Iалмирза Медигов. Бодашкара - Серлоне...
Кхун тIаьхьарчу заманашкахь а, хийцадалар доцуш, схьадогIуш ду и мехала ламаст. ХIора а замано кхуллу яздархочунна дика я вуон тема, иза юьззина гайтарехь, схьаястарехь оьшуш болу лехамаш а. Доллу хIума исбаьхьаллин дашца дешархочун синкхетаме дилла а, кхачо а хаарехь уггар хьалха яздархо мелла а дика исбаьхьаллин дешан говзалла лакхара йолуш, оцу лехаман, оцу агIонан охIла хилар оьшу. Оцу кепара яздина дош бен кхочур дац билгалйинчу Iалашоне.
И тайпа лехамаш, бакъенаш евзаш, ша къоначу яздархойн могIарера лара вогIуш велахь а, говза яздархо ву Кацаев Сайд-Хьасан. ХХ-чу бIешеран 80-чу шерийн шолгIачу эхехь веара иза вайн литературе. Оцу шерашкахь зорбанехь гучудийла доладелира яздархочун хьалхара дийцарш, очеркаш, ткъа иштта кхечу жанрехь язйина произведенеш а. Яздархочун хьалхара произведенеш зорбанеяха йолийра : "Ленинан некъ" (хIинца "Даймохк"), "Коммунизман байракх" (хIинца "Зама"), "Васт" цIераш йолчу газетийн агIонашкахь а, ткъа иштта "Орга", "Вайнах", "Лам" цIераш йолчу журналашкахь а, коллективни гуларшкахь а.
Цул сов, билгалдаккха догIу 90-чу шерийн шолгIачу эхехь я ма-дарра аьлча, 1997-гIий, 1998-гIий шерашкахь "Iаьнан суьйре", "Яздархочун школа" - иштта цIераш йолуш яздархочун Кацаевн ши книга зорбане яьлла хилар а. Уьш хьалхара гIулчаш лара мегар ду. ВорхI-бархI шо хьалхалера хилам бу и.
Цу книгийн мах тайп-тайпана хадабора наха. Нохчийн маттахь иштта яздан ца деза аьлла хетарш бара. Нохчийн литературе къегина яздархо веана олурш а бара. Мухха делахь а, и книгаш ешча, биен ца хеташ ца вуьсура дешархо. И дара коьртаниг. Дийцаран техникин агIор дерриш а дика яздина дийцарш дара уьш. Вайн литература кхиарехь керла гIулч. Дешархошна къаьсттина дика хеттачех дара: «Кура Закри», «Конкурс», «Яздархочун школа», «Кехат» цIе йолу дийцарш, «Баиев Iусманах лаьцна» очерк, цхьайолу миниатюраш а. Сайд-Хьасанан хьалхарчу шина книго гайтира, иза тайп-тайпана жанрашкахь (миниатюра, дийцар, очерк, публицистикин, Iилман а статьяш) тIе кхаччалц цхьатерра болх балуш хилар.
Амма кху къамелехь дийца луург, дийца догIург а яздархочун кхоллараллехь хилла керла кхиам бу.
2004-чу шеран чаккхенехь зорбанера араяьлла яздархочун керлачех кхин а ши книга: "Бодашкахь" (оьрсийн маттахь), "Молла-Эсартах лаьцна дийцарш" а. Яздархочо дуккха а шерашкахь бина болх бу и.
Хьалха дош ала лаьа "Бодашкахь" цIе йолчу книгех лаьцна. Оцу книгин чулацамехь зорбатоьхна ду яздархочун керла дийцарш а, ткъа иштта кхечу авторша-журналисташа, яздархоша тайп-тайпанчу хенашкахь язйина йолу рецензеш а. Церан цIерш хIара къамел дерзош йовзуьйтур ю ас.
Яздархочо Кацаевс дешархочунна йовзийта лерина тема генарчу хиламийн хьокъехь яц. ХIинца а кху вайн махкахь хаалучу тIеман хьолах, кху шина а тIамо адамийн Iер-дахаре кхачийначу бохамех дуьйцуш ю.
Аьр вай, масала, "Машар" цIе йолу дийцаран чулацамах. Дийцаран юьхь йолош, бIаьргашна хьалха хIутту маьршачу дахаран сурт. Сацар доцуш, кIадвалар дицделла, буьрка "эккхийна" лелаш ву жима кIант Салман. Дийцар деша волалучунна хетало кхо шо бен доцу Салман сел шовкъе, самукъадаьлла идар машаречу хенахь нисделла. ХIахIа, герзийн татанаш севцца, тийналла хIоьттинчу миноташкахь кхоллаелла сурт ду и. И могIанаш доьшуш сапаргIат хилла ца Iело. Къаьсттина тIеIаткъам бийриг ду: дерриг а исс шо кхаьчначу йоьIан (Салманан йишин) бIаьргашна гуш, кхетамо схьалоцуш а ма-хиллара довзийтар.
Нохчийн доьзал, кхерч, хIусам ю дийцарехь йовзуьйтург. Юург еш пеша хьалха хьийза доьзалан нана. Йовхоно цIиййина ненан беснеш, уьйтIахь дечиг доккхуш хьийза доьзалан да. Нанна оьшучуьнца кхачоеш, гIоьнна улле яьлла хьийза Машар а. Церан васташ толлуш шера хаало иза бертахь а, цIенна нохчийн доьзал а, нохчийн хIусам а хилар. Маьршачу а, машаречу а дахаран мах, чам бевзаш, цхьана наха кху махка беанчу тIамо цIийнах а баьхна, лаамаза нохчийн цхьана юьртахь ханна дIатарбелла доьзал иза хиларх кхета "Машар" цIе йолу дийцар доьшуш. ХIинца а иэсехь ширдалаза дисина тIеман сурт карладоккху оцу дийцаро. Масала, юург яа охьаховшу доьзал, амма оццу миноташкахь малхбузехьара чухахкаделлачу шина кемано буьрсачу гIовгIанца Iадийна, кхерамечу хьоле доккху доьзалан а, ерриг юьртан а дахар. Цхьадика, цхьа а тайпа юьрта чу герз тохар доцуш, къайладолу ший а кема а. Нохчийчохь шолгIа хиллачу тIеман юхь ю и. Маьршачу нахана оьшуш боцуш, лоьхуш боцуш я цаьрга хаьттина а доцуш, тIебогIуш хилар.
Кхиар паргIат долуш хIоттийна ду дийцаран хIора а сурт. ТIеман хьоло кхин а чIогIа кхерам тесна, хIоьттинчу хьоло доьзал Iожаллин "багара" баккхар тIедожадо доьзалан дена-нанна. ТIеттIа герга кхочучу кхерамо кхечу кепара некъ лахарна маьрша я шен лаамехь къастам бан аьтто ца бо. Дуккха а адамехь адамаллех кIеззиг хIума дуьсу тIеман хенахь. Дуккха а къиза талораш, зуламаш хила тарлуш денош ду яздархочо цу дийцарехь довзийтинарш.
Луларчу ДегIастане кхелха доьзал ханна. Кхин некъ бац царна изза бен. Къастаран халоно хьере дина доьзалан да-нана, амма тIехIоьттинчу киртиго сихояр лоьху. Дийцаран чулацамехь шера хаало иманехь, дена-нанна муьтIахь доьзал а иза хилар, ткъа да-нана а ду оьзда амалш йолуш, гIиллакхе ши адам.
ХIаъ, юьхьанца кхечухьа кхалхарехь барт ца хуьлу доьзалан де, ненан а. ХIораммо а тайп-тайпана хадабо хила тарлучун мах. Амма хьолах кхеташ-м ший а ду, делахь а доьзалан да юьртара хьал дикачу агIор хийцадаллац цIахь, юьртахь Iен лууш ву, ткъа доьзалан нанас и къобал ца до. Цунна лаац доьзалан да кхерамечу хьолана гергахьа вита. Аьлларг тIечIагIдеш могIанаш ду яздархочо далийна:
- Хьо велча, ас хІун до кху дуьненах?
- Хьо яц ас юьйцург! Бераш ду…
- Бераш а боху ас-м. Хьуна цхьаъ хилахь, сан царна дан хІума дац. Сайн бераш нехан бІаьра гІийла хьежа ца лаьа суна…
ГIуллакх сихонца къасто дезаш, кханеш яхка тарлуш доцуш хьал ду хIоьттинарг. ТIамана кIел йоьдуш йолчу юьртан кхоллам къастталц, юьртах вала ца лаьа къонахчунна, амма шен доьзал цу кхерамна кIел бита а ца лаьа. Юьрто дийриг дийр ду ша, боху цо. Доьзал луларчу республике (ДегIастана) хьажабо цо.
Дийцаран кульминаци ю ала мегар ду - тIехахкаделла вертолеташ долуш, зударий, бераш довдийна дозане кхача гIерта меттиг. Кхара лаьцна водитель, кхин схьаван а ца ваьхьна, геннахь сецна. Зударий, бераш доьлху, Деле кхойкху. Даккхий тIоьрмигаш ду Машаран ден карахь. Яьсси тIай тIехь къаьста доза. Цул дехьа маршо, паргIато ю. Лулахойн йоьIан куьг лаьцна йогIу Машар, дукха кхераяларна настаршкахь гIора дIа а даьлла, охьакхета. ТIоьрмигаш охьа а кхийсина юхаведда Машаран дас катухий караоьцу... лулахойн йоI. Цул тIахьа шениг а. Дагана хорам хуьлий, бIаьргех хи даланза ца вуьсу и доьшуш.
И доьхна сурт гуш болу луларчу республикан дозанехь лаьтта милцой, дакъевлинчу дозанал сехьа а буьйлуш, ша-ша теуьду царна. Циггахь карладолу къаьмнашна юкъахь дика а, къинхетаме дегнаш долуш а адамаш хилар.
ТIом… Тахана шуьйра яьржина тема ю иза. Халкъана гина цу тIеман ирча сурт, лайна къахьо, акха ницкъ. Кху тIеман хьокъехь тайп-тайпана дуьйцу, яздо, амма билггал долу бахьана цкъачунна хьуламехь дуьсу. Цуьнан а шен зама а, де а хир ду. Вайн декхар ду хилларг иэсехь латто, тIекхуьучу тIаьхьенна цу бохамах дерг дийца а, яздан а. Иза истори ю. Дера ю. Яздархоша цунах лаьцна яздар оьшуш ду хиндолчун дуьхьа. Хьуламаш ца лелош, цу тIе бух а болуш хила деза оцу темина яздийриг. Таханчул чIогIа, шатайпа хадор бу тIаьхьено оцу темина язйинчу произведенийн мах. Иза даима мехала тема а хилла юьссур ю къоман исторехь.
"Машар" цIе йолу дийцаран турпалхой шеггара кхоьллина боцуш, билггал хилла бу. Ницкъ ма-кхоччу бохамах хьалхабовла гIерташ хиллачу доьзалан кхоллам оцу кепара нисбелла хилар гучудолу дийцаран эпилогехь. Къаьмнашлахь къинхетаме адамаш хилар гайтаро дог тешадо халкъийн даима а цхьабарт хирг хиларх, доттагIаллин уьйраш чIагIлург хиларх а, дахаро ха хорцург хиларх а.
КхидIа а оццу темина яздинчух лаьцна ала догIуш нисло. РогIерчу дийцаран цIе "Теш" ю. Цу дийцаран чулацамехь хуьлучу кхиамийн кхиар сиха ду ала тарло. Къизалла, бехкбоцчу адамана тIехIоьттина бохаме киртиг… Генара я ширалле лестина хан яц яздархочо оцу дийцарехь йовзуьйтург а. Оцу дийцаран чулацам толлучу миноташкахь шашах коьрте хьаьвза М. Шолоховн «Адаман кхоллам» цIе йолу дийцар. Иштта кху тIеман хрестоматийни лара йиш долуш ду «Теш» дийцар а.
Яздархочун кхоллараллин хатI кхиоран рогIера тIегIа хетало "Теш" дийцар доьшуш. Дац цу тIехь дестош далийна, цхьаьнгара хезна аьлла, дешархочун кхетам шеконе буьллуш яздина дош. Яздархочун къамелахо ша а ву оцу бохаман хало гина, дахаре юхавирзинарг. ХIета, хилла бохам хьанна бицлур бу? Иза оцу бохамашна коьрта теш ма ву.
ХIара тIом шозлагIа а вайн махка кхочучу деношкахь хилла хьал девзаш ду. Некъашца хIиттийначу блокпосташкахь кхоллалуш а, цигара юьхь йолош а дара хIора а зулам. Дийцаран турпалхо политик я тIемало а вац. Доларчу машенахь базара ваханчура цIа вогIуш маьрша вахархо а, машаречу хенахь школехь хьехархочун болх беш а хилла, могIарера стаг ву. Вайн Республикехь конституционни къепе "хIотто" баьхкинчу салташа лаьцна, ца догIу таIзарш лайна ву дийцаран турпалхо, хиллачун теш.
Беха некъ бу Iожаллин "буйнара" ваьлла, юха а шен маьршачу хIусаме верза аьтто хиллачу турпалхочо бинарг. Дахарний, Iожаллиний юкъаметтехь лаьттина, дахаран чам кхин а дика бевзина махкахо ву иза.
Яздархочо хIора а сурт хIоттош, говза гайтина "бехкечун" хIора а гIулч, амал, гайтина цуьнан собар, кхетам. Дийцар доьшуш, дешархо саготта хуьлу оцу къизаллин тIаьхье муха йоьрзу те боху ойла кхоллаяларна. Гуш ду дийцаран турпалхо тIаьххьара дахаре болчу некъан юьхь юхайолош иза дихкина куьйгаш, бIаьргаш долуш, евзаш йоцчу цхьана аренга, чохь садоцу хIума санна охьакхоьссина хилар. Ша Iуьллу меттиг евзаш цахиларо доьналлех ваьккхина вац иза, я хиллачунна бIаьрхишца леткъамаш гайтар дац. Иза майрра къовсавелла бохамна, харцонна, зуламна дуьхьал. КIеззиг далийтинчу гIалато а хадо тарло дахар. Иза ша а цу хьолах кхеташ хилар гуш ду. Герга кхачайоьллачу колоннин "ковранах" бIаьрг кхетча цо сацадо дихкина ши куьг схьадаста гIерташ лелош долу "пхьола". ТIаьххьара оцу кхетамо воккху иза дийнависаран новкъа. Амма тIехIоьттина "верас" лууш вац хIара Iуьллу меттиг цIарца йовзийта. Акха амал йолчу эпсаро жоп ца ло меттиг йовзийтар доьхуш динчу хаттарна. Делахь а, вайн турпалхо кхеташ ву ша Ханкала олучу меттигна тIех нацкъар воцуш, дикка гергахьа хиларх. Цу хьесапо гIалатвалар доцуш цIехьа болчу новкъа воккху иза. КхидIа а оцу дийцарехь довзуьйту коьртачу турпалхочо, шайн юьртахь ехачу лоьран хIусамехь хиллачу бохамах а. Иза билггал хилла бохам бу. Доьзалан нана шаьш лелийначу зуламна дуьхье кхиайоьлча, буьйсанан бодашкахь баьхкинчу салташа (я эпсарша) тIепаза йойу. Байлахь дисинчу пхеа беран нана иза хилар "ца хаьа" къепе "хIотто" баьхкинчарна. Цхьалхачу духарца цIера дIаюьгу доьзалан нана...
Яздархочун шен тIаьххьарчу дийцаршкахь йовзуьйтург къоман истори ю. Оцу бохамаша йитац коьртера ойла ма-хетта маьрша. Иза бохам бу, иза истори ю. Нагахь иза шен хеннахь дIаязйина хилахь, тIекхуьучу тIаьхьенна оьшшучу барамахь евзар ю ХХ-чу бIешеран шина а муьрехь хилла, кхоллаелла истори.
Яханчу исторех лаьцна яздан пурба ло Iедало, 50 шо даьлча. Дуккха а яздархоша кхиамаш а боху цу тIехь. Бакъо елча, цIера дахарх лаьцна а яздо. И а оьшуш ду вайна. Амма ша вехачу заман харцонах, ямартлонах а лаьцна яздан ондда хьуьнар, доьналла а оьшу яздархочунна.
ХIора произведени кхачам боллуш говза язйина яздархочо. Хиламийн кхиар тIех сихалла йоцуш, юьххьера дуьйна довзуьйтуш, хIора а турпалхочун амал, кхоллам, царех хIора а машаре адам хилар билгалдоккхуш. Уьш гIорасиз ву хIора а оцу зуламна некъбехкарехь, амма тешна ву мацца цкъа бакъо тоьлла де кхочург хиларх.
Оцу турпалхойн цIераш ца хиларо дагадоуьйту, и яздархочо цхьана хIуманна дина олий. Цо гойтург цхьана стеган кхоллам бац. Цуьнан хIора турпалхочун кхолламехь - халкъан кхоллам бу.
Зулам, харцо, халкъана тIехь латтийна йолу, цхьана а заманахь йисина яц къайленехь. Оцу маьIнехь аьлла шен заманахь яздархочо Корнелий Тацита а: "Зеделларг ду, шайгара девлла зуламаш, шайн карарчу Iедалан гIоьнца, тIекхуьучу тIаьхьенах къайладахалур ду моьтту нах кхоччуш телхина хилар".
Оцу хьесапна тIетайна хетало яздархо Кацаев а. Дика дерриге халкъан цIарах дуьйцуш хилар товш ду, ткъа вониг - хIора стеган шен-шен цIарца хила деза.
Шуьйра чулацам болуш ю "80-чу шерашкахь нохчийн проза" цIе йолу статья а. Республикехь дика бевзаш болчу яздархойн (Ахмадовн, Бексултановн, Нунуевн, Эльсановн) кхолларалла талларехь бина тидамаш, талламаш бу статьяхь бийцаре бинарш. ЦIераш яьхначу яздархойн тайп-тайпанчу дийцарийн чулацам а, царна тIехь мехала маьIна хиларца къаьсташ дерш а дустуш, церан мах хадабо Кацаевс. Вайнехан гIиллкх-оьздангалла, кхетош-кхиоран декъехь уьш мехала чулацам (хIора а) болуш хилар юх-юха а билгалдоху статьяхь.
КхидIа а яздархочо йовзуьйту вайн махкахь тIеман хьал хIоттарх йолу шен ойланаш, герггарчу хьесапехь далийна бахьанаш, гIалаташ. И тема къаьсттана тахана мехала лору, Iеткъа хилларш…
"Бодашкахь" цIе йолчу книгин хIора агIо, хIора дийцар (муьлххачу жанрехь яздина хилча а) доьшуш дагчохь тешам кхоллало вайн литературе зеделларг долуш, дешан бакъволу говзанча, исбаьхьаллин дешан бакъе евзаш волу яздархо веана хилар. Цу техь шеко хила оьшуш цахилар чIагIдо Кацаевн кхоллараллин лаккхара мах хадош дош аьллачу яздархоша, Iилманчаша, литературин критикаша а: Айдамиров Абузара, Акаев ВахIида, Нашхоев Мурада, Гайтукаев Казбека кхечара а.
Уьш тайп-тайпанчу хенашкахь язйина елахь а, яздархочун кхоллараллин мах хадош язбина белхаш бу.
Халкъан яздархочо, Iилманчас, литературин критико, могIарера дешархоша а цхьабосса дика мах хадорца дош аьлла Кацаевн "Яздархо, тIом а" эссен хьокъехь. И кхеташ а ду. ХIинццалц схьа нохчийн исторехь Iилманчаша, яздархоша, политикаша а оцу барамехь дош аьлла дац. И къаьсттина мехала ду тIеман хенахь харцоно охьатаIийначу халкъана.
Нохчийн литературехь шен меттиг карийна ала йиш ю Кацаевна. Цуьнан произведенеш йоьшуш шера хаало иза карарчу хенахь кхолладеллачу чолхечу хьолах яздан лууш а, оцу темина яздечу дашна ийзавалар доцуш, юьхьанца дуьйна дешан ираллица къаьсташ хилар. Цуьнан хIора турпалхо дахарний, Iожаллиний юкъаметте нислуш, собаре хиларца оцу бохамах хьалхаволуш я хIаллакьхуьлуш вевза дешархошна.
"Бодашкахь" цIе йолу книгин цIарах дийца кхин а хир дара. Оцу книгин агIонашкара дийцарш, эссе хила оьшучу барамехь язйина, дахарца йозаелла дика кхочушйина а, литературан меттан норманаш ларъеш язйина а ю. Оцу гIуллакхо кхин цкъа а тоьшалла до вайн литературе зеделларг долуш а, исбаьхьаллин дешан дика говзанча а веана хилар. Кху иттех шарахь хиллачу а, хIинца а наггахь нислучу а бохамийн лорах, цунах лаьцна дош алар майрра долуш, харцо, бакъо къовсаеллачу дахаран буьрсачу зерех чекхвуьйлуш вогIу иза дахаран серлоне.
Даима а санна, яздархочун Кацаев Сайд-Хьасанан коьрта "герз" - исбаьхьаллин дош ду. Цуьнан коьрта тема - таханлера дахар ду. Шен заманах, шех а лаьцна дош алар долуш къахьоьгуш а ву.
Книган цIе "Бодашкахь" елахь а, цу тIехь вовшахтоьхнарш дукха цIена, сирла ойланаш кхуллу дийцарш ду. Къам Бодашкара Серлоне дуьгу некъ бу и...
Свидетельство о публикации №211110500984