Кхин ца 1еелира...
Урокаш д1а а евлла Замани йолчу чу гулделира тхо:со а , Ровзан а.
Дуккха а хан яра Заманис цхьа бала къуьйлу, шен ницкъ кхочуш тийжаш 1едал а дацара цуьнан.П1елг санна ша, шен доьзал кога ирах1оттийра цуо ,уллохь догъэца накъост а воцуш...Ц1ийндеца къаьстина яра ,аьлча а иза х1орш тергалбеш вацара.
Тахана х1ун ду а ца хаьа, тхо массо а тхайн-тхайн баланаш буьйцуш 1аш ,со 1е ца елира , ц1ийндех ца хаьттича.Легашка хорам боуьйтуш дара Заманин дийцар.
«Шуьйтахь дехаш дара тхо ,сан диъ бер дара,-дуьйцура цуо.Тхайн керт-ков а ,гобаьккхина 1аламан аьхналла,хазалла а йолуш.Дечиг кхехьарца мелла а хало дара, амма бецийн дарбане архьанна юккъехь дара тхо:гобаьккхина лаьмнаш,х1ора 1уьйранна шайна кийрара 1аь х1уьттуш,шатайпа бецаш,шовданаш.
Хаза меттиг дера ю иза,дукха нах сада1а а оьхуш,ирс долчунна…
Х1ара ц1ахь вацара (ц1ийнден ц1е йоккхуш дац нохчийн г1иллакхехь).
Буьйса юккъе яха герга йолуш, ц1еххьана не1 туьйхи. Со т1е халат а оьллина дуьхьал яьлча: «Хьайна т1е х1ума йохалахь, соьца банкера накъостий бу хьуна",-элира цуо .
Х1ума т1е а юьйхина араяьллачу сан б1аьрг кхийти улло яьккхина кхоъ мечиг а, ши доттаг1 а валош , схьакхаьчначу тхайн стагах... Когаш чуьра са д1адаьлча санна вон а дера хилира суна цкъа, делахь а яхь д1а ца яла 1еминчу аса: «Марша дог1ийла,хьеший ,хьан чоьхьа довла , х1ун деш лаьтта шу ара а х1иттина буса юккъе,"-элира, мелла а йоьхна,дегочу озаца..
«Банкера хьешашкахь» мала х1ума а , закуска а хиллера. Шина накъостах цхьаъ,Асланбек, Таьнгчуьра вара и,х1инца воцуш а ву иза (Дала декъалвойла иза), ч1ог1а воьхна хьаьвзира, сан йохар тосаделча...
Чохь цхьа хан яллалц 1ийра тхо,со а хаийнера тхан стага шена юххе охьа. Стенна дара а ца хаьа …
Кхенуо сайн "хьеший –мехкарий" цхьацца хьаштана ара эцна яхначу сан къамел тасаделира цаьрца...
Сан ц1ийндас биттина аьшпаш гучубевлира , царех цхьа а банкера а ца хиллера..Уьш цигара боцийла суна дуьххьара схьа ма-гиннехь а дера хиира ,делахь а «Х1аъ» я «Х1ан-х1а» бен ала бакъо йоцуш 1ийна сан , ч1ара хила дийзира .Шиъ парикмахерскехь болх беш хиллера,кхозлаг1ниг-лорйиша-акушер а.
Тхо чудаьхкича, ц1ийндас шайна ялханна сехьа чохь мотт билла элира соьга. Асланбекан сан диъ бер гира, иза вуьйхира кхин а ч1ог1а. Амма сайн х1усамненан декхарш кхочуш ца дича ца йолура со, сайна сеничохь мотт билла бийзира...
Ма-дарра схьа хаза доладелира эвхьаза къамелаш, къаьсттина жигара дакъалацархо сан ц1ийнда а волуш… Собар кхачийра сан.Кхин ца 1еелира.
Сайна т1е х1ума а йоьхна, ара а яьлла ас чу мохь туьйхира , Надя яра акушерка ю баьхначуьн ц1е.
-Надя, схьа ара ялал цкъа.
Надя араелира. Ас дегочу озаца къамелдира цуьнга:
-Х1ара ц1а а ду шуна,лахахь охьа доьдуш хи а ду шуна, чохь сан диъ бер а ду шуна, котам-бежана а ду д1о божли чохь.Д1а1ер-кх шу шайна ма-ттов... Ткъа хьо со санна йолу зуда ю .Дала бекхам бойла хьуна а ...
Охьа йолаелира со новкъа...
Сох эхь хетта волу Асламбек т1аьхьа велира суна... Делах яллал дуйнаш а биира цуо ,юха ерзахьара хьо бохуш..Цуо дуй а бууш элира , шаьш не1аре чукхаччалц цуо (кхуьнан ц1ийндас) мича дуьгуш ду ма ца хиира шена аьлла...
Со юхаеара берийн дуьхьа, амма иза дуьххьара дацара, я т1аьххьара а, цуо лелийначарна юкъахь.Къинт1ера ца яллал-м хьийзира...
Заманин легашка хорам боху ,ладоьг1учу суна а санна .Цуьнга кхин д1а ца дийцаделира, б1аьргаш хих буьзнера , логехь шад гулбелира... Сихха цуьнга хих къурд а байтина , къамел кхечу т1ег1е даьккхира оха ...
Ровзан шен урок йийцаре ян х1оьттира…
2006 шо
Свидетельство о публикации №211110900032
Ибрагимов Лёма 09.11.2011 16:04 Заявить о нарушении
Мехала ду суна ахь мах хадор.
Лерамца,
Петимат Абубакарова 09.11.2011 20:50 Заявить о нарушении