Дневник. 2000

ПОЭТАН АЗ

1

Школехь волуш ма генара хетара суна хIара шо.
«Сан цу хенахь 34 шо хир ду, - ойлайора ас. - Iалелай, къанвелла стаг! КхидIа ваьхна а хIун до? Самукъа дала а хIун хир ду дуьненчохь?»
ХIинца ма генара хета суна хIетахьлера со. Дахарехь уггар а хаза хан дIаяьлла, и юха йогIур яц. Хиллачу ойланашка, даге, сатийсамашка а хьаьжча, кхочушхилла, дина а хIумма дац.
Т. Фонтанес аьлла: «Кхоллараллийн болх бан лууш верг синкъераме хила везаш ву».
Самукъа дала ма кIеззиг хIума дисна сан дахарехь. Со хьалха хилларг, «Студентан дийцарш» яздечу хенахьлерниг аьттехьа а вац хIинца. Со кхин адам ду, кхин стаг ву. Оцу тайпана книга кхин язлур яцара соьга. Суна-м цкъацкъа, и ас мукъане а язйиний те, олий хета.
1999 шеран 16 декабрехь, баттахь могуш йоцуш Iиллинчул тIаьхьа, тоелла аьлла дог тешшийтина, сан нана кхелхина. 1929 ш. 8 мартехь Шелахь йина йолчу цуьнан 70 шо кхаьччера. Оццул дукха хан яцара и. ХIокху тIаьххьарчу шерийн сингаттамаша йий иза. Тхан да 1993 ш. 12 ноябрехь кхелхина. Ялх шо дуьйли цу шинна юкъа. Дада паспортан хенаца 1905 ш. вина вара, амма билггал йолу хан кхин а масех шо сов яра цуьнан. Бичераховцашца, деникинхошца а тIом бина стаг пхоьалгIачу шарера хуьлийла дац. Шийтта шарахь могуш воцуш Iийра иза. Да дIаваьлча, йоккха гIортор дIаелира сан.  И могуш вацахь а, дийна волуш, мел берийн амалехь велахь а, со лелачухула паргIат вара со. Кийра токх бара. Ненаца цхьаьна кху дуьненан марзо дIахеди…
И дIайолучу ханчохь со цIахь хуьлуьйтур вацара ас. Даима а иза сайна гергахь дийна йисийта. Цо лайна бала сайна гина ца хилийта а. Амма, де эшначу хенахь цуьнга хьажа,  дог эца а со юххехь хилла, Далла хастам бо ас.
Кийра бассабелла сан. Дог  Iийжа…
Кхин цкъа а хIара тохарлера дуьне хир дац суна.

2

ТIетаьIIина чIагIлуш, кечлуш а бу комендатурехь берш. Дийнахь, буьйсана а гонаха керташ еш, доташ йохуш, корешка, тхов тIехула а гIум чохь галеш дохкуш, нераш хьоькхуш, кираш бетташ.
Оьздангаллийн цIийнан кертахь, гIазотехь эгначарна йоьгIначу хIоллама тIехь, кхозуш ю оьрсийн байракх.
Гуьмсехула, Хосин-Юьртахула, Терка йистехула, беш тIемаш а боцуш, юьртдайша тIе а лелаш куьйгаш теIош, тIемалой - луург араволуш, луург цIахь Iаш, - Куршлойн-Эвла юха а схьакхечи федеральни эскарш. Тамашийна тIом бу хIара. Хьалха лозуш хиллачуьнга хьаьжча, итталгIа, баьIалгIа дакъа а дог ца лозу хIинца нехан нохчийн ду бохучу Iедалх. Нохчийн пачхьалкх хиларе уггар чIогIа сатийсинчарна а кIордийна хIара ловзарш.
- Нагахь санна оьрсий кху чуьра арабевлича, юха а МасхадовгIар, БасаевгIар, АрсановгIар, УдуговгIар хир болуш белахь кху чохь, суна оьрсий дIабаха а ца лаьа.
И ду дуккханна а хетарг. ХIунда аьлча цхьа а къепе, низам доцуш, гонаха и тобанаш яьхна, «Джипаш» хоьхкуш, нах идош, бойуш, нехан, халкъан а пусар ца деш, дерриг а шайна дезаш, мел дукха йиъча а ца бузуш, дерриг пайда боцчу, осала даьккхина. Цу новкъа баха ца лаьа нахана. Коьртехь резиденташ болуш, тIаьхьахIиттина къуй, уголовникаш а болуш еш яц пачхьалкх. Дудаевс, цуьнан Iедало а долийнарг (нохчийн пачхьалкх бохучу идеях тIаьхьарчу тIаьхьенан а дог даккхар), дика чекхдаьккхи МасхадовгIар, БасаевгIар…
Тахана лерринчу службаша хьалхабаьхнарш, царна тIаьхьа хIиттина цхьа кIеззиг болу фанаташ, оцу Iедалехь бен шайн кхиам хила йиш йоций хуурш, муьлххачу хьолехь а шайна саяккха говзанаш бен, тIом бан лууш кхин стаг вац.
МуьтIахь йолчу ярташкара эскарш, цкъа хIора урам, цIа а теллинчул тIаьхьа, эскарш дIа а дуьгий, ОМОН ялайо. Даккхий догIмаш долуш, цIена маж-мекх даьшна, керла духаршца, керлачу «Уазикаш» тIехь баьхкина уьш, цхьа а шайх лазийна воцуш, тIом гина а боцуш, цIера схьабалабаррах кIеда-мерза бу.
Борис Ельцин отставке а вахана, Владимир Путин Iедалехь висинчул тIаьхьа, гуманитарни гIо дийр ду бохуш, хIоранна а фамилеш, цIераш, паспортан сери а дIаязъеш, спискаш хIиттош бу. Оцу бахьаница харжамашна беш кечам хила а мега и. ТIаьххьарчу шерашкахь масийттаза хийцадели Iедал. ДIахIоьттинчу Iедало:
- Кехаташ чуло. Алапаш, пособеш, пенсеш а лур ду, - олу.
И хабар хуьлий, эладитанашка а доьрзий дуьсу. Цхьана Iедало вукху Iедалх жоп а ца ло. Вовшашна тIе а тоьттуш Iа. ХIокхара: «Цаьргара схьадаккха шайн ахча», - олу. Вуьйш юхабаьхкича: «ГIазакхашкара схьадаккхийша. Тхуна бина бац аша болх», - олу.
Кехаташ чулучу хенахь, шала-шера хIумма а лур йоций хуъушехь, мацах Молла-Эсарт санна, баккъал а доькъуш хила там бара цигахь цIазамаш, олий, араволу стаг. Нахана дала а делла, ша доцуш висахь хIун дийр ду? ЧIогIа наивни (хIилла доцуш) ду адам. ГIаддайна нехан.
ХIинца кхара а боху:
- Оха, 99 шеран август тIекхаччалц, алапаш, пенсеш, пособеш а дIаделла. Шозза дала дагахь дац тхо. Масхадовгара схьадаккха.
Кхечара дуьйцу, шайна президентан канал тIехь Масхадовс олуш хезира бохуш:
- Суна къинтIера довла. Ас цу ахчанах герз эцна.
Нагахь шина а агIоно и дуьйцуш хилар бакъделахь, и юха а, цара цхьана бертахь, юкъахь диина ахча ду. Хьалхарчу тIамехь а иштта ахча дии цара, Нохчийчоь денйо, ГIала хьалаютту, нахана гIо до, бохуш. Ахча-м Москвара ара а ца долура. Я юханехьа хьевззий, кхечу счеташ тIе схьадогIура.
Дукха хан ю со дуккха а тIемийн истори кхечу агIор ган воьлла. Хьесап дича, Шемалан хенахь а тIом 25 шарахь бахбалар, Шемал кара ваханчул тIаьхьа а иттех шарахь сов гIаттамаш хилар а - Москвахь, Петарбухехь а болчу министрашна, Iедалх леттачу тайп-тайпанчу цIубдаршна а и чекхбала ца лааран бахьана го суна. Оьрсийн империн юкъадогIу къаьмнаш ца дебийтарал сов, даржаш, чинаш, мидалш яха а, бахам гулбан а уггар атта, сиха, тешаме а некъ бу и. Паччахьна юххехь хилчахьана. Вайнахана моьтту, хIара дерриг а кавказан ламанхойн къонахаллах доьзна ду. Цхьадерг - вайнехан майраллах, атта Iехалуш хиларх а пайда оьцуш, мостагIчун хIилланца а ду. Хьалхарчу тIамехь масийттаза нисделира нохчийн тIемалоша Соьлжа-ГIала, Гуьмсе а схьаяккхар. «Дукха хIума даьхьна цара цу чуьра», - олура. Цхьацца хуьскаш хьушверг, машен ялош верг а ваьлла хир ву. Амма, доккхачу декъана, хьалха нохчашка ясса йойтуш хилла вагонаш санна, мехала ерг хьалххехь юьстаха яьккхина ю. Амма и долччун а лар йойу цу балхо. ХIара тIом балале яьхьира ГIалара «Къоман банк». Цкъа-шозза школашна ахча схьаэца вахана волу, суна гина и мел чIогIа ларъеш яра. Боккха тIом ца бича, яхьалур йолуш яцара и. Герзаца дукха доккха ха дара цигахь. Иттех минотехь тIекхача кийча кхин орца а. Амма кхоьссина цхьа топ а йоцуш, вийна, лазийна, чов йина а стаг воцуш, юьстаха даьккхира ахча. ХIинца юха а, марханаш достучу дийношкахь, Устрада-ГIала, Гуьмсе, Шела а чубаьхкина нохчийн  тIемалой. Кху дийношкахь районашка ахча деана бохуш дуьйцуш дара. И доллучун а лар йовр ю хIинца. Цара чу а баьхкина дIадаьхьна и, аьлла.
Кху дерригенан а хьокъехь обарг Зелимхас ГIизлара гIалара банк яхьар дагадогIу суна. ГIараваьллачу Гераклан шийтта хьуьнар санна, тIаьхьарчу тIаьхьено а дуьйцуш, шуьйра девзаш ду и гIуллакх Нохчийчохь. Амма оцу тIехь а, «бале ваьллачу» обаргах пайдаэцар го суна. Суна хIинццалц, массо а нохчичунна санна, цигахь гинарг еккъа къонахалла ю. Ша хIоккху дийнахь дIавогIу шуна, аьлла, кехат а яздина, оьрсийн эскарш, станицаш юккъехула вахана дийна делккъахь банк яхьар. Тахана оцу хаттаран шолгIа агIо а го суна. Иза тешачу нахехула цунна цхьамма дагадаийтина ду и. Цу банк тIе куьйгаш дахка лууш Iаш болчу кхечу нехан хьехамца. Я хIара и дан дагахь вуй хиъча, дуьхьало ца йина цара, орца а ца даьккхина, кIело ца йина. КIеззиг цуьнга дIа а дахьийтина, дуккха а шайна юьстаха даккхархьама. Муха нислур дара и, цхьаьнца бертахь я цхьаьннан лаамца догIуш ца хилча, Теркал дехьа, хьолада Архип Месяцев вало баханчохь, даккхий зенаш а хуьлуш (Зелимхан да, ваша, накъостий а бойуш), шаьш халла бевдда бевлла болчу кхара, ГIизлара гIалара банк яхьар? Цхьа а топ ца кхуссуш, цхьанне а чов ца еш, шайна карийна ахча меллаша таьлсаш чу дерзийна, цхьа а дуьхьало йоцуш юха а паргIат лаьмнашка верзар.
ЦIоз санна сийса а деш, ког билла меттиг йоцуш, оьрсийн эскарш ду Нохчийчохь. Массо некъ, урам, ерриг аренаш а цаьргахь ю Ведана, Шуьйта хьалакхаччалц. Го хада а бина баьIа стаг сехьаваьллий, дехьаваьллий бохурш, кхузара хьал ца девзачарна бакъ хета тарло. Ситуаци гуш болчарна - и хабар ду. Спутник тIера стиглара чухьаьжча сирникан ботт а къаьсташ болу, я Масхадов, я Басаев а мичахь ву ца хууш бац. Уьш цара ларбеш бу. Царна безаш бу. Церан полковникаш бу уьш. ХIинца инарлаш хила а мега.
Питанийн, пуьтийн, эладитанийн а мастерш хьалхарчу тIамехь а дуккха бара  пачхьалкхан гIуллакххошна юкъахь. Кху тIамехь къаьсттина дукха билгалбевлла уьш. Телекамерашна хьалха къонах хила, деза къамелаш дан, къам бехдан а атта ду, Москва охьа а хиъна.

3

ДоттагIаша олу:
- ДIадахийтахь вай. Вайна моьттучуьра даьлла хIара. Цхьанхьа генна дIавахча мукъане а, болх бича алапа, берашна деша школа а хир яцара те? Даккхийчу хIуманашка сатуьйсучуьра-м девлла дикка хан яра вайн. Луъу книга еша, язъян таро хилар а бара-кх синтем…
Сайн кхиам, дахар, сайн хиндерг а даима Нохчийчохь гинера суна, Нохчийчоьнца доьзнера ас. ХIара къахьйина-м дукха хан яра кхара, кху чуьра ваддал. Къам, халкъ… уьш ерриш а моттаргIанаш хиллера. Амма Нохчийчоьнах вала ца валар сов, йоккха хиллачу хенахь, нана а йитина ца вахало-кх со. Тхо цуьнан пхиъ велахь а, нана даима а жимах волчуьнца Iаш ма хуьлу. Цкъа а чуьра араяьлла лелла а йоцу (Сибрех йигар ца лерича), иза цхьанхьахула а лелалур яцара. Цуьнан дерриг а дахар тхан кертахь дIадаханера, тхо, шен доьзал кхиош, Iалашбеш а.
ТIаьххьарчу хенахь со цхьана а кепара сом даккха агIо йоцуш виснехь а, юучуьнца чохь хало хьегахь а, амма сайн гIуллакх тодар дуьхьа дIавахар, сан агIор йоккха эгоизм хир яра. Со ца вар бахьанехь Шарип а висира. ТIом баьлча элира цо:
- Хьайн куьйга вити ахь вайшиъ дIа ца вохуьйтуш.
ХIетахь, Шарип веана волуш, бан болх ца хилар, дIаваха везар а хьахаделча, мамас элира:
- ХIумма а дац болх ца хиларх, ахча даккха агIо ца хиларх а. Ас сайн пенсех кхобур ву-кх хIара.
И со юххехь везар дара. Цунна цатам ца бан, ас муьлхха а хало ловр яра. Пенси, газ, серло а гина хазахетар ца хуьлуш, бакъ дуьненчу яха… (Дала гечдойла хьуна, мама. Дала декъала йойла хьо.)

4

Нах ца идабо, базарахь герзаш духкуш бац, марханаш лоцуш, достуш, зуда ялош а цхьаммо, атталгIа,  топ а ца кхуссу…  Топ-м топ ю. ХIинца, юьртана гобаьккхина эскарш долчу хенахь, молла кхойкхуш а ца хеза, дикка ладоьгIча бен. Хьалха цхьа молла кхайкхинчул тIаьхьа, сатоссуш, вовшашка маршалла хоттуш ека нIаьний санна, тIаьхьа-тIаьхьа, кара-кара а оьцуш итт-пхийтта молла хуьлура юьртахь кхойкхуш.
Дера ца кхоьссира-кх, марха лоцуш я достуш а, цхьа топ-м. ХIинццалц 9 майхь санна, яккхий тоьпаш цхьаьна кхуьссура. Дог муха ца этIа тIаккха! Кхерийча - кхералуш, маршо елча тIехэвхьаза волуш а хила ца веза къонах. Оцу цхьана дийнахь Нохчийчохь эрна ирх кхуссуш хилла герз,  мел боккхачу тIамехь а толам баккхал дара. ТIаккха эрна «къонахаллийн» къамелаш дан а ца оьшу. Я хьекъал, я доьналла, шиннах цхьаъ мукъане а кхоччуш делахьара вайгахь. Сайн тапча мукъане а хиллехь, марха лоцуш, достуш а и кхуьссур йолуш вара со:
- Кхин борша а даций вай-м! Гой шуна? Кхин борша а даций!- бохуш.


ОР

1

Iуьйрана молла кхойкхуш дIаелира мама.
Керла валийначу лоьро яздинчу молханех хаза гIоли хилла йогIуш яра иза. ТIаьххьарчу буса охьа а хиъна, чохь берш муьлш бу а хаьттина, хIоранга а шеца-шеца къамел дира цо.
- ХIинца-м толуш яра иза, Дала мукълахь, - хийтира тхуна.
- Тота, со Iай буьйса йоккхуш? - элира Маликас. Бакъйолу цIе ПетIамат елахь а, ненахоша массара а «Тота» олура мамех.
- Ма Iе, ма Iе. ХIинца дика ю со, - элира мамас.
Раминат а, цIахь цомгаша йоI йолу дела, дIаяхийта хьаьжира со. Ас хIуъа баьхча а, иза йисира. Массо а дIавахана, мамина а наб озийча, со дIавижийтира цо. ТIаьххьарчу шина кIиранах вижар-гIаттар хилла а дацара сан. Буьйсана пхеа минотана бIаьргаш дIахьаббеш, итт минотана дIахьаббеш, жимма мама меттах хьовшшехь, хьалаоьккхуш, сема вара. Дийнахь цхьаъ чувеъча, и юххехь а вуьтий, цхьана сахьтана дехьачу воьдуш хуьлура, ца воьдуш а. Дийнахь-м наб а ца йогIура. Кхин садаIар доцуш, айса муха лардира ца хаьа суна и ши кIира. Дала ницкъ белла хилла-кх суна. (Мама, могуш йоцчу хьоьга хьоьжуш дог Iийжахь а, иштта кхаба мукъане а схьаелира хьо.) Юург а мамина яо езаш яра. Куьг бете дахьа йоьлча, Iайг охьабужура цуьнан. ЦIано ян езаш хилча, несарех цхьаъ схьа а ялайой, со араволура.
Ас дIадахар хьахийча:
- Со цхьана а метте гIур яц. Хьалха яхана хьаьжна со. Лахь а, сайн цIахь лийр ю-кх со, - элира цо.
...Арахь дика садаьржина а дацара, ас ненан йишера неI тоьхча. Ламазана гIевттина, чухула дIасалелаш татанаш хаалора. Малкана схьайиллира. ХIоккхул Iуьйре со лаа ца веаний хууш:
- ХIун хилла? - хаьттира цо йоьхна.
Малика а сехьа елира.
- ХIун хилла? - хаьттира цо а. Ас лун долчу жоьпах кхоьруш, йогуш а.
«Мама елла» ца алалуш, бIаьрзе чухула дIаса хьаьвзира со. Ас лелочух кхетта: «Тота-а», - аьлла, маьхьарца боьлхуш, со мара воьллира цу шимма.

2

Шела, мамин цIерачаьрга хаийта баханарш, Мескер-Эвлара юхабаьхкира. Эвтарахула боьду некъ-м къевлина дукха хан яра. Мескера-Эвлахула а ца вохуьйтура хIинца, карахь пропуск ерг а. Тахана дерг кхана доцуш хьал дара.
Шелара Мескер-Эвла, Цоци-Эвла агIор схьадогIу адам а юхадерзийнера. Шайн доккха гIуллакх долчо, кхин дехьа-сехьа ца валийтича, ша воьдучу юьртара дуьхьал веана стаг вуй хьожий, цуьнга хабар дохьуьйтура.
Кешнашка ца дуьтуш, шина дийнахь лаьттира мама, дIайолла йиш йоцуш.
Тезет дIахIоьттинчул тIаьхьа, каш даккха баханарш юхаберзийнай хиъча, баккхийнаш хIинца хIун дан деза, бохуш, Iачу хенахь, сайца машенахь СамадигIеран Адам оьций, машенахь эвлайисте вахара со. Юьртал цхьа километр сов хьалавахара тхойшиъ, царна тIе ца кхочуш. Хьалхара пост хецна яра. Дуьхьалонаш йитина, цигара кхин а лакха бевллера уьш. ШолгIачу постехь гуш лаьтташ цхьа салти вара, вуьйш хьулбелла бара. БаьIа метр дехьа, йола юьхьиг нийсса тIе а ерзийна, лаьтташ БМП яра, дуьхьал аьчкийн чалх тоьхна къайлаяьккхина. Кхин а лакхахь, шина а агIор, аре маййу, танкаш, БТРаш, УРАЛаш, кухнеш, четарш, къаьхьа де дара. Окопаш, блиндажаш яьхна тIекел тоьхна дуьйш долу латта. Аьрро агIор берш, некъан бахалла болчу диттийн могIано, дика къостуьйтуш бацара.
Машен геннахь йитина, гIаш тIевахара со. Автомат тIеерзийна, лаг тIе пIелг биллина Iаш вара бронежилет йоьхна, коьртахь каска а йолуш, гIароллехь волу салти. Соьга ладоьгIна:
- Омра ду, цхьа а сехьа ма валийта аьлла, - чIагIдира цо.
Ткъех шо хир дара цуьнан.
- Ас хьайга дуьйцучух дика кхетий хьо? Сан нана ю елларг. И дIайолла езаш ю. Кешнаш шун букъ тIехьа ду. Пхи-ялх стаг дехьа валийта бакъо еза тхуна, - элира ас.
- Омра ду, - элира цо.
- Вало, шайн командире схьакхайкха, - элира ас.
- Ша ма кхайкха аьлла цо.
- Со вахийта тIаккха цунна тIе.
- Ас тIетухур ю хьуна! - олий, цхьа-ши гIулч юха волу иза.
- Адам дан дуй хьо?! - чугIоьрта со цунна.
- Омра ду, - олу цо юха а, цхьа гIулч тIехьа а хуьлуш.
Машена а ***й, префект Тарамов Маккхал волчу цIа воьду со. Къевлина долу ков туху ас. Жимма Iийна, корехь зудчун аз хеза:
- Мила ву цигахь?
- Со ву. Маккхал цIахь вуй?
- Хьо мила вара?
- АбзугIеран кIант ву.
- Стенна оьшура хьуна?
- Тхан нана еллера. Кешнашка ваха бакъо хир ярий те, аьлла веанера со.
- Москва вахана ву-кх иза.
Эвтара агIор йолчу посте хохку оха машен. Цигахь мукъане а хьаькамех стаг карор вац-те? Комрийн бешан жимма тIех ма ваьллина, тIай тIе кхачале, дитт такхийна йогIуш танк ю. Шайна даго дечиг дохьуш.
- Сацаел, - олий, машен чуьра охьавуссу со. ТIейогIучу танкана дуьхьал дIахIутту. Цу тIехь хиъна Iаш, карахь пулематаш йолуш шиъ ву. Со дIахоьттича, ас лелочух ца кхеташ, танк а соцу. Ас куьг ластадо, схьадуьйла, сан гIуллакх ду шоьца, олий.
- ДIавало цигара! - мохь бетта цара. Вовшийн халла хезачохь ду тхо. Церан мотор а бу болх беш, Iаьржа кIур туьйсуш.
- ДIаяхийта машен. Вай лелочух ца кхеташ, тIебахка ца хIуьтту уьш, - олу ас Адаме. Цо машен дикка гена йоккху. Пальтон нуьйдарчий, заьIа дIа а йостий, тIемаш дIасалоцу ас, соьгахь чета доьллина герз доций хаийта. Юха а куьг ластадо ас, схьадуьйла, олий.
- ДIавало цигара! ТIетуху хьуна! - мохь богIу церан.
Тезета веъча, хьо ган лууш волу стаг, дIа ца воьдуш Iа дела, керта вогIу тхойшиъ. ДIавахийта везарг хир, кхин керла хIумма дуй а хьожуш.
Со гIасакхашна тIевахана вогIуш вуй хиъча, Эльбиев Делимбекана а лиира соьца ван. Иза хIеттахь хIоьттина керла юьртда вара. Шегара цхьа гIо эшахь а бохург дара цуьнан и. Ахматханов Адаман «Нива» тIехь юха а хьаладоьлху тхо. Хьалхачул а юххе йохуьйту оха хIинца машен.
- Со юьртда ву, - Делимбека, ши корта болу аьрзу долуш мухIар тоьхна удостоверени гайтича а, тIетовш вац салти.
Тхо и къамелаш деш долуш, цIен басахь бархIалгIа арахецна «Жигули» йогIу тхуна тIе. Чуьра охьавуссу Тазбаев Шайхи, Абу-Солтера Сайд-Эми а.
- Схьакхайкхал чехкка шайн командир. Со районан администрацин заместитель ву, - олу Шайхис, шегара удостоверени гойтуш. Кхо метр юххе вогIуш воцу салти, оха ша лацарна кхоьруш санна, удостоверене геннара бIаьрг тухий, командире кхайкха воьду.
Тезета веъанчуьра, тхо кхуза даьхкинай хиъна, тIаьхьа веана ву и шиъ. Соьга кадам беш, тхо вовшашка дистхуьллушехь, вахана салти ша схьавогIу тхан.
- Ца вогIу боху цо.
- Муха ца вогIу? ТIаккха со гIур ву-кх цунна тIе, - хьалха гIоьртира Шайхи.
- Саца! ТIетуху хьуна! - ши-кхо гIулч юхаволу салти.
ДIа тIегIерташ волу Шайхи сацаво ас.
- Шайхи, собардел, собардел. Кхин агIо лохур ю вай.
- Делахь Гуьмсе а вахана, кхеран хьаькамех цхьаъ валор ву ас, Вай хан йоцу дела лелара со-м, - олу Шайхис.
Нохчийчуьра тIеман хьаькамех цхьаъ, Шайхин доттагI ву, олуш хезнера суна, цхьаьна институтехь дешна.
- Со вогIий шоьца?
- Ца оьшу. Тезетахь Iе. Ма хуьллу сиха юхадоьрзур ду тхо.
Уьш Гуьмсе охьабоьлху. Со, Делимбек а лахахьа хьаьттан кертахь йолчу ОМОНе вистхила воьду. Шайн вовшийн цхьа а уьйр яц. Вовшийн куьйгакIел я аьлларг деш дац, олу цара.
Туркх ИсмаIала:
- Гуьмсе баханчийн гIуллакх ца хилахь, муьлхха кешнашка йоьллина, уьйтIа йоьллина а дIа ца йоьллича ца йолу. Дакъа латтадойла яц сан, - олу.
Массо а сагатдеш ву, хIун дохьуш богIу ца хууш. Шайхи, Сайд-Эми гIуллакх чекх ца доккхуш-м Iийр вацара, оьшург карийчахьана...

3

Мама дIайоьллинчул тIаьхьа шолгIачу дийнахь, хала, Делан балица, бакъо йоьхуш массо хьаькамаш тIе а лелаш, гIаш некъаш деш, схьакхечира Ваха. Зударий, цаьрца Iийса а, машен сехьа а ца ялийтина, юхабирзинера. Кхана, гIаш баьхкина а, схьакхача декхар ду, олу Вахас.
Мамина чIогIа дукха безара шен цIеранаш. ТIаьххьара хенахь, цаьрга сатесна, сиха-сиха Ваха, Билжан а дуьйцура цо. Шен жималла а дагалоьцура. Шайн да армех вуьгуш, ша, Малика а куьйгаш лаьцна, дIабуьгучу царна тIаьхьаидар, говрахь цхьа стаг дуьхьал хьадар, цунах кхераелла юхаедда, жима ор чу ког а кхетта шаьшшиъ охьакхетар, елхар а…
Ненада ворхIазза хьаж дина, пхийтта шо кхаччалц СаIудийн Аравехь кхиъна, дешна а стаг хиларна, Советан Iедало хьийзийна стаг вара. Лоцуш, дIахоьцуш, юха а лоцуш, долахь мел йолчу хIуманна конфискаци еш. ТIеман комиссар волчу вашас Дакас цкъа набахтера ара а ваьккхинера иза. Шен вежарех цхьаъ Сибрех вахийтича, цунна тIаьхьа а вахана иза цIа валийнера Шисас. Дийнахь лечкъина Iаш, буьйсана седарчашца некъ беш. Немцойн тIаме вахханчохь вайна вара иза.
- Пекъар, шен доьзалх марзо оьцийла ца хуьлуш дIаваха-кх иза, - олура мамас.
Концлагерера ведда волчу шелахочо дийцинера шена иза цигахь гина хилар. (Вайнах цIера баххалц, ша концлагерера ведда хилар гергарчаьрга а хаийта ца ваьхьаш, подвал чохь лечкъина Iийнера Киназ. ТIом дIабаьллачул тIаьхьа а немцошна дуьхьал хуьйцуш цIабалош болу салтий, 15-25 шераш тухуш, Сибрех хьежийнера Iедало.)
- Юучуьнца, молучуьнца хала дара лагерехь. Адамаш мацалла вовшийн дууш дара. ГIаддайнарг, дегIехь жимма а гIора долчара, чIу Iуттий вен а воьй, вуура. «Со вада воллу, кхузахь мацалла я чIу Iоьттина лечул, вейтар гIоли ю. Дала аьтто бахь, цIа а кхочур ву. Хьо вогIий соьца?» - элира ас Шисега. «Со Iедало вуьтур вац. Аьтто хилахь, Макка дIагIоьртар ву со», - элира Шийсас. Цига дIавахана хир ву иза...
Ткъе итт шо даьллачул тIаьхьа а нах карош нисделла дела, Шиса а цIа вогIур вац-те, бохуш сатуьйсура массара а.
- Ма экама стаг вара иза. Цо хIун лелийна хир ду те? - олу бохура Дудушас.
Iедал чIогIа долуш, цхьана а кепара Iаьрбийн махкаца уьйр, я цигара хабар а дацара. Дудаев веанчул тIаьхьа цхьацца хабарш хаза дуьйлира. «Цхьана стага шен чоьтах тIелаьцна, хьаждан мел вогIу нохчи. ЦIабогIуш совгIаташ а дина». Юкъалелаш дуккха агенташ, интригаш а хиларна, ма дарра хааза юкъа хан юьйлира.
Ваха вахана лийлира Макка. Шен воьалгIачу ден, Эпендин каш карийна, цу тIехIотта аьтто а хилира. Амма хан кIеззиг хиларна, толмачна а Iаьрбийн мотт ледаро хаарна, хабаршна тIаьхьакхиа хала дара. Маккарчу бусалба нехан коьртачех цхьаъ волу иза, цхьана меттехь каро, цунна тIекхача а хала дара.
Цкъа муфтий Алсабеков Мохьмад-Хьусайн Хьаьжас къамел дира телевиденехула, ша Казане бусалба нехан куьйгалхойн цхьаьнакхетаре ваханчу хенахь, цигахь Маккара Iарби гира шена. Шен да нохчи ву бохура цо. Ша кхуза вогIий хиъча, меттахь волчу цо, Нохчийчу а гIой сан доьзал хIун деш бу хьажа, элира боху. ХIара шад а дIало цаьрга, аьлла, ахча чохь долу шад а кховдош. «Со муха гIур ву, цигахь маьрша ма дац?» - ша аьлча: «Схьало сан Iаса, со гIур ву цига тIаккха», - аьлла, тохавелира боху. Халла иза тевина, цо боху ахча схьадеара ша. Тхо къаьсташ: «Хьо Нохчийчуьра бусалба нехан  муфтий ву. ХIара ахча хьох тешо мегар ду. ХIара цаьрга дIакхачадахьара ахь. Сан гергара нах, вежарий, йижарий а Шелахь бу хьуна», - элира цо соьга.
- Сан да ву-кх цо вуьйцург! - элира мамас.
- Хьан ваша хуьлу-кх иза. Схьало Iаса, ша гIур ву цига, аьлларг - хьан да ву, - элира Супъяна.
Муфтийс кхидIа а дуьйцура:
- Амма цо бийцина нах тхуна юкъа гIерташ бац. Цундела и ахча маьждигна хьовзадар мелехь хир ду, аьлла, сацам бира оха.
Ломан цхьана юьртахь, буьйда кибирчигах дина лоха, жима цIа, оцу ахчан лар яйа дина маьждиг дара и, мовлад доьшуш, жижигаш дууш дIа а дерзош.
Президентан ЦIа чохь тIекхечира со муфтийна.
- Ахь хьасттагIа телевизор чухула дийцинчух дика кхета лууш вара со. Ахь Казанехь хьайна гина бохург, тхан ненаваша вуй те, аьлла хеташ ду тхо.
- Кхана Iийна муфтияте волахьа. Хаьий хьуна стенгахь ю? ХIаъ, заводской райком парти хиллачохь. Ас ма дарра дуьйцур ду хьуна.
ТIом баьлла, цхьа а йист йоцуш дисира и.
Цуьнан цIе-м хиира тхуна.
Ваха юха а кехаташ нисдина, цига ваха кечвеллачохь, шолгIа а тIом бели…

4

Оха мамин тIаьххьара дийнош дуьйцуш, тхуна юкъахь лаьтта Ваха, шен бIаьрхиш ловчкъо, корта агIор а берзийна.
- ЦIера даьхначу хенахь, цхьайтта шо кхаьчча дуьйна, тIе хан а язъяйтина, шахтехь вагонеткаш тоьттуш, юха аьнгалийн заводехь а белхаш бина Вахас. Со цомгаш хилла, карточка доцуш йисинчу хенахь, шена балхахь луш йолу паек соьца йоькъура цо, - дуьйцура мамас. - Тхан да тхоьца санна, дика ву Ваха шен доьзалца а. Оьзда зуда Билжан а хиллера…
Вахина тIе кадам бан оьху нах. Селхана, стомара а тезетахь лаьттинарш а, Ваха схьаькхаьччий хиъча, цуьнга бистхила богIу. Сибрех цхьаьна Iийна, цIахь белхашкахь лаьттина а, куршлошна дика вевзаш ву иза.
Адам жимма лахделла, тхуна дистхила меттиг йолу.
- …Дерриш а дуьненан бахьанаш ду, - олу Вахас. - Iожалла сацалур яц, Ширачу заманахь ахдуьненан паччахь хилла Зулкъарни. ГIазакхаша Александр Македонский олу цунах. Гена махка тIаме вахханчохь могуш воцуш а хилла, валарчу вирзича весет дина цо, шен дакъана хьалха даккхий эскар дахийта, царна тIаьхьа массо къоман уггар тоьлла лоьраш, царна тIаьхьа даьхни эцна боьлхурш а. Эскаран хIун маьIна ду? ХIара дуьне даккхал ницкъ болчу цо, Iожалла эшо ницкъ белахьара, эшийна хир яра иза. Дарбанаш лелийча, Iожалла сацалуш елахьара а, ша лийр вацара. Цунна бу лоьраш. Дешех эцалуш, Iехалуш а елахьара, дIадала хIара даьхни а дара шен. Делан йозана дан хIума дац цхьанне а, мел чIогIа стаг хиларх. КIентан весетан оцу билгалонаша яййина нанна цуьнан Iожалла. Шайн дегнашна ницкъ ма бе, Iожалла кхаьчча дерриг а эрна ду. Цхьана сахьтана а сацо, юхататта а йиш яц и. Iожалла ца хилча, мел чIогIа цомгаш хиларх, лоьраша вехар вац баьхча а, толой дIавоьду стаг…   

5

Инзаре хIума ду! Мама дIайолучу дийнахь Вахера уьйтIа кIоргенан бомба кхоьссина, кертахь мел долу хIума тIекIел тоьхна. КетIара дуьйна дIаволавелла, дукха харжаш еш, хIинцца-хIинцца ваьллера иза ерриг а керт кечйдина.
Цу буса МасхадовгIар хилла райсобесан цIийнан подвал чохь. Уьш дIабаханчул тIаьхьа ши сахьт даьлча деанчу кемано, эвла юккъехь Iаш волчу Вахин кевне охьакхоьссина бомба.
Кхузткъе итталгIачу шерашкахь, Американ, Советски Союзан а атомни тIом бала тарло бохучу хенахь, Вахас йина йоккха, Iаламат кIорга подвал яра. Ша инженер хиларе терра, технологица нийса а йогIуш, атомни бомба тохар ловр долуш, тхевнан масийтта чкъор динера. Аьчкан-бетонан экъанаш, латта, гIум, жагIа… Ахьмад-м шен доьзалца Москвахь ву. ВахагIар, йоьIан бераш, лулахой а цу подвал чохь хилар бахьанехь дийна бисина. Вер-ваккхар ца хилчахьана, дохийначу цIеношна, ков-кертана а холча хIуьттуш вац Ваха. ХIоккху доьхначу хьолехь а шен забарш ца йитина.
- Билжан яра соьга: «Ахь кертахь гIеххьа ор даьккхича, чу хи а хецна, бедаш кхобур яра ас», - бохуш. Бомба йоьжначохь-м, цунах пруд бина, чу чIерий хеццал даьлла ор ду. Шен бух тIера меттахдохуш дохийна цIенош, аракхийсина кораш, неIарш, дIасалестийна тхевнан шиферш, дечкаш, этIийна аьчкаш, кевнан йоьгIна биргIа масийтта дакъа дехьа Iаш болчу нехан бешахь ю… «ХIинца бедаш эца а мегар ду-кх. Даккха гIерташ къахьега а ца дезаш, ма дезза ор ду-кх хьуна», - эли ас Билжане.
Цамгарш лаьцна ца хилча а, децIа оццул дукха дезаш йолу мама, и хаам кхаьчча а лийр яра дог иккхина…


БОХКАБЕЛЛАРШ

Х1ора а шен-шен аг1ор хьоьжу т1аме.
Э. Хемингуэй.

1

НТВ-н студехь цхьаьнакхетта оьрсийн, кхечу пачхьалкхашкара а журналисташ. Передаче кхайкхина политикаш а, Москван бахархой а бу. Цхьаъ-шиъ документалин фильм а гойтий: «Хьенан журналисташа бечу балхах теша шу?» – хотту.
Кхечу пачхьалкхийн корреспонденташка тешам совболу нехан.
– Кху тIамах лаьцна хIун хета шуна? – хотту передача дIахьош йолчу Светлана Сорокинас.
Вевзаш волчу журналиста Леонид Сванидзес боху:
– Хемингуэйс аьлла: «Фашисташ къиза хIаллакбан беза.
– Ахь дийцарехь, нохчий фашисташ бу-кх? – цецйолий дIакъаьхка цунах Сорокина.
Ша дешна, культурни а стаг лоруш, ша цхьа къонах а хеташ хир ву Леонид Сванидзе. Хемингуэйн цIе а йоккхуш, и шен коллега а лору цо. Амма суна дагадогIурш Хемингуэйн кхин дешнаш ду, «Марша Iойла, герз!» романан дешхьалхенехь аьлла: «Хьо тIамна герга мел воьду а, тоьлла кIентий бу цигахь! Амма и тIом боккхурш буй, сайн ницкъ хилча, дуьнен тIера массо а къоман тIеман дай схьа а лахьийна, хIумма кхоавелла ца Iаш, сайн куьйга тоьпаш тухур яра ас царна».
Шайн Iалашо кхочуш хилчахьана, тIеман дайшна хIун бен ду адамаш миччахьа дайича а, Москвахь я Нохчийчохь?
И ца хууш вац и къамел дийриг а.
Амма ша вохкавелла хиларна, шега ладоьгIурш, ша вевзарш, шен дашах тешарш а Iехо гIерта иза.

2

ШолгIа тIамехь хьалхалера маршо дIаяьккхина массо агенствон корреспонденташкара а. Дуьненан юкъара организацеш чу ца йитар сов, телевиденийн, газетийн а корреспонденташ наха юкъа буьтуш бац, федеральни эскаршца цхьаьна, царна тIаьхьа хIиттина а лелаш бу. Ерриг церан репортажаш Ханкалара эскаран коьртачу штабера схьа ю. Цара аьлларг, магийнарг а дуьйцуш.
Нагахь хьалхарчу тIамехь корреспондентана бакъдерг дийца, яздан, гайта а некъ буьтуш хиллехь, хIинца церан багахь дуьрста ю. Цхьажимма, шен ницкъ маббу, бакъдолчунна тIекхийдаш НТВ ю. (Ас забар еш Нохчийн ТВ олу цунах.) Кхийолу каналаш, бес-бесара куьйгалхой а, царна тайпа-тайпана цIераш тахка гIерта. Хорехь шайн эшарца, мукъамца а ца вогIург ца веза цхьанне а.
Таханлерчу тIамехь тIеман корреспонденташа нахана дуьйцург, довзуьйтург а шаьш дийца декхарийлахь дерг дац, цара кхочуш йийриг заказ ю. Амма тIеман корреспондент (ша алапа дуьхьа араваьлла вацахь), бомба, снаряд а дIакхуссучохь хила везаш вац, уьш охьаоьгучохь хила везаш ву.


Рецензии