Самоволка

Ши стаг вовшах кхеттачохь дуьйцуш кхин къамел дацара: «Со армехь волчу хенахь», аьлла бен. Сайн вуьшта а романтик волу, оцу дийцарша дог-ойла карзах йохура сан. Лоьраша ца вохуьйтуш 24 шаре велира со. Сан метта кхин хиллехь, тоххара ахча а делла, кIай билет даьккхина, я зуда а ялийна ши доьзалхо вина, паргIатваьлла хир вара. Кхин а кхо шо даьлча, мел лаарх а вуьгур вацара со. Тубдиспансерехь учетера дIаваьккхинчул тIаьхьа, школера балхара дIавелира со, хьехархо ву аьлла цIахь ца витийта.
Сайн лоьраца тIаьххьара хиллачу къамелехь:
– Цомгаш мукъане а хиллий-те со? Я цомгуш хиллехь, билггал гIоли мукъане хиллий-те? – хаьттира ас. – Аша яздеш хилла молханаш, кех ма ваьллина Соьлжи чу ма кхуьйсура ас.
– Жима волу дела товелла хьо. Кийра ша-шах толуш меттигаш а хуьлу, – элира лоьро.

Военкоматехь хIора эхашарахь вовшахтухуш йолу медкомисси санна, суна пайда боцуш хеташ цхьа а хIума дацара. Къаьсттина тхайн районехь ерг. Сан пехаш тIехь хIуъа хиллехь а, хIокхара хьажийна хир вацара со диспансере. Студент волуш сан прописка гIалахь яра.  ХIокхара-м, хьо гуш лаьтташехь охьа а воьжна, бIаьргаш керчош, леш вацахь, гIеххьа йолу цамгар-тергал а ца йора. Таро йолчара шайн бераш ахча а лой цIахь дуьтура. Церан меттана, план кхочуш еш, дIахьовсош бара вуьйш.
Сан шича, Муртузалиев Мохьайд, жима волуш комрин дитт тIера чукхетта, халла чу садеана, къора висанера. Воккха мел хуьлу а, шега дуьйцург балдашца деша Iемира цунна. Амма хьо шена гучохь вацахь, ахь мохь-м хьоькхур бара, цунна хезар дацара. Юьхьанца эпсарша хьийзош хилла:
– Хьо къора велахьара, военкоматехь комиссех чакхваьлла хир вацара, – бохуш.
Воккхаха волу ваша, Хьусайн, цIера больницера кехаташ эцна тIаьхьа а вахана, аттачу ваьккхира иза. Лиънехь цIа воуьйтуш а хиллера иза.
Сан хьаша Такалашов Султан, оццул чIогIа жаннаш лозуш волу, массо больницешкахула лела а вина, эххар дIавигира цара, дешар юкъах а доккхуш. Цигахь, ведда вогIуш лаьтташехь охьа а воьжна, кхо-биъ бутт баьлча цIа хьажийра иза. Иштта Баиев Iусманца армех вигина Бехоев Муса а, тIехьаьжна а могуш воций гуш волу, ахшо далале цIа хьажийра. Цул воккха пекъар карор вацара Куршлойн-эвлахь дийнахь сирникашца лехча а. Соьца санаторехь а вара Шелара кIант, сан йоллу диагноз йолуш, кIай билет делла цIа ваийтина. Iаморашкахь эрна ара кхийсинчохь ло кIел дахана, дукха бераш цомгаш хилира шайн, дуьйцура цо. Госпиталехь дарбанаш лелийначул тIаьхьа, комиссовать бира уьш. Районни военкоматашкахь йолчаьрга хьаьжча, тIеман госпитальш дуккха а гуманни яра.
Кхин дуккха а кегий нах бовзара суна, тайп-тайпана цамгарш а йолуш эскаре хьовсийна. Шарахь шозза ткъе цхьаъ хIуттура военкоматан белхахойн. ЦIен чIерийн лоьцу сезон йолалора церан бIаьстенан юьххьехь, гурахь а.
Уьш сайна дика бевзинчул тIаьхьа, со медкомиссех чакхвала вахча, тохара санна плавкашца ваьлла верзина ца лелаш, сайн духарца (мачаш дIаяха дезара) чу а воьдий:
– Со могуш ву, сагатдеш хIумма а дац. Кху тIе куьг таIаде, – олий, сихха чакхволура.
Цхьаволчо куьг таIадора. Кхечо цхьаъ-шиъ хаттар дора. ТIаккха комиссин сацамна юкъа тубдиспансерера справка а юьллий, эхашарна мукъа волура со.
Цкъа военкоматан учахь гиначо доллучул а цецваьккхира со. ГIантахь хиъначохь ца Iалуш, ветталуш, багахула чопеш оьхуш, жима стаг вара. Дала массарна а диканиг дойла, иза чолакх хиларх кхета, доккха хьекъал, леррина комисси а оьшуш яцара. Юххехь волчу дега:
– ДIа хIунда ца вуьгу ахь иза? – хаьттира ас.
– ТIе валаве аьллера соьга. Асачул а чIогIа сатуьйсу кхара хIара товаларе. ХIара вичахьана ма ву сан иштта, – жоп делира цо.

Сан дукхаха долу дийцарш санна, автобиографин материалан бух тIехь кхоьллина ду «Кехат». Автор, шен произведенийн мах хадош галвала тарлахь а, суна дика хетачех, дукха дезачех а цхьаъ ду и дийцар.
Тхан ротан командир капитан Сергей Афанасьевич Дубов дуккха а шерашкахь Къилбаседехь гIуллакхехь хилла, пенсе воьду хан кхаьчна вара. Жимчохь, Генрих Маннан «пачхьалкхан тешамечу стеган» санна, ирхдирзина хилла ши мекх, къаналла охьадирзинера цуьнан. Амма шена майор схьа ца елча, садаIа ваха ца лууш, дог этIаш Iара иза. Шен дог этIар салташна тIехь доькхура цо. Салташа:
– Чем больше в армии дубов, тем крепче наша оборона, – олура цунна тIаьхьаша.
«Кехат» дийцарехь к-н Барановн васт, шен прототипан гена даьлла дац.
Эскаран декъан замполит майор Овчинников вара тхан, Виктор Петрович. Эпсарша, салташа а лоруш, дош лелаш стаг вара иза. Карантин дIа а яьлла, тхо дIасакхуьссучу хенахь, со тIекхайкхира цо.
– Кацаев, кхузахь виса. ГIуллакхаш вуо хир дац хьан. Ас мастеран балха а хIоттор ву хьо. ХIора баттахь алапа кара а долуьйтур ду. Тхан мастерш берриш а граждански нах бу. Хьо жима а воцу дела, лаккхара дешна а хиларна, ларор ву аьлла хета суна, – элира цо.
Аьчкан-бетонан гIирсийн заводехь, 49 шарахь аннех йина казармаш чохь Iаш волу тхо кхо баьIа салти воцург, гIалара дуккха а граждански белхалой бара: зударий, божарий а. Делкъана хIума кхоллуш, йораха шайн буфет а яра церан. Йоккха башхалла яра салташа дууш долчу хударна, белхалойн юучунна а юкъахь. Жимма а шен кара капек еана эпсар а цу чу воьдура. Салтий наггахь бен ца гIора цу чу. И а, цIа ваха ахшо, кхо бутт а биснарг. Юучуьнца хало ца хьоьгура ас цигахь. ЦIахь сих-сиха, хина меттана а, индийски чай мийла Iемина, со реза волуш чай ца хуьлура цигахь, студенташ болчохь бен. Сан дикка гергарлонаш тасаделлера царна юкъахь…
Эскаран декъан командованина хIун ду а ца хууш, заводан начальнико п-к Е. Родичкина, мастеран дарже кхин стаг эцна хиллера, тхан карантин дIа а ялале.
Со болх боцуш висира.
Овчинниковс, ша аьлларг шалха ца даккха:
– Цкъачунна штабехь саца. Болх, хьо реза верг, карор бу вайна, – элира.
Сайн кабинет йолуш вара со. Наггахь телефон тоьхча, хьаькамаш чохь бацахь, дуьхьал вистхилар дара сан декхар. Замполита я комбата буса хан яьлча а, со чохь вуй хьажа я долу хьал хаа лууш, тухуш меттиг а йогIура. Я Главкера схьаэца езаш телеграмма хуьлура. Цара буьйса юкъал тIаьхьа кхоъ даьлча а тухура. Звани, дарж, фамили, цIе а дIаязйора хьан. ГIала ваха дагадеъча, почта схьаян воьдура. Цигахь къона, хаза зудабераш а дара. Некъал дехьа книжни туька а.
Кхаа-деа кIиранах евзира суна Воронеж.
ЦIера схьавогIуш тIехь хилла хIумнаш, каптерщике а аьлла, дIаехкинера ас. Юха, аьтто баьлча, мединститутан студенташ болчу яьхьира. Дадаев Мохьмад, Джабраилов Руслан, Алимхаджиев Iадлан а дика хьеший бара сан. Мохьмада шен чоьна догIа а делира соьга. Боккха аьтто бара и салтичунна. ХIора сарахь бохург санна уьш болчохь вара со. ЧIогIа марзо оьцура ас цаьрца. КIужал шарйина, кечвелла со араваьлча:
– Ален Делон, – олура цара соьх.
Заводера мединститутан юкъараIойле троллейбус тIехь пхийтта минот некъ бара. Вокзале дIакхачале охьа а вуссий, скверехула гIаш дехьа вала дезара. ГIала хаза яра, адамаш а ийна, кIеда-мерза. Со буьйса йоккхуш Iийча а, суна са ца гатдора. Штабехь берш со ротехь хир ву бохуш Iара, ротехь берш – штабехь волчуха. ТIаьххьарнаш, со шайн лаамехь воцу дела а. Цхьаболу эпсарш сан хеннара, соьл цхьа-ши шо кегийра а бара. Нохчийн университетехь тIеман кафедра цахилар новкъа дара суна. Сайн нийсархошна хьалха салти а воцуш, эпсар хир ма вара со а.
Амма эпсарел а со лоруш берш а бара царна юкъахь: лаккхара лейтенант Иван Петрович Иванов, лейтенант Мамедов Эльман Расулович, капитан Михаил Витальевич Клейменов а. Ас кхин дина хIума дацахь а, Клейменовна-м тхан эскаран декъехь, къамел дан хьекъал долуш стаг со бен хетара моьттуш вац со. Иванов дог-кIеда стаг вара, арме а ца хууш кхаьчна хеталуш. ЧIогIа адамалла йолуш. Клейменов – шен леларца, духарца а элийн амалехь стаг вара. Мамедов – юьхь тIера берийн амат хIинца а дика дIа а далаза, эхь-иман долуш, къона азербайджан вара.
Штабехь зударий хиларо а гIеххьа самалха доккхура. Лена-йоккханиг (секретариат), Лена-жиманиг (снабженин дакъа), Тамара (кадрийн дакъа), кхин масех бухгалтер а.
– Саид, схьавола чай мила.
– Саид, ас пирог йитна хьуна.
– Саид, ас торт еъна хьуна…
Тамара отпуске йоьдуш, комбатан омрица кадрийн декъан куьйгалхо хIоттийра со. Соьх цу тайпана жоьпаллийн болх тешабахь а, ас эскаре вогIуш сатийсина хIумнаш дацара уьш.
– Хьайн ирс ду хьуна хьан, кхуза кхаьчна. Кхечахьа велахьара, эхашарахь плац тIехь эткаш яон дезар дара хьан. Дисинчу цхьана шарахь эха шарахь, мукъа хан хир яцара, – элира жимачу Ленас.
Со эскаре вар книга язъян материал гулъяр дуьхьа дара. Цига вахале цхьанне а кепара кхетам бацара сан, салтийн, эпсарийн а дахарх лаьцна. АтталгIа сержантан погонийн башхалла я эпсаран седарчийн билгало а ца йовзара.
Амма тхо долчохь дерг девзинчул тIаьхьа, тайпа-тайпана гIаланашка, гарнизонашка, тIеман декъашка а кхача лаара суна. ХIора меттехь сайна кIорда даллац Iаш, хьоьжуш, толлуш, сайна тIехь зуьйш. Цунах хила тарлучу пайдане хьаьжча, Москвас и командировка яла езара, аьлла а хетара суна.
Ма кIеззиг бала бара командованина суна хетачуьнца, луучуьнца а. Цхьаболчера-м командировочни а хуьлура эскаран декъаш. Тахана кхузахь, кхана – кхечахьа. Тхуна кертал дехьараниг а дара иштта. И аьтто сан ца хилира.
Со яздархо вуй-м хиънера штабехь, ротехь а.
ЦIахь, коллективни гуларна юкъахь арадаьллачу сан дийцарх, издательствера ахча тIаьхьа даийтинера суна. (Берашкара ахча схьадоккху дела, комбата омра динера, тIаьхьа догIу ахча штабехула бен дIа ма ло, аьлла. Цхьаболчаьрга-м кхерабой, еттий а яздойтура дега-нене кехат.) Сан дуьххьарлера гонорар яра моьттуш а ву со и. Ткъе итт туьма салтичун дика ахча дара хIетахь. Пачхьалкхан дуккха а организацешкахь бетта алапа а дацара цуьнан эхе кхочуш. Амма дерриг дIадолуш, хийцалуш а ду дахарехь.
ГIуллакхаш вуо дацара сан. Амма батальонехь кхин а вайнехан жима виъ кIант вара. Юьхьанца ткъа стаг вара тхо. Уьш массарах а леташ Iа а ца Iийна, дIасадехира тхо. Тоьлларш дIа а бигина, цхьа мисканаш схьабалийра. Церан призывехь волу со, цхьа шо мукъане а даьккхина велахьара, сан цIе яьккхича а тоьар долу гIуллакх бахьанехь, царна тIехIитта, ладегIа, церан дола дан а дезара. Уьш наряде ца хIиттабайта, кухни чохь ца битийта, муьшкаш ца яйта а. Салташца дийцина ца Iаш, прапорщикашца, эпсаршца а къуьйсура.
Вайнехан гIиллакх-гIуллакхца йогIуш яц российски арми. Гуттар а берашна тIехIоьттина Iа йиш яцара сан. Цаьрга командованин претензеш ца хилийта, уьш цхьаццанхьа дIатарбан гIертара со. Цхьаъ-м машен тIе хао ницкъ кхечира сан. Вукхарна а дика белхаш нисбан дийцина дара, дембельш дIа а бахана, меттигаш паргIат евлича. Амма цу хенале сан сайн меттиг а юьйхира.
КхоалгIачу ротера берашца латар нисделла, штабера дIаваьккхира со. Цхьацца юьстаха воккхуш, я буьйсана вижинчура гIаттийна, къасточу меттана, берех цхьанна тоьхна аьлла хезна араиккхина, оьгIазвахханчохь, жа юкъаоьккху борз санна, нийсса дуьхьал йогIучу ротина юкъа иккхира со. (Адамна тоха ца луш, сагIийна хIума луш, хьанна а сайга дало накъосталла деш, со мел къинхетаме велахь а, эццахь гучуделира сан нохчолла.) Сан хеннара, чубоьхкинчура схьабаьхкина, я чу ца бохка схьахьовсийна, цхьацца бахьанашца шайн хенал а тIаьхьа бисина салтий а кIеззиг бацара тхоьца. Схьагарехь, гIишлошъяран отряд шайн кара вогI-вогIург схьалахьавой, тIаьххьара бисинчех вовшахтухура военкоматашкахь. Цхьаболу салтий-м, дукха лекха хиларна, гIода юккъехь хьаьвзина бара. Кегий болуш наноша говрашна даош долчу ялтех дина тайп-тайпана хударш, хьакхин дума а баабой, наьрт-аьрстхойн санна, догIмаш хуьлу оьрсийн, украинцийн, латышийн а. Тхуна дехьа долчу эскаран декъе Азера далийна бераш, салтийн уггар а лахарчу барамал а дукха хьалабевлла бацара. Гулливерах лаьцна книга а цхьа бух боцуш-м ца хилла хьуна.
Штабера дIаваккхарца ротерчу эпсарийн Iуналла чIагIделира суна тIехь. Ротица хIума яа а гIора со, схьа а вогIура. Кхин деш хIума дацахь а, тохара санна гIалахула волавелла лела аьтто бацара. Цкъа командира суна болх карийна аьлла, заводе вигира со. Пульт геннахь лакхахь яра. Оператор кабини чохь хиъна Iаш, оьшучу хенахь цемент охьахецчахьана волура. Амма цементан кIур кабини чу а кхочура. Халла тубдиспансеран учетера дIаваьлла волу, со реза ца хилира оцу балхана.
Дубов IадъIийча-м соьца бала болуш стаг а хир вацара.
– Мичахь ву Кацаев? Гуш хIунда вац? – бохуш, хьийзабора цо эпсарш. Цундела царна а ца лаара суьйрана со дIахеца. Уьш а ма бара шайн балхахь. Шайн рогIехь, шайн хеннахь а седа тIекхета а лууш. Ша сменехь воцчу хенахь а, Дубовс, тоьшшийтий, схьа а кхочий, Iуьйре елахь, буьйса елахь а:
– ДIахIитта! – олий, омра дора. Я:
– Кацаев чохь вуй? – олий, со казармехь карийча, дIавоьдура.
Со самоволкехь велахь, салтий хьийзабора:
– Иза схьаваллац лаьттар ду шу, – бохуш.
Балхара чубаьхкина, уьш кIадбелла, наб йогIуш буй а хууш, уьш суна дуьхьал баха леладора цо и.
Тхан батальонехь массарал а воккха вара лаккхара прапорщик Ерофеев. Нал санна дегI долуш, шен «Жигули» чу а ца хоьаш, садаIар хала долуш стаг вара иза. Командиро аьлларг ца дан ваьхьаш волу салти а, цунах кхоьрура. Цо шена дага деънарг дора. Иза шел лакхарчу хьаькамех а ца кхоьрура. Цара хIун дийр дара цунна? Дукха хан яра цуьнан пенсе воьду хан тIехъяьлла. Кхин хьалавала а цуьнан агIо яцара. Столовера йисина диларш салташа шена цIаеъчахьана (цIахь кхобуш хьакхарчий яра цуьнан), наггахь шиша а хIоттийчахьана, кхин цунна оьшуш хIумма дацара. Муьлхха гIуллакх а дIадерзадора цо. Салташца массарал буьрса велахь а, уьш дукха а безара цунна, церан дола а дора цо. Къуьрдиго шен кIорнеш санна, ларбора цо салтий. Наггахь ша зIок тохахь а, бехк боцуш, жIаьлешка, цицигашка а кадоьттуьйтур долуш вацара. Мел хилла а сийдоцуш ца хилча-м, эскарехь лара а ца лорура. Салтийн берриг ларам а кхерамна тIехь бара, тухуш, Iуттуш а хиларца. ТIаьхьаша салташа «папа» олура цунах.
– Мел доьхнарг а цо дIадерзор ду хьуна, шиша хIоттийчахьана, – аьлча, теша хала дара суна. Молуш я цкъа а цхьанне а кхаъ кховдийна а воцу: «И муха хир ду?» – аьлла хетара юьхьанца.
– Цхьана шишано ца дерзориг, шина шишано дерзор ду хьуна, – хьоьхура суна.
Цкъа ша волчу каптерки чохь:
– Командирана оццул дуьхьал валар дика дац хьуна, – хьехар дира суна Ерофеевс.
Наряде хIотта аьлла, командиран омра кхочуш ца дарна, гарнизонни гауптвахтера со роте схьавеана хан яра и.
– Хьан дов соьца делахьара-м хIумма а дацара. Ас, могIа еъанчохь, кара еъанарг тIетуху, цул тIаьхьа вастало. Ткъа цунна диц ма ца ло ишттаниг. Ахь ерриг ротана хьалха сий ма дойу цуьнан, аьлларг ца дича.
– Цо аьлларг дича, сайн сий дойу ас.
– Ахь кхочуш дийр доций хууш, деш ма ду хьуна цу кепара омра. Цо уьш папки юкъахь гул ма до. ТIаккха, хьан цIавоьду хан тIекхоччучу хенахь, стоьлан гIуткхи чура схьадоху. Цо Рыжийчунна динарг ца гина хьуна? ЦIаваха кечвеллачу хенахь – дисбат. Хьуна уггар а гIоли дерг балха вахар дара. ТIаккха самоволке лела хан кIеззиг хир яра хьан. Командира а Iадвуьтур вара хьо. ХIинца цунна, бIаьрга яьлла сурх санна, ма ву хьо. Амма суна сагатдийриш, соьх дог лозурш кхин а хиллера.
Цхьана Iуьйрана заводан урхалле кхайкхира со.
Луларчу эскаран декъера библиотекахо йолчу Людмилин да, Горин Валентин Иванович вара иза, отставкехь полковник, лерринчу декъан куьйгалхо хилла волу. ЧIогIа оьзда стаг хийтира суна иза.
– Овчинниковс болх ца ло хьуна? Ледара стаг ма вац иза, – элира цо.
– Со ларван кIордийна хир ду-кх цунна а, – элира ас.
– Цхьанхьа балхахь ца хилча, хIора де а, хьо Iедална декхар воьдуш вуй хаий хьуна? Шун бухгалтерехь лоруш ма ду и дерриг а. Юург, мерг, мотт, тIеюхург, когаюхург а салтийн чоьтах ма ю. Дембеле воьдуш муха токхур ю ахь и? – дуьйцура цо. – «Хьуна хIун болх лур бара-те?» – бохуш, ойлаеш Iийнера со. Книга еша, юкъа-кара яздан а мукъа хан йолуш. ТIаьхьалонна ойла ян езаш ма ву хьо. ДубовгIар, кхиберш а бахьанехь (суна сайна а хьекъална башха генара нах ца хета уьш), хьайн дахар талхо ца оьшу. Хехочун болх бийр барий ахь? Оха граждански нах бен оцу дарже хIиттош бац. Хьуна лаахь, хьо хIоттор ву.
Со реза хилира.
Хехочун болх-м уггар а дика хиллера. Буьйсана балхахь хилча, де-буьйса а мукъа дара сан. Дийнахь смене вахча, буьйса-де а мукъа дара. Сан дерриг а декхар, суткехь цкъа богIучу поездана ков схьаделлар, и ларбар а дара. Йисинчу хенахь ков догIа тоьхна хила дезара. Со волчу агIор тIебогIуш машенийн некъ бацара. Цундела къола дан агIо яцара со волчохь. Карахь яхьалур йолуш хIума тхан кертахь ян а яцара. Дукха хьолахь уьш, крано бен хьала а ойур йоцуш, аьчкабетонан экъанаш, чIагарш, наггахь бордюраш, кхиболу а тIеман хьашташна оьшу гIирсаш бара. (Схьагарехь, и болх со дIатарваран дуьхьа кхоьллина бара.) Цкъа-шозза со ву-вац хьажа командир веара, цкъа ротан замполит а. Цул тIаьхьа кхин цхьаммо а хьен ца вора со.
Со берхIитта шо а долуш, ца ваьллачу денна, эскаре веана велахьара-м, вуно дика болх бара ас бийриг. Муьлхха салтийчо а сан меттехь ша ирс долуш лорур вара. «Институтехь болх беш Iачу меттана, кхузахь поездана ков доьллуш Iа веана вара-те со? – ойлайора ас. – ХIара арми яра ас сатийсинарг?» ГIали юккъехь хиларо а дIаийзавора. Болато тIеийзадо эчиг санна, книжни туьканашка а ца вахча Iалуш вацара со. Кхечо дуур я молур долу, кара деанчу соьмех книгаш оьцура ас. Почтехула цIа яхьийтора, я студенташ болчохь гулйора. Цигахь ийцира ас Садриддин Айнин ялх том, Эрве Базенан йиъ том, Иван Франкон кхо том, кхин дуккха а книгаш. (Кечвелла самоволке вахханчохь эцна Франкон книгаш хьалха а йолуш, даьккхина сурт а ду сан.)
Сайгара догIанаш луларчу декъан КПП-чу я заводан вукху агIор волчу хехочуьнга дIа а лой, со студенташ болчу воьдура. Со сахиллалц и ков, и гIант лардеш Iийча а, тIекхета хIумма дацара, наб ца яр бен. Сайн гIала ваха дог ца деъча, дехьа чу а волий, дIавуьжура со.
– Хаттахь, со заводана го баккха вахана эр ахь, – тIекаре йора ас.
ХIора суьйрана схьалелачу, дейтта-пхийтта шераш долуш, хIуш санна долчу зудабераша, ткъе итт шерашка гIоьртинчу сийначара а амал кхачо долийра сан. Охьа а хиъна паргIат книга еша йиш ца хуьлура. Буьйсана кхьахьпанаша, сийначара а оккупаци йора КПП-на, дийнахь – салташна цIера тIаьхьа богIучех юьззина хуьлура. Оцу чохь ца Iийча, сан кхин тхов-кIело а яцара. (Церан командованица барт бинера, со цу чохь Iийр ву аьлла.)
Тхайчуьнга хьаьжча, доккха эскаран дакъа дара и. Масийттаза тIекIел йина гIишлош, хIора гIат тIехь, шайн-шайн ротехь мукъа деношкахь латош кабельни телевидени а йолуш. Церан плац а даима къегина гора. Тхо долчохь екъачу хенахь голлалц цементан чан, догIа деанчул тIаьхьа хоттан уьйриг хуьлура. И хат кегош я чан айина хоьхкуш кирхьан машенаш а йолуш. Церан кертахь салтий нераш, девзигаш хьоькхуш, кираш бетташ, сираш хьоькхуш бохкура. Чухула волавелча, тай тоьхча санна, дийнахь тIе охьахаа йиш йоцуш, нисбина меттанаш бара.
Тхо долчохь, дийнахь-бусий кхаа сменехь балхахь хиларе терра, муьлххачу хенахь а бийшина бара салтий. Коьртаниг, план кхочуш йичахьана, наб ян бакъо яра. Бакъо яра, амма дукхаха берш, къаьсттина къона салтий, набарна охьаоьгуш хуьлура. Болх бина чувеъча, «вукху кIентан меттана» а смене ваха везаш нислора церан. Я столовехь чомахь юург а ца кхочура.
«Слон» аьлла цIе тиллина, вуно верстина Краснодарера кIант вара тхоьца карантинехь. Ахшо даьлча, и гиначу хенахь цецваьллера со.
– Саид, – аьлла, сайга кхайкхича, юхахьаьжира со. Боккха ира мара а болуш, бахтар санна вуткъа, кIант вара соьга хьоьжуш. Цуьнан бIаьрга доьхкинчу куьзганашца, халла вевзира суна иза.
– Ма чIогIа гIелвелла хьо, – аьлча:
– Суна-м хазахо хета хьуна, – элира цо. – ЦIахь мел дукха къахьеггера ас, аз ца луш. Схьавеъанчу хенахь, настарш стаммий йолуш, эткаш кога а ца яхана хедо дийзира цуьнан. Калош санна уьш текхош лелара иза хIетахь.

Цхьаболчара дуьйцу, шайн гауптвахта эскаран декъехь яра, цигахь ма тов Iара шаьш, бохуш.
Ерриг башхалла хIун ю аьлча, эскаран декъехь хьо мила ву хаа. Хьуна тIе хIоттош верг ша а ву кхана цу чу волла тарлуш. Я шегара сов дерг далийтахь, кхо-диъ де даьлча шена мегар доций хаа цунна. Я хьан накъост хуьлу, чуван, тIекхача а йиш йолуш. Цара юург, мерг, деша газет, журнал а латтадо хьуна, оза сигаьрка а. Буьйсана дежурни эпсар садаIа вахча, камера схьа а йоьллий аравоккху…
Гарнизонан гауптвахтехь цхьанне а хьо вевзаш вац, мила ву ца хаа, бала а бац. Цигара наряд а, я курсантех, я цIен погонаш йолчех лаьтташ ю. Цара, ахь аьлларг ца дахь, я шайх цхьанна тохахь, я эпсаро жимма Iамаве иза, алахь, дабгIа до стагах, охьавожжалц тIе автоматийн маккъаш, охьавоьжначул тIаьхьа тIе мийраш бетташ. Хийлаза меттиг еана эскарехь, ца ваьллачу денна, я дог даьттIачохь, нохчийн кIенташа дуьххьара кара веъанчуьнгара автомат схьа а йоккхий, ерриг наряд а хоьхкуш, я тIегIорта ца баьхьаш, я орца а доккхий, хьаькамаш гуллой, цуьнга ахь боххург дийр ду, хьийзор вац, олий, дош а лой, герз схьаделлачул тIаьхьа велла-висна а воцчу хьоле воккхуш. Хийла дика тIемало, сержант, командир а хир волу нохчийн майра кIант низаман батальоне кхоьссина. Цо, оьрсийчо санна аьлларг ца дар, иза къарцавалар а бахьанехь.
«Кехат» дийцаран коьрта турпалхочо, Казбеков Султана, эскарх лаьцна ен ойланаш, авторна гинарг, хетарг а ду. Со гауптвахте хьажор, ас цигахь яьккхинчу хенах лаьцна, яздинарг дерриг а бакъ дара. Тхан батальонера, ненан цхьаъ бен воцу, кIант вийнера цигахь йиттина.
Командиран омра кхочуш ца дарна, хан тоьхна, со гауптвахтехь тIелоцург, царна лаьттах хьокху сира, пилорамехь дечкаш чакхйохур ю аьлла, дош а деллера. Сан дегIах а хIума кхетар йолуш яра цигахь, цхьа Делан къинхетам а хилла, соьца цхьана чохь ши курсант ца нисвеллехь. Туьканара шура а йохьуш вогIуш волчу цу шинна, дуьхьал Iоттавеллачу декана кхо сутка кхайкхийнера:
– Шоьга хьаьжча, нахана курсанташ мацалла леш бохку моьттур ду, – аьлла.
И шиъ йоьалгIачу курсехь вара. Нарядехь берш шолгIачу курсехь.
ПхьегIаш йила, горгам хьакха, Iуьйрана плац тIе девзигаш шаршо а салтий къасточу хенахь, ас сайна юххехь волчу курсантана муьшка йора.
– Кацаев Iадвита, – олура цо.
Журнал карахь долчо кхин фамили йоккхура.
Вуткъа лекха а волуш, схьавалар Казахстанера дара сан хьашалла тасаделлачу курсантан. Цуьнан цIе йицъелла суна. Сарахь дийшина Iаш, шен дагара дуьйцура цо. Сил дукха езаш нохчийн йоI яра цунна. (Шовзткъе доьалгIачу шарахь махках баьхначохь, дуккха а нохчийн доьзалш баха бисна Казахстанехь, Киргизехь а.) Масийтта шарахь, хазалла дала дохкучу зудаберашна юкъахь а, йиц ца еллера цунна иза.
– Соьга ян а там бара иза, вежарех ца кхерахьара. ХIун аьлла хета хьуна? Ас има диллича, иза соьга яийта реза хир барий-те цуьнан вежарий?

Керла шо тIекхача кхо-диъ де диссинчу хенахь, дагахь а доцуш Сайд-Селим кхечира суна тIаьхьа, шолгIа ваша. Хорбазаш тIехь волу иза, белхан гIуллакхна командировке воьддучура, кхузаша ваьллера.
– Со дукха Iа йиш йолуш вац. Ас отпуск йоккхур ю хьуна. ЦIагIор хьо, – элира цо.
– Отпуск-м дера лур яцара суна, – элира ас. – ЦIа ваха а ца лаьа суна-м. Йиснарг дукха хан а яц.
Со цIа вахийта барт бина, кемана билет ду шен эцна, аьлла, суна некъана ахча а делла, оцу деннахь дIавахара Сайд-Селим. Юха вогIуш коньяк далахь царна, аьлла. «Цо царна делларг суна деллехь, паччахь санна Iийр вара со кхузахь. ЦIа вахна а хIун дийр ду, юхаван везаш хилча?» – ойлайора ас.
Сан гIуллакх чолхе дийриг, самоволкаш бахьанехь, хера дIаваьккхина со, кхечу балха я наряде а ца воьдуш дуьхьал валар дара. ТIаьххьарчу хенахь чIогIа букъ лозуш вара со. Ток ягаяйтина жимма лартIе беанера сан и. Командир со гича мегаш вацара.
– Балха ваха могуш вац хьо. Самоволке ваха могуш ву.
Дела денна, со вийцар бен, кхин болх бацара штабехь болчийн а. Царна со вицволуьйтур волуш командир а вацара, докладнойш яздеш. Кехат мичара долура хаац цунна. Бераш арадаха кехатан къеллина, Ленинан ерриг а томаш этIийна бовлуш лаьттара. Цхьаммо а йоьшуш йоцу и книгаш, аьнгалин чакххьаьжча, шаьш ма-ярра хетара. Мужалташ дийна хиларна.
– Юха а самоволке ваханера хьо? – хоттура замполита. – Хьо тамашийна стаг хилла. ГIуллакх прокуратуре далахь, хьоьх лаьцна дика дош эр долуш стаг вац-кха кхузахь.
– Суна карор бу хьоьга байта болх. Сарралц формовочни цехехь бетон кегийча, самоволке ваха дог догIур дац. ТIаккха хьайн дог дагIахь гIор хьо! – довдора комбата а.
Капитан Дубовс кхайкхийна, шозза пхиппа, итт сутка гауптвахта а яра сан кхин а чохь яккха езаш. ХIетте а меттиг ма яьллина, со студенташ болчу я кхечу квартире ца воьдуш ца Iара. Со чувуллур ву бохуш Iашшехь, нехан подвал я туькана чуваьлла цхьаъ лоций, я милицера телефон тухий, я меллачохь цхьамма цхьанна тухий, кхиверг хьалха а волий, сан гIуллакх тIаьхьа тоттура.
Доктор Сазоновс (майор вара иза а) элира цкъа:
– Кацаев, хьекъал долуш стаг ву хьо. Самоволке вахаре терра схьаван а хаа хьуна. ХIара тентакаш ца го хьуна, кертара ара ма бевллина, цхьа ЧП йохьуш богIу.
Оцу гIурт юккъехула отпуск юьйцучохь а дацара. Амма со цIа вахийта агIо карийра царна. ЦIера цхьаъ тIаьхьа веъча, гIала шина-кхаа суткана дIахоьцура салти. Суна а иштта отпуск язйира. Шозза кехаташ а хIиттош. Со цкъа схьа а веана, юха вахча санна. Дубовс вай дуьненахь а куьг таIор доций хууш, старшинас Ивановна хьалха Iоьттира увольнительни. Суна кара некъан кехаташ а делира.

Оцу кийсигехь ма-гарра, исбаьхьаллин произведенехь вайн дахарехьчул а сов ю романтика. Дийцарехь, шен тIехьийзачу йоIан доттагIчуьнгара кехат а кхочий, цIавоьду Казбеков.
«Кехат» дешначара хотту соьга:
– Уггар а хазачохь дерзийна ахь и дийцар. КхидIа хIун хилира-те цунах?
– Ялайой Султана Фатима? Мел бакъду цу тIехь яздинарг?
Султанан Фатимица йолу юкъаметтиг, куьцана юкъаялийна яра цу дийцарехь. Суна коьрта хетарг, нохчийн литературехь гайтина а йоцу, вайзаманан арми ма-ярра йовзийтар дара. Советски литературехь а дукха цIена, хаза гойтуш дара дерриг а. Амма произведени армех я тIамах лаьцна елахь а, чорпана шен барамехь тосу туьха, кхийолу чамбийриг а санна, и хазйийриг, турпалхойн синхаамаш, безам а бу. Оцу дийцарехь, сан кхечу произведенешкахь доцчу кепара, нохчийн йоIан цIена васт кхолладелира соьга.
Фатимин васт, шен цIе а ца хуьйцуш, дахарера схьаэцна дара. Эскаре вахале евзинера суна иза. Амма «Кехат» тIехь ма яздарра, тхойшиъ цхьаьна доьшуш дацара. Со цунна шина шарахь тIе а ца хьийзинера, я и сайга ца еъча, цунна дог даьттIа, дешар дIа а тесна арме вахана а вацара. Фатима сан вешица заочно доьшуш яра. Со цу хенахь университет а яьккхина, Iилмана-талламан институтехь болх беш вара.
Дуьххьара экзаменашкахь хазъелира суна Фатима, сесси йолуш еза а елира.
Зезагаш санна долчу зудаберех яьккхина йолчу гIалахь, пединститутехь а, массарах а ас къастийнарг яра иза. Бамби юкъара схьаэцча санна, цкъа а малхе бевллий-те аьлла, шекаран баIалгаш санна кIай, цIена, хаза, багара долу дош мерза долуш, бара нохчийн йоIарий. Ас сайн дагахь, ойланехь а кхоьллинчу нохчийн йоIан идеал хетара суна иза. (Юьхь-сибат, дегIан куц, качалла а хьехийча-м, церан курсехь а хир яра цул хаза масех йоI. Цуьнан леларо, гIиллакхо а хазйора иза.) Музейш, кафеш, фонтанаш, кхидерг а баккъал хилла дара. Амма тхойшиннан юкъаметтиг чIогIа цIена латтайора ас. «Iехалур йоцуш йоI ян а яц, йоI ларъян еза», – бохург, билггал суна хетарг ду.
Зуда ялоче даьлча, Фатима ялор йолуш а вара со хIетахь, ас йола аьлча йогIур йолуш иза а яра. Еккъа цхьа шеко яра сан цу захалонах, иза ГIалахь Iаш хилар. Дикана-вона а юьртара доцу гергарло лело хала хуьлу. Амма и шеко а цуьнан дикалло йойура. Цуьнан цIерачарна а хууш яра тхойшиннан юкъаметтиг.
Отпуске веъча цIа гулбеллачу йижарца, вежаршца, доттагIашца а ши де даьккхина, 3 январехь ГIала вахара со.
Юккъерчу майданахь йоккха ёлка, бираьнчикаш а хIиттийнера. Суьрташ дохурш а бара ГIура Дадин, Лай-Аьзнин а тайнигашна хьалха, коча фотоаппараташ а оьхкина, шайна тIебогIурш ларбеш. Берашца, шайн-шайн доьзалшца а дуккха а кечделла адам дара арадаьлла.
Наггахь бен керлачу шарахь ло хуьлуш дац цIахь. Деъча а, малх ма хьаьжжина, деший дIадолу. Марзделла, ло ца хилча, самукъане а ца хуьлу. Лоно дерриг урамаш, некъаш, дитташ, цIийнан тхевнаш а серладаьхна ца Iаш, адамийн дегнаш а цIандеш санна хета...
Наха юкъахь Фатимин жимаха йолу йиша Мадина а гой, тIевоьду со. Цуьнца Залваъ, кхин а товш жима зуда, йоккхастаг а ю. Фатимин йоккхаха йолу йиша, нана а хир ю-кх и шиъ. Суна Мадина, Залваъ бен ца йовзара. ГIали юкъа яьллачура, занятешкахь йолчу Фатимина сих-сиха тIаьхьа йогIура и шиъ.
– Марша вогIийла хьо, – олий, суна мараоьккху Мадина. Юха къамкъаргехь хорам хуьлий, кхин дош а ца алалуш юьсу, бIаьргех хи долу. Цецволий Залваэ хьожу со. Цуьнан а бIаьргаш хих буьзна бу. Вукху шина зудчун а иштта.
«Ванах, Фатима елла-м хир ма яц. Цхьаъ хилча, кечбелла ёлке богIур ма бацара хIорш», – ойла хьоду сан коьрте.
Залваъ дIанехьа а кхойкхий:
– ХIун хилла? – хотту ас.
– Фатима ядийнера, – олий, елха йолало иза. Вуьйш а тIегулло. Кадамехь санна берриш а боьлху. Кара-кара а оьцуш, и муха хилира дуьйцу цара. Фатима, со везаш, соьга хьоьжуш, соьх тешна а Iаш яра. Цкъа схьаяьккхинчул тIаьхьа, юха цуьнан лаамаза дIаелла иза божарша. Суна, шайн йоIана а гергахь, шайн болчу бехкенна холча хIуьттура уьш. Царна дагахь а дацара, вахана ахшо а далале, со цIавогIур ву бохург...
ДIаса къаьсташ:
– КъинтIера валалахь тхуна, – элира Мадинас.
 
Кхин цхьанхьа а дIасавала со кхиъна воцуш, студенташкара телеграмма кхечира: «Чехка схьавола, хьуна тIаьхьа орца даьлла», – аьлла.
ГIала увольнительни воьдуш, хьо хинволчу меттиган адрес дуьту. Ас мединститутан юкъараIойла язйинера. Сан хан чакхъяьлла. Дубов хир ву хьера ваьлла хьийзаш. Итт-цхьайтта сутка ло аьллачу тIехь Iехийнера со старшинас. Я дагардеш галваьллехь а. (Ас айса хIунда ца дагардеш дара уьш?) 28-чу декабрь тIера 2-гIа январь юкъа а лоцуш цкъа (с 28 по 2), юха 2-чу январь тIера 4-гIа январь тIе кхаччалц а. Цкъа «по 2» хилча, юха «с 3» лара дезаш дацара?
Оцу кеппара, сан итт-цхьайтта сутках бархI хуьлура, ткъа доьалгIачохь буьйсана 12 далале эскаран декъехь хила везар а лаьрча, 7 де. Цунах а ах хан некъана дIайолура. Москвара ГIала боьду поезд Воронежехь 29-чохь Iуьйрана бара. И де буьйса а эрна дайра.
ХIара хила ма-езза отпуск мукъане а елахьара, военкоматехь кхин а цхьа-ши кIира тIетохуьйтур дара. Дехьа-сехьара доттагIий болчу ваха, я со цIа веанерий хаийта а ца ларий. Оьшурий тIаккха хIара цIавар а?
Роте схьакхаьчча, гоьзанчан тумбочки тIехь сайн цIарах кехат карийра суна. И яздинарг Фатимица доьшуш йолу Жанета яра. И цо шеггара яздинера, я Фатимин дехарца дара ца хаа суна.
«Ядийначура схьаяьккхина Фатима, чIогIа хьийзош ю, куьйгаш кхетта хилча, хьоьга хьоьжуш Iийча а, ахь юьгур яц, хьайн маре дIагIо, бохуш. Денна вукхара тIетуьйсуш баккхий нах а бу. Иза чIогIа йоьхна ю. Чехка цIа вола», – яздора Жанетас.
Кехат дикка тIаьхьа дисинера.
Телеграмма яийтинехь, я кехат шен хеннахь схьакхаьччехь, хIун дийр дара ас? Пионерийн лагерь ма яций арми. Дага ма деъана цIа ван йиш йолуш.
Денна чуволла хьийзош а волуш, сайна мегар доций хуъушехь, цуьнан дуьхьа цIа гIур варий со?
Вара, аьлла хета суна.
Юха а (оцу ялх баттахь мосазлагIа?) суна уголовни гIуллакх доло рапорт яздина командиро. Кхаа суткана тIаьхьа висина ларахь а, нийсса сайна деллачу итт-цхьайтта дийнахь схьакхаьчна со. Соьх вогуш, ша-шех кадетташ волу старшина а паргIатваьлла. Цуьнан дагахь баллам кхоччуш дIабаккха, айса цIера деана нохчийн коньяк а дIало ас. Замполитана догIург цо ша дIакховдориг хир ду-кх.
Лейтенант Ширнин юкъараIойле веъча, со цIавахний хиъна командирана. Самоволка лоруш ю и. Дукха хан йоццуш, самоволкаш кIорда а йина, могIарера Симонюкна а, низаман батальонехь яккха, бархI бутт хан тоьхна. Командиран машен тойина ваьлча, цIавохуьйтур ву ша, бохуш, воккхавуьйш вара иза. Министран омра арадаьллера. Буьйсана гIала вахханчохь мала а мелла, милцоша сацийна. ДIавига хьовзийча, царах лета а летта, вада кадаьлла цуьнан. (Шайн цхьа белхахо вийначул тIаьхьа, буьйсана гIалахь чIагIйинера милицин патрулаш.) Царах ведда Симонюк заводан керта иккхинера. ТIаьхьадаьллачу жIаьле ца лацийта, хьалайоьттинчу экъанашна буьххье ваьллачохь, милцоша тIе гIожмаш йиттинера цунна.
Ас дIабаьккхинчу когана, шена жимма хIума тусаделча, штабе рапорташ яздеш волу Дубов тIевоьрзу суна:
– ХIинца-м набахте гIур дара хьан дегI. Кхетор яздел, хьо кхаа суткехь стенгахь вара алий.
«ТIехьийза йоI ядийна аьлла, кехат деанера соьга. ЦIавахча иза маре дIаелла а карийна, схьавеара со», – яздо ас, юххе Жанетин кехат а дуьллуш. И, ма-лоьхху, оьрсийн маттахь а дара.
Зударшца дерг чIогIа лазаме, чевне а тIелоцу оьрсаша. Езар маре яхча, зудчо чура араваьккхича а, ирхохкалуш Iедал ду церан, дагна кIеда болуш я малар коьрте даьллачохь. Тхуна гонаха долчу эскаран декъашкахь масийтта веллера иштта цIера кехат деъча. Царах цхьаъ-м ша болх бечу лекхачу кранан кабини чохь ирхъоллавелла карийра. Оцу балхе ладоьгIча, деана цу тайпана кехат а долуш, со цIа а вахана, могуш-маьрша схьавар, церан гIиллакхехь суна доьналлин орден йогIуш гIуллакх дара.
ШолгIачу дийнахь столове воьдуш, заводера схьавогIу комбат, замполит а кхета соьх.
– Самоволкашка ведда лелаш ву хьо хIинца а? – деро элира комбата.
– Хьан кхетор-м яздархойн Союзе дахьийта а мегар долуш ду, – велааьшна дира Овчинниковс.
– Я «Крокодил» журнале, – кIоршаме тIетуьйхира комбата, дIа а волалуш.
Замполит цхьана минотана сецира.
– Ахшо дуй хьан диснарг? ДIа чакхдаккха ахь, – комбатана тIаьхьа волавелира иза чехкка.

1994


Рецензии