Ял яккхар

Тахана СНГ-хь, къаьсттина Нохчийчохь, долчу хьолах тера ду Факир Байкуртан хIара дийцар.
Цхьа къонах, доьзална дан амал ца хилла, лулахочуьнгара лург хIоаш даьхна, уьш тускар чу а дехкина, гIала базара вахана. «Жимма мукъане а са ер яцара-те?» – бохучу ойланца.
ГIала дIакхачале кхин а цхьана юьртах чакхвала везаш хилла иза. Дукха Iуьйре гIаьттина араваьлла вогIу хIара, оцу юьрта чувогIучохь гIаролхочо сацийна.
– Хьо мила ву? ХIун гIуллакх долуш вогIу?
ХIокхо шен цIе а яьккхина, гIала базара воьдура ша, аьлла.
– ХIун ю хьан тускар чохь ерг?
– ХIоаш ду-кх.
– Хьо базара хIоаш доьхкина саяккха воьдуш ву. Ял йоцуш вохуьйтийла дац сан, – аьлла гIаролхочо.
– Ас хIун лур ю хьуна? Соьгахь цхьа шай а ма дац.
– Дацахь, цхьа хIоа ло. Ял йоцуш вахийта йиш яц. Iедало могуьйтур дац суна. Iедалан балхахь ма ву со. Соьх тешийна ма ду хIара дарж.
– ХIун дийр ду хьуна тIаккха? – аьлла, цунна цхьа хIоа дIа а делла, кхидIа вахана и къонах.
Цу юьртара араволучохь кхин цхьа гIаролхочунна а тIеIоттавелла.
– Хьо мила ву? Мичара, хIун йохьуш вогIу?
ХIокхо юха а дIабийцина ша арабаьккхина некъ.
– Хьо саяккха гIерташ лелаш стаг ву. Когаш кIамбелла лаьтташ тхо а дац. Хьайгара йогIург схьа а лой, дIагIо хьайн новккъа.
Цунна а хIоа дала дезна.
Юьртаний, гIаланий юккъехь тIай хилла. ТIай тIехула дехьа волуьйтург а хIоа делла кхуо. Юха гIали чувуьтург а. ХIоа ца делча базар керта а ца витина, керта вахча меттиг а ца белла, хIоа ца делча.
Базара дIа а кхаьчна, мах боло а кхиале, ах хоаш ялъяккхархошна дIаделла ваьлла.
Мах бечаьргара а ца яьккхича, Iедална а мичара дера ду ахча? Эскар, гIаролхой а муха латтор бу? Халкъ, пачхьалкх а муха ларйийр ю? Паччахьан хазна а муха юзур ю?
Шен дисина хIоаш доьхкина, цIехьа вирзина къонах, ойла еш хилла: «Саяккхар, юург эцар-м хьехош дацара. ХIоаш долчунна дIадала а вовшах ма ца кхета хIара-м. ХIинца хIун дийр ду? ЦIахь меца доьзал а бу, со цхьаъ йохьуш вогIу бохуш хьоьжуш».
Иштта гIийла ойланаш еш схьавогIуш, кешнашна тIеIоттавелла хIара. Чарташка а хьаьжна: «Шу ду-кх декъала дай. ХIара декъаза дуьне хьешна-х девллий шу. Веллачун къа ду олу. Дера дац-кха. Веллачун шен ирс ду-кх. И-м Делан диканехь вара. Дуьненчохь долу вай ду-кх цхьанне а ца оьшуш…»
Кешнийн йистехь долчу дитта кIел охьа а хиъна, садоIуш волчу кхуьнан терго тIеяхана, зуькар а деш, стаг дIаволла богIучу нахана. Оцу мIаьргона ойла кхоллаелла цуьнан. Барам айина богIучу нахана дуьхьалваьлла хIара.
– Ассаламу Iалайкум.
– Ва Iалайкум салам.
– ХIинцачул тIаьхьа, ял йоцуш, кешнашка стаг воллуьйтуш воций хаий шуна?
– Ахь баккъал боху? – цецбевлла нах.
Веллачун гергарчара хIокхо боххучул ахча дIаделла.
Цул тIаьхьа дукха хан ялале, оцу гIалара паччахьан визир а кхелхина, и дIаволла йогIуш тоба хилла.
Царна а дуьхьалваьлла хIара.
– Ял йогIу шуьгара.
– И хIун ду? И маца дуьйна ду? Iедална хууш хIума дуй и? – цецбевлла тайп-тайпанчу даржашкахь берш.
– ТIаьхьа паргIат къастор ду вай. Велларг дIа ца воьллича ца волу. Доьххург дIа а лой, тезетан барам ца бохош хIума де, –  аьлла лакхарчо.
Уьш муьлш бу хиинчул тIаьхьа, цкъа кхеравеллехь а, амма кхидIа а шен болх беш, цигахь сецна и къонах, вогIу-воьдучуьнга юкъа-кара доьзална шай-кай, нахарш, хIума а йохьуьйтуш.
Мацца а тIекхайкхина хIара гIаларчу Iедало.
–  Схьагайтал хьайн бакъо, – аьлла. – Ахь бечу балха тIехь Iедална хуьлу са а йийцал.
Шегахь цхьа а бакъо ца хиларе терра, хIокхо ма-дарра дIадийцина шегара хьал. Бан болх боцуш висча, доьзална дан амал ца хилла, лулахочуьнгара лург хIоаш а даьхна ша гIала базар вар, царах ах ялйоккхучарна дIадала а дезна, декхар дIадала а хIума йоцуш висар а.
– ТIаккха, гIаддайна, дагадеана дара суна кешнашкахь ял яккха. Стаг дIавуллучаьргахь ахча а хуьлу, веллачунна тIера сагIа а хир ду. Бухабисинчарна цхьана туьманах хила зие дац, суна, сан доьзална а и доккха гIуллакх ду.
Цо дуьйцучун дика ойла а йина, керла хIоттийначу визира аьлла:
– Ахь дагалаьцнарг, беллачарна баккъал а мелехь, бисинчарна зене доцуш, ял йоккхучунна санехь гIуллакх ду. Амма и санна долчунна тIехь Iедал, паччахь а вицван мегар дац. Вай хьо балха дIаязвийр ву. Кара бакъо а лур ю. Айхьа хIинццалц ма-яккхара ял йоккхур ю ахь, амма жайни тIе дIа а яздеш, чот а лелош. ХIокхул тIаьхьа хьо Iедалан векал ву. Ас цигахь цIа а дойтур ду хьуна. Хьада, хьайн болх бен кхидIа а.

2

Совета Iедалан шерашкахь, массо хIума а юкъара, маьхза а долчу хенахь, забаре хетта и дийцар, цхьа хан яьлча дицделлера суна.
Кхеттал хилчахьана суна гонаха гиначу дахарна хийра дара и. Я ХХ-чу бIешеран адамийн гIиллакхашца догIуш а ца хетара. Телевизор чохь бен гина а йоцу капитализм а шен сирлачу басаршкахь гора суна. Америкехь, Европехь а, масала, балхахь воцчу стага а оьцу хене валлал ахча. Маьхза столовеш а ю цигахь.
Iуьрг даьллачул тIаьхьа хIорда кемана хи санна, дерриг а кеггадеш, массо хIума а шен тулгIешца хьулдеш, чуяьржира социализман лагерехь акха капитализм. Пачхьалкхан ду мел бохург йоццачу хенахь дохийра, дола даьккхира. Цхьа кIезиг болу нах буза а буьзна, хьер бевлла, шен ден тIехаа вир цахилларг а, «Мерседесах» бен ца вешаш. Дисинчу адаман дуккха а шерашкахь, атталгIа алапа ца луш, садукъдира.
Россехь, кхечахьчул а Нохчийчохь, уггар ирча хан еара.
Нохчийчоь дIакъаьстина ю бохуш (официально чIагIдеш дацахь а), Россин массо областехь, гIалахь а, хIинццалц элий санна Iийна нохчий хьийзабора.
Дехьа-сехьа доккхучу товарана тIера, мел кIезга хиларх, массо кехат доллушехь, гIаролхоша, шайна хIума ца елча, дуьхьалонаш йора. Товар схьа а доккхура, чу а вуллура. Халла, нахера юхалург ахча а даьккхина, дIадолийна гIуллакх кIел ца дита, доьххург дIалора.
Дийно-дийно дала дезарш дукха баьржинера. Iедал шайн хьашташца бала болуш доцу дела, инфляци бахьанехь а, алапах хIумма а ца йогIура. Церан хьашташ даккхий хиллера.
Iедало чин, дарж, герз а делла, алапа ца луш латтош волу стаг юкъараллина кхераме ву. Низам лардан Iалашо йолуш кхоьллинчу структураша, бакъо шайгахь хиларе терра, шаьш талхадо и. Оьрсийчул а хала дара нохчийн Iедал. Ша бахьанехь Россехь нехан гIуллакхаш дохийна ца Iаш (кхеран хьекъале йоцу политика бахьанехь, божарий лела а ца битина, зударий бара меха лелаш, доьзалш кхаба арабевлла а), нохчийн Iедало шен чохь а гIаддайинера адаман.
– Хин меттана дашо кранаш чура шура муьйлуш Iийр ду вай, – бохуш тIедеанчу Iедалехь, нах базарахь (нохчашна юкъахь цкъа а ца хилларг!) хи дохка буьйлира, бепиг эца сом мукъане а хир дац-те, бохуш.
Базар, Iедало меттиг къастийна я тIебогIу некъ тобина,  стол йиллина, тIехула тхов бина яцара. ТIом дIабаьллачул тIаьхьа, оьрсийн ракеташа, снарядаша а атаза йисинчух цхьа гIетакх дан гIерташ, наха шаьш меттиг цIанйой, шайна стоьлаш йохьий, шиферан аьхкех, телатах а тхевнаш бой, ша-шаха вовшахкхеттачу базарахь, Iедало цхьаъ директор а хаавой, цунна гонаха ха а хIоттадой, церан кара герз лой, нах хьийзабора, ял яккха гIерташ.
Дехьа-сехьара мехкашкара, кхечахьара а тIебогIучера-м цхьа а бакъо яцара. Цаьргара некъахь дуьхьал буьйлуш, буьйсана тIехIуьттуш, стоьлаш херцош, кхерамца а ахча доккхура.
Шен махкахь, шен юьртахь ву ша. Цхьанне а ял яла декхар вац. Iедало шена дина хIума дац, олуш нохчи ваьлча, цунна автоматийн маккъаш деттара.
Россица ца ийгIинехь шаьш дуккха а дика Iийр дарий, шаьш Iехош дуй, пачхьалкх ян гIерташ, цуьнца бала болуш цхьа а воций хуучу нехан, хIара Iедал бахьанехь, я арахула лела маьрша воцуш, я чохь Iе паргIато а ца луш, массо агIор дог этIара. Кхин яккхий санаш яцара мах лелабарх хуьлуш а. Ца валлал, цигонаш санна, сагIа доьхуш ца лелархьама а.
Мах беш я цхьа а бизнес лелош воцчу сан, наха лелош дерг гуш, кхоллаеллера дийцаран сюжет. ГIаддайна, нахера юхалург хIоаш а даьхна, чохь яа сискал хир яцара-те аьлла, араваьлла волу иза, ял яла езарш дукха а хилла, хIоэх дIадала а ахча вовшах ца кхеташ висча, кешнашкахь меттигаш йохка охьахаарх лаьцна.
Дукха книгаш ешарна делахь а, я таханлерчу дахарх чIогIа тера хиллехь а, суна аьттехьа а дагахь дацара, и туркойн яздархочун дийцар ду сан иэсехь меттахъхьуьйш, бохург.
Цундела теша со, цхьана поэта буьйсана «Я помню чудное мгновенье…» язйина хилла бохучу анекдотах. Шен стихотворенех воккхавуьйш, наб ца кхеташ дукха Iийна иза. Iуьйрана самаваьлча дагавеана цунна Пушкин.
Базарахь, ял яьккхина ца Iаш, вокзалехь охьахуу меттиг, атталгIа урамашкара хьаштагIанаш а мехах ю. ХIинца а цкъа хIаваъ маьхза ду вайн. Я и дIакъовла агIо ца караяхь а, я и дан ца хIиттахь а.
Мацах кертарчу дитташна, зIакардаьхнина а тIера санна, шайна дагадагIахь, цунах а ял йоккхур ю-кх цара.
«Ванах, лелоза дисина хIума дац. Баккъал, кешнашкахь латта ца духкуш ма дика Iа хIара нах?» – ойлайо ас.
Бусалба Iедал, нохчийн гIиллакх а хьехадо кху юккъехула, забаренна дина гуш маьждиг а доцуш!

1999


Рецензии