Дневник. 1999

КНИГАН НИЦКЪ

1

Цхьа хан яра, ас сайн книгашца дерриг дуьне, адамийн харц законаш а нисдан сатуьйсуш. (Шаьш дIаязъяйта луучу ойланаша хьийзавар бен, цу хенахь яздеш а вацара со.) Амма наха книгаш йоьшуш а ца хиллера. ХIара дуьне ловзочара-м муххале а. Книгаш езачу стеган дагахь хIумма а хир дац, адамашка цIена безам боцург.
Хьуна язъян луу книгаш а, дукха хьолахь, ойланехь юьсу. Ахь яздиначунна тIехь а, кхоччучу барамехь, хьо тIекхийдарг, ахь сатуьйсург, хьайн садиънарг дуьззина ца карадо хьуна. Iаьржачу буса стиглара седа я аьхкенан дийнахь сирлачу хи чуьра тIулг санна, хьаьжча - юххехь, куьг тIе кхочучохь а хеташ, амма… дукха генахь…
Ницкъ а кхаьчна, дагахь ма-латтара книга язйича а, Дала сийлахьчу Къуръан тIехь чул а дика алалур дац цхьаьнгге а. Цу тIехь къастийна ду - хьарам, хьанал, дика, вуо, мегар дерг, доцург а, ялсамане вуьгу некъ, жоьжахати вуьгург а… Амма хIетте а, адамаша, тешаш я ца тешаш, шайниг бен ца леладо.

2

Таханлерчу дийнахь, Нохчийчохь бусалба пачхьалкх кхайкхийна, адам "паргIатдаьллачу" хенахь, паччахьан, министрийн диванехь болчийн а, царна гонаха болчу молланийн а, церан гергарчийн а дахар гуш, гIажарийн, таджикийн а поэзех дика кхета.
Рудаки, Фирдоуси, Хайям, Саади, Хафиз, Джами, Хакани, Низами. Малхбален поэзин седарчий. Царна юкъахь, Гётен дешнашца аьлча, "гIажарша айпе леринарш" а, Делах тешаш хилла хилар билгалдаьлла суна. Омар Хайям-мам гIажарша къастийначу ворхI поэтана юкъавогIуш а вац. И санначех аьлла ду Гётес: "…цара айпе лериначарна юкъахь дукхаха берш сол а гIоли бу".
Омар Хайям, цуьнан могIа-рера поэташ а (ХХ-чу бIешарахь Садриддин Айни, СаIид Бадуев а хьахо вогIу), шайн заманахьлера динан дайн шалхо, церан зуьдалла а ловш кхиъна. Цундела церан кхолларалла - и элийн, моллийн а харц-бусалбаллина (дуьйцуш цхьаъ долуш, лелош кхин хиларна: "Оха дийриг ма де, оха бохург де" бохучунна) дуьхьал  кхоллаелла реакци ю, Накъашбандийн тIарикъат санна. Бусалба Iедалан, динан дайн шалхалло вина ву Молла Несарт а. Иштта, доккхачу декъана, испанин инквизицино кхоьллина Дон Жуанан васт а.

3

Конфуцийга хаьттина:
- Паччахьна хьекъал долу стаг чIогIа оьшу я хьекъал долчу стагана паччахь чIогIа оьшу? - аьлла.
 - Паччахьна хьекъал долу стаг чIогIа оьшу-кх, - жоп делла цо.
 - Ткъа хьекъал долу нах хIунда хIуьтту сих-сиха паччахьан неIаре, паччахь ма ца хIутту цкъа а хьекъал долчийн неIаре?
 - Паччахьна ца хаьа, шена хьекъал долу стаг мел чIогIа оьшу, - аьлла Конфуцийс.
Хьекъал долу нах гуттар а книгаш йоьшуш, язъеш Iачу хенахь, хьекъал доцурш гуттар а дахарехь кхиамаш баха гIерташ хуьлу. ПохIма долу стаг Iилмано, литературо, искусствос Iехаво, дIаоьцу. Цхьа а похIма доцчо, Iер-дахарехь аьттонаш лоьху, карьера йо. Цу кеппара, книгаш ешна нах ца ешначийн кара боьлху. Хьекъал долчу нехан кхоллам хьекъал доцчийн карабоьду. Цигара схьа ю боданечу къаьмнийн дакъазалла. Хьекъал, Iилма долу нах бен Iедале бита ца беза. Къам кхиъна хилча хуьлу пайда Европе хьаьжча гуш ду. Дин цIена лелийча хуьлуш йолу паргIато цхьамогIа Iаьрбийн пачхьалкхаша а гойту.

4

Тахана, Советан пачхьалкх хиллачу лаьтта тIехь, Нохчийчохь къаьсттина, дешначу, хьекъал долчу нехан сий дайина. Хьекъал доцу нах йоццачу хенахь бахамаш а гулбина, хIинццалц туьйранашкахь бен юьйцу а ца хезна, хIаваан гIаланаш йина, префекташ, инарлаш, министраш, шарIа кхелан суьдхой а хилла охьахевшина. И гуш, тIекхуьучу чкъурана гергахь, дешаран а сий дайна. Царна гергахь "хьекъал" - "кхиам" бохург ду. Амма и кхиам цхьана денна бу. И нах я даггара Делах тешаш, я шайн къомах дог лозуш бац. Дукха хан ца оьшу, цара тIекIел мел диллинарг, вовшах мел тоьхнарг а, гIамаран гIаланаш санна, харца.

5

Мел жима делахь а, халкъан кхоллам шен халкъах боьзна хила беза, лулахойн лаамах, сонталлах тешна а боцуш. Кхоллам шен карахь боцу халкъ, тахана нохчий санна, шайна луъучу агIор лоьллуш ловзадо ницкъ болчу лулахоша.
 
6

ХIора стагана а ша нахал сов хьекъал долуш хета. Уггар Iовдалниг а шенччул хьекъал долуш ву. Мел Iовдалчунна а шегахьа дерг дика хаьа. ХIума йоькъучохь, шена кIеззиг дакъа дича:
- Со Iовдал ву-м ца моьтту хьуна? - олу цо.
Хьаькамо а, ша даржехь лакхара мел хили, оццу барамехь ша хьекъална а тоьлуш лору. Дала ша зуьш хиларх а ца кхета и.
Дала даьхница, даржехь хьала ваккхарца, доьзал деборца, цамгарца, диканца-вуонца а, массо агIор зуьш ву шен лай. 

7

- Мел дукха язъярх, цхьа а тIом юха ца тоьхна книгаша, - олу.
Бакъду и. ХIунда аьлча, тIемаш акхачу къаьмнаша, сий дезачу паччахьаша а беш бу. Ткъа цара книгаш ца йоьшу. И ду галдаьлларг.


ШОЛГIА "СО"

Шен амалан шалхо дуьххьара дейтта шо кхаьчначу хенахь евзира шена, яздо французийн яздархочо Альфонс Додес. Шен ваша Анри веллачу хенахь, дас хийцаделлачу озаца: "Вели-кх иза, вели-кх", - аьлча, шен хьалхара "со" доьлхуш дара, шолгIа "со" ойлаеш дара: "Сцени тIехь ма дика хир дара и аз!", - бохуш, дагалоьцу цо.
И шолгIа "со", кхечу тайпана аьлча "двойник", шен кульминаце кхачийна Ф. Достоевскийс, цул тIаьхьа ХХ-чу бIешеран цхьамогIа яздархоша а.
"Кхиазхо" романехь Достоевскийс иштта кхетам ло цунна: "Двойник - есть не что иное, как первая ступень некоторого серьезного уже расстройства души, которое может повести к довольно худому концу".
Кхин цхьа къастам ло цунна Достоевскийс: "раздвоение" чувств и воли. Тахана кинематографехь чIогIа пайда оьцу оцу хиламах. Контейнеран хьесапехь арахоьцуш йолу уьш, цхьана агIор баккъал тIелаца а ца оьшу. Амма уьш теле-видео яьккхина хиларна, тидаме ца эца йиш яц.
Царна тIехь хIиттош йолу проблемаш искусственни хета. Кхиъначу капитализмехь адам цхьалха хилар а го. Шена дика хилчахьана, деца, ненаца, гергарчаьрца а бала бац. Тароно вовшашна херадаьккхина адам, юкъара уьйр-марзо хадийна. ХIора а ша-шена ву. Адаман цхьаллера схьа ю церан гIайгIанаш.
Достоевскийн произведенешкахь стеган ойла шалха ялар, мелхо а, адаман таро ца хиларца доьзна ду, къен, миска, хала воллуш пекъар… Доден шолгIа "со" кхуьуш волчу художникан ойла ю.

ДАЬТТА

Бож-Iелин санна доккха ши мекх долуш, цул башха кхин балхах куьг леташ воцуш, амма къонахчун дог кийрахь долуш стаг ву Улхаев Саламбек.
Хьуна оьшучунна, шен йолчу таронна а, озавелла, кхоавелла а ца Iа. ХIумма а бIаьрмиска вац. Шен долчу хенахь нахана кураллаш а ца йо, доцчу хенахь хIумма а чIеIаш а ца лела. Абубешар, Чора а санна дакх-даккхий къамелаш деш, Курачу Закрин болар дIакхоьхьу.
Эскарера цIа веанчул тIаьхьа, Гуьмсехь гаражехь балхахь волуш, езаелла цунна машенаш. Цул тIаьхьа Бакох товараш дIасакхехьна. Куршлойн-Эвлара, Иласхан-Юьртара а санна (дуккха а шерашкахь ненахой болчохь Iийна) дика девза цунна Бакохан некъаш. Шен кертарчу гIуллакхна тIера вацахь а, машен дика евзаш, мотораш дукха кегийна куьйгаш тIехь дийна меттиг яц цуьнан. ХIинцца хаьхкина воьдуш гур ву хьуна и. Наха "Жигули" а лелор яц цо "Зил", "Камаз" санна аьрха.
ШолгIачу дийнахь, хьо дIахьаьжча, са а хилале веана цхьамма шен моторе ладогIа ца вигахь, шечунниг вовшах а баьккхина, цуьнан меженашна тIе горгам хьоькхуш карор ву хьуна. Юха, цхьа-ши сахьт далале, и вовшах а тосий, говр санна тIехьара чIургаш тIе а хIиттош, дIаиккхина воьдуш хир ву.
Абкаев Дадарс олу: "КIиранах цхьаъ-шиъ мотор вовшах ца баьккхича, цомгуш хуьлу Саламбек".
Хьалхарчу тIеман заманахь, цхьа а ца тешачу хенахь а, нохчийн толамах тешарна, Дадарс Фанат аьлла цунах.
Цкъа Саламбека дийцина дагадогIу суна: "Со гаражехь балхахь волчу хенахь, керла ялийначу "Зилан" капот хьала а яхийтина воллуш вара цхьаъ. ТIехволучу соьга: "Даьтта мел дотта деза хаьий хьуна?" - хаьтти цо. Забар еш ас: "Масло кашу не портит. Юззий чудотта ахь", - ма эли. Со дешна а ваьлла, балха веъана хан ма ю и. Суна дагахь мича ду, хIокхо баккъал а и дийр ду бохург? Юьззина чу даьтта а доьттина, стартер хьовзийна хIокхо. Поршнеш дIаса тоха а елла, даьтта даха меттиг а ца хилла, дерриг а ара ма тоьхна. Моторах гIурт дIа бина-кх. ТIе гулбеллачу шоферша хаьттина: "И хIун ду ахь динарг?" -  аьлла. "Саламбека хьеххера суна", - аьлла хIокхо. И ерриг гараж а, елийна, хьера яьккхинера цо. Цул тIаьхьа кхо-биъ бутт баьккхи цо, соьга вист ца хуьлуш. Кхин оцу гаражехь и гIуллакх дижа ца дуьтуш, шиъ вовшах кхеттачохь боьлуш, болх бан а ца витина, дIавелира иза цигара.


ЭШАМАШ

Шен бераллах, дахарх а лаьцна дуьйцуш: литературехь кхиам хиллалц, ша санна эшамаш лайна стаг хир а вуй те? - боху Додес.
Изза эр дара ас Горькийн бераллах, дахарх лаьцна а, амма Садриддин Айнин "Сан дахарх лаьцна" ешча кхийти со, кхин а яккхий халонаш гина, баланаш лайна а яздархой хиларх. Горький-м, гIаддайча, шен цхьа дегI кхаьбчахьана волуш хилла. Айнин, жима воллуш, да, нана шен куьйга дIадолла, шел а кегийрачу вежарийн доладан а дезна. Ненадас етта гIаж (Горькийн бералла), мел чевне елахь а, лан атта ю дагана, Бухаран эмиран лайша еттачул а. Ша бахьанехь шен ши ваша вер а мел хала ду стагана лан.
Мел хала ду лаккхара кхетам болчу стагана, акхачу тобана каравахар. Цуьнан ойла йича, бераллехь лайначу халонел а бIозза хала ду, гIеметта хIоьттинчу хенахь гIело яр, аьшнаш вар, сийсазвар.
"Культурни революцин" шерашкахь и Iазап хьегна Ба Цзиньс. Муьлххачу хенахь хьеннан а хьан чу а иккхина, хьуна, хьан доьзална а тIехь шена луъург леладойтучул, итт шарахь "етт" хилла, адамийн цхьа а бакъо йоцуш, "дохкохвийларш" язъеш Iачул, Лао Шэн къиза Iожалла а гIоли хетало.
Ткъа Ошаевн кхоллам?
Петарбухан хьуьнан институтан студент-революционер. Яздархо, Iилманча, пачхьалкхан гIуллакххо. Нохчийн революцийн комитетан куьйгалхо. ХIун баркалла хилла цунна цо даьккхинчу Iедалера? Кхойтта шо набахта, царах шиъ   ша чохь волчу камерехь. Карцер чохь (40 градус шело) гIорийна меран юьхьиг, когийн пIелгаш, туберкулез… Ткъе шина баттахь, хIинца-хIинца тоьпаш туху бохуш, Iер. Республика хIаллакъяр, халкъ цIера даккхар. Балха ца оьцуш, книгаш зорбане ца йохуш, КГБ-н "куй" кIелахь латтар, сийсазвар. Амма хIетте а каг ца велла, доха ца делла мостагIчуьнга "цIеран баIар".
Оцуьнга ладоьгIча, хьан ялхийтта шо а делахь, хьо поэт а велахь, къелла, эшамаш а хIумма а доцург ду.

ПРОЗА

Пушкинан прозах лаьцна Л. Толстойс аьлла: "Дукха дерзина яздо-кх цо".
Тхо студенташ долуш сан дийцарех лаьцна Янурсаев Дукха-Вахас аьлларг а дара изза. Масална ша ешначу цхьана книги тIера (авторан фамили дага ца йогIура цунна) дешнаш а далийра цо.
- Хьажалахь, цо карара охьадоьжначу ахчанах лаьцна муха яздо: "монеты… звеня и подпрыгивая, покатились по голому полу". И предложени ахь язйинехьара, "цуьнан карара ахча охьадуьйжира" аьлла дитина хир дара.
- Ахь и охьадоьжна хилар гайтичхьана, книга йоьшуш волчун ойланехь кхийса а луш, керчина дIа ма доьду и, шен гIовгIа а еш. Коьртаниг: кехат ахча ду и я монеташ билгалдаккхар, - элира ас. - Таханлера дешархо, ХVIII-ХIХ-чу бIешерашкахь санна, массо хIума а дийца дезаш, дерригенна а яздархочо кхио везаш а ма вац. "ЦIерпошта леста а лесташ, "шаш-ш-ш" деш йоьдура" ца яздарх, ахь и хьаха ма йиннехь, и сурт дешархочун бIаьргашна хьалха, ойланехь а кхоллалуш ма ду. "Гарт-гирт"-техь, рельсаш хотталучохь, чIургаша татанаш деш.
Цу хенахь "айсберган система" яра суна дагахь. "Айхьа дуьтий а хууш ца яздеш дерг Iаддита. Хьуна айхьа ца яздиний хуург, дешархочунна а хуур ду хьуна". Герггарчу хьесапехь иштта яра и принцип. Ша Хемингуэйсчул а сов маьIнехь кхетайора ас и хIетахь. Доцца ала тарлуш дерг дуккха дешнашца дийцар ца дезара суна цхьанне а яздархочуьнгахь. Цундела ца воьшура ас Диккенс, Теккерей а. "Дуьненан проза литта, Диккенс вуьсур ву", - аьлла хеташ волчу Л. Толстойс а тIаьхьа хийцина шен ойла Пушкинан кхоллараллех. Мел воккхавуьй иза цуьнан чекхъяккхаза йисинчу произведени юкъара цхьана предложених: "Гости съезжались на дачу".
- Вайн заманах лаьцна иштта яздан лаьар-кха суна, - аьлла цо.
Цигара схьа ю "Анна Каренина" тIехь: "Массо а ирсе доьзалш цхьатера бу, хIора декъаза доьзал ша-тайпа декъаза бу. Дерриг а ийнера ОблонскийгIеран цIахь",   боху романан юьхь.
Тахана, Фолкнеран "Дакъа сийсаздинарг" йоьшуш, дейтта-пхийтта шо хьалха сайн доттагIчо далийна масал карий суна: "…и тут он хоть как то справился со своим стыдом и увидел как повернулась его ладонь и не то что швырнула, а стряхнула монеты, которые звеня и подпрыгивая, покатились по голому полу…"
Шен хазалла ю оцу предложенехь а, амма суна цул тайнарг цуьнан чаккхе яра: "…а один пятицентовик попал в какую-то покатую выбоину и скатился по ней с таким суховатым шорохом, словно мышь пробежала…"
Оццу роман тIехь кхин а И. Базоркинан "БIешерийн боданера" Калойс ойуш хиллачу говран масал а ду. Жимчохь, бекъа йолуш дуьйна, буха а волуш уьйуш хуьлу цо и хIора дийнахь. Цундела кIез-кIеззиг тIекхеташ йолу кийланаш ца къаьсташ, цунах йоккха говр хилча а ги туху цо. (Фолкнеран - таргIа.)
Ширачу грекийн исторера схьадогIуш ду и. Чемпион вала лууш волу цхьа жима стаг, таргIа ги а йоьллина Грецин некъашкахула лелаш хилла. Сиха дегI доккхуш, хьекъаш йолчу таргIанах масех шарахь боккха сту хилла. Мел ондачу стаге а атта лаьттах хьалабаккхалур боцу и, цо ги а тухий дIахьош хилла. РогIерчу олимпиадехь чемпион ваьлла иза. 
ДагадогIу, школехь долуш, сан доттагIех цхьамма, Базоркинан роман ешначу хенахь, Калой санна онда хила гIерташ, шайн бедана чу а воьдий, хIора Iуьйрана зарядка йина ваьлча, хIинцца дина эса белш тIе а дуьллий, хьала-охьа хуьйшура. Цкъа эсано букъ, белш бехъеш шен можа гIуллакх а дина, и болх битира цо.
Амма билгалдахарш, къастамаш, дустарш, ремаркаш, метафорш, гиперболаш, аллегореш а цхьана предложенехь дукха хилча, цара сурт хIотточу меттана, мелхо а дохадо. Дешархочунна ницкъ бина ца Iаш, коьрта долчунна тIера тидам дIабоккху.
Цундела яздина Чеховс Горькийга: "Къастамаш тIех дукха бу хьан" (Бунинан дагалецамаш).
- Кхеташ ду ас: "Стаг беца тIе охьахиира", аьлча. Амма кхета хала ду, ас иштта яздича: "Лекхочу дегIахь, чукхетта ваз, цIен маж йолуш, гIеметта хIоьттина стаг охьахиира баьццарчу, хIинца а гIашлоша хьешна а йоцчу беца тIе, охьахиира меллаша, ийза а луш, цхьаннах кхоьруш санна дIаса а хьоьжуш".
Флобера Мопассанна хьехна:
- Хьо дедда доьдучу жIаьлах лаьцна яздан гIерташ велахь, цхьа цIердош, цхьа хандош, цхьа къастам а бу хьуна и дан. Дуккханнах а уьш къасто деза ахь. Дерриг жIаьлеш юкъахь а и жIаьла къаьстар долуш.


"ЗУДА ЯЛОРАХ" ЛАЬЦНА

Дерриш а гIум-арахь Iаш ду вай.
Цхьа а цхьаннех а кхеташ вац.
Флобер.

1

"Суна схьахетарехь, хIора яздархочо а волалуш лелориг ши хIума ца тоар ду: зудий, ахчий".
И дийцар арадаьллачу хенахь, сан вежарех цхьаьннан кара даханера.  ДIавижа дагахь агIор ваьллачу суна тIе а хIоьттина дов дира цо.  Цуьнга кхин вист ца хуьлуш, сайн юьхь ца гойтуш, коьрта тIехула юргIа а даьккхина Iара со. "Ша олург аьлла а ваьлла, дIагIахьара хIара", - ойлайора ас. ЧIогIа эхь хетара суна.
Цхьа тайпа ду адамашна юкъахь, шаьш цкъа а хIумма а ца яздеш, я шайна юххерчара яздан деза аьлла а ца хеташ.
Адамийн и тайпа Ф. Достоевскийн, Д. Лондонан а автобиографически романашкахь гайтина ду. "Униженные и оскорбленные" тIехь и турпалхо тIехьийзачу йоIан да, Николай Семенович Ихменев ву. "Мартин Иден" тIехь   кхуьнан йиша яханарг. Ший а цецвуьйлу: "ХIун карийна те нахана кху тIехь? Ахча а ло те кху кепара хIумнаш яздича? Хьанна оьшу хIорш?" Шайн хила тарлучу невцо (я стунвашас) лелориг дош ца хетахь а, цунах ахча хиларна, и магадо цара, къобал ца дахь а.
Оцу ойлана тIехь нохчий массарал а гена бевлла. Ахь мел яздиначунна юкъахь хIара санна болу могIа къаста а бой, и деста а дой, дастаме хеташ: "Нахана гича а эхь дац и? Нохчийн гIиллакхашца догIуш ма дац и", - бохуш дуьйцу. Таррех леташ, яккхий тоьпаш етташ, цIий Iенош а ца хилча, книга а дош ца хета царна. ЦIий дукха мел Iена а, книга дика хиларан билгало лору. Цу дерригенал а сов, ас яздийриг я ахча луш а ма дац. "ТIаккха эрна нахала стенна волу? ХIунда язъеш ю уьш?" Иштта бу-кх церан кхетам.
Ас хIинца дитина къийсар. Дуьйцучуьнга мелла а ла ца догIа а гIерта со. ЛадогIа воьлча, дагана ницкъ хуьлу. Дуккха а ханчохь меттиг йоьхна лела. Ас айса суо кхоа ца вахь, кхета, ладогIа, со кхоо а кхин стаг вац, атталгIа вежаршна юкъахь а. Вежарех, гергарчех-м ас тIаьххьалц лечкъийна айса яздийриг, къотIалгIа дина бер санна.)
ХIаъ, хIора яздархочо волалуш лелориг   ши хIума ца тоар ду: зудий, ахчий.
Цкъа а, цхьа а нийса хIунда ца кхетате сох? Ас вуьйцург со ву? Ас вуьйцург яздархо ву, муьлхха къомах велахь а. Пушкин, Бальзак, Флобер, Лермонтов, Толстой, Достоевский, Гамсун, Кафка… Царах цхьаберш зуда физически йовзаза кхелхина, вукхарна зударех кхачо хуьлуш а ца хилла. М. Горькийн дагалецамаш тIехь ду, Толстойс хаьттира Чеховга: "Жима волуш зударий дукха безний хьуна?" Чехов, цIий а велла, вист ца хилира. Толстойс, ша-шена жоп луш, элира: "Со-м сеца а ца луш вара".
Дуккха а белхаш бу, хIокху я оццу яздархочун дахарехь зударий, бохуш. Иштта талла йиш яра царна ахча ца тоар а. Церан дневникаш, кехаташ тIехь а гуш ду и. "Со декхар текхна валлац, хьо яла йиш яц хьуна", - яздина Бальзака шен нене.
Ас сайн аьлларг хилча, ткъе итт шо кхаьчначул тIаьхьа, яздархочун таро хуьлуьйтур яра. Къаьсттина кегийчу къаьмнийн яздархойн. Доккхачу къомах болчийн санна, шаьш яздечо аьтто ца бо церан. Амма и хиларо, дуккха а долчунна тIехь, баккхий кхиамаш хуьлуьйту церан. Яздархочунна лушъерг, лаьттах дуьш долу хьаьжкIийн буьртигаш санна, цхьаннах баьIа деба, эрна ца дов.

2

ХIара яздан волалучу хенахь, яздархойн дахарехь Гераклан кхойтталгIачу хьуьнаро дIалоцу меттиг йийцар Iалашо яцара сан. Суна дагаеана ойла иштта яра: "Зударех кхачо цахилар - цхьа а ца езар ду. Цхьа зуда езаш волчу стагана кхин цхьа а гуш ца хуьлу". Оццу Толстойн масалца а гуш ду и. Софья Андреевна ялаяллац (Лев Николаевичан цу хенахь 39 шо хилла), бута еана таргIа санна лелла волу, доьзал кхоьллинчул тIаьхьа цкъа а шен хIусамнанна ямарт хилла вац иза. Амма зуда ялаяр жима стаг волуш нисделлехь, иза сецалур варий хаац.
ДоттагIех цхьамма дийцира суна шайн юьртахочух лаьцна. Зуда ялийначул тIаьхьа, чохь ца соцуш, машенахь араоьккхий сакъоьруш лела иза. Цул хьалха, эхь хеташ, цхьана а кепара юкъаметтиг ца хилла цуьнан зударшца. (Массо а езар - цхьа а ца езар ду, бохург и ду.)
Кхин цхьа агIо а ю оцу хаттаран. Шена зударий мел дукха безахь а, зуда а ялийна, доьзал кхолла ца ваьхьа цхьаволу яздархо. Ваьхьарг а сих ца ло. Шен маршо еза хуьлу цунна зудчул, доьзалал а. (Зуда езар цхьаъ ду, зуда ялаяр - кхин.)
Цхьаверг шена езарг, шен даго къобал йийриг марехь йолу дела Iа. (Иван Тургеневн, Полина Виардон а юкъаметтиг.)
Цхьаволчун, шен даг тIехь мел лаьтташ йолу произведени язйина ваьлча, кхоллало зуда ялоран лаам. "Зудчуьнца йоккхуш йолчу цхьана буса ахтом язлур ю. Дуьнен тIехь цхьа а зуда яц шен дуьхьа оццул энерги яйа хьакъ долуш", - аьлла хетта волу Бальзак. "Адамийн комеди" язйинчул тIаьхьа, кхочуш диначу декхаран синхаамца, доьзалан йовхо, ирс а зудчуьнца лоьху цо (Эвелин Ганская).
Цхьаверг - "гIабали ерг ян а ца йогIуш, гIабали йоцург ялон а ца лууш" (Стендаль).
Цхьаберш, шайн дахарехь дIанисделла низам, вовшашка чIагIъелла марзо йохо, хадо а ца лууш, хийцамаш ца безаш (вежарий де Гонкур, Эдмон, Жюль а).
Къона воллуш кхалхар, дахар дIанисделла цахилар (М. Лермонтов).
Зударех тIех вуьзна, цаьрга сатийса агIо цахилар, царах цавашар (Ги де Мопассан).
Масалш дуккха а ду. Царна юкъахь тIаьххьарчу меттехь дац финансийн бахьана. Массеран а дахарехь коьртаниг   шен цхьалла ларъян лаар, зудчо шен литературе болчу безамна новкъарло йийр ю аьлла хетар, доьзало ша балхана юкъара ваккхарна кхерар а. Оцу моттаргIанех шен синна Iаламат чIогIа ницкъ биначех къаьсттина билгалваьлла шиъ ву -  Гюстав Флобер, Франц Кафка а. "Ялае те, ма ялае те?" - боху хаттар чевне дирзина царна.
"Со дуккха а ханчохь суо хила везаш ву. Ас мел динарг, со цхьалха хилар бахьанехь ду. Литературах хьакхалуш мел доцург бIаьрга дан ца деза суна", - яздина Кафкас шен дневник тIехь. Цул сов, зуда яло кхерар   зудчух кхета, цхьаьнаэ а кхераре доьрзу: "Цхьаьнакхетарх, цхьаьнаэрах а кхерар, цул тIаьхьа со цкъа а висалур вац суо".
Амма яздархочо оццул ларъечу цхьалло а ницкъбо стагана, эшаво. Шен дахарехь зударий мел ца тоьа а - и лазаме долу цунна. Оцу лазамо, яздан луъушехь, яздан а ца вуьту иза. Цигара схьа ду Флобера, Кафкас а цхьа фраза, цхьа абзац язъян гIерташ дийнош дайар. Даг тIехь лаьттачу сингаттамо бала хьоьгуьйту цаьрга а. Кафкина моьтту, шега яз цадалар - хан цатоар, ша балхахь хилар, цIахь паргIат цавитар а ду (къамелаш, гIовгIанаш), амма балхахь а воцчу, шена паргIат Iаш а волчу Флоберан а ма ю изза гIайгIа. "Шен батт йохо езар-кха иштта язъярна", - синош доху Флобера.
Безаман марзо эцаза хилар, цу тIехь соввалар санна, зене ду стагана. Цуьнан амалехь, белхан жамIаш тIехь, болх бабаларехь а хаало, гучудолу и. Шена езачу актрисина госпожа Чиссикна зезагаш эцна теарте ваханчу Кафкас, цунах синтем а ца хилла, цIавеъча дневник тIе яздо: "Зезагийн курсца сайн цуьнга болчу безамна цхьажимма хьаам бан лууш вара со, амма и эрна ду. И литературица, цхьаьнаэрца а бен кхочушхила йиш яц". Амма тIаьххьарчух кхоьруш, шаьш яздечух тасабелла, кхин дуьне ца гуш, наха хIун леладо а ца хууш, беха уьш: "Сан роман - со тIехь кхозу бохь бу, дуьненчохь хуьлуш лаьттачух цхьа а хIума ца хаьа суна", - яздо Флобера. Изза ойла Кафкин дневникаш тIехь а карайо.
Диккенса оццул дукха яздаран бахьанах кхета, цуьнан дахарехь зударша дIалаьцначу меттиган ойлаян еза. Шен дегIан хьашташ кхочушдан массо а некъ лехна цо. ХIоразза а керла-керлачу зудчуьнца йолчу "романо", цхьаъ-шиъ роман язъян ницкъ белла цунна.
Зуда ялаяр - и цхьана хорша нисвалар ду. Жимачу стагана, шен лаамехь ялош вацахь, цIерачара я доттагIаша, нуьцкъала ялийна а, зуда яло еза. Цунна езаш, цо къастийна цхьа а яцахь, шаьш хаьржина яло еза. "Тарлур вуй-те и цуьнца?" - боху хаттар дIадаккха деза. Ший а цхьана чу а доьллина, тIехула догIа тоьхчахьана, барт хир бу церан. Бийца, бийша мотт а карор бу, безам а кхоллалур бу.

3

Айса хIокху деношкахь яздинарг юха доьшуш вара со.
Зуда ялаярх, Флоберан, Кафкин цхьаллех а. Шена езачу актрисина зезагаш эцна, дагна хьаам бан гIиртинчу Кафкас: "И литературица, цхьаьнаэрца а бен кхочушхила йиш яц", - боху жамI до.
Оцу дешнаша дагадаийтира суна ас дуккха а шераш хьалха яздинарг: "Зудчух кхетар санна я цул сов ирс хета суна яздар".
Ас и яздечу хенахь Кафкин дневникаш оьрсийн матте яьхна яцара, суна иза мила ву а ца хаьара.


ЮХА А…

Юха а, со цхьанхьа а балхахь воцуш, киснахь капек йоцуш, нохчийн ду бохучу Iедалх дог диллина, цIахь Iаш нисвели рогIера тIеман юьххьехь. ТIетеIачу цамгарна дарба лело йиш а йоцуш. Жимма мукъане а сайна синтем хилийта, книгаш а йоьшуш, цхьацца яздеш Iа со. Мел цхьалхачу стеган а бу-кх доттагIий: цуьнан книгаш, ойланаш а…
Юха а, хьалха тIом болчу хенахьлера парламент денйина, Нохчийчу тIом бохьуш бу. (Массо а гIуллакхна консерваци йина, шайн дийне хьоьжуш, дIабехкина латтош нах хуьлу Iедалан. Кхечу пачхьалкхашна гергахь, шаьш лелош дерг цхьана бакъона тIехь ду алийта. ХIоразза а охьахао, хьалхаваккха а стаг царна кара а во-кх, законехь къу хийла и, къайлаха агент я набахтера ара а ваьккхина, маж яьшна, тIе кIай коч а йоьхна уголовник.)
Юха а нохчийн Iедало къоман конгресс гулйо, олий цIейо. Даккхий, деза къамелаш до.
Кху дийношкахь Абхазехь волчу Арсанов Вахас боху:
– Оха тохара санна кхоор бац оьрсийн салтий. Оха хIинца, къа ца хеташ, къиза хIаллакбийр бу уьш.
Арсановн, Басаевн а къамелашка ладоьгIча, царна эхь ца хетаре хьаьжча, церан шек ца хиларе, цара адамийн пусар цадаран тидам бича, Азин, Африкан, Латинийн Американ а пачхьалкхашкахь хиллачу тIемийн лидерш дагабогIу суна. Iаьржа мажош йолу аренийн командираш, буьрса инарлаш а, ца бовзарна, сайн жималла а, цхьа къонахий бу моьттура хIетахь. ХIорш бевзича, со кхетта: я уьш, я хIорш а къонахий бац. Цхьана наха, цхьана пачхьалкхаша, цхьана службаша буза а бина, дан дезарг а хьехна, герз делла, эвхьаза а баьхна дIахецна нах бу уьш. Оха лардеш ду шу, аьлла. Цигара схьа ю церан «майралла».
Юха а шайна тIаьхьахIитта нах а карор бу-кх кхарна?
Дукха нисбелла, тоьлла кIентий хIаллакьхилла хьалхарчу тIамехь. Зударийн кучамаш дIа а хеций, Даймохк ларба арадовла бохуш, ДудаевгIара, ЯндарбиевгIара, МасхадовгIара биначу кхайкхамаша гIовттийна. Оцу авантюристех тешна, юьхьанца царна тIаьхьа а хIиттина, баккъал пачхьалкх хиларе сатуьйсуш, дуккха къа а хьегга, тахана шина а агIор болчашна юккъехь бисина кIеззиг нах бац Нохчийчохь. Со я сан доттагIий саннарш.
Уьш ма барра бевзинчул тIаьхьа, балхара дIа а ваьлла цIа веара Iусман а. Махкана тIе кхерам беъча, пачхьалкх йиънарш дIасауьдучу хенахь, шен декхар Президентан ЦIа чу вахар карийра цунна. Кхин тIемаш ца бинехь а (цигахь луш герз дацара), шен ницкъ кхочу дакъа лецира Iусмана. Кхин хIумма ца хьехийча а, шен са дIадала кийча вуй хаийтира. (Иза эзарнаш юкъахь цхьаъ бен воццушехь, сайна юххера масал долу дела вуьйцу ас Iусман.) Шен сил деза, хьоме а хIун хир ду стеган? ТIаьххьара дийнналц цу чура ара а ца велира иза. ЦIеранаш иза мичахь ву, цунах хIун хилла ца хууш, велла я висна аьлла, цхьана а кепара хабар доцуш Iачу хенахь, суна Президентан ЦIа чохь карийра иза.
Цу чохь шелвелла, дикка меттахь а Iийра иза. Ткъа шелвалар, цамгар а (тIехула гуш чов йоцург), нахана башха дош а ца хета. (Суна сайн масал тIехь а хаьа и.) Чевнах-м стаг сихха то а велла, юха а могIаре дIахIотта тарло, цамгаро стаг лоцу… Цул тIаьхьа а, дуккха а нах бистхила ца баьхьачу хенахь, дашца, озабезамца а шен халкъаца вара Iусман.
…Юха а нохчийн паччахь, министраш а дIахIиттира.
Цхьаболу нах баша а ца бешаш, кху белхан мостагIий а хьаькамаш дIатарбелла, Iусман юха а цхьанхьа а воцуш, цхьанне а ца оьшуш, цхьалха висира. Масийттаза ша шен накъостий лоручу куьйгалхойн неIаре вахара иза. Наха Амма церан (миллионаш долларш тIетаттаделлачу) накъостий кхин бара хIинца. ХIара, уьш ларбечарна тIех а ца валалой, хабар дуьтий дIавоьдура.
Iусман ара а ца волуш, Iадда чохь Iара. АтталгIа кетIа ваьлла а. Цо сагатдой, цуьнан дог этIий, цуьнгара хьал дика доций хууш, ас со волчу дешаран декъе балха кхайкхира иза. Юьртахь Iаш волчу стагана вуно дика болх бара иза, наха къийса а къуьйсуш. Суна юххехь тешаме накъост а дика вара. Амма гуттар а пачхьалкхан проекташ хIиттош волчу цунна ца лиира. (Бакъдерг аьлча, луш алап дацара.) Iусман  юха а цомгаш хилира. Молханаш эца а ахча доцуш Iаш волу иза, со къар а ца велла, лоьрашна тIевахара. Кхуьнгара хьал хиинчу дешичас, Улхаев Хьусайна, ша волчу Петарбухе дIакхайкхира иза. Дика таро йолуш Iаш ву иза цигахь.
Iусман новкъа валале къамел хилира тхойшиннан.
– Кегий долуш дуьйна хьоьху вайна: «Даймахко хьо вина, кхиийна. Даймехкан дуьхьа са дIадала деза». Тхан нанас со вина, тхан дас со кхиийна, Даймахко суна хIумма а ца дина, – элира Iусмана. – Кхин соьх а тешна тIом ма боккхийла кху Iедало. ЮьхьIаьржа хIуьттур бу хьуна уьш.
Цул тIаьхьа дукха хан ялале, накъосташна юкъахь и хьахаделча:
– Хьалха Iусманах а тешна баьккхина бара и тIом? – элира цхьамма.
Иза ца кхийтира. Суна гергахь «Iусман» бохург нохчийн халкъ ду. Кху Iедало я хьалха, я хIинца а пусар ца дина долу. Шен халкъан сий ца дина нах, дуьненчохь, эхартахь а декъаза хир бу. Кхул тIаьхьа гур ду и шайна а.


ТIЕМАН ЮЬХХЬЕХЬ

Я стою за республику, как форму правления, но Республика должна будет выгнать вон всю эту шайку конокрадов,  которая  завела ее в тупик… Можно ли найти еще народ,  вожди которого  были  бы  такими истинными его врагами.
Э. Хемингуэй.

1

Джанаралиев Iимран волчохь хьошалгIахь ву со, Цуруев Шарип а. "СтелаIад" берийн журналан редактор ву Iимран. Шина-кхаа шарахь масех номер бен арахоьцийла ца хили цуьнан. Ахча дац. ЯлхалгIачу микрорайонехь йоьалгIачу этаж тIехь Iаш ву Iимран. МаьI-маьIIехь еш йолчу кхиссарийн татанаш дика хеза кхузахь. ТIом кIез-кIезга богIуш, герга кхочуш бу.
Хьалха, тIом цIеххьана гIали чу а кхаьчча (и бер бу я бахлур бу бохучух тешна а боцу), дуккха а нах шайна тIехь ерг, когахь ерг бен йоцуш бисира. ХIинца цхьадолу адам хьалххе арадаьлла гIалара. ХIетте а, хIара дIадоьрзур ду бохучух тешаш, дикка адам ду гIалахь, зударий, бераш цхьаьна. Я баха меттиг юй? БасаевгIар, ДегIастана лилхина, доккха "баркалла" эли суьйлашна, хьалха нохчий тIе а лаьцна лелабарна. ХIинца царна а ца деза вай. Цундела нах мелла а ГIалгIайн махка бирзина. Жимма а шайн таро ерш Москва, Киеве, Тюмене, Бишкеке кхечахьа а дIабахана. ХIара бозбунчаллаш кIордийна нахана. ХIокху мехкан доладан стаг вац…
Нохчийн пачхьалкх, цуьнан тахане, кхане а юьйцуш Iаш, Шарипа элира:
- Бусалба хила пачхьалкх оьшуш яц. Бусалба - Россихь, Германехь, Францехь, муьлхха пачхьалкхехь а хилало. Ца хуьлучу даьлча, Iаьрбийн пачхьалкхаш а ю. Пачхьалкх - культура кхио оьшуш ю. Шен къоман культура. Кхин Iалашо яц цуьнан. Ткъа и кхара хIаллакйина.
Iимрана боху:
-  Нунуев Сайд-Хьамзата элира: "Вайн халкъан генофонд ларъян, дуьненчухула дIасадаха деза вай".
Девзаш ду Авторханов Iабдрахьманан, Мамакаев Iаьрбин а масал. Iабдрахьман веана Iаьрби волчу:
-  Кху махкахь Iар вайна кхераме ду. Со дIаваха воллу. Хьо вогIий соьца?
Поэт хиларе терра, шен дог дуткъа долчу Iаьрбис:
-  Даймахках ца валало, - аьлла.
Iабдрахьман, немцошна тIе а вахана, Германе дехьа ваьлла. Дукха хан ялале Iедало Iаьрби лаьцна.

2

-  ДIадахийта вай. Ков-керт, квартира а дIайоьхкича, некъана, цигахь дIатардаллац а, карара ахча тоьар ду вайна. Кхин баккхий бахамаш ца гулбахь а, кху юкъахь эрна хIаллакьхуьлучул, доьзалшка деша а доьшуьйтуш, хене девлича а доккха хIума дара-кх. Пхиъ-итт-пхийтта шарахь цIаван оьшуш а дац. Наггахь хьажахотта вогIуш, вайна безарш цига дIабуьгур бу. Кхане гуш йоцуш, литературана, цхьанне хIумана а ойла тIейоьдуш вац-кха со.
- Баккъал, дIадахийтахь вай, -  юха-юха олу доттагIаша.
-  Кисанахь шишай доцуш, вай хьанна оьшу? Ахча, машенаш ерш дIаболхарх, вай хIун лелор ду? Къелла шен цIахь атта ю лан. Деман гали кхачийча хьаьнга доьхур ду ахь?   
- ТIом беш ца хилча, цхьа а маьIна ма дац вай цIахь Iер. ТIаккха тIаме гIуо вай? Цаьргахь ахча а хуьлу, хахка машен а. Дийна виса йоккха шанс а ю.
- Уьш санна лелалур дац вай. Шайн тобанах воцург ца веза царна. Дуьххьарлерчу тохарехь кIелкхуьйсур дара  цара вай. Дийна дисча а, тIом дIабаьллачул тIаьхьа кIелонаш еш, ямартлонца байина тоьлла кIентий санна, шаьш хIаллакдийр дара. Хьалха лелийначу бахьанашна вайна хилла баркалла а гуш ду. ХIинца хьаькамашка, динан дайшка, Нохчийчоь йиинчаьрга а бойтур бу вай…Шена ваха луург дIагIо. ХIинца а тIаьхьа дац.

3

Iуьйрана зорбанан ЦIахь Шамсудинов Бувайсаран кабинет чохь вовшахкхета тхо: Амагов Докка, Ибрагимов Лема, Матаев Анзор, Шарип, со а.
ХIун дан деза вай? ХIун ду вайн карахь? ХIун далур ду вайга? Иштта, хуьлуш лаьттачун гIийла тешаш а хилла Iан йиш юй вайн?
Дуккха а дуьйцу, къуьйсу оха.
1994 шеран тIеман юьххьехь тхайн цхьаьнадеттадалар дагаоьху суна. ХIетахь тхо тIе ца кхочуш, шина а агIор цхьа а хьаькам ца висира. Уьш цхьаьнатоха, вовшашна дуьхь-дуьхьал бало, цхьана стоьла хьалха охьаховшо гIерташ. Амма уьш берриш а иблисан марахь карийра тхуна. Кхетам болуш, шен халкъана ямарт воцуш, шен амбицеш тIехьа а теттина, къомана пайденна долчуьнга ладогIа, и кхочушдан а стаг вацара царна юкъахь. Цу хенахь "тIеман машен" дIайолаялале а дан ца делларг, хIинца муххале а далур дац.
Испанехь хиллачу тIеман декъашхочун, ингалсан яздархочун Дж. Оруэлн аьлла ду: "Испанийн тIом берзар Лондонехь, Парижехь, Римехь, Берлинехь мичхьа а къаьсташ дара, Испани йоцчохь".
Нохчийн тIом балар, берзар а Нохчийчохь къаьсташ дац. И Москвахь, Вашингтонехь, Тель-Авивехь, Стамбулехь, Лондонехь а, Нохчийчоь йоцчохь, мичхьа а къаьсташ ду. Орамаш цигахь ду, архаш а цигарчийн карахь.
Кремлехь ши ницкъ бу тахана: цхьаъ Росси йохош, юхкуш, юуш; важа - Росси чIагIъян гIерташ.
Церан берриг а къовсам Нохчийн лаьтта тIехь дIабоьдуш бу.
Хьаьнца бу БасаевгIар, АрсановгIар, МасхадовгIар, ЯндарбиевгIар, УдуговгIар? Нохчийн пачхьалкх ян гIертачаьрца я хIаллакъян луучаьрца?
Басаев, Хаттаб а ДегIастана тIом бан вахар - тIеман политикин заказ ю. Москвахь лелхийтина цIенош, оьрсийн халкъан дог-ойла нохчашна дуьхьал яккха а, шаьш боло дагалаьцначу тIамна дуьхьало ца яйта, лерринчу службаша кхочушдина гIуллакх ду.
Хаац, со сайна безачу балхахь волуш, таро йолуш, Iедало сий-ларам беш, соьца болх къийсинчара, цаьрца бертахь хиллачу цхьацца даржашкарчу наха а ямартлонаш ца лелийнехьара, я оьрсий вай IадъIашшехь тIелеттехьара, суна со а декхар хета магара тIаме ваха.
Iедалера, нахера а суна гина хIума дац, харцо бен. АтталгIа хьалхарчу тIамехь а.
Кафкин дневник тIехь ду-кх: "Маьршачу деношкахь кхиамаш бац хьан, тIеман шерашкахь цIий Iена хьан".
Со санна Iовдалчу нахах аьлла ду и. ХIинца хьекъале хир со а.
Шаьш диинчара бан беза тIом а. ХIинца шаьш листа.


ЯЗДАРХОЧУН КХОЛЛАМ

Японехь сэлэримен олу алапах тешна волчу стагах. Ишттачу нахана хене бовла цхьа Iедал, къепе а еза. Болх бан меттиг, шен хеннахь схьалуш алапа. Со цу дерригенах а хадийна хIинца бархI шо ду.
Оцу бархI шарахь цхьаболчу наха инзаре бахамаш би. Цхьаберш, Александр Дюма-да санна, уьш хахка а кхии йоццачу хенахь. Советан Iедал духучу муьрехь Россихь нисбеллачу кегийчу нехан кара дика хIума еана. Цхьаболчеран шайн доьналлийца нисделла и, вукхеран тIехьийзачу оьрсийн йоIехула я цуьнан цIеранаш бахьанехь, кхечеран лерринчу службех тасавелла хиларна. Дашочу пха тIе нисваларна я жуьгташа юкъаозийна. (Цигара схьа ду нохчийн анекдот а. Жуьгтийчо аьлла: "Оха нохчашна оза етт беллера, цара и урс хьаькхна бийна". Нахана "хIаваан" ахча бохург хIун ду а ца хуучу хенахь дуьйна, массо а хенахь кIез-кIезиг шайн гIуллакх а деш Iийна бу уьш. Ларлуш, гучадовларна а кхоьруш. Нохчашна шаьш и дерриг а цхьана дийнахь чутоха деза моьттира. Дукхаха йолчу варианташкахь, чутоьхна ахча банкан дайшна, Iедална а дIадала дезаш дара, кIеззиг долу дакъа шайна а дуьтуш.) Мухха хиллехь а, коьртаниг   пачхьалкхан программа бахьанехь ду. Йоццачу ханчохь капиталисташ кхоллар, юкъараллин, пачхьалкхан а мел дерг хIаллакдеш, бахам кIеззигчу нехан караберзоран Iалашонца.
Иштта СНГ юкъадогIучу къаьмнех кIеззиг берш (капитализман гIортор!) тIех буьзна, божарий бу бохурш а шаьш хIун дийр ду ца хууш, коча, пхьаьрса а дашо зIенаш, браслеташ оьхкина лелачу хенахь, кхоллараллийн интеллигенци (муьлхха къоман а потенциал!), коч, мача а хийца йиш йоцуш Iаш бу. Наггахь луш долчу алапах бепиг, чай бен ца догIу. Нехан ойла цу тIера дIаяккха юкъадаьхна ду тайп-тайпана телеловзарш. "Хьалха мича йиш яра итт минотехь миллионер хила?" - нехан ойла капитализмана тIеерзо.
Цхьа дийцар ду шина вешех лаьцна.
Воккхаха верг Iилманча хилла, гуттар а книгаш йоьшуш Iаш. Жимаха верг - хIун дина сом доккхур дара те, бохуш, ведда лелаш. Цул тIаьхьа итт шо даьлла. Книгаш йоьшуш леллачух профессор хилла. ХIинца а къона воллушехь, шен хенал мелла а воккха хеташ. Тишвелла, беркъа, бIаьргех дртхкина куьзганаш долуш, коьртара месаш охьа а эгна. Букъ саттийна, энаша, лазарша а лаьцна. ШолгIачу вешегара Америкера кехат кхаьчча: "Сан ваша, хьо элпаш дагардеш Iашшехь, сох миллионер хилла".
Сэлэримен - сэлэримен ву-кх, Японехь велахь, Россехь велахь а. Бисултанов Аптис лаа олуш дацара, Iедалан белхаш Iадбитина, шен юьрта дIа а вахана ирзо лелош Iен везара яздархо, олий. Оцу маьIнехь аьлча, массарал а хьекъал долуш Уильям Фолкнер хилла. Iедалан алапах я ша яздечун гонорарах тешна ца Iаш, долахь шен ферма а йолуш, даьхни а кхобуш Iийна. Амма дукха хьолахь харц идейша, Iалашонаша, моттаргIанаша а гIала ийзаво яздархо. Дерриг а, инарлийн санна, сийдезар дуьхьа дац цуьнан. Ша бохучу кепара хилча, дуьне хийцалур дара, массарна а дика, паргIат хир дара моьтту. Яздархо чIогIа наивни стаг ву. Кхечу стага тергал а дийр доцчух, дагана йоккха чов хуьлу цунна. Адамашна гучохь, шен дош хезачохь а ваха лаьа. ЧIогIа кIеззиг бу яздархошна юкъахь шайн куьйга напха а лохуш, яздийриг зорбане даккха сих а ца луш, шайна яздеш, и ирс а лоруш Iийраш. И кхетаман лаккхара тIегIа ю. Цу тIе кхача яздархочо инзаре хIума лан деза, я шен дахаран йисте кхача веза.
- Шена картол, наьрс, памдор кхиош Iийчахьана, яа-мала а хир ю. Кхин хIун оьшу яздархочунна?
Аптис и олучу хенахь, цуьнан дахаран цхьа киртиг яра и. Йоккхачу политиках дог диллина…
Амма Iедал ловза даьлча, латта дуьйчохь, лелочохь а ца хуьлу. Йийнарг ерзо, хьалаяьлларг схьалахьо а ца вуьту.
Материальни маршо, материальни кхачо бохург доккха хIума ду яздархочунна. Материальни маршо - хьайна ца дезачу Iедална балха цавахар ду. Материальни кхачо - хьайна луург, хьайн сагатдийниг бен ца яздар ду.
Революцино, тIамо, социальни къематалло къиза юкъахьарчаво стаг. Лай мерзаниг юуш, йовхачохь вуьжуш ву. Цундела цунна маршо а ца оьшу. Цо хIун до цунах?) Яздархо лай ца хилало. Я цхьана стеган а, я дийнна системин а. Дог ца лозуш ца дешало, мацалла ца вала, Россин цхьана къаххашкахь хьехархочун болх беш волчу В. Розановн йозанаш, П. Кропоткинан дахар а. Ишттачу хьолехь, каторгехь болчарна а жирга хеташ йолу, жижиг меттана тараканех юьззина чорпа а ялсаманин даар хетар дара.
Шегара баланаш башха даккхийчех дац, нахана гиначаьрга хьаьжча, бохург санна маьIна ду Ф. Кафкин: "Кропоткин виц ца вар", - бохург. Кафкин дневникаш тIехь гуттар а белхамаш бу: хан, ницкъ а литературана дIалучу меттана, балха лела деза шен, бохуш. Иштта, Р. Акутагавана гергахь а, - бала бу и. Амма ойла йича, сискал яккха литература йоцург кхин а агIо хилар, доккха хIума ду яздархочунна. Оцу маьIнехь Кафкин, Акутагаван а ирс хилла. Цхьаволчунна моьтту, ша хIора дийнахь балха лела дезаш воцуш, шенччул таро йолуш велахьара, дуккха а книгаш язйийр яра. Цигахь Л. Толстойн, Тургеневн а масал го хир ду царна. Амма таро цахилар бахьанехь дуккха яздинарш а бу (Бальзак, Достоевский, Лондон). Флоберан а ойла ян еза. Шен таро йоллушехь, цо оццул кIезга яздар, иза чувоьлла Iер хета суна. Нахана юкъа волуш, дуьненчохь, литература йоцург, кхин а марзо хиллехь, мелла а самукъане хир вара иза. Цундела яздалар, ца яздалар а - Iер-дахарх, синхьолах, могашаллах а доьзна ду.
Хьалха сих-сиха олуш дара сан:
- Адам кху дуьненчу вовшех марзо эца кхоьллина ду.
ХIинца со тешна ву: кху дуьненчу Дала стагах хIун доллу хьажа кхоьллина адам. Дуьне - адамаш зиеран полигон ю. Стенна хьакъ ву стаг: ялсаманина я жоьжагIатина? Дела нийсо еш ву. Цундела адамийн кхоллам шайн кара схьабелла цо, харжа бакъо а.
Ткъа яздархо хилар - и а кхоллам бу, Розановс ма-аллара. "Яздархо хилар - дакъазалла ю". Цул дика къастам ца хаьа суна цхьа а.


ИЕРУСАЛИМ ЯККХАР

Платон сан доттагI ву, амма бакъдерг дезо ду.
Аристотель.

Шен хаци "Шевралет" джипаш тIехь экс-президент Яндарбиев Зелимха вогIу зорбанан урхалле.
- Нахе цIера ма довлахьара аьлла, кхайкхам кечбан беза. Бусалба, керста а къаьсташ тIом бу хIара. ХIинца махкара  араваьлларг, вайн эвлаяаша ма-дийццара, цигахь висарна кхерам бу. Дозанаш дIакъевлинчул тIаьхьа, араваьллачун юха чуван йиш хир яц. Дакъаза валаран кхерам бу, - олу цо.
Хила хьаьхначу я лерринчу службаша хьалххе кечдинчу гIуллакхашна вийца эвлаяъ караво вайна. Уьш юкъа ца хьакхош цхьа а гIуллакх дIадоьдуш дац Нохчийчохь.
ТIаьхьа-тIаьхьа тоха са ца хуьлу сан, со волчохь и ура-патриотийн къамелаш деш. Мискъал зарратал а нахана бина дика болх а боцуш, шегара талораш, сингаттамаш, адамаш дайар, лечкъадар, хьийзадар бен, кхин гайтина хIума а доцуш, шайн бехкенна халкъана шаьш гибоьллинчу сингаттамехь, шайна хьалхара хIунда ца ле шу, бохуш, юха а хьийзадо и халкъ.
- Нах бомбанаш, ракеташ кIел Iийча хIун нислуш ду? Бала беза уьш? Цхьаъ ваьлла а кIелхьара валар доккха гIуллакх дац? Мелхо а, шайн таро йол-йолчу дIагIо, тIамна кIел ма сеца, эрна хIаллак ма хила, шаьш ларде. И хIунда ца олу нахе? Оцу нахана хIун дика дина кху Iедало? - олу ас.
Цхьана мIаьргона Зелимхан бIаьргаш чохь хазахетаран серло къега. Цо Iедал бохург Масхадовн цIарца дозар ду и.
Цхьана агIор, Зелимхан цунна вас ялла хIума а дара, Аслана шен кандидатура юха ца яккхар. И юхаваьллехь, биснарш а реза хир бара. Цундела, шайга паччахьалла ца кхаьчначу я паччахьаллах боьхначу инарлашна, боккха кхаъ бу Масхадов иштта вохор а. Уггар а цунна ца моьттучу хенахь тIом а баьккхина. Амма и дерриг а цу нехан хьекъал ца хилар, вовшашца хьагI лелаяр, боьха дегнаш хилар, халкъах, махках дог ца лазар, ахча луччунна бохкабала кийча хилар а - ишта мах хадабо ас. Ас Зеламхе бохург хIара Iедал хилла ца Iа. Масхадов-м президентах тера а вацара. Лаьттах бел Iоьтчахьана ша-шах бухдуьйлуш долу и мехкадаьтта кхоьхьуш йолу машенаш йийцар бен, кхин болх бацара цуьнан.
- ТIетоха! Эккхийта! Ягае! Ве! Ас жоп лур ду. 
Нах дан хIума доцуш лелаш хилар тидаме а эцна:
- Делан къинхетам бу-кх, вайн махкахь хIара долуш. Сискал яккха, доьзалш кхаба а агIо йолуш. Цкъачунна, сан шуна бан болх, дала алапа дац. Дала мукъалахь, цкъа нислур ду вайн гIуллакхаш. Дела реза хийла шуна, - олучу меттана.
Нах Iедалх а тешна Iаш белахьара мацалла хир яра вайна. Шаьш-м муххале а ца лора цара хIумма а, атталгIа Москвас хьехархошна, лоьрашна а даийтина долу ахча а (Москвас хIунда доуьйтуш ду и, вайн вешан пачхьалкх хилча?), хIокхара армина, милицина а хьажадора. Хилла а йоцу, ян а йоцу, хIокхул тIаьхьа а гIаддайначу хенахь хир йоцу. Социальни блокан вице-премьера Халимов Ислама вовшахтоьхначу масийтта конференцехь, мероприятехь а ас цаьрга и дIа а элира:
- Хьалха тIом баьлча, вайн парадашкахь гайтинчу армих, милицех а хIун хилира хаьа вайна. ТIом нехан гехь бисира. ХIинца а буьсур бу. Ма латтабе и нах. Герзаш а дIадаха. ДогIучарна дIало алапа. Дуьненна гергахь а дIахьеде: "Тхуна эскар оьшуш дац, тхайниг маьрша, нейтральни пачхьалкх ю". Шина процентах даха ховшур ду вай баьхна долу, нахана дала шайн алапа дацахь, мехкадаьтта кхоьхьуш йолу машенаш яга ца еш, некъахь цаьргара соьмаш ца дохуьйтуш, кассе ахча охьа а дуьллуьйтуш, бакъонца дохкийта. ХIора денахь масийтта эзар машен ю уьш...
Амма и дерриг а эрна хилира.
Эххар а, нохчийн Iедал ца дезачу наха арзанаш а яздина, шарIан кхело цаьрца бертахь сацам бина, Куршлойн кIоштан дешаран декъан заведующи волчуьра дIаваьккхира со. Шайн ворхIе а дайшкахь дуьйна оьрсийн Iедал дезначу, церан хьадалчаш хиллачу нахехьа дирзира хIара. И сайна мел новкъа хиллехь а, хIинца дикахо хета суна. Тахана со балхахь велахьара, хьалхарчу тIеман зеделларг а дацахьара, хIорш ма-барра сайна ца бовзахьара, суна сайн декхар хетар дара тIом бан. Тахана суна со тIом бан декхар ца хета. Со тIаме ца воьдуш цIахь Iийча а, цигахь балхахь виснехь, оццу мотт беттачара лоцуьйтур вара. Шайн новкъара дIаваккха. Цундела ма олу: "Цхьа дика доцуш зие дац".
- ХIунда вахана Шемал ДегIаста? Цуьнан хIун йиснера цигахь? Росси эшо ваханера иза? Ваханехь цIа хIунда веана?
- И цига ца ваханехь, гIазакхи тоххара кху чохь хир бара аьлла, ян чIагIо ю-кх сан. И хиъча бен вахана вац иза цига, - боху Зелимхас.
- Чу-м уьш хIинца кхин а дика богIур бу. Вай цига дахана а доцуш, чубаьхкина белира уьш. ТIаккха-м нахана, дуьненна а гуш хир дара и хьенан бехк бу. ХIинца вай куьйгаш даьсти церан, шайна луъург дан. Цундела адам ца теша, нахана тIом ца беза. Ас цхьанне а бехк ца буьллу хIинца ца тешарх.
Шамсудинов Бувайсаран кабинет чохь ехачу стоьлашна хьалха ду тхо. Джанаралиев Iимран, Ибрагимов Лема, Цуруев Шарип, Матаев Анзор а, урхаллин кхин цхьаъ-шиъ белхахо а. Зелимхан хехь болу кIентий учахь бисна. Наггахь, чохь чIогIа луьйш хезча, неI схьайоьллий царах цхьаъ чухьожу. Нохчийн радио, газет а хьахало чохь. Кечам хила безара вай тIаьхьалонна. Оцу дешнашкахь а суна хIумма а ца го ерзина энтузиазм бен, нагахь Зелимха дIахеца кийча велахь, цуьнгара яккхалург яккха гIортар а. Ас цу кIеззиг долчуьнга а са ца туьйсу.
Нохчийн пачхьалкх ян гIертарш, шайн бухера дечкаш схьа а йохуш, тхов тилла гIиртинчех тера бу. ДIа лучех бац хIорш. Схьайоккхучех бу. Я Масхадовс а лур яц. Я цхьана а министро а. (Кегийра болуш зудаберашна тIе мукъане а хьийзинехь: "БIаьрмискалло фраер вохаво", боху кица девзар дара царна.) Халкъан хьакъ миллиардашкаш дууш Iийна болчу церан зорба тоха компьютер, принтер а хир яц, ризограф-м хьеха а ма е хьайна. Ахь болу-боцу пал вовшахтоьхна эцнарг хьан юй хаахь, мелхо а хьо волчу богIур бу-кх. Юха а тIом дIа а баьлла, шаьш Iедале дIахIиттича, хьан пусар дийр доццушехь. Хьайн жималла, могашалла а бахьанехь, хьан царна тIаьхьахIотта ойла хилахь а, цкъа хьалха базара вахана герз эца дезар ду хьан, чохь меца доьзал битина воьдуш велахь а. ТIаккха гIалин урамашкахула, подвалаш чухула уьдуш, лечкъаш лелаш (уьш паргIат буьйшуш, гIовттуш лелачу хенахь) хьуьнчу кхочур ву хьо, валаза висахь. Цигахь дIаьндарго ца лацахь, шелонна могуш воцуш а хилла, туберкулез кхетта пехаш дахкалур ду хьан. Юха а тIом дIа а баьлла, уьш Iедале дIахIиттарх, хьуна атталгIа маьхза молха, санаторе ваха путевка а лур яц. Хьо велча хьан жимачу доьзална, къеначу нанна а пенси я пособи а хир дац.
Дукха ойла йина ас: "Баккъал а тIом беш йолчу пачхьалкхашкахь санна, хьоьга повестка даийтина, хьан кара герз а делла тIаме хIунда ца хьажаво кхара? Адамех обаргаш, бандиташ хIунда бо?" Со хIинца кхетта: "И адам, и герз а шайна дуьхьал даларна кхоьру уьш". Дан хIума ца хиларна, шайна тIаьхьахIоттал тоба царна карайо. Дисина халкъ цара бежанийн хьесапе а ца лору.
Митингехь санна къамелаш дар бен, кхин пайденна ца хили халкъана Масхадов. Гуттар а цхьаъ дуьйцуш, дерриг а тIамна тIетоьттуш:
- Тхо окопаш чухула лелачу хенахь…
- Тхо Iаьмнаш, боьха Iовраш муьйлуш лелачу хенахь…
- Шело, мацалла а хьоьгучу хенахь…
Наха хьеггехь а, цо я цунна юххерачара а ца хьеггий-м хаьа вайна шело, мацалла а. Окопаш, подвалаш чохь шел ца велла, Iовраш-м муххале а ца мийлина. Оццул халчу хенахь а, наха шайн тIаьххьара етт, уьстагI бийна а, тIелаьцна уьш, жижигийн таппаш, кхаьрзина котамаш, кIеда довхха хьокхамаш а даош. Уьш дIабахча шаьш мацалла хьоьгур елахь а, оьрсаша шайна тIе бомбанаш еттар елахь а.
БIаьра негIар а ца тухуш дуьйцу, шаьш 91 шарахь "Делан мостагIашкара" Iедал схьадаккхар а. Цу хенахь хIара Нохчийчохь а вац. ТIаьхьо, халкъалахь Дудаевн сий дайна даьлча, иза хийца кечвина ваийтира Москвас.
Ас дуьйцучунна тIетовш Лемас олу:
- Костюшкон гIаттам санна, провокационни хIума ду Басаевс динарг.
Шуьйра девзаш ду Россин империна юкъахь йолуш Польшин автономин тIаьххьара билгалонаш а хьаьшна дIаяьхна хилар, Костюшкон, цул тIаьхьа а хилла гIаттамаш бахьанехь.
Цхьаммо а ца хотту Лемега: муха, хIун гIаттам хилла и? И ца хьехийча а, хIара долу сурт гуш ду.
Бувайсарна цхьажимма бегIийла доцуш хета Зелимхана хьалха, шен кабинет чохь цуьнга хIара юьхь йоцу къамелаш дарна.
Шарип а (Бувайсаран заместителех цхьаъ), къамелехь дакъа лоцуш вац. Дукха хан йоццуш телевиденехула вистхуьлуш, нохчийн Iедална лийнера иза. Цул тIаьхьа Зелимхас, Шарипан цIе а ца йоккхуш, амма и вевзарг, къамел хезнарг а кхетар волуш, критика йинера цунна. Iимран а, дагахь хIуъа делахь а, бур-бур аьлла вист ца хуьлу.
- Хьалхалера тIеман урок яра. Шаьш юха а халкъ тIамна кIел кхуссуш хилча, хIинца мукъане а хIунда ца бина кечам? Я Масхадовс юханехьа Нохчийчу а хIунда битина БасаевгIар? Цара ша верна кхоьрура иза? Халкъе эр дара-кх. Наха ларвийр ма вара иза. Цо царна дуьхьал кордон а хIоттийна, кху чу ма дуьйла, шайна луъучу дIагIо, аьллехь нийса хир дацара? Басаев, Хаттаб а ларван декхарийлахь вара и я нохчийн пачхьалкх, ша хаьржина халкъ а? ТIом чубаьржинчул тIаьхьа, зулам-дай дIагIур бу, цхьа а бехк-гуьнахь доцу нах тIамо юкъахьарчор бу. Хаттаб, Iаьрбийн махкара дуьйна схьа а веана, ДегIаста "паргIат" яккха а ца гIерташ, жуьгташкара Иерусалим схьайоккхур яра-кх. Ткъе итт шо сов хан ма ю, палестинцаш махках а баьхна, жуьгташа хьийзабо. Вай-м вешан цIахь дара. Iедаца тIулгаш кхуьйсуш Iаш болчу Iаьрбашна орцах вер вара-кх.
- Иерусалим а вай схьаяккха езаш ю. Нохчийн хилла ю и.
- Дала тIе ма доийтийла и! - олу Лемас.
-Иерусалим схьаяккха гIертачул, Нохчийчоь ларйина елира вай. ХIара ларлахьара вайга, - олу ас.
- Айса бохург ца хилахь, хIара ерриг хIаллак хиларх а шекволуш вац со, - олу Зелимхас.
Хьалха а олуш дара Зелимхана: "Суверенитет тIехь корта дIабахана цуьнан".
ХIинца цо дуьйцучун: "Баккъал а, могуш вац-те хIара?" - ойлайо ас.
ТIевеана мостагI неIаран бертехь вацахьара, Зелимхаца чIогIа дов доккхур дара ас. Оьрсашкахьа узург хила ца лаьа суна тахана. Амма Нохчийчоьнца, нохчийн халкъаца а доьзнарг, йоьIан бIаьрг-цкъоцкъамца доьзнарг санна, чIогIа лазаме, чевне а хилла суна даима. Соьга цкъа а алалур дацара, айса бохург ца хилахь, хIара ерриг хIаллак хилча а шекволуш вац со. Доьхнарг - цуьнан цхьанна хилла ца Iа иштта ойла. "Къоман дай" массо а ву изза ойла йолуш. Нохчийчоьна бохам ца хилийта, со агIо боцуш хуьлуьйтур вара-кх ас. Нохчийн халкъ ца хьийзадайта, со волуьйтур вара-кх ас.
- ГIазакхашна хIун хуьлу, вай дерриш даларх а? Шайна кхузахь курорташ ехкина, ког хецна Iийр бу-кх уьш, - олу ас.
Иза дIаваха дагахь хьалагIаьттича:
- Зелимха, вай дийцинарг хьайна ца тайнехь, новкъа ма далахь. Цхьа бакъдолчунна тIекхача гIерташ дара вай, - олу ас.
- Джохара аьлла: "В споре истина не рождается, а умирает".
Юха а суна шегара хаза луург ца олу цо. Джохар суна авторитет вац. ТIаьхьа-тIаьхьа цуьнан цIе йоккхуш хезча а дог детIа сан. Цхьа хан яьлча, цуьнан цIе моссаза йоккху, Абу ДжахIилна санна, Дела неIалт хийла цунна, ала мегаш ду нохчаша.
Зелимха сан хьаша ву, амма бакъдерг дезо ду.


БЕГЕМОТ

Я гораздо больше приспособлен к тому, чтобы быть выразителем умонастроений народа, чем мучеником, принести в мир хоть немного высокой радости, чем разжигать борьбу, раздувать ненависть.
Т. Манн.

1
- Керла хIумма а хезний хьуна? ХIун аьлла хета хьуна кху гIуллакхах? - боху соьга Ибрагимов Лемас.
- Цул ас со хIун йоьшуш ву алий хьоьга?
- Ала.
- Томас Маннан "Волшебная гора". Хуьлуш лаьттачунна мел генара книга ю и, юй?
- Дера ю.
- ТIаккха суна мел бала бу аьлла хета хьуна наха дуьйцучуьнца?
Лоьмас вист ца хуьлуш ойлайо.
"Орга" журналан редакцехь ву тхойшиъ, Цуруев Шарип схьакхачаре хьоьжуш.
Эльсанов Ислам Москва режиссерна деша ваханчул тIаьхьа, Лема ву коьртачу редакторан болх беш. Медучилищан хаьнтIехь, хьалхарчу этаж тIехь кхо чоь йолу квартира ю хIара.
Ирх-охьа а, цхьанхьа а балхахь ца хиларна, со гIала схьалелаш вара. Накъостий болчу веъча жимма са декхало сан. Лемас, сан таро йоций хууш, кIиранах шозза веъча а тоьар ду аьлла, публицистикан декъан редактор балха эцна со. Амма цкъа алапа эца а ца кхуьуш, массо агIор чубогIуш бу тIом.
Сесана, Мескита, Ишхойн-Эвла, ЖугIурта, кхин а цхьамогIа нохчийн ярташ отуш ю.
Кху юккъехула юьртдай лела, дохийначу цIенойн акташ эцна, шифер хир ярий те, ахча лур дацара те, бохуш. Маьрша хенахь а, сом ца дала шайна зу йоьттуьйтур йолуш болу хIорш, тIебеана тIом болуш шишай лур дацара кхара! ХIинца а цунах ца кхета хIорш?
Дуьххьара малхбузехьара Теркайист схьалеци эскарша. Цигахь чIагIбели. Дукха нехан чудерзоза ялта, рицкъа диси цигахь: хорбазаш, помидораш, гIабакхаш, кIа, хIуш… Нохчийчоьнан массо районера бохург санна, адам дара цигахь латта лелош. Эскарша хIаллакъяза йиснарг ло кIел гIур ю.
- Вай хIун дан деза аьлла хета хьуна? - хотту соьга Лемас.
- Суна вай ваьш лардан деза, аьлла хета-кх, - олу ас. - Вайн доьзалш а ларбан беза. Дийна висинчо кху балхах лаьцна книга язъян а еза. ТIаьхьа богIурш мукъане а хьекъале хилийта. Кхин цул сов, хьоьга, соьга а далур долуш хIумма а дац-кха. Лийр-м ву. И бакъо-м лур ю хьуна кхара. Амма стенан дуьхьа? Тешам а дIа ма баьккхина. Хьалхалера тIом болуш (тIама тIехь масийттаза валаза валар-м ас хьеха а ца до), цIахь волуш, цIера ваьлча а сингаттамо веза ваьккхина со. Тоьар ду. Ас суо кхин Iехавойтур вац. Сайн нерваш, сайн синтем, сайн кхолларалла еза ю суна церан авантюрел а.
Цу хенахь а цхьа дагахьбаллам бара суна, нагахь Iожалла хилахь а, кхин араяьлла книга а йоцуш, я доьзалхо а воцуш, дуьненчохь цхьа а лар ца юьтуш вовр ву-кх со, аьлла...
Муьлхха а яздархочун цIе, дукха хьолахь, цхьана я шина книгица йоьзна ю.
Кху шина тIама юкъахь, Берсанов Хасис гIо а деш, юткъа ши книга арахеца кхиира со. Амма уьш студенчески дийцарш дара. Сан куьйгайозанаш уьттазза сов дара. ЧIогIа гIоьртира со томма ши книга арахеца. ТIом книгел а хьалхабели...
- "Лехамаш" тиллина ахь книгин цIе? - хотту Лоьмас.
- ХIаъ.
- Дика карийна хьуна.
- Ас кхин цхьа хIума а алий, цецваккха хьо? "Волшебная гора" ахь тохара мел хестийнехь а, и Томас Маннас язйина ца хиллехь, еша собар тоьар дацара сан. Цо пхи-ялх баьIа агIо йолу шина книги тIехь аьлларг, доццачу шина дийцарехь айса кхин а дика аьлла хета суна…
Лоьмас, цец а ца волуш, вела а ца луш:
- ХIинца хьо хьуо а ма ву классик, - олу, воьлуш волчу соьга а хьожий.
- Цомгашчарах лаьцна сайн ши дийцар суна Т. Маннан романал а дика хетаран бахьана дийца ас хьуна?
- Дийца.
- Ас яздинарг ас лайнарг ду, цо яздинарг ша лайна дац, цунна гина ду.

2

Алапа тIера алапа тIе кхаччалц Iа кIорда а дина (и а чомахь луш дацара), Ровзана лелочу базарх а гIуллакх ца хилла, гIалара шен цIено дIа а доьхкина, вежарий болчу Карагалинке охьавахана вара Ваха-Хьаьжа Амаев. Ков-керт нисйинчул тIаьхьа, машен а эццера цо. И тхайна юкъахь везахь а, цунна, доьзална а иштта гIоли хиларх кхетара тхо.
- Деллахь, Ваха-Хьажа Iовдал ма ца хили, - олу Шарипа сих-сиха. - ХIокху Iедалх тешна ца Iаш, шен гIуллакх деш ву. Кхузткъа гектар латта а ду лелош, туька а ю. Яздархо иштта ваха везаш ма вара, хIара гIала, хIара редакцеш а йитина.
Миччахь хилча а, вовшийн ца гуш ца дахало тхо. Гуьмсехь педучилищан директор волу Шарип а, и болх Iад битина (наха дукха ахча лур дара шаьш цигахь хилийта!), гIала схьавеана юха а. Со а, юьртахь балхахь волчу хенахь а, дела-денна бохург санна, уьш ца гича ца Iалора. Болх шен уьйр-марзо йолччохь бан беза стага. Бакъду, и белхаш бар бахьанехь, вуьшта гур доцу дуккха а хIума гина тхуна, адам а девзина.
Дахарехь со инзарваьккхина ши хIума ду: тIеман хенахь а, болх бахьанехь а адамо лелош дерг.
Жимчохь дуьйна хьуна къонах ву моьттина стаг - тIеман хенахь ледара караво. Юьртахь ву-вац ца хиънарг вуьззина къонах хуьлу.
ВогIу-воьду алар бен, юххера вевзаш воцчу хенахь, хьуна дика стаг хетта, хьоьца хаза гIиллакх а лелийна стаг, балха тIехь Iоттавелча - ямарт караво...
Даима доттагIашна юкъахь (институтехь, университетехь, редакцешкахь) белхаш бина долчу тхуна, нохчашна юкъахь а, Бразилийн сериалаш йицъеш, интригаш хуьлий ца хиънера. Шарип, уьш лан а ца елла, ша дIавелира. Ас мелла а садиттира... Цу дерригенах а лаьцна повесть язъян лаьара суна. "Иван Ильичан Iожалла" тIехь дуьйцург дай-аьлла дитина ду-кх, ас лайначуьнга хьаьжча.
...Шена халла нисделла ков-керт, дерриг даьхни а дIатесна, йорах дIайоьхкинчу бежнех доцург кхин ахча а доцуш, машен чу кхоьссина ши юргIа, гIайба, кхо-йиъ гIабакх а эцна, доьзал ГIалгIайчу дIабигна Ваха-Хьаьжас. Цигахь, цхьа а аьтту боцчу жимачу чоьнах 100 туьма а луш дIатарбина, тIама кIелахь ца хилчахьана аьлла. Цхьана кертахь масийтта доьзал а хуьлу боху. Жимма а гIоли йолчу квартирах я цIийнах 100 доллар я кхин а сов доккху. Таронаш йолчу наха ши-кхо мах луш цIенош эцна цигахь. Уьш кхано дIабоьлхуче далахь, оцу механ кхоалгIа дакъа а лур дац царна. Я хIумма а пусар ца до боху. Хаьа хир ду-кх, суьйлашна хиллачул бен, кхин баркалла шайна а хир доций. Суьйлаша санна цу хенахь нохчий тIелаьцна, дола дина а къам кхин дан а дац.
Нохчийчу ладогIа, аьтто хилахь ков-керта бIаьрг тоха а веъна Ваха-Хьаьжа...

3

Буьйса йоккхуш со волчу квартире даха барт хуьлу тхан, 4-чу микрорайоне. Юха, Шарипана дага а догIий, Минкаилов Эльбрус волчу хьошалгIа доьлху тхо. Иза муха Iаш ву хьовса. Рецензина елла сан книга а яра цуьнгахь, цхьа экземпляр бен йоцуш. (Базарахь цхьацца оьцуш Iаш, Воронежера мединститутан студент хилла, Гуьмсера Джабраилов Руслан а го суна. И гина чIогIа хазахета суна. Нураъ, иза а хилла-кх микрорайонехь, суна гена доццуш Iаш. Со эскарехь волуш цигахь доьшуш бара уьш. Ма генара, мерза хан яра и!)
Эльбрус волчохь дуьххьара ву со. Доьзал дIа а хьажийна ша висна иза квартирехь. УьйтIарчу нахаца, шаьш йиначу пеша хьалха, наггахь кхе дечиг а кхуссуш, шайн-шайн чайник, юург а йохъеш Iа уьш. Газ, серло а дIаяьккхина гIалара. Хи хIинца а цкъа догIуш ду.
Эльбрус, бархI-исс шо хьалха нохчийн боламан юьххьехь дуьйна, оппозицехь вара. Дехьа-сехьа лаьтташ болу накъостий, гергара нах а эвхьаза бехира оцу балхо, вовшийн хербира, мостагIий бира. Тхойшиъ мел дехьа-сехьа хиллехь а, цкъа а вовшашца йолу марзо ца хаьддера тхан, юкъа херо а ца йоьллера.
Тхуна нохчийн литература Iамийна ца Iаш, нохчийн гIиллакх-оьздангалла хьехна, нохчийн мотт, истори марзйина, кхечу тайпана аьлча, оха масал эцна, тхуна нохчийн мел долу хIума хаздина, тхоьгахь нохчийн дог-ойла чIагIйина волу Эльбрус Минкаилов, ШаIрани Джамбеков, Абузар Айдамиров, Хьасан Туркаев а, оха даима а сийдина нах, нохчийн халкъ нохчийн пачхьалкх кхолла арадаьллачу хенахь, дуьхьал хилар дара со цецволург, Нохчийчохь кхиъна, Iийна а боцу, хIун лелийна, муьлш бу а ца хуурш хьалха а бовлийтина. ХIетахь дуьйна хаара те царна, хIара цIена болх боций?
...Советски эскарша немцойн рогIера гIала схьайоккхучу хенахь, Сталина омра дира боху, цу гIалин зоопаркера бегемотана зие ца деш схьаяккха, аьлла. Цу хенахь дуьненчохь йолчу бегемотех уггар а хенара хилла иза. Оцу анекдотан Iалашо Сталинан омра беламе даккхар хиллехь а (дукха салтий халлакьхилла и бегемот бахьанехь!), ас кхечун ойла йира.
Таханлерчу тIеман дайша, бегемот, зоопарк, музейш, зераташ, шира бIаьвнаш, Iалам, кхидерг а хьовха, Абузар Айдамиров санна болу нах а ца кхоабо. И вехачу юьрта снаряд, ракета, цхьа а патарма божа йиш ма яцара. Нагахь санна кху тIамехь Мескита инарлашна стратегически маьIна долуш, йоха ца йича ца йолуш елахь, цхьаммо а омра хIунда ца дина: "Цигахь вехаш нохчийн гIараваьлла яздархо ву шуна. Иза ларвелаш, цунна зие хила йиш яц шуна". И хьекъал хIунда ца кхаьчна цхьанне а? Ца кхаьчна, шайгахь адамийн хьесапах цхьа чо а боцу дела. ХIорш Лев Толстойн кошан сийдайина фашисташ бу. Изза Iалашо ю кхеран а. Шайн политикица, идеологица, шайн ойланца а догIуш мел доцург каггийна, хьаьшна, хIаллакдина дIадаккхар.
Ваха-Хьаьжас дийцира ГIалгIайчохь, беженцашна леринчу лагерехь, Джамбеков ШаIрани а гира шена, аьлла. Хьалхарчу тIамо йохийна квартира то а йина, компьютер эцна, нохчийн фольклор тIехь болх бан охьахиънера иза. ТIеетташ снарядаш йолуш, шен берриг а бахам битина, дипломат чохь шен куьйгайозанаш эцна хала кIелхьара ваьллера иза. ХIинца юха а дерриг а дуьйхи. Шена вагон чохь меттиг нисъелла, воккхавуьйш ву бохура. Дукхаха берш хаттала ехкинчу четарш чохь бу. Царна чохь а ца тоьа меттигаш. Зударий, бераш дIа а тардина, божарий цIераш летош арахь Iа.
Хьалха тIом болчу хенахь, гIала схьаяьккхинчу оьрсийн салташа, тоьпаш тохаза ваьлла Эльбрус. Цу хенахь, да кхелхинчул тIаьхьа йитина, еха йоккха маж яра цуьнан. Майра баха мала а дина чухецна салтий, контрактникаш а Iеначу цIийно, деттачу герзо а хьерабаьхна, оццул дукха шайна дуьхьал лаьттинчу ца евзачу гIалахь, массо стаг тIемало, бандит а ву моьттуш, Эльбрус а пенаца дIахIоттийна хилла. Цхьа Делан къинхетам хьалхабаьлла висина. Оцу дийношкахь байна дукха нах бу нохчийн, цхьа а хабар я дакъа доцуш.
Чохь диван, жима стол, ши-кхо гIант, яьсса стенка а ю.
- ХIумма а йоцуш цкъа со висина дела, кху чуьра сал-пал (кхин йоккха хIума яцахь а), пхеа-ялх декъе екъна, гергарчаьрга дIасаяхьийтина ас. Книгаш, куьйгайозанаш, кхидолу документаш а, "Трансмашехь" Iаш волу гергара кIант волчохь ю. Хьан книга а, - соьга хьожу иза, - царна юкъахь ю. Хьо вогIур ву-вац ца хууш, кху чохь йита ца ваьхьира со, кхин экземпляр йоцу дела, - боху Эльбруса.
Ша кечйина подвал гойту Эльбруса. Флягаш, канистраш, даккхий маьIа шишанаш чохь а йина хин запас ю. Маьнга, пеш, дечиг а. Цхьа кхачамбацар ду: цу чуьра аравала кхин агIо цахилар. Делахь а, нийсса чу ца кхетахь, хIумма а хир доцуш, дика лечкъийла ю и. ТIаьххьалц ша гIали чуьра аравала дагахь вац боху цо. Хаац, соьга хаьттича, тIом беш я цхьана структурашкахь вацахь, тIеета йолийначул тIаьхьа гIалахь дан хIума дац. Эрна къонахаллаш ю уьш. Мел елахь а, романтика, дийна висахь, дагалаца хIума-м ду...
 - Араваьллачул тIаьхьа йиснарг минот ялале лачкъайо. Подъездехь, цIийнахь, уьйтIахь а дерш, рогI-рогIана ха деш ду тхо, буса дIа а ца дуьйшуш, - дуьйцу Эльбруса.
Дависа, сайна мел деза адам цхьанхьа дIа а дигина, дIа а тардина кхаба аьтто белира. Юха тхо маца гур, тхох мила вуьсур а ца хаьа…


ЛОККА

1

Локка   дика парикмахер вара. Шен болх самукъа а долуш бора цо. Чувеънарг доккхачу куьзгана хьалха кресло тIе охьахаавора цо. Корта бен гуш хIума доцуш, кIайчу шаршонца хьо верриг а дIахьулвора.
-  ХIун до вайшимма? -  олура цо, логехь шад бина валча. ТIаккха: - А-хIа, - олий, тукар, яхка а оьций хьуна гонаш тийса вулура. Хьан са ца гатдалийта, юьртахь хилларш-лелларш дуьйцуш. Жимачуьнца а, воккхачуьнца санна, гIиллакхе вара иза. И бер делахь а, шен нийсархо волуш санна. Берийн дегнашна там хуьлура цунах.  Месаш лергина ваьлча, вортана тIе урс хьокхий:
- БIаьргаш дIахьаббел,- олий, ца кхоош, тIе одеколон тухура.
(ХIара яздеш оцу шерашкара "Крокодил" журнал тIера сурт дагадеа суна. Шен пациенте бIаьргаш дIахьаббе аьлла, крант кIелара хи туху парикмахеро.)
Кресло тIехь хиъна Iашшехь хьайн корта цIанлуш, юьхь серлайолуш гора хьуна. ГIеметта хIоьттинчу кхаа-веа парикмахерх, хIоранна а билгалваьккхина шен цхьаъ хуьлура. Шен парикмахер кхечун корта тобеш хилча а, юххехь верг мукъа воллушехь, цига охьа ца хууш, радио я дуьйцучу хабаре ла а дугIуш собар дора. Цуьнан смена яцахь дIавоьдура. Суна даима Локке корта лоргуьйтуш хазахетара. ХIора баттахь цкъа, парикмахерске воьду де, сирла, самукъане, деза де санна хетара. Оццу цIа чохь зударийн ателье а яра. Юха цунах юьртан кхеташо а йина, парикмахерски, ателье а эвлайисте яьхьира. Керла тIекIел йиначу гIишло чу. Цигахь суьрташ дохург, телемастерш, мачаш тойийриг, кхин а тайп-тайпана пхьераш а бара. Цига, кхечу юьрта санна, дIалела гена дара.
(Айса хIара яздеш, сайн бералла, цу хенахьлера тхайн юьрт, нехан цIена юкъаметтигаш а карлаевли суна. Ойла йича, селхана долуш санна хета и. Цкъацкъа и дерриг а гIенах тарло. Со а хиллий те и жима кIант? Школехь, юьртахь массарна дукха а везаш, дозалла деш. Со тахана верг ву те и хIетахьлерниг?..)
Локка а хIинца къанвелла, лергана чIагIвелла.
ХIетахь суна, цуьнан магIара нах санна, хIинца берашна воккха хета хир ву-кх со а. Ткъа дог тохарлерниг ду. Мел суна лаарх, хIумма а хийцалур дац кху дуьненчохь. Я тIом ца хилийта ницкъ бац, хьайна луу хан сацо, юхаерзо, велларг денва а… Адам гIорасиз ду.
Гуттар а ахь йина ойланаш, литература йоцург, нахах лаьцна ю. Царна дика хила лууш. Литература хьан цамгар елахь а, амма юха а, ахь хьоьгург оцу нехан дуьхьа ду. Хьуна цунах хуьлуш хIумма а дац, корта лазар, нерваш яйар, цомгаш хилар бен. Шен нисделла хIума а доцуш, нах нисбан яздархо бен гIертар вац. Литературо, цунна чу са диллина хиларо а ца вуьту хьо нахах тарвала а. Ткъа хьо гуттар а де эшна кIелвисча? Цхьанне а бала хир барий хьоьца? Ахь дуьненчохь мел йоккху минот беккъа бала хир бара-кх  хьуна юххехь болчарна, хьан цхьалха нана йоцчунна…

2

Кеманаша, юьртайистехь Iаш болчу нехан дозанца бомбанаш кхуьйсу. Уьш охьаэгначохь дийнна котлованаш ю. ЦIийнош тIехирцина. Луларчу нехан кораш, неIарш а аьтта, гуранаш чуьра аракхийсина. Ирхкхийсинчу латтанийн гIорзалгаш тIеетаелла шифершна Iуьргаш даьхна.
Делан къинхетам, велларг цхьа а вац. Бер чохь долчу маьнгана тIехаьрцина пен, дечкаш лаьттах а гIоьртина, тIехула четар тоьхча санна, тхов бина дисина. Иштта баккхийнаш а.
- Доккха хIума ду хьуна и ойла йича. Эвлаяаша баьхна Куршлойн-Эвлана кхерам бац. Хезна хIума а дуй и, оццул даккхий оьрнаш дохуш, цIенош тIекIел детташ болх биначу кертахь цхьа а ца валар. ХIорш ду хьуна дIаяздан дезаш, - боху Кацаев Сулеймана. 
Ша цига хьажа воьдуш, машен а сацийна, эвлаюккъехь лаьтташ волчу соьга кхайкхира цо. Дукхаха дерг, соьга гинарг яздайтар дуьхьа.
- Ма ирс долуш юьрт ю хьо, Куршлойн-Эвла, - аьлла боху Иласхан-Юьртарчу Кишин-Хьаьжас. - Сесанара охьа Воккхачу Хьаьжин доIана кIелахь ю хьо. Кхузара хьала сан доIана кIелахь ю хьо. Декъала хилла юьрт.
Кху тайпа бохам керта беанчарна сихха дерриг а адам орцах долу. Харцахьа яьккхина кетар санна, дохийна, Iана дахийтинчу цIенон шифер, дечкаш, кибирчигаш ша-ша вовшахйоккхуш уьйтIахь тIекIел юьллу. Нагахь кертахь, пенаш лилхина дисина, сов цIа делахь, и тодан хьовсу. Барзакъ цу чу гулйо. Кегий бераш гергарчара дIадуьгу. Белахь къаной, цомгаша берш а. Вукхара белашца болх бо. Схьакхаьчначу тракторо ор дIадукъу. ХIоранна а дан гIуллакх карадо. Генара баьхкинчара, дог оьцуш:
- Эзар балех довлийла. ТIаьхье Дала беркате йойла, - олу.
Кхана муьлхачун керта догIур хууш дац хIара. Я керт, я юрт юьсий а...

3

Ши де хьалха, буса, ерриг а юьрт самаяьккхира эвлаюккъе кхоьссинчу бомбано. (И дуьххьарлера, цундела уггар кхераме а яра!) Iуьйрана, дуьненчохь дика са а даржале, кетIа ваьлла со цецваьлла висира.
- Шу лаа дуй? - хаьттира ас дIасалелачу адамашка.
- Хьуна хIумма а ца хаьа? -   элира соьга дуьхьал чохь Iаш волчу Осмаев Адама. - Тхо-м сийсара дийшина а ма дац, хехой санна, урамашкахула лелаш.
- ХIун ду хилларг?
- ХасиевгIеран беша бомба кхоьссина. Хьуна ма чIогIа наб кхетта хилла. Тхуна-м хIара дуьне духуш ду ма моьттура. Вайн ерриг юьрт цигахь ма ю сийсара. Сайд-Хьусайн а ма вара цигахь.
- Цхьа а веллий?
- Ца велла. ЦIенош дохийна, божал чуьра ши етт бийна, дуьйцу, - набарна вата а ветта, ши бIаьрг цIийбелла волчу Марзабеков Шемал-Хьаьжас. - Цхьа етт, тIехьара божал чуьра ирхкхоьссина, цIенош тIехула ластийна кетIа боьжна. ШолгIачу аттах хIумма а ца йисна. Божал хиллачохь, чу чIерий хецна пруд бан а мегар долуш, доккха ор ду. Цу чуьра хьалакхоьссинчу латтанах цхьа дакъа тIедоьжна, уьйтIара машен чIапйина. Машен чохь магнитофоне ла а доьгIуш Iаш волу жима ши кIант контузить вина. Бомбан тохаран тулгIе дIаяханчу агIор массеран а коран раманаш аракхийсина, бIаьргаш дохийна юьртахь. Лулахошна а кега-мерса зенаш хилла.
Дийцаре даьккхича, со воцчунна, тхан чохь мел волчунна а хууш хилла и-м. Со меттах ца хьеван Iадвитира шаьш, боху. Тхан чохь тIебаьхкина гIалара беженцаш болу дела, уггар йистера чохь хьалххе дIавуьжу со. Къуьдан серлонехь книга йоьший бIаьргаш а лазабовлу. Серло, газ а йоцу дукха хан ю. (Йохьуш богIуш бу-кх оьрсий.) ЦIенойн пенаш стаммий, къора ду тхан. Атта хIума хезар доцуш. Бакъдерг аьлча, ас лан а ца доьгIу татанашка. Ас бохучуьра дIадаьлла дукха хан ю хIара. Эрна сайн са хIунда дуу ас? ХIинца мукъане а жимма хьекъале хилла, сайн дог ца кхоадахь. Хьалхалерчуьнга хьаьжча, со чIогIа паргIат ву кху тIамехь, со суо а цецвуьйлуш.
ХIорш авантюристаш хиларх, халкъ, пачхьалкх а хIаллакьян арабевлла хиларх а шеко ца йисна сан. Зорбанан ЦIийна веанчу Зелимхаца къамел деш: "ХIунда бахана БасаевгIар ДегIастана?" - аьлча, цо элира-кх: "Бакъйолуш информаци яра, уьш цига чубахана ца хиллехь, оьрсий хIинца кху чохь хир бара".
ХIинца кху чохь бу-кх уьш! Мичахь ву уьш "сацо вахана" хилла Басаев? Цо вахана и провокаци йина а йоцуш, чубаьхкина белира уьш. ТIаккха-м дуьненна гергахь а церан бехк хуьлура и. Наха а дуьхьало йийр яра тIаккха. Ткъа хIинца? Нахе цIера ма довлахьара, аьлла, листовкаш дайта веана Зелимха а мичахь ву хIинца? "Эвлаяаша ма аьлла, араваьлларг цIаван йиш йоцуш висарна кхерам бу". Нахе кхайкхамаш беш, Iедалан даржашкахь болчарна, церан доьзалшна а цIера довлар дихкина волчу Масхадовн доьзал а стенгахь бу тахана? Нохчийн халкъ шайна хьалхара сагIийна бен кхоьллина уьстагI бу моьтту царна. Оьрсийн салтий "къиза бойур бу оха" баьхна Арсанов а мичахь тIом беш ву? Тахана цуьнан цIе йоккхуш а ма ца хеза.
Халкъ тахана кхетта: нохчийн ду боху Iедал кхидIа а хилахь (мехкадаьттанах проценташ-м хьехор яцара вай), шайна бан болх, алапа, паргIат дийшар-гIовттар а хир доций; оьрсийн Iедал дисахь - алапа, пенси, пособи мукъане а хир ду, минимум. Амма, хIара питана кхин тIе а кIаргдахь, нохчашна, оьрсашна а юкъара машар, аьнгали санна атабелла боха кийча бу. ТIаккха хьалхалерчу марзонах дисина тIаьххьара дакъош а хеда. Тахана дуккха а нах бу, пхьалгIахь левсино цIе санна, и къийсам сийсабар шайн сица, цIийцIа а долуш.

4

Куршлойн-Эвла кхаччалц тIемаш ца беш чудаьхки оьрсийн эскарш. Аренашкахула ярташна гонаш бохуш. ХIора юьртара, гIалара а нах дуьхьал боьлхуш, барт беш. Тылехь эскаран дакъош, комендатураш а юьтуш. Цкъа хьалха ярташка бомбанаш, ракеташ тохар - нахана еш психологически атака ю.
Куршлойн-Эвлара оппозици-м, оьрсийн эскарш нохчийн дозане а кхачале, Москва, Моздоке дIа а лелаш, уьш чубоьхуш, шайна-шайна хьалххе даржаш доьхуш болу дукха хан яра. (Кху юьртахь дерг-м Нохчийчохь цхьанхьа а дуьйцу ца хезна суна. Дарж, Iедалан болх бахьанехь, арзаш дина ца Iаш, вовший декъий дуур долуш бу хIорш. Диканна, вонна а йоккха потенциал йолуш юьрт хилла-кх хьуна Куршлойн-Эвла.)
Оппозици боху дош-м тахана цхьа а маьIне дац. Тахана оппозицехь воцуш мила ву? Вуьшта, гIасакхашна тIелеларш тохарлерра нах бу-кх. Цхьа аьтто бу уьш юьртахь хилар. Юьрт, адамаш а лардан. Амма юьхьанца дуьйна, массеран а цхьа барт хиллехь, хиндоцург ду хIара дерриг а. Хьалхара тIом, хIинца шолгIа а.
Цхьажимма а къонахий дог-ойла йолу нах кхачахьара Iедале, кхин а дика дара уьш хилар. Амма дукха хьолахь уггар а ледарнаш хуьлу уьш. Шайна сом даккха агIо хилчахьана, хIуъа дийр долуш, ловр долуш…
КхидIа а тIом ца беш дIабаха хьуьнар кхочур дуй те оьрсийн? Шайн ницкъ кIеззиг болчара дIабахарх, тIемалоша атта дIалур яц гIала, хьаннаш, лаьмнаш а. Сан аьлларг хилча, тахана тIемаш бийр бацара цара. Хьалхалера тIамехь хиллачарна, хIинца а герз охьадиллина цIахь сецначарна а амнисти кхайкхийна хилча, кхера оьшуш хIума а дацара. Ткъа дуьхь-дуьхьал тIом беш, шайна юххера накъостий, гергарнаш, доттагIий а байича, шинне агIорчеран а дегнаш чIагIло, сийдоцчу довлу, къинхетам хеда.

5

Генара хан яц оха тхайн гона юкъахь: ХХ-чу бIешеран чаккхенехь адам мелла а кхетаме ду; хIинца салташа, эпсарша а омра дарх халкъана тIетухур яцара (я яра?), бохуш, тIеман хаттарш дийцаре дина. Амма адам тохарлерниг ду. Ямартчу Iедална дуьхьал долучу меттана, вовшех лета адам. Керла цIенош дечу меттана   дохадо. Керла доьзалш кхуллучу меттана   хIаллакбо. ЦIий Iена…
Кху тIамехь Куршлойн-Эвла дуьххьара йоьжначу бомбано Локкера цIийнан пен а чубожийра. Лергана онда волчу Локкас, тата а хезна:
- ЭхI, и-м вайн юьрта туьйхи шуна, - аьлла.
Цу буса "Время" чохь кхайкхийра: нийса тохар дина, Россин авиацино Куршлойн-Эвлара зIенан узел йохийна, тIемалоша пайда оьцуш яра и, аьлла.
Со дуьненчу а валале йиллина йолу цунна-м хIумма а ца хиллера...


ЧАКА

1

Баиев Iусмана элира соьга:
- Бексултанов Муса, Цуруев Шарип а яздархо хиларан бахьанех цхьаъ - толкха хилар ду, яздина волчу ахь дицдинера, жима волуш хьо хьуо а тасалуш хилла хилар.
Юрий Казаковс аьлла моьтту суна:
«Сох яздархо хилар бахьана, жима волуш со толкха хилар ду».
Со жима волуш чIогIа эхь хеташ вара, къаьсттина зудаберех. (Со атта бIаьргех хи долуш хилар ас дийцина «Автоинтервьюхь».) Цу хенахь цхьана журнала тIехь дешна дагадогIу суна: «Тахана уггар а гIарабевлла болу актераш, сцени тIехь атта болх беш, эзарнаш нахана хьалха хи чохь чIерашначул башха ца хеташ болу, кегий болуш чIогIа эхь хеташ хилла. Царах хIораммо а боху и. Шерашца, воккха хиларца а дIадолу и, т Iехэхьхетар».
«Со хир вуй те цкъа а наха юкъахь паргIат вистхила, луъург дийца а эхь ца хеташ?» - сатуьйсура ас. «Эхь хеташ вара» бохург, ийзалуш, кхоьруш, эгIаза вара бохург дац. Мелхо а, сайн нийсархошна юкъахь, хьалхара вара со. Дешар тIехь хилла ца Iаш, къийсадаларшна тIехь а.
Бераллехь эхь хеташ, иман долуш хиларо, синхаамаш, тидамалла а кхечерачул мелла а сема, ира, кIорга а хуьлуьйту. (И ала гIерташ вара со Iусманас дуьйцучу автоинтервьюн могIанашкахь а.)
Хьанна хаьа, тхо массо хIума а мегаш долчу юкъараллехь кхиънехь: кхойтта-дейтта шераш кхаьччий-кхачазий маларш муьйлуш, зудаберашца хьерчаш, цхьаьний хи тIехь дерзина луьйчуш, четарш тоьхна хьуьнха кхо-диъ де даккха а доьлхуш, йоьIан да-нана долчу чу а воьдуш, цаьрца цхьана стоьла хьалха хиъна а Iаш, йоI хьо волчу цIа а йогIуш, итт класс яккхале цкъа-шозза аборт йойтуш, - ишттачу юкъараллехь я Бексултанов Мусах, я Цуруев Шарипах, я сох, дуккха-дуккха кхиболчех а яздархой, поэташ ца хила а там бара. Эхь-бехк, тийналла, цхьалла а - яздархо тIехь лаьтта кхо кит бу. Жимчохь цивилизацина, яккхийчу шахьаршна генахь хилар пайденна ду къоначу дагана. Йоьшучу книган тIеIаткъам а сов хуьлу, безам, уьйр-марзо а кIорга…

2

Жимчохь со а толкха луьйш хилар, и дийнна истори ю.
Кхо шо, кхаа шарал кIеззиг сов хир дара сан. Цу хенахь а векхаш вара со. Луларчу зударша хьийзо а ваьккхина:
- Къанвелла кIант! Эхь дац и, хIа-а? - бохуш, деа шаре ваьлча, векхачуьра ваьлла со.
Суна чIогIа дукха езара сайн нана. Минотана и цIера яьлча а, сацам боцуш, бIаьрзе хьовзара со. Шела, шайн цIа йоьдуш а, со шеца вуьгура цо. Эвлаюккъехь, автостанцин дуьххьал, скверана, ресторанна а юккъехула дIабоьду некъ церан уьйтIа боьдуш бу. (ХIинца Берийн кхоллараллийн цIа а ду цигахь.) ХIетахь тхан ненан нана КIужа (оха Дудуша олура цунах), ненан ненан йиша Iаба а дийна яра (Дала гечдойла царна). Дудуша доккхачу дегIахь, кIаймеда а йолуш, эсала, хьоме зуда яра. Мама аматца, дегIаца, хабарца а хилла ца Iаш, амалца а тера яра Дудушех. (Йоккха мел хуьлу а, йоккхаха йолу йиша Аминат а ю иштта.) Бакъду, цIеххьана кхиамаш баьхна, кара сом деана курадаьлла цхьацца адам хьахаделча: «ДIаяхахь дIа, и писаш, лайш», - олура мамас. ТIаьхьа кхийтира со, и а, Нохчийчохь уггар а бехаш хиллачу нахах волчу, паччахьан эскаран полковник, нохчийн хьоладайх а хиллачу Эльмурзаев Шидин йоьIан (КIужин) цIий дара. Амма кхин а совдолура мамехь къурайшин цIийнан гIиллакх, оьздангалла а. Цуьнан дай ДегIастана иман-ислам даржош баьхкина Iаьрбий бара. (Мичара, муьлхачу бахьанина схьа бу сан книгашка оццул безам? ХIунда деза суна дешар? ХIунда кхийда сан са Iилмане? Цу хаттаршна жоп мамин дайн исторехь карадо суна. Уьш берриш а, эвлаяаш санна цIена, наха лоруш, Iеламнах хилла. Сан дай даима паччахьан эскаран дуьхьал лаьттина тIемалой бу. ХIокху шина а тIамехь, нохчийн агIор хьалхабевллачарна юкъахь цхьаъ мукъане а тешам болуш стаг карийнехь, сайна книгаш мел дукха езахь а, оцу стагана юххе  хIуттур волуш вара со. ХIара цIена тIом хиллехь, со воккха полководец хир вара.)
Суна хазахетара мамица Шела воьдуш. Цаьргахь даима тайп-тайпана мерза юург хуьлура, холодильник чохь гуттар налха, нехча а. Сан ненавешин, Мусан (оха Ваха олура цунах), йоIарий а хаза бара. Туьйранашкара элийн йоIарий санна. Баккхийнаш доьшуш бара, жимаха ерг, Зараъ, сан хеннара, сол цхьа шо йоккха яра. Телах «аьчкан сара» олура цо, чиркхах «стогар». Уьш, кхин а сайчех къаьсташ долу цуьнан дешнаш товра суна. Вахин доккхачу цIа чохь шортта стаммий книгаш яра, бес-бесара мужалташ йолуш. Аьнгали дIатеттича, и охьа а доьжна дохарна кхоьруш, цунна чекххьоьжура со цаьрга. ХIетахь дуьйна безам бара сан книгашка. Йоккха беш яра Вахера, Iана а бахана, кху дуьнен тIехь мел болу стом болуш. Беш юьйш, ерзош яцара цара. Гергарчара, лулахоша, наггахь, базарахь мах бечу нехан наха а, галешкахь дIакхоьхьура цаьргара Iежаш, кхораш, баIарш, хьайбанаш. Ваха цу хенахь дика ахча доккхуш, заводаш йохкуш, коьрта инженеран болх беш вара.
- Веккъа тхан да ву-кх иза, - олура мамас. - И санна говза, хIуъа дан хууш ву. Шен доьзална дика а ву. Тхан да чIогIа дика вара тхоьца.
Дала гечдариг, мамас, шен бералла дагалоьцучу хенахь, гуттар а и беш юьйцура. Бехк а бацара! Суна хIинца а оццул доккха хеташ долу церан дакъа, мама жима йолчу хенахь дийнна аре хилла, уьйтIахула тIавусаш лелаш.
- Стоьмаш юкъахь кхиина йолу дела ма ю со, хIинца а муьсталгаш езаш, - дуьйцура мамас. - Цу хенахь эвлайист яра и. Тхан да ша бов волуш, цигахь аннаш чекхдоху чарх а йина охьахиънера. Шен куьйга дийгIинера цо массо синтар а. Цкъа кулак вина вохийначул тIаьхьа, юха а шен балха дIа ма хIоттийра иза Iедало. Цу хенахь цо йиллина чарх лело хууш нах бацара Шелахь. Чарх Iедалан дола а яьккхина, Шисех технорук вира. Цуьнан куьйга кIел, цуьнга Iамабайта белхалой а хIиттийра. Шелара цIен ишкола а Шисас йиллина ма ю.
ЦIера даьхначул тIаьхьа, Iедало церан декъа тIехь пищекомбинат, кхин цхьацца организацеш ехкинера. Эвла юккъера туьканаш йолу латта а сан ненахойн хилла дара.
Шела, Куршлойн-эвла а бен кхин евзина а воцу со, тIаьхьа ГIала, Гуьмсе, кхин ярташ, кхин мехкаш бовзарх а, Шеле болу безам лах ца белира сан. Суна дагахь гуттар а тохарлера, сан жималлийн, сан ненан ненан юьрт йисна и.
Цхьана дийнахь Шела ялийначу зоопарке а вигира со мамас. Цигахь хиллачу акхаройх суна дика дагайогIуш ерг, нийсса суна дуьхьал йирзина Iийна борз ю.
Дудушас, хьостуш:
- Чака, - олура сох.

3

Сан бералла Iаламат ирсе дара. Сан да, нана, пхиъ ваша, шиъ йиша а яра. Йоккхаха ерг хIеттахь цIера яьлла яра. Вежарех цхьа а зуда ялийна а вацара. Тхо дерриш а цхьана тхов кIелахь Iаш дара.
Юьйцучу хенал жимма тIаьхьо хиллехь а, тахана санна дагадогIу суна, аьхкенан кхехкачу дийнахь, тIехь турсеш бен кхин хIумма а йоцуш, Хуьнгачу лийча дахана догIуш дара тхо. Дуьхьал йогIучу  почтальонша Денилханова Дешис элира соьга:
- Кхаанна хIун ло ахь? Шун ваша армера цIа веана хьуна.
Бераш Iаддитина, чехка дог детталуш, дукха воккхаверца ведда цIавеара со. Бутт моссаза болу, Супъянна дуьхьал дIа а хIуттий, со моццул воккха хилла хьожуш, коьрта тIехула куьг лоций вустура ас.
- ХIинца воккха хуьлуш ву, - олура Супъяна.
Кхин цхьа сурт а ду суна дагахь лаьтташ. Бензин хьожа, автобус, жима машен а ца ловра ас, дог керчара, Iеттавора. Цкъа сайна тIера, чан цIоканах йича санна йолу, кетар а бехйира ас.
…Могуш воцуш а хилла, со больнице эцна веана вара Супъян. Хьалхарнаш бовллалц Iаш волу тхойшиъ, Супъяна со учарчу гIанта тIе а хIоттийна:
- Приседанеш ел, - элира соьга. Жима волуш гимнаст санна товш, тIахъаьлла а вара иза. - Приседанеш ел. Раз-два, раз-два, раз-два…
Настарш тIе охьахаа дагахь, юха а со меттах хьовшшехь, «Супъян» аьлла, цуьнан мара вуьйжира со. КхидIа хилларг цара дийцарехь хаьа суна. Со сихха вадийна чувигна. Медйишас, сихъелла, ша хIун до ца хууш, чохь мох болуш маха тоьхна суна. ТIаккха со лечу хьола тIе ваьлла. Сахиллалц Iийна лоьраш со юхаверзо гIерташ. Кислородни гIайбеш дохкуш, мехий детташ. Iуьйрана Байсангуров Рамзана элира боху:
- Вала а велла, юха денвелла кIант хIара бен ца гина суна.

4

Жимма воккха хилча, кино чохь йоI я бер хьийзош гича: «Цу чуволу меттиг муьлхург ю хаахьара, уьш кIелхьара бохур бара ас», - ойлайора. Сан ойланехь уьш, телевизор чохь санна, кегийра хуьлура, со, ханна жима велахь а, лилипуташна юкъахь Гулливер санна, воккха хуьлура. Со гича уьш Iада а беш.
Юха цхьа хан еара сан, суна уьш санна, царна со а го моьттуш, хаза куьцехь дикторша хилча, цунна со везавалийта, мелла а лорий хьоьжуш.

5

Дахарехь дуьххьара суна дагадогIу сурт иштта ду: ког хецна аьчган боккхачу маьнги тIехь вижина Iа дада, цуьнан маьнги тIехь ловзуш волу со а. Сан цу хенахь цхьа шо хир дара. Цхьамма гIо деш бен, лекхачу маьнги тIе хьала а ца валалора со. Дадин коч хьала а оьзна, цуьнан гай тIе куьг детташ хазахетара суна. Цхьацца дешнаш алар бен, хабар дийца хууш а вацара со…

Чаккхе

Хьо цхьаъ дийца гIерташехь, юккъехула ша-шах язлуш дерг, яздан хан тIехъяьлла, хьоьжуш Iа кIордийнарг ду. Шен хан кхаьчча, куьйга ца баьккхина Iаж, байчу махо га ма ластийнехь охьабужу. Цу кепара, сан ненадех лаьцна яздийр ду бохуш волу ду-кха хан ю со. Тоххарехь яздан Iаьткъина, ненан дийцарш деха сан сица, кехат тIедахаре сатуьйсуш...
Кху дийцарехь со яздан гIертарг со мотт а сецна висар дара. Хьера яханчу мамина, велха а воьлхуш тIаьхьа вахана со, тилвелла, вайнера. Когаш хаттала бахана, хьала ца валалуш виснера со. Когашна гIодан дагахь, лаьттах гIортийна ши куьг а дIалеттера. Цхьамма, ведда тIе а веана, гIода юккъера лаьцна айина, хахкаелла йогIучу машенна новкъара дIаваьккхира со. (Иза Хадашов Iумар хилар дуккха а тIаьхьа хиира суна.) Хьера ваха ваьлларг (суна хIун хаьа хьера мичахь ю, хIун ю а?), кхечу новкъа вахана, девешин кIант Саламу волчу кхечира. ХIетахь юьртан йист яра иза. Олхазарца, Анзорца а ловзуш Iийна (кетIахь юьйлаелла лелаш гIезаш, бедаш а дагайогIу суна), хьокхам, тIо-берам а биъна, суьйрана, Сулеймана вилспетахь цIа валийра со. Со тIехьа тIе а хаийна:
- Миндар чIоггIа схьалацалахь, - элира цо. - Ши ког, чкъурга юкъа ца хьарчабайта, дIасабахийта.
ДIаладоьгIча, массо а со лаха араваьлла, Раминат бен цIахь цхьа а вацара. Нохчийн пеша хьалха хьокхамаш доттуш Iаш йолу иза, пеша бухара дечиг эцна, маьнгана тIехь волчу суна тIейолаелира:
- Кхин гIур вуй хьо, хIа?! Кхин гIур вуй? - олуш.
Иштта кхераваларх мотт сецира сан.
Кхо шо дара сан цу хенахь.
Мамас Сиржа-Эвла зерате лелийра со. ДоьазлагIа зератан керта ваьлча, мотт хецабелира сан. Цул тIаьхьа чIогIа сиха хабар дуьйцура ас, наггахь таса а луш.
Со школе вахча, луларчу Зарвана хьовзавора:
- Хьо дукха сиха луьйш, хьехархоша ахь хIун дуьйцу ца хууш, пхианнаш дохку хьуна, - олий.
Школера цIа моссаза вогIу, диг оьций ирзо тIе воьдура со. Юьртана йиъ-пхиъ километр гена долу и, некъ бацбеш, эшарш лоькхура ас. Дага ца догIучохь, маьIница догIуш дешнаш сайгара тIе а тухуш. Юха цIахь ладоьгIча, уьш нийса а карадора суна. Иштта тасавалар а дIаделира сан.
Изза хьехар Цуруев Шарипана а дира ас, тхо студенташ долуш. Мел делахь а, цунах цунна гIо хилира аьлла а хета суна.
Кхо шо долуш, мамина тIаьхьа хьера ваха ваьлла, со вайначу хенахь, лоькхуш цхьа эшар яра сан: «Цхьаъ бен йоцу массанхьа ас лийхира хьо», - бохуш. Дикка хан яьлча, и дешнаш долу эшар сайна Магомедов Султана локхуш хезча, цецваьллера со. «Сан дагара, ас лекхна эшар, цунна мичара яьлла? Я суна кхул хьалха а радио чохь хезна, сайна тIеIоттаделлачу хьолехь дагаеанера те?»


Рецензии