Има. Дийцар
Адаман ц1е дахарехь доккха маь1на долуш хиларх тешна яра Йоккха стаг. Къайллаха са туьйсура цуо,ша тиллина ц1е беркате хиларе,иманехь доьзалхо кхиарал доккха ирс мичахь карадийр ду. Иманехь волчуьнгахь хир ду хьекъал а,собар а,адам хаздеш мел дериг а...
Кхин цхьа а доьзалхо вацара цуьнан цхьаъ бен воцучу к1ентан а, и цхьа йо1 йоцург.Ткъа х1инца и бара беккъа цхьа синкъерам кхеран доьзалехь,берриге сатийсам а…
Йо1 сиха кхиира, цхьа ц1еххьана б1аьстенан юьхь кхулуш лайн бухара гучудаьллачу лайн зезагах терра. Кехатан т1ехь гайта говзалла ца тоъалл хаза дара цуьнан башха аматаш:горгга -ехо юьхь, къоламца говзачу суртдиллархочо тодеш дехкича санна , къоналла чохь лепачу баккхийчу 1аьржачу б1аьргашна т1ехула айделла ши цкъоцкъам. «Йоккхачу мамин х1арг1ан т1емаш санна цкъоцкъамаш а, коканеш санна 1аьржа б1аьргаш болу Има кегийчу наха ч1ог1а къуьйсур йолуш ю,олий , хьостура Денананас иза.
Ян а яра Има лекха, тайна, 18-19 шерийн сарташна т1ера денъелла еъча санна хьалахьаькхна еха месаш а,кхетаме-к1орггера хьажар долуш. Рафаэлан "Сикстински Мадонна" гиначунна атта хир ду цуьнан васт дуьхьалх1отто.
Дукха кегийнах бара Иман езаш.Хьекъал, хазалла говза цхьаьнаийначу цуьнга безам ца баха йиш а яцара.Къаьсстина и езаш вара йо1аца цхьаьна ишколехь дешна Мовлди….
Школа х1инца дашо мидалца чекхъяьккхира йо1а.Школа чекхъяьккхинчулл т1аьхьа хаийтира Мовлдис шен йо1аца йолу безаман ойла...Йо1 реза хилира к1антана а.
Абадел а дахлора дезачу шина шаьшшиъ ца гуш дахана де, ткъа вовшех кхетта йоккху зама б1аьргнехар тоххал хан хетара..Цецвала х1ума дац,1аламан 1адат ду и безаман арахь лелаш а,дехаш а...
Йо1 йолчу сарахьуо кхечира кху дийнахь Мовлди.5 –г1отан ц1еношна аьрру аг1ор яьлла цхьа хаза диттийн беш яра,аьхкенан тов лахъеллера, хьозийн "ц1ирр" хезара бешахь.Хетара , к1ентан даггара хууш санна , дека дерриге а жил-1алам...
Дукха хье ца луш т1ееара Иман, шен доттаг1чуьнца Хедица. Могуш-парг1ат хаьттинчул т1аьхьа юьсттах а хилла ,шаьшшиъ дитира доттаг1чо деза ши адам...
Дукха лаьттира Има Мовлдица цу сарахь,цкъа дог тохалой т1ома долуш,юха т1ам бойна хьоза санна ,и духий,лаьтта дужуш .Бешарчу зарзарийн мукъамехь халла бен ца къаьстира цу шиннан къамел.
-Има, хьо деша стенга яха дагахь ю?-хаьттира цкъа к1анта.
-Университете ,юридически факультете.
-Со вала ца лахь со а хир ву –кх хьоьца ,-забар йира Мовлдис.
-Дера ма ле-кх,-элира Имас , иза боккъал а луьйш волуш санна.
-Дала мукълахь,цхьаьна хир ду вай цигахь ,елаелира Има а.
Нис а делира цара ма-аллара...
Мовлди дикачу ден к1ант вара. 1ер-дахаран хьелаш а вон дацара церан доьзалан.Волчу ден цхьаъ бен вацара Мовлди а.Да Алхаст а цхьаьнхьа дикчу балхахь вара.
Х1етахь, х1инца а санна, деша ваха атта дацара, юридически-м х1етте.Хьекъал ца хилча хала-м дара д1атасавала , делахь цунна улло яьккхина х1онс, я уьйр хила езаш дара.
И аьттонаш массеран а ца хуьлура. Амма Имин, Мовлдин кхолламо нисдича санна хилира юрфаке дешад1ах1иттар а...
Йиший-ваший долуш саннна цхьаьна дог1ура и шиъ.Массарна а евзара церан ц1ена юкъаметтигаш,церан вовшийн ларар .
Йоь1ан-к1ентан ц1ерачарна а хаьара и шиъ дезаш дуйла. И захало хила дезаш санна а хетара шина а аг1орчарна.Массо а аг1ор дохура церан г1иллакхаш: ларам , оьздангалла- лерина хьеший бара шина а ц1ент1ехь.К1ентан нанас захало д1а а хьахийнера йоь1ан нахе.. Делахь а цкъа дешна бовлаллц аьлла сацийнера..
Хийла набарза буьйсанаш оьхура д1а. Дезачу к1ентан-йоь1ан санна яра цу шиннан юкъаметтигаш х1окху кхаа шарахь:дов а долура сих-сиха, юха тан а товра ,цкъа а ийг1ина а ца лелча санна,эмгаралла а кхоллалора .Амма и х1уманаш лелош ца хилча-м цунах Безам а эр дацара.Коьртаниг и шиъ вовшийн даа санна дезаш дара.
Цхьа а дезде т1ех ца туьлуьйтура Мовлдис, йо1ана совг1ат ца деш. Ткъа б1аьста цуо цунна даимна лайнзезалгаш лора ,уьш йо1ах тера хета шена а олуш..Цунна дика хаьара Имина уьш ч1ог1а дукха дезийла…
19 шо кхочуш ,забар а йина , з1е ца тасахь хьо ядарна кхоьру со ,олуш –совг1атна дашо з1е еара к1анта . Иман цкъа дуьхьал хилира совг1ат схьаэца, амма к1ант къар ца велира….
Кхозлаг1а курсехь доьшуш бара уьш. Мовлдин юкъахвала дийзира арме ваха .Йо1ана ч1ог1а хораме делира къаста дезар…
Цу сарахь к1анта т1екхайкхийтича ч1ог1а дог ца дог1уш араелира Иман. Цхьа тамашийна хаам бара цуьнан дегехь..
-Мовлди,ма хьашт доцуш къаьсташ ду-кх вайша, ца вахча ца мега те цу арме , хьо очни-отделени ваккхийтий а цхьаъ дехьа.
-Има, ши шо хан х1ун ю , суна дош ца хета –кх арме ца воьдуш 1ер, , я хьо сох къаста дагахь ю, со д1а а вахийтина…
Тешнабехкбийр хир ма бац ахь суна , йо1 хьовзо дагахь элира …
-Хьо ца кхета сох. Цхьа тамашийна г1ан гира суна. Суна-м и дийца а дер ца лаьа, ирча г1ан дара иза..
Со юьрта яхча Марте дуьйцур ду ас , Йоккхачу Мамас ма хьеххарра. Дош дайъа г1оьртира Йо1.
-Д1аялахь, оцу туьйранех теша хьо. Деллахь дийца х1ун гира хьуна , со вала-м ца велира г1енах?
--Х1ан-х1ан. Цкъа со ле хьалха ,-элира йо1а.
-и тайпа забарш кхин ма елахь, хьо лахь со а велла лара мегар ду хьуна , дег1 –са санна хета-кх суна вайша.Со- дег1, хьо -сан са а долуш,-к1орге дуьйцура Мовлдис…
-Маца новкъа волу хьо?-хаьттира Имас ,цуьнан сацам ч1аг1белла хиларах ша кхетча.
-1уьйранна. Ленинградехь хир волуш дийцина сан г1уллакх , хьайн са ма даахьа , сан сих-сиха ван а йиш хир ю,-элира Мовлдис.
-Деллахь дешна валлалц ц1ахь 1ийр волуш дийцина делара хьан иза…
-Иштта ма алахь. Има, со х1инца ц1а вог1ур ву,.Армехь хилларг Къонах ву олуш дара вайн дайн. Суна ч1ог1а лаьа цу киртигех вала,со теша хьох а…
-Соьга хьоьжур юй хьо?-леррина йоь1а б1аьра вог1авелира к1ант.
-Хьоьжур ю,сайна чохь са мел ду,со дуьненахь яха йисахь …
К1ант цецвелира юха а цуо иштта догтаь1на ша гайтича. Оццул цуо шега йола бахарх ,х1ан-х1а , дешна ца яьлча г1уллакх хир дац,эрна ду баьхна йо1, х1инца ша цунах яьлча лийр йолуш санна къамел деш яра…
Меллаъ дегайовхо лора оцу дешнаша к1антана,безамах тешавора ,делахь а шоллаг1а а цуо и аьлча, ца дезаделира ..
- Има, кхин мегар дац хьуна ахь бегашийна а и дешнаш алахь .
Йо1-м г1айг1ане, цхьа къайле хууш санна елаелира, жовх1арийн-цергийн к1айн мог1а гучу а боккхуш.
Ши-кхо сахьт маь1арго санна сихха д1аелира. Ша д1авоьду аьлла а , к1анта кара х1ума а ца йийхира Имигара. Амма Иман кхин цкъа цецвоккхуш, ша п1елгера схьа а даьккхина мух1ар кховдийра к1анте…
Сахиллаллц наб ца кхийтира , мел наб т1еийзорах, церан ойланаш генахь яра…
Йо1ана карладелира шена гина г1ан. Г1алина т1ехула хьийзачу кеманаша хаддазза т1ееттара бомбанаш,1адаме дара гуонаха, х1ара хьалхара д1ауьдура... Яьлча а, йоьлча а ца йуьтуш, хаддаза кхана т1екхуьссура 1ожаллин х1оънаш-бомбанаш …
Шоллаг1чу 1уьйранна к1ант арме д1авахара …
Декабран беттан т1аьххьара буьйсанаш яра уьш.Арахь дарц,шело,эга лайн чимаш. Кхоьлина стигал. Масех сахьтехь кеманаш т1ехула хьаьвзира Соьлжа-г1алина цу буса, чуэго йолийра бомбанаш. Шина сохьтехь г1ала йоккхур ю аьлла, хьаьвзира Човкаев. Имера доьзал,б1еннаш санна, ц1ийнан ларми чу биссира…
Нийсса оцу ц1ийнан т1е кхиссинера дуккха а бомбанаш. Цунах х1умма а ца дисира...Цхьа а ца висира хьакхоргашна юкъахь дийна: цуьнан Нана а, Да а, цуьнан ирсе дукха дог даьхна Баба а –шаберш цу буса х1аллакхилира,Бакъдуьнене бирзира…
Хьанна моьттура , юьжуш—г1оттуш а меттан мотт оьрсийн бина, г1иллакхаш оьрсийн дика лоьруш, уьш т1еч1аг1дина бехаш хилла Соьлжа-г1алахой иштта къиза Оьрсеха-пачхьалкхан цхьаболчу харцвекалша х1аллакбийр бу аьлла ,бехке верг а, воцург а ца къастош.
Россин-пачхьалкхо дукха шераш дайъинера Нохчийчоь шен дола яккха г1ерташ,дукха шерашкахь къийсам латтийнера цуо Нохчийчоь шен дозанех д1атухуш, х1инца атта д1ахоьцур ю бохург а дацара аьттехьа а.Нохчашна т1ехь къизалла латточу Оьрсехан хьадалчаша ца бахара, шаьш маьрша нах х1аллакбеш ду. «бандформированеш» отуш ду тв-чухула а дуьйцуш, бехк а, гунахь а доцу нах дукха х1аллакбира.Зударий,бераш,баккхийнах...
Ярий ткъа и нийсо?Мичахь бара бакъонан дай?Адамалла хестош яккхийра произведенеш язйийриш а тапъалла севцинера. Дуьненан 1аь а д1атийнера ,шаьш питана даржийна девллачул т1аьхьа.Дицлур дуй те и Заманна?Гечдийр дуй те цуо Харцонна?Тулур юй те Бакъо?
Ткъа Имаг1еран санна лармеш эзар хилла ца 1ара. Ирча сурт дара иза, гинчунна цкъа а дицлур а доцуш , ца гинарг дийцинчух тешар а воцуш..
Хийла маьрша стаг, зуда, йо1, во1 хьаьшира цу т1амо. Мостаг1 мила ву ца хуучу т1амехь дара нохчийн халкъ...
...И шийла кхаъ хезча , сихха Даймахка ц1авирзира Мовлди. Цуо кхин юьхь т1е урс а ца хьаькхира.. Воьдуш лаьтташехь нохчийн б1аьхьойн мог1арех д1акхийтира иза..
Денна стамлуш дара б1аьхойн мог1арш а,царна юкъа воьдура ваша мел винарг , йиша мел йинарг а,ц1ийнах-кхерчах мел ваьлларг а...
Мовлдина карладелира йоь1ан ша-тайпа г1ан . ..
Дуьненах марзо-чам д1абаьллера к1ентан.
Т1амехь кхелхира Мовлди. Лом санна летира иза, шен дег1 а, са а ца кхоош, велча д1адолла дакъа а эца дийзира … Дукха ца 1ийра к1ант шен Имех къаьстина…
1996-2007
Свидетельство о публикации №211110900012