Хьехархочун некъ

          
   Мамакаев  1арбийн юбилейхь  суна карлаели  №7 йолчу  "Марем"-гимназин хьехархочо  Халидов Супьяна Магомедовича  цунна лерина д1аяьхьна урок. Безамна  урокан даьхна цхьацца сарташ  шун тидаме дохку ас,хьехархочун пох1ма  довзитархьама.
  Хьан боху нохчийн мотт хьехаран таронаш ледара ю!Дера яц боккъал а волчу хьехархочунна-м. Шен  мотт, шен халкъ деза а дезаш ,цунах дог а лозуш волу хьехархо ша-тайпа некъ болуш а хуьлу.
  Халидов Супъян суна вуьйцуш хезнера хьалха а , амма цуьнан урокехь дуьххьара нисъелира со кху шарахь. Мамакаев 1аьрбин кхоллараллех а,дахарх а лаьцна яра иза.
   Уггаре  мехалниг дара кхуо урокехь  керла юкъаялийначу технологин г1ирсех пайда эцар. Интерактивни ун т1ехь схьа оьхьуш сарташ а долуш, царна т1аьхьара  1арбийн байташна т1ехь даьхна иллеш а хозуьйтуш, ладоьг1учарна  синтеме д1аяхара  нохчийн меттан литературан урок . Дика кечйинера  1арбийн гергарчу нехан сарташ т1ехь долу  пенан стенд а ... 
    Х1ора суьртах говзачу маттаца дуьйцура хьехархочо, хеттаршна ира жоьпаш лора  дика 1амийначу дешархоша а. Цхьа а дешархо тидамера ца волуьйтуш,хааршка лаам самбохуш,х1ораннан а башаллашкахь хьожжий, хаттарш  а лора . Керла дешнаш, довзуьйтуш ,царех нийса пайда эца 1амабора , нохчийн маттаахь дозуш долу къамел  кхиадора,ненан маттахь ойла  ярна бераш говза т1е а дуьгуш..1аьрбийн  кхолларелахула цуо безам бохуьйтура  Даймахке, Нене,Дахаре.
  И цхьа  урок а тоьур яра Супъянан белхан жам1 дан. Дикачу хьехархочун санна цуьнан мах хадо а.
   Тахна  шун газетан рубрикехула  бовзийта луур ду  иштта  шайн балхах дог лазаш болу хьехархой.Церан мог1арехь хьалхара ву ала мегар ду  Супъян Магомедович Халидов,хьехархо,поэт.
    Ц1арна  х1ума ца дезаш,шен болх берийн доьхьа баран тоьшалла ду цуо шех лаьцна яздан таро атта ца хилийтар а.
     Халидов  Супъян карарчу хенахь болх беш ву  г1аларчу №7 йолчу гимназехь.Шен 1алашо лора цуо  динчух тоам цабар а, берийн ховхачу дегнашкахь дикачун лар йитар а.Оьздангалла, г1иллакх, лерам  кегийрхошкахь  кхиор.Нохчийн мотт хьехарехь кхочуш а до цуо  и декхарш.
   Нохчийн матте  безам бахийтинчу  хьехархойн  ц1ерашкахь  Супъяна хьахийра Алиев Мовлад  Алиевич,Мальсагов 1абдуррахьман Абубакарович,Юсупов 1аьзим Усманович..
«Ханна а, куьцана тайп-тайпан адамаш  дара уьш,амма  массо а ,цхьаъ санна, оьзда а, нохчийн маттана говза а,вистхилар, хьажар к1еда-мерза долуш ,дог-дика,къинхетаме нах бара уьш.»-кхин д1а а дийцира шен къамелехь хьехъархочо.Дукхабезачу поэтех ву  уггаре хьалха  Шайхи Арсанукаев,нохчийн маттах дуьххьара сел хаза дош аьлла волу.
    Супъян шен классах чог1а дог лозуш куьйгалхо а ву,иза хаало берашна  и везаре диллича.
Хьехархочун болх бина ца 1аь Супъян, цуо  ша язйо нохчийн маттахь  стихаш, гочдаран говзалла а ю цуьнца.Цуьнан байташ  т1ехь  иллеш  дохуш ,уьш д1аолу  гимназехь  а кхечу  Республикански  цхьацца  Нохчийн  дезчу  денна  леринчу  мероприятешкахь берийн  иллиалархойн  тобано. Супьянан кхолларалла а   йоьзна ю  цуьнан предмет хьехарца. Бехк  а ца буьллу ас  дешархоша а, шеца къахьоьгуш  болчу коллегаша а и ларар.
 Шен болх безаш велахь а цкъа-цкъа сингаттаме  хаало хьехархо. Бахьна  цхьаъ хуьлу: нохчийн  меттан сий ца до цхьаболчу дай-наноша. Цара  уьш юхаийзабо  олимпиадашна бечу кечамашкахь,массо а шайна  «пайдехь» дерг хоьржу шаьш бохуш  оьрсийн меттан,математикин кхид1айолчу  урокашка кхийда.Мел дийцарх цхьаберш кхета ца туьгу шен ненан мотт хааран дозаллех.
  Сайца болхбеш волчу  хьехархочун догоьцуш яздо ас  х1ара мог1анаш.
       Эх1 ма харц а бу-кх  и ненан мотт ца лорурш, шен кха д1а хецна, кхечу кха т1е кхийдарш. Шен мотт ца безаш, и т1аьхьа тоьттуш верг, шен Нана д1а тоьттуш ву, шен Даймохк а. Кхечу  къаьмнашна а ямарт хета  и саннарг. И бохург дац  кхин меттанаш  ма 1амаде бохург, амма  ша виначу Ненан,  ша  кхиийначу Даймехкан мотт  ца хуушволчунна  ала  диканиг дац цхьа а. Х1инца, мел лаарх а, цалаарх а массо  тайпа хьелаш а д1ах1иттийна  мотт хьехийта.Урамашкахь,чохь буьйцург а дукха хьолехь нохчийн мотт бу.Ненан маттахь дийнахь сарралц болхбеш «Некъ» типографи ю, т1етаь11инна,къахьоьгуш вайн  яздархой, поэташ, 1илманчаш бу,тап-тайпана нохчийн маттахь передачаш ю (к1еззиг-м дера ю уьш), амма тешам бу дуккха…
     Супъян Магомедович санна хьехархой кхечу  школашкахь а хила там бу.Уггаре а хьалха  дикачу хьехархочух  а дозу  ненан мотт  хаар. Нагахь санна  хьеха ма -беззара  хьехахь цунна  цхьа  а кхерам бац.  Беркате  хуьлда хьан некъ,Хьехархо.Дебийла,кхуьийла вайн Нохчийн мотт а...
   
                газета"Хьехархо"2011 А.Пет1мат.
                                                


Рецензии
"...Уггаре а хьалха дикачу хьехархочух а дозу ненан мотт хаар. Нагахь санна хьеха ма-беззара хьехахь, цунна цхьа а кхерам бац..."

Публикацин т1ум ю оцу дешнашкахь. Нохчийн меттан ден ц1ахь - Нохчийчохь -
даима гуччохь д1атоьхна дита мегар долуш ду и башха дешнаш. Цара б1аьрла гучуйоккху меттан 1илма 1аморан мехалла а, хьехархочун белхан жоьпалла а. Оцу дерригенца а доьзна ду кхидолу 1илманаш 1аморехь кхиамаш бахар а.

Асламбек Гайтукаев   20.12.2017 12:00     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда,Асланбек,к1оргерачу тидамца ешарна сан статья.Хьо санначу адамаша дог доуьйту къахьега.Къинт1ера вала жоп ца луш хьеяларна.
Лерамца,

Петимат Абубакарова   26.12.2019 15:55   Заявить о нарушении