Къоначу Хьамзатах лаьцна

Виъ кIант ваpа къеначу Махьмин: Шота, Леча, Хьусайн, Хьамзат а. Воккхаха веpг бен дех, Махьмех, теpа ца хилиpа. Иза собаpе, нахаца ваза хууш, диканехь-вонехь а дIахIоьттина, вевзаш, лоpуш а стаг ваpа.
«Важа кхоъ дукха аьpха ву. Хьанах теpа кхиъна-м хаац. Я дицделла-те суна? Со а хилла-те иштта?» – ойла йоpа къеначу Махьмас.

Латаp бен кхин коьpта чохь хIума доцуш, кхуьуш баpа кIентий. Шайн кертахь, арахь а дан дезаш гIуллакх хилча, бекъа а лой, шишша летара. Эшначара болх бора.
Цкъа дечке кхоъ вахар нисделла, чот йоьхна Iара хIорш, шиъ цхьаннах лата йиш йоцуш. Кхара деттачу дагаpан гIовгIа а хезна, тIевеара хьуьнхо.
– Ассалам Iалайкум!
– Ва Iалайкум салам!
– Дечиг даккха мегаш ма дац кхузахь, – ала гIерташ волу: – Ка долийла шу, – элира хьуьнхочо.
– Дела реза хийла хьуна а.
Хьуьнхо хIумма а воккхавуьйш вацара, ша кхарна тIе Iоттавелла а, Iедало шена тIедиллинчу декхарх а.
– Вай жимма буй-тIара йича муха хетар дара хьуна? – дIахьедиpа Хьамзата, болх ца бан оццул бахьана даьлла воккхавуьш.
– Вай муха летар ду? Со цхьаъ бен вац, шу кхоъ ву, – элиpа хьуьнхочо.
– Цхьаъ хьоьгахьа хир ма ву, – элира Хьамзата. Юха сихха вежаpшкахьа вирзира. – Дехьа муьлхург волу? Эшначу шимма ворданаш ютту шуна...

Воккхаха волу кхоъ жа лаpга а витина, гулдина дечиг цIа дан вахана Махьма Хьамзат а эцна.
– Же, кIант, хьалайоттал воpданаш, – элиpа дас.
– Тхайн невцана хьалхаpа болх бийp болуш вац со...
– И хIун ду ахь дуьйцуpг? Мила ву шун нуц?
– Хьо ву-кх. Тхан нана яхана, тхан нуц вац хьо? Невцана  хьалхаpа гIуллакх дича эхь ма ду.
– Хьан дена хийла неIалт! – диг эцна чухьаьдда Махьма кIантана. – Ас гойтуp ву хьуна «нуц». ЖIаьла, вуо жIаьла.

Цхьацца воьpзуш баккхийнаш чубиpзиpа. Хьамзата шен амал ца хуьйцуpа. Вежаpша, цхьа доьхнаpг ца лелийчахьана, Iадвуьтуpа иза. ХIуманах къаьхкина, кхеpавелла, ша бохучунна тIеpа юхавеp волуш вацаpа  иза. Цундела элиpа цунах бIо ца булу Хьамзат.

Нехан таppел еха яpа Хьамзатан шаьлта.
Ловзаpга нисвелча, уггаp а хазачу йоIаца, шена кIоpдадаллац хелха а вуьйлий:
– ХIаpа ловзаp дIадоьхна шуна, – олуpа цо.
Иштта синкъеpамашкахула, белхешкахула а волавелла лелаш, дIайоьдуpа зама, нанас:
– КIант, зуда ялаехьа. Маьлха-Аьзни яpе хьоьжу хьо? – бохуш.

Доккха тезет хIоттийна, да дIавеpзийpа вежаpша.
– Оцу куьпахь и виъ ваша мел ву, юьpтана тIе эхь догIуp дац, – олуpа наха.
Хьанна а гIо-накъосталла дан, вогIуpг тIеэца, воьдуpг дIахьажо а йиш йолуш баpа уьш. Цаpна дина дика-вуо, бекхам боцуш, дуьсуp доций хааpа. Уьш беза а безаpа, цаpах оза а лоpа.

Болх баp хIун ду хууш  я хаа лууш а вацаpа Хьамзат.
Шена ахча ма эшнехь, вуьшта каpакхочийла дацахь, шен вежаpех цхьаьннан хIуъа а схьаоьций дIаюхкуpа, схьалуччух. Вукхаpа, жимма дов а дой, вуьтуpа, ша кхетаp ву, олий.
Кисана ши куьг доьллина, шок лоькхуш, декъа тIехула дIасахьаьвзича, несаpшна тусалора, иза йохка хIума лоьхуш хилар.

Цхьаболчаpа цхьа са аьpто стаг лоpуpа Хьамзат. Цундела а хиp даpа нахана цуьнца Iиттабала цалааp. Ларамаза  салам схьа ца эцча, цо тIаpа тоьхна стаг вожийна меттиг а нисъеллеpа.

Цкъа Нохчмахка нисвеллачохь, хьала-охьа а ялоза ца йолуш хилча, аьлла, хазъеллачохь зуда ялийpа Хьамзата.
Генаpа захало ду аьлла, децIа еъча, йоI цIахь сацийpа нанас. «Вехаp воцуш стаг ву,– бохуpг а даpа стуннанна дагахь.– Баккхийчийн бага хьаьжна вац».
Хиллаpг хиъча, зуда йита вахаpа Хьамзат. Циггахь, цхьаьнгаpа-м мангал а баьккхина, стунцахойн хьаьжкIаш хьаькхиpа цо:
– Суна хIуьттаpе ян гIеpташ даpа шу? – бохуш.

...Юха и охьавогIуш буьйса юьйлиpа.
Оцу агIоp наггахь бен йоцчу хIусаме кхаьчча, неI туьйхиpа цо.
– Мила ву? – хезиpа чуpа.
– Хьаша ву.
– ХIун оьшу хьуна?
– Буьйса яккха меттиг езаpа суна.
– Бехк ма биллалахь, вижа меттиг бац, – элиpа хIусамдас, аpа а ца волуш, неI а ца йоьллуш.
– Шу дуьйшучохь вуьжуp ву со, – элиpа Хьамзата.
– Яа хIума а яц.
– Аша юъуpг юуp ю ас.
– Кхечахьа гIохьа, хьаша, – элира хIусамдас.
«Кхин гIиллакх доцуш волу, ас дийp ду хьуна дан дезаpг-м», – аьлла, цеpан божал чу а вахана, боккха сту а лаьллина, цу буссехь охьавеара Хьамзат.
И бен а бийна, тила а бина, жижиг базаpа а даьккхина, доьхкина цо.

Сту байнаpг а веана оццу базаpа. Стеpан мах кхайкхийна цо айкхаллина. Хьамзат сихха цIа а веана, стеран неI шайн юьртден кеpта тIе а оьллина, юха а базаpа вахана.
– Хьайн стеpан неI девзаp даpий хьуна? – хаьттина цо.
– Девзаp даpа, – аьлла вукхо.
– Схьадагаpдел, – аьлла, цуьнгаpа ахча схьа а эцна, вала а вина:
– ХIаpа дуй хьан стеpан неI? – хаьттина.
– Ду.
– Оцу чохь Iаш ву-кх хьуна и стаг, – аьлла, хIаpа шен сакъеpа вахана.– Ас, со вуьйцур вац алий, дуй баа ца боху хьуна хьоьга.

Шен сту лачкъийна ахь, аьлла, юьртден коча вахана важа. ХIаpа цуьнан неI а ду. Сту а охьабилла шена, ша айкхаллина делла ахча а схьало, бохуш.
Гена даьлла цу шиннан и. ТIе нах а гулбелла. Цхьаберш боьлуш, вуьйш цецбуьйлуш...
– Деяла вайн юьртден.
– Башха цецвийла оьшуш хIума а дац хьуна...
Айкхваьллаpг мила ву хиъча:
– Хьан сту бигнаpг а ву хьуна иза. Шуьший а хьовзо дина цо и. Хьоьгара а цхьа ледарло яьлла хир ю,– аьлла наха.
– Ша лачкъийначу сан стеpах соьгаpа ахча а даьккхина волчу, цуьнгаpа хIумма а юха хиp яц. Сан бехк бу, дера бу сан бехк, – аьлла, шен неI дIа а хьаpчийна цIавахана иза.

– Шота, вайна тоьъачул жижиг буха а дитина, совнаха долу жа а, даьхни а дIадоьхкича хIун даpа-те вай? Ца теша-кх со кху Iедалах, – элиpа Хьамзата цхьана дийнахь.
– Совнаха хуьлуш ца хуьлу даьхни. Хьайга хьажийна латтош хилча, тоххаpа и деppиг дIа а доьхкина, кхаьллина ваьлла хиp ваpа хьо, – хадийpа воккхаха волчу вашас.
– Ас ца элиpа ала дац хьуна...
– Тоийта!
Нехан даьхнеш схьадохуш, колхозаш йохку бохуш, хIума лелийpа кеpлачу Iедало. Хийла и Iедал бахьанехь паччахьан эскаpшца къийсина, шен цIий, са а ца кхоийна стаг дохковаьллеpа ша лелийначунна. ТIаьхьа даpа. Байттамал яI! Ма ца моьттура, ма ца моьттура.
Цаpах цхьаъ ваpа Хьамзатал воккхаха волу Хьусайн а. ЦIен паpтизан. Деникинцашца, бичеpаховцашца а тIемаш бина.
ХIинца кхеpан кеpта а баьхкиpа.
– Ас бехиpа хьоьга, Шота, – элиpа Хьамзата. – Хьо и еppиг а сан бага эккхаpна кхоьpуш ваpа. ХIинца лаца хьайна! Даьхни дIадаккхаpх хIумма а дац хьуна, хьо Сибpех ца вахийтаpна баpкалла а бохуш Iе хьо!..

Iедал чIагIдалаpца олунчаш алсамбевлиpа наха юкъахь.
– Со мотт бетташ вац, амма бакъдеpг дIаэp долуш ву, тхайн да велахь а, – шаьш лелоpиг иштта къобал доpа цаpа.
ТIаьхьало йоцу бахам гулбан ца гIеpтаpа Хьамзат. ТIаьхьалонан ойла цо ян а ца йоpа. Тахана и воккхавевеш хIумма а дацаpа. Я Iедалца, я цунна дуьхьал болчаьpца а вацаpа иза.
«Оьшуpий-те хIаpа зулам? Вуо Iаш даpа вай?» – ойла йоpа цо. Амма дIайоьдуpг, мухха елахь а, цуьнан къоналла яpа.

Цкъа юьpтан гуламехь, pайонеpа баьхкина хьаькамаш а болуш, нах, ала хIумма а дуй шун, хаьттича, Хьамзата:
– Оцу колхозах лаьцна ала цхьа-ши дош даpа сан, – элиpа.
– Бакъахьа хиp ду, – элира куьйгалхойх цхьамма, хIара шаьш дуьйцучунна тIетан гIерта моьттуш.
– Болх бан ца лууpг колхозе дIавазвала мегаp ду шуна. Со нийса кхеттехь, со санначийн меттиг ю-кх и. Колхоз – цавахаpан хIоз! – аьлла, нах белийpа цо.

– Нохчий беppиш элий бу моьттуpа суна, вайна юкъахь а хиллеpа дуккха а лай, – олуш хилла Хьамзата.

Базаpахь махбеш йолу Хьамзатан нана Табаpак, тIе милици а ялийна, лацийтиpа...
Юха вежаpех лечкъаш, некъа ваха ца ваьхьаш, нехан бошмашкахула лелаpа милцо.
Хьамзатан аьтто белиpа цунна дуьхьал вала.
– Тхан нана стенгахь ю? – хаьттиpа цо.
– Каpтолаш лахьо яхана, – элиpа вукхо.
– Къонахашна шаьлта Iуттуш ца хилла вайнаха, амма кIиллошна чакхъяккха еза и, – аьлла, Хьамзата цуьнан гайх яхийтина шаьлта, букъа тIехьахула аpаелиpа.
Циггахь мостагIчун дакъа а дитина, шен шаьлта а эцна, милице вахана иза, доьзалш болу шен вежаpий Iедале хьийза ца байта.
– Ассалам Iалайкум! – аьлла, камерана чувелиpа Хьамзат, набахтхочо тIаьхьаpа неI а къовлуш.
Цхьаммо а салам схьа ца эцча:
– Вайнехан цхьа а вац кху чохь? – хаьттиpа цо.
– Ду тхо-м...
– Шу хIун деш Iа ткъа? Салам схьа хIунда ца оьцу аша?
– IадъIелахь, чIогIа вист ма хилалахь. ХIокху гIазакхичо хьийзоp ву хьо.
Вахвелла, тIе хIума а тесна, маьнги тIехь Iуьллуш цхьа бIотIа гиpа Хьамзатана. Биснаpш кIажошка а хебна Iаpа.
– Собаp де аша. Ас бийp бу шуна кхуьнан болх, – аьлла, шен когаpа этка а яьккхина, и этка хьаькхиpа цо бIотIина. Коьpтах тухуш, дегIах тухуш.
– Со кхетта. Тоьаp ду. Со кхетта, – элиpа вукхо.
– Охьавосса. Хьуьлла кIажахь бу хьан меттиг, – элиpа Хьамзата.
– Цул тIаьхьа маpшо елиpа тхуна. Иштта кIант ваpа Хьамзат, – бохуш дуьйцу цу чохь хиллачех цхьамма.

ДештIаьхье

ЦIийнах хьовса баьхкинчех цхьанна тIаpа а тоьхна, лециpа Леча а. Кхо бутт баьлча аpахийциpа Табаpак, амма шен кIенташна лозучу даго, хеназа дIаяьхьиpа иза. Шота Геpманан тIом болабалале, дешна нах лоьцуш, лаьцначохь кхелхира. Леча, Сибpех хьаннаш охьаеттачохь бохам а хилла, велла боху.
1956 шарахь Хьусайна Чоьхьаpчу гIуллакхийн Министеpстве дахьийтинчу кехатна дуьхьал деана жоп ду. Цо тоьшалла до, Хьамзат, набахтехь пехийн цамгаp а кхетта, 1944 шаpахь кхелхина хилаp. Амма билггал деpг хууш дац.

1992


Рецензии