Къоначу пох1манчийн Де!
Цхьаьнакхетар вовшехтуьйхира Нохчийн къоман Кегийрхойн Комитетан г1оьнца.
Ткъа кхуьучу яздархойн , церан пох1маллин Дезчу денца , лерам бан дагалаьцнарг яра къона поэтесса Халикова Асет, Нохчийн Пачхьалкхан Университетан хьехархо а, лакхахь йийцинчу Комитетан жигара декъашхо а йолу.
Нохчийн къоман литература хиндерг долуш хиларх тешийра библиотекан зал къоначу пох1манчех юьзна хиларо.Иза шайн къамелашкахь билгалдаьккхира кхуза хьошалг1а кхайкхинчу нохчийн къоман поэто, «Хьехархо» журналан редакторо Цуруев Шерипа, иштта Академин куьйгалхо волчу , физика-1илман докторо, университетан хьехархочо Дадашева Райкома а,хьехархо, поэт-илланча волчу Бетельгериев Хьуьсейна.
Даздар д1адаьхьира самукъне а, лекхачу а т1ег1а т1ехь.
Цхьаьнакхетар долош дош делира Дадашев Райкомана. К1орге йолуш а, чулацаме а къамел дира цуо шайн Академис т1ехь болх д1аболийначу «Къоман синмехаллаш» ц1е йолчу проектах лаьцна. Ткъа и болх д1аболош шаьш дуьххьара арахецна Гадаев Мохьмад-Селахьан чолхечу, амма беркатечу кхоллараллин некъах дуккха а керланиг дийцина ца 1аш , цуо деза совг1ат дира оцу авторан шишша том книшкашца х1инца кхузахь вовшехкхеттачу дуккха а хьешашна а, библиотекан фондина.
Цул сов Райкома хаийтира къоначу яздархошна шайн Академин не1арш мацца а уьш схьа баг1ахь , царна йиллина хилар а , шайга далучух шаьш накъосталла дийриг хилар а.
Дуккха а пайдехь дерг а, керланиг а довзийтира 1илманчас гулбеллачарна,гуш дара цуьнан даггара къоман дахарх доглазар.Кхаъ хила т1еийцира гулбеллачара Академин пенашкахь арахецна журнал «Таллам» хилар.Шеко яц, нохчийн литература кхиорехь мехала г1уллакх
ду иза.
Даим а шеен х1усаман йовхо ца кхоош яздархошна , дешархошна , 1илманчашна доттаг1 хилла схьайог1учу библиотекан директорна Исраилова Сацитина баркалла аларца долийра шен къамел поэто Цуруев Шерипа .Х1ара цхьаьнакхетар цхьа башха а, ша-тайпана а хилар билгал даьккхира къоман яздархочо.Къоначу поэтин мог1арех воккхавер хаалора цуьнан къамелехь . Шайн кхоллараллийца х1инцале а бевзачу поэтийн ц1ераш ехира Шерипа.. Царех хьахо лаьа Арселиева Люба , Петирова Пет1мат, Тапалаева Амнат, Хабаев Исмаь1ал ,Добажев Гелани , Багаев Акраман кхин а …Вевзаш волчу поэто мах хадор доккха совг1ат ду ,аьлла хета суна, къоначу яздархошна .
Рог1ехь дошделира меттанийн говзанча-хьехархо , поэт-илланча волчу , Республикехь дика вевзаш волчу Бетельгериев Хьуьсейна.
-Поэзин башхалло кхуллу иллин ша-тайпаналла а! х1ора аз шен-шен мукъам, шен бос а болуш а хилча,т1аккха лекхара мах хадабо оцу иллин,- шена поэзин езар а, йовзар а к1езигчу къамелехь гучудоккху Хьуьсена. «Д1а мА г1охьа хьо»,
«Нохчийчоь-сан безам» , « Ас хьан ч1абанех» Иллешца совг1ат дира Хьуьсейна къоначу пох1манчашна, иза царна х1оранна а дика вевзаш а вара.
Лела хууш а, говзачу ненан маттахь д1аехьира Асета яздархойн Суьйре, дош делира х1оранне а санна , массо къоначу поэтана. Цхьаьнакхетар Дерзош Халиковс д1айийкъира Кегийрхойн Комитето язйина Сийлараман грамоташ.
Массо а накъостийн ц1арах даггара баркалла ала лаьа и тайпа цхьаьнакхетар Яздархойн Дезчу дийнахь дан дагадеъначу Асетана а, цунна и проект-1алашо кхочушъ ян г1одеш дакъа мел лаьцначунна а.
Газета"Хьехархо" А.Пет1мат
На фото:Исраилова С.,Цуруев Ш,Дадашев Р.
Свидетельство о публикации №211112401894