До1а

 Цхан юьртара хи лекъна хилла.  ДогIа  делхар делан къинхетам болуш дахар хилла неха. Амма цха хан ялча, дог1наш сецца. Адмаш холчохь хилла, хун дан деза ца хуаш.
 Цу юьртахь хилла дика до1а дан хуаш воккха стаг. Наха дехар дина цу воккхачу стаге до1а дахьара аьлла, Деле дог1а доьхаш, леккъа долу хи доладалийтарна.
К1ай еха маж шарйеш  хиан 1аш волча воккхача стага аьлла:
- Со жима волча хенахьа, олуш хезнера суна, шалайинчу старг1аншца шалавинчу шина вашас дечиг нох такхийча, цкъа ца лекъаш хи долу. Сайга далушдериг дан хьожар ву со.
     До1а дан волавелира  воккха стаг.  Махо мархаш еара, чог1а ша тухаш дог1  а деара. Хастоьмаш, дитташ дохадеш, ладарш тховха чу  а оьхаш.

       ТIера къинош дIадовлалца деара йочанан денош. Хих ц1е яллал къординера нахан
дог1наш.
- Моз даа хьан бето, - элира боха цхан стаго. - Хьайна саг1а делча 1ийра варий техьа хьо кхин до1а ца деш?


Рецензии