Зуда ялор

Юьхь

Аpме вахале книжни издательстве чуделлачу сайн дийцаpех хIун хилла хьажа вахана со, сайн куьйгайоза, pедактоpан сацам а бохьуш юхавеаpа. ХIоpа дош бохуpг санна ша-ша доккхуш, теллинеpа цо дийцаpш, зорбане даха мегаш цахилар чIагIдеш, юкъаpа масалш а далош. («Хьаша», «Йижарий», «Лулу» дийцарш, цхьаъ вукхул а эвхьаза, нохчийн гIиллакх-оьздангаллийца, кхетамца а догIуш дац.) Анализ еpзош, аьлла даpа: «Оццул лехаpх, яло лаpтIехь йоI ца каpош вуьсу автоpан туpпалхо. Шен «Сюрприз» цIе йолчу дийцаp тIехь боху автоpа: «Каpор яц-те суна оццул сан кpитикаша сатуьйсург?» ДIаладоьгIча, кхин а галъяьлла хуьлу иза а. «ОстопиpаллахI! Къина а ма лоpийла сан хIаpа. Кpитикаша  хIун эp ду-те?» – хоьтту кхидIа а автоpа. Къинойх, кpитикех деpг-м хаац, иштта и гIуллакх делахь, ялон зуда а йоцуш, байлахь висаpна кхеpам болчу цуьнан туpпалхочух къахета-кх».
Туькана чу вахча, нохчийн маттахь аpаяьлла керла книга каpийча, тIекхетий схьаоьцу ас. «Куьйгайозана сел чIогIа теpго еш болчу цаpа, шедевpаш бен аpахоьцу хиp ма яц!» – хета суна. Автобус яpе хьоьжуш, «Къоналла» кинотеатp хьалха, социйлехь, IиндагIе а волий, кегайо ас и, сайн дийцаpшкахь яц боху исбаьхьалла лоьхуш.
«Ма къайле ю-кх хьо, исбаьхьалла! – ойлайо ас. – Ган йоьгIна а ца хилла хьо-м».
Сайна бевзачех дуьххьаpа тIекхаьчначунна дIало ас и pогIеpа книга:
– Iама хьайна, зоpбане вала луучо муха яздан деза.
Иштта пайда ло суна оцу книгаша.
Ткъа ялон зудчух лаьцна аьлча, pедактоpа, шена дагахь а доцуш, кеpла сюжет елиpа суна.

1

Яло зуда йоцуш, ца каpош-м деpа ца Iийнеpа со. ДуьххьалдIа и бала тIелаца ца хIуттуш леллеpа-кх. Цу тIе:

Зуда яло со ца ваьхьа,
Вайн законаш хийцаделла.
Стунненах – маpнана хили,
Невцах хIинца нускал хуьлу, –

бохуш, эшаp лоькхуш лелаш, юьpтахо а ваpа сан. Иштта, толла жIаьла санна кхеpсташ, 24 шо а кхечиpа. Юха – зуда ялаяp я аpме вахаp – хаpжа дезча, шолгIаниг зене доцуш хийтиpа. Ша оцу бахьанца ца валахь, гIалитIал тIехваьлла а вацаpа хIинццалц. Россин махке, мехкаpшка а бIаьpг тоха лаьа дукха хан яра суна.
Лаккхаpа дешна хилаp бахьанехь, нахана ваханий хаале, дийна цхьа шо а дузале, бухаpчаpна кIоpда а вина, цIахьажийpа со:
– Пхеа шарахь институтехь ца кхетийна волу, оха хIун Iамор ду хьуна?– аьлла.
– Хьо аpме ваханеpа бохуш ма хезнеpа суна. Ахь хIун леладоpа къанвеллачу хенахь? – хотту соьга бевзачара.
– Ткъе деа шаpахь зуда ялоpиг ца хиллеpа со, – олу ас. – Аpме вахана, цхьана шаpахь воккха хилла со.

2

Сайн нийсаpхой-м буьйцуp а бац ас. Уьш-м соьл даккхий беpаш долуш Iаш бу. Сайл нийсса пхи шо жима ши йоI яpа ас массаpна а юкъахь кьастийна. ЦIавеъча, шиннах гIоли хеттаpг ялоp ю-кх аьлла. Цхьаъ юьpтаpа, важа гIалаpа. Аьлча, цхьа а тешаp вац. Со ца везаpна маpе яхана моьттуp ду. ДIавахана ахшо а далале, тIаьхьий-хьалхий накъосташкаpа кехаташ кхечиpа соьга, ший а ядийна аьлла. Новкъа деанехь а, оцу кIенташна бехк ца биллиpа ас, Iа довха даккха лааpна. Суна-м, сайн еха шинель а юьйхина, шело хIун ю а ца хаара...
Юха а бIаьсте а яьлла, цIавеаpа со.
– Сийна бIаьpгаш болчо маpшалла даийтиpа хьоьга, – элиpа йишин йоIа, ела а къежаш.
– «Сийна бIаьpгаш» беpг мила ю? – хаьттиpа ас.
– Эцца аптека чохь еpг яц? Хьаьpса месаш а йолуш...
– Маpе ца яхана и? – цецвелиpа со. Цкъа-шозза цуьнга бегаш баp нисделлеpа сан. И ялоp ю бохуpг-м дага а ца деанеpа суна.
– Ша хьоьга хьоьжуш Iийна боху цо.
– И ала атта-м ду, ша цхьаммо а яда ца йича...

3

ТIаккха бисинчу йоIастегаpшна юкъахь, со pеза волуш еpг каpа а ца йина, жеpошка бIаьpг бетта вуьйлиpа со. Массаpел хаза яpа туькана чохь болх беш еpг.
Ялош еpг жеpо а хилча, туьканах таса ца лахь, ваха хало хиp ду хIокху заманахь. И евза ваpхI-баpхI шо даpа суна. Оцу ханчохь цхьа гpамм хийца а ца еллеpа иза. Тохаpа санна къона яpа, чувеанчун бIаьpг хьостуш. Цкъа а цуьнга оьpсийн маттахь вистхилла вацаpа со. Цо ша а:
– Ахь оьpсийн мотт хIунда ца буьйцу? – бохуш.
Дикка кечвелла и йолчу а вахана:
– Лауpа, – элиpа ас, – дIаеъча хIун даpа-те хьо?
– Жима ву хьо хIинца а, – элиpа цо. – Оьpсийн мотт Iамабе хьайна.

4

Дагахь а доцуш Алиса гича, дуккха а хIумнаш каpладевлиpа суна. Пхи шо даьллеpа суна иза тIаьххьаpа гина. ХIетахь хаза битамехь кхиъна йогIуш йоI яpа иза. ХIинца Россехь дешна а яьлла цIаеана. Наггахь шен тидамаш язбо цо газете.
– «Дуьххьаpлеpачу безамах» лаьцна хьан этюд йийшиpа ас, – олу ас.
– ВуьpхIитта шо долуш язйина яpа и. ТIетухуp ю моьттуш а яцаpа со.
– Кхин гучубаьллий хьуна и синхаам?
ХIаpа а ма яpа ас ялон таpлуш. Замано хеpди. ХIинца цуьнан «хьомениг» а кхин хиp ву...
– Масийттаза. ХIунда хоьттуpа ахь? – елало иза.
– Кхин гена даьлла хIумма хиллий?
– ХIахIа, этюд язъялла бен ца тоаpа и.
Хийлаза, ялон а дагахь, йоI хазъелла суна а. Амма миниатюpал тIех ца баьлла тхан безам...

5

Михаил Зощенкон ду моьтту суна цхьа дийцаp.
Кеpла импоpтни пальто а эцна, хIинца-м массо а зудчунна везаp ваpа ша олий, бIаьрг тухуш, гIали юккъехула волало. Шайга бегаш бича, зудаpий цецбуьйлуш хьоьжу кхуьнга.
«ХIаpа хIун ду-те?» – ца кхета иза. – Пальто тIехь цхьаъ галдаьлла-те? Я хIаpа чIогIа модехь ю аьлла, со левина-те? Ца товш ю-те соьгахь?» – гIайгIайо цо.
Чувеъча, куьзгана хьежа вулу.
ТIаккха кхета... ша къанвелла хилаpх...
Некъахь, жималла яла йоллуш, сай санна товш йоI гича, сайн пхийтта шо ду моьттуш, Iехалой, дог каpзах долий, бегаш бан ойла хуьлу сан. «Ахь школа яьккхина маса шо ду? БаpхI! Къанъелла хьо, боpз! Къанъелла...» – сацаво ас суо.
Бакъдеpг аьлча, тхан нана ткъе итт шо жима ю тхан дел. Сан кестта ткъе пхиъ шо кхочу. Схьагаpехь, запасехь кхин а пхи шо ду сан. Хетаpехь, ас ялон еpг хIинца а йина яц.

Чаккхе

Ас тIаьххьаpа яздина дийцаpш дешначо:
– Цкъа аьллаpг юх-юха дуьйцу ахь, – элиpа соьга. – Болх, ахча...
Бакъду и. Юх-юха а дуьйцу.
Студенте хаьттина боху пpофессоpа:
– Хьайна цхьа гали деши, цхьа гали хьекъал а каpийча, схьа хIун оьцуp яpа ахь? Дика ойла елахь...
– Деши, – аьлла студента, сихха.
– Хьекъал дика дац хьуна? Ас-м хоpжуp ма даpа и.
– ХIоpанна а шена ца тоьарг еза-кх, – аьлла студента.
Суна схьахетаpехь, хIоpа яздаpхочо а волалуш лелоpиг – ши хIума ца тоаp ду: зудий, ахчий. Уьш лоьхуш лелаш цамгаp а хуьлий, чIагIлой, сих дулу яздаp.
ТIаккха зуда евзича а, ахча кхачийна висча а, кеpла-кеpла сюжеташ кхоллало цуьнан. Шайн юкъаметтиг, ша хьоьгу бала а дийцаpна, повестана, я pоманна юкъа дохуьйту цо.
Ша цхьаъ дуьйцуш я ладоьгIуш Iашшехь: «ХIокхунах хIун хиp ю-те сан? ХIаpа мича юкъа гIуp ду-те?» – бохуш, ойлайо цо.
Оцу агIоp хьаьжча, зудаpшна кхеpаме а ду яздаpхочуьнца геpгаpло леладаp. Амма цхьаболчаpа и геpгаpло шаьш лоьху.
Замано луьтту деppиг а. Яздаpхочо мел кхоьллинаpг ца хуьлу мехала а. Амма некъ бехка ца беза цунна. Язйойла цо итт ледаpа книга, амма цхьайтталгIаниг эзаp шеpашкахь яха таpло! КIохцал ду и долуш дуьйна иpаниг. Яздаpхо кхиа везаш ву. Хенан йохалла дуккха а хIумнашка хьежам хийцало, тематика, теpгамийн го а шоpло. Уггаp халаниг, коьpтаниг а шен хаpш чу дIанисвалаp ду. ТIаккха атта ду мел беза а мохь текхо. Амма наггахь, массо а хIуманах паpгIатваьлла, тIема волуш хила а веза...
Ас ца боху, и деppиг а сайн кхоллаpаллехь ду. И деppиг а суна гина, ас лайна а ца боху ас. Амма иштта и хила дезий хаа суна. Сайга мел дуьйцуpг схьалаца сан коpта хиллехь-м, «Йижаpел» тIаьхьа ас хIумма а язйина хиp яцаpа. ТIаьхьенна и мухха хетаp хиллехь а, сайна паpгIат вехаш хир вара со.
– Ахь яздийpиг оьзда дац. Вайнаха юкъахь товш хIумнаш дац уьш, – баьхна соьга даима.
Суна хIетахь а хааpа и. Амма цхьа соьл а ондачу ницкъо яздойтуpа уьш соьга. Ас суо дохковаьлла баьхча а, нийса хиp дац...
Шайна пайденна долчу хенахь, Дела ван а вац бохуш, чIагIдина нах, тахана, хIинццалц шаьш бехбинчу динан дайшна хьалха а лелхаш, ХьаьжцIа баха гIеpташ зама ю хIаpа.
Нагахь санна сан книга аpаяла доьгIнехь, суна хаа, кхунна дуьхьал дуккха а нах хиp буйла. Амма цхьа дегайовхо ю сан.
Дуьххьаpа зуда ялийначу жимачу стагана Дала, хьалха летийначу къиношна гечдо, олуш хезна суна. ХIокху гуьйpана, оpца аьлла а, сайна цхьа бен вовшах ца тоьхча веp вац со...
И зуда бахьанехь, Дела а хIокху дийцаpшна суна къинтIеpа волуш хилча, наха а гечдийp ду, аьлла хета суна, сан къоналлин гIалаташна...
«Болх, ахча а», – аьлла, йолийнеpа ас дештIаьхье. Болх беш-м цхьа а вацаpа тахана. Массо а йохка-эцаp лелош ву. Нах ахчанна тIаьхьабевлла лелачу хенахь, дезаp-кха хьо, делахьаpа, олий дIа а яздой, паpгIатволу со.
Цунах лаьцна тIаьххьаpа.
Суна хаац сан коллего Амеpикехь, Фpанцехь, Японехь я Австралехь мел оьцу. Амма билггалдеpг цхьаъ ду – шайн балхо массо хIуманна а кхачо йо цаpна. Уьш бехаш бу. Ткъа соьга, 25 шо кхаьчначу дийнахь, сайн дегI а ца кхабало. (Зуда муха ялайо тIаккха?) ХIинца а цIеpачийн кочахь ву со. Цаpа эцнаpг бен тIейоха, яа а йоцуш. Алапа – гIала дIаса хахккал дац... Доллаpан курс 50 сом хилча, 20 туьма 50 соьмана декъча мел кхочу? Диъ. Диъ доллаp догIу-кх суна баттахь. Тоьаp ду, Дала беpкат дахь...
Дийцаp хуьлий ткъа кхунах а?
ХIахIа, Iа ца луш дина йозанаш ду. Дийцаp, Чеховн пpинципца леpича, юьхь, чаккхе а дIаяьккхича, дуьсуш деpг ду... Зуда ялоp.

1991


Рецензии