Дудаев Iабди

1

Дудаев Iабдин дахарх, цуьнан кхоллараллех а лаьцна дийцале, масех дош ала догIу и ваьхначу заманах а, литературана юкъа веанчу хенах а лаьцна.
Мел хIуъа дийцича а, оцу заманан уггаре а боккха хилам 1917 шарахь яьккхина Октябрьски революци яра. «Уггаре ширачех, чIогIачех, варварски, акхачех а цхьа монархи йохийра вай масех дийнахь, – аьлла В. И. Ленина.
Цул тIаьхьа Росси пачхьалкхехь хIоьттина хьал тера ду тахана, 75 шо даьллачул тIаьхьа, вайн махкахь хIоьттинчух. ЦIеначу хи чу гIаж хьовзийча, буха охьахиъна мел болу сацкъар тIехула болу. Халкъалахь олуш ду: «Вуо нах байа доьлху вай», – аьлча, уггар вониг диг эцна хьалха ваьлла: «Дуьло», – аьлла.
Стеган и амал йовзуьйтуш яздина чIогIа говза дийцар ду Анатоль Франсан – «Госпожа де Люзи». Революцин мур бу цо гойтург. Полина де Люзи йолчу веана хьаша ву. ХIорш цхьацца дуьйцуш Iаш, арахь цIеххьана герзаш довлу, дуккха а нехан мачийн тата а хеза. Корехула арахьевсича дийнна отряд го царна цхьанна-м тIаьхьаяьлла, хьалхаваьлла хаспахо Любен а волуш. «Гена-м ца ваьлла шуна иза. Дика дIасахьовса. Массо меттехь лаха», – бохуш, маьхьарий детта цара. Юха шайн учахь цхьа гIовгIа хеза кхарна. ГIеметта хIоьттина стаг ву кхеравелла самалдала доллуш, кхеран неIарехь халла садоьIуш. Иза кхеран лулара философ Планшоне ву. Ша кIелхьара ваккхар доьху цо. Цкъа мацца а, жижиг оьцуш, ша леван гIоьртича, жижиг духкуш волу Любен човхийна хилла-кх хIокхо. ХIинца, «маршо» яьлча, хьалхалера халахетар дага а деана, и декха араваьлла Любен, шена тIаьхьа арданга а хIоттийна.
Революци – гIурт бу. Дерриг а мегаш, диннарг дуьсуш хан, жоп деха, сацо а стаг воцуш, Iедал доьхна, юкъаралла кризисе юьгуш хьал.
Юха кертахь гIовгIанаш йовлу. Философ цхьанххьа а кара а ца вина, эвхьаза бевлла, эхьах, гIиллакхах боьхна нах чулелха кийча буй хиъна, Планшоне шен метта а воккхий (вукхара-м кара вагIахь вуьйр ву), тIехула гоьнаш а тосий дIалачкъаво Полинас. ТIаккха шена тIера хIумнаш дIа а йохий метта йолу, шен хьеше тIехулара бедарш, мачаш а дIаяха, месаш а дIасахьакха, олий… Вукхара неI тоьхча, хIара хIинцца меттара гIоттуш санна, дуьхьалволу царна. Вуьйш и сурт дайча жимма бухий хьевза. Делахь а, цкъа массо меттиг талла а толлий, Полинина комплименташ а йой, цуьнан чагIар дIа а молий дIабоьлху, философна ле а луьйш.
Пачхьалкхаш кхолла а лур ю, йоха а юхур ю, амма дуьне мел ду и дийцар дуьсур ду. И шедевр ю.
Со ца гIерта кхузахь французийн классикан а, нохчийн (дукха хан йоццуш олуш ма-хиллара) нохчийн советски поэзи йолийна волчу Дудаев Iабдин а кхолларалла юста. И юьстича а нийса хир дацара. Амма галдаьлларг, вайн литературехь (нохчийн хилла ца Iаш, Советски Союзо вовшах тоьхначу дуккха а къаьмнийн литературашкахь а) дуккха а произведенеш яйна лара мегар ду. Шайн исбаьхьаллин агIо ледара хиларал сов, идейни чулацам бахьанехь а.
17-гIа, 20-гIа, 30-гIа шерашкахь оьрсийн литературехь а, цхьаьллиг цхьаьна Iедале, агитаце, программашка, кхайкхамашка а ца хьоьжуш, цIеначу литературехь Бунин, Бальмонт, Булгаков, Цветаева а санна яздархой кхиаран бахьанаш – церан масийтта бIешераш хьалха дуьйна кхиина яьлла литература хилар ду. Цул сов, революци йолучу хенахь уьш кхиина бевлла, кхетам чIагIбелла нах бу. Ткъа нохчийн литература (революци яьккхинчул тIаьхьа бен халкъа юкъа йоза-дешар даьржина доцу кхидолчу къаьмнийн литература санна) яьссачу меттехь, эрна арахь, гIамаршкахь кхиина зезаг лара мегар ду. ТIаккха а дицдан ца деза, оцу муьрехь кхиъна, къеллехь, мискаллехь баьхкинчу нохчийн яздархошна гергахь юьхьанца Советан Iедал баккъал а маршо, токхо а йохьуш деана хилар. Амма таханлерчу дийнера бIаьрг тоьхча гуш ду: церан ницкъ ца кхаьчна шайн заманан (шуьйрачу маьIнехь аьлча) дуьззина васт кхолла. Царна бехк билла агIо яц цу тIехь. Сийлахьчу яздархойн бен ца кхочу и хьуьнар...
Литература, бакъдерг дийцар бен, цхьанне а, я цхьана хIуманна а декхар яц.
Л. Толстойс «Севастополь май баттахь» бохучу дийцарехь яздо: «Герой же моей повести, которого я люблю всеми силами души, которого старался воспроизвести во всей красоте его и который всегда был, есть и будет прекрасен, – правда».
Оцу бакъдолчуьнга кхача литература шен лаамехь кхиа езаш ю.
Нохчийн литературан паргIат, шен лаамехь кхиар ца хилла. И цуьнан дакъазалла ю. Нохчийн литература, кхоллалучу муьрехь дуьйна цхьана гIуллакхна, цхьана Iалашонна тIехьажийна хилла.
Боккха тIеIаткъам бина оцу агIор 1905 шарахь Ленина язйиначу «Партийни организаци, партийни литература а» бохучу статьяно, цул тIаьхьа Советски Союзан Коммунистически партис искусствон, литературан а декъехь биначу сацамаша а.
Нагахь буржуазни пачхьалкхашкахь яздархо шен редакторх, издательх а возуш хиллехь (хIунда аьлча цара наха йоьшур йолу, шайна пайда хинболу а проекташ лоьху), Советски Союзехь яздархо пачхьалкхан идеологих возуш хилла. Шена луург яздан, я яздича а шен оьмарехь книга арахеца аьтто а боцуш.
Стенах лаьцна дуьйцура, яздора нохчийн хьалхарчу поэташа, прозаикаша?
Церан кхоллараллехь билгалонаш а хилла дIахIиттина революци а, революцин баьчча а, къинхьегам, серло, парти а.
Цигара дуьйна схьадогIуш долу и ламаст хIинцалерачу литературе а кхаьчнера «Октябран серлоно стиглара лаьхкина мархаш», «божаршца дIанисбеш зударшна елла бакъонаш», «ширачу Iадаташца къуьйсу керла социалистически дахар» и. дI. кх. а.
Вевзаш волчу нохчийн поэта яздора:

Ленин хилла, Ленин ву.
Со цундела ирсе ву.

– Хьенех, и стихотворении хIунда язйинера ахь? – хаьттича:
– Вуьшта книга ара ца йолура сан, – аьллера цо.
Халкъаша анекдоташкахь йийца йолийнера коммунистически парти, беламе дохура цунна даима а шена хастамаш бан лаар:

Прошла зима, настало лето.
Спасибо партии за это!

Амма, цхьа хан яьлча атта ду хиллачух кхета а, цуьнан критически мах хадо а. Шен заманах хуьлуш лаьттачух кхета хала ду. Харц, бакъ къасто а. ХIетте а баьччанаш хесто «илланчаш» боцуш зама цкъа а еана яц. Тахана «Ичкерия», «Свобода» газетийн агIонаш тIехь йоьшу вай президентах лаьцна стихаш. Стеган культ, цхьа стаг вазвар иштта кхоллалуш ду исторехь а, литературехь а. Амма бакъволу яздархо, поэт а артист вац, дIахоьттинчу Iедална, паччахьна а хастамаш бан, иллеш даха а.
Оцу агIор аьлча, муьлхха а къоман яздархочунна дика школа ю французийн классикийн (Бальзакан, Флоберан, Эдмон, Жюль де Гонкур вежарийн, Мопассанан а) дахар, кхолларалла а.
Нагахь къоначу нохчий литературан бух халкъан бартакхолларалла, къаьсттина цуьнан поэтически агIо хиллехь (Хь. Туркаев), гIо-накъосталла оьрсийн литературех хуьлуш, цунах пайда а оьцуш кхиъна.
Лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, нохчийн литература, кхоллалучу муьрехь дуьйна, цхьана гIуллакхна, цхьана Iалашонна тIехьажийна, цхьана хорша ерзийна хилла.
Революцин хьолехь баьхначу Гонкур вежарша яздина шайн дневник тIехь: «Искусство йоцург теша, лара а оьшуш хIума дац. Литературана сужда де. Диснарг дерриг а – пуьташ...»
Нохчийн яздархочун идеологих возуш хилар дIадахна я нуьцкъаша (ца ваьллачу денна), я шен лаамехь. Дукха хьолахь шен лаамехь. Iеха а велла. Ша лелочух, шега дуьйцучух, ша дуьйцучух даггара теша а тешаш.
Уьш бу: Ахьмад Нажаев, Мохьмад Сальмурзаев, СаIид Бадуев, Шамсудди Айсханов а. Нохчийн исбаьхьаллин литература йолалуш хьалхара гIулчаш яьхначех ву поэт Дудаев Iабди а.

2

Дудаев Iабди вина 1901 шарахь Веданан районерчу Элистанжахь.
Исбаьхьчу Iаламна юкъахь Iуьллучу ширачу нохчийн ламанан юьртахь дIадахара Iабдин бералла. Шен ханчохь кхидолу нохчийн бераш санна, Iабди а хьуьжаре деша вахара. Дешна, Iелам стаг даима а лоруш хилла вайнахалахь. Дас Хункара махка деша вохуьйту Iабди. Цигахь 11 шарахь Iилма а Iамийна, 1922 ш. Даймахке юхавоьрзу иза. Амма нохчийн шайн пачхьалкх ца хиларе терра, дешарх, Iилманах а дуьззина пайдаэца аьтто ца хилла вайнехан.
Нагахь санна хIинццалц йоза-дешар, халкъан кхетам, шуьйрачу маьIнехь аьлча, халкъан культура молланаша кхиош, латтош а хиллехь, Октябрьски революци хиллачул тIаьхьа и гIуллакх пачхьалкхан коьрта декхар хилла дIахIоьттира. Оцу Iалашонца схьадиллира 1923 ш. нохчийн маттахь дуьххьарлера газет а. Цуьнан цIе а яра оцу хенан билгало – «Серло».
Дудаев Iабдин хьалхара стихаш зорбане евлира «Серло» газетан агIонаш тIехь. Оцу хенахь Iабди Соьлжа-гIалахь хьехархойн курсаш чакх а яьхна, Элистанжарчу школехь, цкъа хьалха хьехархочун, тIаккха директоран болх беш ву.
Дудаев Iабдин дуьххьарлера стихаш (нохчийн литературан бухбиллархой хьуьжарх чакхбевлла хиларе терра), Iарбийн шрифтехь язйина ю. Юьхьанца Iабдис шен стихашна кIел инициалаш йохкура я деккъа «I» дуьллура.
«Серло» газетан Iалашо яра вайнах оцу хенан политикин маьIнех а, заманан проблемех а кхетор. Цундела хаало Iабдин стихашкахь оцу хенан а, оцу заманан политикан а тIеIаткъам. Церан цIерашка хьаьжча а кхеташ ду и: «ЦIен эскархой», «Советийн малх», «Октябрь», «Йоза деша – бода эша», «Серлонан, боданан дов» и. дI. кх. а.
Цуьнан цхьаццайолчу стихашкахь («Ленинан некъ», «Рабселькорашка кхайкхам», «Редакцин узам») го «партис юьртабахамехь цу хенахь дIакхехьна политика поэт шен халкъана йовзийта гIерташ хилар» (Хь. Туркаев).
Iабди Дудаев – поэт-агитатор ву.

Вайн дайшкахь лаьттина бос Iаьржа бода,
Серлонца таIор вай, ца кхоьруш, онда,
Серлонан ткъес дегош, вай чехка довду,
Дешаран тур баттара даккхалаш къовсий.
(«Хьехархошка кхайкхам», 1929 ш.)

«Пионерашка кхайкхам» цIе йолчу стихотворенехь боху цо:

Кхетабе дай-наной, доьзалаш, дийций.
ДIабаккха дIовш-бода, Iилманца марций;
ДIадаккха вон Iадат, Iилманца хийций,
Самабаха ахархой, ма Iахка дийший!
(1932 ш.)

Нохчийн, гIалгIайн
Къона кIентий,
Довла гIовттий,
Низаме хIиттий!
(«Кхайкхам», 1936 ш.)

Iабди Дудаевн «поэзин бухахь, коьрта долчу декъана, кхайкхам бара. Шен произведенешца поэта кхойкхура адамашка йоза-дешар Iаморе, бодане Iадаташ юкъара дIадахаре, прогрессивни культурах пайдаэцаре, бахам а, адамийн юкъаметтигаш а социалистически хормане ерзоре» (I. Арсанукаев).
Цундела ларамаза дацара поэта 20-30-чу шерашкахь «Серло» газетаца хаддаза уьйр латтор. Произведенеш сихха нахе дIакхачо таро лора газето.
Дудаев Iабдин а, и санна кхечийн а кхоллараллах дика кхетархьама, хьесап дан деза церан литературни говзалла кхуьучу муьрехь Даймахкахь дIахьош хиллачу политиках.
20-чу шерашкахь Советски Союзан халкъийн берриге а ницкъаш индустриализацина, промышленность кхиорна а тIехьажийна бу.
30-гIа шерашкахь шуьйра яьржа колхозаш яхкаран кампани. Дудаевн поэзи юкъа а йогIу и тема. Масала, «Колхозхочун, цхьалхахочун къамел». Диалоган хормехь язйина ю и стихотворени, хIора репликехь йиъ стих а йолуш. Оцу шиннах ойла схьайоьллуш долу къамел колхозхо тоьлуш доьрзу.

Со къера ву хьуна, колхозхо, хIинца…
Колхозехь ши доттагI вайшиъ хир веца.

Нагахь язъян волалуш Дудаевн поэзехь коьрта тема – просвещени хиллехь, 30-чу шерашкахь язйинарш шайн чулацамца патриотически, граждански а пафос йолуш ю. («Марша да Октябран пхийтта шо кхачар», «ЦIен эскархой», «Асланбек».)
1934-чу шарахь Москвахь, М. Горькийс куьйгалла а деш, дIаяьхьира советски яздархойн 1-ра съезд. Оцу съездехь СССР-н яздархойн Союзан могIаршка дIаийцира нохчийн поэташ, яздархой а. Дудаев Iабдин декъашхочун билетан № 1761.
1935-чу шарахь Москвахь арахийцира «Нохч-ГIалгIайн поэташ» цIе йолу гулар. Цу юкъахь яра Дудаев Iабдин стихаш а.
1937-чу шарахь Пятигорскехь зорбатуху Iабдин стихашна «Советски Нохч-ГIалгIайчоьнан поэташ» цIе йолчу гуларехь.
Оццу шарахь Соьлжа-ГIалахь «Партизанийн иллеш» цIе йолу стихийн гулар а арайолу Iабдин. ТIаьххьарчу гуларна юкъаяхара поэтан тоьлла йолу произведенеш. Оцу произведенешкахь юьйцу проблемаш яра: социалистически Даймохк безар, цуьнан дуьхьа гIуллакхдар, революци йоккхуш, граждански тIамехь а эгначийн сийдар, царах масал эцар, ЦIен эскар хестадар, халкъан бахам, индустри а кхуллуш долчу халкъан хьуьнарш гайтар, керлачу дахаро паргIатъяьккхинчу зудчун сий лакхадаккхар а.
И тIаьххьара книга яра поэтан.
1937-чу шеран 24-чу ноябрехь харцтоьшаллица НКВД-но лецира Дудаев Iабди, оццу шеран 2-чу декабрехь «кхаанна сацамца» тоьпаш а туьйхира.

1992


Рецензии