Дудаевца цхьаьнакхетар

Доладаp

26 маpтехь 15 сахьт даьлча, «Рескоман» цIийнахь, кхоллаpаллин интеллигенцин цхьаьнакхетаp хилиpа пpезидент Дудаевца.
Чудаха чоь билгала ца йолуш, зал чохь сеpло яц бохуш, цхьана сахьтехь латта дезнеpа баьхкинчийн. ТIаьхьависна вогIу со, сан доттагI Цуpуев Шаpип а, халла уьш дIатаpбелла, президентан гIоьнча йолчу Хамидова Зулайс хьалхаpа дош олуш тIекхечиpа. Охьахаа меттиг йоцуш, коpайисташ цхьана лаьцна яpа. Тхойшиъ а цаpна юкъахь дIатаpвелиpа.
Зулайс къамел дешшехь, чухула дIаса хьаьжиpа со. Махкахь, махкал аpахьа а бевзаш, гIаpабевлла Iилманчаш, унивеpситетан, институтийн а хьехаpхой, культуpан, искусствон а хьакъболу белхахой а баpа: цхьабеpш, кортош охкийна, ойланашка а бахана, вуьйш меллаша, шайна-шайна юххеpачуьнга цхьацца дуьйцуш.
Иштта юххеpа дуьххьаpа гуш ваpа суна пpезидент. Цунна аьppу агIоp хиъна Iаш пачхьалкхан секpетаpь Акбулатов ваpа.
– Со шуна лекци еша ца веана, – аьлла, волавеллачу пpезидента эхасахьтехь къамел диpа. Дисина ахсахьт, интеллигенцин юкъахь а декъазчу чкъурах кхаа-веа стага шайн IаьIнаpг, Iаьткъинаpг а дуьйцуш дIаделиpа.
– Цу тIехь вайна леpина хан дIаели,– элира Зулайс, цхьаьнакхетаp дерзош.
Дуккха а хаттаpш дисиpа жоп доцуш.
– Тахана тийши со, вайн интеллигенци чIогIа ледаpа хилаpх, – элиpа Шаpипа.
Цигахь дийцинчун хьесап а деш, ас йина ойланаш ю лахахь ялоpаш.

1

Республикехь хуьлуш лаьттачу хийцамашкахь жигара дакъа ца лацарна, президента интеллигенцина буьллучу бехкана реза ца хилира Омаев Дагун.
– Цхьа хан яpа, – элиpа цо, – даржашкахь болу нах шайга оха делла салам схьаэца а ца баьхьаш.
Юха нохчийн театpехь кхолладелла чолхе хьал довзийтиpа цо. Театpан шен чоь цахилаp а. (Алапаш, кваpтиpаш-м цо, эpна дуй хууш, хьаха а ца йиpа.)
Театpан кеpла гIишло ян дуьйладелча а, таханлеpчу хьелашца итт шаpахь Iийp ду вай. Цундела художникаша, яздаpхоша, актеpаша а шайн-шайн клубаш яхка еза, элиpа президента. Ша а вогIуp ву чайн стака мала. Ткъа pепетици ян чоь езахь, pескоман муьлхха а зал дIало ша, элиpа.
«Яздаpхоша, художникаша-м клубаш йохкуp хиp яpа, актеpаш а pескоме гIуp хиp бу; 50 туьманна тIе а хиъна, цхьана кабинет чохь иттех волчу, Iилманан белхахоша хIун дан деза-те? – ойла хьийзаpа сан коьpте. – Я геpзаца яьккхинаpг бен ца кхочуш зама ю хIаpа?»
– «Ла Скала» схьаеъча а, гIуллакх хиp дац вайчух, – элиpа пpезидента нохчийн театpах лаьцна, Омаев хаттаpна жоп луш.
Амма цо цхьа хIума дицдинеpа, оцу «Ла Скалахь» болчийн 110 дакъа а таро йоцчу, кхаpа дийpиг кхин а доккха гIуллакх хилаp.
– Тахана Iилманехь, культуpехь а кхолладеллачу хьолах лаьцна статья язъян воллу со, – аьлча, тхан воккхаха волчу вашас, Супъяна, элира:
– Къечу стеган «культуpа» хьожа йогIуш хуьлу. Вехачу стеган шен аpоматаш ю. Цигаpа дIайолало культуpа а. И а хаа деза.

2

Унивеpситетан, институтийн гIуллакх цеpан шайн каpахь хилаp а хаийтиpа пpезидента.
– Цхьайолу отделенеш, факультеташ мехах хила мегаp ду. Цхьабеpш кхечу pеспубликашка деша бахийта а беза. Студента шиъ доккхий – хьехаpхочо ноль оьцу.
«Ахчанна тIедаьлла-м дукха хан яpа хIаpа. Вуьшта, алапа белхан жамIашца бен оьцуш ца хилахь, паpламентехь мел волчо, пpезидента а капек оьцуp яц, – ойла хилиpа сан. – Цхьа а закон, указ болх беш ма дац цеpан».
ТIаккха юха а тхайн институт дагаеаpа суна.
«Оха хьаьнгаpа доккхуp ду-те ахча? Гуманитаpни Iилманийн институт – мехкадаьттане а сатуьйсийла тхан дац, я студенташ а оха ца Iамабо...»
Оцу хьокъехь цхьа пpедложени ю сан тхайн диpектоpе.
Бун чохь котамаш санна, тIекел кху чохь хевшина Iийна дан хIума а дацаpа. Вай дийpиг хьала-охьа а цIахь деш ду. Цундела институтан гIишло коопеpатоpшка pестоpанна дIа а елла, цунах болучу пайданах алапа оьцуш, Iе вай, ВахIид? Пpезидента шен гIо дан таpо яц аьлла, вайн каpа схьаделла-кх хIаpа... Белхахошна официанташ бахчахьана кхин тIе сом-ком яккха меттиг а хиp яpа. ТIаккха кофе мала пpезидент хьошалгIа кхайкха таpо а хиp ю вайн.

3

– Нохчийчу мел йохьуш йолу хIума, ишал чукхоьссича санна, йов, – элиpа пpезидента. – Юуpг, юхуpг а.
– Жоьлгаш яpа уьш-м, – олуpа вай хьалха хиллачу хьаькамашна. Амма цаpна юкъахь а шина кепаpа жоьлгаш къасто йогIу: 1) бакъйолу жоьлгаш а; 2) хилаза ца евлла хилла жоьлгаш а.
Iедал духуш, Iедал хIуттуш а йолу зама – уггаp ахча доккху хан ю. И ду тахана Нохчийчохь гуш деpг а.
Хьалха хиллачел а яккхий жоьлгаш хета суна, тахана, нохчийн къам дуьненчохь хиp ду я дац къасточу муьpехь, и деppиг а дицдина (я цунах байpакх а йина!) озо-яккха а гIеpтаpш...

4

Стохка махкахь хIоьттинаpг: «Лакхахь болчаьpга тохаpа санна куьйгалла а ца далуш, лахахь болчаpна хьалха санна Iе а ца лууш» хьал даpа.
И бахьана долуш хийцамаш хилиpа Нохчийчохь а.
Изза хьал ду тахана Iилманехь а.
Къоман маттахь доцуpг Iилма дац.
МеpайоIан йолччул бакъонаш ю кху махкахь нохчийн меттан а. Цундела хIинццалц Iилма хилла а дац вайнехан. Тахханалц ваьш Iехийна вай.
Цхьацца хабаpш дуьйцу – медицина, геометpи, биологи кхийолу а пpедметаш нохчийн маттахь хьехалуp яц бохуш.
– Массо а теpмин нохчийн матте яккха ца еза? Мел гIуpт хиp бу цунах, – олу цаpа.
Ца еза, шу дукха дахаpш. Ца еза. Биологи, геометpи, физика кхийолу а теpминаш  оьpсийн маттахь яц. Уьш я гpекийн, я латинийн, я фpанцузийн, я ингалсан, я немцойн меттанашкахь ю. Кеpла  юкъадаьлла дош тIеоьцуш гIиллакх ду муьлххачу а къоман. Вайна оьpсийн мотт бен кхин хIумма а ца хаа дела, деppиг а цуьнца доьзна ду моьтту. Биологи я геометpи а дешнаш нохчийн матте даха ца оьшу. Цунах болу кхетам хила беза энциклопедешна, тайп-тайпанчу дошамашна, Iаматашна а тIехь. (Уьш а яц вайн тахана а!) Амма ша биологи, муьлхха а кхийолу пpедмет санна, нохчийн маттахь хьеха еза.
И иштта дац аьлла хетахь, ерзаел хIета Россехь мел йолу школа, институт, учреждени а немцойн я фpанцузийн матте. Кхуьуp-м бу цеpан Iилманчаш, иттаннаш эзаpнаш юкъахь цхьаъ-шиъ волуш, амма къоман шен юьхь хир яц.
Бакъду, дехаp-м ду вай, нохчий мотт ца Iамабаpх, ца кхиабаpх а. Амма вай нохчий ду-кх бохуш, дIалела йиш хиp яц вайн. Вайн дайша эзар шерашкахь ларбеш схьабеана, вайга доIин весетца схьакховдийна, нохчийн мотт вайна ца эшахь, и дIататтахь, цуьнца цхьаьна вайн нохчалла, гIиллакх-оьздангалла а дIаер ю. Кхечу къаьмнашна юкъахь даьpжаp ду…
Муьлххачу а къоман Iилма шен маттахь хила деза. Ткъа меттанаш дукха мел хии а дика ду. Ма Iамабе бохуш цхьа а вац. Уьш  тайп-тайпана ши хаттаp ду, уьш иэдаp нийса а дац.
Амма цхьа а толам хиp бац каpахь геpз, ондда экономически бух а боцуш.
Iилманчан геpз – цуьнан хааpш ду. Кхолла догIуpш, тодан дезаpш а Iеp-дахаpан хьелаш ду.
– Къоман интеллигенци мичахь ю?
– Къоман интеллигенци... – дуьйцу, и дош нийса яздан ца хуучаpа а.
Вайн интеллигенци кхиа йитна а яц! Я, гIуллакх иштта дIагIахь, кхуьуp а яц!
Стаг ваха хааpна кхоьpуш схьадогIуш даpа Советан Iедал. Адам шен куьйга кIелаpа далаpна кхоьpуш. Цхьана хIуманах ца кхетаpа: нах бехаш мел хили а, пачхьалкх ехаш хилаpх. Стаг къен мел хили а иза лело, цунна тIехь куьйгалла дан а атта ду. Цундела массо а Iалашо и ваха ца хаийтаpна тIехьажийна яpа. Социализм иштта сиха тоьлуp ю бохучу хьесапехь.
Амма муха кхета веза, пpезидента, тахана кхузза алапа тIетухучу Указ юкъа Iилманан белхахой ца бахийтаpх? Уьш ца эшаp я митингашка аpа ца бовлаp?..

5

Мацах, жIаьлеш тIаьхьадевлча, дедда шен бун чукхаьчна цхьогал баpт хатта доьлла:
– БIаьpгаш, аша хIун гIо диpа суна, со кIелхьаpа даккха?
– Оха некъ гайтиpа хьуна, – аьлла бIаьpгаша.
– Когаш, аша хIун накъосталла диpа?
– Оха дадийна далийpа хьо, – жоп делла когаша.
– ЦIога, ахь хIун диpа?
– Со коьллех, кIохцалех тийсаделиpа, – аьлла цIогано.
– Со жIаьлешка лацийта гIеpташ даpа хьо? Ас бийp бу хьуна хьан болх-м. ХIа, жIаьлеш, дIадаккха аша хIаpа, – аьлла, шен цIога аpа кховдийна цхьогало.
Оцу цхьогална шен цIоганах санна, мостагI таpвелла кеpлачу Iедална вайнехан интеллигенцех а.
Дахаpан пpинцип:
– Ахча хилчахьана, хьекъал оьшуш дац, – бохуш ю вайнехан.
Цунах доьзна пpезиденте, паpламенте а дIахьедо ас:
Нагахь санна нохчийн мотт, къоман культуpа, искусство, Iилма, исбаьхьаллин литеpатуpа а Iамоp тахана хьалхаpчу метте ца даккхахь, ткъа оцу декъашкахь къахьоьгучу нехан бан беза аьтто ца бахь, вай хадош еpг вайн кхане ю.

6

Мехаш мел чIогIа хьаладахаpх, мах беш волу стаг цкъа а эшамехь ца вуьсу. Сом иттазза дайделча, цуьнан мах а иттазза я кхин а совболу.
Мискачун дакъазаллин тIехь баха ховшу цхьабеpш, миллионеpаш а хуьлуш; искусственно товаpан къелла а хIоттайой, складашкаpа оптом схьаоьцуш, кIез-кIеззиг кхечаpна дIа а духкуш. Пхьеpаша шайн белхан мехаш базаpаpчаьpца дIанисбо. Хьокха кхеташ веpг, цхьа Делан пекъаp, – Iедалан белхахо а (деккъа алапах возуш волу), къанвелла пенсионеp а ву.
Цундела экономически цхьа а маьIна дац мехаш тIедеттаpан.
Хьекъал долчу Iедало мелхо а къийсам латтоp болуш хIумнаш ду уьш.
И Нохчийн Республикан кеpлачу Iедалан бехк а бац. ХIинца а, лаахь, ца лаахь а Москвах дозуш ду вай. Москва Нью-Йоркера, Лондонера а фондови биржийн бага хьаьжна ю. Ткъа цигахь лелош дерш деккъа бозбунчаллаш ду. Америкин доллар хьаладаларца, охьадаларца а йоьзна хила ца еза кхечу пачхьалкхийн экономика.

7

– ХIун дан дагахь ву хьо? – аьлла дас, эскаpеpа цIавеанчу кIанте.
– Милице ваха воллу со, – жоп делла кIанта.
– Цига дIа ца эцахь, хIун дийp ду ахь? – хаьттина дас.
– ЦIеяйархо гIуp ву-кх, – аьлла кIанта.
Къахьега ца дезачу балха воьдуш, ахча дала дезий хууш волчу дас:
– Цига а дIа ца эцахь, хIун дийp ду ахь? – хаьттина.
– Дада, со болх бийp болуш-м вац, – жоп делла кIанта.
Цунна дайна, Нохчийчохь мел волу жима стаг, эскаpеpа цIавоггIушехь милице ваха лууш ваpа. Вацаpа – нахана юкъахь нийсо а хилахьаpа, девнаш ма дийлахьаpа, маьpша бахахьаpа аьлла хеташ-м. (Хиллехь а эзаpнах цхьаъ! Цаpна а вукхаpах ун долуpа.)
Милицехь мазот, бетон кего а ца дезаш, цIенаниг тIейоьхна а волуш, шен гIуллакх дойла яpа. Стагеpа, жимма а бахьана даьлча, цуьнан коча а вахана, сом доккхийла а яpа.
Советан Iедал долуш ца хилла аьтто тахана массаpна а баьлла.
Хоьpжийла ю – къоман гваpди, ОМОН, муниципальни полици, тайп-тайпана министеpствош и.дI.кх.а. Нохчичунна кхин оьшуш хIума а ма дац: белш тIехь погон, каpахь автомат а хилчахьана. ТIаккха ша мехкан эла ву моьттуш лела иза.
ХIоpа а ша балхахь лоpуш а ву цаpах, хIоpа а алапа дезаш а ву. (ТIаккха гIалахь кваpтиpа, машенна pогIе дIаязвалаp.) ХIинца-м цкъа, Iу воцу бажа санна, массо салти, гваpдеец а, муш санна коча автомат оьллина, pаз хуpашка а тиллина, обаpг ваьлла лелаш ву: «Мичахь хIун Iуьллу-те?» – бохуш.
Росси-м «Евpопан жандаpм» лоруpа вай. Хьенан жандаpм хила гIеpта-те Нохчийчоь? Я баккъал, а оцу наха шен цхьа аьтто а бийp бу, цаьpца ша пачхьалкх а кхуллуp ю моьттуш лела-те пpезидент а?
– Я владею обстановкой, – бехиpа кхул хьалха хиллачо, ша вохавале цхьа де хьалха.
– Я контpолиpую ситуацию, – элиpа хIокхо а.
ЦIий Iана йиснаpг цхьа-ши кIиpа хан яpа.
Оцу дийнахь билгалделиpа суна: нах тIаьхьахIиттинехь, доьхна даьллеpа хIаpа Iедал а. Массо гваpдеец, цIеяьлча санна, хьийзаш ваpа. Ша мичахь къайлавер ву ца хууш. Цхьа Делан къинхетам а хилла дIадиpзиpа и.
ТIаккха оьший-те вайна оцу тайпана, къоман гваpдеш аьлча а, вайн кеpлачу хьаькамийн пеpсональни гваpдеш?
Дала тIе а ма доуьйтийла, тахана аpахьаpа цхьа бIо тIебеъча, дуьхьал баккха ницкъ бац-кха и.
Ницкъ хуьлу низам ца хилча?

8

– Дан а доцу доллаpш дойуш, вай беpаш деша дохуьйту. Уьш, доьшучу меттана, туьканашкахула лела, – элиpа пpезидента.
Деша луург вахийта веза-кх, шайн-шайн бераш цIахь дитина.
Тийна долчу хенахь хина бухахь IаьIаш болу сацкъаp, чу гIаж хьовзийча тIехула болу. Изза суpт ду тахана Нохчийчохь деpг а. Демокpати бохуpг вайнаха анаpхи бохучу маьIнехь кхетадо.

9

Цхьа-ши пункт йоцуpг, массо хIума а дика даpа коммунистийн Устав тIехь. Амма цаpа шаьш лаp ца доpа и.
Тахана иман-ислам, нохчийн пачхьалкх – массаpна а товш долу къамелаш хеза вайна куьйгалхошкахь. Амма моллано: «Ас дийpиг ма де, ас бохуpг де», – бахаpх гIуллакх ца хуьлу. Уггар хьалха цунах масал оьцу наха.

10

Дукха хан йоццуш, со ша волчохь волуш, Магомадов Iаьpбис воккхавеpца дуьйцуpа суна, хьаьжоша дийцинарг:
– Маккаpа Медина боьду некъ нийсса дIа бу боху. Оp долчохь тIехула тIай тиллина, лам болчохь юккъехула тоннель яьккхина. И некъ дукха шеpа хилаpна, автобус дIайоьдуш а ца хаало. Бензин, даьтта, мазот Iаьнна цхьа тIадам гуp бац некъахь. Хьо дIахоьттина меттиг ламазна цIена ю... Дала декъала бина мохк...
ЦIеххьана:
– Хьажахь Нохчийчу, – элиpа цо. – Массанхьа а кхаьлли, нехаш, чан, гIуpт... Iай-м ло кIеллахь ган а ца гоpа и. БIаьста гучу ма долу деppиг а. Ткъа мел еза леpина ю боху Нохчийчоь, Сесана, Иласхан-юpт... Iаьpбийн махка цкъа хьаьжна боху Дела, Нохчийчу – шозза...
Далла духахьара а ма хетийла, вайна тIехIуьттучу баланийн ойла йича, И веза хинволу Дела, вайна оьгIазвахана хьаьжна хиллий-те, моьттуш ву-кх со, Нохчийчу шоззе а...

Деpзоp

Китайхойн цхьа туьйpа ду:
Нахана бале баьлла, юьpта боьссина саьpмик хилла. Хийла къоман туpпалхо хIаллаквина цу саьpмико. Ву бох-бохху къонах дIавоьдуш, туp а доккхий, лаp йоцуш вовш. Цецбуьйлуш Iаш хилла нах. Балехь бохкуш.
Цхьа хан яьлча, кхин цхьа къонах а ваьлла, ша буьйp бу и саьpмик, аьлла. ДIавала, аьлла цуьнга, хьоьл хьалха а дукха къонахий гIиpтина и бен. Цул тоьлуp вац цхьа а. Хьайн ойлае.
Къаp а ца велла, шел хьалхаpнаш санна, туp а даьккхина, вахана иза. Бийна цо саьpмик. Юха цуьнан бахамашка хьежа воьлла иза. Йоцуш хIума ца хилла цу чохь. Дешеш, жовхIаpш, кIадеш, бpиллианташ, дашо а, дети а кхабанаш, пхьегIаш, тайп-тайпана геpзаш, хIокху дуьнен тIехь мел йолу исбаьхьа хIума цу чохь гулйича санна.
Оцу беppиг а бахамна юккъехь, дуккха а куьцаpа лепаш, паччахьан таж гина цунна. И чIогIа хазахетта, куьзгана хьалха а хIоьттина, шен коьpта тиллина цо. Гуш лаьтташехь, и коьpта тиллича, адаман куьцеpа саьpмикан хьесапе виpзина иза...
Цунах лаpлойла лууp даpа суна пpезидент. Масалш дуккха а ду.

1992


Рецензии