Сайдмохьмад Касумов. ДоттагIчуьнга

Яздархочуьнга Кацаев Сайд-Хьасане

Суна хьо вевзинчу хIокху шерашкахь хьан къамелийн, ойланийн, лаамийн, хьежамийн, леларийн, гIиллакхийн а тидамаш бина ас.
Дешархо Iехо гIерташ воцуш, литературехь верг ву хьо дахарехь а. Со тешна хьоьх.
Хьан дийцарш, статьяш а маьрша хиларан бахьана хьо сица маьрша хиларехь карийна суна.
Со воккхавоь сайн сина хьал девзаш, сих кхеташ а доттагI караварна.
Дала хьуьнар лойла хьуна нохчийн халкъан дуьхьа кхидIа а къахьега.

Валарна кIелвисча
Къоьжаллин сарахь,
Со хьанна оьшур те
Къаналлин марахь?
Сан ала мел диснарг
Эсаллин дагахь,
Зерхьамма вогIург а
Хир ву, со ца лахь.

«Шен ондда дош эшна
Цу шерийн борзахь», -
Бохуш тIехбуьйлур те
Нах, гуо а тесна?
Я боккъал дог лезна,
Ларвелла кхардарх,
Цхьа къонах вогIур те
Ган лиъна шена?

Ас цунна-м доьллур ду
Дог некхан уьнтIехь,
Чевнаша деринарг
ДIадалхо кхиахь.
Къонахчо-м хIоттор ю
Адмаллин уьйтIе...
Цо муха оьцур дац
Дог, ца леш дисахь.


Рецензии
Даима санна, хьо вовзарах дозалла дойту хьан байташа соьга а, хьо вевзачарга а.
Дош схьадолу хьост комаьрша хиларна, дуьззина хуьлу хьан Сайд-Мохьмад.
Дала сий дойла хьан!
Лерамца Айза

Айза Резванова   29.03.2017 05:43     Заявить о нарушении
На это произведение написаны 2 рецензии, здесь отображается последняя, остальные - в полном списке.