Адамалла шегахь йолуш
К1еззиг хан яц ас школехь болх бо, 15-16 шо хан-зама . Дуккха а дикадерг, а водерг а ган ,лан а дезна галморзахне лара мегар долчу цу муьрехь.
Вонаш - д1абаханчу шина т1еман т1е1аткъамаш йитина лар ю , иэсах къаста ца туьгуш,шен хьу х1инца а дика д1аялаза(атта дацара ца лучу алапца хьехархо болх бан цхьа-цхьанхьа хаддаза т1еетташ а йолуш ), ткъа диканиш - х1окху шен болатан боларца хьаьдда йог1учу керлачу г1ирсийн оьмаран юьхьанца адамаллин васт , къинхетам совбер бацара техьа бохучу сатийсамашца йоьзна а ю.
Дуккха а керла адамаш девзина белхан меттигашкахь: хьехархой , яздархой ,1илманнах; х1ораммо а шех лаьцна ойланийн з1идиг а йитина иэсехь. . Царех лаьцна дош алар сайн декхар лору ас .Дош нийса а, дог1уш а делахь цул доккха совг1ат дац шех лаьцна яздинчунна.
Шеко яц , дуккха а адамашлахь шен дика ц1е яккхийтар -иза деза а мехала а ду х1оранна а.
Х1ара статья а хьакъ волчу директорах а, шен балхан т1ехь кегийрчарна шортта пайда эца зеделларг долчу Ахъядов Русланах лаьцна ю.
Руслан , Хьасанан к1ант, суна дуьххьара вевзира «Марем» гимназии схьайоьллучу 2006 шарахь. Тхан къамелаш а хилира цуьнан белхан некъах лаьцна - билгалъевлла амалан башхаллаш:догц1еналла ,адамалла,нахаца юкъаметтиг лело хаар. Гушдара иза хьехархойн корматаллех дика кхеташ а, кхоллараллин адамашца уьйр-з1е лелош, царна накъост хила г1ерташ а схьавог1ий.
Дикка хан ю гимназино шен жигара кхетош-кхиоран болх вайн Республикехь д1акхоьхьу.
Лаккхара гайтамаш а болуш , дика ц1е йолуш схьайог1у дешаран шахьар. Х1ора шарахь аьлча санна, хьехархошна семинараш ло, бакхий кхиамаш боху дешархоша тайп-тайпанчу хаарийн-зеран конкурсашкахь,керлачу хааршна лерина г1ирсаш шуьйра лелабо юьхьанцара классашкахь дуьйна схьа.
И шадерг а суна доьзна хета хила везачу белхан меттигехь куьйгалхо хиларца.
Боккъал а башха а, шегара масал эца мегар долуш а адам ду Руслан.
Цкъа а хезар дац цуо хьехархошна ,дешархошна , дай-наношна т1е аз айдеш, т1улг эккхийттал дерг царех даьлча а.
Коьртачех кхиоран г1ирсаш -дош, къолам ,хьехар дар лору цуо.Дешан а ду бес-бесар алар, цуьнан и башхаллаш лело а хаьа , нахаца къамел деш. Хьехархочун г1иллакх ( педагогически такт) лелон ма- деззара нийса лело хууш волу Руслан , цхьатерра доттаг1 ву хьехархойн, дешархойн , дайн-нанойн.
Амма харц-бакъ къасточохь а шен некъ бу цуьнан . Уггаре а хьалха цуо узу аьлла хета тарло дешархочуьнга, амма теллинчул т1аьхьа юкъара сацам а бой , дерзадо пайдехьчу аг1ор.
Цуьнан кхетош-кхиоран балха т1ехь кхаасаберган схема яц ,даим а педагогикехь лелла йолу , биъса болу схема лелайо ала мегар ду - Хьехархо , Дешархо, Да- нана ,Психолог - и виъ охьа хааво харц-бакъ толлуш. Кхеташонехь хилла сацам нийсонан гурашкахь лело а хьожу.. Х1оранне а ша лелон деза г1иллакх хотту , бехке волчуьнгара говза жоп доьху , кхин шегар вониг ца далийтар т1е а дуьллуш..
Руслане шех лаьцна дийцита йоьллера со , амма шен са а , дег1 а юкъараллина д1адала кийча волчу цуьнан ч1ог1а карах ца долу шех лаьцна дукха дийца. Х1етте а жимма цуьнан дахарх яздан х1ума вовшех кхийтира сан. Дуккха а яздина цунах меттигерчу прессехь.
Шен хьехархочун белхан некъ болийна винчу а, школа чекхъяьккхинчу а Веданахь .
Школехь доьшуш волчу хенахь а вара иза юкъараллин жигара дакъалацархо, Дружинин Советан председатель хаьржира итталг1ачу классехь волуш. ..
Мединституте кехаташ чуделчул т1аьхьа , цхьа кега-мерса х1ума юкъа а хьаьвзина висира. Висира аьлча а, химико-биологически факультете кехаташ дехьа дехкира кхунах ч1ог1а дог тешна волчу институтан декана Григорьев Василий Родионовича.Ленинградан блокадехь а хиллера и декан .Ч1ог1а бакъахьара амал йолуш, дог-к1еда стаг вара иза , бохуш дуьйцу гимназин директоро.Иза бахьнехь шех хьехархо хилар а т1еч1аг1до цуо.
1975 шарахь Веданан №2 йолчу ишколехь болх болабо химин , биологин хьехархочун даржехь . Вайн Республикехь цхьа мог1а хьехархой цуьнан хилла дешархой бу.
Дуккха а лаккхара Сийлаллин грамоташ яьхна цу., Царех ю нохчийн къоначу президенто елларг , иштта «Къинхьегаман толамхо», «Элита образования и родительское отличие» Дуккха а ду оцу стагах лаьцна дийца диканиг.
Ахъядов Р.Х. заманан чолхечу киртигех ца къехкачих цхьаъ ву. Хьекъал-кхетам дика цхьаьна ийна а, адамалла шеца йолуш а.Ишттачу адамаша шайн лар юьту дахарехь. Нохчийн педагогикехь дикачу аг1ор г1улчаш йог1учарех иза хиларх дог тешна ю ..Нохчийн къоман менталитетца оцу педагогика - 1илман принципаш нисъян г1ерташ, уьш керлачу заманан дуьхца яхкийта г1ерташ а, цуо алссам къахьоьгу.Халачу киртигех къаьхкар воцуш а , гуттар а керлачуьнан дуьхе кхиа г1ерташ а ву даим а.
«Халонаш йолчехь бен кхиам хир бац»,- и дешнаш сих-сиха олу цуо.Цуо халонашца къийса а къуьйсу ца к1ордош, къар ца луш а…
Руслан дика кхета 1илманах, шен белхан дика говзанча а ву иза , амма мел говза хиларх а, мел к1орггера 1илма долуш хиларх а пайда бац адамашца дика юкъаметтиг лело хууш вацахь, цаьрца бийца мотт карош вацахь….И адамалла , догц1еналла шеца дуккха а йолуш ,иза башха екъа а хуучех а цхьаъ ву г1алин № 7 йолчу гимназин директор, боккъал а волу хьехархо-новатор Ахъядов Руслан…
Свидетельство о публикации №211112401955