Дневник. 1998

ДОЬНАЛЛАХ  ЛАЬЦНА

Юха тIом баьлча, кху тIама тIехь инарлаш, турпалхой а хиллачара хIун дийр дара-те, дагадогIу суна цкъацкъа.
Фурмановс Чапаевх лаьцна аьлла ду-кх: майра, къонах стаг вара иза, шен са ца кхоош, амма гIараваьлла командир хиллачул тIаьхьа, дуккха а ледарлонаш юьйлура цунах. Ша верна кхоьрура иза. Тохарлера къонахалла ца хаалора цуьнгахь. Цхьана дийнахь мостагIашца дIаса герз тохар нисделча, гIараваьлла командарм говра тIехьа лечкъина меттиг а нисъелира...
Къонахалла, доьналла, майралла а, дукха хьолахь, къеллица, хьекъална кIеззиг хиларца а йоьзна хета суна. Таро йолчу нахе болчу цабезамца а. Церан хIунда ду, шен хIунда дац?
Цхьа а гIаттам, тIом, толам а къехой юкъахь боцуш хуьлуш, я хила йиш йолуш а бац. Iожаллина, кхерамна а хьалха охьа ца теIа уьш. Билггал бакъдолуш, ялхочун йиса, ян а хIумма яц, шен зIенаш йоцурш (К. Маркс).
Цундела, жимма а даржехь волу, шен балхах, доьзалх, карадогIучу соьмах а Iехалучу стага, хIумма а воккхаверца тIе ца лоцу тIом. Шен дегIах а кхоам хета цунна, са а мерза хета.
Кхин хIун бахьана ду, хIара тIом баллац, оьрсех летта бала кийча хиллачу вайн куьйгалхойх цхьа а велла ца хилар? (Дудаевх дерг а дац нахана ма-дарра хууш я хоуьйтуш.) Мел дукха министраш, хьаькамаш а бара вайн. ХIумма а кху шайн мискачу халкъах баша а ца бешаш.
– Ва-а, ма баккхахьара аша тIом! Тхуна ца оьшура и. Тхуна хиънера эшамийн къахь, машаран мах а. Ма хIаллакдайтахьара вай, – бохуш, адам делхарх, тIама кIел кхийсира.
ТIама кIел а кхийсира, и гIийлачу нехан гехь а бисира.
Ас уггар а чIогIа зийнарг: маьршачу хенахь хьуна, нахана а къонахий хеташ, царна шайна а иштта моьттуш, хилла болу нах ледара, осала а карабар; юьртахь бу-бац а ца хиъна, даима тийна-таьIна лелла нах – къонахий а хилла дIахIиттар а.
Юха тIом баьлча, кху тIамо кхоьллинчу инарлийн, турпалхойн а реакци муха хир яра-те, баланаш хьегначул тIаьхьа, дахаран марзонаш евзича, тахана шаьш таронаш йолуш дехачу хенахь?.. Я юха а, тахана нахана муьлш бу а ца хуучу, нехан гехь буьсур бара-те и?
ГIАРОЛЛЕХЬ
ХIума йиина ваьлча, ша цхьанхьа тIаьхьа вуьсуш латтахь а, сихха дIавахча эхь ду моьттуш, цхьаверг хьелуш меттиг йогIу. Цхьаволчо, забар ечуха: “Вуьзначул тIаьхьа суьйличун бIаьргаш неIаре хьоьжу боху”, – олу, бехказлонна. Цхьаболчара и кица вочу маьIнехь кхетадо. Амма: “Вуьзначул тIаьхьа виснарг кIиллу лерина”, бохучо хоуьйту, нохчашна суьйлий кIиллой хеташ ца хилар. Кхин цхьа тоьшалла а ду цунна: “Вуьзначул тIаьхьа Iийнарг стешха лерина”.
…Шайн гIуллакхана Куршлойн-Эвла веъанчура, со волчохь хьошалгIахь нисвеллера Айдаев ЮшаI, Минкаилов Абубакар а. Юург схьайоллушехь книгашка хьоьжуш Iийна, хIума кхаьллина ваьлча, гIала дIакхача сихо волчу ЮшаIа элира:
– Сайд-Хьасан, вай хийра нах а дац. Ахь тхойшинна, сихвелла дIавахарх, бехк а буьллур бац. Вайнехан олуш Iедал ду: “Вуьзначул тIаьхьа Iийнарг стешха лерина”. Хьаха делччура, ас дукха ойла ма йинера оцу кицан. Цуьнан маьIна хIун ду хьуна аьлча… Имам Шемалан заманахь, гIароллехь лаьтташ болу эскархой, шайн рожехь, ламазна чу а богIий, хIума а юий юхабаха безаш хилла. КIадделлачу дегIана садаIа, дIатовжа а ма лаьа. Арахь шийла а ю, вен а тарло. Чохь хаза йовха ю, кхераме а дац. Хьевала, виса а лууш верг а хилла хир ву-кх. ХIетахь кхолладелла ду и кица: “Вуьзначул тIаьхьа Iийнарг стешха лерина”.


КЪОВСАМ

1

– Хи чура чIерашна а хаа, оьрсаша вайна маршо лур йоций…
– Маршо луш яц, яккха езаш ю.

2

Прибалтикан цхьа республика. Сейман кхеташо. Юкъадиллина ши хаттар ду:
– пачхьалкхан экономикин хьал;
– Россица кхидIа йолу юкъаметтиг.
Депутатех цхьамма боху:
– Вай Россица тIом баккха беза!
– Росси ницкъ болуш пачхьалкх ма ю. Цара эшор ма ду вай, – боху кхечо.
– Эшийча хIун ду? – къар ца ло тIом бан беза бохург. – Хьовсийша, Россино мел эшийна пачхьалкх ехаш ю-кх, Франци хийла и я Германи…
– Ичкери санна, ца хууш, вай толахь? – боху шолгIачо.


ТОНИО КРЕГЕР

Дахарехь шеца хиллачух лаьцна яздан ца деза, аьлла хеташ бу цхьаберш. Яздархочунна коьртаниг – фантази, сурт хIотторан ницкъ а бу. Цара дийцарехь, произведени хиллачун бух тIехь а йоцуш, дахарехь хила тарлучун бух тIехь хила еза.
Йоккха башхалла хийтира суна Томас Маннан “Тонио Крегерн” 1-чу, 2-чу а дакъошна юкъахь. Хьалхара ах – исбаьхьаллин куьце дерзийна дахар дара. И хазахеташ йийшира ас. ШолгIаниг – чохь “са” доцуш кхоьллина,   искусственно тIехIоьттина. И халла йийшира ас.
Барамехь йоккха а йоцчу цхьана произведенино, шина тайпана битам кхолларан бахьана, оццу авторан “Сан дахаран очерк” тIехь карийра суна. Суна хаза ца хетта дакъа (оьрсийн йоIаца къамелаш, дерзор а) дахарехь хилла а доцуш, ойланехь кхоьллина хиллера цо. Хила тарлучех ма дара и а.
Яздийриг, шеко йоццуш, дахарехь, хьоьца ца хиларх, кхечуьнца хилла а, цхьа бух болуш хила деза: истори, фольклор, хьан хьайн дагалецамаш я нехан мемуараш.
Бух боцуш кхоьллинчу а, цхьана дагалецамийн бух тIехь язйиначу а произведенешна юкъахь дийна адамна, тайнигна а (дакъа ца ала эли ас и) юкъахь йоллу башхалла ю. Дахарехь хиллачо, леллачо а, пхенаш чухула лелачу цIийно санна, денйо произведени, чу са кхуллу.


ВЕЖАРИЙ
 
Взгляни на братьев, избивающих друг друга. Я хочу говорить о печали.
Шакья Муни.

Ибо, павшим в братоубийственной войне, к вековечному блаженству путь был заказан.
Г.Сенкевич.

1

Барт бацахь – гIургIаз, гIазакхийн чIара, искогберг а.

2

Цхьана юьртахь ши ваша хилла, наха чIогIа барт болуш ву олуш, дика цIе йоккхуш. Шинне а цхьатерра цIенош дина, цхьатерра чохь барзакъ а хIоттийна, кара деана сом а цхьатерра доькъуш хилла цу шимма.
Мухха а цхьана сарахь, чайна стака а молуш Iаш, шайн зударшна хьалха дозалла дина-кх цу шимма:
– Дера ду тхо юьртахь а тоьлла кIентий, наха кицана а далош, – аьлла.
– Тхуна кураллаш ма е, шун барт хуьлуьйтуш дерш-м тхо дай, – аьлла зударша.
– Аша хIун дина барт хуьлуьйту тхан? – цара дуьйцучух ца ваьшна ши ваша. – Мелхо а тхойшиъ ву-кх шуьшиъ бертахь латториг.
– Делахь хуур ду шуна кхул тIаьхьа, – аьлла зударша.
Цул тIаьхьа дукха хан ялале, уьстагI бийна шина вашас. Гуттар санна, жижиг нийсса юккъехула декъна, шайн-шайн чудаьхьна цу шимма.
Воккхаха волчун зудчо аьлла:
– Ца лору хьо хьан вашас.
– ХIунда боху ахь? – цецваьлла майра.
– Дера боху, суна шуьшиъ вевзичхьана, цкъа а цо хьоьца гIиллакх ца лаьцна дела.
– Кхин хIун гIиллакх лаца дезаш дара цо соьца? – хаьттина воккхаха волчо.
– Хьо воккхаха волу ваша а ву, хIа, аьлла, цкъа а цхьа кийла мукъане а жижиг сов деллий хьуна? Ца делла. Гуш ду-кх и. Ахь садеттар бахьанехь, нахала ца волуш лаьтташ ву-кх шуьшиъ.
– И-м ас хIинцца эр ду цуьнга, – аьлла, араваьлла воккхаха волу ваша.
Жимаха волчун зудчо а аьлла шен цIийнадега:
– Ларар-м хьехо а ца оьшу, хьо веза а ца веза хьан вешина.
– ХIунда бохура ахь? – хаьттина жимаха волчо.
– Дера боху, цкъа а, со шу керта еъчахьана, хIа, хьо жимаха верг ву аьлла, хьоьгахьа озабезам бина, цхьа кийла сов даьккхина а, цо хьуна жижиг делла ца хиларна.
– И-м ас хIинцца цуьнга эр ду, – аьлла, аратасавелла жимаха волу ваша а.
УьйтIахь, и шиъ вовшашна тIе кхачале, уча яьллачу шина зудчо мохь тоьхна:
– ХIей, юхаверза ший а. Оха аьллерий шоьга, шун барт хуьлуьйтуш ерг тхойшиъ ю?
Ши ваша юьхьаIаьржа хIоьттина, шайн-шайн чувахана.

3

Массо зуда а яц оьздачу цIентIера схьаяьлла, иманехь, исламехь кхиъна а. Зуда шен хьекъале хьаьжжина лелар бохуш, майра хила ца веза Iовдал. Вежарша, дукха хьолахь, вовшийн муьлуш бу а ца хуу, вовшех дог лозуш а боцу зударий балабо. Ишал тIехь некъ лоьхуш, гIаж эцна хьалхаваьлла воьдучо санна, марзошна я кхиношна кIез-кIеззиг олуш, цкъа майра зуьй зудчо. Шена мегар дерг-доцург а толлуш. Майрачо юьхьанца дуьйна и терго йоцуш дитахь, эххара шен болчех а хадаво иза зудчо. Зуда массарал а хьайн гергара хеташ велахь, алал церан цIерачарна и реза йоцу хIума. ТIо биина цициг санна, хьовзор ву хьо. Хьан вархIе а ден агIор дерг, доцург а тIехтухур ду хьуна. Зудчо а лардеш долу, шен цIерачийн сий ца дардеш волу къонах, цуьнгахь марехь Iаш елахь а, стаг ца хета зудчунна.
Ошшада биллахI, бакъ ма ду хьуна!
Вежарий, шайн-шайн зударша аьлларг схьа а лаьцна, вовшийн карах белча, кхечаьрга маре гIур ма бу уьш:
– Нах ца хиллера хьенехан бераш, – аьлла.
И хаа дезара вежаршна, шаьш зударша бохург схьа а лаьцна, вовшашка эвхьаза дош алале.
Хьайн зудчунна хьо къонах хета лаахь, цо бохучунна тIаьхьа а ца хIуттуш, айхьа бохург дайта цуьнга. Зудчунна кийра доьлла, шен марзой ца боьзуьйтуш долчу, шайтIан букъ каггабе.

4

Гуьмсе. Июль беттан юкъ. Мажош йолчийн, йоцчийн а дов. Вийнарг, кхайкхош верг а шовзткъе итт сов стаг. Царна юкъахь маьрша нах а.
ХIун ду цара къуьйсург? Муха ю оцу тIехь Iедалан позици а?
Суна хетарг цхьаъ ду. Нагахь санна кху чохь мажош йолчийн ницкъ сов балахь, царна тIаьхьа хIиттинчийн го тамлахь, кху чохь баккъал а бусалба пачхьалкх хила тарло. Цунах кхоьрий-те вайнах, бусалба пачхьалкх кхайкхош долу хIара Iедал а?
Оцу сурте бен ца хетарца хьоьжу нах.
Мажош йолчех цхьаъ вийча:
– ДIаяхахь, боьха хIумнаш яра уьш-м, ваххабиташ ма бу уьш, – олу. Кхин  цу дешан маьIна дан а ца хууш, я оцу наха лелочух а ца кхеташ.
Вукхарах стаг вийча:
– ДIаяхахь дIа! Жоьлгаш яра уьш-м. Ерриг а наркоманаш, – олу.
Дехьа агIор, сехьа агIор а хIаллак хуьлуш берш нохчийн кIентий хилар ца го. Муьлххург вийча – а вайна эшам бу.
Оьрсийн эскарш кху чура арадовларх, вай декъа а декъна, вайна тайп-тайпана цIераш техкина, вайна юккъе питана, цабезам а боьллина, вайна юкъахь дуккха а шайн агенташ а битина бахана уьш.

5

Эльмурзаев Сираьждин гулар тIера Цхьогалх, Барзах, НIаьнех а лаьцна туьйра дагадогIу суна.
Цхьогал, Борз, НIаьна а, юьрт йилла дагахь, вовшахкхетта. Борз ижуна яхана. Борз гучура яьлча, НIаьна яа дагахь, тIекхетта Цхьогал. ЦIога Цхьогалан карахь а дуьсуш, цунах яьлла, дитт тIе хьалаяьлла НIаьна. Мацца а Борз схьакхаьчна, юург а йохьуш. Га тIера НIаьна а охьайоьссина.
– Хьан цIога мича дахана? – хаьттина Барзо.
– Цхьогало катоьхна-кх, – аьлла НIаьно.
Борз Цхьогална тIекхетта. Цуьнан багахь шен цIога а дуьтуш, Цхьогал дедда даьлла цуьнгара. Шен бун чохь цу белхан ойла а йина:
– Вай вовшийн цIоганаш дахахь, вайчух юьрт йиллар хир дац, – аьлла Цхьогало.
Цхьа барт а хилла ницкъ гулбечу меттана, вайна юкъа туьйсу питанаш схьа а лоьцуш, агенташна тIаьхьа а хIиттина, вай вовшех леташ Iийча, вайчух пачхьалкх хир юй-те?


ЦОМГАШНИГ

Цомгашчунна гергарниг, шена везарг а тIеван, царах марзо эца а лаьа. Велча-м нах а богIур бу…


ДУЬНЕ КХОЛЛАР

Эмкал гIамарш юкъахь лелачарна кхоьллина Дала.
Вир – ломахь лелачарна.
Цу масалца го, мел хьекъалца кхоьллина, шен-шен метта дIанисдина Дала массо хIума а.
Ломахь эмкал тIера чукхетча, букъ бойна ца Iаш, цхьана кIоргачу Iинах вахана лийр ву. ГIамарш юкъахь кIеда вуссур ву.


ДУЬНЕ КХОЛАР

– Оьздангаллийн министерство хьалха лаьтташ дара тхо, – дуьйцу Ибрагимов Лемас. – Гулбеллачу наха юкъара цхьаъ шун юьртара вуй хиъча (воккхо стаг вара-кх иза; вевза хир ву-кх хьуна шайн районан оьздангаллин декъан заведующи?) ас ма хаьтти цуьнга: “Кацаев Сайд-Хьасан вевзий хьуна?” – аьлла. ТIом чакхбалаза хан яра и, оьрсий тоьлла бевлла аьлла хеташ. ГIала яьккхина оьрсийн эскарш дара. Оппозицехь волу куц дара и стаг. ХIокхунна хьан цIе яккхар товр дац бохург-м, дагахь а мича ду суна? Хьо гина воцуш: “Дийна мукъа вуй-те?” – аьлла хетара-кх. Хаза де ма дара и. Къегина малх хьаьжна. Хьо хIун деш ву-те, аьлла, хаьттича, халла, дог ца догIуш, жоп дели. Цо лелочух ца кхеташ, Такалашов Султан а ма хаьтти ас цуьнга… Оцу минотехь, мархаша малх дIа а хьулбина, де кхоьли. Цо хIун боху хаий хьуна соьга? “И цIераш а яьхна, хIара дуьне кхолий-кха ахь” – боху-кх.
– Дуьне дера кхолор дара ахь цунна Тазбаев Суьлим, Баиев Iусман а хIун деш ву аьллехь, – велало со. – И шиъ, нохчийн агIор хилар сов, дукха хенахь дуьйна наха цуьнан метта хьалха тоьттуш вара.


ТАЛЛАМХОЧУН ТИДАМНА

…Как мимолетное виденье,
Как гений чистой красоты.

Дуьххьара и стихотворени ешчахьана дуьйна: “ЙоIан хазалла “гений” бохучу дашца хIунда юьстина поэта? – ойла йора ас. – И билгалъяккха кхин а юххера, кхин а хаза дош дацара “ангел”? Мел делахь а, йоIана, безамна, цIаналлина а гергара а хетара и. Ткъа хIунда яздина “гений”? Суна хуург ца хууш хилла-те Пушкин?”
И хаттар, гIеххьа дагахьбаллам буьтуш, дуккха а шерашкахь схьадеара ас. ДIаладоьгIча, ширачу Римехь (Пушкинчул а дика хьанна хуур ду и!) “гений” бохург – “адаман доладархо” бохучу маьIнехь лелаш хилла. Синоним – демон, са. Дика я вуо.
Тахана вай “гений” бохучу дашна чудуьллу маьIна хьекъалан барамца, кхоллараллин стагца доьзна ду. Масала, Пушкинан гений. (И дара соьга ойла яйтинарг а.)

Я помню чудное мгновенье:
Передо мной явилась ты,
Как мимолетное виденье,
Как гений чистой красоты.

Кхоллараллах дика кхета, хьайн заманан мотт хаарх тоьаш дац. Яздархо, поэт а ваьхна зама а (шуьйрачу маьIнехь) йовза еза. Цо хIора дашна чудиллинчу маьIнан юх-юха ойла йина бен, хьесапаш дан мегар дац. Къасто деза, муьлха литературо, муьлха культуро тIеIаткъам бина хIокху я оцу авторна. И хиъначул тIаьхьа бен талламхочун жамIаш нийса, мехала а хир дац. Дийцинчунна тоьшаллина ду Кюхельбекерна лерина могIанаш: “Да сохранит тебя твой чистый гений / Под бурями и в тишине”.


МАЬХЬАРИЙ ХЬОЬКХУРШ

Малх а, ша ека дела гIотту моьттуш йолу нIаьна санна, бу вайн пачхьалкхан гIуллакххой.


АЬХКЕННА ТIАЬХХЬЕ ШИЙЛА ГУЬЙРЕ

Сайн дахарехь ас мел ешначу, адамаша язйиначу книгех, уггар хьекъале, кхетам болчунна пайденна а шиъ ю:
1) Шен цомгаша волу воккхастаг-да, кIажа а хаийна, шен берашца, зудчуьнца а хIума юуш волчу стагах лаьцна туьйра.
ТIекхуьуш волчу кIанта олу шен дега:
– Дада, къанвелча, ас хьо а иштта кIажахь кхобур вуй?
2) И.А.Крыловн “ШайтIанан дин, зинтиг а” боху лачдийцар.
Аьхкенна тIаьххье гуьйре йогIур юй ца хууш, иллеш бохуш, хелха дуьйлуш лелла шайтIан дин санна, цхьаберш, шаьш гуттар а къона, могаш а хир бу моьттуш, дууш, молуш, сакъоьруш лела. Зинтиг санна, шайна цIа дан гIерташ, доьзал дIатарбан гIерташ бохкучех баша а ца беша.
Амма аьхкенна тIаьххье шийла гуьйре йогIу. Къоналлина тIаьххье – къаналла. Могашалла а оьшу. Аьттонал а хьалха доьзал болу. Стаг дакъаза волу. ТIаккха, дуьненна а оьгIаз оьхуш: нехан хIунда ду? шен хIунда дац? бохуш, ша волчарна а бале волий, лела. Хьерадаьлла жIаьла, цхьанна-шинна катоьхча, топ тухий доь, нахана кхин бале далале. Адам ду бохуш, хьераваьллехь а, стаг воьйла дац. Ткъа и массо а вен гIерташ лела. Ша воцург цхьа а ца веза цунна.
Дуьненчохь йоккхучу хенахь коьртаниг бусалба, керста а хилар дац. И хьо виначу меттигах, вехачу махках, хьан къомах, дех-ненах а доьзна ду. Коьртаниг – иманехь хилар ду. Хьо иманехь вацахь, цхьаьллиг цхьа гIуллакх а дIагIур дац хьан. Бисмилла аьлла долош дацахь, цкъа а ког хIуттур бац хьан. Ялсамане-м… тIебоьду некъ а гур бац хьуна.
ТIаьхьа-тIаьхьа кхета со. Ахь мел корта лебарх, хьо мел кхето, нисбан а гIертарх, Дала ша ца нисбахь, нислур боцуш, иблисан карахь дукха нах бу. Ишттачех аьлла ду Дала: “Царна хезар дац. Уьш кхетар бац. Дегнаш тIе тоьхна мухIарш ду церан”.


ТIЕМАН ХЬОКЪЕХЬ

ХIокху тIамах ас сайна дина, схьаэца луучунна дIакховдо а, цхьа жамI ду: хьайн кийра батIа а бина, Данко санна, нахана маршоне боьду некъ серлабоккхуш, ахь хьайн дог лаккха дIалаьцча а, гIора кхача а дина, цIий оьхуш хьо висча, тIаьххьара детталуш долу хьан дог хьаша а хьаьшна, дIагIур болуш бу хIара нах. Цул тIаьхьа хьо дагавогIур волуш, хьоьх бисинчу доьзалца бала хир болуш а стаг вац.
Адаман дахаре кхочуш хIума дац кху дуьнен тIехь. Стага ша ларван веза. ГIазотан йозалла хууш болчу молланаша а ца беш болу, гIазот кхайкхочара, церан доьзалша а беш ца хилча, даржаш, пачхьалкхаш, даьхнеш а къуьйсуш болчу хьаькамаша а беш боцу, тIом ахьа а бан ца беза.
Ишттачу хьолехь стеган уггар а коьрта декхар – пачхьалкхах, цхьаннех а тешна а ца Iаш – шен доьзал, шен гергарнаш, шен бала берш, шеца бала берш а тIамана кIелхьара бахар, къаьсттина бераш, зударий, баккхийнаш а, уьш ларбар, дIатарбар, кхабар, Iалашбар а, нахана, хьайн ницкъ кхочу накъосталла дар а. Хьуо вала а волуш тIом ца бар. Даккхийчу, дезачу къамелех Iеха цавалар. Айхьа уьш цадар. Муьлххачу хьолехь а, мел хала хиларх, адамалла ларъяр, адаме болу тешам, безам ларбар, хьуо адам дисар а.


Рецензии