Нажаев Ахьмад

Нажаев Ахьмад – нохчийн яздархошна юкъахь, шерашка диллича, массарал а воккха ву. Иза Сальмурзаев Мохьмадан юьртахо, цул пхи шо воккха а ву.
Нохчийн яздархойн (къаьсттина нохчийн литературан бухбиллархойн) дахарх лаьцна вайна хууш долчуьнга хьаьжча, чIагIдан мегар ду вайна хIумма а хууш цахилар. Оцу тайпана кхачамбацарш дIадахарехь хIинца а дуккха а болх бу Iилманчашна, яздархошна, студенташна а хьалха.
1895 шарахь вина волчу Ахьмадан бералла дIадахана Йоккхачу-АтагIахь.
Тахана школе дахар санна хIума хилла берашна хIетахь хьуьжаре лелар.
Эххар вай цхьана хIуманах кхета деза, стаг хьекъал долуш хилар, цахилар – и оьрсийн мотт хаарца, ца хаарца а доза мегар дац. 20-30 шерашкахь нохчийн литературе мел веана стаг Iаьрбийн йоза-дешар хууш а, динан Iилма Iамош а хилла.
Юха, Октябрьски революци хиллачул тIаьхьа, уьш хьехархойн курсаш а чакх а йохий, шайн-шайн ярташкахь юьхьанцара школаш а йохкий, хьехархойн болх бан дIахIиттар – и заманан тIеIаткъам бу.

Советан яздархой, бIаьрг серлабаккха!
Iилманца, йозанца халкъ серладаккха!
Къоламца, шекъанца бода дIабаккха!
Ленинан партин некъа тIехь чIагло!
(«Советийн яздархошка».)

«Iабди Дудаев а, Нажаев Ахьмад а латинийн графикан бух тIехь йолу алфавит тIеэцначарах хьалхарнаш бу», – дагалоьцу Ошаев Халида.
Уьш – керлачу, социалистически дахаран илланчаш бу.

Вай шена чохь дина Кавказ ю тайна,
Хьекъална вай эшча, эхь деца вайна,
Сий долу вешан мохк айбер вай дешна,
Бакъонан малх кхетча, марша ба ала!

Iилман сирла малх вайн махкахь кхийти,
Кегийчу берашна школаш ехки,
Вайн берийн хьекъалаш кхетаме даьхки,
Бакъонан малх кхетча, марша ба ала!
(«Йохьедовлар».)

2

«Керла дахар хесторца, поэташа нохчийн юьрта партин, Iедалан а сацамаш дIакхачоран Iалашонца пропагандистийн, агитаторийн а декхарш кхочушдора», – боху филологин Iилманийн доктора Туркаев Хьасана «20-чу шерийн нохчийн поэзи» цIе йолчу статья тIехь.
И дешнаш дуьненчохь а Советан Iедал чIагIделла даьллачул тIаьхьа яздинехь а, шайн чулацамца, маьIница тахана а нийсса догIуш ду.
Вайнехан яздархойн дакъазалла ю и.
Бакъволу поэт официальни идеологин илланча хила везаш вац.
Цуьнан шен дуьне а, «шен пачхьалкх» а, муьлххачу а хIуманна шен хьесап а хила деза.
Нохчийн дукхах болчу яздархойн галдаьлларг – церан литературни говзалла эгIаза хилар сов, шайн произведенешкахь цара Iедал хестадар ду.
Царах цхьаъ ву Нажаев Ахьмад а.
Яздархо – цхьанне партих а, боламех а возуш воцуш, классови, тайпанийн а кхетамна тIехула хила веза.
Дуьненан хьежамаш шен зерашца доьзна хила беза цуьнан.
Вайна тахана а гуш ду, йозуш йоцу пачхьалкх кхайкхийна, Кувейтехь санна дехар ду вай бохуш, адам ира-кара а хIоттийна долийнарг, и пачхьалкх цахилийтар дуьхьа ду.
Миллион бен доцчу вайн къомах хIора стаг а миллионер ван йиш йолуш таро ю республикан.
Амма мехкадаьттанах йолу проценташ-м муххале а ца хьехайойтура вайга, атталгIа стага хьацарца даьккхина алапа а схьалуш дац.
Нохчий, гIалгIай къастийна ца Iаш, нохчашна юкъахь тайпанаш, тукхамаш, вирдаш а къестадо. Дикане вуьгу некъ бац иза. Вай цхьаъ хила деза.

Нохчийн, гIалгIайн тайпа цхьаъ ду,
Вовшийн маттах уьш кхеташ бу,
Йозанан мотт церан цхьаъ хила беза,
Вовшийн йозанна гIо дан деза.
(«Конференци».)

Яздархочун декхар хета цунна нахана цу тIехь оьшу кхетам балар, цхьа барт бар, керлачу гIуллакхан гIоьнчий а хилла дIахIиттар а:

Вайна тIехь ду нах кхетабар,
Дешарца уьш серлабахар.

Яздархочун декхар – дика делахь, диканах кхетавар, зулам делахь – зуламах ларвар а ду.
Ахьмад Нажаевн суна хазахетачех ю «КIайн хьаша» стихотворени. Iаьнан Iаламан сурт, цунах даккхийдеш ловзучу берийн васт а дика хIоттийна ду поэтан.

Цу шакарийн цIогIанца, чехкачу боларца,
КIайн хьаша схьавалош, мох хьийза дарцаца,
Iаьржачу цу лаьтта шен хьошалла дилларца,
КIайн хьаша кхечи, бамбийн мотт билларца.

Цу бамбин ва меттахь кIайн юргIа даржийна,
КIайн гIайба гIевлангахь ша охьавижна,
Боданан и буьйса ша серлаяьккхина,
«Iа» боху кIайн хьаша охьахиъна ханна.

Цу лаьмнийн кортошна кIайн чалба хьерчош,
Цу лекхачу хьаннаш тIе кIайн кхокхий хийшош,
Дарц хьалха ва хьоькхуш, тхевнашкахь шок етташ,
Веъна ша схьакхечи кIайн хьаша, мохь бетташ.

Сов чIогIа хазахеташ, шаьш кхаьънаш дохуш,
КIедачу цу лай тIехь шаьш хаза ловзуш,
Бераш гуш ду вайна, салазаш хоьхкуш,
Iа доьлла хаза хеташ, вовшашка кхойкхуш.

И стихотворени тоьллачех лара йогIу поэтан. А. Пушкинан «Дарц» санна, хаза ека и нохчийн маттахь. Ша лаьтташ, къаьсташ а ю и «социалистически» стихашна юкъахь.
Шена дукха везачу поэтана лерина а ю А. Нажаевн байташ.

Iилман хIорда чохь
Ахь нека хьекхна,
Хилла вац дуьнен чохь
Поэт хьо санна.
Массо а поэтийн
Кийрахь хьо воллу,
Сийлахьчу хьан иллийн
Шовкъ даг чохь йоллу.
(«Сийлахь поэт – Пушкин».)

Бакъволу поэт халонех, къийсамах а кхоьруш цахилар билгалдолу цу стихотворенехь а:

Паччахь ткъа варийца
Хьо дера чехош,
Чинийн дай барийца
Хьуна гур боьгIуш,
Гуро хьо лоьццушехь,
Хьо лоьмах цIийзира,
Iазапо Iуьйддушехь,
Ахь иллеш тийсира.

Ямартлонца вийнехь а, поэтан книгаш яха йисна дуьненахь.
Цундела, иза нехан дегнашкахь веха, ткъа цуьнан мостагIий, мел хьоладай уьш хиларх белла.

Мел дайа гIертарах
Маьлхан нур довр дац,
Хьо хIаллаквина хиларх,
Хьо цкъа а вицлур вац.

3

1935-чу шарахь Москвахь араяьллачу «Нохч-ГIалгIайн поэташ» гуларехь: «Нажаев Ахьмад яздан волавелла 1924 шарахь», – аьлла ду.
Амма дуьххьарлера стихотворени цул тIаьхьа масех шо даьлча бен зорбане ца яьлла цуьнан.
«Серло» газетана хьалха лаьттачу декхаршца, цо хIитточу Iалашонашца а йогIуш цахилар ду-те и къоначу поэтан стихаш «масех» шарахь цхьанне а оьшуш йоцуш, авторан архивехь латтар, я исбаьхьаллин агIор гIийла хилар ду-те? Кхин Дала делла ма яц хIара стихотворени а:

Колхозаш, совхозаш социализман некъаш ду,
Хьо кхиа веза царех болучу пайдех.
Хьо теша ма теша кулакийн хIилланех,
Бу хьуна уьш хьо ваа гIертарш.
Валахьа, хьо нохчо, серлонан новкъа, –

Амма и идеологица йогIуш ю, цундела мегаш а ю.
Iедало «магош» йолу произведенеш язъярал тIаьхьало йоцуш хIума дац яздархочун. Советан Iедал дохарца дуккха а советски яздархойн, Iилманчийн а белхаш байна лара мегар ду.
Ткъа оцу Iедална дуьхьал хиллачийн (I. Авторхановн, А. Солженицынан а белхаш), я официальни идеологица йогIуш ца хилларш (М. Шолоховн «Тийна Дон», М. Булгаковн «Мастер, Маргарита а», А. Айдамировн «Еха буьйсанаш», кхин а и санначийн) мехалла мелхо а лакхаяьлла.
Америкин цхьана яздархочо ма-аллара, кхолларалла даима а кхерамца йоьзна ю, хIунда аьлча, ахь динчу «тохаран» хIоьан гергаш хьан хьайн коьртах еттаяла а тарло.
Ведда шен са кIелхьара даккха дезна Авторхановн, ГУЛАГера араваьлча махках ваьккхина Солженицын, зорбанехь дуккха а халонаш лан дезна Шолоховн, Булгаковн, Ошаевн, Айдамировн а...
Яздархо, поэт, мел похIма долуш велахь а, дуьненчохь кхин вер-ваккхар, харцонаш, Iазапаш доцуш санна язйина книгаш, шаьш кхоьллинчу заманца дIайов. Произведенин исбаьхьаллин агIо, авторан говзалла а лакхара яцахь-м муххале а. Масала, С. Бадуевн кхолларалла, нохчийн гIиллакх-оьздангаллина дуьхьал елахь а, бусалба динца, Iадаташца йогIуш йоццушехь, чулацам а ширбеллашехь, дукхах йолчу произведенешкахь идейни агIо харц хиллашехь, цуьнан произведенийн маьIна тахана а дайна дац, цкъа делахь, исбаьхьалла лаккхарчу тIегIана тIехь хиларна, шолгIа – авторан технически говзалла бахьанехь.

4

Нажаев Ахьмадан «Серло» газета тIехь араюьйлучу дуьххьарлерачу стихашкахь Дудаев Iабдин, Бадуев СаIидан, шайн могIарера кхечу поэтийн стихашкахь йоллу – Ленин, Октябрь, дешар, керла дахар а хесторан, дIаяхана паччахьан, хIинцалера а заманаш вовшашца юстаран а теманаш ю.

Гуьйрен тIехь къахь хIоьтти
Дохк-марха санна,
Шийлачу Iай детта
Буьрса дарц санна,
Паччахьан Iазапийн
Iедал дар ямарт,
Белхалойн, ахархойн
Кочахь яр гIомат...
Революцин тур буйнахь
Ленин гучуваьлча,
Компарти цуьнан некъа тIехь
ЧIагIъяла йоьлча,
Белхалой, ахархой
Къийсаме гIевттича,
Октябран цIен тулгIи
Гучуяла йоьлча,
Къинхьегам халкъана
ПаргIато елира.
(«Ленин».)

Филологин Iилманийн доктора Туркаев Хьасана нийса тидам бина: «...Нохчийн поэташа йозанан поэзи кхоллаеллачу а, кхуьучу а хенахь, шайн исбаьхьаллин говзалла кхачам боллуш ца тоаре хьаьжжина, стихийн могIанийн цхьацца долчу дешнийн аьзнаш хедош я тIедетташ меттигаш яьхкина. Нажаевн а ду и кхачамбацарш». Масала: «яр» (-а), «айс» (-а), «цуьн» (-ан), «рез» (-а).
Нажаев Ахьмада 11-12 шарахь бен кхоллараллин болх бина цахилар тидаме эцча, иза стихаш язъян волавелла 29-30 шо долуш.
И, дукха хьолахь, муьлхха а поэт кхиъна ваьлла, «ваьгна» а волу хан ю. Ткъа Ахьмад хIетта бен язъян а ца волавелла.

5

1924 шарахь дуьйна НажаевгIеран доьзал Соьлжа-гIала охьакхелхина.
Ахьмадан дахар нохчийн къоман ителлигенци, литература а кхиорна тIехьажийна ду. Цо белхаш бо Нохчийн ОблОНО-хь, Евдокимовн цIарахчу Комвузехь, совпартактивехь, Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературан, искусствон Iилмана-талламан институтехь, радиохь.
30-гIа шерашкахь колхозаш йохкуш дIахьочу балхаца йоьзна тема а йолу Нажаевн поэзи юкъа («Колхозан илли», «Колхозаш яхкар»).
Дудаев Iабдин поэзехь йоллу публицизм, изза кхайкхам бу Нажаевн поэзехь а:

ХIайттархойн болараш оханехь гайта!
Турпал ницкъ вай колхоз хилар хаийта!
Кханенаш ца йохкуш аха аш латта!
Сихо е, колхозхой, аренаш аха!
(«Колхозан бIаьсте».)

Церан кхолларалла – ширачун, керлачун а къийсам бу.
Оцу заманан муьлхха а поэтан, яздархочун произведени ешча, церан синхаамийн озабезам, дог-ойла а социлизмехьа го вайна. И нохчийн литературан башхалла яц. ХIетахьлерачу СССР-н массо а къоман литературехь а дIабоьдуш бара цу кепара болх.
Керлачу хийцамех муха Iехалур бацара нохчийн яздархой, цу хенахь гIарабевлла болу, Европа, Америка а евзаш хилла болу оьрсийн поэташ: А. Блок, В. Брюсов, С. Есенин, В. Маяковский а Iехавелча?!
Бакъдерг аьлча, Iехавала хIума дан а дара оцу заманчохь: заводаш, фабрикаш яхкар, некъаш тодар, хиш даладар, школаш, больницаш яхкар, тIайш тахкар…
И ю оцу заманан билгало.
А. Власов Нохчийчохь партийни балхахь волуш баккъал а хилла бохуш дуьйцу наха… Доклад еш хилла куц ду районан хьаькамех цхьаъ. «Советан Iедало вайн халкъана бина дика белхаш багарбина вер а вац», – бохуш, компарти, Iедал а хестош: «Ширачу Iадаташа боданехь даллош долу нохчийн къам Октябран серлоно саьрмакан багара даьккхира», – бохуш. ЛадоьгIуш волчу Власовс: «Масал даладел ахь, масал», – аьлла. Жимма ойла а йина: «Хьанна моьттура ГIалара дуьйна Ялхой-Мохка автобус лелар ю?» – жоп делла докладчико.
Цундела вай нийса кхета деза ГIалахь дуьххьара трамвай йолаелча Нажаевс иштта яздарх а:

Соьлжа-ГIалахь хезаш ду трамвайн екар,
Аттачу даьккхи цо белхалойн лелар,
Хьанна а хууш ду цуьнан чIогIа эшар,
Марша я дуьнен чохь социализм!..

Итт шарчохь Нохчийчоь керла дIахIоьтти,
Дуккха а заводаш, фабрикаш гIевтти,
Школаш, больницаш сов алсам ехки,
Хиш далош, некъ боккхуш, тIеш алсам техки.
(«Советийн яздархошка».)

…Амма цу юккъехула ца ган йиш ярий-те нах кулакаш бар, даьхнех бохуш Сибрех эхийтар, динадай лецар, хьийзор и дI. кх. а?
Коьртачу тарпалхочун Муцин цIарах язйина ю «ЖаIу» поэма (1936). Мацалла, доьзална дан хIума а ца хилла, хьоладен Iумин жа дажо воьду иза. Юург а, баттахь исс сом а лург. Масийтта шарахь, хIинций-хIинций бохуш, луш ахча а доцуш, ваьцначул тIаьхьа, Iумица дов долу Муцин. Кхуьнан доьзал наха сагIийна елларг бен, чохь кхин рицкъа а доцуш, хене болуш бу. Iумас шай а ца луш ша эккхийча, суьде волу Муца. Суьдо а хьолада бакъво. ТIаккха хIара оьгIаз воьдий, цуьнан даьхнина къола дан воьду, шеца накъостий а болуш. Iумас бехке а вой, Муца Сибрех хьажаво. Россехь паччахь вохийначул тIаьхьа цIа веана Муца революционерех дIакхета. Iумин даьхни а схьадоккху, иза ша а, Iедална дуьхьало ярна, Сибрех хьажаво. Колхозехь болх дика барна, Муца деша вохуьйту, юха колхозан председатель а хIоттаво. Иштта, «соцреализман» хотIехь, чаккхе ю поэман.
И дерриг а кхеташ хир дара Советан Iедал тIедале шайн лай, элий а болуш баьхначу къомах волчу поэтан, яздархочун произведени елахьара. Масала, Садриддин Айнин.
Дуккха персонажаш, хиламаш, тIемаш а бу юьйцучу поэмехь, амма поэзи кIеззиг ю.
Романистан похIма долчунна дика сюжет-м яра и.
М. Горький, М. Шолохов, Д. Лондон, Т. Драйзер, Г. Манн, Л. Арагон, дуьненахь а гIарабевлла дуккха яздархой ма хилла кхин а, шаьш соцреализман школехь лоруш. Амма халахеташ делахь а, оцу заманахь нохчех ца ваьлла церан барамехь яздархо. Уьш кхиа а ца битна. Дукха хьолахь оцу заманан поэтийн, яздархойн а произведенеш къоман лехамашна, хьашташна а жоп луш хилла яц.
Амма тахана дехачу вайна мелла а атта ду царна лие а, бехк билла, кхета хала ду.
Цундела вайн декхар – царех мелла а кхета хьовсар ду. Архиваш схьайиллича кхана вайна хIун гучудер хууш дац хIинца а. Шаьш социализм, Советан Iедал мел хестийнехь а, оцу Iедало хIаллакбина нах бу уьш. И ю церан трагеди а. Цундела царна лие а, царна кхел ян (харц кхел ян-м муххале а) йиш яц вайн. Хьанна хаа цхьана ханчохь Iехабелла лелла уьш, юха кхета боьлча хIаллакбинийла а?
Дуккха а хIума серладер дара вайна: нохчийн яздархоша дагалецамаш битанехьара, я хIинца болуш болчара мукъане а язбахьара. Дагалецамаш язбан стаг, яздархо хиларал сов, личность, къонах хила а веза. Шен селханалерачу дийнах вогуш меттиг елахь, тIерачу Iедалх кхоьруш велахь, дагалецамаш язлур бац цуьнга. Нохчийн литература жанрашка екъча, уггаре ледарчех цхьаъ ю мемуараш. Вайн литературан исторехь хIинца шаьш дIалоцучу меттигал мелла а лакхара, мехала а меттиг лаьцна хир яра хийла яздархочо, цхьаьна дийнан ойла а ца еш, тIаьхьалонна ойла йинехьара... Схьагарехь, вайн хьалхарчу яздархойн кхоллараллехь (царна юкъахь Нажаев Ахьмадан а), таханлерчу дешархочунна гергахь, уггаре мехалниг цара дIаязйина фольклор ю.
Нохчийн яздархойн, поэтийн, просветителийн а хьалхарчу чкъурах къамел дечу хенахь, уггар хьалха дагахь латто деза – уьш Нохчийчоьнан дуьхьа къахьегна нах хилар. Дерриг церан дахар нохчийн къам дешарна тIехьажадарна а, баккъал а аьлча, шуьйрачу декъехь хIинца а бодане долу вайн къам серлоне кхачор а Iалашонна дIаделла ду.
Тахана вай, дешаран система нохчийн матте ерзо еза я ца еза, боху хаттар дийцаре дечу хенахь, Нажаев Ахьмадан весет санна лара мегар ду хIара могIанаш:

Дешархой, дешалаш ненан меттан йоза,
Дешарца шу кхуьу хьекъална говза,
Школан майданахь шу хаза ловзу.
Бакъонан малх кхетча, марша ба ала!

1992


Рецензии