Дала деллера г1еххьа хьекъал на чеченском
Г1еххьа корматалла а еллера.
Шен йозан хат1 долуш, шен хенахь веша тамехь яздархо хилира цунах.
Амма Дала шена деллачух тоам ца беш и х1илланашка марзвелира.
Царех даар-духар дина ца 1аш, хьал-бахам а бина:
– Тхайн дайша х1илла хьекъалан билгало лоруш ма хилла, – олура цуо кест-кеста.
Лоьхучунна карийра. Оьшучо, цуьнгара тера лелар ийцира.
Дуьне т1арал гатдеш дукха нахана бале велира.
Дала ша деллачух жим-жимма хервеш хервича, тера лелар хьулдалла
хьекъал, корматалла ца тоьчу делира хьал.
Кхолларалла – цхьаъ-важа кхечерачух шеко йоццуш таръяла а йоьлла – 1анаяхара.
Х1етте а 1еминарг ца диталора.
Ша метта воьжча, цамгаро шеца х1илла леладо моттаделира цунна.
Ткъа нахана, велла аьлла хезча, ша цавеллашехь, и беллачарех тера
лела ваьлча санна, хетаделира.
Свидетельство о публикации №211120501940
д1авахана кху дахарера. Дешан говза пхьар вара иза. Масех дашца цхьана стеган дахаран, леламийн, амалийн говза сурт х1оттийна цо.
Асламбек Гайтукаев 08.01.2025 16:33 Заявить о нарушении