккхий нах, зударий а. Хьо муха ваьхьира, къонах, хьуо виса? – хаьттина.
– Сан доттагI могуш вац. Юххехь сецна со. Со велча а хIумма дац, иза ваха висчахьана, – аьлла Цзюй-бос.
– Декхар хIун ю ца хуу нах, декхар лоручу махка тIелетта, – аьлла, шайн эскарш юха а дерзийна дIабахна талорхой. Махкана маршо яьлла.

2

ХХ бIешо. 1995 шо. Нохчийчоь. СемаIашна гобина оьрсийн эскарша.
Оцу ширачу заманахь, тахана акха хетачу китайцийн тайпанехь хиллачу доьналлин, гIиллакхан а баьIалгIа дакъа мукъане а шайгахь хиллехь, хиндоцург ду СемаIашкахь оьрсийн эскарша масийттаза динарг.
Оьрсийн тIеман эскаран юьхь гайтарехь, кавказан тIамах лаьцна Л. Толстойн произведенеш, классически масал ду.
“ТIелатар” дийцарехь оьрсийн эскарша яьккхинчу нохчийн юьртахь воккха стаг караво царна.
– Массо а юьртах ваьлча, хьо хIунда сецна? – хотту цуьнга.
– Со къена ма ву. Суна хIун дийр ду? – олу воккхачу стага.
Вехка а воьхкий, гали санна говр тIе кхуссий, дIавуьгу иза, хийца дика хир ву, олий.
Иштта кху тIамехь а, хийла бехк-гуьнахь доцу нах лийци цара, шайн салташна дуьхьал хийца, фильтрацийн (конц) лагерш юза а.
Цара шайн мостагIий лору нохчий лецарх-м бехк муха буьллур бу царна, шаьш тIама кIела кхийсина хIаллакбинчу шайн салтийн декъий а, схьа ца лахьош, жIаьлешка доуьйтуш хилча?

3

СемаIашкара тIемалочун къамел.
Церан юьртара 300 вахархо, 70 тIемало а воьжна, оьрсийн эскарша юьрт йоккхуш. Царах цхьанне а орден я мидал а ца елла. Я Iедалан цIарах шаьш долчу веана, шайца бала болуш а стаг вац.
Мидалш-м… базарахь юхкуш лаьтташ ю...


ОЬРСИЙ ДIАБАХЧА

Ильясов Сайд-Эмис дуьйцу:
– “ТIом дIа а баьлла, хIокху махкара керста араваьлча, хIун юур ю, хIун юхур ю а ца хууш Iийр ду адам”, – олура. Диканиг лаарна, вайна моьттура, и вай дика Iийр ду бохург ду. Массо хIуман а шорто йолуш, токхе зама йогIур ю. ТIаьхьа-тIаьхьа ойла еш ву-кх со: “ХIун юур ю, хIун юхур ю а ца хууш Iийр ду” бохучух нийса кхетий-те вай? ГIаддайна хьал хир ду, бохург дуй-те и? ТIейоха йоцуш, яа йоцуш.
Сайд-Эмин жимах волу ваша а вийна тIамехь. ХIара ша а, юьхьанца дуьйна, Россих дIакъастаран агIор вара.


АДАМАШ  ДААР

ДIабаьллачу тIамо 44-чу шарахь дерриг а къам цIерадаьккхинчул а сов зие ди. ЦIера дахаро дерриш а цхьана могIара нисдина вай. Цундела вовшех доглозуш, къахеташ а хилла. ТIом тайп-тайпана беана нахана. Цхьаболчарна пайда бохьуш, вукхарна – зие. Цхьаболчарна и гина а бац… ТIамо къам декъна: оьрсийн Iедал дезарш, нохчийн Iедал дезарш, иза я важа а ца дезарш, бандиташ, оппозиционераш, къенаш, бехаш берш а…
Iедал ловза далар уггар а кхераме ду. Халкъана юкъара гIиллакх, гIуллакх а дохадо цо. Цундела вайн халкъана хIара санна хала беана мур бац.
Сумбулатов Денис дуьйцу:
– “Адамаша вовшийн дууш зама йогIур ю”, аьлча, тамашийна хетара тохара: “И муха хир дара?” – аьлла. Юьйцуш ерш меженаш ца хиллера. И хиллера хьан хьакъ, хьан къинхьегам, хьан хьацар, хьан рицкъ, хьан цIий…


АЛАРШ

1

“Кхайкхаза веана хьаша – гIезалочул а оьшу”.
ЦIенна оьрсийн кица. Хьаша даима а ларван везаш ву.
Хьаша – Делера ву. Амма кхайкхаза веана хьаша бохург, тIамца веанарг бохучу хьесапе дерзийча, тIаккха а, уггар хьалха, оьрсашна шайна хаа дезара и.

2

Оьрсийн кицано хьоьху: “Хьо тIехь волчу вордан ден йиш лакха”.
Сан амалца ца догIу и, дукхаха болчу наха сих-сиха мукъам хуьйцу.
Нохчийн кицано хьоьху: “Дена тайннарш ю йовхарш”. Иштта нийса хета суна а.

3

Август Стриндберган роман тIера:
Я ему про Фому, а он мне про Ерему.
Садриддин Айнин “Сан дахарх лаьцна” автобиографи юкъара:
…присмотр за двумя лошадьми был возложен на меня по поговорке: “На бедного Макара все шишки валятся”.
“Дохунда” роман тIера:
Богдану бог дал.
Таджикийн Худадад, оьрсийн Богдан а цхьа маьIна долуш ду. Таджикийн аларехь дешнийн ловзар гайтархьама аьлла ду Богдан.
Ткъа Макар, Фома, Ерема а шведийн я таджикийн кхетамца догIуш дац. Книга гочъечу маттахь гуттар а, оригиналца маьIна цхьаьна догIуш, эквивалент лехар нийса дац. Цхьадерг ша ма-дарра дита а деза.

4

Брежнев волчу хенахь Советан пачхьалкхера кхечу пачхьалкхе боьду поезд: “Дума-кхакха, дума-кхакха, кху-у-кх”, – бохуш, халла боьдура, олу. Европера юхабогIуш: “ТIассаш, месаш, басарш, подарш, чIи-и-чI”, – бохуш.

5

Яндарбиев Зелимхас ши дош моссаза олу: “Дуй хьуна”, – олу. Масхадов Аслана, ша президент хоьттинчул тIаьхьа, “рицкъ” боху дош цхьана предложенехь кхузза-доьазза олу.


Рецензии