Собаран б1елиг на чеченском языке

Цхьа ойла яра ша иллига юьйлуш,
Дегнеха сихачу куьйгийн ка сихлуш:
Наноша ца дина вай хила - хуьллурш,
К1ант волчун - ша, х1ета, Делера лууш
Цахилар т1едовлурш - эхьах бехк хуьлурш,
Айпаша иэшадеш, баланех, г1ора.

Хьекъалан дикалла - мисканийн дуьхьа,
Цунахчу ни1мато бан царна пайда.
Зуда - нохчийн зама кхачацаяйта.
Доттаг1а - дикалла цуьнга лерийта.
Мохк вайна - мостаг1е дог бехцадайта.
Ялтеш - къинхьегамах массо вузвайта.
Дерриге дуьне - син г1уллакхаш дайта.
Адамийн тайпанаш - доглазадайта,
Халкъашка Лаьттара уьш дерзадайта. -

Наноша динера вай иштта хуьллурш,
Х1ета, цу Дала цхьаъ Собар вайна луш!

Собар - и хилла-те хаьржинчашна луш,
Собар - и молха-м дац цомгушчо молуш,
Я даккхалуш ц1ийх - т1емеха марцалуш,
Цундела кечдо к1езг, адамех доглозуш?

Х1айт-аьлла хьийза болх Иблисан болуш,
К1урк1маних хьийза къа урчакхах достуш,
Адамаш деттадеш вовшех - лелхалуш, -
Х1унда дац молха, ц1ий шортта марцалуш?

Собарна стигалах молха чу 1анлуш -
Б1елиг цхьа х1унда бац нохчочунна луш?

Оццул ц1ий 1енарх а - делахь т1еоьшуш:
Ца 1ен кхин х1аллакдан маьрша къам доцуш...
Т1аккха-м хир ма дара Собар т1ехъоьхуш,
Т1емех лахделчу къомо мала долуш.

Собар цкъа - Собар ша Собарзчух доккхуш!..
Аьргалла т1амна луш цхьацца къам долуш,
1азапан-азатан Терза а долуш:
Нохчашна Собар хир - Терза галдолуш?..

Цхьа ойла яра ша иллига юьйлуш:
Наноша ца дина вай сиха хуьллурш -
Текха т1е цацанах ахьар а луьйсуш,
Тессина т1е туьха, морзанца бод хьуьш,
Ахьаран мижаргаш ч1аг1онна къуьйлуш,
Хьолт1амех кхехкийна, кхалла кхалл-кхоллуш,
Саьрамсекх берама 1ийжаян хьоькхуш,
Йоккхачу багаха цхьа хьолт1ам йоьдуш,
Дилханан т1амаран чорпа т1емоьлуш,
Йиъна-дуьзна даха, гешна ницкъ хуьлуш, -

Динер-кха Наноша - Собарах хьоьгуш!..


Рецензии