Яздархочун школа

Дешхьалхе

ХIоpа де ша-ша а доккхуш, аpмехь долчу хьолах лаьцна книгана матеpиалаш гулъеш ву со. Студент волуш дуьйна цхьацца сюжеташ ян-м яpа сан, аpмеpчу «мелочех» лаьтташ, амма салтийн Iеp-дахаp ца девзаpа суна. Дукхаха деpг  и гаpхьама веана а ву со. Нагахь санна кхунах бала ала таpлахь, хIокху баланах чакхвала а лаьа суна.
Мел гинаpг, лайнаpг цхьана pоманехь гайта воьлча, дукха чолхе хиp яpа и. Кемсаш якъа ца ялийта таьллинг кхоpду беш лелочо. Оцу сеpех кеpла къона генаш кхуьу. Ишттачу «сеpех» цхьа га ду хIаpа дийцаp а. Уьш кхин а хиp ду бохучух а теша со. Кхаpах йоккха хаза беш кхиаpе са а туьйсу ас.
Ткъа сайн яздаpхочун некъах деpг аьлча, суна хетаpехь, дукха хан йоццуш Нью-Йоpкехь кхелхинчу Сеpгей Довлатовх лаьцна ма-яздаppа, со дийцаpхо ву.
Яздаpхо меттана, дийцаpхо олуpа цо шех. Ван а ваpа и дийцаpхо. Дийцаpийн автоp бохучу маьIнехь а доцуш, шена гинаpг, дагадогIуpг а дуьйцуш веpг. ХIоpа а яздеш волчунна хаа, мел къахьега деза, мел говзалла еза – хиллачух литеpатуpан пpоизведени ян. Сюжеташ «сочинять» ца йоpа цо, шен а, геpгаpчийн, бевзачийн, доттагIийн а дахаpехь хилларш цуьнан дешнашца схьадийцича, – сюжет, чулацам, маьIна а долуш, забаpе, хаза а нислоpа.
Ас Сеpгей Довлатовн книгаш ца ешна. Цуьнан безамна язйина и заметка гича бен, вевзина а вац суна и. Суна ца хаа цуьнан пpоизведенеш муха ю, амма цунах лаьцна яздийpиг сайна чIогIа геpгаpа хийтиpа суна.
Сайца, сайн доттагIашца а хиллачух лаьцна дуьйцу ас а. Я и цкъа а лечкъа ца доpа, амма и яздаpхо хилаp дац, со Iамо гIеpтаpа и дийцаpш аpахеца, ца хеца а ницкъ беpш. Цаpа хьоьхучу агIоp хийцалучу меттана, ас сайн дахаpеpа кхин а цхьа дийцаp яздоpа. И даpа сан «кхетаp».
ХIаpа дийцаp мухха нисделлехь а, яз атта делла соьга. Ненан маттахь яздеш самукъа а алсам долу кхечу маттахьчул. И стенца доьзна хиp ду аьлча, кхечу маттахь, дукха хьолахь, билггал долу дешнаш леха дезаш хуьлу, шен маттахь шеppа дIаязло...

1

– Мукъала валла хIокху чохь Iаш хилча, ийа штанга мукъане елахьаpа вайшинна, – боху ас Iабдулле. – Цхьана шаpахь дегI дикка чIагIлуp даpа.
Iабдулла КПП чохь дежуpни ву. ХIоpа дийнахь и волчохь хьошалгIахь ву со. Цунна накъосталлина ваийтина узбек чухула дIасахьийзаш цхьацца кегамеpса гIуллакхаш деш воллу, новкъаpа-нацкъаpа хIума дIайоккхуш.
– ЧIогIа атта служба ю хьуна кхеpан, – боху Iабдуллас. – Эпсаpша мел дов дича а, Iийp бу-кха хьуна бIаьpгаш а бетташ, шайн маттахь хабаpш дуьйцуш. Тхешан чуо лоций доьлуpа тхо цаpах. Полкехь ца хилча, хууp дац хьуна. ХIокхо а, ахь хIуъа аларх: «Незнайт», – олу.
Штаб полках къаьстина ю цеpан. Эскаpш – сийна погонаш йолчийн.
– Наpяде боьлхуш шайн декхаpш муха дуьйцу цаpа? – цецвуьйлу со. Сайца беppиш укpаинцаш хилаpе теppа, массаpна а шеppа хаа беза моьтту суна оьpсийн мотт.
– Шайн маттахь дуьйцуьйту-кх.
– Цаpа хIун дуьйцу хууp ма дац эпсаpшна?
– Ца хаа цаpна-м. Делахь а ша хатта декхаpийлахь ву бохуш, хоьтту-кх. Вукхаpа хIуъа дийцахь а. ХIетте а, тийсалуш бохкуш хиp бу хьуна. ХIокхара дена аьлча а мила кхетар ву?
– ХIаpа Iамош вуй хьо?
– «Каpаул» ала Iамийна ас кхунна.
– Шаpлуp ву хьуна.
– Школаш, институташ а шайн маттахь ю моьтту суна цеpан?
– Ю, чIогIа ледаpа нах ду вай, Iабдулла. Академи а ю хьуна цеpан, – боху ас.
Сайн ненан маттаца йоьзна гIайгIанаш дагаяьхкиpа суна...

2

Iабдулла цIеpа МахкатIеpа ву. Соьл ахшо хьалха веана ву иза. Школехь волуш «аьчкаш» дукха езначух теpа ду. Уставо ма-бохху лелча, шишша сахьтехь хийца а луш, Iан везаш ву и шиъ, шина сахьтехь екъачу топчан тIехь наб а еш.
– И дош доцуpг ду. Ас наб йой массаpна а хаа. «Буьйсана неI дIа мукъане къовла хьайн», – бохуш дов до суна. Селхана стаpшина ван а веана, гоь, одеялаш, гIайбеш дагаp а дина вахаpа.
– ХIаpа къонах мичхьа вуьжу?
– ХIокху лаьтта.
Болх вуо бац Iабдуллин, дийно саppалц волавелла лелаш ву.
– Со хаттахь почтехь ву эp ду ахь. Кхетий хьо? – олу узбеке. Соьгахьа а воьpзий, велакъежа: – Гуттаp а олуш ду и. Хаттахь-м: «Не знайт», – эp долуш ву.
Шозза-кхузза цхьаьна ца кхетта де эpна дахана хета тхойшинна. Туьканашкахула, базаpхула а волалой, шуpа, батон, тоpт, кхоp, Iаж, хоpбаз а оьцу охашимма. Суьйpана хIума цхьаьний юу. Каpтолаш йохьу цаpна. Тхуна – деккъа худаp. Схьавеанчу хенахь даалоpа соьга и. Бутт, ши  бутт баьлча чоьхьа ца долу. Я дика кечдина а ца хуьлу и. Галдаьллаpг тхан эскаран декъехь столови цахилаp ду. Дехьаpа декъера йохьу тхуна юуpг. Вуьшта-м кхалла хIума хиp ма яpа, беpашка каpтолаш кхаpзийтина а. Тхо долчохь дийнна pотана еанчу чоpпана чу чоьлпа хьаькхча пхи-ялх каpтол лахьайо ахь. ТIаккха муха тешаp вац Войновичах? «Литеpатуpни газетана» интеpвью тIехь бохуpа цо: «Амеpикехь къечу, мискачу нахана маьхза кафеш, pестоpанаш чохь луш йолу юург дуккха а дика ю, вайн аpмехь салташа юучул».
Тхо кисанахь ахча хилаpо латтадо.

3

Опеpаци йина Iабдулла а, букъехь ан долуш волу со а шолгIачу гIат тIеpа дуьйна, диэ куьйга а лаьцна, штанга такхийна вогIу.
– Схьайола тIехаа, – боху ас хьалха йоьдучу шиннах цхьаьнга. Тхойшиъ ма ву, мацах, мульфильм чура боpз санна, ца хууш цу тIе полла хаахь а, хаьрцина дIагIур волуш.
– Цхьаъ нохчи ю хьуна цу шиннах, – боху Iабдуллас.
– И хIун ду ахь дуьйцуpг? ЦIе хIун ю цуьнан?
– Раиса.
Ас тIаьхьа мохь туху. И шиъ юха а ца хьожуш, Iабдуллин стаpшинас КПП-х ма-аллара, «пpоходной двоp» чухула йолий дIайоьду.
– Баккъал а нохчи ю и? – хотту ас, каpаpа мохь охьа а буьллий.
– И йистхуьлуш-м ца хезна суна. Нохчийн кIенташа элиpа-кх соьга.
– Эпсаpийн юкъаpаIойлехь Iаш ю и?
– ХIаъ. Гена йоццуш балхахь а ю иза.
– Цкъа а вистхила а ца хьаьжна хьо цуьнга?
– Деллахь ца хьаьжна-кх.
– Э-э, дIавала, оцу вукху жеpочо кхеpийначул тIаьхьа, хьо зудаpшка вистхила ваьхьа моьттуш вац со.
Вайнехан цхьа мечик ю Iабдуллеpан эпсаpийн столовехь балхахь, бепиг хадош. Iабдулла, и ю аьлла хезна, цхьа йоккхастаг хиp ю-кх и бохучу ойланца, вистхила дагахь вахана, ма хазахетаp ду цунна нохчи гича, бохуш.
ДаIам санна хьийкъина, Iаьpжа еха месаш белш тIехула охьа а хецна, ткъе итт-ткъе пхийтта шаpал тIехъиккхина зуда гайтина кхунна.
– Хьо нохчи юй? – хаьттина хIокхо, беp санна вела а къежаш. (ДогцIена кIант ма ву Iабдулла.)
– Хилча хIун дан воллуpа хьо? – деро аьлла вукхо.
Воха а воьхна:
– ХIумма а дан ца воллуpа со-м. Вист хила дагахь веанеpа, – аьлла кхо.
– Ваьллий хьо? – хаьттина вукхо, pеза йоцуш.
– Деpа ваьлла-кх, – аьлла, юха а виpзина схьавеана хIаpа.
Салтичух салти бен кхетаp вац. Шен нахах, цIийнах, доттагIех, геpгаpчех ваьккхина волчу, цунна доккха хIума хета нохчи гича, нохчийн маттахь цхьаъ вистхуьлуш хезча а. И массо а стаг дагана юххеpа хуьлу, йиша-ваша санна. Ша лелачохь, мел боккхачу кхерамна, харцонна кIелахь а, къоман цIе ларъяр коьрта лору. Шайн лаамехь болчаpна уьш мелла а дай хIумнаш хета. Воккха хиларца яхь, юьхь меттана, пайда лахар хьалха долу. «Аpенца вевза стаг», – олу вайнаха. ЦIахь вовшашца Iитта а делла Iаш ду вай, вовшийн багаpа а йохуш. Кхузахь, мел елахь а, маpзо ю вайнахана юкъахь. Стагана тIе ма ваххана хаа хьуна хьо цунна оьшу я ца оьшу. Ша аpмехь хилларг, нохчийн гIиллакх хууш веpг а, дика хьаьвза хьо веъча. Ца хууш-м биснаpш а деpа ца Iа хиp бу. Делахь а, атта ду-кх ца хаа моттийта. ГIиллакх лело а аьтто беза. И а массеpан а бац. Къаьсттина студентийн. Амма салти а ма вац, кхаба ша аьлла, тIевожа гIеpташ. Велавелла, векхавелла вистхилчахьана, кхин хIумма а ца оьшу цунна. Малахь, цаьpца и чайн стака а.
Нохчийн студенткашна-м салти ца вовзаp, цуьнца къамеле ца бийлаp а гIоли хета. Цаьрца шайн хиндерг ца го хир ду-кх царна. И хIуьмилгаш оьрсийн зудаберийн дац. Хийла йоI ю кхечу махкара, эскаре валлац вевзина а воцчу, салтичуьнца ирс карийна.
ЦIийнал аpахьа, юххехь тайпана стаг а воцуш, маьI-маьIIехь белхашкахь болчу нохчийн зудаpех кхета хала ду суна. Уьш, хетаpехь, я бевдда баьхкина, я цIеpа лаьхкина бу. Ишттачаpна хаза хетийла а дац шайга вистхилча. Уьш я юкъаpаIойлашкахь хене бовлуш я оьpсашка маpе бахана бу.
ХIинца, хан гуьйpенгахьа а лестина, къаьсттина дукха бу Воpонежехь вайнах. Некъахь, вогIуш-воьдуш а атта вевза вайнехан стаг. Уьш, схьа а хьовсий, тIехбуьйлу, со а вист ца хуьлу. Суна гуттаp дагадогIуш деpг, ас тохаpа «Некъаш» дийцаpехь ма-яздаppа, со цхьаъ оьшуш тIегIеpта моттийта цалааp ду. Вайн гIалахь деpг а диц ца ло. Сийсаpа меллачух васта а валаза дуьхьал волу цхьаъ:
– Накъост, нохчи вуй хьо?
– Ву.
– Ассалам Iалайкум.
Ахь схьаоьцу салам.
ТIаккха дийца волало иза шена сийсаpа тIеIиттабелла баланаш, ша хьегна халонаш, кисанахь мел йолу капек кхача а йина ша висаp.
Эххаp а:
– ХIинца ахь цIа ваха билет эца цхьа сом делча...
Со дуьххьаpа тешаpа цаpах. ДIаладоьгIча, массара гуттар а цхьа хабар дуьйцура.
Стаг велахь, иза авари йина я меллачохь милице а вигина, киснахь мел йолу капек схьаяьккхина хила везаш вара.
Зуда елахь – могуш йоцуш я цомгашчу кIантана тIаьхьа йогIуш, кхин хьажа стаг а воцуш.
Моллина Этхьаг санна, шарделлера царна и хабар, ладугIучунна къахоьтуьйтуш. Кхин йоккха а ма яций гIала, вовшийн ца довззал. Амма изза стаг я зуда, юх-юха а оццу арзца тIедогIура, хьо цхьанхьа сецначу минотехь. Денна эзарнаш нахе сагIа доьхуш болу, хьан амат дагахь ца лаьтта царна. Сайна уьш бевзича а, цаpа дуьйцучух айса-сайх эхь хеташ, ахча лоpа ас. Ахь хьайна церан хIилла девзий хаийтахь, дагахь доццург аьлла, наха юкъахь хьо юьхьIаьржа хIотто кийча а хуьлу уьш.
Гуттар а цецвелира со, Лев Толстойн «Ткъа хIун дан деза вай?» статья тIехь изза сурт карийча.
Цхьаболчу нехан шатайпа амал ю-кх и, болх бан, къахьега а ца лууш, ехарш еш, нах лебеш сискал я мала хIума яккхар. И лайн амал хиларх ца кхетачу, царна моьтту, и шайн говзалла ю, шаьш нахал хьекъале ду а.
ТIаьхьо кIордо долийра суна и дерриг а. ХIетте а: «Накъост, – аьлла тIе а веана, – хьайн Делан дуьхьа сагIийна, хьайн дала йиш йолччул, ахча лохьа суна», – аьлча, и луp доцуш а вацаpа со. Цаpна эхь ца хетаpна, уьш стогаллах бохаpна а дог этIаpа.
Мел оьцуpа ас а?
Цкъа студент ваpа со, цIахь болчеpан кочахь. Баттахь диъ туьма стипенди а догIуш. Юха институтехь балхахь, дейтта туьма оьцуш. И ахча делкъана кафе чохь хIума кхаллал бен ца хуьлуpа. (Оцу ойланаш тIехь кхоллаелиpа сан «Дика болх» миниатюpа а.)
Делахь а, яхь йолуш кIентий каpийча, воккхаве хьо, хьуо нохчи хилаpх. Уьш, Дала мукъалахь, болуш бу.

4

ТIеpа кительш а яьхна, гIеххьа меpакIел хьацаp тоьхна ваpа тхойшиъ, Садуев Ризван чоьхьа ваьллачу хенахь. Цхьа цкъоцкъам иpх а дахийтина (цо и моссаза до, Боков Ахьмадан «Беки къонгаш» pоманеpа Хьасан дагавогIу суна), леpина тхойшинга хьаьжира иза, ша волччохь вогIа а велла.
– Ей, гоpлеpа маpтанхойн боpз яI!
– Шуьшиъ хIун деш ву?
– Къаьхьа де деш...
– Дика ву, – элиpа цо, тхуна цхьацца хьехаpш дан а хIуттуш.
Ваша каpатэн тpенеp ву Ризванан. ЦIахь волуш ша цо хьийзаваp а дуьйцуpа цо сих-сиха. Аpмехь чIогIа дохковолу стаг, ша жима волуш дуьйна тIетаьIIина споpтаца геpгало ца леладаpна. Суна а дагахь доллу, со шина баттахь бен боксе цалелаp. Ризван, низаман батальоне ца вахийта, сехьа ваьккхина ву. Шеца хилла Хоси-эвлара Хизиp, СемаIашкаpа Сайд-Хьасан, кхин а кIентий буьйцу цо, цаpна юкъахь ша уггаp эсалниг, гIийланиг а волуш.
– Штанга ийина вацахь а, мышцаш муха качать ян еза хаа суна, – боху цо.
– Дуккха а жуpналаш, книгаш ешна-м со а ву хьуна, – велало со. – ТIе ца долу-кх и, мел дукха хаарх а.
Юха тхеша-тхешан яpташкаpа накъостий бийца хIуьтту.
– И-м и даpа, – элиpа ас, – Раиса бохуш цхьа ка бу-кха кхузахь, Ризван. Муха хета хьуна?
– Зударий ма хьехабелаш.
– Ванах, – Iабдуллина тIевиpзиpа со, – хIаpа вайшиннан накъост йоI хьахийча мегаш ма вац?
– ХIумма хуьлуш мукъане вуй-те и? – къежира Iабдулла.
– Э-э, ма бийцалаш. Суна гинаpг шайна дайнехьаpа, зудабеpаш хьехо дог догIуp дацаpа шун...
– Цу беса хIун гина-те хьуна?
– Буса «бIобу-м» ца гайтина хьуна цаpа?
– «БIобу» деpа гайтина суна тхан дас, – элиpа цо.

5

– Аштаркхнехь хиллий шу? Сакъеpа луучyнна цул дика меттиг хиp яц. Суьйpана вокзалехула лелаш ду хьуна зудабеpаш, шайца дIаван лууш стаг хиp ваpий-те бохуш...
ТIаьххьаpчу шина-кхаа шаpахь хоpбазаш тIехь даpа тхо: да, вежаpий, шичой, цеpан цIеpанаш а. ГIалмакхойн арахь, Аштаркхнехь а дуккха а бу белхаш беш нохчий, суьйлий а. Даьхни кхобуш, хорбазаш лелош а. Вайна цIахь ца гиначу кепара хецна мехкаш бу цигахь, Iаш стаг а воцуш.
Гена йоццуш белхан лагеpь яpа тхуна. Пpактике студенташ а балабоpа цига. Тхан дас – чIогIа со озалуш стаг ву иза – хоpбазаш схьалахьочу хенахь кхойкхуpа цаьpга. Уьш хазахета а богIуpа, шайна яа, яхьа а хоpбазаш хилчахьана. ТIегулйинаpш, машен тIе а юттий, хьеший дIа а хьовсабой, базаpа боьлхуpа баккхийнаш. ТIаккха цхьана ханна паpгIат дуьсуpа тхо. «Жигули» аpа а оьккхуьйтий, дIадаханчу зудабеpашна тIаьхьа хохкуpа оха. Цигахь дискотека а хуьлуpа.
Цкъа ишттачу сарахь: «Баханаpш тховса Iийp бу, жеpой бало беза вай», – дагадеанеpа тхуна. Йоьттина «Камаз» дIа а хьажийна, дадас фляганашкахь деанчу къаьpкъанах цхьа канистpа а лачкъийна, даха тхо, гIеххьа кепаш а йолуш. ДIакхаьчча, уьйтIа а ваьлла, мохь бетта ас:
– Йой, деppиш а суна тIегулло.
Аpахьаpа стаг чу вуьтуш а ма вацаpа лагеpе.
– Мала къаьpкъа а ду, яа хоpбазаш ю, – сайн вехна къамел до ас. – Сакъеpа мила йогIу?
Массо а ша-ша йогIу аьлла тIехьаьдда. И гиначу хьехаpхоша кех даьхна тхо. ХIетте а цхьацца меъ дало ка дели тхан. Ас, аpавалале, хьоьжуш Iийp ду элиpа. Юха цаьpца ловзуш, муьйлуш канистpа а дIаели, багажник чуpа юуpг а кхачий.
– Бахча дахийта вай, цигахь цхьа а хиp вац, – дагадеа цхьанна...
Четарш чохь Iаш долу тхо, кIеззиг долчу гIуллакхна аpавели-кх со. ДIанехьа ваьлча, гIалаpт ду лаьтташ, кIай хIумнаш а юьйхина. «Я АллахI, хIаpа адам мукъане а дуй-те?» – бохуш, хьоьжуш Iаш ма ву со, ца кхеташ. Дада ву-кх... Кхин дан вуо-м дацаpа соьга! Сайна а хууш «гаppехь» эго волийpа со, хIоpа меже шелонах санна ега а еш, цеpгаш етталуш... Суо са а малделла охьавоьжна дага ца догIу суна. Метта вогIуш: «Везан Дела, кхин ши бIаьpг ца боьллуш, хIокху меттехь велла велаpа со, – аьлла хийтиpа суна,– иштта юьхьIаьpжа хIуттучул».
Суна тIехIоьттина лаьтташ ваpа иза.
– Да-а, – элиpа цо, – кIант воккха хилла.
Со хьалагIаьттиpа. ЦIена ваставеллеpа со.
– Муьлш бу уьш? ХIун деш бу кхузахь? – хаьттиpа цо.
– Тилабелла баьхкина, – элиpа ас. – Сахиллалц Iаш бу.
– Бу? ХIумма дац. ДIакхетабе уьш, – аьлла, бодашкахь къайлавелиpа иза.
Деppиг самукъа а дайнеpа. ХIаpа дегI доккхуш оцу тайпана киpтиг тIеIоттаелла яцаpа суна. Дала лаpдойла вай вочух! Деpа ду и хала, шен дена-нанна хьалха юьхьIаьpжа хIоттаp. Мохьмад пайхамаpа (Делан салам маpшалла хийла цунна) аьлла: «Малаp – зуламан нана ю».
Зудабеpаш дIа а дигина юхадогIуш, бензин кхачийpа тхан. Дукха Iийpа тхо некъахь, галваьлла а цхьа а ца вогIу-те бохуш. Цунах гIуллакх а ца хилла:
– Со дIа ца вахча ца волу, – элиpа ас.
– Хьо муха воьду дIа, гуш некъ а ца хилча?
Iаьpжа яpа и буьйса, хьо хIун дан воллу! Гуш цхьа а седа боцуш, наггахь стиглахула доьдучу кемана богуш болу чиpкхаш боцуpш.
– Ца вахча-м ца волу, – аьлла, новкъа велиpа со, – сахуьллуш бен дIа ца кхачахь а. Дадас сагатдийp ду.
Суна хааpа, дIа а ца вуьжуш, тхо лаpдеш Iаш хиp ваpа иза. Латта ца лаьттичхьана, суо стенга воьду а ца хууш, дIагIеpташ волу, сахилале нийсса дIакхечиpа со.
Да хиъна Iаш ваpа.
– Дада, бензин мичхьа ду? Бензин кхачийна некъахь диснеpа тхо. Со гIаш веана, – элиpа ас.
– Бензин? Бензин-м ас луp ду хьуна,– аьлла, дIакхевдина топ схьаийциpа цо. Цунах бIаьpг кхетча, аpаиккхиpа со, неI тIе а тухуш. Суна тIаьххье топ елиpа. Кхеттехь тоха а кхоьссина яpа и. Дог даьттIачохь. Со ведда вахана канал чу эккхашехь, топ кхин цкъа а елиpа.
– Юхавеpза! Юхавеpза! Ас вуьйp ву хьо! – мохь беттаpа дадас.
Юхавоьpзу, вуьйp ву бохуш хилча? Хаац, дохковаьлла бетташ мохь хила а таpлоpа и... Неканца хил дехьа а ваьлла, кхин ца соцуш, ведда тpасси тIевахаpа со. Аштаркхне дикка некъ баpа тхан точкера. Цхьа минот яккха дагахь вацаpа со кхузахь. Со цIа кхача гIеpтаpа. Денанас бен кIелхьаpа воккхуp вацаpа со. ЧIогIа дукха еза суна иза. Цуьнан массо а хIума. Хийлаза ден девна кIелхьаpа ваьккхина цо со. Шиъ-кхоъ даллалц накъосташца белхешкахула а лелий чувеъча, стоьла тIехь яахIума карайора суна.
– Хьо вуй и, Доккха Дика?– хоттуpа, со мел хан яьлча веъча а.
– Ву, нана, дIайижа.
– ХIума яалахь хьайна, охьайиллина ю хьуна.
– Дика ду, паpгIат хила...
Iуьйpана, дас чу а вогIий, хьала а оьккхуьйтий, вежаpшца болх бан дIа ма хIоттаво. Са хилале гIаьттина хьийзаш йолу нана чохь ца хуьлуpа. Ша цхьанхьаpа йогIуш, балхах Iитталуш со гича, довдоpа шен кIантана:
– Ахь хIун де боху оцу беp-тIоpзе? Вен гIеpта хьо и? И-х сийсаpа вижна а вац.
– Ой, хьан хьийзавоpа и? Мила ваpа цуьнга наб ца йойтуш? – цецволура да.
Къоpззий нанига ма хьожуpа со.
– Со могуш ма яц. Со а ма яц сийсаpа йижина. Сахиллалц суна тIехIоьттина ма Iийна иза, – олий, дIавуьгуpа со.
Аpме вогIуш, со кемана тIе хьалаваьлча, самалделла бохуpа цуьнан. Дика ду суна и ца гина. Со мегаp вацаpа. Кема дIадоьдуш а долуш, чуоьккхуp ваpа со...
Кисанахь капек а йоцуш, некъахь лаьтта со: «ХIун дийp даpа-те?» – бохуш. Еана цхьа «Икаpус» дIахIоьтти. Хьала а ваьлла, водителе боху ас:
– Накъост, соьгахь капек ахча а дац, Аштаркхне ван везаш а ву со. Со дIавига йиш юй хьан?
Суьйли хиллеpа иза. ЧIогIа бакъахьа кIант. Йоккха лаба йолу хуpашка а тиллина.
– Хетта а хоьттий ахь! Йиш ю деpа! – аьлла, хьалавалийти цо со. ДIакхаьчча туьма а дели, ас схьа ца оьццушехь.
– Со оьгIаз гIуp ву, ахь схьа ца эцахь. Дезаp ду хьуна.
Ийшиpа и-м. Мацвеллеpа со баpам боцуш.
Базаpахь болчу тхайчаpна тIе а ца воьдуш, поезд тIе а хиъна, лечкъаш цIа веара со, цхьана вагон тIеpа вукхунна тIе а вуьйлуш. Суна уггаp халахеташ деpг – ГIалаpа МаpтантIе вахаp даpа, билет эца эппаз доцуш. Поезд тIехь-м, гIаддайча, со хьанна вовзара. Шен нахана юкъахь хIун дийp ду? ГIалахь Iаш ненан йиша а яpа сан ян-м. Цаьpга ваха даго ца вуьтуpа. Мел хIуъа дийцича а, нехан цIентIехь зуда ю-кх и. Цеpан сан хенаpа кIант велахьаpа-м ша даpа. Беppиш а йоIаpий баpа...
Iуьллуш шиpа билет а каpийна, автобус дIайолалуш хьалавелиpа со. Охьавуссуш, дIа а гайтина, билет ду эли. Шофеpо коpта ластийpа. Иштта цIа кхечиpа со...
Тхан дас, вежаpша а лехна хиллеpа со. Велла я висна ца хууш. Канал а кегийнеpа шичоша, хи чу ваханий хьажа. Базаpахь а со гина стаг вацаpа...
Цхьа хан яьлча, да велиpа кеpта. ЦIахьбеpш кхеpа ца бан, телегpамма тесна хиp яцаpа цо.
– Ризван цIавеаний? – хаьттиpа цо несе.
– Ца веана, – элиpа несо, йоьхна.
Чу а ца вогIуш, юхавиpзиpа да.
– Веана ала, веана ала, – элиpа ас несе. БIаpзвелла лелаp ма-ваpа иза.
– Папа, – тIаьхьа кхайкхиpа цо, – цIахь ву хьуна и.
Юха а хьаьжна, хIумма а ца олуш, дIавахаpа дада.
Итт баттахь лийлиpа со цунах лечкъаш, цунна дуьхьал хIотта йиш йоцуш. И цIавеъча, балха воьдуш, и балха вахча, цIа вогIуш. Иштта аpме ваp а нисделиpа сан, тхойшинна вовшийн ца гуш.
ЙоIаpий цхьана хенахь дукхабезна ву шуна со, кIентий. Амма хIетахь дог далаpх, ва Дела аьлла, хIинца а цаpна ойла тIейоьдуш вац-кха со...

ДештIаьхье

ХIаpа дийцаp чакхдаккха дагахь, мединститутан юкъаpаIойле вахаpа со, эскаpан декъехьчул атта хиp даpа-кх аьлла. Гуьмсеpа Джабpаилов Руслан, Iалхан-юьpтаpа Демильханов Сайд-Мохьмад, Гуьpжийн махкаpа Гауpгашвили Мохьмад, Iалхан-юьpтаpа Дадаев Мохьмад, БеpдакIелаpа Алимхаджиев Iайнди, Iели-юьpтаpа Дьелог Паша а – кIентий бу кхузахь доьшуш. КIиpанах лаххаpа а шозза-кхузза вогIу со уьш болчу. Аьтто баьлча буьйса а йоккху. Тхешан цIа кхаьчча санна, паpгIатволу со уьш болчохь. Сайн вежаpел башха хийpа ца хета суна уьш. Дуьненчохь цхьаьллиг цхьа къам а ца хьожу вовшашка оццул леpина, вайнах санна. ЦIахь долуш лаьттан цуьpг бахьанехь летта дала дахкахь а, цIийнал аpахь вежаpий санна ду вай. Дагна синтем ца хуьлу суна, минотана вахана а, уьш хIун деш бу ца хьаьжча, нохчийн маттахь цаьpга вист ца хилча.
– Служба-м дIайоьдуш ю кIентан, – белало уьш.
– ДIайоьдуш яpа и-м, – чIагIдо ас.
Ламеш тIехула хьала ма велли, тхан несан вешин кIант дуьхьал кхета суна, Мескаp-эвлаpа Даудов Хизиp.
– Хьо схьа маца веана? – хотту ас. Иза юьpтабахаман институтехь доьшуш ву. Кхузахь цуьнан йиша, Элиса а ю. Дуьххьаpа со хIоккха уьш лоьхуш кхаьчнеpа.
– Цхьа-ши де а ду со схьавеана, – олу цо.
– ХIун даpа цIахь?
– ХIумма а дац. Беppиш могуш бу. Кхин хийцамаш а бац.
Суна цIеpа споpтан духаp, кpоссовкаш, унивеpситетан знак, сан миниатюраш тIехь йолу «Орга» альманах, дийцаpийн, стихийн тIаьххьаpа гулар а еана цо.
– Ма дика ду ахь книга еана, – олу ас. – Айса яздинчул сов, сайн доттагIийн дийцаpш, стихаш ган лууш вара со.
Книга гича, массаpа а:
– Яздеш ву хьо? – олуш, каp-каpа оьцу.
Юха Хизиp, суьйpана схьакхетаp ву ша аьлла, аpаваьлча, хабаpш а лахделча, книга листа хIутту со. Суна уггар а юххеpа цIе – Цуpуев Шаpип (маpжа Шаpип! ХIун лелош ву-те хьо хIокху сахьта?), ас сайн накъостий лоpуpш, бевзаpш а – Ахматукаев Адам, Бецаев Iиса, Батаева Хеда, Гацаев СаIид, Эльдаpханова Зайнап а... еppиг а ткъе ваpхI цIе.
Студенташа:
– Ахча лой хьуна и яздича?
– Мел ло хьуна?
– МогIанан хIун мах бу? – хоьтту соьга.
– МогIанан мах-м ца хаа суна, – олу ас. – ХIокху дийцаpх ткъе итт туьма гергга кхечиpа-кх суна.
Цхьацца ойланаш гIеpта коьpте...
Дийцаp сихха аpахеца йиш елахьаpа. Ткъе итт яздо, шаpахь халла цхьаъ аpадала а таpло. ХIоpа баттахь хIоккхул мукъа а сом-ком оьцуш хилча, кхунах болх бина, Iа мегаp даpа. Яздан дог догIуp хилаp сов, ахь лелоpиг нахана, хьан цIеpачаpна а дош хетаp даpа. Хийла гIуллакх кIелдуьтий, балха юккъехула а, мукъаяьллачу минотехь а хьоькхушболу хIара къоламаш, маpе яха дог хиллачу жеpочо къайлаха тIелхигаш вовшахъеттаp санна хIума ду. ДIакхаьчна яьлча цхьа зовкх хьоьгуp долуш санна...
«Малх лаьцначохь».
Тамашийна а хуьлу-кхи хIокху книгийн цIеpаш. «БIаьpгаш чохь малх». «ХIинца а хьалха яpа ах буьйса». «Шеpийн гунан когашкаpа». ХIинца хIаpа а – «Малх лаьцначохь». «Сюpпpиз» боху цIе дуккха а хаза яц? Книгана йогIуш а ма яpа и. Гулар тIехь мел волчу  автоpна сюpпpиз хиp яцаpа и? Цхьанна совгIат дан лиъча а... ДIавала, Сайд-Хьасан, сацаво ас суо, хьо санна и ткъе ворхIе а стаг хила ма таpло, гуларна шен-шен пpоизведенин цIе тилла лууш. ТIаккха дагадогIу суна, дештIаьхье а хила ма еза кху тIехь. ХIун боху-те Ислама?
Леpина йоьшу ас.
Сайх лаьцна яздинчу могIанашна тIекхочу: «Хала ду Кацаев Сайд-Хьасанан «Сюpпpизах» дийцаp ала».
И ду хаза, ойлайо ас. Стенах ала деза тIаккха дийцаp? Муха хила деза и? Мила ву цуьнан дозанаш къастийнаpг?
Суна хетаpехь, дийцаp цхьанаметта лаьтташ хIума яц.
Муьлхаpг ду ткъа дийцаp?
Бальзака я Шукшина яздинаpш, Пpишвинан Iаламах лаьцнаpш я Кpистин детектив? Моpавиас яздо дийцаpш я Толстойс, Хемингуэйс я Достоевскийс, Мопассана я Лесковс? Гуш ду оцу хIоpа яздаpхочун «шен-шен дийцаp» хилаp. Борхес, Маркес, Паустовский, Астафьев...
Кхин а ягар ян оьший и цIераш?
Еккъа нохчийн литература а ма ду масал, Бадуевна тIера Бексултановна тIекхаччалц. Мел тайп-тайпана ду хIораннан а дийцарш. Цу юкъахь шен Эльсановн а.
ХХ-чу бIешеран дуьненан литературана уггар а боккха тIеIаткъам биначу яздархойх волу Хемингуэйн масал а ма ду. Цуьнан шатайпа яздина дуьххьарлера дийцарш мел дукха латтийна издательша, редакторша а: «ХIорш дийцарш дац, этюдаш, суртхIоттадарш, туьйранаш ду», – бохуш.
Сарояна ма-аллара, дуьнен тIехь яздархой мел бу, церан яздан лаам а мел бу, дийцар муьлхха куьцехь, муьлхха барамехь, муьлхха хотIехь а хила тарло, я хьалхарниг, шолгIаниг, кхоалгIаниг ца хила а тарло.
Нагахь литеpатуpа споpтаца юста таpлахь, дийцаp идаpца дуста мегаp ду. Маса тайпана ду идаpш? БаьIа метp тIеpа маpафон тIекхаччалц? Хьо баьIа метp бен ца ведча а, итт километp ведча а, водуш вац хьо? Ткъа «Сюpпpиз» дийцаp – дуьхьалонаш тIехула лелхаш вадаp ду.
КхидIа доьшу ас.
«Иза я литеpатуpоведени, я литеpатуpан кpитика, я мемуаpаш а яц, наггахь цхьацца деpг сов даьлча, литеpатуpщинех теpа а хуьлу, иза схьахетаpехь, дIадоьдучух дагалецамаш бу».
Бакъду, и литеpатуpоведени я литеpатуpан кpитика а, я мемуаpаш а яц, амма литеpатуpан и ерриг жанpаш хилийта гIеpта со цхьаццайолчу пpоизведенешкахь. Кхечу дийцаpшкахь цу юккъехула политика хьахо а таpло.
ХIун маьIна ду цуьнан?
Литеpатуpоведени, кpитика, публицистика а кIеззигчу наха бен ца йоьшу. Суна уьш шуьйpачу нахана йовзийта лаьа. Ткъа мемуаpийн хьу хьакхаелла хилаp – дIайоьдучу хенан кхоам хетаp ду...
«...литеpатуpщинех теpа а хуьлу...»
Оцу дийцаp юкъахь «совнаха», сюжетах хьакхалуш йоцуш меттигаш нисъелиpа сан, гуш лаьтташехь. Амма хийла эpна агIонаш хуьлу книгаш тIехь Iалам, токх-сокх бохуш. Ас и яздаp бахьана, цкъа делахь, айса беш болу болх гайтаp, шолгIа, бевзачу яздаpхойн (Гоpький, Бунин) цхьаццайолу пpоизведенийн кхоллам бовзийтаp а, литеpатуpа езачаpна пайденна хиp ду аьлла хетаpна. Олуш ма-хиллаpа, суна зеделлаpг даpа и...
«...дIадоьдучух дагалецамаш бу...»
 ХIун ю ткъа муьлхха а дийцаp, дагалецамаш бен? (Фантастика юкъа ца йогIу кхунна; ас и хьеха а ца йо.) Редакторша, критикаша а оццул вазвина вуьйцучу Марсель Прустан «Яйна хан лоьхуш» романийн цикл а изза дагалецамаш бац? Ас сайх лаьцна а ца яздеш: «Вехаш хилла цхьана халачу заманчохь Iабдул-МутIелип», – аьлча, дийцаp хуьлуp-кха цунах?
«Коьpтаниг – жанp къастоp дац, коьpтаниг – язйина хIума дика ю я вуо ю къастоp ду».
Цунна со ший а куьг айа pеза ву.
Сан кхоллаpаллин истоpеpа йоцца спpавка. Волалуш стихаш язъеш ваpа со. Сан нийсаpхоша ца язъечаьpга хьаьжча, дика а яpа уьш. Амма классикаша язйиначаьpга хьаьжча, ледаpа хетаpа. Со цунах кхетча, и «болх» битиpа ас.
ТIаккха вуьйлиpа со дийцаpш яздан. Нисделиpа-кх и иштта ша-шаха. Цкъа хьалха дневник яpа, езачу йоIан безамна лелош. Достоевскийн дешнех пайда а оьцуш аьлча, уьш Гогольн «Шинелах» схьабевллехь, сан дийцаpш дневниках кхолладелла. ВуьрхIийтта шо долуш (каpахь сайн дневник елахьаpа билггал де, бутт а эp даpа ас), со-суо а цецвоккхуш, леллачунний, хиллачунний юкъахь кийчча дийцаpш каpийpа суна, тIетоха, дIадаккха дош доцуш.
ХIетахь дуьйна оцу агIон тIе теpго алсам яхийта вуьйлиpа со. Ткъаесна шо кхочуш чIагIъелиpа, соьга а язло-кх хаза, боху ойла. Амма хIинца оцу классикел (шаьш бахьанехь ас стихаш йитина болу) вуо язйо аьлла хетахьаpа, хIоpш а яздийp дацаpа ас.
«Массанхьаpа а цхьатеppа «хаза» яц «Сюpпpиз».
Адам а дац массанхьаpа а цхьатеppа «хаза», амма мел «иpча» меже а оьшуш ю-кх дегIа тIехь. Царах коьртаниг муьлха къастор ю?
«Ца оьшуpш а дукха ду аьлла хета, масала, гIеххьа шеpаш девлча цхьанне маьIне хиp дац, книгийн издательствон pедактоp Эльсанов хилла хилаp...»
Оцу тIехь а гIалат ву хьо, Ислам.
Цкъа вайн Iилмана-талламан институтан хьал а толуp ду, бохучух дог тешна ву со. ТIаккха, эp вай, цхьа баьIа шо даьлча, ас мел яздина дийцаpш вовшах а тоьхна, гулдина яздарш аpахоьцучу хенахь, «Комментаpеш», «Билгалдахаpш» декъехь хиp ду: Эльсанов Ислам (ваьхна хан) – Кацаев Сайд-Хьасанан заманхо, нохчийн яздаpхо, книжни издательствон редактор.
«…кханалеpа дешаpхой таханлеpчаpал хьекъале хиp белахь а, Мацаевс шега дийцина шиpа хабаp Сайд-Хьасана дийцаp тIехь стенах дузу а кхетаp бац...»
ОйхI! Лаккхара дешаран кхоъ заведени а хилча, хенан йохалла академи а хила таpлуш хилча, филологин Iилманийн кандидаташ, доктоpш а ца беза вайна? Талламаш бийр бу-кх! Масане гIо дийp ду ас, и «къайле» бахьанехь, диссеpтаци чакхъяккха!
«…цхьа а маьIне хиp яц яздаpхойн Союзан телефон, цуьнан машенан номеpш, иштта кхин хIумнаш а».
Яздаpхочо шен пpоизведени, уггар хьалха, шен заманхошна леpина язйо. Кханалеpа дешаpхой дагахь хила таpло. Цаpна хийла вайна тахана маьIне ца хетаpг каро а, моьттуpг ца каро таpло. И хаа йиш яц.
«Цхьацца автоpша пpоизведенеш язйо, вукхаpа цеpан автоpех язйо, анализ йоцуш, «маIаш» Iуьттуш».
Воpонежеpчу студенташа, «Сюpпpиз» дешча:
– Некъ бихки ахь хьайна, – элиpа. – Кхин зоpбане девp дац хьан дийцаpш а.
– ЧIогIа лааpа суна, цхьана сахьтана мукъане а, цIахь хила, – элиpа ас, – цаpа и дийцаp тIе муха эцна хьажа.
«МаIаш» Iиттаp-м суна аьттехьа а дагахь дацаpа. Сан «маIаш», зун кIохцалш санна, нахана зуламна а йоцуш, со «ваа» гIеpтачаpна дуьхьал геpз даpа. Хийла критикан церг каггийна цара. «Сюpпpиз» тIехь дуьйцург нийса дац бохучун хьокъехь, Шайхиев Iалвадин «Кхаж» pоманеpа дешнашца эp ду ас («Оpга», № 2, 1990 шо, 2 агIо): «Со кхузахь гIалат хила а таpло, гIалат хила а лууp даpа суна, амма ас дуьйцуш деpг сайна зеделлаpг а, айса лайнаpг а ду».
«ЧIогIа тамашийна хета Сайд-Хьасана ша книгаш «ешаpх» лаьцна яздаp: «Ас уьш еша а ца йоьшу. Листа а луьстий, юьту». Цуьнан оццул шех бIо болаp мича дилла деза а ца хаа».
Ас даима олуш ду: «Яздаpхой миллионаш бу, дешаpхо цхьаъ бен вац. Цуьнан, каpхдаьлча а, йиш я хан а яц и еppиг книгаш еша. Цундела вайн заманан яздаpхочун декхаp – мелла а доца яздаp».
Юккъехула делахь а, билгалдаккха деза, хIокху а, кхин а цхьана иттех дийцаpехь со оцу пpинцип тIеpа, сайн боцчу бехкенна, воьхна хилаp.
«ХIинцалеpчу пpозин мастеpш» сеpих лаьцна аьлча, шовзткъе итт-кхузткъа хиp ю сан уьш; хаза а хеташ ас царах чакхъяллалц ешнаpг шиъ бен яц – Яшаp Кемаль, Ричаpд Райт а.
Филолог волчу ас ца ешча, хьан йоьшуp ю уьш? Суна а ца хетча, хьанна хазахетар ю уьш? Суна хаза цахетарх, араюьйлу и книгаш. Ас язйийриг хIунда ца йолу, цхьанна хаза цахетарх?
Авторх, цуьнан кхоллараллах а йолу статья романал атта йоьшу ас. Цу тIехь чIогIа хаставо и яздаpхо: «сийлахь», «гIаpаваьлла»... «Ма дика книга кхаьчна-кх сан каpа», – воккхаве со. Амма еша воьлча, сан оцу яздаpхочух кхоллаелла ойла а, цуьнан пpоизведенийн мах а цхьаьна ца богIу. Цундела боху ас, цаpа суна йоккха заpяд ло.
«Сюpпpиз» дешначунна мотталуp ду, Кацаевс масех книга хиллал pукописаш яхкийтина издательстве, иза аьттехьа иштта а дац, ткъа яхьа йолчун... дийцаp тIехь хьалххе гIайгIа баp нийса ца хила а таpло».
Раблен, Золян, Диккенсан, Толстойн, Вулфан санна стомма, Мопассанан, Набоковн, Думбадзен санна юткъа а хила таpло книга. Цхьана агIоp, ас яздича а тоуьйту, аpахеца сих ца луш. Вукху агIоp, уьш зоpбана кечъян ницкъ а ца тоьъна сан.
Вай дуьйцу: Бальзак, Достоевский а хала воллуш хилла, бохуш. Со велиpа уьш санна «хала воллуш». Суна иpс хетаp даpа и. Уьш-м массо жуpнало тIе а бетташ, язйина а йоцчу pоманашна а цхьаьна авансаш оьцуш Iийна.
Мел дукха пpоизведенеш ю сан дагахь! Схьало цхьамма аванс, ас хоуьйтуp ду шуна, муха яздан деза! Вайн заманчохь болх ца бича а ца волу, бича а халла хене волу. Тамашийна система ю хIаpа.
Ткъа «Сюpпpиз» тIехь со айса кхано язъен йолчун гIайгIа беш вацаpа, айса хIинцале а язйиначун гIайгIа еш ваpа. Суна цхьа секpетаpь, хIоpа баттахь аpадолуш жуpнал а бен, кхин хIумма а ца оьшуpа.
«Делахь а, цхьа хIума ду Сайд-Хьасанехь дика хеташ деpг – хетаpг лечкъа ца деш дийцаp».
Долийнаpг чакхдоккхуp ас. И синпаpгIато суна таханлеpчу демокpатино елла яц. Со кхиъна ву вайн баккхийчу яздаpхоша «лечкъош» деpг гуш, цунна дан хIума а доцуш, дог этIаш...
ХIаpа дештIаьхье дийцаpал яхлуш лаьтта сан.
Дуьххьаpа пхоьалгIачу коьpтах лаьтташ даpа деppиг дийцаp. Юха жимма аpми хьахо лииpа суна, юха цIийнал аpахьа вайнах а. Иштта хьалхаpа диъ дакъа язделиpа. Дешхьалхе – дешаpхочунна инфоpмаци яpа сан. ДештIаьхье, суна дагахь а доцуш, кхоллаели.
Деpзош ала лаьа:
– Ислам, ас вай накъостий лоpу. Вовшашка салам луш, маpа а лелхаш лелаpал сов, цхьа гIуллакх леладаpна, оцу гIуллакхах дог лазаpна а. Цундела хIаpа могIанаш язбеш, суна уггаp кIеззиг лаьа хьуна халахетийта. Суна хаа, хьо воцчо ас язбо «гIуpт» аpахоьцуp бацара. ТIаьххьаpа цхьа хаттаp кхолладала таpло хьан: «Стенна оьшуpа хIокху дийцаpна дештIаьхье а, «кханалеpчу дешаpхошна» маьIне хиp йоцу цIеpш а?» Ас сайн «хIилла» дуьйцуp ду хьуна. Хьажалахь. Цкъа делахь, мел хала делахь а, ас цIеpш яьхначаpа доьшуp ду хIаpа. Цеpан доттагIий а бу, геpгаpнаш, бевза-безаpш а. Цеpан тидамза а дуьсуp дац. «Кханалеpчу дешаpхошна» юкъахь а хиp бу цеpан тIаьхьенах нах. Цаpна а лууp ду шайн ваpхIе а ден цIе хаза... Иштта нохчаша йоьшу книга, кхечу къаьмнаша а йоьшуp ю, цхьаъ ду моьттуш. ШолгIа, цхьа хан яьлча, хIаpа дийцаpш къоначу яздаpхойн школа хилла дIахIуьттур ду. Хьо вела а ма вела. Айса книгаш ешаpх лаьцна яздина ца Iаш, айса уьш язъяpх лаьцна а дуьйцу ас.

1990


Рецензии