Дневник. 2001

НОХЧИЙН КУЛЬТУРА

1

Шаьш халкъан дай хеташ болу нах бу тахана халкъана бале бевлларш. Дехьа агIор, сехьа агIор.
Цхьаболчарна оьрсий боцуш шайн дахаран маьIна ца го, вуьйш – пачхьалкх йо шаьш бохуш, йохийна бевли.
Уьш, вуьйш а оьрсийн хьадалчаш, агенташ а бу. Цхьаберш буй хууш, вуьйш – къайлаха.
1991 шарахь, Дудаев Iедале вогIучу хенахь, нохчийн пачхьалкх йолуш яра. Ларйичахьана. Дан дезарг хIун дара? Оьрсийн маттера нохчийн матте дерзар. Берийн бешара, школашкара а дуьйна лаккхарчу заведенешна, Iедалан структурашна а тIекхаччалц. ХIокху итт шарахь оцу тIехь Iаламат баккхий кхиамаш баьхна а хир бара. Амма царна езарг пачхьалкх яцара, пачхьалкхан коьртехь шаьш дара. Вукхарна а (хIинццалц шаьш нохчийн элита, нохчийн культуран векалш лерина болу) езарг Нохчийчоь яцара. Нохчийчоь бахьанехь шайна хила тарло, я шаьш сатуьйсу материальни пайданаш, даржаш ду. (Масийттаза тидам бина ас, нохчийн Iедалх лаьцна диканиг яздийр ду ас, аьлла, охьахиъча а, куьйго ша-шаха царах лаьцна вониг яздина карадо суна.)
Со хьалха ца кхетара, Бунинан дневникаш тIехь, цо шен заманан политикех, большевикех а лаьцна луьйш яздинчух. Паччахьан Iедал дохош доккха идейни дакъа лаьцнехь а, амма тоьллачу большевикашна совваьлла махках вала дезна, ша санна балехь волу Л. Троцкий, советски агенташа коьртаха хIума а тоьхна вийначул тIаьхьа, ала довха дешнаш-м муххале а ца карадора цунна, Дала гечдойла аьлла а, амма ша къинтIера а ца волу и: «Корта а бохийна карийна къена жIаьла. Валар а жIаьлийн санна хили цуьнан».
Шовзткъа шаре валлалц шен хилла дуьне, гIиллакх, оьздангалла, цIа-кхерч а – дерриг а хьаьшна, сий дайина, дохийна, дагийна дIадаьккхинчу стеган кхин хIун ойла, хIун къинхетам хир бу цу нахе?
Цундела, къанваллац ваьхча а, Советски Росси кхин юхаван ца витина иза даго, А. Куприн, А. Толстой санна. Дог-ойла, бух, схьавалар а элех долчу стагана мел хала ду шен махкахь, шен халкъа тIехь Iедал лайн кара а дахана, ша Даймахках валар лан. Мел доккха похIма хиларх, и дагана Iеткъаш, дуккха а ханна яз ца луш вуьсу стаг. «Стихаш ца язло буьйса…» ХIинца суна сайна а тIедеъна иза. ЦIийца эла, кхолламца яздархо волу со, цIийнах, цIарах, махках ваьлла, доьзал хене баккха гIерташ, буро тохарехь болх беш ву. Ткъе итт сов шарахь мехкадаьттан республикехь Iаш, цхьа километр вышкина юххе вахана а воцу. Ткъа шайн цIийца лай, кхоллам – адамаш хIаллакдар болу инарлаш, президенташ а книгаш язъеш Iаш бу. Суна гергахь цхьаъ бу дехьарнаш, сехьарнаш а. Нехан къилара бевр бац. Къайлахчу режиссерийн карахь театран тайнигаш.
ТIамехь уггар хьалха тIеман дай бойуш белахьара, тIом баккхале ойла йийр яра муьлхха а куьйгалхочо. Ара воьдуш а, ларвеш дийнна эскар долуш, тIамна шен доьзал гена а баьккхина, атта ду нах вовшашна тIетийса.

2

Дуьненан керлачу исторехь Даймахках вала дезна муьлхха а яздархо нохчийн яздархочул ирсе ву. Уьш доккхачу къоман векалш бу. Церан мотт, церан йоза девзаш ду кхечарна а. Церан книгашка сатуьйсуш бу. Уьш тIелоцуш пачхьалкхаш, тобанаш, нах, спонсорш а карабо. Кхин хIумма ца хилча а, шаьш яздечуьнца сом даккха агIо хилла церан.
Нохчийн яздархо хьанна оьшу? Нохчийн мотт хууш мила ву? Ахь яздечуьнца я яздан тарлучуьнца бала хьенан бу? АтталгIа шайн нохчийн а.
Вехаш верг, жимма а хьал дерг: «Деллахь со вуй ма хаахьара», – бохуш, шена веха. Жимма а шегара нахана, цхьана доьзална я цхьана стагана гIо дечу меттана, нохчех лаьцна денна кхуллуш болу пуьташ дIахьокхуш книгаш язйойтучу меттана, и ахча дукха дезарна, дуьненан синкъерамна тIаьхьаваьлла, и даьхни а има-беркат доцуш дов. Я Iедало цIанво, я харц махинацешна юкъа а озавой, жуьгтийн карадохуьйту.
Цу дерригенах а кхета, тахана цкъа хьекъал дац вайнехан.

3

ХIаъ, тахана со холчахь ву.
Дерригенах а хаьдда, халкъана, махкана а пайденна хIумма а дан йиш йоцуш, дог Iийжа.
Йижаршна, вежаршна, церан доьзалшна а дан гIо цахилар Iеткъа.
Кху тIамах лаьцна сайна хетарг дIаала, яздан а таро цахилар новкъа ду.
Карахь сом цахилар.
Аристотельс ма-аллара, хьолада хийрачу махкахь а цIахь ву, мисканиг гергарчарна а хийра ву.
Авантюристаш, кхахьпанаш, предательш, агенташ а Нохчийчохь хьаькамаш а болуш, со махках а ваьлла Iаьржа болх беш хиларна дог этIа. Физически хуьлучу ницкъал а хала бу морально хуьлу эшам.
Дуьхьало а йоцуш оьрсийн эскарш дукхаха йолчу ярташкахь чудиттиншехь, адамна тIехь латтош йолу геноцид, хIора денна хIаллакбеш болу нохчийн къонахий, кегийрахой.
Шераш дIадоьлхуш хилар. Дина юьстаха даьлла хIума а доцуш, къанлуш хилар.
Бусалба, керста а халкъашна юкъа туьйсу питанаш.
Гуш лаьтташехь нахана сионистийн хIилланаш ца довзар.
Хьайна луу книга язъян, язйинарг арахеца а аьтто цахилар.
Нохчийчоь оьрсийн эскархойн кIожа кIелахь хилар. Нохчийн къоман барт цахилар...

4

Гитлер, фашисташ а коьрте баьхкинчу хенахь, уьш даго къобал ца биначех цхьаъ ву Томас Манн.
Кхиболу немцойн яздархой, Iилманчаш санна, Америке эмиграце вахана иза, ша да мел волу хIума а дитина.
Бакъдолу немцой шаьш ду, шайна реза боцурш бац, шаьш цIена немцой, арийцаш ду бохучу фашисташна лерина ду цуьнан: «Немцойн культура со волччохь ю», – боху дешнаш.
«Ма чIогIа шех бIобулуш стаг хила веза иштта ала», – хетара суна хьалха.
ХIинца со кхета цунах.
Истори Iамаярх, книгаш ешарх а еллалуш яц цхьайолу къайленаш. Шена ган дезарг, адамо ша лан дезарг а ду.
Шаьш нохчийн халкъан дай, элита лоручу нахана а (царах нах ала тарлахь!) моьтту, шаьш бакъдолу, цIена нохчий ду. Нохчийн культура шайгахь ю моьтту царна.
Цуруев Шарипа аьлла дагадогIу суна:
– ДIаладоьгIча, кху гIалахь нохчийн культура, Iилма, искусство, литература а кхиош дерш вай ду-кх, тайп-тайпанчу ярташкара схьа а даьхкина.
Цул сов, мел парадокс елахь а, мостагIчух и гIала ларйийриш а бара берриш а юьртара схьабаьхкина, цу гIалахь цкъа а Iийна боцу, районаш, некъаш, урамаш ца девзаш болу, я цу гIалара питана, зулам бен, кхин дика болх гина а боцу.
«Нохчийчоь шиъ ма ю», – бохуш стихотворени ю-кх Шарипан.
Цхьаъ – ша йолуш ерг, важа – шен даг чохь ерг а.

ХIумма а дац, хIумма а дац,
Нохчийчоь шиъ ма ю.
Нохчийчоь шиъ ма ю -
Цхьаъ ю ша йолуш ерг,
Важа - сан даг чохь ерг.
ХIумма а дац, хIумма а дац
Цу шинна юккъехь а
Башхалла елахь а -
И мухха делахь а,
И ший а цхьаъ ма ю:
Гонах ерг - Нохчийчоь,
Даг чохь ерг - Нохчийчоь.
И мухха делахь а,
И ший а сан ма ю.
Со мухха велахь а,
Шиннен а со ма ву.
ХIумма а дац, хIумма а дац
Со валарх, висарх а,
Со саннарш дуккха бу,
Нохчийчоь цхьаъ бен яц.
Со велча, соьцанна
Нохчийчоь цхьаъ бен лац.

"Со велча, соьцанна Нохчийчоь цхьаъ бен лац".
И цхьаъ оьрсийн эскарша дIалаьцна, садукъийна ю тахана. Шаьш нохчийн «халкъан дай» хетачара даржаш къуьйсуш лаьтташ. Важа – сан даг чохь ерг ю.
Гушдолу дакъа, цкъачунна, мостагIчо дIалаьцнехь а, шолгIаниг, со вийча а, цхьаммо дIайоккхур яц. И миллион ю. Сан санна хIора а нохчийчун даг чохь.
Немцойн тIом уггар марсабаьллачу хенахь а, наха фашистех къастош хилла немцойн къам. Немцой, церан культура а – и Гитлер, Гимлер, Мюллер, кхиболу СС-совцаш бац.
Немцой, церан культура а нехан дегнашкахь Гетен, Шиллеран, Гегельн, Фейербахан, Энгельсан, Либкнехтан, Моцартан а цIерашца йоьзна ю.
Амма тахана оьрсийн тIеман пропагандо зуламхойх ца къастадо нохчийн къам. Цу шиннах синоним йина. Нохчи бохург – талорхо, обарг, бандит, террорист маьIна долуш ду.
Бакъдолу цIена нохчий шаьш ду моьттуш бу Iедал къуьйсурш а.
Амма тIаьхьенна гергахь нохчий бохург церан могIарера нах хир бац. Уьш шаьш кхоьллинчу заманца бовр бу. Цаьрца, уьш болчохь а яц нохчийн культура.
Таханлера нохчийн культура – хьоладай, инарлаш, министраш, президенташ а болчохь яц. Нохчийн культура – яздархой, лоьраш, художникаш, композиторш, поэташ, Iилманчаш, ахархой, миска нохчийн халкъ долчохь ю.
Томас Маннан тIаьххье ала йиш ю сан а: нохчийн культура со волччохь ю.


Рецензии