Даржехь волу нохчи

Нохчочунна шен дарже хьаьжжина хьекъал долуш хета ша.
Дарже хьаьжжина хуьлуш дац хьекъал. Я хьекъале хьаьжжина дарж а.


Рецензии
Маршалла ду хьоьга,Сайд-Хьасан.
Хьан дуккха а дийцарш,эссеш "Орга", "Вайнах" журналашкахь а дешнера ас,хьан книгаш ара ца йовлуш хала а хетара.
Х1окху интернетан дикачу аг1онех ду кху чохь дуккхачу а нохчийн яздархойн мехала ,дешархошна д1акхачаза йолу произведенеш зорбане яха а ,уьш еша а таро хилийтарх..
Йоккхае нохчийн маттахь яздан аьтто болуш а.
Дала баккхийн кхиамаш а,хьан кхолларллех кхета дешархой а лойла хьуна.Т1аьхье беркате а хуьлда!
Лерамца

Петимат Абубакарова   07.11.2011 20:37     Заявить о нарушении
Марша йог1ийла хьо а, П1ет1амат.
Ц1ена дог-ойла йолчу нахана интернет боккха аьтто белахь а, цхьаболчарна ч1ог1а новкъа ю хьуна х1ара. Дерриг а шайн карахь латто йиш йоцуш. Шайн ц1ераш бен кху чохь цхьа а стаг вуьтур вацара цара...
Дуьххьара хьан кхолларалла евзачу хенахь а шена т1е тидам бохуьйтуш яра. Хазахета дахаран халонашна к1ел ца соцуш, хьо хьайн некъа схьайог1уш.
Дала аьтто бойла хьан.
Ларамца,

Саид-Хасан Кацаев   08.11.2011 00:20   Заявить о нарушении